che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Делан цІа долчуьра схьавогІуш вара Іийса. Цу цІийнан кертахь йолу гІишлош Цунна гайтархьама, Іийсана тІебаьхкира Цуьнан мурдаш.
И выйдя, Иисус шёл от храма; и приступили ученики Его, чтобы показать Ему здания храма.
Цо цаьрга элира: «ХІара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш».
Иисус же сказал им: видите ли всё это? Истинно говорю вам: не останется здесь камня на камне; всё будет разрушено.
Іийса Зайт-диттийн лам тІехь хиъна Іачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тІебаьхкира. Уьш Іийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тІаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?»
Когда же сидел Он на горе Елеонской, то приступили к Нему ученики наедине и спросили: скажи нам, когда это будет? и какой признак Твоего пришествия и кончины века?
Цаьрга Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш.
Иисус сказал им в ответ: берегитесь, чтобы кто не прельстил вас,
Аса иза боху, хІунда аьлча дуккха а богІур бу Сан цІарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Іехор бу.
ибо многие придут под именем Моим, и будут говорить: «Я Христос», и многих прельстят.
ТІемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хІунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц.
Также услышите о войнах и о военных слухах. Смотрите, не ужасайтесь, ибо надлежит всему тому быть, но это ещё не конец:
Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу.
ибо восстанет народ на народ, и царство на царство; и будут глады, моры и землетрясения по местам;
Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.
всё же это — начало болезней.
Шу Іазапанний, Іожаллиний кара дІалур ду. Сан цІе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу.
Тогда будут предавать вас на мучения и убивать вас; и вы будете ненавидимы всеми народами за имя Моё;
Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю.
и тогда соблазнятся многие, и друг друга будут предавать, и возненавидят друг друга;
Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу.
и многие лжепророки восстанут, и прельстят многих;
Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу.
и, по причине умножения беззакония, во многих охладеет любовь;
Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву.
претерпевший же до конца спасётся.
И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дІакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тІаьхьа тІекхочур ю дуьненан чаккхе».
И проповедано будет сие Евангелие Царствия по всей вселенной, во свидетельство всем народам; и тогда придёт конец.
«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!),
Итак, когда увидите мерзость запустения, реченную через пророка Даниила, стоящую на святом месте,— читающий да разумеет,—
тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла.
тогда находящиеся в Иудее да бегут в горы;
Ткъа тхов тІехь нисвелларг, цу тІера охьавоьссича, цІа чу ма воьдийла, шен цхьа хІума схьаоьцур яра аьлла.
и кто на кровле, тот да не сходит взять что-нибудь из дома своего;
Аренгахь нисвелларг, шен тІеюху хІума схьаоьцур яра ша аьлла, цІа ма вогІийла.
и кто на поле, тот да не обращается назад взять одежды свои.
Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий.
Горе же беременным и питающим сосцами в те дни!
Деле дехалаш, шаьш девдда дІадаха дезаш йолу хан Іай я шоьтан садоІучу дийнахь ма нисъялийта алий.
Молитесь, чтобы не случилось бегство ваше зимою или в субботу,
ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана.
ибо тогда будет великая скорбь, какой не было от начала мира доныне, и не будет.
Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кІелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду.
И если бы не сократились те дни, то не спаслась бы никакая плоть; но ради избранных сократятся те дни.
Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш,
Тогда, если кто скажет вам: вот, здесь Христос, или там,— не верьте.
хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама.
Ибо восстанут лжехристы и лжепророки, и дадут великие знамения и чудеса, чтобы прельстить, если возможно, и избранных.
ЛадогІалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дІахьедо.
Вот, Я наперёд сказал вам.
Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гІолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цІа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш,
Итак, если скажут вам: «вот, [Он] в пустыне»,— не выходите; «вот, [Он] в потаённых комнатах»,— не верьте;
хІунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тІехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КІентан схьавар.
ибо, как молния исходит от востока и видна бывает даже до запада, так будет пришествие Сына Человеческого;
ХІунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргІанаш а».
ибо, где будет труп, там соберутся орлы.
«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.
И вдруг, после скорби дней тех, солнце померкнет, и луна не даст света своего, и звёзды спадут с неба, и силы небесные поколеблются;
Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу.
тогда явится знамение Сына Человеческого на небе; и тогда восплачутся все племена земные и увидят Сына Человеческого, грядущего на облаках небесных с силою и славою великою;
Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
и пошлёт Ангелов Своих с трубою громогласною, и соберут избранных Его от четырёх ветров, от края небес до края их.
«Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.
От смоковницы возьмите подобие: когда ветви её становятся уже мягки и пускают листья, то знаете, что близко лето;
Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а.
так, когда вы увидите всё сие, знайте, что близко, при дверях.
Бакъдерг боху шуьга: хІара адамийн тІаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а.
Истинно говорю вам: не прейдет род сей, как всё сие будет;
Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
небо и земля прейдут, но слова Мои не прейдут.
«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна.
О дне же том и часе никто не знает, ни Ангелы небесные, а только Отец Мой один;
Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КІант схьавогІуш.
но, как было во дни Ноя, так будет и в пришествие Сына Человеческого:
ХІунда аьлча хьалха, хи тІедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц.
ибо, как во дни перед потопом ели, пили, женились и выходили замуж, до того дня, как вошёл Ной в ковчег,
ХІумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тІе а даьлла, хІаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КІант схьавогІучу хенахь а.
и не думали, пока не пришёл потоп и не истребил всех,— так будет и пришествие Сына Человеческого;
Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.
тогда будут двое на поле: один берётся, а другой оставляется;
Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю.
две мелющие в жерновах: одна берётся, а другая оставляется.
Цундела сема хилалаш, хІунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогІур ву шун Веза Эла.
Итак бодрствуйте, потому что не знаете, в который час Господь ваш приидет.
Кхин цхьа хІума а дагахь латтаде: хІусамдена къу буьйсанна маца вогІур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта.
Но это вы знаете, что, если бы ведал хозяин дома, в какую стражу придёт вор, то бодрствовал бы и не дал бы подкопать дома своего.
Цундела шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву».
Потому и вы будьте готовы, ибо в который час не думаете, приидет Сын Человеческий.
«Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тІехІоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хІума дІа а луш.
Кто же верный и благоразумный раб, которого господин его поставил над слугами своими, чтобы давать им пищу во время?
Декъал хир ву, шен хьолада цІа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо.
Блажен тот раб, которого господин его, придя, найдёт поступающим так;
Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву.
истинно говорю вам, что над всем имением своим поставит его.
Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгІазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цІа вогІур вац“ бохуш,
Если же раб тот, будучи зол, скажет в сердце своём: не скоро придёт господин мой,
вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тІех сов дууш, маларш муьйлуш Іаш хир ву.
и начнёт бить товарищей своих и есть и пить с пьяницами,—
Иза цІа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цІа кхочур ву.
то придёт господин раба того в день, в который он не ожидает, и в час, в который не думает,
ХІусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дІа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
и рассечёт его, и подвергнет его одной участи с лицемерами; там будет плач и скрежет зубов.
«Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кІантана дуьхьалъяхана.
Тогда подобно будет Царство Небесное десяти девам, которые, взяв светильники свои, вышли навстречу жениху.
Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла.
Из них пять было мудрых и пять неразумных.
Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла.
Неразумные, взяв светильники свои, не взяли с собою масла.
Хьекъал долуш долчу хІора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна.
Мудрые же, вместе со светильниками своими, взяли масла в сосудах своих.
Зуда ялош верг, схьа ца вогІуш, хьевелла. ТІегІоьртинчу набарна зудабераш дІатийна.
И как жених замедлил, то задремали все и уснули.
Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХІей, зуда ялош верг вогІуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгІо!“
Но в полночь раздался крик: вот, жених идёт, выходите навстречу ему.
Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна.
Тогда встали все девы те и поправили светильники свои.
Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дІабовш бу“, – бохуш.
Неразумные же сказали мудрым: дайте нам вашего масла, потому что светильники наши гаснут.
Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гІой, эца аша“.
А мудрые отвечали: чтобы не случилось недостатка и у нас и у вас, пойдите лучше к продающим и купите себе.
Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неІ дІакъовлаелла.
Когда же пошли они покупать, пришёл жених, и готовые вошли с ним на брачный пир, и двери затворились;
ТІаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеІ дІаеллахьа тхуна!“
после приходят и прочие девы, и говорят: Господи! Господи! отвори нам.
Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“
Он же сказал им в ответ: истинно говорю вам: не знаю вас.
Цундела сема хила, хІунда аьлча Адамийн КІант вогІур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».
Итак, бодрствуйте, потому что не знаете ни дня, ни часа, в который приидет Сын Человеческий.
«Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хІиттийна.
Ибо [Он поступит], как человек, который, отправляясь в чужую страну, призвал рабов своих и поручил им имение своё:
Цо шен ялхошна, хІораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агІор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгІачунна цхьа гали деши делла. ТІаккха иза новкъа ваьлла.
и одному дал он пять талантов, другому два, иному один, каждому по его силе; и тотчас отправился.
Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гІуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина.
Получивший пять талантов пошёл, употребил их в дело и приобрёл другие пять талантов;
Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тІедаьккхина.
точно так же и получивший два таланта приобрёл другие два;
Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дІалачкъийна.
получивший же один талант пошёл и закопал [его] в землю и скрыл серебро господина своего.
Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хІун дира аша шен ахчанах аьлла.
По долгом времени, приходит господин рабов тех и требует у них отчёта.
Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тІе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тІедаьккхина“.
И, подойдя, получивший пять талантов принёс другие пять талантов и говорит: господин! пять талантов ты дал мне; вот, другие пять талантов я приобрёл на них.
Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
Господин его сказал ему: хорошо, добрый и верный раб! в малом ты был верен, над многим тебя поставлю; войди в радость господина твоего.
Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“.
Подошёл также и получивший два таланта и сказал: господин! два таланта ты дал мне; вот, другие два таланта я приобрёл на них.
Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
Господин его сказал ему: хорошо, добрый и верный раб! в малом ты был верен, над многим тебя поставлю; войди в радость господина твоего.
ТІе а веана, хІокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дІа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Іанийначуьра схьагулдо.
Подошёл и получивший один талант и сказал: господин! я знал тебя, что ты человек жестокий, жнёшь, где не сеял, и собираешь, где не рассыпал,
Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“.
и, убоявшись, пошёл и скрыл талант твой в земле; вот тебе твоё.
Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дІа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Іанийначохь схьагулдой.
Господин же его сказал ему в ответ: лукавый раб и ленивый! ты знал, что я жну, где не сеял, и собираю, где не рассыпал;
Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дІадала дезаш ма вара. ТІаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тІеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара.
посему надлежало тебе отдать серебро моё торгующим, и я, придя, получил бы моё с прибылью;
Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дІало.
итак, возьмите у него талант и дайте имеющему десять талантов,
ХІунда аьлча хІоранна а шен долчунна тІе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хІумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккху.
ибо всякому имеющему дастся и приумножится, а у неимеющего отнимется и то, что имеет;
Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Іаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».
а негодного раба выбросьте во тьму внешнюю: там будет плач и скрежет зубов. Сказав сие, возгласил: кто имеет уши слышать, да слышит!
«Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе.
Когда же приидет Сын Человеческий во славе Своей и все святые Ангелы с Ним, тогда сядет на престоле славы Своей,
ТІаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаІуьно уьстагІий гезарех санна, дІасакъастор ду.
и соберутся пред Ним все народы; и отделит одних от других, как пастырь отделяет овец от козлов;
УьстагІий Цо Шена аьтту агІор дохур ду, гезарий – аьрру агІор.
и поставит овец по правую Свою сторону, а козлов — по левую.
Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду,
Тогда скажет Царь тем, которые по правую сторону Его: приидите, благословенные Отца Моего, наследуйте Царство, уготованное вам от создания мира:
хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира.
ибо алкал Я, и вы дали Мне есть; жаждал, и вы напоили Меня; был странником, и вы приняли Меня;
Со тІехь беркъа волчу хенахь аша Суна тІеюха хІума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тІаьхьадаьхкира“.
был наг, и вы одели Меня; был болен, и вы посетили Меня; в темнице был, и вы пришли ко Мне.
ТІаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хІума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи?
Тогда праведники скажут Ему в ответ: Господи! когда мы видели Тебя алчущим, и накормили? или жаждущим, и напоили?
Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тІе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тІе хІума?
когда мы видели Тебя странником, и приняли? или нагим, и одели?
Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тІаьхьа?“
когда мы видели Тебя больным, или в темнице, и пришли к Тебе?
Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.
И Царь скажет им в ответ: истинно говорю вам: так как вы сделали это одному из сих братьев Моих меньших, то сделали Мне.
ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг.
Тогда скажет и тем, которые по левую сторону: идите от Меня, проклятые, в огонь вечный, уготованный диаволу и ангелам его:
ХІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хІума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира.
ибо алкал Я, и вы не дали Мне есть; жаждал, и вы не напоили Меня;
Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“.
был странником, и не приняли Меня; был наг, и не одели Меня; болен и в темнице, и не посетили Меня.
ТІаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТІехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Іийна Хьан гІуллакх ца деш?“
Тогда и они скажут Ему в ответ: Господи! когда мы видели Тебя алчущим, или жаждущим, или странником, или нагим, или больным, или в темнице, и не послужили Тебе?
ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“.
Тогда скажет им в ответ: истинно говорю вам: так как вы не сделали этого одному из сих меньших, то не сделали Мне.
ТІаккха уьш цкъа а хедар доцучу таІзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».
И пойдут сии в муку вечную, а праведники в жизнь вечную.
Ша къамел дина ваьллачул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира:
Когда Иисус окончил все слова сии, то сказал ученикам Своим:
«Шуна хууш ду ши де даьллачул тІаьхьа „Пасахь“ олу деза де тІекхочуш дуйла а, Адамийн КІант жІарах дІатоха дІалур вуйла а».
вы знаете, что через два дня будет Пасха, и Сын Человеческий предан будет на распятие.
ТІаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цІе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира.
Тогда собрались первосвященники и книжники и старейшины народа во двор первосвященника, по имени Каиафы,