che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Уьш новкъахула богІучу хенахь, цхьана стага элира Іийсага: «Со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
Случилось, что когда они были в пути, некто сказал Ему: Господи! я пойду за Тобою, куда бы Ты ни пошёл.
«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Іийсас.
Иисус сказал ему: лисицы имеют норы, и птицы небесные — гнёзда; а Сын Человеческий не имеет, где приклонить голову.
Кхечу стаге Цо элира: «Суна тІаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла».
А другому сказал: следуй за Мною. Тот сказал: Господи! позволь мне прежде пойти и похоронить отца моего.
«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тІаьхьахІотта лууш хьо велахь, ваха а гІой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Іийсас.
Но Иисус сказал ему: предоставь мёртвым погребать своих мертвецов, а ты иди, благовествуй Царствие Божие.
Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогІур вара, пурба лохьа суна цкъа цІахь болчаьрца Іодика ян», – аьлла.
Ещё другой сказал: я пойду за Тобою, Господи! но прежде позволь мне проститься с домашними моими.
Іийсас жоп делира цунна: «Нахаран тІам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.
Но Иисус сказал ему: никто, возложивший руку свою на плуг и озирающийся назад, не благонадёжен для Царствия Божия.
Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гІаланашка а, ярташка а дІахьовсийра Цо уьш.
После сего избрал Господь и других семьдесят [учеников], и послал их по два пред лицем Своим во всякий город и место, куда Сам хотел идти,
Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий.
и сказал им: жатвы много, а делателей мало; итак, молите Господина жатвы, чтобы выслал делателей на жатву Свою.
ДІадуьло! Берзалойн арданга юкъа Іахарий санна, дІадохуьйту Ас шу.
Идите! Я посылаю вас, как агнцев среди волков.
Шайца я бохча а, я тІоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца.
Не берите ни мешка, ни сумы, ни обуви, и никого на дороге не приветствуйте.
Шаьш чоьхьадевллачу цІа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хІокху хІусамехь!“
В какой дом войдёте, сперва говорите: мир дому сему;
Нагахь санна цу чохь Іаш волу хІусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тІе юхабоьрзур бу.
и если будет там сын мира, то почиет на нём мир ваш, а если нет, то к вам возвратится.
Оцу цІа чохь Іе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хІунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХІусамаш ма хийца.
В доме же том оставайтесь, ешьте и пейте, что у них есть, ибо трудящийся достоин награды за труды свои; не переходите из дома в дом.
Шаьш гІала а дахана, цигахь тІеэцахь, шайна елларг яа,
И если придёте в какой город и примут вас, ешьте, что вам предложат,
цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“
и исцеляйте находящихся в нём больных, и говорите им: приблизилось к вам Царствие Божие.
Шаьш тІе ца эцначу гІалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала:
Если же придёте в какой город и не примут вас, то, выйдя на улицу, скажите:
„Шун гІалахь тхан мачаш тІе йиллина чан а шуна юха дІаегайо оха. Амма хаалаш, кху гІалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“
и прах, прилипший к нам от вашего города, отрясаем вам; однако же знайте, что приблизилось к вам Царствие Божие.
Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гІалара нахана атта хир ду оцу гІалара нахана чул».
Сказываю вам, что Содому в день оный будет отраднее, нежели городу тому.
«Декъаза ю хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гІала! Нагахь санна Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а шу долчохь хилла тамашийна хІуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.
Горе тебе, Хоразин! горе тебе, Вифсаида! ибо если бы в Тире и Сидоне явлены были силы, явленные в вас, то давно бы они, сидя во вретище и пепле, покаялись;
Цундела Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду.
но и Тиру и Сидону отраднее будет на суде, нежели вам.
Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю».
И ты, Капернаум, до неба вознёсшийся, до ада низвергнешься.
ТІаккха Шен мурдашка Іийсас элира: «Шуьга ладугІуш волчо Соьга ладугІу, шу тІе ца оьцучо Со тІе ца оьцу. Ткъа Со тІе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тІе ца оьцу».
Слушающий вас Меня слушает, и отвергающийся вас Меня отвергается; а отвергающийся Меня отвергается Пославшего Меня.
Іийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цІарах оха омра дича».
Семьдесят [учеников] возвратились с радостью и говорили: Господи! и бесы повинуются нам о имени Твоём.
Іийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гІорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис.
Он же сказал им: Я видел сатану, спадшего с неба, как молнию;
Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтІанашна тІе, лаьхьанашна а, дІаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагІчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хІума дац.
сё, даю вам власть наступать на змей и скорпионов и на всю силу вражью, и ничто не повредит вам;
Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цІераш Дала стигалшкахь дІаязъярх даккхийде».
однакож тому не радуйтесь, что духи вам повинуются, но радуйтесь тому, что имена ваши написаны на небесах.
Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Іилма долчараххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!
В тот час возрадовался духом Иисус и сказал: славлю Тебя, Отче, Господи неба и земли, что Ты утаил сие от мудрых и разумных и открыл младенцам. Ей, Отче! Ибо таково было Твоё благоволение.
Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КІант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КІантана бен а, Да гайта КІанта хаьржинчу нахана бен а».
И, обратившись к ученикам, сказал: всё предано Мне Отцем Моим; и кто есть Сын, не знает никто, кроме Отца, и кто есть Отец, [не знает] [никто], кроме Сына, и кому Сын хочет открыть.
Юха, мурдашка дІа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хІунда аьлча шайн бІаьргашца хІара дерриг а го шуна.
И, обратившись к ученикам, сказал им особо: блаженны очи, видящие то, что вы видите!
Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хІара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
ибо сказываю вам, что многие пророки и цари желали видеть, что вы видите, и не видели, и слышать, что вы слышите, и не слышали.
Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Іеламчу стага Іийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хІун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»
И вот, один законник встал и, искушая Его, сказал: Учитель! что мне делать, чтобы наследовать жизнь вечную?
«Товрат тІехь хІун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Іийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»
Он же сказал ему: в законе что написано? как читаешь?
Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».
Он сказал в ответ: возлюби Господа Бога твоего всем сердцем твоим, и всею душею твоею, и всею крепостию твоею, и всем разумением твоим, и ближнего твоего, как самого себя.
«Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Іийсас, – иштта дан а де ахь, тІаккха хьо Дела волчохь вехар ву».
[Иисус] сказал ему: правильно ты отвечал; так поступай, и будешь жить.
Амма Іеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»
Но он, желая оправдать себя, сказал Иисусу: а кто мой ближний?
Цунна жоп луш Іийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогІуш. Новкъахь цунна тІе талорхой летта. Некъахочунна тІера хІуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дІабахана уьш.
На это сказал Иисус: некоторый человек шёл из Иерусалима в Иерихон и попался разбойникам, которые сняли с него одежду, изранили его и ушли, оставив его едва живым.
ТІаьхьо цу новкъа схьавогІуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Іуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агІор а ваьлла, тІехваьлла дІавахана иза.
По случаю один священник шёл тою дорогою и, увидев его, прошёл мимо.
Изза дина цхьана левихочо, цу стагана тІе а вахана, цуьнга дІа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дІавахана иза.
Также и левит, быв на том месте, подошёл, посмотрел и прошёл мимо.
Юха лазийнарг Іуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна.
Самарянин же некто, проезжая, нашёл на него и, увидев его, сжалился
Цо, тІе а вахана, даьттанца а, чагІарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дІайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тІе а хаийна, некъахоша садоІучу цІийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Іалаш а вина цо.
и, подойдя, перевязал ему раны, возливая масло и вино; и, посадив его на своего осла, привёз его в гостиницу и позаботился о нём;
ШолгІачу дийнахь, ша дІавоьдуш, хьешан цІийнан хІусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХІокхуьнга хьажалахь, со юхавогІуш, ас хьан хилла харж меттахІоттор ю хьуна“.
а на другой день, отъезжая, вынул два динария, дал содержателю гостиницы и сказал ему: позаботься о нём; и если издержишь что более, я, когда возвращусь, отдам тебе.
Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»
Кто из этих троих, думаешь ты, был ближний попавшемуся разбойникам?
Іеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх». Іийсас тІаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».
Он сказал: оказавший ему милость. Тогда Иисус сказал ему: иди, и ты поступай так же.
Шайн новкъахула богІуш, цхьана юьрта кхечира Іийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цІе йолчу зудчо шен хІусамехь тІеийцира уьш.
В продолжение пути их пришёл Он в одно селение; здесь женщина, именем Марфа, приняла Его в дом свой;
Оцу зудчун Марем цІе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугІуш Іара.
у неё была сестра, именем Мария, которая села у ног Иисуса и слушала слово Его.
Ткъа Марта, дуккха а яа хІума кечъян гІерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТІееана, Іийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хІара болх берриг а суна тІе а тесна, Іаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гІо де алахьа цуьнга», – аьлла.
Марфа же заботилась о большом угощении и, подойдя, сказала: Господи! или Тебе нужды нет, что сестра моя одну меня оставила служить? скажи ей, чтобы помогла мне.
«Маржа яІ, Марта, – элира Іийсас, – хьо дуккха а хІуманашна гІайгІа бан гІерташ ю,
Иисус же сказал ей в ответ: Марфа! Марфа! ты заботишься и суетишься о многом,
ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дІадоккхур дац».
а одно только нужно; Мария же избрала благую часть, которая не отнимется у неё.
Цкъа Іийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доІа деш вара. Иза доІа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Іамадехьа доІа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Іамадарра».
Случилось, что когда Он в одном месте молился, и перестал, один из учеников Его сказал Ему: Господи! научи нас молиться, как и Иоанн научил учеников своих.
Іийсас элира цаьрга: «Шаьш доІа дечу хенахь иштта ала: „Дада! Хьан цІе сийлахь хуьлда! Хьан Олалла тІекхочийла!
Он сказал им: когда молитесь, говорите: Отче наш, сущий на небесах! да святится имя Твоё; да приидет Царствие Твоё; да будет воля Твоя и на земле, как на небе;
ХІора дийнахь даъал напха лохьа тхуна.
хлеб наш насущный подавай нам на каждый день;
Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кІел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».
и прости нам грехи наши, ибо и мы прощаем всякому должнику нашему; и не введи нас в искушение, но избавь нас от лукавого.
Юха Іийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагІа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагІа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна,
И сказал им: [положим, что] кто-нибудь из вас, имея друга, придёт к нему в полночь и скажет ему: друг! дай мне взаймы три хлеба,
со волчу доттагІа кхаьчна, сан цунна яла хІумма а яц“.
ибо друг мой с дороги зашёл ко мне, и мне нечего предложить ему;
ТІаккха шун доттагІчо ала мега: „Со Іадда вита, сан неІ дІакъевлина ю, со а, бераш а дІадийшина ду. Сан, хьала а гІаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“.
а тот изнутри скажет ему в ответ: не беспокой меня, двери уже заперты, и дети мои со мною на постели; не могу встать и дать тебе.
Ас боху шуьга, нагахь шун доттагІалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гІаьттина, шуна иза лур бу.
Если, говорю вам, он не встанет и не даст ему по дружбе с ним, то по неотступности его, встав, даст ему, сколько просит.
Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна,
И Я скажу вам: просите, и дано будет вам; ищите, и найдёте; стучите, и отворят вам,
хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту.
ибо всякий просящий получает, и ищущий находит, и стучащему отворят.
Муьлхачу дас лур бу шен кІантана лаьхьа, цо чІара боьхуш хилча?
Какой из вас отец, [когда] сын попросит у него хлеба, подаст ему камень? или, [когда попросит] рыбы, подаст ему змею вместо рыбы?
Муьлхачу дас лур ю шен кІантана дІаьвше гезг, цо хІоа доьхуш хилча?
Или, если попросит яйца, подаст ему скорпиона?
Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“».
Итак, если вы, будучи злы, умеете даяния благие давать детям вашим, тем более Отец Небесный даст Духа Святаго просящим у Него.
Цкъа Іийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хІоьттира. Юххехь лаьттарш чІогІа цецбевллера.
Однажды изгнал Он беса, который был нем; и когда бес вышел, немой стал говорить; и народ удивился.
Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаІал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».
Некоторые же из них говорили: Он изгоняет бесов силою веельзевула, князя бесовского.
Ткъа вукхара Іийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла.
А другие, искушая, требовали от Него знамения с неба.
Амма церан ойланаш хуучу Іийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу.
Но Он, зная помышления их, сказал им: всякое царство, разделившееся само в себе, опустеет, и дом, [разделившийся] сам в себе, падёт;
Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаІал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дІадоху бохуш, аш кхайкхадо дела.
если же и сатана разделится сам в себе, то как устоит царство его? а вы говорите, что Я силою веельзевула изгоняю бесов;
Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу!
и если Я силою веельзевула изгоняю бесов, то сыновья ваши чьею силою изгоняют их? Посему они будут вам судьями.
Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.
Если же Я перстом Божиим изгоняю бесов, то, конечно, достигло до вас Царствие Божие.
Нагахь шен цІа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хІумма а дац.
Когда сильный с оружием охраняет свой дом, тогда в безопасности его имение;
Амма нагахь, цул онданиг тІе а летта, и эшавахь, хІусамден бІобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дІахьур бу.
когда же сильнейший его нападёт на него и победит его, тогда возьмёт всё оружие его, на которое он надеялся, и разделит похищенное у него.
Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасабекъаболуьйтуш ву».
Кто не со Мною, тот против Меня; и кто не собирает со Мною, тот расточает.
«Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“.
Когда нечистый дух выйдет из человека, то ходит по безводным местам, ища покоя, и, не находя, говорит: возвращусь в дом мой, откуда вышел;
Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна.
и, придя, находит его выметенным и убранным;
ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу».
тогда идёт и берёт с собою семь других духов, злейших себя, и, войдя, живут там,— и бывает для человека того последнее хуже первого.
Іийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»
Когда же Он говорил это, одна женщина, возвысив голос из народа, сказала Ему: блаженно чрево, носившее Тебя, и сосцы, Тебя питавшие!
Амма Іийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочушдеш берш».
А Он сказал: блаженны слышащие слово Божие и соблюдающие его.
Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.
Когда же народ стал сходиться во множестве, Он начал говорить: род сей лукав, он ищет знамения, и знамение не дастся ему, кроме знамения Ионы пророка;
Нунав-гІалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хІинцалерчу тІаьхьенна Адамийн КІант а билгало хилла дІахІуттур ву.
ибо как Иона был знамением для Ниневитян, так будет и Сын Человеческий для рода сего.
Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хІокху тІаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву.
Царица южная восстанет на суд с людьми рода сего и осудит их, ибо она приходила от пределов земли послушать мудрости Соломоновой; и вот, здесь больше Соломона.
Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».
Ниневитяне восстанут на суд с родом сим и осудят его, ибо они покаялись от проповеди Иониной, и вот, здесь больше Ионы.
«Цхьаммо а ца хІоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кІел. Мелхо а хІора чувогІучунна серло гун йолччу лакха хІоттабо.
Никто, зажегши свечу, не ставит её в сокровенном месте, ни под сосудом, но на подсвечнике, чтобы входящие видели свет.
Хьан бІаьргаш – хьан дегІан серло ю. Нагахь хьан бІаьргашна са дика гахь, хьан дегІ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бІаьргаш дика бацахь, дегІ а боданах дуьзна хир ду.
Светильник тела есть око; итак, если око твоё будет чисто, то и всё тело твоё будет светло; а если оно будет худо, то и тело твоё будет тёмно.
Хьайн дегІера серлонах бода ца хилийта хьажалахь.
Итак, смотри: свет, который в тебе, не есть ли тьма?
Нагахь хьан дегІ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду».
Если же тело твоё всё светло и не имеет ни одной тёмной части, то будет светло всё так, как бы светильник освещал тебя сиянием.
Іийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хІума яа чукхайкхира. ЦІа чу а ваьлла, хІума юучу меттехь агІорвелира Іийса.
Когда Он говорил это, один фарисей просил Его к себе обедать. Он пришёл и возлёг.
Парушхо цецвелира, Цо хІума яале куьйгаш ца дилча.
Фарисей же удивился, увидев, что Он не умыл [рук] перед обедом.
Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу.
Но Господь сказал ему: ныне вы, фарисеи, внешность чаши и блюда очищаете, а внутренность ваша исполнена хищения и лукавства.
Сонтанаш! ТІехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а?
Неразумные! не Тот же ли, Кто сотворил внешнее, сотворил и внутреннее?
Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тІаккха дерриг а нийса хир ду шун.
Подавайте лучше милостыню из того, что у вас есть, тогда всё будет у вас чисто.
Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагІина дІалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза.
Но горе вам, фарисеям, что даёте десятину с мяты, руты и всяких овощей, и нерадите о суде и любви Божией: сие надлежало делать, и того не оставлять.
Къа ду шун, парушхой! Гуламан цІа чохь баьрччехь Іан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна.
Горе вам, фарисеям, что любите председания в синагогах и приветствия в народных собраниях.
Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тІехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш».
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что вы — как гробы скрытые, над которыми люди ходят и не знают того.
Цхьана Іеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла.
На это некто из законников сказал Ему: Учитель! говоря это, Ты и нас обижаешь.
Іийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Іелам нах! ХІунда аьлча дІа ца бахьлун мохь нахана тІе буьллу аш, ткъа шаьш пІелга тІе пІелг а ца туху гІодархьама.
Но Он сказал: и вам, законникам, горе, что налагаете на людей бремена неудобоносимые, а сами и одним перстом своим не дотрагиваетесь до них.
Къа ду шун, хІунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу.
Горе вам, что строите гробницы пророкам, которых избили отцы ваши:
И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хІиттадо.
сим вы свидетельствуете о делах отцов ваших и соглашаетесь с ними, ибо они избили пророков, а вы строите им гробницы.
Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“.
Потому и премудрость Божия сказала: пошлю к ним пророков и Апостолов, и из них одних убьют, а других изгонят,
ХІокху тІаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Іанийна долу массо а пайхамаран цІий хоттур ду:
да взыщется от рода сего кровь всех пророков, пролитая от создания мира,
Хьабулна тІера Делан цІенний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхІуний тІе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.
от крови Авеля до крови Захарии, убитого между жертвенником и храмом. Ей, говорю вам, взыщется от рода сего.
Къа ду шун, Іелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цІийнан догІа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цІа чу, я нах а ца бахийтина аш».
Горе вам, законникам, что вы взяли ключ разумения: сами не вошли, и входящим воспрепятствовали.