che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Цул тІаьхьа каруб-маликашна тІехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неІсагІехьа дІайолаелира, тІаккха Делан цІа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира.
И поднялась слава Господня с Херувима к порогу дома, и дом наполнился облаком, и двор наполнился сиянием славы Господа.
Каруб-маликаша лестош долчу тІемийн гІовгІа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара.
И шум от крыльев Херувимов слышен был даже на внешнем дворе, как бы глас Бога Всемогущего, когда Он говорит.
Дуткъачу кІадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кІегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тІаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дІахІоьттира.
И когда Он дал повеление человеку, одетому в льняную одежду, сказав: «возьми огня между колёсами, между Херувимами», и когда он вошёл и стал у колеса,—
ТІаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цІарна тІе куьг дІа а кховдийна, цигара кІегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кІадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дІаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира.
тогда из среды Херувимов один Херувим простёр руку свою к огню, который между Херувимами, и взял и дал в пригоршни одетому в льняную одежду. Он взял и вышел.
Каруб-маликийн тІемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара.
И видно было у Херувимов подобие рук человеческих под крыльями их.
ДІахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хІора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тІулгех йича санна лепаш яра.
И видел я: и вот четыре колеса подле Херувимов, по одному колесу подле каждого Херувима, и колёса по виду как бы из камня топаза.
ХІора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.
И по виду все четыре сходны, как будто бы колесо находилось в колесе.
И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа цаьрга дІайигалора. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дІайигалора. Еа юьхьан хІора агІор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дІаяхалора, цхьанхьа а дІаса а ца йоьрзуш.
Когда шли они, то шли на четыре свои стороны; во время шествия своего не оборачивались, но к тому месту, куда обращена была голова, и они туда шли; во время шествия своего не оборачивались.
Церан дерриг а дегІ – букъ а, куьйгаш а, тІемаш а, иштта йиъ чкъург а – бІаьргех дуьззина дара.
И всё тело их, и спина их, и руки их, и крылья их, и колёса кругом были полны очей, все четыре колеса их.
Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш.
К колёсам сим, как я слышал, сказано было: «галгал».
Цу хІора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгІаниг – адаман, кхозлагІниг – лоьман, ткъа йоьалгІаниг – аьрзунан юьхь яра.
И у каждого [из] животных четыре лица: первое лице — лице херувимово, второе лице — лице человеческое, третье лице львиное и четвёртое лице орлиное.
Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара.
Херувимы поднялись. Это были те же животные, которых видел я при реке Ховаре.
Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа цара шайн тІемаш хьалаайдича, лаьттара хІаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура.
И когда шли Херувимы, тогда шли подле них и колёса; и когда Херувимы поднимали крылья свои, чтобы подняться от земли, и колёса не отделялись, но были при них.
Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела.
Когда те стояли, стояли и они; когда те поднимались, поднимались и они; ибо в них [был] дух животных.
ТІаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цІийнан неІсагІина уллора дІа а даьлла, каруб-маликашна тІехула сецира.
И отошла слава Господня от порога дома и стала над Херувимами.
Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра.
И подняли Херувимы крылья свои, и поднялись в глазах моих от земли; когда они уходили, то и колёса подле них; и стали у входа в восточные врата Дома Господня, и слава Бога Израилева вверху над ними.
Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар.
Это были те же животные, которых видел я в подножии Бога Израилева при реке Ховаре. И я узнал, что это Херувимы.
Церан хІораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тІам а бара, ткъа цу тІемаш кІел адаман куьйгаш долуш санна а хетара.
У каждого по четыре лица, и у каждого по четыре крыла, и под крыльями их подобие рук человеческих.
Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дІадолалучу хенахь хІора дийнат муьлххачу а агІор дІадахалора.
А подобие лиц их то же, какие лица видел я при реке Ховаре,— и вид их, и сами они. Каждый шёл прямо в ту сторону, которая была перед лицем его.
Делан Сино со, хьала а айина, Делан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Іазуран кІант Яъзан-ЯхІу а, БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу а вара.
И поднял меня дух, и привёл меня к восточным воротам дома Господня, которые обращены к востоку. И вот, у входа в ворота двадцать пять человек; и между ними я видел Иазанию, сына Азурова, и Фалтию, сына Ванеева, князей народа.
ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хІокху гІаларчу адамашна вон хьехарш до.
И Он сказал мне: сын человеческий! вот люди, у которых на уме беззаконие и которые дают худой совет в городе сём,
ХІокхара боху: „Цкъачунна а вайна цІенош ден йолу хан тІе ца кхаьчна. Цу гІалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.
говоря: «ещё не близко; будем строить домы; он котёл, а мы мясо».
Цундела ахьа, адаман кІант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».
Посему изреки на них пророчество, пророчествуй, сын человеческий.
Цул тІаьхьа суна тІе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду!
И нисшел на меня Дух Господень и сказал мне: скажи, так говорит Господь: что говорите вы, дом Израилев, и что на ум вам приходит, это Я знаю.
Дукха адам хІаллакдина аша кху гІалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.
Много убитых ваших вы положили в сём городе и улицы его наполнили трупами.
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гІала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду.
Посему так говорит Господь Бог: убитые ваши, которых вы положили среди него, суть мясо, а он — котёл; но вас Я выведу из него.
Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тІехьажор ду. – Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. –
Вы боитесь меча, и Я наведу на вас меч, говорит Господь Бог.
Цу гІалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дІа а лур ду, шуна кхел а йийр ю.
И выведу вас из него, и отдам вас в руку чужих, и произведу над вами суд.
Шу туьро хІаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таІзар дийр ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
От меча падёте; на пределах Израилевых будут судить вас, и узнаете, что Я Господь.
ХІара гІала шуна кхераме боцу яй хилла дІахІуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таІзар дийр ду.
Он не будет для вас котлом, и вы не будете мясом в нём; на пределах Израилевых буду судить вас.
ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тІедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тІелаьцна бакъонаш аша ларйора“».
И узнаете, что Я Господь; ибо по заповедям Моим вы не ходили и уставов Моих не выполняли, а поступали по уставам народов, окружающих вас.
Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таІийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хІаллакван воллу те?»
И было, когда я пророчествовал, Фалтия, сын Ванеев, умер. И пал я на лице, и возопил громким голосом, и сказал: о, Господи Боже! неужели Ты хочешь до конца истребить остаток Израиля?
ТІаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Хьан вежарех – хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна – Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Іаш бу уьш, ткъа хІара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
сын человеческий! твоим братьям, твоим братьям, твоим единокровным и всему дому Израилеву, всем им говорят живущие в Иерусалиме: «живите вдали от Господа; нам во владение отдана эта земля».
Цундела ахьа цу нахе дІаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дІабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цІа санна хир ву уьш дІабаханчу мехкашкахь’“.
На это скажи: так говорит Господь Бог: хотя Я и удалил их к народам и хотя рассеял их по землям, но Я буду для них некоторым святилищем в тех землях, куда пошли они.
Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дІасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дІа а лур ду Аса“.
Затем скажи: так говорит Господь Бог: Я соберу вас из народов, и возвращу вас из земель, в которые вы рассеяны; и дам вам землю Израилеву.
Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цІуш схьа а гулбина, уьш хІаллакбийр бу.
И придут туда, и извергнут из неё все гнусности её и все мерзости её.
Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тІулган дегнаш дІа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса.
И дам им сердце единое, и дух новый вложу в них, и возьму из плоти их сердце каменное, и дам им сердце плотяное,
Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
чтобы они ходили по заповедям Моим, и соблюдали уставы Мои, и выполняли их; и будут Моим народом, а Я буду их Богом.
Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цІушна тІебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
А чьё сердце увлечётся вслед гнусностей их и мерзостей их, поведение тех обращу на их голову, говорит Господь Бог.
ТІаккха каруб-маликаш, шайн тІемаш дІаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тІехула.
Тогда Херувимы подняли крылья свои, и колёса подле них; и слава Бога Израилева вверху над ними.
Везачу Элан сийлаллин нур, гІалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тІехула дІахІоьттира.
И поднялась слава Господа из среды города и остановилась над горою, которая на восток от города.
Ша хІоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дІабигначу нахана тІе. ТІаккха и сурт соьгара дІаделира.
И дух поднял меня и перенёс меня в Халдею, к переселенцам, в видении, Духом Божиим. И отошло от меня видение, которое я видел.
Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дІабигначаьрга дІадийцира аса.
И я пересказал переселенцам все слова Господа, которые Он открыл мне.
Везачу Элан дош кхечира соьга:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хІума а ца хеза, хІунда аьлча уьш аьрха нах бу.
сын человеческий! ты живёшь среди дома мятежного; у них есть глаза, чтобы видеть, а не видят; у них есть уши, чтобы слышать, а не слышат; потому что они — мятежный дом.
Ткъа ахьа, адаман кІант, хьо йийсаре дІавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дІагІо. ТІаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду.
Ты же, сын человеческий, изготовь себе нужное для переселения, и среди дня переселяйся перед глазами их, и переселяйся с места твоего в другое место перед глазами их; может быть, они уразумеют, хотя они — дом мятежный;
Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хІуманаш а, хьо дІаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала.
и вещи твои вынеси, как вещи нужные при переселении, днём, перед глазами их, и сам выйди вечером перед глазами их, как выходят для переселения.
Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Іуьрг а даккхий, цигахула аравала.
Перед глазами их проломай себе отверстие в стене, и вынеси через него.
Царна гойтуш, хьайн ларча белш тІе а йиллий, Іаржлучу хенахь дІагІо. Хьо муьлхачу агІор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дІакъовла, хІунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дІахІоттийна».
Перед глазами их возьми ношу на плечо, впотьмах вынеси её, лице твоё закрой, чтобы не видеть земли; ибо Я поставил тебя знамением дому Израилеву.
Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хІуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Іуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тІе йиллира.
И сделал я, как повелено было мне; вещи мои, как вещи нужные при переселении, вынес днём, а вечером проломал себе рукою отверстие в стене, впотьмах вынес ношу и поднял на плечо перед глазами их.
Іуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира:
И было ко мне слово Господне поутру:
«Адаман кІант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хІун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те?
сын человеческий! не говорил ли тебе дом Израилев, дом мятежный: «что ты делаешь?»
ДІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хІара араяьккхина ларча – Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду“.
Скажи им: так говорит Господь Бог: это — предвещание для начальствующего в Иерусалиме и для всего дома Израилева, который находится там.
ДІаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тІекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дІа а дуьгур ду“.
Скажи: я знамение для вас; что делаю я, то будет с ними,— в переселение, в плен пойдут они.
Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тІе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Іуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дІакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта.
И начальствующий, который среди них, впотьмах поднимет [ношу] на плечо и выйдет. Стену проломают, чтобы отправить [его] через неё; он закроет лице своё, так что не увидит глазами земли сей.
Ас цунна тІе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тІаьхьа иза Бавеле дІавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тІе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву.
И раскину на него сеть Мою, и будет пойман в тенёта Мои, и отведу его в Вавилон, в землю Халдейскую, но он не увидит её, и там умрёт.
Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тІеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьІІехула дІасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тІаьхьавер ву царна.
А всех, которые вокруг него, споборников его и всё войско его развею по всем ветрам, и обнажу вслед их меч.
Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дІаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
И узнают, что Я Господь, когда рассею их по народам и развею их по землям.
Амма царах кІеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Іожаллин уьнах а кІелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дІадийцийта. ТІаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».
Но небольшое число их Я сохраню от меча, голода и язвы, чтобы они рассказали у народов, к которым пойдут, о всех своих мерзостях; и узнают, что Я Господь.
Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца.
сын человеческий! хлеб твой ешь с трепетом, и воду твою пей с дрожанием и печалью.
Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гІайгІанца мер ду, хІунда аьлча церан махкахь дерриг а хІума дІадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела.
И скажи народу земли: так говорит Господь Бог о жителях Иерусалима, о земле Израилевой: они хлеб свой будут есть с печалью и воду свою будут пить в унынии, потому что земля его будет лишена всего изобилия своего за неправды всех живущих на ней.
ХІинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гІаланаш хІаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
И будут разорены населённые города, и земля сделается пустою, и узнаете, что Я Господь.
Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Исраил-махкарчу наха хІара кица хІунда даладо: „Де дийне мел долу хан дІайолу, хІора сурт а дІадолу“?
сын человеческий! что за поговорка у вас, в земле Израилевой: «много дней пройдёт, и всякое пророческое видение исчезнет»?
Цундела дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дІадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХІора хІоьттина сурт кхочушхуьлу хан тІекхочу“.
Посему скажи им: так говорит Господь Бог: уничтожу эту поговорку, и не будут уже употреблять такой поговорки у Израиля; но скажи им: близки дни и исполнение всякого видения пророческого.
Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац.
Ибо уже не останется втуне никакое видение пророческое, и ни одно предвещание не будет ложным в доме Израилевом.
Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТІаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Ибо Я Господь, Я говорю; и слово, которое Я говорю, исполнится, и не будет отложено; в ваши дни, мятежный дом, Я изрёк слово, и исполню его, говорит Господь Бог.
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хІоьттина суьрташ дуккха а шераш дІадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац.
сын человеческий! вот, дом Израилев говорит: «пророческое видение, которое видел он, [сбудется] после многих дней, и он пророчествует об отдалённых временах».
Цундела дІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тІаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».
Посему скажи им: так говорит Господь Бог: ни одно из слов Моих уже не будет отсрочено, но слово, которое Я скажу, сбудется, говорит Господь Бог.
Соьга Везачу Элера дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хІинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогІа Везачу Элера болчу хааме!“
сын человеческий! изреки пророчество на пророков Израилевых пророчествующих, и скажи пророкам от собственного сердца: слушайте слово Господне!
Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тІаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хІума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн.
Так говорит Господь Бог: горе безумным пророкам, которые водятся своим духом и ничего не видели!
Хьан пайхамарш, Исраилан халкъ, къапалгашна юкъахь уьдуш лела чангІалкхаш санна бу.
Пророки твои, Израиль, как лисицы в развалинах.
Шу дІа ца хІиттина гІалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тІом бечу хенахь гІалин пен латтийтархьама.
В проломы вы не входите и не ограждаете стеною дома Израилева, чтобы твёрдо стоять в сражении в день Господа.
Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тІе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш!
Они видят пустое и предвещают ложь, говоря: «Господь сказал»; а Господь не посылал их; и обнадёживают, что слово сбудется.
Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хІумма а аьлла доццушехь?“
Не пустое ли видение видели вы? и не лживое ли предвещание изрекаете, говоря: «Господь сказал», а Я не говорил?
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла.
Посему так говорит Господь Бог: так как вы говорите пустое и видите в видениях ложь, за то вот Я — на вас, говорит Господь Бог.
Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.
И будет рука Моя против этих пророков, видящих пустое и предвещающих ложь; в совете народа Моего они не будут, и в список дома Израилева не впишутся, и в землю Израилеву не войдут; и узнаете, что Я Господь Бог.
Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу.
За то, что они вводят народ Мой в заблуждение, говоря: «мир», тогда как нет мира; и когда он строит стену, они обмазывают её грязью,
Цу пенна тІе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дІахаийта. ЧІогІа догІа а догІур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тІе а хьокхур бу.
скажи обмазывающим стену грязью, что она упадёт. Пойдёт проливной дождь, и вы, каменные градины, падёте, и бурный ветер разорвёт её.
И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХІун хилла аша цу пенна тІе тоьхначу кирах?’“
И вот, падёт стена; тогда не скажут ли вам: «где та обмазка, которою вы обмазывали?»
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгІазаллица чІогІа догІа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хІума а хІаллакдархьама.
Посему так говорит Господь Бог: Я пущу бурный ветер во гневе Моём, и пойдёт проливной дождь в ярости Моей, и камни града в негодовании Моём, для истребления.
Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тІекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кІелахь шу хІаллакьхир ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
И разрушу стену, которую вы обмазывали грязью, и повергну её на землю, и откроется основание её, и падёт, и вы вместе с нею погибнете; и узнаете, что Я Господь.
Ас Сайн оьгІазалла цу пенна а, цунна тІе кир тоьхначарна а тІеерзор ю. ТІаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тІе кир тоьхнарш а бац –
И истощу ярость Мою на стене и на обмазывающих её грязью, и скажу вам: нет стены, и нет обмазывавших её,
машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
пророков Израилевых, которые пророчествовали Иерусалиму и возвещали ему видения мира, тогда как нет мира, говорит Господь Бог.
Везачу Эло боху: «Адаман кІант, Соьгара хаамаш беш боцучу, ткъа шайна дага доггІург дуьйцуш болчу Исраилан халкъан зударшна дуьхьал вистхила. Царна дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
Ты же, сын человеческий, обрати лице твоё к дщерям народа твоего, пророчествующим от собственного своего сердца, и изреки на них пророчество,
Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кІелхьардахалур ду моьтту те шуна?
и скажи: так говорит Господь Бог: горе сшивающим чародейные мешочки под мышки и делающим покрывала для головы всякого роста, чтобы уловлять души! Неужели, уловляя души народа Моего, вы спасёте ваши души?
Аша Со Сан халкъана хьалха сийсазвоху мекхан канин а, баьпкан юьхкан а дуьхьа. Аша Сан халкъе харцдерг дуьйцу, царна и харцдерг деза а делла. Ца лийр берш байа лаьа шуна, ткъа бехар боцурш дийна бита лаьа’“.
И бесславите Меня пред народом Моим за горсти ячменя и за куски хлеба, умерщвляя души, которые не должны умереть, и оставляя жизнь душам, которые не должны жить, обманывая народ, который слушает ложь.
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса шуьга боху: „Аша, олхазарш санна, нах лоьцу холмачаллин бехчалгаш чІогІа ца еза Суна. Шун куьйгашкара уьш дІайохур ю Аса, ткъа адамаш паргІатдевр ду, речІанна чуьра арадовлу олхазарш санна.
Посему так говорит Господь Бог: вот, Я — на ваши чародейные мешочки, которыми вы там уловляете души, чтобы они прилетали, и вырву их из-под мышц ваших, и пущу на свободу души, которые вы уловляете, чтобы прилетали к вам.
Аса этІор ду шун холмачаллин йовлакхаш, Сан халкъ шун карара схьа а доккхуш. Уьш кхин хир бац шун карахь ижу санна. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
И раздеру покрывала ваши, и избавлю народ Мой от рук ваших, и не будут уже в ваших руках добычею, и узнаете, что Я Господь.
Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гІайгІанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тІера дІа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кІелхьардаха тарлуш хилахь а.
За то, что вы ложью опечаливаете сердце праведника, которое Я не хотел опечаливать, и поддерживаете руки беззаконника, чтобы он не обратился от порочного пути своего и не сохранил жизни своей,—
Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кІелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
за это уже не будете иметь пустых видений и впредь не будете предугадывать; и Я избавлю народ Мой от рук ваших, и узнаете, что Я Господь.
Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира.
И пришли ко мне несколько человек из старейшин Израилевых и сели перед лицем моим.
ТІаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас?
сын человеческий! Сии люди допустили идолов своих в сердце своё и поставили соблазн нечестия своего перед лицем своим: могу ли Я отвечать им?
Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДІаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагІахь, ткъа иза шен даг чохь цІушна тІевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бІаьргашна хьалха дІа а хІоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цу...
Посему говори с ними и скажи им: так говорит Господь Бог: если кто из дома Израилева допустит идолов своих в сердце своё и поставит соблазн нечестия своего перед лицем своим, и придёт к пророку,— то Я, Господь, могу ли, при множестве идолов его, дать ему ответ?
Аса иза дийр ду, шайн цІуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“.
Пусть дом Израилев поймёт в сердце своём, что все они через своих идолов сделались чужими для Меня.