che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ХІунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тІаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».
ибо пришёл к вам Иоанн путём праведности, и вы не поверили ему, а мытари и блудницы поверили ему; вы же, и видев это, не раскаялись после, чтобы поверить ему.
«ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза.
Выслушайте другую притчу: был некоторый хозяин дома, который насадил виноградник, обнёс его оградою, выкопал в нём точило, построил башню и, отдав его виноградарям, отлучился.
Кемсаш схьагулъян хан тІекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догІу дакъа схьаэца.
Когда же приблизилось время плодов, он послал своих слуг к виноградарям взять свои плоды;
Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чІогІа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагІниг, тІулгаш диттина.
виноградари, схватив слуг его, иного прибили, иного убили, а иного побили камнями.
ТІаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гІиллакх“ хІоттийна кемсашлелорхоша.
Опять послал он других слуг, больше прежнего; и с ними поступили так же.
Эххар а цо шен кІант вахийтира, олуш: „Сан кІанте-м ларам хир ма бу церан“.
Наконец, послал он к ним своего сына, говоря: постыдятся сына моего.
Шайна кІант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хІусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“.
Но виноградари, увидев сына, сказали друг другу: это наследник; пойдём, убьём его и завладеем наследством его.
Цунна тІе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна.
И, схватив его, вывели вон из виноградника и убили.
Шуна муха хета, хІун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?»
Итак, когда придёт хозяин виноградника, что сделает он с этими виноградарями?
Цара Іийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хІаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тІелоцуьйтур ю, шена догІуш долу дакъа, хан тІекхаьчча, схьалун долчаьрга».
Говорят Ему: злодеев сих предаст злой смерти, а виноградник отдаст другим виноградарям, которые будут отдавать ему плоды во времена свои.
Іийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тІехь дерг: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“
Иисус говорит им: неужели вы никогда не читали в Писании: камень, который отвергли строители, тот самый сделался главою угла? Это от Господа, и есть дивно в очах наших?
Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дІалур ду.
Потому сказываю вам, что отнимется от вас Царство Божие и дано будет народу, приносящему плоды его;
Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву».
и тот, кто упадёт на этот камень, разобьётся, а на кого он упадёт, того раздавит.
Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла.
И слышав притчи Его, первосвященники и фарисеи поняли, что Он о них говорит,
Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура.
и старались схватить Его, но побоялись народа, потому что Его почитали за Пророка.
Іийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира:
Иисус, продолжая говорить им притчами, сказал:
«Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кІантана зуда ялош той кечдина.
Царство Небесное подобно человеку царю, который сделал брачный пир для сына своего
Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна.
и послал рабов своих звать званых на брачный пир; и не хотели придти.
Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дІаала: „ЛадогІалаш. Той дІадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хІоттийначу тойне“.
Опять послал других рабов, сказав: скажите званым: вот, я приготовил обед мой, тельцы мои и что откормлено, заколото, и всё готово; приходите на брачный пир.
Амма хІокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гІуллакхашка маьІ-маьІІе дІасабевлла. Цхьаъ шен кха тІе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана,
Но они, пренебрегши то, пошли, кто на поле своё, а кто на торговлю свою;
ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина.
прочие же, схватив рабов его, оскорбили и убили [их].
Паччахь чІогІа оьгІазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гІала а ягийна.
Услышав о сём, царь разгневался, и, послав войска свои, истребил убийц оных и сжёг город их.
ТІаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дІадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла.
Тогда говорит он рабам своим: брачный пир готов, а званые не были достойны;
Даха а гІой, хІора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“.
итак пойдите на распутия и всех, кого найдёте, зовите на брачный пир.
Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цІа хьаладуьзна хилла цара.
И рабы те, выйдя на дороги, собрали всех, кого только нашли, и злых и добрых; и брачный пир наполнился возлежащими.
Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тІехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш.
Царь, войдя посмотреть возлежащих, увидел там человека, одетого не в брачную одежду,
Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХІей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла.
и говорит ему: друг! как ты вошёл сюда не в брачной одежде? Он же молчал.
ТІаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дІа а дехкий, Іаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“.
Тогда сказал царь слугам: связав ему руки и ноги, возьмите его и бросьте во тьму внешнюю; там будет плач и скрежет зубов;
Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кІезиг бу».
ибо много званых, а мало избранных.
ТІаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Іийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш.
Тогда фарисеи пошли и совещались, как бы уловить Его в словах.
Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хІародхой а тоьхна. Мурдаша Іийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу.
И посылают к Нему учеников своих с иродианами, говоря: Учитель! мы знаем, что Ты справедлив, и истинно пути Божию учишь, и не заботишься об угождении кому-либо, ибо не смотришь ни на какое лице;
Алахьа тхоьга, Хьуна хІун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»
итак скажи нам: как Тебе кажется? позволительно ли давать подать кесарю, или нет?
Іийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш?
Но Иисус, видя лукавство их, сказал: что искушаете Меня, лицемеры?
Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча». Цунна дато динари-ахча схьадеара.
покажите Мне монету, которою платится подать. Они принесли Ему динарий.
ТІаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйинарг?»
И говорит им: чьё это изображение и надпись?
Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург».
Говорят Ему: кесаревы. Тогда говорит им: итак отдавайте кесарево кесарю, а Божие Богу.
Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дІабахара.
Услышав это, они удивились и, оставив Его, ушли.
Цу дийнахь ХІара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира:
В тот день приступили к Нему саддукеи, которые говорят, что нет воскресения, и спросили Его:
«Устаз, Мусас Іамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тІаьхье санна лору.
Учитель! Моисей сказал: если кто умрёт, не имея детей, то брат его пусть возьмёт за себя жену его и восстановит семя брату своему;
Цхьана хенахь кхузахь Іаш ворхІ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагІа волчу вешина йисира.
было у нас семь братьев; первый, женившись, умер и, не имея детей, оставил жену свою брату своему;
Изза хІума шозлагІчу а, кхозлагІчу а вешица хилира. Иштта ворхІе а ваша велла дІавелира.
подобно и второй, и третий, даже до седьмого;
Царал массарал а тІаьхьа зуда елира.
после же всех умерла и жена;
Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхІ веших муьлхачун зуда хилла дІахІуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Іийна ма бу».
итак, в воскресении, которого из семи будет она женою? ибо все имели её.
Іийсас жоп делира: «Шу тилла, хІунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна.
Иисус сказал им в ответ: заблуждаетесь, не зная Писаний, ни силы Божией,
Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гІур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш.
ибо в воскресении ни женятся, ни выходят замуж, но пребывают, как Ангелы Божии на небесах.
Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг:
А о воскресении мёртвых не читали ли вы реченного вам Богом:
„Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!»
Я Бог Авраама, и Бог Исаака, и Бог Иакова? Бог не есть Бог мёртвых, но живых.
Шайна и хьехам хезча, нах чІогІа цецбевлира.
И, слыша, народ дивился учению Его.
Цо садукъой Шен жоьпаца ала хІума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира.
А фарисеи, услышав, что Он привёл саддукеев в молчание, собрались вместе.
Царах волчу цхьана Іеламчу стага, Іийса зерхьама, Цуьнга хаьттира:
И один из них, законник, искушая Его, спросил, говоря:
«Устаз, товратан хьехамашна тІехь уггар хьалха тІедиллина долу гІуллакх муьлха ду?»
Учитель! какая наибольшая заповедь в законе?
Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“.
Иисус сказал ему: возлюби Господа Бога твоего всем сердцем твоим и всею душею твоею и всем разумением твоим:
Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тІедиллина гІуллакх ду.
сия есть первая и наибольшая заповедь;
Цунах терра шолгІа тІедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“.
вторая же подобная ей: возлюби ближнего твоего, как самого себя;
Товрат тІера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тІедиллинчу оцу шина гІуллакх тІехь лаьтташ ду».
на сих двух заповедях утверждается весь закон и пророки.
ТІаккха Іийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира:
Когда же собрались фарисеи, Иисус спросил их:
«ХІун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КІант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КІант ву».
что вы думаете о Христе? чей Он сын? Говорят Ему: Давидов.
Іийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахІоттийна волчу Дауда хІунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу:
Говорит им: как же Давид, по вдохновению, называет Его Господом, когда говорит:
„Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’“.
сказал Господь Господу моему: седи одесную Меня, доколе положу врагов Твоих в подножие ног Твоих?
Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цІе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кІант?»
Итак, если Давид называет Его Господом, как же Он сын ему?
Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХІетахь дуьйна схьа Іийсага цхьа а хаттар дан ца хІуттура уьш.
И никто не мог отвечать Ему ни слова; и с того дня никто уже не смел спрашивать Его.
ТІаккха Іийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира.
Тогда Иисус начал говорить народу и ученикам Своим
Цо элира: «Іеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето.
и сказал: на Моисеевом седалище сели книжники и фарисеи;
Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хІунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гІуллакхаш дан а ца до.
итак всё, что они велят вам соблюдать, соблюдайте и делайте; по делам же их не поступайте, ибо они говорят, и не делают:
Цара чІогІа хала парзаш хІиттадо. Уьш кхочушдан чІогІа хала ду. И парзаш нахана тІе а дехкина, уьш цаьрга дІакхехьийта гІерта. Ткъа шаьш пІелг меттахбаьккхина а хІума дан лууш бац.
связывают бремена тяжёлые и неудобоносимые и возлагают на плечи людям, а сами не хотят и перстом двинуть их;
Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю.
все же дела свои делают с тем, чтобы видели их люди: расширяют хранилища свои и увеличивают воскрилия одежд своих;
Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цІенош чохь а.
также любят предвозлежания на пиршествах и председания в синагогах
Царна лаьа базаран майданахь шайга чІогІа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цІе яккхийта а.
и приветствия в народных собраниях, и чтобы люди звали их: учитель! учитель!
Амма аша шайн цІе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хІунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду.
А вы не называйтесь учителями, ибо один у вас Учитель — Христос, все же вы — братья;
Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цІе ма яккха, хІунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза – Стигалахь Верг ву.
и отцом себе не называйте никого на земле, ибо один у вас Отец, Который на небесах;
Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цІе ма яккхийта, хІунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву – Дала леррина Къобалвинарг.
и не называйтесь наставниками, ибо один у вас Наставник — Христос.
Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла.
Больший из вас да будет вам слуга:
Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву.
ибо, кто возвышает себя, тот унижен будет, а кто унижает себя, тот возвысится.
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тІелаца боьду некъ дІакъевлина аша.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что затворяете Царство Небесное человекам, ибо сами не входите и хотящих войти не допускаете.
Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что поедаете домы вдов и лицемерно долго молитесь: за то примете тем большее осуждение.
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХІордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дІахІоттаво аша.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что обходите море и сушу, дабы обратить хотя одного; и когда это случится, делаете его сыном геенны, вдвое худшим вас.
Къа ду шун, шаьш бІаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цІийнах дуй биъча, хІумма а дац, амма Делан цІа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“.
Горе вам, вожди слепые, которые говорите: если кто поклянётся храмом, то ничего, а если кто поклянётся золотом храма, то повинен.
БІаьрзе, сонта нах! ХІун ду деза – деши ду, я Делан цІа ду, и деши даздеш долу?
Безумные и слепые! что больше: золото, или храм, освящающий золото?
Аша боху: „СагІа доккхучу кхерчах дуй биъча, хІумма а дац. Амма цу кхерча тІехь Іуьллучу сагІанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“
Также: если кто поклянётся жертвенником, то ничего, если же кто поклянётся даром, который на нём, то повинен.
БІаьрзе нах! ХІун ду деза – сагІина еана хІума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хІума язъеш болу?
Безумные и слепые! что больше: дар, или жертвенник, освящающий дар?
Цу кхерчах дуй буучо цу тІе охьайиллинчу хІуманах а боу дуй.
Итак клянущийся жертвенником клянётся им и всем, что на нём;
Делан цІийнах дуй буучо Делан цІийнах а, цу чохь Іаш Волчух а боу дуй.
и клянущийся храмом клянётся им и Живущим в нём;
Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гІантах а, цу гІанта тІехь Волчух а дуй боу.
и клянущийся небом клянётся Престолом Божиим и Сидящим на нём.
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что даёте десятину с мяты, аниса и тмина, и оставили важнейшее в законе: суд, милость и веру; сие надлежало делать, и того не оставлять.
БІаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дІайоккху аша, амма эмкал дІакхоллу.
Вожди слепые, оцеживающие комара, а верблюда поглощающие!
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тІехулара дикка цІандо, амма чухулара уьш бІаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хІуманах дуьзна ду.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что очищаете внешность чаши и блюда, между тем как внутри они полны хищения и неправды.
БІаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цІанде, уьш тІера а, чуьра а цІена хилийта.
Фарисей слепой! очисти прежде внутренность чаши и блюда, чтобы чиста была и внешность их.
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТІехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьІахкаш, дахкаделла долу дилха а ду.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что уподобляетесь окрашенным гробам, которые снаружи кажутся красивыми, а внутри полны костей мёртвых и всякой нечистоты;
Шу шаьш а, тІехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду.
так и вы по наружности кажетесь людям праведными, а внутри исполнены лицемерия и беззакония.
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо.
Горе вам, книжники и фарисеи, лицемеры, что строите гробницы пророкам и украшаете памятники праведников,
Аша олу: „Тхо тхешан ворхІе а да Іийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цІий Іанор дацара“.
и говорите: если бы мы были во дни отцов наших, то не были бы сообщниками их в [пролитии] крови пророков;
Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тІаьхьенах хилар чІагІ а деш.
таким образом вы сами против себя свидетельствуете, что вы сыновья тех, которые избили пророков;
Шайн дайша лелийнарг кхин а тІехдаккха!
дополняйте же меру отцов ваших.
Лаьхьанийн тІаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу?
Змии, порождения ехиднины! как убежите вы от осуждения в геенну?
Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Іелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жІарах дІатуху, вуьш, шун гуламан цІенош чохь етташ, цхьана гІалара вукху гІала лоьхкуш лелабо.
Посему, вот, Я посылаю к вам пророков, и мудрых, и книжников; и вы иных убьёте и распнёте, а иных будете бить в синагогах ваших и гнать из города в город;
Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.
да придёт на вас вся кровь праведная, пролитая на земле, от крови Авеля праведного до крови Захарии, сына Варахиина, которого вы убили между храмом и жертвенником.
Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хІокху тІаьхьено».
Истинно говорю вам, что всё сие придёт на род сей.
«Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
Иерусалим, Иерусалим, избивающий пророков и камнями побивающий посланных к тебе! сколько раз хотел Я собрать детей твоих, как птица собирает птенцов своих под крылья, и вы не захотели!
ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду.
Сё, оставляется вам дом ваш пуст.
Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“»
Ибо сказываю вам: не увидите Меня отныне, доколе не воскликнете: благословен Грядый во имя Господне!