che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ТІаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бІаьрзе а хилла, хІинца цуьнан бІаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тІекхайкхира цара.
Тогда Иудеи не поверили, что он был слеп и прозрел, доколе не призвали родителей сего прозревшего
Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХІара вуй аша вичхьана а бІаьрзе хилла ву боху шун кІант? Ткъа хІинца бІаьрса муха го цунна?»
и спросили их: это ли сын ваш, о котором вы говорите, что родился слепым? как же он теперь видит?
Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хІара кІант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бІаьрзе хилла хилар а хаьа.
Родители его сказали им в ответ: мы знаем, что это сын наш и что он родился слепым,
Ткъа хІинца цунна бІаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХІара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна».
а как теперь видит, не знаем, или кто отверз ему очи, мы не знаем. Сам в совершенных летах; самого спросите; пусть сам о себе скажет.
Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХІунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цІийнах дІакъасто.
Так отвечали родители его, потому что боялись Иудеев; ибо Иудеи сговорились уже, чтобы, кто признает Его за Христа, того отлучать от синагоги.
Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», – аьлла.
Посему-то родители его и сказали: он в совершенных летах; самого спросите.
ТІаккха, шозлагІа а и бІаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал».
Итак, вторично призвали человека, который был слеп, и сказали ему: воздай славу Богу; мы знаем, что Человек Тот грешник.
Цу бІаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хІума-м хаьа суна: Со хІинццалц бІаьрзе хилла хилар а, ткъа хІинца суна са гуш хилар а».
Он сказал им в ответ: грешник ли Он, не знаю; одно знаю, что я был слеп, а теперь вижу.
Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХІун дира Цо хьуна? Хьан бІаьргаш дІа муха диллира Цо?» – аьлла.
Снова спросили его: что сделал Он с тобою? как отверз твои очи?
БІаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгІира. ХІинца юха а хаза хІунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?»
Отвечал им: я уже сказал вам, и вы не слушали; что ещё хотите слышать? или и вы хотите сделаться Его учениками?
ТІаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду.
Они же укорили его и сказали: ты ученик Его, а мы Моисеевы ученики.
Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХІара-м мичара ву а ца хаьа тхуна».
Мы знаем, что с Моисеем говорил Бог; Сего же не знаем, откуда Он.
Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хІума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бІаьргаш дІа ма биллина.
Человек [прозревший] сказал им в ответ: это и удивительно, что вы не знаете, откуда Он, а Он отверз мне очи.
Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу.
Но мы знаем, что грешников Бог не слушает; но кто чтит Бога и творит волю Его, того слушает.
ХІара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бІаьрзе хиллачу стеган бІаьргашна са гайтийтина бохуш.
От века не слыхано, чтобы кто отверз очи слепорождённому.
Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хІумма а далур а дацара».
Если бы Он не был от Бога, не мог бы творить ничего.
Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цІийнах дІакъастийра цара и стаг.
Сказали ему в ответ: во грехах ты весь родился, и ты ли нас учишь? И выгнали его вон.
И стаг гуламан цІийнах дІакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Іийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КІантах?»
Иисус, услышав, что выгнали его вон, и найдя его, сказал ему: ты веруешь ли в Сына Божия?
Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?»
Он отвечал и сказал: а кто Он, Господи, чтобы мне веровать в Него?
Іийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хІинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву».
Иисус сказал ему: и видел ты Его, и Он говорит с тобою.
ТІаккха бІаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Іийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.
Он же сказал: верую, Господи! И поклонился Ему.
ТІаккха Іийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БІаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бІаьрса долуш берш бІаьрзе бан а веана».
И сказал Иисус: на суд пришёл Я в мир сей, чтобы невидящие видели, а видящие стали слепы.
Іийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бІаьрзе?»
Услышав это, некоторые из фарисеев, бывших с Ним, сказали Ему: неужели и мы слепы?
Іийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бІаьрзе делахьара, шуна тІехь бехк хир бацара. Ткъа хІинца аш боху: „Тхуна са го“, – цундела шун бехк шуна шайна тІехь буьсу».
Иисус сказал им: если бы вы были слепы, то не имели бы [на] [себе] греха; но как вы говорите, что видите, то грех остаётся на вас.
«Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагІийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву.
Истинно, истинно говорю вам: кто не дверью входит во двор овчий, но перелазит инуде, тот вор и разбойник;
Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагІийн Іу ву.
а входящий дверью есть пастырь овцам.
Ков лардеш волчу стага цунна ков дІадоьллу, ткъа уьстагІаша цуьнан озе ла а дугІу. ТІаккха, шен уьстагІийн цІераш а йохуш, уьш арадоху цо.
Ему придверник отворяет, и овцы слушаются голоса его, и он зовёт своих овец по имени и выводит их.
Шен дерриге а уьстагІий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагІий цунна тІаьхьахІуьтту, шайна цуьнан аз девза дела.
И когда выведет своих овец, идёт перед ними; а овцы за ним идут, потому что знают голос его.
Хийрачунна тІаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела».
За чужим же не идут, но бегут от него, потому что не знают чужого голоса.
И хьекъале дустар далийра Іийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьІнах.
Сию притчу сказал им Иисус; но они не поняли, что такое Он говорил им.
ТІаккха юха а элира Іийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагІашна дина долу ков ду.
Итак, опять Иисус сказал им: истинно, истинно говорю вам, что Я дверь овцам.
Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагІаша цаьрга ла ца дуьйгІира.
Все, сколько их ни приходило предо Мною, суть воры и разбойники; но овцы не послушали их.
Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кІелхьарвоккхур ву. Иза ладогІарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.
Я есмь дверь: кто войдёт Мною, тот спасётся, и войдёт, и выйдет, и пажить найдёт.
Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хІаллакдархьама а бен ца вогІу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.
Вор приходит только для того, чтобы украсть, убить и погубить. Я пришёл для того, чтобы имели жизнь и имели с избытком.
Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа.
Я есмь пастырь добрый: пастырь добрый полагает жизнь свою за овец.
Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо.
А наёмник, не пастырь, которому овцы не свои, видит приходящего волка, и оставляет овец, и бежит; и волк расхищает овец, и разгоняет их.
И Іу дІаводу, ша йолах Іу волу дела а, шен оцу уьстагІийн бала а боцу дела а.
А наёмник бежит, потому что наёмник, и нерадит об овцах.
Со дика Іу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза.
Я есмь пастырь добрый; и знаю Моих, и Мои знают Меня.
Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дІало Ас уьстагІийн дуьхьа.
Как Отец знает Меня, [так] и Я знаю Отца; и жизнь Мою полагаю за овец.
Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву.
Есть у Меня и другие овцы, которые не сего двора, и тех надлежит Мне привести: и они услышат голос Мой, и будет одно стадо и один Пастырь.
Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дІало дела, Сан Дена Со веза.
Потому любит Меня Отец, что Я отдаю жизнь Мою, чтобы опять принять её.
Цхьаммо а дІадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дІалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дІадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».
Никто не отнимает её у Меня, но Я Сам отдаю её. Имею власть отдать её и власть имею опять принять её. Сию заповедь получил Я от Отца Моего.
Юха а, Іийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира.
От этих слов опять произошла между Иудеями распря.
Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хІунда дугІу аша?»
Многие из них говорили: Он одержим бесом и безумствует; что слушаете Его?
Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дІаделлалур дуй бІаьрзечун бІаьргаш?»
Другие говорили: это слова не бесноватого; может ли бес отверзать очи слепым?
Іай Ярушалайм-гІалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тІедеара.
Настал же тогда в Иерусалиме [праздник] обновления, и была зима.
Делан цІийнан кертара Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь лелаш вара Іийса.
И ходил Иисус в храме, в притворе Соломоновом.
Кхузахь Іийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга».
Тут Иудеи обступили Его и говорили Ему: долго ли Тебе держать нас в недоумении? если Ты Христос, скажи нам прямо.
Іийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цІарах Ас деш долчу гІуллакхаша тоьшалла до Сох.
Иисус отвечал им: Я сказал вам, и не верите; дела, которые творю Я во имя Отца Моего, они свидетельствуют о Мне.
Амма шаьш Сан уьстагІех доцу дела, ца теша шу Сох.
Но вы не верите, ибо вы не из овец Моих, как Я сказал вам.
Сан уьстагІашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тІаьхьа а догІу.
Овцы Мои слушаются голоса Моего, и Я знаю их; и они идут за Мною.
Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хІаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац.
И Я даю им жизнь вечную, и не погибнут вовек; и никто не похитит их из руки Моей.
Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.
Отец Мой, Который дал Мне их, больше всех; и никто не может похитить их из руки Отца Моего.
Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду».
Я и Отец — одно.
ТІаккха юха а наха тІулгаш схьаийцира, Іийсана деттархьама.
Тут опять Иудеи схватили каменья, чтобы побить Его.
Іийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гІуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тІулгаш детта гІерта шу Суна?»
Иисус отвечал им: много добрых дел показал Я вам от Отца Моего; за которое из них хотите побить Меня камнями?
Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».
Иудеи сказали Ему в ответ: не за доброе дело хотим побить Тебя камнями, но за богохульство и за то, что Ты, будучи человек, делаешь Себя Богом.
Іийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тІехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“?
Иисус отвечал им: не написано ли в законе вашем: Я сказал: вы боги?
Нагахь Делан дош дІакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц),
Если Он назвал богами тех, к которым было слово Божие, и не может нарушиться Писание,—
тІаккха хІинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Іеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КІант ву“, – аларна?
Тому ли, Которого Отец освятил и послал в мир, вы говорите: богохульствуешь, потому что Я сказал: Я Сын Божий?
Нагахь Ас Сайн Дас до гІуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш.
Если Я не творю дел Отца Моего, не верьте Мне;
Амма, нагахь Ас и гІуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гІуллакхех теша. ТІаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла».
а если творю, то, когда не верите Мне, верьте делам Моим, чтобы узнать и поверить, что Отец во Мне и Я в Нём.
ТІаккха юха а лийхира цара Іийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.
Тогда опять искали схватить Его; но Он уклонился от рук их,
Юха а Йордан-хин вукху агІор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Іийса. Цигахь висира Иза.
и пошёл опять за Иордан, на то место, где прежде крестил Иоанн, и остался там.
Дукха нах баьхкира Іийсана тІе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гІуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла».
Многие пришли к Нему и говорили, что Иоанн не сотворил никакого чуда, но всё, что сказал Иоанн о Нём, было истинно.
Цигахь дукха нах тийшира Іийсах.
И многие там уверовали в Него.
Бет-ХІина олучу юьртахь Іаш вара, ЛаІзар цІе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чІогІа цомгуш вара. И Бет-ХІина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг.
Был болен некто Лазарь из Вифании, из селения, [где жили] Мария и Марфа, сестра её.
Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тІе хаза хьожа йогІу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаІзар вара.
Мария же, которой брат Лазарь был болен, была [та], которая помазала Господа миром и отёрла ноги Его волосами своими.
Цу йижарша хабар дахьийтира Іийсана тІе: «Эла, хІара Хьуна везаш верг цомгуш ву», – аьлла.
Сёстры послали сказать Ему: Господи! вот, кого Ты любишь, болен.
И хаам Шена хезча, Іийсас элира: «И цамгар Іожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КІентан сийлалла гайтархьама ю».
Иисус, услышав [то], сказал: эта болезнь не к смерти, но к славе Божией, да прославится через неё Сын Божий.
Іийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаІзар а.
Иисус же любил Марфу и сестру её и Лазаря.
Ткъа ЛаІзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Іийсас оцу Ша волчу меттехь.
Когда же услышал, что он болен, то пробыл два дня на том месте, где находился.
Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхІуд-махка гІо вай».
После этого сказал ученикам: пойдём опять в Иудею.
Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Рабби! Дукха хан ма яц яхІудхоша Хьуна тІулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?»
Ученики сказали Ему: Равви! давно ли Иудеи искали побить Тебя камнями, и Ты опять идёшь туда?
Іийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хІунда аьлча цунна кху дуьненан серло го.
Иисус отвечал: не двенадцать ли часов во дне? кто ходит днём, тот не спотыкается, потому что видит свет мира сего;
Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хІунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу».
а кто ходит ночью, спотыкается, потому что нет света с ним.
Иза а аьлла, юха а тІетуьйхира Іийсас: «Вайн доттагІа ЛаІзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду».
Сказав это, говорит им потом: Лазарь, друг наш, уснул; но Я иду разбудить его.
Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза».
Ученики Его сказали: Господи! если уснул, то выздоровеет.
Амма Іийсас ЛаІзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Іийсас ЛаІзарна наб кхетта боху.
Иисус говорил о смерти его, а они думали, что Он говорит о сне обыкновенном.
ТІаккха Іийсас дуьххьал дІаэлира цаьрга: «ЛаІзар дІакхелхина.
Тогда Иисус сказал им прямо: Лазарь умер;
Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хІинца гІо вай и волчу».
и радуюсь за вас, что Меня не было там, дабы вы уверовали; но пойдём к нему.
ТІаккха ТІамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».
Тогда Фома, иначе называемый Близнец, сказал ученикам: пойдём и мы умрём с ним.
Схьакхаьчначу Іийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Іуьллуш карийра ЛаІзар.
Иисус, придя, нашёл, что он уже четыре дня в гробе.
Бет-ХІина олучу гІалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара.
Вифания же была близ Иерусалима, стадиях в пятнадцати;
Дукха яхІудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тІе церан ваша ЛаІзар кхалхар бахьана долуш кадам бан.
и многие из Иудеев пришли к Марфе и Марии утешать их [в] [печали] о брате их.
Іийса вогІуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цІахь йисира.
Марфа, услышав, что идёт Иисус, пошла навстречу Ему; Мария же сидела дома.
ТІекхаьчча, Мартас Іийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша.
Тогда Марфа сказала Иисусу: Господи! если бы Ты был здесь, не умер бы брат мой.
Амма суна хІинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар».
Но и теперь знаю, что чего Ты попросишь у Бога, даст Тебе Бог.
Ткъа Іийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша».
Иисус говорит ей: воскреснет брат твой.
Мартас элира Іийсага: «Нах денлур болчу тІаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна».
Марфа сказала Ему: знаю, что воскреснет в воскресение, в последний день.
Іийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду.
Иисус сказал ей: Я есмь воскресение и жизнь; верующий в Меня, если и умрёт, оживёт.
Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?»
И всякий, живущий и верующий в Меня, не умрёт вовек. Веришь ли сему?
Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла».
Она говорит Ему: так, Господи! я верую, что Ты Христос, Сын Божий, грядущий в мир.
Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо».
Сказав это, пошла и позвала тайно Марию, сестру свою, говоря: Учитель здесь и зовёт тебя.
И хезча, Марем, сихха хьала а гІаьттина, Іийсана тІеяхара.
Она, как скоро услышала, поспешно встала и пошла к Нему.
Іийса хІинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хІинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара.
Иисус ещё не входил в селение, но был на том месте, где встретила Его Марфа.
ТІаккха Марем, сихха хьала а гІаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхІудхошна иза къуббанна тІейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тІаьххье бахара.
Иудеи, которые были с нею в доме и утешали её, видя, что Мария поспешно встала и вышла, пошли за нею, полагая, что она пошла на гроб — плакать там.
Ткъа Марема, Іийса волчу дІакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша».
Мария же, придя туда, где был Иисус, и увидев Его, пала к ногам Его и сказала Ему: Господи! если бы Ты был здесь, не умер бы брат мой.
Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхІудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Іийса.
Иисус, когда увидел её плачущую и пришедших с нею Иудеев плачущих, Сам восскорбел духом и возмутился
Іийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?» Цара жоп делира: «ГІой, хьажахь, Эла!»
и сказал: где вы положили его? Говорят Ему: Господи! пойди и посмотри.