che
stringlengths 9
469
| ru
stringlengths 1
384
|
|---|---|
Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
|
а прочие убиты мечом Сидящего на коне, исходящим из уст Его, и все птицы напитались их трупами.
|
Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра.
|
И увидел я Ангела, сходящего с неба, который имел ключ от бездны и большую цепь в руке своей.
|
Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико.
|
Он взял дракона, змия древнего, который есть диавол и сатана, и сковал его на тысячу лет,
|
Цу саьрмике тІедогІу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Іехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Іин чу а тесна, и Іин дІакъевлира, неІарна мухІар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кІеззигчу ханна иза арахеца безар бу.
|
и низверг его в бездну, и заключил его, и положил над ним печать, дабы не прельщал уже народы, доколе не окончится тысяча лет; после же сего ему должно быть освобождённым на малое время.
|
Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
|
И увидел я престолы и сидящих на них, которым дано было судить, и души обезглавленных за свидетельство Иисуса и за слово Божие, которые не поклонились зверю, ни образу его, и не приняли начертания на чело своё и на руку свою. Они ожили и царствовали со Христом тысячу лет.
|
(Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза.
|
Прочие же из умерших не ожили, доколе не окончится тысяча лет. Это — первое воскресение.
|
Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
|
Блажен и свят имеющий участие в воскресении первом: над ними смерть вторая не имеет власти, но они будут священниками Бога и Христа и будут царствовать с Ним тысячу лет.
|
И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дІахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГІогІ а, МагІогІ а, Іехадеш арадер ду и. Цо тІаме схьагулдийр ду, хІордан берда тІера гІум санна, дукха долу адамаш.
|
Когда же окончится тысяча лет, сатана будет освобождён из темницы своей и выйдет обольщать народы, находящиеся на четырёх углах земли, Гога и Магога, и собирать их на брань; число их как песок морской.
|
Уьш дуьне мел ду дІадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гІала ю.
|
И вышли на широту земли, и окружили стан святых и город возлюбленный.
|
Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира.
|
И ниспал огонь с неба от Бога и пожрал их;
|
Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
|
а диавол, прельщавший их, ввержен в озеро огненное и серное, где зверь и лжепророк, и будут мучиться день и ночь во веки веков.
|
Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.
|
И увидел я великий белый престол и Сидящего на нём, от лица Которого бежало небо и земля, и не нашлось им места.
|
ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
|
И увидел я мёртвых, малых и великих, стоящих пред Богом, и книги раскрыты были, и иная книга раскрыта, которая есть книга жизни; и судимы были мёртвые по написанному в книгах, сообразно с делами своими.
|
ХІордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Іожалло а, эхарто а. Царна хІоранна а, шайн-шайн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.
|
Тогда отдало море мёртвых, бывших в нём, и смерть и ад отдали мёртвых, которые были в них; и судим был каждый по делам своим.
|
Іожалла а, эхарт а цІе яьлла богучу Іам чу тесира. (И Іам шозлагІа валар ду.)
|
И смерть и ад повержены в озеро огненное. Это смерть вторая.
|
Дахаран тептар тІе дІаязвина мел воцург цІе яьлла богучу Іам чу тесира.
|
И кто не был записан в книге жизни, тот был брошен в озеро огненное.
|
Керла стигал а, керла латта а гира суна, хІунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хІинца дІадаьллера. ХІорд а кхин бацара.
|
И увидел я новое небо и новую землю, ибо прежнее небо и прежняя земля миновали, и моря уже нет.
|
ТІаккха суна гира Делан гІала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогІу керла Ярушалайм-гІала яра иза.
|
И я, Иоанн, увидел святый город Иерусалим, новый, сходящий от Бога с неба, приготовленный как невеста, украшенная для мужа своего.
|
Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву.
|
И услышал я громкий голос с неба, говорящий: сё, скиния Бога с человеками, и Он будет обитать с ними; они будут Его народом, и Сам Бог с ними будет Богом их.
|
Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла».
|
И отрёт Бог всякую слезу с очей их, и смерти не будет уже; ни плача, ни вопля, ни болезни уже не будет, ибо прежнее прошло.
|
Іаршана тІе хиъна Волчо элира: «ХІинца Ас массо а хІума керла кхуллур ду». ТІаккха Цо элира: «ДІаязде иза, хІунда аьлча хІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».
|
И сказал Сидящий на престоле: сё, творю всё новое. И говорит мне: напиши; ибо слова сии истинны и верны.
|
Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.
|
И сказал мне: совершилось! Я есмь Альфа и Омега, начало и конец; жаждущему дам даром от источника воды живой.
|
Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кІант а хир ву.
|
Побеждающий наследует всё, и буду ему Богом, и он будет Мне сыном.
|
Ткъа кІиллойн а, Іийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Іамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цІарах а, саьмгалх а богучу Іам чохь. Иза шозлагІа валар ду».
|
Боязливых же и неверных, и скверных и убийц, и любодеев и чародеев, и идолослужителей и всех лжецов участь в озере, горящем огнём и серою. Это смерть вторая.
|
ТІаккха тІаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхІ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Іахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».
|
И пришёл ко мне один из семи Ангелов, у которых было семь чаш, наполненных семью последними язвами, и сказал мне: пойди, я покажу тебе жену, невесту Агнца.
|
Суна тІе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тІе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогІу еза Ярушалайм-гІала.
|
И вознёс меня в духе на великую и высокую гору, и показал мне великий город, святый Иерусалим, который нисходил с неба от Бога.
|
Делан сийлалла яра цу гІалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тІулгах а, чекх са гуш долчу цІеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.
|
Он имеет славу Божию. Светило его подобно драгоценнейшему камню, как бы камню яспису кристалловидному.
|
Цу Ярушалайм-гІалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тІе дІаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цІераш яра.
|
Он имеет большую и высокую стену, имеет двенадцать ворот и на них двенадцать Ангелов; на воротах написаны имена двенадцати колен сынов Израилевых:
|
Царах кхо ков малхбалехьа агІор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агІор дара.
|
с востока трое ворот, с севера трое ворот, с юга трое ворот, с запада трое ворот.
|
ГІалин и пенаш шийтта тІулган бух тІехь лаьтташ дара. Цу баххаш тІе дІаязйина Іахаран шийтта векалан цІераш яра.
|
Стена города имеет двенадцать оснований, и на них имена двенадцати Апостолов Агнца.
|
Цу гІалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гІаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.
|
Говоривший со мною имел золотую трость для измерения города и ворот его и стены его.
|
И гІала биъ са болуш дІахІоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гІожаца цо и гІала юьстира. Иза бІозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара.
|
Город расположен четвероугольником, и длина его такая же, как и широта. И измерил он город тростью на двенадцать тысяч стадий; длина и широта и высота его равны.
|
ТІаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бІе шовзткъе диъ дол лекха дара.
|
И стену его измерил во сто сорок четыре локтя, мерою человеческою, какова мера и Ангела.
|
И пенаш яспис олучу дезачу тІулгех дина дара. ГІала ша а цІеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара.
|
Стена его построена из ясписа, а город был чистое золото, подобен чистому стеклу.
|
ГІалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тІулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгІаниг – саппир олучу, кхоалгІаниг – халкидон, боьалгІаниг – изумруд,
|
Основания стены города украшены всякими драгоценными камнями: основание первое яспис, второе сапфир, третье халкидон, четвёртое смарагд,
|
пхоьалгІаниг – сардоникс, йолхалгІаниг – сардис, ворхІалгІаниг – хризолит, борхІалгІаниг – вирил, уьссалгІаниг – топаз, уьтталгІаниг – хризопрас, цхьайтталгІаниг – яцинт, шийтталгІаниг – аметист олучу дезачу тІулгех бинера.
|
пятое сардоникс, шестое сердолик, седьмое хризолит, восьмое вирилл, девятое топаз, десятое хризопрас, одиннадцатое гиацинт, двенадцатое аметист.
|
ГІалин шийтта ков шийтта жовхІар дара. ХІора ков цхьацца жовхІарх дина дара. ГІалин коьртачу урамера некъ цІеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.
|
А двенадцать ворот — двенадцать жемчужин: каждые ворота были из одной жемчужины. Улица города — чистое золото, как прозрачное стекло.
|
Цу гІалахь Делан цІа ца гира суна, хІунда аьлча Далла Іибадат дечу цІийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Іахар а Шаьш бу цу гІалахь.
|
Храма же я не видел в нём, ибо Господь Бог Вседержитель — храм его, и Агнец.
|
Оцу гІалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хІунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Іахар а цуьнан къуьда бу.
|
И город не имеет нужды ни в солнце, ни в луне для освещения своего, ибо слава Божия осветила его, и светильник его — Агнец.
|
Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу.
|
Спасённые народы будут ходить во свете его, и цари земные принесут в него славу и честь свою.
|
Оцу гІалин кевнаш дийнахь дІа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.
|
Ворота его не будут запираться днём; а ночи там не будет.
|
Халкъийн хьал а, хазна а цу гІали чу яхьар ю.
|
И принесут в него славу и честь народов.
|
Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу.
|
И не войдёт в него ничто нечистое и никто преданный мерзости и лжи, а только те, которые написаны у Агнца в книге жизни.
|
ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда.
|
И показал мне чистую реку воды жизни, светлую, как кристалл, исходящую от престола Бога и Агнца.
|
Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла.
|
Среди улицы его, и по ту и по другую сторону реки, древо жизни, двенадцать [раз] приносящее плоды, дающее на каждый месяц плод свой; и листья дерева — для исцеления народов.
|
Шайна неІалт кхайкхийнчарах кхин хІумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Іахаран а Іарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Іамал еш.
|
И ничего уже не будет проклятого; но престол Бога и Агнца будет в нём, и рабы Его будут служить Ему.
|
Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цІе а хир ю церан хьаьжнашна тІехь.
|
И узрят лице Его, и имя Его будет на челах их.
|
Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хІунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
|
И ночи не будет там, и не будут иметь нужды ни в светильнике, ни в свете солнечном, ибо Господь Бог освещает их; и будут царствовать во веки веков.
|
Малико соьга элира: «ХІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахІуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хІуманаш Шен ялхошна гайта».
|
И сказал мне: сии слова верны и истинны; и Господь Бог святых пророков послал Ангела Своего показать рабам Своим то, чему надлежит быть вскоре.
|
«Хаалаш, Со кестта вогІур ву. Декъала ву кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»
|
Сё, гряду скоро: блажен соблюдающий слова пророчества книги сей.
|
Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хІуманаш хезна а, гина а ваьллачул тІаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Іибадат дархьама.
|
Я, Иоанн, видел и слышал сие. Когда же услышал и увидел, пал к ногам Ангела, показывающего мне сие, чтобы поклониться [ему];
|
Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хІунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тІехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Іибадат!»
|
но он сказал мне: смотри, не делай сего; ибо я сослужитель тебе и братьям твоим пророкам и соблюдающим слова книги сей; Богу поклонись.
|
Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тІехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хІунда аьлча и дерриг а хир долу хан тІекхочуш ю.
|
И сказал мне: не запечатывай слов пророчества книги сей; ибо время близко.
|
Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла».
|
Неправедный пусть ещё делает неправду; нечистый пусть ещё сквернится; праведный да творит правду ещё, и святый да освящается ещё.
|
Іийсас боху: «Со кестта вогІур ву. Сан ял а Соьца ю, хІоранна а, ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІадалархьама.
|
Сё, гряду скоро, и возмездие Моё со Мною, чтобы воздать каждому по делам его.
|
Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТІаьххьарлераниг а».
|
Я есмь Альфа и Омега, начало и конец, Первый и Последний.
|
Декъала бу шайн духарш цІандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гІалин чу бовла а, дахаран диттана тІера стом баа а.
|
Блаженны те, которые соблюдают заповеди Его, чтобы иметь им право на древо жизни и войти в город воротами.
|
ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.
|
А вне — псы и чародеи, и любодеи, и убийцы, и идолослужители, и всякий любящий и делающий неправду.
|
«Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а».
|
Я, Иисус, послал Ангела Моего засвидетельствовать вам сие в церквах. Я есмь корень и потомок Давида, звезда светлая и утренняя.
|
Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогІийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.
|
И Дух и невеста говорят: прииди! И слышавший да скажет прииди! Жаждущий пусть приходит, и желающий пусть берёт воду жизни даром.
|
Кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хІоранга а Аса дІахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тІе цхьа хІума тІетохахь, Дала цу тептар тІехь бийцина болу массо а баланаш тІебоуьйтур бу цунна.
|
И я также свидетельствую всякому слышащему слова пророчества книги сей: если кто приложит что к ним, на того наложит Бог язвы, о которых написано в книге сей;
|
Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
|
и если кто отнимет что от слов книги пророчества сего, у того отнимет Бог участие в книге жизни и в святом граде и в том, что написано в книге сей.
|
Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогІур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Іийса!
|
Свидетельствующий сие говорит: ей, гряду скоро! Аминь. Ей, гряди, Господи Иисусе!
|
Веза Эла волчу Іийсан дика хуьлийла шуьца даим а.
|
Благодать Господа нашего Иисуса Христа со всеми вами. Аминь.
|
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.