che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. | Ибо вот, придёт Господь в огне, и колесницы Его — как вихрь, чтобы излить гнев Свой с яростью и прещение Своё с пылающим огнём. |
ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу. | Ибо Господь с огнём и мечом Своим произведёт суд над всякою плотью, и много будет поражённых Господом. |
«Езачу бошмашкахь цхьаъ вукхунна тІаьххье шаьш базбеш а, цІанбеш а берш а, хьакхин жижиг а, маьттаза хІуманаш а, дехкий а дуурш а массо а лийр бу, – боху Везачу Эло. – | Те, которые освящают и очищают себя в рощах, один за другим, едят свиное мясо и мерзость и мышей,— все погибнут, говорит Господь. |
Сох лаьцна аьлча, церан гІуллакхаш а, ойланаш а бахьана долуш, Ас массо а къаьмнаш а, меттанаш а гулдийр йолу хан тІекхаьчна. Схьа а баьхкина, Сан сийлалла гур ю царна. | Ибо Я [знаю] деяния их и мысли их; и вот, приду собрать все народы и языки, и они придут и увидят славу Мою. |
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъа... | И положу на них знамение, и пошлю из спасённых от них к народам: в Фарсис, к Пулу и Луду, к натягивающим лук, к Тубалу и Явану, на дальние острова, которые не слышали обо Мне и не видели славы Моей: и они возвестят народам славу Мою |
Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. | и представят всех братьев ваших от всех народов в дар Господу на конях и колесницах, и на носилках, и на мулах, и на быстрых верблюдах, на святую гору Мою, в Иерусалим, говорит Господь,— подобно тому, как сыны Израилевы приносят дар в дом Господа в чистом сосуде. |
Царах схьаоьцур бу Ас динан дай а, левихой а бан нах», – боху Везачу Эло. | Из них буду брать также в священники и левиты, говорит Господь. |
«Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тІаьхье а, цІе а даим юьсур ю. | Ибо, как новое небо и новая земля, которые Я сотворю, всегда будут пред лицем Моим, говорит Господь, так будет и семя ваше и имя ваше. |
Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догІур ду, – боху Везачу Эло. – | Тогда из месяца в месяц и из субботы в субботу будет приходить всякая плоть пред лице Моё на поклонение, говорит Господь. |
Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». | И будут выходить и увидят трупы людей, отступивших от Меня: ибо червь их не умрёт, и огонь их не угаснет; и будут они мерзостью для всякой плоти. |
ХІара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тІехь лаьтташ йолчу Іанатот-гІаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхІун кІентех волчу а Ярми-ЯхІун ду. | Слова Иеремии, сына Хелкиина, из священников в Анафофе, в земле Вениаминовой, |
Ярми-ЯхІуга Везачу Элан дош кхечира, яхІудхойн паччахь Аминан кІант Юши-ЯхІу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхІу паччахьаллехь волу кхойтталгІа шо. | к которому было слово Господне во дни Иосии, сына Амонова, царя Иудейского, в тринадцатый год царствования его, |
Везачу Элан дош Ярми-ЯхІуга иштта кхочура яхІудхойн паччахь Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхІун кІанта ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла дечу цхьайтталгІачу шеран пхоьалгІачу батта тІекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дІадигира. | и также во дни Иоакима, сына Иосиина, царя Иудейского, до конца одиннадцатого года Седекии, сына Иосиина, царя Иудейского, до переселения Иерусалима в пятом месяце. |
Соьга, Ярми-ЯхІуга, Везачу Элан дош кхечира: | И было ко мне слово Господне: |
«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дІакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дІахІоттийра». | прежде нежели Я образовал тебя во чреве, Я познал тебя, и прежде нежели ты вышел из утробы, Я освятил тебя: пророком для народов поставил тебя. |
ТІаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хІинца а дукха жима ма ву». | А я сказал: о, Господи Боже! я не умею говорить, ибо я ещё молод. |
Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дІа мел хьажийначу метте гІур ву хьо. Аса хьайна тІедиллинарг дІа а эр ду ахьа. | Но Господь сказал мне: не говори: «я молод»; ибо ко всем, к кому пошлю тебя, пойдёшь, и всё, что повелю тебе, скажешь. |
Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. | Не бойся их; ибо Я с тобою, чтобы избавлять тебя, сказал Господь. |
Шен куьг дІа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХІинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас. | И простёр Господь руку Свою, и коснулся уст моих, и сказал мне Господь: вот, Я вложил слова Мои в уста твои. |
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». | Смотри, Я поставил тебя в сей день над народами и царствами, чтобы искоренять и разорять, губить и разрушать, созидать и насаждать. |
ТІаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна бІаьлланган га го». | И было слово Господне ко мне: что видишь ты, Иеремия? Я сказал: вижу жезл миндального дерева. |
Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бІаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта». | Господь сказал мне: ты верно видишь; ибо Я бодрствую над словом Моим, чтоб оно скоро исполнилось. |
Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхІу, хІун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агІор таьІна болу». | И было слово Господне ко мне в другой раз: что видишь ты? Я сказал: вижу поддуваемый ветром кипящий котёл, и лицо его со стороны севера. |
Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. | И сказал мне Господь: от севера откроется бедствие на всех обитателей сей земли. |
Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. | Ибо вот, Я призову все племена царств северных, говорит Господь, и придут они, и поставят каждый престол свой при входе в ворота Иерусалима, и вокруг всех стен его, и во всех городах Иудейских. |
Айса дІахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тІехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Іибадат дора цара. | И произнесу над ними суды Мои за все беззакония их, за то, что они оставили Меня, и воскуряли фимиам чужеземным богам и поклонялись делам рук своих. |
Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, хьайн гІодаюкъ а ехкий, хьала а гІаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дІадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. | А ты препояшь чресла твои, и встань, и скажи им всё, что Я повелю тебе; не малодушествуй пред ними, чтобы Я не поразил тебя в глазах их. |
Аса хьо хІинца чІагІйина гІала санна, аьчка бІогІам санна, йоьза пен санна, хІокху лаьтта тІехь дІахІоттийна. ЯхІудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. | И вот, Я поставил тебя ныне укреплённым городом и железным столбом и медною стеною на всей этой земле, против царей Иуды, против князей его, против священников его и против народа земли сей. |
Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кІелхьар а воккхур ву». | Они будут ратовать против тебя, но не превозмогут тебя; ибо Я с тобою, говорит Господь, чтобы избавлять тебя. |
Везачу Элан дош кхечира соьга: | И было слово Господне ко мне: |
«Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, Ярушалайман халкъе дІахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогІу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тІаьхьахІоьттина догІура яьссачу аренгахула – тІе хІу тасаза долчу лаьтта тІехула. | иди и возгласи в уши [дщери] Иерусалима: так говорит Господь: Я вспоминаю о дружестве юности твоей, о любви твоей, когда ты была невестою, когда последовала за Мною в пустыню, в землю незасеянную. |
Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тІе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“». | Израиль [был] святынею Господа, начатком плодов Его; все поедавшие его были осуждаемы, бедствие постигало их, говорит Господь. |
Якъубан тІаьхье а, Исраилан тІаьхьенан массо а тайпанаш а, ладогІа Везачу Элера болчу хааме! | Выслушайте слово Господне, дом Иаковлев и все роды дома Израилева! |
Везачу Эло иштта боху: «ХІун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хІумма а йоцучу цІушна суждане а оьхуш, шайх а хІумма а йоцург хилла царах. | Так говорит Господь: какую неправду нашли во Мне отцы ваши, что удалились от Меня и пошли за суетою, и осуетились, |
Цара хІунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тІехь гІамарш а, Іаннаш а долчу, ша екъа а, Іаьржачу бодане а долчу, шена тІехула цхьа а некъахо ца вогІучу, шена тІехь цхьа а Іаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хІинца?“ | и не сказали: «где Господь, Который вывел нас из земли Египетской, вёл нас по пустыне, по земле пустой и необитаемой, по земле сухой, по земле тени смертной, по которой никто не ходил и где не обитал человек?» |
Аса шу токхечу лаьтта тІе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хІуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира. | И Я ввёл вас в землю плодоносную, чтобы вы питались плодами её и добром её; а вы вошли и осквернили землю Мою, и достояние Моё сделали мерзостью. |
Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. | Священники не говорили: «где Господь?», и учители закона не знали Меня, и пастыри отпали от Меня, и пророки пророчествовали во имя Ваала и ходили во след тех, которые не помогают. |
Цундела Аса юха а шуна бехк тІебуьллу, – боху Везачу Эло. – Шун тІаьхьенна а бехк тІебуьллур бу Аса. | Поэтому Я ещё буду судиться с вами, говорит Господь, и с сыновьями сыновей ваших буду судиться. |
Даха а гІой, Хитаман гІайренаш тІехь а хьовса, иштта Къедар-гІала стаг а вахийтий, цигахь а талла, хІоьттина цигахь шу долчохь долу хьал. | Ибо пойдите на острова Хиттимские и посмотрите, и пошлите в Кидар и разведайте прилежно, и рассмотрите: было ли [там] что-нибудь подобное сему? |
Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш, церан метта кхин деланаш а лехна, уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь? Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дІа а къаьстина, хІумма а йоцучу цІушна тІедирзина. | переменил ли какой народ богов [своих], хотя они и не боги? а Мой народ променял славу свою на то, что не помогает. |
Тамаша бейша хІокху хІуманна, стигалш, Іадаяй, инзарйовлийша!» – боху Везачу Эло. – | Подивитесь сему, небеса, и содрогнитесь, и ужаснитесь, говорит Господь. |
«Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». | Ибо два зла сделал народ Мой: Меня, источник воды живой, оставили, и высекли себе водоёмы разбитые, которые не могут держать воды. |
«Исраилан халкъ лай ду? Я дуьнен чу долучу хенахь лай хилла ду? Иза кхечарна ижу хилла дІа хІунда хІоьттина? | Разве Израиль раб? или он домочадец? почему он сделался добычею? |
Цунна гІигІ деш дІахІиттинчу къоначу лоьмаша, ижу а яьккхина, гІовгІа йора. Исраилан мохк бассийна цара. ГІаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина. | Зарыкали на него молодые львы, подали голос свой и сделали землю его пустынею; города его сожжены, без жителей. |
Нуп-гІалин а, Тахьпанхьас-гІалин а бахархоша хьан хьеюкъ дІаяьшна. | И сыновья Мемфиса и Тафны объели темя твоё. |
Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду. Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара, амма хьо Суна уллора дІаделира. | Не причинил ли ты себе это тем, что оставил Господа Бога твоего в то время, когда Он путеводил тебя? |
Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? | И ныне для чего тебе путь в Египет, чтобы пить воду из Нила? и для чего тебе путь в Ассирию, чтобы пить воду из реки её? |
Ахьа мел динчу воно хьуна таІзар дийр ду, хьан тешнабехке хиларо хьуна тІехдеттар ду. Ойла ехьа, хаа ду хьуна, Везачу Элах хьо дІакъаьстина хилар а, Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а, мел вон а, къаьхьа а ду иза». – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. | Накажет тебя нечестие твоё, и отступничество твоё обличит тебя; итак познай и размысли, как худо и горько то, что ты оставил Господа Бога твоего и страха Моего нет в тебе, говорит Господь Бог Саваоф. |
«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. | Ибо издавна Я сокрушил ярмо твоё, разорвал узы твои, и ты говорил: «не буду служить [идолам]», а между тем на всяком высоком холме и под всяким ветвистым деревом ты блудодействовал. |
Аса-Айса хьо юьйгІира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хІу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогІу акха а, хийра а кемсийн таьлланг? | Я насадил тебя [как] благородную лозу,— самое чистое семя; как же ты превратилась у Меня в дикую отрасль чужой лозы? |
Хьуо дикка цІандан гІертахь а, хьайна тІе дуккха а саба хьекхахь а, хьан къинан заралла Суна хьалха лаьтта, – боху Хьалдолчу Эло. – | Посему, хотя бы ты умылся мылом и много употребил на себя щёлоку, нечестие твоё отмечено предо Мною, говорит Господь Бог. |
Муха эр ду: „Со бех ца вира аса. Со БаІал-деланийн лорах ца лелла“? ТогІи чохь хьо леларе хьажал, айхьа лелийначух дикка кхетал! Хьо, аьрха стен эмкал санна, хьайн некъаш дІакхоьхьуш яра. | Как можешь ты сказать: «я не осквернил себя, я не ходил во след Ваала?» Посмотри на поведение твоё в долине, познай, что делала ты, резвая верблюдица, рыщущая по путям твоим? |
Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Іан Іемина йолу, шен хьайна хиларехь мерІуьргашца хІаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чІогІа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кІадъян ца еза – оре еанчу хенахь иза атта карор ю. | Привыкшую к пустыне дикую ослицу, в страсти души своей глотающую воздух, кто может удержать? Все, ищущие её, не утомятся: в её месяце они найдут её. |
Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». | Не давай ногам твоим истаптывать обувь, и гортани твоей — томиться жаждою. Но ты сказал: «не надейся, нет! ибо люблю чужих и буду ходить во след их». |
«Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьІаьржачу хІоьттина Исраилан тІаьхье – къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а. | Как вор, когда поймают его, бывает осрамлен, так осрамил себя дом Израилев: они, цари их, князья их, и священники их, и пророки их,— |
Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ | говоря дереву: «ты мой отец», и камню: «ты родил меня»; ибо они оборотили ко Мне спину, а не лице; а во время бедствия своего будут говорить: «встань и спаси нас!» |
ТІаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кІелхьар, хІунда аьлча хІора хьайн гІалин цІарах цхьацца дела ву хьан, ЯхІудан халкъ. | Где же боги твои, которых ты сделал себе?— пусть они встанут, если могут спасти тебя во время бедствия твоего; ибо сколько у тебя городов, столько и богов у тебя, Иуда. |
Шу Соьца стенна къийсало? Шу массо а Суна дуьхьал гІевттина, – боху Везачу Эло. – | Для чего вам состязаться со Мною?— все вы согрешали против Меня, говорит Господь. |
Шун къомана Ас таІзар дар эрна хилла, исраилхой, хІунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хІаллакбина». | Вотще поражал Я детей ваших: они не приняли вразумления; пророков ваших поядал меч ваш, как истребляющий лев. |
Ва Исраилан тІаьхье, тидам бе Везачу Элан дешнашка: «Яьсса аре я Іаьржачу боданан латта санна Исраилан халкъана вара Со ткъа? Иштта хІунда боху Сан къомо: „Тхо кхерсташ ду, ткъа Хьо волчу юхадоьрзур дац!“? | О, род! внемлите вы слову Господню: был ли Я пустынею для Израиля? был ли Я страною мрака? Зачем же народ Мой говорит: «мы сами себе господа; мы уже не придём к Тебе»? |
Зудаберана шен жовхІарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. | Забывает ли девица украшение своё и невеста — наряд свой? а народ Мой забыл Меня,— нет числа дням. |
Ма дика хаьа хьуна, ЯхІудан халкъ, безаргаш хьайна лаха. Уггар вон зударий а хьох Іама мега! | Как искусно направляешь ты пути твои, чтобы снискать любовь! и для того даже к преступлениям приспособляла ты пути твои. |
Хьан бедарийн юьхах хьакхаделла бехк боцучу къечу адамийн цІий ду, къола дечохь ахь уьш ца лаьцнехь а. И массо а къинош ахь летийнехь а, | Даже на полах одежды твоей находится кровь людей бедных, невинных, которых ты не застала при взломе, и, несмотря на всё это, |
боху ахьа: „Сан бехк бац. Дела суна оьгІаз гІур вац“. Ахьа „Сан бехк бац“ бахарна Аса кхел йийр ю хьуна. | говоришь: «так как я невинна, то верно гнев Его отвратится от меня». Вот, Я буду судиться с тобою за то, что говоришь: «я не согрешила». |
ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. | Зачем ты так много бродишь, меняя путь твой? Ты так же будешь посрамлена и Египтом, как была посрамлена Ассириею; |
ЮьхьІаьржачу а хІоттийна, Мисар-махкара а хьо дІагІур ду. Хьо тешна Іаш берш Веза Эла волчу Аса дІа-ма-теттина. Цаьрца хьан аьтто хир бац». | и от него ты выйдешь, положив руки на голову, потому что отверг Господь надежды твои, и не будешь иметь с ними успеха. |
«Нагахь санна майрачо дІаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хІума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хІинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – | Говорят: «если муж отпустит жену свою, и она отойдёт от него и сделается женою другого мужа, то может ли она возвратиться к нему? Не осквернилась ли бы этим страна та?» А ты со многими любовниками блудодействовала,— и однако же возвратись ко Мне, говорит Господь. |
Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Іийна хьо, Іаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тІелата дагахь ма-Іарра. ХІара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а. | Подними глаза твои на высоты и посмотри, где не блудодействовали с тобою? У дороги сидела ты для них, как Аравитянин в пустыне, и осквернила землю блудом твоим и лукавством твоим. |
Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. | За то были удержаны дожди, и не было дождя позднего; но у тебя был лоб блудницы, ты отбросила стыд. |
ХІинца бохург хир ма дац ахьа Соьга: „Сан Да, Хьо сан жималлехь дуьйна сан накъост хилла ву! | Не будешь ли ты отныне взывать ко Мне: «Отец мой! Ты был путеводителем юности моей! |
Массо а хенахь хир ву те Хьо суна реза воцуш? И оьгІазло Хьайна чохь латтор ю те Ахьа?“ Иштта боху ахьа, амма хьайга далуш долччул зуламаш деш ма ду хьо, Исраилан халкъ!» | Неужели всегда будет Он во гневе? и неужели вечно будет удерживать его в Себе?» Вот, что говоришь ты, а делаешь зло и преуспеваешь в нём. |
Юши-ЯхІу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхІу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хІора лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу дитта кІелахь а. | Господь сказал мне во дни Иосии царя: видел ли ты, что делала отступница, дочь Израиля? Она ходила на всякую высокую гору и под всякое ветвистое дерево и там блудодействовала. |
Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тІаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхІудан халкъана гира. | И после того, как она всё это делала, Я говорил: «возвратись ко Мне»; но она не возвратилась; и видела [это] вероломная сестра её Иудея. |
Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дІахердина. Амма Суна гира, и массо а хІума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ а, дІа а дахана, кхахьпа санна лелара. | И Я видел, что, когда за все прелюбодейные действия отступницы, дочери Израиля, Я отпустил её и дал ей разводное письмо, вероломная сестра её Иудея не убоялась, а пошла и сама блудодействовала. |
Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушца лелаш. | И явным блудодейством она осквернила землю, и прелюбодействовала с камнем и деревом. |
Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ цІеначу дагца Суна тІе ца дирзира, цо Суна моттаргІанаш лелайора, ша тІедирзина моттуьйтуш», – боху Везачу Эло. | Но при всём этом вероломная сестра её Иудея не обратилась ко Мне всем сердцем своим, а только притворно, говорит Господь. |
Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхІудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо. | И сказал мне Господь: отступница, [дочь] Израилева, оказалась правее, нежели вероломная Иудея. |
ДІа а гІой, къилбаседехьа хІара Сан дешнаш дІакхайкхаде, Ярми-ЯхІу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхІудан халкъ! – боху Везачу Эло. – Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, – боху Везачу Эло. – Со массо а хенахь шуна оьгІазвахана а хир вац. | Иди и провозгласи слова сии к северу, и скажи: возвратись, отступница, [дочь] Израилева, говорит Господь. Я не изолью на вас гнева Моего; ибо Я милостив, говорит Господь,— не вечно буду негодовать. |
Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хІунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хІора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цІушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугІура“». Иштта боху Везачу Эло. | Признай только вину твою: ибо ты отступила от Господа Бога твоего и распутствовала с чужими под всяким ветвистым деревом, а гласа Моего вы не слушали, говорит Господь. |
«Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. | Возвратитесь, дети — отступники, говорит Господь, потому что Я сочетался с вами, и возьму вас по одному из города, по два из племени, и приведу вас на Сион. |
Аса шуна Сайна тешаме болу Іуй лур бу, цара шу хьекъалца, кхетамца дуьгур ду. | И дам вам пастырей по сердцу Моему, которые будут пасти вас с знанием и благоразумием |
Шун махкахь шу дебна а, даьржина а хиндолчу хенахь, – боху Везачу Эло – наха Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ хьахор дац, хІунда аьлча Веза Эла Ша хир ву царна юкъахь. Иза цхьанна а дага а догІур дац, цунах лаьцна цхьаммо а ойла йийр яц, цхьанна а иза оьшур а дац, ткъа иза цкъа а духадийр дац. | И будет, когда вы размножитесь и сделаетесь многоплодными на земле, в те дни, говорит Господь, не будут говорить более: «ковчег завета Господня»; он и на ум не придёт, и не вспомнят о нём, и не будут приходить к нему, и его уже не будет. |
Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. | В то время назовут Иерусалим престолом Господа; и все народы ради имени Господа соберутся в Иерусалим и не будут более поступать по упорству злого сердца своего. |
Цу деношкахь ЯхІудан тІаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тІаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тІе схьабогІур бу». | В те дни придёт дом Иудин к дому Израилеву, и пойдут вместе из земли северной в землю, которую Я дал в наследие отцам вашим. |
Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кІенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна – кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дІадоьрзур дац. | И говорил Я: как поставлю тебя в число детей и дам тебе вожделенную землю, прекраснейшее наследие множества народов? И сказал: ты будешь называть Меня отцом твоим и не отступишь от Меня. |
Амма майрачунна тешаме йоцу зуда санна, хьо Суна тешаме яцара, Исраилан тІаьхье». Иштта боху Везачу Эло. | Но поистине, как жена вероломно изменяет другу своему, так вероломно поступили со Мною вы, дом Израилев, говорит Господь. |
Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цІушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш. | Голос слышен на высотах, жалобный плач сынов Израиля о том, что они извратили путь свой, забыли Господа Бога своего. |
Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дІадирзинарш! Сайх дІакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дІадогІу, Хьо тхан Веза Дела волу дела. | Возвратитесь, мятежные дети: Я исцелю вашу непокорность.— Вот, мы идём к Тебе, ибо Ты — Господь Бог наш. |
Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. | Поистине, напрасно надеялись мы на холмы и на множество гор; поистине, в Господе Боге нашем спасение Израилево! |
Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаІала дІакхоллура тхан дайша мел гулдинарг – церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кІентий а, зудабераш а. | От юности нашей эта мерзость пожирала труды отцов наших, овец их и волов их, сыновей их и дочерей их. |
Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». | Мы лежим в стыде своём, и срам наш покрывает нас, потому что мы грешили пред Господом Богом нашим,— мы и отцы наши, от юности нашей и до сего дня, и не слушались голоса Господа Бога нашего. |
Иштта боху Везачу Эло: «ТІедерза хьайна лаахь, Суна тІедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цІу Суна хьалхара дІаваккхал, кхидІа ца тилаяйттал, | Если хочешь обратиться, Израиль, говорит Господь, ко Мне обратись; и если удалишь мерзости твои от лица Моего, то не будешь скитаться. |
нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцІеналлица а дийна волчу Везачу Элах чІагІонаш ел. ТІаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду». | И будешь клясться: «жив Господь!» в истине, суде и правде; и народы Им будут благословляться и Им хвалиться. |
Везачу Эло ЯхІудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хІу а ма де. | Ибо так говорит Господь к мужам Иуды и Иерусалима: распашите себе новые нивы и не сейте между тернами. |
Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхІудан халкъ! Шайн дегнаш тІера пардо дІа а даьккхина, уьш цІан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цІе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш». | Обрежьте себя для Господа, и снимите крайнюю плоть с сердца вашего, мужи Иуды и жители Иерусалима, чтобы гнев Мой не открылся, как огонь, и не воспылал неугасимо по причине злых наклонностей ваших. |
ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. | Объявите в Иудее и разгласите в Иерусалиме, и говорите, и трубите трубою по земле; взывайте громко и говорите: «соберитесь, и пойдём в укреплённые города». |
Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. | Выставьте знамя к Сиону, бегите, не останавливайтесь, ибо Я приведу от севера бедствие и великую гибель. |
Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хІаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хІусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гІаланаш хІаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац. | Выходит лев из своей чащи, и выступает истребитель народов: он выходит из своего места, чтобы землю твою сделать пустынею; города твои будут разорены, [останутся] без жителей. |
Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». | Посему препояшьтесь вретищем, плачьте и рыдайте, ибо ярость гнева Господня не отвратится от нас. |
«И бохам тІекхаьчначу дийнахь, – боху Везачу Эло, – паччахьан а, тхьамданийн а дегнаш тохалур ду, динан дай инзарбевр бу, ткъа пайхамарш Іадийна хир бу». | И будет в тот день, говорит Господь, замрёт сердце у царя и сердце у князей; и ужаснутся священники, и изумятся пророки. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.