che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
«Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хІуманаш хІун маьІна долуш ду хаьий шуна?“ – алий. ТІаккха дІаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу – Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дІабигира паччахь а, цуьнан элий а.
скажи мятежному дому: разве не знаете, что это значит?— Скажи: вот, пришёл царь Вавилонский в Иерусалим, и взял царя его и князей его, и привёл их к себе в Вавилон.
Цул тІаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цІийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дІавигира цо,
И взял [другого] из царского рода, и заключил с ним союз, и обязал его клятвою, и взял сильных земли той с собою,
и пачхьалкх, кхин хьалагІатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара.
чтобы царство было покорное, чтобы не могло подняться, чтобы сохраняем был союз и стоял твёрдо.
Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“»
Но тот отложился от него, послав послов своих в Египет, чтобы дали ему коней и много людей. Будет ли ему успех? Уцелеет ли тот, кто это делает? Он нарушил союз и уцелеет ли?
Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву – шех паччахь винчу а, цуьнан чІагІонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь.
Живу Я, говорит Господь Бог: в местопребывании царя, который поставил его царём, и которому данную клятву он презрел, и нарушил союз свой с ним, он умрёт у него в Вавилоне.
Мисар-махкарчу паччахье яхІудхойн паччахьна тІамехь гІо далур дац, гІалина гонах лаьттан гунаш дича а, тІеман гІирс дІахІоттийча а, дуккха а адам хІаллакдархьама.
С великою силою и с многочисленным народом фараон ничего не сделает для него в этой войне, когда будет насыпан вал и построены будут осадные башни на погибель многих душ.
Амма яхІудхойн паччахь кІелхьарвер вац, хІунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».
Он презрел клятву, чтобы нарушить союз, и вот, дал руку свою и сделал всё это; он не уцелеет.
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, яхІудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чІагІонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таІзар дийр ду цунна.
Посему так говорит Господь Бог: живу Я! клятву Мою, которую он презрел, и союз Мой, который он нарушил, Я обращу на его голову.
Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таІзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна.
И закину на него сеть Мою, и пойман будет в тенёта Мои; и приведу его в Вавилон, и там буду судиться с ним за вероломство его против Меня.
Ас хІаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тІемалой Аса массанхьа а дІасакхуьссур бу. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
А все беглецы его из всех полков его падут от меча, а оставшиеся развеяны будут по всем ветрам; и узнаете, что Я, Господь, сказал это.
Хьалдолчу Эло элира: «Баганан диттан бохь тІера Аса-Айса зІийдаг схьайоккхур ю. Баганан диттан уггар лакхарчу гаьннех цхьаъ схьа а даьккхина, иза боккхачу, лекхачу ломан боххье дІадугІур ду Аса.
Так говорит Господь Бог: и возьму Я с вершины высокого кедра, и посажу; с верхних побегов его оторву нежную отрасль и посажу на высокой и величественной горе.
Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду.
На высокой горе Израилевой посажу его, и пустит ветви, и принесёт плод, и сделается величественным кедром, и будут обитать под ним всякие птицы, всякие пернатые будут обитать в тени ветвей его.
Массо а аренгарчу дитташна дІахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дІахІоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса».
И узнают все дерева полевые, что Я, Господь, высокое дерево понижаю, низкое дерево повышаю, зеленеющее дерево иссушаю, а сухое дерево делаю цветущим: Я, Господь, сказал, и сделаю.
Соьга Везачу Элера дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Аша Исраил-махкахь стенна даладо хІара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“?»
зачем вы употребляете в земле Израилевой эту пословицу, говоря: «отцы ели кислый виноград, а у детей на зубах оскомина»?
Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Исраил-махкахь кхин и кица далор ма дац аьлла.
Живу Я! говорит Господь Бог,— не будут вперёд говорить пословицу эту в Израиле.
Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кІентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг.
Ибо вот, все души — Мои: как душа отца, так и душа сына — Мои: душа согрешающая, та умрёт.
Масала, вехаш ву, бакъдерг а, нийсо а лелош волу цхьа бакъахьара стаг.
Если кто праведен и творит суд и правду,
Цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цІушна доІанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло.
на горах жертвенного не ест и к идолам дома Израилева не обращает глаз своих, жены ближнего своего не оскверняет и к своей жене во время очищения нечистот её не приближается,
Цо адамашна гІело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хІума а дІало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хІума а ло, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а ло.
никого не притесняет, должнику возвращает залог его, хищения не производит, хлеб свой даёт голодному и нагого покрывает одеждою,
Цо, тІера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо.
в рост не отдаёт и лихвы не берёт, от неправды удерживает руку свою, суд человеку с человеком производит правильный,
Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тІедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» – боху Хьалдолчу Эло.
поступает по заповедям Моим и соблюдает постановления Мои искренно: то он праведник, он непременно будет жив, говорит Господь Бог.
«Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу.
Но если у него родился сын разбойник, проливающий кровь, и делает что-нибудь из всего того,
Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь,
чего он сам не делал совсем, и на горах ест жертвенное, и жену ближнего своего оскверняет,
я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь,
бедного и нищего притесняет, насильно отнимает, залога не возвращает, и к идолам обращает глаза свои, делает мерзость,
тІера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хІуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цІий цунна шена тІехь а хир ду.
в рост даёт, и берёт лихву; то будет ли он жив? [Нет], он не будет жив. Кто делает все такие мерзости, тот непременно умрёт, кровь его будет на нём.
Ткъа, масала, нагахь оцу вочу стеган кІант хилахь, цу кІантана шен дас мел лелорг гур ду. Цо, шен дас лелорг шена гуш доллушехь, и санна долу хІуманаш ца леладо:
Но если у кого родился сын, который, видя все грехи отца своего, какие он делает, видит и не делает подобного им:
лаьмнашкахь цІушна даьккхинчу сагІанах хІума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь,
на горах жертвенного не ест, к идолам дома Израилева не обращает глаз своих, жены ближнего своего не оскверняет,
адамашна цо гІело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дІа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хІума а лахь, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а цо лахь,
и человека не притесняет, залога не берёт, и насильно не отнимает, хлеб свой даёт голодному, и нагого покрывает одеждою,
къечун дог а ца дохош, тІера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тІедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву.
от [обиды] бедному удерживает руку свою, роста и лихвы не берёт, исполняет Мои повеления и поступает по заповедям Моим,— то сей не умрёт за беззаконие отца своего; он будет жив.
Ткъа цуьнан дас адамаш къизаллица баца а бора, шен къомах болчарна къоланаш а дора, шен халкъана юкъахь вонаш а леладора. Ша летийна къинош бахьана долуш иза лийр ву.
А отец его, так как он жестоко притеснял, грабил брата и недоброе делал среди народа своего, вот, он умрёт за своё беззаконие.
Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кІант жоьпе хІунда ца озаво?“ КІант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву.
Вы говорите: «почему же сын не несёт вины отца своего?» Потому что сын поступает законно и праведно, все уставы Мои соблюдает и исполняет их; он будет жив.
Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра.
Душа согрешающая, она умрёт; сын не понесёт вины отца, и отец не понесёт вины сына, правда праведного при нём и остаётся, и беззаконие беззаконного при нём и остаётся.
Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац.
И беззаконник, если обратится от всех грехов своих, какие делал, и будет соблюдать все уставы Мои и поступать законно и праведно, жив будет, не умрёт.
Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хІуманаш бахьана долуш, вехар ву.
Все преступления его, какие делал он, не припомнятся ему: в правде своей, которую будет делать, он жив будет.
Вочу стеган Іожалла тІеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тІера дІа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара.
Разве Я хочу смерти беззаконника? говорит Господь Бог. Не того ли, чтобы он обратился от путей своих и был жив?
Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дІахьочу некъа тІера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву.
И праведник, если отступит от правды своей и будет поступать неправедно, будет делать все те мерзости, какие делает беззаконник, будет ли он жив? все добрые дела его, какие он делал, не припомнятся; за беззаконие своё, какое делает, и за грехи свои, в каких грешен, он умрёт.
Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ ЛадогІал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса!
Но вы говорите: «неправ путь Господа!» Послушайте, дом Израилев! Мой ли путь неправ? не ваши ли пути неправы?
Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хІума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза!
Если праведник отступает от правды своей и делает беззаконие и за то умирает, то он умирает за беззаконие своё, которое сделал.
Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кІелхьардоккхур ду.
И беззаконник, если обращается от беззакония своего, какое делал, и творит суд и правду,— к жизни возвратит душу свою.
Ша мел лелийна харцдерг а хиъна, царна тІера иза дІаверзарна, иза вехар ву, лийр а вац.
Ибо он увидел и обратился от всех преступлений своих, какие делал; он будет жив, не умрёт.
Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац!
А дом Израилев говорит: «неправ путь Господа!» Мои ли пути неправы, дом Израилев? не ваши ли пути неправы?
Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хІора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тІера дІадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта.
Посему Я буду судить вас, дом Израилев, каждого по путям его, говорит Господь Бог; покайтесь и обратитесь от всех преступлений ваших, чтобы нечестие не было вам преткновением.
ДІадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хІунда деза, Исраилан халкъ?
Отвергните от себя все грехи ваши, которыми согрешали вы, и сотворите себе новое сердце и новый дух; и зачем вам умирать, дом Израилев?
Со муьлххачу а стагана Іожалла тІеярах там хуьлуш вац, – боху Хьалдолчу Эло. – Къиношна тІера дІа а дерзий, дехаш хилийша!»
Ибо Я не хочу смерти умирающего, говорит Господь Бог; но обратитесь, и живите!
Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна:
А ты подними плач о князьях Израиля
„Хьан нана стенах тера ю? Иза стен лом санна ма ю! Лоьмашна юкъахь Іуьллуш а яра иза, циггахь шен кІорнеш а кхиайора цо.
и скажи: что за львица мать твоя? расположилась среди львов, между молодыми львами растила львенков своих.
Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Іемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.
И вскормила одного из львенков своих; он сделался молодым львом и научился ловить добычу, ел людей.
Халкъашна цунах лаьцна хезира, тІаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чІагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дІайигира.
И услышали о нём народы; он пойман был в яму их, и в цепях отвели его в землю Египетскую.
Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна, шен сатийсар кхочуш ца хилча, иза, шен кхин кІорни схьа а эцна, и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.
И когда, пождав, увидела она, что надежда её пропала, тогда взяла другого из львенков своих и сделала его молодым львом.
Нуьцкъала лом а хилла, иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира. Иза ижу лаха а Іемира, цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.
И, сделавшись молодым львом, он стал ходить между львами и научился ловить добычу, ел людей
Иза дисина Іаш долчу стечу лоьмех а кхетара, ткъа церан гІаланаш цо ясса а йора. Цу махкахь долу дерриг а халкъ цуьнан гІигІ дарх кхоьрура.
и осквернял вдов их и города их опустошал; и опустела земля и все селения её от рыкания его.
ТІаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра.
Тогда восстали на него народы из окрестных областей и раскинули на него сеть свою; он пойман был в яму их.
Цунах чІагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дІа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.
И посадили его в клетку на цепи и отвели его к царю Вавилонскому; отвели его в крепость, чтобы не слышен уже был голос его на горах Израилевых.
Хьан нана хийистехь дІайоьгІна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна.
Твоя мать была, как виноградная лоза, посаженная у воды; плодовита и ветвиста была она от обилия воды.
Цуьнан гаьннаш чІогІа дара, царах паччахьашна Іасанаш йора. Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь. Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.
И были у неё ветви крепкие для скипетров властителей, и высоко поднялся ствол её между густыми ветвями; и выдавалась она высотою своею со множеством ветвей своих.
Амма, оьгІазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цІеро иза дІа а кхаьллира.
Но во гневе вырвана, брошена на землю, и восточный ветер иссушил плод её; отторжены и иссохли крепкие ветви её, огонь пожрал их.
Ткъа хІинца иза яьссачу аренгахь дІайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.
А теперь она пересажена в пустыню, в землю сухую и жаждущую.
Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цІеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Іаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХІара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».
И вышел огонь из ствола ветвей её, пожрал плоды её и не осталось на ней ветвей крепких для скипетра властителя. Это плачевная песнь, и останется для плача.
Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ворхІалгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира.
В седьмом году, в пятом [месяце], в десятый день месяца, пришли мужи из старейшин Израилевых вопросить Господа и сели перед лицем моим.
ТІаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чІагІо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
сын человеческий! говори со старейшинами Израилевыми и скажи им: так говорит Господь Бог: вы пришли вопросить Меня? Живу Я, не дам вам ответа, говорит Господь Бог.
Царна тІехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кІант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хІуманех лаций.
Хочешь ли судиться с ними, хочешь ли судиться, сын человеческий? выскажи им мерзости отцов их
ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тІаьхьенах болчарна тІе айдинчу куьйгаца Аса чІагІо а йора, царна Со дІа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›.
и скажи им: так говорит Господь Бог: в тот день, когда Я избрал Израиля и, подняв руку Мою, [поклялся] племени дома Иаковлева, и открыл Себя им в земле Египетской, и, подняв руку, сказал им: «Я Господь Бог ваш!»—
Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тІе дІабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе.
в тот день, подняв руку Мою, Я поклялся им вывести их из земли Египетской в землю, которую Я усмотрел для них, текущую молоком и мёдом, красу всех земель,
Ас царна тІедиллинера, шайна хьалхара боьха цІуш дІабаха, шаьш мисархойн цІуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву!
и сказал им: отвергните каждый мерзости от очей ваших и не оскверняйте себя идолами Египетскими: Я Господь Бог ваш.
Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогІа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цІуш дІа ца бехира, я мисархойн цІушна букъ а ца берзийра. ТІаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тІе охьаІано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгІазалла царна тІе яхийта а.
Но они возмутились против Меня и не хотели слушать Меня; никто не отверг мерзостей от очей своих и не оставил идолов Египетских. И Я сказал: изолью на них гнев Мой, истощу на них ярость Мою среди земли Египетской.
Амма и хІума Ас Сайн цІеран дуьхьа дира, Сайн цІе уьш юкъахь Іийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дІадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цІе ца йожийта.
Но Я поступил ради имени Моего, чтобы оно не хулилось перед народами, среди которых находились они и перед глазами которых Я открыл Себя им, чтобы вывести их из земли Египетской.
Аса уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, яьссачу аренга схьабалийра.
И Я вывел их из земли Египетской и привёл их в пустыню,
Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тІедехкинарш дІа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.
и дал им заповеди Мои, и объявил им Мои постановления, исполняя которые человек жив был бы через них;
Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дІахІиттина долу, иштта царна дІахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла.
дал им также субботы Мои, чтобы они были знамением между Мною и ими, чтобы знали, что Я Господь, освящающий их.
Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дІа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чІогІа сийсаз а дохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тІе йоссо, уьш хІаллак а беш.
Но дом Израилев возмутился против Меня в пустыне: по заповедям Моим не поступали и отвергли постановления Мои, исполняя которые человек жив был бы через них, и субботы Мои нарушали, и Я сказал: изолью на них ярость Мою в пустыне, чтобы истребить их.
Амма Сайн цІеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цІе сийсазъяьккхина хилар.
Но Я поступил ради имени Моего, чтобы оно не хулилось перед народами, в глазах которых Я вывел их.
Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чІагІо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дІабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла,
Даже Я, подняв руку Мою против них в пустыне, [поклялся], что не введу их в землю, которую Я назначил,— текущую молоком и мёдом, красу всех земель,—
хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш дІа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хІунда аьлча церан дегнаш шайн цІушна тІегІерташ дара.
за то, что они отвергли постановления Мои, и не поступали по заповедям Моим, и нарушали субботы Мои; ибо сердце их стремилось к идолам их.
Амма Ас царах къинхетам а бира, уьш яьссачу аренгахь хІаллак а ца бира.
Но око Моё пожалело погубить их; и Я не истребил их в пустыне.
Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гІолаш шайн дайша дІакхехьначу некъашкахула, цара шайна тІедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цІушна тІе а товжий.
И говорил Я сыновьям их в пустыне: не ходите по правилам отцов ваших, и не соблюдайте установлений их, и не оскверняйте себя идолами их.
Со – шун Веза Дела ву. Сан парзаш кхочуш а деш, лела, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушде.
Я Господь Бог ваш: по Моим заповедям поступайте, и Мои уставы соблюдайте, и исполняйте их.
Ас шайна делла долу шоьтан денош дІакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
И святите субботы Мои, чтобы они были знамением между Мною и вами, дабы вы знали, что Я Господь Бог ваш.
Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тІедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тІе Сайн дералла охьаІано а, цаьрга Сайн оьгІазалла кхачийта а.
Но и сыновья возмутились против Меня: по заповедям Моим не поступали и уставов Моих не соблюдали, не исполняли того, что исполняя, человек был бы жив, нарушали субботы Мои,— и Я сказал: изолью на них гнев Мой, истощу над ними ярость Мою в пустыне;
Амма Сайн цІеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цІе сийсазъяьккхина хилар.
но Я отклонил руку Мою и поступил ради имени Моего, чтобы оно не хулилось перед народами, перед глазами которых Я вывел их.
Аса кхин цхьа чІагІо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чІагІо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дІасабаржо а, кхечу мехкашкахула дІасакхисса а.
Также, подняв руку Мою в пустыне, Я [поклялся] рассеять их по народам и развеять их по землям
Иза Аса дира, хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дІа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бІаьргашца шайн дайн цІушна тІегІерташ а бара уьш.
за то, что они постановлений Моих не исполняли и заповеди Мои отвергли, и нарушали субботы мои, и глаза их обращались к идолам отцов их.
Ас царна вон парзаш а, дахарна тІе ца доьду тІедилларш а делира.
И попустил им учреждения недобрые и постановления, от которых они не могли быть живы,
Ас магадора, шайн сагІанашца цара шаьш бехдар – цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цІерах чекхдохуьйтура. Аса и хІуманаш дар магадора, уьш Іадорхьама. ТІаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“.
и попустил им оскверниться жертвоприношениями их, когда они стали проводить через огонь всякий первый плод утробы, чтобы разорить их, дабы знали, что Я Господь.
Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кІант. ДІаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна.
Посему говори дому Израилеву, сын человеческий, и скажи им: так говорит Господь Бог: вот чем ещё хулили Меня отцы ваши, вероломно поступая против Меня:
Аса царна ваІданца лур ду аьллачу лаьтта тІе уьш схьабалийначул тІаьхьа, уьш шайн сагІанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тІехь луьста гІа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарца а, хаза хьожа йогІу хІума ягорца а, чагІаран сагІанаш дахарца а цара Со оьгІазвахийтира.
Я привёл их в землю, которую клятвенно обещал дать им, подняв руку Мою,— а они, высмотрев себе всякий высокий холм и всякое ветвистое дерево, стали заколать там жертвы свои, и ставили там оскорбительные для Меня приношения свои и благовонные курения свои, и возливали там возлияния свои.
Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тІе оьхург хІун гу бу?› – бохуш. (Цундела хІинца а сагІа доккху ‹гу› олу цунах.)’“.
И Я говорил им: что это за высота, куда ходите вы? поэтому именем Бама называется она и до сего дня.
ХІинца дІаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цІушна тІаьхьахІуьттуш?
Посему скажи дому Израилеву: так говорит Господь Бог: не оскверняете ли вы себя по примеру отцов ваших и не блудодействуете ли вслед мерзостей их?
Шайн сагІанаш цІушна а дохуш, шайн бераш цІерах чекх а дохуьйтуш, хІинцалерчу денна тІекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»
Принося дары ваши и проводя сыновей ваших через огонь, вы оскверняете себя всеми идолами вашими до сего дня, и хотите вопросить Меня, дом Израилев? живу Я, говорит Господь Бог, не дам вам ответа.
«Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тІулгана а Іамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац!
И что приходит вам на ум, совсем не сбудется. Вы говорите: «будем, как язычники, как племена иноземные, служить дереву и камню».
Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а шуна тІехь паччахьалла дийр ма ду Аса.
Живу Я, говорит Господь Бог: рукою крепкою и мышцею простёртою и излиянием ярости буду господствовать над вами.
Нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дІасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду.
И выведу вас из народов и из стран, по которым вы рассеяны, и соберу вас рукою крепкою и мышцею простёртою и излиянием ярости.
Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хІиттийна, шуна кхел йийр ю Аса.
И приведу вас в пустыню народов, и там буду судиться с вами лицом к лицу.
Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Как Я судился с отцами вашими в пустыне земли Египетской, так буду судиться с вами, говорит Господь Бог.
«Сайн коьжалгана кІелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду.
И проведу вас под жезлом и введу вас в узы завета.
Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогІур бац. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла.
И выделю из вас мятежников и непокорных Мне. Из земли пребывания их выведу их, но в землю Израилеву они не войдут, и узнаете, что Я Господь.
Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а!
А вы, дом Израилев,— так говорит Господь Бог,— идите каждый к своим идолам и служите им, если Меня не слушаете, но не оскверняйте более святаго имени Моего дарами вашими и идолами вашими,
Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а.
потому что на Моей святой горе, на горе высокой Израилевой,— говорит Господь Бог,— там будет служить Мне весь дом Израилев,— весь, сколько ни есть его на земле; там Я с благоволением приму их, и там потребую приношений ваших и начатков ваших со всеми святынями вашими.
Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар.
Приму вас, как благовонное курение, когда выведу вас из народов и соберу вас из стран, по которым вы рассеяны, и буду святиться в вас перед глазами народов.