osis_id stringclasses 66
values | chapter int64 1 150 | start_verse int64 1 176 | end_verse int64 1 176 | text stringlengths 10 678 |
|---|---|---|---|---|
Gen | 1 | 1 | 1 | Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. |
Gen | 1 | 2 | 2 | Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара. |
Gen | 1 | 3 | 3 | Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира. |
Gen | 1 | 4 | 4 | Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра. |
Gen | 1 | 5 | 5 | Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де. |
Gen | 1 | 6 | 6 | Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла». |
Gen | 1 | 7 | 7 | Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. |
Gen | 1 | 8 | 8 | Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а. |
Gen | 1 | 9 | 9 | ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. |
Gen | 1 | 10 | 10 | Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира. |
Gen | 1 | 11 | 11 | Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира. |
Gen | 1 | 12 | 12 | Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира. |
Gen | 1 | 13 | 13 | Юха а суьйре дӀаелира, Ӏуьйре а еара. Чекхделира кхозлагӀа де а. |
Gen | 1 | 14 | 14 | Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш. |
Gen | 1 | 15 | 15 | Лаьтта тӀе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дӀахӀоьттира. |
Gen | 1 | 16 | 16 | Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. |
Gen | 1 | 17 | 17 | Уьш Дала дӀанисдина стигалахь, лаьтта тӀе шайн серло ялийта а, |
Gen | 1 | 18 | 18 | дийнан а, буьйсанан а Ӏуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира. |
Gen | 1 | 19 | 19 | Суьйре а еара, Ӏуьйре а тӀекхечира. ДоьалгӀа де а дӀаделира. |
Gen | 1 | 20 | 20 | Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а». |
Gen | 1 | 21 | 21 | Иштта кхоьллира Дала Ӏаламат хӀордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хӀуманаш: яккхий а, кегий а. ХӀаваэхь тӀема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. |
Gen | 1 | 22 | 22 | Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь». |
Gen | 1 | 23 | 23 | ТӀееара суьйре, хилира Ӏуьйре а. ДӀаделира пхоьалгӀа де а. |
Gen | 1 | 24 | 24 | Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира. |
Gen | 1 | 25 | 25 | Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира. |
Gen | 1 | 26 | 26 | ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а». |
Gen | 1 | 27 | 27 | Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь. |
Gen | 1 | 28 | 28 | Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а». |
Gen | 1 | 29 | 29 | Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург. |
Gen | 1 | 30 | 30 | Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира. |
Gen | 1 | 31 | 31 | Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира. |
Gen | 2 | 1 | 1 | Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а. |
Gen | 2 | 2 | 2 | ВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира. |
Gen | 2 | 3 | 3 | ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира. |
Gen | 2 | 4 | 4 | ХӀара ду стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь. |
Gen | 2 | 5 | 5 | Цу хенахь лаьтта тӀе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хӀунда аьлча Дала хӀинца а догӀа ца даийтинера лаьтта тӀе, адам а ца хиллера и латта лело. |
Gen | 2 | 6 | 6 | Ткъа лаьтта тӀера Ӏаь хьалайолура, и дерриге а латта тӀада а деш. |
Gen | 2 | 7 | 7 | ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. |
Gen | 2 | 8 | 8 | ТӀаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Ӏедан цӀе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра. |
Gen | 2 | 9 | 9 | Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а. |
Gen | 2 | 10 | 10 | Цу бешахь хи тохархьама, Ӏедан-меттигера схьадолура хи, тӀаккха иза деа декъе декъалора. |
Gen | 2 | 11 | 11 | Цхьаннан цӀе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тӀехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу. |
Gen | 2 | 12 | 12 | (Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегӀазах тера а йолуш, хаза хьожа йогӀу хӀума а, «оникс» олу деза тӀулгаш а ду). |
Gen | 2 | 13 | 13 | ШолгӀачу хин цӀе ю Гихьон, иза тӀехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тӀехула. |
Gen | 2 | 14 | 14 | КхоалгӀачу хин цӀе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгӀа хи ду Эпрат. |
Gen | 2 | 15 | 15 | ТӀаккха Везачу Дала адам Ӏедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Ӏалаш а йойтуш. |
Gen | 2 | 16 | 16 | Ткъа цу стагана Везачу Дала тӀедиллира: «Массо а дитт тӀера стом баа мегар ду ахьа, |
Gen | 2 | 17 | 17 | амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тӀера ма баалахь, хӀунда аьлча ахьа оцу тӀера стом биинчу дийнахь валарца дӀавер ву хьо», – аьлла. |
Gen | 2 | 18 | 18 | ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш». |
Gen | 2 | 19 | 19 | Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира. |
Gen | 2 | 20 | 20 | Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча. |
Gen | 2 | 21 | 21 | ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира. |
Gen | 2 | 22 | 22 | Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш. |
Gen | 2 | 23 | 23 | Адамо элира: «ХӀара даьӀахк сан даьӀахкех ю, дилха а сан дилханах ду, кхуьнан цӀе а адам хир ю, иза майрачух яьккхина дела». |
Gen | 2 | 24 | 24 | Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду. |
Gen | 2 | 25 | 25 | И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора. |
Gen | 3 | 1 | 1 | Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?» |
Gen | 3 | 2 | 2 | Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна, |
Gen | 3 | 3 | 3 | амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама». |
Gen | 3 | 4 | 4 | ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу, |
Gen | 3 | 5 | 5 | амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!» |
Gen | 3 | 6 | 6 | Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. |
Gen | 3 | 7 | 7 | ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш. |
Gen | 3 | 8 | 8 | Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. |
Gen | 3 | 9 | 9 | Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла. |
Gen | 3 | 10 | 10 | Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со». |
Gen | 3 | 11 | 11 | Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла. |
Gen | 3 | 12 | 12 | Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла. |
Gen | 3 | 13 | 13 | ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла. |
Gen | 3 | 14 | 14 | ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш. |
Gen | 3 | 15 | 15 | ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». |
Gen | 3 | 16 | 16 | Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву». |
Gen | 3 | 17 | 17 | Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. |
Gen | 3 | 18 | 18 | КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе, аренан ораматех хир ю хьуна юург. |
Gen | 3 | 19 | 19 | Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». |
Gen | 3 | 20 | 20 | ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела. |
Gen | 3 | 21 | 21 | ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш. |
Gen | 3 | 22 | 22 | Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». |
Gen | 3 | 23 | 23 | Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. |
Gen | 3 | 24 | 24 | Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра. |
Gen | 4 | 1 | 1 | Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду). |
Gen | 4 | 2 | 2 | Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо. |
Gen | 4 | 3 | 3 | Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. |
Gen | 4 | 4 | 4 | Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. |
Gen | 4 | 5 | 5 | Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима. |
Gen | 4 | 6 | 6 | ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву! |
Gen | 4 | 7 | 7 | Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза». |
Gen | 4 | 8 | 8 | ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра. |
Gen | 4 | 9 | 9 | ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!» |
Gen | 4 | 10 | 10 | ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. |
Gen | 4 | 11 | 11 | ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь. |
Gen | 4 | 12 | 12 | Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо». |
Gen | 4 | 13 | 13 | ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан. |
Gen | 4 | 14 | 14 | Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю». |
Gen | 4 | 15 | 15 | Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама. |
Gen | 4 | 16 | 16 | Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира. |
Gen | 4 | 17 | 17 | Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах. |
Gen | 4 | 18 | 18 | ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ. |
Gen | 4 | 19 | 19 | ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла. |
Gen | 4 | 20 | 20 | Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах. |
Bible Translations in Languages of the Caucasus
Verse-aligned Bible translations in 21 languages of the Caucasus (plus Russian as a pivot), published by the Institute for Bible Translation (IBT, Moscow). One config per language/edition, 319,126 verse rows total.
Every row carries a language-independent verse identifier (OSIS book code + chapter + verse), so any subset of languages can be joined into a parallel corpus with a single merge — useful for machine translation, cross-lingual alignment, and NLP for low-resource Caucasian languages.
Dataset structure
Each config is a single CSV (train split) with the columns:
| column | type | description |
|---|---|---|
osis_id |
string | OSIS book code (Gen, Ps, Matt, …) — identical across languages |
chapter |
int | chapter number |
start_verse |
int | first verse number covered by this row |
end_verse |
int | last verse number (equals start_verse except for combined verses) |
text |
string | verse text, plain UTF-8 (no markup, footnotes, or headings) |
Building a parallel corpus
import pandas as pd
from datasets import load_dataset
che = load_dataset("AlidarAsvarov/bible-caucasus", "chechen", split="train").to_pandas()
rus = load_dataset("AlidarAsvarov/bible-caucasus", "russian", split="train").to_pandas()
key = ["osis_id", "chapter", "start_verse"]
parallel = che.merge(rus, on=key, suffixes=("_che", "_rus"))
Coverage
| config | module | language | ISO 639-3 | script | verses | books | contents |
|---|---|---|---|---|---|---|---|
abaza |
ABA | Abaza | abq | Cyrl | 4,121 | 7 | Gospels, Acts, portions |
abkhaz |
ABZ | Abkhaz | abk | Cyrl | 133 | 2 | Ruth, Jonah |
adyghe |
ADG | Adyghe (West Circassian) | ady | Cyrl | 20,218 | 43 | NT + large OT part |
aghul |
AGL | Aghul | agx | Cyrl | 1,150 | 1 | Luke |
avar |
AVR | Avar | ava | Cyrl | 18,283 | 41 | NT + large OT part |
azerbaijani |
NorthernAzeri | Azerbaijani (North) | azj | Latn | 31,055 | 66 | full Bible |
balkar |
BLK | Karachay-Balkar (Balkar) | krc | Cyrl | 6,459 | 9 | NT portions |
bezhta |
BEZ | Bezhta | kap | Cyrl | 2,054 | 2 | portions |
chechen |
CHE | Chechen | che | Cyrl | 31,089 | 66 | full Bible |
dargwa |
DRG | Dargwa | dar | Cyrl | 6,953 | 12 | NT portions + OT portions |
georgian |
GRG | Georgian | kat | Geor | 35,986 | 77 | full Bible incl. deuterocanon |
ingush |
ING | Ingush | inh | Cyrl | 3,611 | 6 | portions |
kabardian |
KBD+KBDOP | Kabardian (East Circassian) | kbd | Cyrl | 13,764 | 35 | merged: NT, Gen, Ps + OT portions |
karachay |
KRC | Karachay-Balkar (Karachay) | krc | Cyrl | 48 | 1 | Jonah |
kumyk |
KUM | Kumyk | kum | Cyrl | 21,107 | 39 | NT + large OT part |
lak |
LAK | Lak | lbe | Cyrl | 5,086 | 6 | NT portions |
lezgi |
LEZ | Lezgi | lez | Cyrl | 16,388 | 36 | NT + OT portions |
nogai |
NOG | Nogai | nog | Cyrl | 14,828 | 36 | NT + OT portions |
ossetic_digor |
DIG | Ossetic (Digor) | oss | Cyrl | 2,024 | 2 | portions |
ossetic_iron |
OSS | Ossetic (Iron) | oss | Cyrl | 30,964 | 66 | full Bible |
russian |
RSP | Russian (Synodal) | rus | Cyrl | 31,344 | 66 | full Bible |
tabasaran |
TBN | Tabasaran | tab | Cyrl | 14,007 | 37 | NT + OT portions |
tsakhur_cyrl |
TSK | Tsakhur (Cyrillic ed.) | tkr | Cyrl | 915 | 1 | portions |
tsakhur_latn |
TKRL | Tsakhur (Latin ed.) | tkr | Latn | 7,539 | 14 | NT portions + OT portions |
Notes:
kabardianmerges the two IBT Kabardian modules: KBDOP («ЩӀэдзапӀэкӀэ» — NT, Genesis, Psalms) as the base, plus the six books present only in KBD, a bundle of older standalone editions (Ruth, Esther, Proverbs, Ecclesiastes, Daniel, Jonah). The extrasource_modulecolumn records the origin of each row. KBD also contains its own, different edition of the Gospel of Luke; KBDOP's Luke was kept and KBD's is not included in this dataset.- The two Tsakhur configs are different editions in different scripts, not transliterations of each other, and differ in coverage.
Alignment caveats
- Translations follow different versification traditions (Synodal vs. KJV-derived), so
a small fraction of verse numbers may be shifted between languages (mostly in Psalms
and a few OT chapters). Join on
(osis_id, chapter, start_verse)and expect ~1–2% of verses to lack an exact match across distant versifications. - Some translations combine adjacent verses into one unit; such rows have
end_verse > start_verseand the combined text appears once.
Provenance
Texts were retrieved programmatically in July 2026 from IBT's own public web reader
backend (the xulsword/SWORD server behind https://ibt.org.ru/passage), with
footnotes, cross-references, and headings stripped. The retrieval script
(ibt_fetch.py) is included in this repository for full reproducibility.
License and copyright
These translations are copyright © Institute for Bible Translation (Moscow). This dataset is a derived, text-only redistribution intended for non-commercial research in computational linguistics for low-resource languages. If you are the dataset publisher, you must obtain permission from IBT (https://ibt.org.ru/) before making this dataset publicly available; consider a gated or private repository otherwise. If you represent IBT and object to this dataset, please open an issue and it will be taken down.
Citation
If you use this dataset, please credit the Institute for Bible Translation as the source of the translations:
Institute for Bible Translation (IBT), Moscow. Bible translations into the languages
of the Caucasus. https://ibt.org.ru/ (retrieved July 2026).
- Downloads last month
- -