che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Іийсан коьрта тІе диллира, аьтту куьйга Іаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хІиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»
и, сплетши венец из тёрна, возложили Ему на голову и дали Ему в правую руку трость; и, становясь пред Ним на колени, насмехались над Ним, говоря: радуйся, Царь Иудейский!
Цара Цунна тІе туйнаш детта долийра, тІаккха Цуьнан карара Іаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра.
и плевали на Него и, взяв трость, били Его по голове.
Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тІера цІен духар дІа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тІеюьйхира цара. ТІаккха Іийса жІарах дІатоха дІавигира.
И когда насмеялись над Ним, сняли с Него багряницу, и одели Его в одежды Его, и повели Его на распятие.
ХІорш дІабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамІа цІе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Іийсан жІаран бІогІам дІабахьийтира цара.
Выходя, они встретили одного Киринеянина, по имени Симона; сего заставили нести крест Его.
Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду).
И, придя на место, называемое Голгофа, что значит: Лобное место,
Стимаца эдина долу чагІар малийта гІоьртира уьш Іийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тІаьхьа, иза ца мелира.
дали Ему пить уксуса, смешанного с жёлчью; и, отведав, не хотел пить.
Иза жІарах дІа а тоьхна, тІемалой, шайна юкъахь Іийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хІиттира.
Распявшие же Его делили одежды его, бросая жребий;
Цул тІаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара.
и, сидя, стерегли Его там;
Іийсан коьрта тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара ву Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХІара стенна бехке веш ву билгалдоккхура.
и поставили над головою Его надпись, означающую вину Его: Сей есть Иисус, Царь Иудейский.
Іийсаца ши талорхо вара жІарах дІатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор.
Тогда распяты с Ним два разбойника: один по правую сторону, а другой по левую.
Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош,
Проходящие же злословили Его, кивая головами своими
Цуьнга бохура: «ХІей, Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дІахІоттош верг! Хьо Делан КІант велахь, кІелхьарвала хьажа, охьавосса жІаран бІогІамна тІера!»
и говоря: Разрушающий храм и в три дня Созидающий! спаси Себя Самого; если Ты Сын Божий, сойди с креста.
Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура:
Подобно и первосвященники с книжниками и старейшинами и фарисеями, насмехаясь, говорили:
«Кхиберш кІелхьара а баьхна, Ша-м кІелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хІинца жІарана тІера. ТІаккха тхо Цунах тешар ду!
других спасал, а Себя Самого не может спасти; если Он Царь Израилев, пусть теперь сойдёт с креста, и уверуем в Него;
Иза Делах тешна вара, тІаккха Дала кху баланах кІелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КІант ву!“»
уповал на Бога; пусть теперь избавит Его, если Он угоден Ему. Ибо Он сказал: Я Божий Сын.
Кхуьнца жІарах дІатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.
Также и разбойники, распятые с Ним, поносили Его.
Делкъахенахь лаьтта цІеххьана Іаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза.
От шестого же часа тьма была по всей земле до часа девятого;
Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахьа?»
а около девятого часа возопил Иисус громким голосом: Или, Или! лама савахфани? то есть: Боже Мой, Боже Мой! для чего Ты Меня оставил?
Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхІу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!»
Некоторые из стоявших там, слыша это, говорили: Илию зовёт Он.
Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага дІакховдийра, Цуьнга малийтархьама.
И тотчас побежал один из них, взял губку, наполнил уксусом и, наложив на трость, давал Ему пить;
Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхІу вогІий те ХІара кІелхьарваккха».
а другие говорили: постой, посмотрим, придёт ли Илия спасти Его.
Іийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТІаккха Шен Са дІаделира Цо.
Иисус же, опять возопив громким голосом, испустил дух.
ЦІеххьана Делан цІийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тІулгаш лелхара.
И вот, завеса в храме раздралась надвое, сверху донизу; и земля потряслась; и камни расселись;
Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира.
и гробы отверзлись; и многие тела усопших святых воскресли
Іийса денвеллачул тІаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхІудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гІалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.
и, выйдя из гробов по воскресении Его, вошли во святый град и явились многим.
Іийса ларвеш хиллачу тІемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хІуманаш гича, чІогІа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КІант хилла!»
Сотник же и те, которые с ним стерегли Иисуса, видя землетрясение и всё бывшее, устрашились весьма и говорили: воистину Он был Сын Божий.
Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Іийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама.
Там были также и смотрели издали многие женщины, которые следовали за Иисусом из Галилеи, служа Ему;
Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кІентан нана а яра.
между ними были Мария Магдалина и Мария, мать Иакова и Иосии, и мать сыновей Зеведеевых.
Суьйре тІееача, Рамат-гІалара Юсуп цІе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Іийсан мурдех.
Когда же настал вечер, пришёл богатый человек из Аримафеи, именем Иосиф, который также учился у Иисуса;
Пулат волчу а веана, цо, Іийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дІало аьлла, омра дира.
он, придя к Пилату, просил тела Иисусова. Тогда Пилат приказал отдать тело;
Юсупа, дакъа схьа а эцна, цІеначу кІади юккъе а хьарчийна,
и, взяв тело, Иосиф обвил его чистою плащаницею
ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тІулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дІа а къевлина, иза дІавахара.
и положил его в новом своём гробе, который высек он в скале; и, привалив большой камень к двери гроба, удалился.
Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира.
Была же там Мария Магдалина и другая Мария, которые сидели против гроба.
Иза хилира пІерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгІачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина,
На другой день, который следует за пятницею, собрались первосвященники и фарисеи к Пилату
элира: «Эла, тхуна хІинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгІачу дийнахь Со денлур ву“.
и говорили: господин! Мы вспомнили, что обманщик тот, ещё будучи в живых, сказал: после трёх дней воскресну;
Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дІа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТІаккха шолгІа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду».
итак прикажи охранять гроб до третьего дня, чтобы ученики Его, придя ночью, не украли Его и не сказали народу: воскрес из мёртвых; и будет последний обман хуже первого.
Пулата цаьрга элира: «Шайца гІаролхой схьа а эций, даха а гІой, шайна бакъахьа хеттачу агІор ларъе и къубба».
Пилат сказал им: имеете стражу; пойдите, охраняйте, как знаете.
Цара, дІа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чІагІйина хиларан билгало а йина, цигахь гІарол дІахІоттийра.
Они пошли и поставили у гроба стражу, и приложили к камню печать.
Далла лерина долу шоьтан де дІадаьлча, кІирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара.
По прошествии же субботы, на рассвете первого дня недели, пришла Мария Магдалина и другая Мария посмотреть гроб.
Эццахь чІогІа мохк бегийра, хІунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІа а карчийна, цунна тІе охьахиира.
И вот, сделалось великое землетрясение, ибо Ангел Господень, сошедший с небес, приступив, отвалил камень от двери гроба и сидел на нём;
Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра.
вид его был, как молния, и одежда его бела, как снег;
ГІаролхой шайна и сурт гича, чІогІа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.
устрашившись его, стерегущие пришли в трепет и стали, как мёртвые;
ТІаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жІарах дІатоьхна хилла Іийса лоьхий.
Ангел же, обратив речь к женщинам, сказал: не бойтесь, ибо знаю, что вы ищете Иисуса распятого;
Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гІой, Цуьнан дакъа Іиллинчу метте хьовса.
Его нет здесь — Он воскрес, как сказал. Подойдите, посмотрите место, где лежал Господь,
Цул тІаьхьа, сихха дІа а гІой, Цуьнан мурдашка дІадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дІакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».
и пойдите скорее, скажите ученикам Его, что Он воскрес из мёртвых и предваряет вас в Галилее; там Его увидите. Вот, я сказал вам.
Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чІогІа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дІахаийта яхара.
И, выйдя поспешно из гроба, они со страхом и радостью великою побежали возвестить ученикам Его.
ЦІеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Іийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тІе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьІира.
Когда же шли они возвестить ученикам Его, и сё Иисус встретил их и сказал: радуйтесь! И они, приступив, ухватились за ноги Его и поклонились Ему.
Іийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гІой, Сан вежаршка Галилай-махка гІо ала. Цигахь гур ву царна Со».
Тогда говорит им Иисус: не бойтесь; пойдите, возвестите братьям Моим, чтобы шли в Галилею, и там они увидят Меня.
Зударий мурдаш болчу дІабаханчу хенахь, масех волчу гІаролхочо, гІала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дІадийцира.
Когда же они шли, то некоторые из стражи, войдя в город, объявили первосвященникам о всём бывшем.
Къанойх дІа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тІемалошна дуккха а ахча делира.
И сии, собравшись со старейшинами и сделав совещание, довольно денег дали воинам,
Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дІадаьхьира“.
и сказали: скажите, что ученики Его, придя ночью, украли Его, когда мы спали;
И хаам мехкан куьйгалхочунна дІахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таІзар ца дайта».
и, если слух об этом дойдёт до правителя, мы убедим его, и вас от неприятности избавим.
Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дІадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дІасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогІуш а ду иза.
Они, взяв деньги, поступили, как научены были; и пронеслось слово сие между иудеями до сего дня.
Іийсас тІе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тІе дІавахара цхьайтта мурд.
Одиннадцать же учеников пошли в Галилею, на гору, куда повелел им Иисус,
Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьІира, амма цхьаццаберш шекбевлира.
и, увидев Его, поклонились Ему, а иные усомнились.
Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.
И приблизившись Иисус сказал им: дана Мне всякая власть на небе и на земле.
Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха,
Итак идите, научите все народы, крестя их во имя Отца и Сына и Святаго Духа,
Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц».
уча их соблюдать всё, что Я повелел вам; и сё, Я с вами во все дни до скончания века. Аминь.
Дала леррина къобалвинчу Делан КІантах Іийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта.
Начало Евангелия Иисуса Христа, Сына Божия,
ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу.
как написано у пророков: вот, Я посылаю Ангела Моего пред лицем Твоим, который приготовит путь Твой пред Тобою.
Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе, нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“».
Глас вопиющего в пустыне: приготовьте путь Господу, прямыми сделайте стези Ему.
Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».
Явился Иоанн, крестя в пустыне и проповедуя крещение покаяния для прощения грехов.
ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догІура цунна тІе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга.
И выходили к нему вся страна Иудейская и Иерусалимляне, и крестились от него все в реке Иордане, исповедуя грехи свои.
Цо эмкалан тІергІах дина духар леладора, шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦІоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.
Иоанн же носил одежду из верблюжьего волоса и пояс кожаный на чреслах своих, и ел акриды и дикий мёд.
Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогІу суна тІаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хІоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста хьакъ вац со.
И проповедывал, говоря: идёт за мною Сильнейший меня, у Которого я недостоин, наклонившись, развязать ремень обуви Его;
Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
я крестил вас водою, а Он будет крестить вас Духом Святым.
Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гІалара Іийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира.
И было в те дни, пришёл Иисус из Назарета Галилейского и крестился от Иоанна в Иордане.
Іийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дІаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тІе. И Делан Са Іийсана чу дуьйлира.
И когда выходил из воды, тотчас увидел [Иоанн] разверзающиеся небеса и Духа, как голубя, сходящего на Него.
Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам».
И глас был с небес: Ты Сын Мой возлюбленный, в Котором Моё благоволение.
Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира.
Немедленно после того Дух ведёт Его в пустыню.
Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Іийсас. Акхарошна юкъахь Іаш вара Иза, маликаша Цунна гІуллакх а деш.
И был Он там в пустыне сорок дней, искушаемый сатаною, и был со зверями; и Ангелы служили Ему.
Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тІаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Іийса Галилай-махка вахара.
После же того, как предан был Иоанн, пришёл Иисус в Галилею, проповедуя Евангелие Царствия Божия
Цо олура: «Хан тІекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерзий, хазачу кхоах теша».
и говоря, что исполнилось время и приблизилось Царствие Божие: покайтесь и веруйте в Евангелие.
Галилай-Іомана юххехула чекхволуш, ШамІа а, цуьнан ваша Іандар а гира Іийсана. Уьш чІерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чІерийлецархой болу дела.
Проходя же близ моря Галилейского, увидел Симона и Андрея, брата его, закидывающих сети в море, ибо они были рыболовы.
Іийсас элира цаьрга: «Суна тІаьхьахІитта, ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».
И сказал им Иисус: идите за Мною, и Я сделаю, что вы будете ловцами человеков.
Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира.
И они тотчас, оставив свои сети, последовали за Ним.
Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кІант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чІерий лоцу бойнаш тоеш бара.
И, пройдя оттуда немного, Он увидел Иакова Зеведеева и Иоанна, брата его, также в лодке починивающих сети;
Іийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тІаьхьа хІиттира.
и тотчас призвал их. И они, оставив отца своего Зеведея в лодке с работниками, последовали за Ним.
Уьш Къапарнаме дІабуьйлабелира. Шоьтан де тІе ма деъана, Іийсас гуламан цІа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира.
И приходят в Капернаум; и вскоре в субботу вошёл Он в синагогу и учил.
Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хІунда аьлча Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Іийсас.
И дивились Его учению, ибо Он учил их, как власть имеющий, а не как книжники.
ЦІеххьана гуламан цІа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш:
В синагоге их был человек, [одержимый] духом нечистым, и вскричал:
«Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!»
оставь! что Тебе до нас, Иисус Назарянин? Ты пришёл погубить нас! знаю Тебя, кто Ты, Святый Божий.
Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла.
Но Иисус запретил ему, говоря: замолчи и выйди из него.
ТІаккха, и стаг дІаса а виттина, чІогІа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин.
Тогда дух нечистый, сотрясши его и вскричав громким голосом, вышел из него.
Чохь берш чІогІа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хІун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тІехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугІу».
И все ужаснулись, так что друг друга спрашивали: что это? что это за новое учение, что Он и духам нечистым повелевает со властью, и они повинуются Ему?
Дукха хан ялале Іийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
И скоро разошлась о Нём молва по всей окрестности в Галилее.
Іийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цІа чуьра ара ма велли, ШамІа а, Іандар а волчу цІа вахара.
Выйдя вскоре из синагоги, пришли в дом Симона и Андрея, с Иаковом и Иоанном.
ШамІин стуннана чІогІа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Іийсага.
Тёща же Симонова лежала в горячке; и тотчас говорят Ему о ней.
Іийсас, тІе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагІатта гІо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дІа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
Подойдя, Он поднял её, взяв её за руку; и горячка тотчас оставила её, и она стала служить им.
Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Іийсана тІе.
При наступлении же вечера, когда заходило солнце, приносили к Нему всех больных и бесноватых.
Дукха адам гулделла дІахІоьттинера неІаре.
И весь город собрался к дверям.
Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
И Он исцелил многих, страдавших различными болезнями; изгнал многих бесов, и не позволял бесам говорить, что они знают, что Он Христос.
Іуьйранна, сатасале, цІера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Іийса. Цигахь Цо доІа дира.
А утром, встав весьма рано, вышел и удалился в пустынное место, и там молился.
Ткъа ШамІагІар Иза лаха арабевллера.
Симон и бывшие с ним пошли за Ним
И карийча, цара элира Іийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву».
и, найдя Его, говорят Ему: все ищут Тебя.
Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гІаланашка а, ярташка а гІо вай, цигахь хьехамаш бан, хІунда аьлча Со цунна веана ма ву».
Он говорит им: пойдём в ближние селения и города, чтобы Мне и там проповедывать, ибо Я для того пришёл.
Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса.
И Он проповедывал в синагогах их по всей Галилее и изгонял бесов.
ДІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Іийсана тІе. Іийсана хьалха гора а воьжна, шена гІо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
Приходит к Нему прокажённый и, умоляя Его и падая пред Ним на колени, говорит Ему: если хочешь, можешь меня очистить.
Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!»
Иисус, умилосердившись над ним, простёр руку, коснулся его и сказал ему: хочу, очистись.
Цу сохьта, и цамгар дІа а яьлла, цу стеган дегІ цІанделира.
После сего слова проказа тотчас сошла с него, и он стал чист.