che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Нийсонна тІехь чІагІйина хир ю хьо. Іазап дар хьуна генадер ду, хьо кхера оьшуш хІумма а дац. Къемат хьуна генадер ду, иза хьуна улло догІур дац.
Ты утвердишься правдою, будешь далека от угнетения, ибо тебе бояться нечего, и от ужаса, ибо он не приблизится к тебе.
Нагахь хьуна тІе цхьаъ латахь а, иза Соьгара хир дац. Милла а хьох латахь а, иза ша вужур ву.
Вот, будут вооружаться [против тебя], но не от Меня; кто бы ни вооружился против тебя, падёт.
Хьажал, Ас аьчка пхьар кхоьллина, цо, алу алсам а йоккхий, балхана догІуш долу герз кечдо. Ткъа иштта Ас кхуллу хІаллакдийриг а, цуьнга адамаш хІаллакдайтархьама.
Вот, Я сотворил кузнеца, который раздувает угли в огне и производит орудие для своего дела,— и Я творю губителя для истребления.
Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац. Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга. Иза Везачу Элан ялхойн тІаьхье ю, Соьгара долу церан бакъдар ду», – боху Везачу Эло.
Ни одно орудие, сделанное против тебя, не будет успешно; и всякий язык, который будет состязаться с тобою на суде,— ты обвинишь. Это есть наследие рабов Господа, оправдание их от Меня, говорит Господь.
Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца!
Жаждущие! идите все к водам; даже и вы, у которых нет серебра, идите, покупайте и ешьте; идите, покупайте без серебра и без платы вино и молоко.
Аш хІунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хІунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догІий, мерзаниг дІадаа, тІаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду.
Для чего вам отвешивать серебро за то, что не хлеб, и трудовое своё за то, что не насыщает? Послушайте Меня внимательно и вкушайте благо, и душа ваша да насладится туком.
ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.
Приклоните ухо ваше и придите ко Мне: послушайте, и жива будет душа ваша,— и дам вам завет вечный, неизменные милости, [обещанные] Давиду.
Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.
Вот, Я дал Его свидетелем для народов, вождём и наставником народам.
Хьайна девзаш доцу халкъаш тІекхойкхур ду ахь, хІинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тІекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина».
Вот, ты призовёшь народ, которого ты не знал, и народы, которые тебя не знали, поспешат к тебе ради Господа Бога твоего и ради Святаго Израилева, ибо Он прославил тебя.
Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.
Ищите Господа, когда можно найти Его; призывайте Его, когда Он близко.
Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду.
Да оставит нечестивый путь свой и беззаконник — помыслы свои, и да обратится к Господу, и Он помилует его, и к Богу нашему, ибо Он многомилостив.
«Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, – боху Везачу Эло. –
Мои мысли — не ваши мысли, ни ваши пути — пути Мои, говорит Господь.
Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара, Сан некъаш а ду шун некъел лекха, Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха.
Но как небо выше земли, так пути Мои выше путей ваших, и мысли Мои выше мыслей ваших.
ДогІа а, ло а, стигалара охьа а догІий, цара латта даша а дой, цу тІехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТІаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу.
Как дождь и снег нисходит с неба и туда не возвращается, но напояет землю и делает её способною рождать и произращать, чтобы она давала семя тому, кто сеет, и хлеб тому, кто ест,—
Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тІе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Іалашоне кхочу.
так и слово Моё, которое исходит из уст Моих,— оно не возвращается ко Мне тщетным, но исполняет то, что Мне угодно, и совершает то, для чего Я послал его.
Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду, машарца новкъа а дохур ду. Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю, аренашкарчу дитташа шайн тІараш деттар ду.
Итак вы выйдете с веселием и будете провожаемы с миром; горы и холмы будут петь пред вами песнь, и все дерева в поле рукоплескать вам.
Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду. КІохцалийн метта, миртан дитт хьалагІур ду. И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а, гуттаренна йолчу а, дІаер йоцучу а билгалонна а».
Вместо терновника вырастет кипарис; вместо крапивы возрастёт мирт; и это будет во славу Господа, в знамение вечное, несокрушимое.
Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хІунда аьлча Сан кІелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю.
Так говорит Господь: сохраняйте суд и делайте правду; ибо близко спасение Моё и откровение правды Моей.
Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а».
Блажен муж, который делает это, и сын человеческий, который крепко держится этого, который хранит субботу от осквернения и оберегает руку свою, чтобы не сделать никакого зла.
Везачу Элана тІаьхьахІоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дІакъастор ву». ВаьІна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац».
Да не говорит сын иноплеменника, присоединившийся к Господу: «Господь совсем отделил меня от Своего народа», и да не говорит евнух: «вот я сухое дерево».
Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьІначарна
Ибо Господь так говорит об евнухах: которые хранят Мои субботы и избирают угодное Мне, и крепко держатся завета Моего,—
Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна».
тем дам Я в доме Моём и в стенах Моих место и имя лучшее, нежели сыновьям и дочерям; дам им вечное имя, которое не истребится.
Везачу Элана гІуллакх дан а, Цуьнан цІе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тІаьхьахІиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чІогІа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш
И сыновей иноплеменников, присоединившихся к Господу, чтобы служить Ему и любить имя Господа, быть рабами Его, всех, хранящих субботу от осквернения её и твёрдо держащихся завета Моего,
буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу.
Я приведу на святую гору Мою и обрадую их в Моём доме молитвы; всесожжения их и жертвы их [будут] благоприятны на жертвеннике Моём, ибо дом Мой назовётся домом молитвы для всех народов.
ДІасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тІе кхин а гулбийр бу Ас».
Господь Бог, собирающий рассеянных Израильтян, говорит: к собранным у него Я буду ещё собирать других.
Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дІадаа!
Все звери полевые, все звери лесные! идите есть.
Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш.
Стражи их слепы все и невежды: все они немые псы, не могущие лаять, бредящие лёжа, любящие спать.
Уьш Іебар доцу а, сутара а жІаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Іуй бу: массо а шен новкъа дІавирзина ву, хІора а шена пайда лоьхуш ву.
И это псы, жадные душею, не знающие сытости; и это пастыри бессмысленные: все смотрят на свою дорогу, каждый до последнего, на свою корысть;
«Схьадуьйла, – боху цара, – суна чагІар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».
приходите, [говорят], я достану вина, и мы напьёмся сикеры; и завтра то же будет, что сегодня, да ещё и больше.
Делан лаамехь верг хІаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тІера дІабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дІакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.
Праведник умирает, и никто не принимает этого к сердцу; и мужи благочестивые восхищаются [от земли], и никто не помыслит, что праведник восхищается от зла.
Нийсачу новкъахула лелларш паргІатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Іожаллин меттахь.
Он отходит к миру; ходящие прямым путём будут покоиться на ложах своих.
«Амма шу – тІедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хІу!
Но приблизьтесь сюда вы, сыновья чародейки, семя прелюбодея и блудницы!
Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тІаьхье а яц шу?
Над кем вы глумитесь? против кого расширяете рот, высовываете язык? не дети ли вы преступления, семя лжи,
Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу.
разжигаемые похотью к идолам под каждым ветвистым деревом, заколающие детей при ручьях, между расселинами скал?
Хьан дакъа татолийн шерачу тІулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦІуш лоруш болчу оцу тІулгашна чагІаран а, кІен а сагІанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со?
В гладких камнях ручьёв доля твоя; они, они жребий твой; им ты делаешь возлияние и приносишь жертвы: могу ли Я быть доволен этим?
Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тІе хІоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагІа даккха.
На высокой и выдающейся горе ты ставишь ложе твоё и туда восходишь приносить жертву.
НеІарна а, гурана а тІехьа хІиттайо ахь цІуйн билгалонаш. Сох дІа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дІабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна.
За дверью также и за косяками ставишь памяти твои; ибо, отвратившись от Меня, ты обнажаешься и восходишь; распространяешь ложе твоё и договариваешься с теми из них, с которыми любишь лежать, высматриваешь место.
Хаза хьожа йогІу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цІунна тІе йогІу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дІабохуьйту ахь – ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш.
Ты ходила также к царю с благовонною мастью и умножила масти твои, и далеко посылала послов твоих, и унижалась до преисподней.
Бехха некъ барна, хьо кІадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гІора юха а меттахІутту, цундела хьуна гІелъялар ца хаало.
От долгого пути твоего утомлялась, но не говорила: «надежда потеряна!»; всё ещё находила живость в руке твоей, и потому не чувствовала ослабления.
Хьо хьанах кхераелла сел чІогІа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Іерна, дуй те хьан Сох цакхерар?
Кого же ты испугалась и устрашилась, что сделалась неверною и Меня перестала помнить и хранить в твоём сердце? не оттого ли, что Я молчал, и притом долго, ты перестала бояться Меня?
Ас хьан нийсо а, хьан гІуллакхаш а дІагойтур ду хьуна – царах хьуна пайда бер бац.
Я покажу правду твою и дела твои,— и они будут не в пользу тебе.
Ахь, гІо доьхуш, орца даьккхича, хьан цІуйн жІугано кІелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дІахьур бу, хІоно дІасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».
Когда ты будешь вопить, спасёт ли тебя сборище твоё?— всех их унесёт ветер, развеет дуновение; а надеющийся на Меня наследует землю и будет владеть святою горою Моею.
Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богІа! Кеч а бе, дІа а нисбе некъ. ДІаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».
И сказал: поднимайте, поднимайте, ровняйте путь, убирайте преграду с пути народа Моего.
ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.
Ибо так говорит Высокий и Превознесённый, вечно Живущий,— Святый имя Его: Я живу на высоте [небес] и во святилище, и также с сокрушёнными и смиренными духом, чтобы оживлять дух смиренных и оживлять сердца сокрушённых.
Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара.
Ибо не вечно буду Я вести тяжбу и не до конца гневаться; иначе изнеможет предо Мною дух и всякое дыхание, Мною сотворённое.
Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгІаз а оьхура, цунна таІзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргІад а вуьйлура, амма иза, Сох дІа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дІадахара.
За грех корыстолюбия его Я гневался и поражал его, скрывал лице и негодовал; но он, отвратившись, пошёл по пути своего сердца.
Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дІа а лелор ду, халкъах гІайгІа ечарна синтем а бийр бу.
Я видел пути его, и исцелю его, и буду водить его и утешать его и сетующих его.
Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ.
Я исполню слово: мир, мир дальнему и ближнему, говорит Господь, и исцелю его.
Іеса нах ловзабаьлла хІорд санна бу. И хІорд дІа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу.
А нечестивые — как море взволнованное, которое не может успокоиться и которого воды выбрасывают ил и грязь.
Іесачарна машар хир бац», – боху сан Дала.
Нет мира нечестивым, говорит Бог мой.
Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта.
Взывай громко, не удерживайся; возвысь голос твой, подобно трубе, и укажи народу Моему на беззакония его, и дому Иаковлеву — на грехи его.
Цара хІора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дІа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гІуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш».
Они каждый день ищут Меня и хотят знать пути Мои, как бы народ, поступающий праведно и не оставляющий законов Бога своего; они вопрошают Меня о судах правды, желают приближения к Богу:
Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хІунда ца го иза? Тхо кІезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хІунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тІедуьллу.
«Почему мы постимся, а Ты не видишь? смиряем души свои, а Ты не знаешь?» — Вот, в день поста вашего вы исполняете волю вашу и требуете тяжких трудов от других.
Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгІа а оьгІу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха.
Вот, вы поститесь для ссор и распрей и для того, чтобы дерзкою рукою бить других; вы не поститесь в это время так, чтобы голос ваш был услышан на высоте.
Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?
Таков ли тот пост, который Я избрал, день, в который томит человек душу свою, когда гнёт голову свою, как тростник, и подстилает под себя рубище и пепел? Это ли назовёшь постом и днём, угодным Господу?
ХІара ду Суна лууш долу марха: харцонан гІоьмаш дІаяха, дезачу дуькъан машшаш дІадаста, Іазапехь берш паргІатбаха, муьлхха а дукъ дохаде,
Вот пост, который Я избрал: разреши оковы неправды, развяжи узы ярма, и угнетённых отпусти на свободу, и расторгни всякое ярмо;
мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа.
раздели с голодным хлеб твой, и скитающихся бедных введи в дом; когда увидишь нагого, одень его, и от единокровного твоего не укрывайся.
ТІаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дІагІур ю, Везачу Элан сийлалла а тІаьхьадогІур ду хьуна.
Тогда откроется, как заря, свет твой, и исцеление твоё скоро возрастёт, и правда твоя пойдёт пред тобою, и слава Господня будет сопровождать тебя.
Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Іазап латтор дІа а даккхахь, пІелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь,
Тогда ты воззовёшь, и Господь услышит; возопиешь, и Он скажет: «вот Я!» Когда ты удалишь из среды твоей ярмо, перестанешь поднимать перст и говорить оскорбительное,
доллучу синца мецачунна яа хІума а лахь, гІело ловш волчун дог а эцахь, тІаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу.
и отдашь голодному душу твою и напитаешь душу страдальца: тогда свет твой взойдёт во тьме, и мрак твой [будет] как полдень;
Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хІоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьІахкаш чІагІйийр ю, тІаккха хьо хих Іабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву.
и будет Господь вождём твоим всегда, и во время засухи будет насыщать душу твою и утучнять кости твои, и ты будешь, как напоенный водою сад и как источник, которого воды никогда не иссякают.
Хьан халкъо юхаметтахІиттор ю шира херцораш, юха а дІахІиттор ду дуккха а тІаьхьенаша дитина цІенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Іархьама, юхаметтахІиттош верг а эр ду».
И застроятся [потомками] твоими пустыни вековые: ты восстановишь основания многих поколений, и будут называть тебя восстановителем развалин, возобновителем путей для населения.
«Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гІуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гІуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь,
Если ты удержишь ногу твою ради субботы от исполнения прихотей твоих во святый день Мой, и будешь называть субботу отрадою, святым днём Господним, чествуемым, и почтишь её тем, что не будешь заниматься обычными твоими делами, угождать твоей прихоти и пустословить,—
хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.
то будешь иметь радость в Господе, и Я возведу тебя на высоты земли и дам вкусить тебе наследие Иакова, отца твоего: уста Господни изрекли это.
Хьажал, Везачу Элан куьг шу кІелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац.
Вот, рука Господа не сократилась на то, чтобы спасать, и ухо Его не отяжелело для того, чтобы слышать.
Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза!
Но беззакония ваши произвели разделение между вами и Богом вашим, и грехи ваши отвращают лице [Его] от вас, чтобы не слышать.
ХІунда аьлча шун куьйгаш цІийно бехдина ду, шун пІелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу.
Ибо руки ваши осквернены кровью и персты ваши — беззаконием; уста ваши говорят ложь, язык ваш произносит неправду.
Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гІуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хІума дола а дой, бохам боккху.
Никто не возвышает голоса за правду, и никто не вступается за истину; надеются на пустое и говорят ложь, зачинают зло и рождают злодейство;
Лаьхьанан хІоаш тевна дохкий а Іа, маша а бузу цара. Церан хІоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу.
высиживают змеиные яйца и ткут паутину; кто поест яиц их,— умрёт, а если раздавит,— выползет ехидна.
Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тІедухалур дац цаьрга. Церан гІуллакхаш харцонан гІуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг.
Паутины их для одежды негодны, и они не покроются своим произведением; дела их — дела неправедные, и насилие в руках их.
Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь.
Ноги их бегут ко злу, и они спешат на пролитие невинной крови; мысли их — мысли нечестивые; опустошение и гибель на стезях их.
Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тІехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза.
Пути мира они не знают, и нет суда на стезях их; пути их искривлены, и никто, идущий по ним, не знает мира.
Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела.
Потому-то и далёк от нас суд, и правосудие не достигает до нас; ждём света, и вот тьма,— озарения, и ходим во мраке.
БІаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бІаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркІажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай.
Осязаем, как слепые стену, и, как без глаз, ходим ощупью; спотыкаемся в полдень, как в сумерки, между живыми — как мёртвые.
Черчий санна, Іоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кІелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду.
Все мы ревём, как медведи, и стонем, как голуби; ожидаем суда, и нет [его],— спасения, но оно далеко от нас.
ХІунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза.
Ибо преступления наши многочисленны пред Тобою, и грехи наши свидетельствуют против нас; ибо преступления наши с нами, и беззакония наши мы знаем.
Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Іехийра оха. Тхайн Делах дІадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха.
Мы изменили и солгали пред Господом, и отступили от Бога нашего; говорили клевету и измену, зачинали и рождали из сердца лживые слова.
Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хІунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира.
И суд отступил назад, и правда стала вдали, ибо истина преткнулась на площади, и честность не может войти.
Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу.
И не стало истины, и удаляющийся от зла подвергается оскорблению. И Господь увидел это, и противно было очам Его, что нет суда.
Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гІо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кІелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гІо дора Цунна.
И видел, что нет человека, и дивился, что нет заступника; и помогла Ему мышца Его, и правда Его поддержала Его.
Цо Шена тІе, гІагІ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тІе кІелхьардаккхаран гІем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тІеоьллира, дог иракарахІотторца Шен дегІ хьулдира.
И Он возложил на Себя правду, как броню, и шлем спасения на главу Свою; и облёкся в ризу мщения, как в одежду, и покрыл Себя ревностью, как плащом.
Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду.
По мере возмездия, по этой мере Он воздаст противникам Своим — яростью, врагам Своим — местью, островам воздаст должное.
Малхбузехь Везачу Элан цІарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догІу хи санна, схьавогІур ву Иза, Везачу Элан хІоно дІаэккхош волу.
И убоятся имени Господа на западе и славы Его — на восходе солнца. Если враг придёт как река, дуновение Господа прогонит его.
«Цийонна а, зулам лелорна тІера дІайирзинчу Якъубан тІаьхьенах болчарна а ПаргІатбохург вогІур ву, – боху Везачу Эло. –
И придёт Искупитель Сиона и [сынов] Иакова, обратившихся от нечестия, говорит Господь.
Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хІара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тІехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тІаьхьенийн а багара хІинца дуьйна абаденналц дІадевр дац», – боху Везачу Эло.
И вот завет Мой с ними, говорит Господь: Дух Мой, Который на тебе, и слова Мои, которые вложил Я в уста твои, не отступят от уст твоих и от уст потомства твоего, и от уст потомков потомства твоего, говорит Господь, отныне и до века.
«ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла!
Восстань, светись, [Иерусалим], ибо пришёл свет твой, и слава Господня взошла над тобою.
Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь.
Ибо вот, тьма покроет землю, и мрак — народы; а над тобою воссияет Господь, и слава Его явится над тобою.
Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе.
И придут народы к свету твоему, и цари — к восходящему над тобою сиянию.
Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш.
Возведи очи твои и посмотри вокруг: все они собираются, идут к тебе; сыновья твои издалека идут и дочерей твоих на руках несут.
ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду.
Тогда увидишь, и возрадуешься, и затрепещет и расширится сердце твоё, потому что богатство моря обратится к тебе, достояние народов придёт к тебе.
Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.
Множество верблюдов покроет тебя — дромадеры из Мадиама и Ефы; все они из Савы придут, принесут золото и ладан и возвестят славу Господа.
Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гІуллакх дийр ду. СагІа доккху Сан кхерча тІехь тамехь долу сагІа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цІийнан сийдийр ду Ас.
Все овцы Кидарские будут собраны к тебе; овны Неваиофские послужат тебе: взойдут на алтарь Мой жертвою благоугодною, и Я прославлю дом славы Моей.
Мархаш санна а, шайн баннаш тІе доьлху кхокхарчий санна а, тІемаяьлла йоьдург хІун ю?
Кто это летят, как облака, и как голуби — к голубятням своим?
Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина.
Так, Меня ждут острова и впереди их — корабли Фарсисские, чтобы перевезти сынов твоих издалёка и с ними серебро их и золото их, во имя Господа Бога твоего и Святаго Израилева, потому что Он прославил тебя.
Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со.
Тогда сыновья иноземцев будут строить стены твои, и цари их — служить тебе; ибо во гневе Моём Я поражал тебя, но в благоволении Моём буду милостив к тебе.
Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дІакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а.
И будут всегда отверсты врата твои, не будут затворяться ни днём ни ночью, чтобы приносимо было к тебе достояние народов и приводимы были цари их.
Ткъа хьуна гІуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хІаллакдийр ду.
Ибо народ и царства, которые не захотят служить тебе,— погибнут, и такие народы совершенно истребятся.
Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.
Слава Ливана придёт к тебе, кипарис и певг и вместе кедр, чтобы украсить место святилища Моего, и Я прославлю подножие ног Моих.
Хьуна гІело йиначеран кІентий, муьтІахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гІала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.
И придут к тебе с покорностью сыновья угнетавших тебя, и падут к стопам ног твоих все, презиравшие тебя, и назовут тебя городом Господа, Сионом Святаго Израилева.
Хьо дІатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка хазахетар а долу гІала.
Вместо того, что ты был оставлен и ненавидим, так что никто не проходил чрез [тебя], Я соделаю тебя величием навеки, радостью в роды родов.