che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Аса Сайна тІеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гІуллакхех дІаерза. | Я дал ей время покаяться в любодеянии её, но она не покаялась. |
ХІинца Ас цамгарийн Іазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гІуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гІуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тІе ца берзахь. | Вот, Я повергаю её на одр и любодействующих с нею в великую скорбь, если не покаются в делах своих. |
Цуьнан бераш а хІаллакдийр ду Ас. ТІаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хІоранна а, шун гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІалур ду Ас. | И детей её поражу смертью, и уразумеют все церкви, что Я есмь испытующий сердца и внутренности; и воздам каждому из вас по делам вашим. |
Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кІоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тІаьхьахІиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тІе ца йохку Ас шуна. | Вам же и прочим, находящимся в Фиатире, которые не держат сего учения и которые не знают так называемых глубин сатанинских, сказываю, что не наложу на вас иного бремени; |
Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’. | только то, что имеете, держите, пока приду. |
Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. | Кто побеждает и соблюдает дела Мои до конца, тому дам власть над язычниками, |
Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. | и будет пасти их жезлом железным; как сосуды глиняные, они сокрушатся, как и Я получил [власть] от Отца Моего; |
Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. | и дам ему звезду утреннюю. |
Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». | Имеющий ухо (слышать) да слышит, что Дух говорит церквам. |
«Сардис-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхІ Са а, ворхІ седа а Болчо: „Девза Суна шун гІуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цІераш лелайо, амма шу делла ду. | И Ангелу Сардийской церкви напиши: так говорит Имеющий семь духов Божиих и семь звёзд: знаю твои дела; ты носишь имя, будто жив, но ты мёртв. |
Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чІагІде, иза хІаллакьхилале. ХІунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гІуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар. | Бодрствуй и утверждай прочее близкое к смерти; ибо Я не нахожу, чтобы дела твои были совершенны пред Богом Моим. |
Шаьш тІеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогІур ву Со. | Вспомни, что ты принял и слышал, и храни и покайся. Если же не будешь бодрствовать, то Я найду на тебя, как тать, и ты не узнаешь, в который час найду на тебя. |
Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. | Впрочем у тебя в Сардисе есть несколько человек, которые не осквернили одежд своих, и будут ходить со Мною в белых [одеждах], ибо они достойны. |
Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. | Побеждающий облечётся в белые одежды; и не изглажу имени его из книги жизни, и исповедаю имя его пред Отцем Моим и пред Ангелами Его. |
Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». | Имеющий ухо да слышит, что Дух говорит церквам. |
«Палидалпи-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догІа Долчо. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц. | И Ангелу Филадельфийской церкви напиши: так говорит Святый, Истинный, имеющий ключ Давидов, Который отворяет — и никто не затворит, затворяет — и никто не отворит: |
„Девза Суна шун гІуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дІакъовлалур йоцу неІ дІайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кІезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дІа а ца тесна. | знаю твои дела; вот, Я отворил перед тобою дверь, и никто не может затворить её; ты не много имеешь силы, и сохранил слово Моё, и не отрёкся имени Моего. |
Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дІахІиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоІуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла. | Вот, Я сделаю, что из сатанинского сборища, из тех, которые говорят о себе, что они Иудеи, но не суть таковы, а лгут,— вот, Я сделаю то, что они придут и поклонятся пред ногами твоими, и познают, что Я возлюбил тебя. |
Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах. | И как ты сохранил слово терпения Моего, то и Я сохраню тебя от годины искушения, которая придёт на всю вселенную, чтобы испытать живущих на земле. |
Кестта вогІур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дІа ца даккхийта. | Сё, гряду скоро; держи, что имеешь, дабы кто не восхитил венца твоего. |
Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь. | Побеждающего сделаю столпом в храме Бога Моего, и он уже не выйдет вон; и напишу на нём имя Бога Моего и имя града Бога Моего, нового Иерусалима, нисходящего с неба от Бога Моего, и имя Моё новое. |
Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». | Имеющий ухо да слышит, что Дух говорит церквам. |
«Лаудика-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: | И Ангелу Лаодикийской церкви напиши: так говорит Аминь, свидетель верный и истинный, начало создания Божия: |
„Девза Суна шун гІуллакхаш – шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу! | знаю твои дела; ты ни холоден, ни горяч; о, если бы ты был холоден, или горяч! |
Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дІадохур ду шу. | Но, как ты тёпл, а не горяч и не холоден, то извергну тебя из уст Моих. |
ХІунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хІумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бІаьрзе а, дерзина а хиларх! | Ибо ты говоришь: «я богат, разбогател и ни в чём не имею нужды»; а не знаешь, что ты несчастен, и жалок, и нищ, и слеп, и наг. |
Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама! | Советую тебе купить у Меня золото, огнём очищенное, чтобы тебе обогатиться, и белую одежду, чтобы одеться и чтобы не видна была срамота наготы твоей, и глазною мазью помажь глаза твои, чтобы видеть. |
Сайна везарг, метта а валош, таІзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тІедерза! | Кого Я люблю, тех обличаю и наказываю. Итак будь ревностен и покайся. |
Хьовсал! Со, неІарах пІелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неІ дІайиллинчун цІа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хІума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву. | Сё, стою у двери и стучу: если кто услышит голос Мой и отворит дверь, войду к нему, и буду вечерять с ним, и он со Мною. |
Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа. | Побеждающему дам сесть со Мною на престоле Моём, как и Я победил и сел с Отцем Моим на престоле Его. |
Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». | Имеющий ухо да слышит, что Дух говорит церквам. |
Цул тІаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дІаеллаелла неІ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тІаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна». | После сего я взглянул, и вот, дверь отверста на небе, и прежний голос, который я слышал как бы звук трубы, говоривший со мною, сказал: взойди сюда, и покажу тебе, чему надлежит быть после сего. |
Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. | И тотчас я был в духе; и вот, престол стоял на небе, и на престоле был Сидящий; |
Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цІе йолу деза тІулгаш санна, можачу а, цІечу а басахь лепара. Цуьнан гІантана гонах, «изумруд» цІе йолу тІулг санна, лепаш стелаІад дара. | и Сей Сидящий видом был подобен камню яспису и сардису; и радуга вокруг престола, видом подобная смарагду. |
Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. | И вокруг престола двадцать четыре престола; а на престолах видел я сидевших двадцать четыре старца, которые облечены были в белые одежды и имели на головах своих золотые венцы. |
Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду. | И от престола исходили молнии и громы и гласы, и семь светильников огненных горели перед престолом, которые суть семь духов Божиих; |
Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан. | и перед престолом море стеклянное, подобное кристаллу; и посреди престола и вокруг престола четыре животных, исполненных очей спереди и сзади. |
Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. | И первое животное было подобно льву, и второе животное подобно тельцу, и третье животное имело лице, как человек, и четвёртое животное подобно орлу летящему. |
Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш. | И каждое из четырёх животных имело по шести крыл вокруг, а внутри они исполнены очей; и ни днём, ни ночью не имеют покоя, взывая: свят, свят, свят Господь Бог Вседержитель, Который был, есть и грядёт. |
Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, | И когда животные воздают славу и честь и благодарение Сидящему на престоле, Живущему во веки веков, |
и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: | тогда двадцать четыре старца падают пред Сидящим на престоле, и поклоняются Живущему во веки веков, и полагают венцы свои перед престолом, говоря: |
«Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду». | достоин Ты, Господи, приять славу и честь и силу: ибо Ты сотворил всё, и [всё] по Твоей воле существует и сотворено. |
ТІаккха Іаршана тІехь охьахиъна Іаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агІор йозанаш дара. И тептар, ворхІ мухІар а тоьхна, дІакъевлина дара. | И видел я в деснице у Сидящего на престоле книгу, написанную внутри и отвне, запечатанную семью печатями. |
Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чІогІачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хІокху тептар тІера мухІарш дІа а даьхна, иза дІаделла хьакъ верг?» | И видел я Ангела сильного, провозглашающего громким голосом: кто достоин раскрыть сию книгу и снять печати её? |
Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дІаделла а, я цу тІе хьажа а. | И никто не мог, ни на небе, ни на земле, ни под землёю, раскрыть сию книгу, ни посмотреть в неё. |
И тептар дІа а диллина, иза деша а, я цу тІе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира. | И я много плакал о том, что никого не нашлось достойного раскрыть и читать сию книгу, и даже посмотреть в неё. |
Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХІара ду ЯхІудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тІера ворхІ мухІар дІадаккха а, иза дІаделла а». | И один из старцев сказал мне: не плачь; вот, лев от колена Иудина, корень Давидов, победил, [и может] раскрыть сию книгу и снять семь печатей её. |
ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш. | И я взглянул, и вот, посреди престола и четырёх животных и посреди старцев стоял Агнец как бы закланный, имеющий семь рогов и семь очей, которые суть семь духов Божиих, посланных во всю землю. |
Іахаро Іаршана тІе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. | И Он пришёл и взял книгу из десницы Сидящего на престоле. |
ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. | И когда он взял книгу, тогда четыре животных и двадцать четыре старца пали пред Агнцем, имея каждый гусли и золотые чаши, полные фимиама, которые суть молитвы святых. |
Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. | И поют новую песнь, говоря: достоин Ты взять книгу и снять с неё печати, ибо Ты был заклан, и Кровию Своею искупил нас Богу из всякого колена и языка, и народа и племени, |
Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гІуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тІехь паччахьалла дийр ду». | и соделал нас царями и священниками Богу нашему; и мы будем царствовать на земле. |
Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Іаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. | И я видел, и слышал голос многих Ангелов вокруг престола и животных и старцев, и число их было тьмы тем и тысячи тысяч, |
Цара, аз чІагІ а деш, олура: «Бийна болу Іахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чІагІо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дІаэца». | которые говорили громким голосом: достоин Агнец закланный принять силу и богатство, и премудрость и крепость, и честь и славу и благословение. |
Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хІорда тІехь а Дала кхоьллинчу хІора хІумано а – царна чохь долчу массо хІумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тІейогІучу заманна хуьлийла Іаршана тІехь хиъна Волчун а, Іахаран а». | И всякое создание, находящееся на небе и на земле, и под землёю, и на море, и всё, что в них, слышал я, говорило: Сидящему на престоле и Агнцу благословение и честь, и слава и держава во веки веков. |
Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара. | И четыре животных говорили: аминь. И двадцать четыре старца пали и поклонились Живущему во веки веков. |
ТІаккха суна гира Іахаро ворхІ мухІарх цхьаъ дІадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!» | И я видел, что Агнец снял первую из семи печатей, и я услышал одно из четырёх животных, говорящее как бы громовым голосом: иди и смотри. |
Со дІахьаьжча, суна кІайн дин гира. Цу тІехь, карахь Іад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТІаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. | Я взглянул, и вот, конь белый, и на нём всадник, имеющий лук, и дан был ему венец; и вышел он [как] победоносный, и чтобы победить. |
Іахаро шолгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира шолгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» | И когда он снял вторую печать, я слышал второе животное, говорящее: иди и смотри. |
ТІаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тІе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира. | И вышел другой конь, рыжий; и сидящему на нём дано взять мир с земли, и чтобы убивали друг друга; и дан ему большой меч. |
Іахаро кхоалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира кхоалгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дІахьаьжча, суна Іаьржа дин гира. Цу тІехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. | И когда Он снял третью печать, я слышал третье животное, говорящее: иди и смотри. Я взглянул, и вот, конь вороной, и на нём всадник, имеющий меру в руке своей. |
Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!» | И слышал я голос посреди четырёх животных, говорящий: хиникс пшеницы за динарий, и три хиникса ячменя за динарий; елея же и вина не повреждай. |
ТІаккха Іахаро доьалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира доьалгІачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!» | И когда Он снял четвёртую печать, я слышал голос четвёртого животного, говорящий: иди и смотри. |
Со дІахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тІехиъна «Іожалла» цІе йолу бере вара, шена тІаьхьахІоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгІа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а. | И я взглянул, и вот, конь бледный, и на нём всадник, которому имя «смерть»; и ад следовал за ним; и дана ему власть над четвёртою частью земли — умерщвлять мечом и голодом, и мором и зверями земными. |
Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. | И когда Он снял пятую печать, я увидел под жертвенником души убиенных за слово Божие и за свидетельство, которое они имели. |
Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Іийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цІий Іанорна царна таІзар ца деш а?» – аьлла. | И возопили они громким голосом, говоря: доколе, Владыка Святый и Истинный, не судишь и не мстишь живущим на земле за кровь нашу? |
ТІаккха царна хІоранна а кІайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кІеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Іийсана гІуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. | И даны были каждому из них одежды белые, и сказано им, чтобы они успокоились ещё на малое время, пока и сотрудники их и братья их, которые будут убиты, как и они, дополнят число. |
Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. | И когда Он снял шестую печать, я взглянул, и вот, произошло великое землетрясение, и солнце стало мрачно как власяница, и луна сделалась как кровь. |
ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира. | И звёзды небесные пали на землю, как смоковница, потрясаемая сильным ветром, роняет незрелые смоквы свои. |
Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дІа а хьаьрчина, дІахьулъелира. ХІора лам а, гІайре а меттахъяьккхира. | И небо скрылось, свившись как свиток; и всякая гора и остров двинулись с мест своих. |
Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тІеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргІат берш а хьехашна чохь а, чІажашна чохь а дІалевчкъира. | И цари земные, и вельможи, и богатые, и тысяченачальники, и сильные, и всякий раб, и всякий свободный скрылись в пещеры и в ущелья гор, |
Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. | и говорят горам и камням: падите на нас и сокройте нас от лица Сидящего на престоле и от гнева Агнца; |
Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?» | ибо пришёл великий день гнева Его, и кто может устоять? |
Цул тІаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агІор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьІІера хьоькху биъ мох дІалаьцнера, иза я лаьттана тІе, я хІордана тІе, я цхьанна а диттана тІе ца бахийтархьама. | И после сего видел я четырёх Ангелов, стоящих на четырёх углах земли, держащих четыре ветра земли, чтобы не дул ветер ни на землю, ни на море, ни на какое дерево. |
ТІаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухІар дара. Оцу малико лаьттана а, хІордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира: | И видел я иного Ангела, восходящего от востока солнца и имеющего печать Бога живаго. И воскликнул он громким голосом к четырём Ангелам, которым дано вредить земле и морю, говоря: |
«Вайн Далла гІуллакх деш болчеран хьаьжнаш тІе мухІар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хІордашна, я дитташна». | не делайте вреда ни земле, ни морю, ни деревам, доколе не положим печати на челах рабов Бога нашего. |
И мухІар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тІаьхьенах волу цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. | И я слышал число запечатлённых: запечатлённых было сто сорок четыре тысячи из всех колен сынов Израилевых. |
Иштта, ЯхІудан тІаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тІе а мухІар тоьхна; Раабанан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Гадин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; | Из колена Иудина запечатлено двенадцать тысяч; из колена Рувимова запечатлено двенадцать тысяч; из колена Гадова запечатлено двенадцать тысяч; |
Ашаран тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Напталан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Маннашан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; | из колена Асирова запечатлено двенадцать тысяч; из колена Неффалимова запечатлено двенадцать тысяч; из колена Манассиина запечатлено двенадцать тысяч; |
ШимІин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Левин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Иссарханан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; | из колена Симеонова запечатлено двенадцать тысяч; из колена Левиина запечатлено двенадцать тысяч; из колена Иссахарова запечатлено двенадцать тысяч; |
Забулан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Юсупан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана. | из колена Завулонова запечатлено двенадцать тысяч; из колена Иосифова запечатлено двенадцать тысяч; из колена Вениаминова запечатлено двенадцать тысяч. |
Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а д... | После сего взглянул я, и вот, великое множество людей, которого никто не мог перечесть, из всех племён и колен, и народов и языков, стояло пред престолом и пред Агнцем в белых одеждах и с пальмовыми ветвями в руках своих. |
Цара айдинчу озаца бохура: «КІелхьардовлар ду Іаршана тІе хиъна Іаш волчу Делера а, Іахарера а!» | И восклицали громким голосом, говоря: спасение Богу нашему, сидящему на престоле, и Агнцу! |
Паччахьан гІантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Іаршана хьалха бертал а эгна, Далла Іибадат дора цара. | И все Ангелы стояли вокруг престола и старцев и четырёх животных, и пали перед престолом на лица свои, и поклонились Богу, |
«Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чІагІо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тІейогІучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша. | говоря: аминь! благословение и слава, и премудрость и благодарение, и честь и сила и крепость Богу нашему во веки веков! Аминь. |
Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кІайн обанаш тІеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?» | И, начав речь, один из старцев спросил меня: сии облечённые в белые одежды кто, и откуда пришли? |
Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина. | Я сказал ему: ты знаешь, господин. И он сказал мне: это те, которые пришли от великой скорби; они омыли одежды свои и убелили одежды свои Кровию Агнца. |
Цундела уьш Делан олаллин гІантана хьалха лаьтташ бу хІинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цІа чохь $Далла гІуллакх до. Іарша тІе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Іийр ву, Цо уьш лар а бийр бу. | За это они пребывают [ныне] перед престолом Бога и служат Ему день и ночь в храме Его, и Сидящий на престоле будет обитать в них. |
ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац. | Они не будут уже ни алкать, ни жаждать, и не будет палить их солнце и никакой зной: |
ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш». | ибо Агнец, Который среди престола, будет пасти их и водить их на живые источники вод; и отрёт Бог всякую слезу с очей их. |
Іахаро ворхІалгІа мухІар тептар тІера дІадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дІахІоьттира стигалахь. | И когда Он снял седьмую печать, сделалось безмолвие на небе, как бы на полчаса. |
Далла хьалха лаьтташ долу ворхІ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхІ турба еллера. | И я видел семь Ангелов, которые стояли пред Богом; и дано им семь труб. |
ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана ... | И пришёл иной Ангел, и стал перед жертвенником, держа золотую кадильницу; и дано было ему множество фимиама, чтобы он с молитвами всех святых возложил его на золотой жертвенник, который перед престолом. |
ТІаккха оцу хьожа йогІучу хІуманах баьлла кІур Делан долахь болчеран доІанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара. | И вознёсся дым фимиама с молитвами святых от руки Ангела пред Бога. |
Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тІера йогуш йолчу цІеран кІегийх буьзира. ТІаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гІовгІа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра. | И взял Ангел кадильницу, и наполнил её огнём с жертвенника, и поверг на землю: и произошли голоса и громы, и молнии и землетрясение. |
Шайн карахь ворхІ турба йолу ворхІ малик турба лакха кечделира. | И семь Ангелов, имеющие семь труб, приготовились трубить. |
Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. | Первый Ангел вострубил, и сделались град и огонь, смешанные с кровью, и пали на землю; и третья часть дерев сгорела, и вся трава зелёная сгорела. |
ШолгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хІума хІорда чу а кхоьссина, хІордийн кхоалгІа дакъа цІий хилла дІахІоьттира. | Второй Ангел вострубил, и как бы большая гора, пылающая огнём, низверглась в море; и третья часть моря сделалась кровью, |
ХІордашна чохь йолчу садолчу хІуманийн кхоалгІа дакъа а хІаллакьхилира. Иштта хІаллакьхилира хІордкеманийн кхоалгІа дакъа а. | и умерла третья часть одушевлённых тварей, живущих в море, и третья часть судов погибла. |
КхоалгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгІачу декъа тІе охьабуьйжира и седа. | Третий ангел вострубил, и упала с неба большая звезда, горящая подобно светильнику, и пала на третью часть рек и на источники вод. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.