che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Нахьшон Іамминадабан, Іамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхІудан, | Аминадавов, Арамов, Есромов, Фаресов, Иудин, |
ЯхІуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахІиман, ИбрахІим ТІахьиран, ТІахьир Нахьиран, | Иаковлев, Исааков, Авраамов, Фаррин, Нахоров, |
Нахьир СерагІан, СерагІ Рахьун, Рахьу ПалагІан, ПалагІ Іебаран, Іебар Селахьан, | Серухов, Рагавов, Фалеков, Еверов, Салин, |
Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакІан, | Каинанов, Арфаксадов, Симов, Ноев, Ламехов, |
ЛемакІ Матушалахьан, Матушалахь ХІанохан, ХІанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман, | Мафусалов, Енохов, Иаредов, Малелеилов, Каинанов, |
Къаим Эношан, Энош ШатІин, ШатІа Адаман, ткъа Адам – Делан кІант вара. | Еносов, Сифов, Адамов, Божий. |
Делан Синах вуьззина веара Іийса Йордан-хи тІера. Делан Сино Иза яьссачу метте дІавигира. | Иисус, исполненный Духа Святаго, возвратился от Иордана и поведён был Духом в пустыню. |
Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХІара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Іийсас хІума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза. | Там сорок дней Он был искушаем от диавола и ничего не ел в эти дни, а по прошествии их напоследок взалкал. |
Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КІант велахь, хІокху тІулге бепиг хила ала». | И сказал Ему диавол: если Ты Сын Божий, то вели этому камню сделаться хлебом. |
Іийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду». | Иисус сказал ему в ответ: написано, что не хлебом одним будет жить человек, но всяким словом Божиим. |
Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бІаьрган негІар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо. | И, возведя Его на высокую гору, диавол показал Ему все царства вселенной во мгновение времени, |
ТІаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тІехь олалла дар а, церан сийлалла а, хІунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дІадала йиш ю сан. | и сказал Ему диавол: Тебе дам власть над всеми сими [царствами] и славу их, ибо она предана мне, и я, кому хочу, даю её; |
И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Іибадат дахь». | итак, если Ты поклонишься мне, то всё будет Твоё. |
Амма Іийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» | Иисус сказал ему в ответ: отойди от Меня, сатана; написано: Господу Богу твоему поклоняйся, и Ему одному служи. |
Иблисо Іийса Ярушалайме а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. | И повёл Его в Иерусалим, и поставил Его на крыле храма, и сказал Ему: если Ты Сын Божий, бросься отсюда вниз, |
Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла. | ибо написано: Ангелам Своим заповедает о Тебе сохранить Тебя; |
Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». | и на руках понесут Тебя, да не преткнешься о камень ногою Твоею. |
Амма Іийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“, – аьлла, яздина ду». | Иисус сказал ему в ответ: сказано: не искушай Господа Бога твоего. |
Іийса зийна а даьлла, иблис дІадахара, юха шен аьтто баллалц. | И, окончив всё искушение, диавол отошёл от Него до времени. |
Іийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара. | И возвратился Иисус в силе духа в Галилею; и разнеслась молва о Нём по всей окрестной стране. |
Церан гуламан цІеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза. | Он учил в синагогах их, и от всех был прославляем. |
Ша кхиинчу Назарт-ГІала веара Іийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цІа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша. | И пришёл в Назарет, где был воспитан, и вошёл, по обыкновению Своему, в день субботний в синагогу, и встал читать. |
Цунна схьаделира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дІадийшира Цо: | Ему подали книгу пророка Исаии; и Он, раскрыв книгу, нашёл место, где было написано: |
«Везачу Элан Са дагца ду сан, хІунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха, | Дух Господень на Мне; ибо Он помазал Меня благовествовать нищим, и послал Меня исцелять сокрушённых сердцем, проповедывать пленным освобождение, слепым прозрение, отпустить измученных на свободу, |
Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дІахаийта». | проповедывать лето Господне благоприятное. |
И дешна а ваьлла, тептар дІа а хьарчийна, цІа чохь гІуллакх дечу стаге дІаделира Цо. Юха Іийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара. | И, закрыв книгу и отдав служителю, сел; и глаза всех в синагоге были устремлены на Него. |
Іийсас элира: «Тахана кхочушхилла хІокху тептар тІехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь». | И Он начал говорить им: ныне исполнилось писание сие, слышанное вами. |
Массо а, ХІара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кІант ма ву Иза?» – бохуш. | И все засвидетельствовали Ему это, и дивились словам благодати, исходившим из уст Его, и говорили: не Иосифов ли это сын? |
ТІаккха Іийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тІе а доьгІна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гІалахь, изза де“, – аьлла». | Он сказал им: конечно, вы скажете Мне присловие: врач! исцели Самого Себя; сделай и здесь, в Твоём отечестве, то, что, мы слышали, было в Капернауме. |
Юха Іийсас тІетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тІеоьцуш ца хилар. | И сказал: истинно говорю вам: никакой пророк не принимается в своём отечестве. |
Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь. | Поистине говорю вам: много вдов было в Израиле во дни Илии, когда заключено было небо три года и шесть месяцев, так что сделался большой голод по всей земле, |
Амма оцу зударшна цхьанна а тІе ца веанера Эли-ЯхІу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦІадан-махкара Сарпатера йисина Іаш йолу зуда яра. | и ни к одной из них не был послан Илия, а только ко вдове в Сарепту Сидонскую; |
Дуккха а дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаІ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьІнех цхьа сирийхо НаІаман воцург цхьа а цІан ца велира». | много также было прокажённых в Израиле при пророке Елисее, и ни один из них не очистился, кроме Неемана Сириянина. |
И дешнаш хезча, оцу цІа чохь волу массо а, оьгІазвахана, | Услышав это, все в синагоге исполнились ярости |
хьалаиккхира. Цара Іийса гІали чуьра араваьккхира. И гІала тІехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Іинна чукхосса гІерташ бара уьш. | и, встав, выгнали Его вон из города и повели на вершину горы, на которой город их был построен, чтобы свергнуть Его; |
Амма Іийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дІавахара. | но Он, пройдя посреди них, удалился. |
Галилай-махкарчу Къапарнам цІе йолчу гІала веара Іийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо. | И пришёл в Капернаум, город Галилейский, и учил их в дни субботние. |
Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгІуш Іара, хІунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. | И дивились учению Его, ибо слово Его было со властью. |
Гуламан цІа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира: | Был в синагоге человек, имевший нечистого духа бесовского, и он закричал громким голосом: |
«ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца, Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. | оставь; что Тебе до нас, Иисус Назарянин? Ты пришёл погубить нас; знаю Тебя, кто Ты, Святый Божий. |
Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш. | Иисус запретил ему, сказав: замолчи и выйди из него. И бес, повергнув его посреди [синагоги], вышел из него, нимало не повредив ему. |
Массо а наха, чІогІа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хІун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугІий, стагана чуьра арадовлу. Царна тІехь олалла до Цо», – бохуш. | И напал на всех ужас, и рассуждали между собою: что это значит, что Он со властью и силою повелевает нечистым духам, и они выходят? |
Іийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара. | И разнёсся слух о Нём по всем окрестным местам. |
Іийса, гуламан цІа чуьра ара а ваьлла, ШамІа волчу цІа вахара. ШамІин стуннана дагар долуш Іуьллуш яра. Іийсага цунна дарба де аьлла, дехнера. | Выйдя из синагоги, Он вошёл в дом Симона; тёща же Симонова была одержима сильною горячкою; и просили Его о ней. |
Оцу зудчунна тІехула а хІоьттина, дагаре дегІах дІакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дІаделира, и зуда, хьала а гІаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира. | Подойдя к ней, Он запретил горячке; и оставила её. Она тотчас встала и служила им. |
Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Іийсана тІе. Царна хІоранна тІе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. | При захождении же солнца все, имевшие больных различными болезнями, приводили их к Нему и Он, возлагая на каждого из них руки, исцелял их. |
Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. | Выходили также и бесы из многих с криком и говорили: Ты Христос, Сын Божий. А Он запрещал им сказывать, что они знают, что Он Христос. |
ШолгІачу дийнахь, Іуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хІиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гІерташ бара, шаьш долчуьра дІацавахар а доьхуш. | Когда же настал день, Он, выйдя [из дома], пошёл в пустынное место, и народ искал Его и, придя к Нему, удерживал Его, чтобы не уходил от них. |
Амма Іийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хІунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву». | Но Он сказал им: и другим городам благовествовать Я должен Царствие Божие, ибо на то Я послан. |
ЯхІуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш бора Цо. | И проповедывал в синагогах галилейских. |
Цкъа Гансарт цІе йолчу Іомана йистехь лаьтташ вара Іийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тІе теІаш, Делера долчу даше ладогІархьама. | Однажды, когда народ теснился к Нему, чтобы слышать слово Божие, а Он стоял у озера Геннисаретского, |
Іийсана берда тІехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чІерийлецархой шайн бойнаш цІанъеш бара. | увидел Он две лодки, стоящие на озере; а рыболовы, выйдя из них, вымывали сети. |
ТІаккха тІевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамІе, Ша берда йистера кеман тІехь жимма дІавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза. | Войдя в одну лодку, которая была Симонова, Он просил его отплыть несколько от берега и, сев, учил народ из лодки. |
Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамІе элира: «Хи кІорга долччига дІадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чІерий лецархьама!» | Когда же перестал учить, сказал Симону: отплыви на глубину и закиньте сети свои для лова. |
ШамІас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хІумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас». | Симон сказал Ему в ответ: Наставник! мы трудились всю ночь и ничего не поймали, но по слову Твоему закину сеть. |
Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чІерий лийцира. И бойнаш эттІал чІогІа дукха чІерий дара царна чохь. | Сделав это, они поймали великое множество рыбы, и даже сеть у них прорывалась. |
ШамІагІара кхечу кеманна тІехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тІе чІерий хьаладехира цара. И чІерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чІогІа дуьзина дара. | И дали знак товарищам, находившимся на другой лодке, чтобы пришли помочь им; и пришли, и наполнили обе лодки, так что они начинали тонуть. |
ШамІа-Кипас, и ган а гина, Іийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДІагІохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!» | Увидев это, Симон Пётр припал к коленям Иисуса и сказал: выйди от меня, Господи! потому что я человек грешный. |
И лецна чІерий гина, ШамІа а, цуьнан накъостий а чІогІа цецбевлла бара. | Ибо ужас объял его и всех, бывших с ним, от этого лова рыб, ими пойманных; |
Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кІант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамІин накъостий. Іийсас элира ШамІе: «Кхера ца оьшу! ХІинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо». | также и Иакова и Иоанна, сыновей Зеведеевых, бывших товарищами Симону. И сказал Симону Иисус: не бойся; отныне будешь ловить человеков. |
Кеманаш берда тІе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттина дІабахара уьш. | И, вытащив обе лодки на берег, оставили всё и последовали за Ним. |
Цкъа цхьана гІалахь вара Іийса. Оцу гІалахь вехаш вара цхьа стаг, дІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Іийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла. | Когда Иисус был в одном городе, пришёл человек весь в проказе и, увидев Иисуса, пал ниц, умоляя Его и говоря: Господи! если хочешь, можешь меня очистить. |
ДІакховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Оцу сохьта цу стеган дегІ цІанделира. | Он простёр руку, прикоснулся к нему и сказал: хочу, очистись. И тотчас проказа сошла с него. |
Юха Іийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хІумма а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». | И Он повелел ему никому не сказывать, а пойти показаться священнику и принести [жертву] за очищение своё, как повелел Моисей, во свидетельство им. |
Амма Іийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тІе дукха адам догІура: Цуьнга ладогІа а, дарбанаш дайта а. | Но тем более распространялась молва о Нём, и великое множество народа стекалось к Нему слушать и врачеваться у Него от болезней своих. |
Ткъа Іийса кест-кеста адам доцучу метте дІа а воьдий, Деле доІанаш деш Іара. | Но Он уходил в пустынные места и молился. |
Цкъа Іийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цІа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Іелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхІуд-мехкан а мел йолчу гІаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Іийсаца Везачу Элан ницкъ бара. | В один день, когда Он учил, и сидели тут фарисеи и законоучители, пришедшие из всех мест Галилеи и Иудеи и из Иерусалима, и сила Господня являлась в исцелении [больных],— |
ДегІан меженаш лела а ца луш, меттахь Іуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦІа чу а ваьхьна, иза Іийсана хьалха вилла гІерташ бара уьш. | вот, принесли некоторые на постели человека, который был расслаблен, и старались внести его [в дом] и положить перед Иисусом; |
Амма цІенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тІе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Іуьрг а даьккхина, цІа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гІайбица нахана юккъе а веана, Іийсана хьалха охьавиллира цара. | и, не найдя, где пронести его за многолюдством, влезли на верх дома и сквозь кровлю спустили его с постелью на средину пред Иисуса. |
Церан Шех тешар а гина, Іийсас элира: «ДоттагІа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла. | И Он, видя веру их, сказал человеку тому: прощаются тебе грехи твои. |
ТІаккха Іелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Іеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?» | Книжники и фарисеи начали рассуждать, говоря: кто это, который богохульствует? кто может прощать грехи, кроме одного Бога? |
Амма Іийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хІунда йо аш? | Иисус, уразумев помышления их, сказал им в ответ: что вы помышляете в сердцах ваших? |
ХІун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гІаттий, дІагІо“? | Что легче сказать: прощаются тебе грехи твои, или сказать: встань и ходи? |
Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», – аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гІаттий, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо!» | Но чтобы вы знали, что Сын Человеческий имеет власть на земле прощать грехи,— сказал Он расслабленному: тебе говорю: встань, возьми постель твою и иди в дом твой. |
Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гІаьттина, шен мотт-гІайба схьа а эцна, цІа вахара, Далла хастамаш а беш. | И он тотчас встал перед ними, взял, на чём лежал, и пошёл в дом свой, славя Бога. |
Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хІума ду!» | И ужас объял всех, и славили Бога и, быв исполнены страха, говорили: чудные дела видели мы ныне. |
Цул тІаьхьа, ара а ваьлла, схьавогІуш, ял йоккхуш волу, Леви цІе йолу цхьа стаг гира Іийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира цуьнга: «Суна тІаьххье схьавола!» | После сего [Иисус] вышел и увидел мытаря, именем Левия, сидящего у сбора пошлин, и говорит ему: следуй за Мною. |
Леви, дерриг охьа а тесна, Іийсана тІаьххье дІавахара. | И он, оставив всё, встал и последовал за Ним. |
Левис шен цІахь Іийсана доккха той хІоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хІума юуш. | И сделал для Него Левий в доме своём большое угощение; и там было множество мытарей и других, которые возлежали с ними. |
Парушхоша а, Іеламчу наха а, резабоцуш, Іийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?» | Книжники же и фарисеи роптали и говорили ученикам Его: зачем вы едите и пьёте с мытарями и грешниками? |
Царна жоп луш, Іийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. | Иисус же сказал им в ответ: не здоровые имеют нужду во враче, но больные; |
Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тІедерза ала веана». | Я пришёл призвать не праведников, а грешников к покаянию. |
Юха цара элира Іийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу». | Они же сказали Ему: почему ученики Иоанновы постятся часто и молитвы творят, также и фарисейские, а Твои едят и пьют? |
Іийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гІайгІане хилар гойтуш? | Он сказал им: можете ли заставить сынов чертога брачного поститься, когда с ними жених? |
Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дІавигча, тІаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш». | Но придут дни, когда отнимется у них жених, и тогда будут поститься в те дни. |
Юха Іийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тІе, керлачу тІера схьа а яьккхина, йома латор яц, хІунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тІехь керла йома товр яц. | При сём сказал им притчу: никто не приставляет заплаты к ветхой одежде, отодрав от новой одежды; а иначе и новую раздерёт, и к старой не подойдёт заплата от новой. |
Цхьаммо а керла чагІар ширачу пІаьлдиг чу ца дутту, хІунда аьлча и пІаьлдиг а бетІар бу, чагІар а Іенар ду. | И никто не вливает молодого вина в мехи ветхие; а иначе молодое вино прорвёт мехи, и само вытечет, и мехи пропадут; |
Керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дотта деза. | но молодое вино должно вливать в мехи новые; тогда сбережётся и то и другое. |
Цхьаммо а шира чагІар а мелла, юха керланиг мер дац, хІунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гІолехь ду“». | И никто, пив старое [вино], не захочет тотчас молодого, ибо говорит: старое лучше. |
Цкъа шоьтан дийнахь кІа дийначу арахула схьавогІуш вара Іийса. Цуьнан мурдаш, кІен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара. | В субботу, первую по втором дне Пасхи, случилось Ему проходить засеянными полями, и ученики Его срывали колосья и ели, растирая руками. |
И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хІун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до аша?» | Некоторые же из фарисеев сказали им: зачем вы делаете то, чего не должно делать в субботы? |
Іийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? | Иисус сказал им в ответ: разве вы не читали, что сделал Давид, когда взалкал сам и бывшие с ним? |
Иза Делан цІа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». | Как он вошёл в дом Божий, взял хлебы предложения, которых не должно было есть никому, кроме одних священников, и ел, и дал бывшим с ним? |
КхидІа а Іийсас элира: «Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву». | И сказал им: Сын Человеческий есть господин и субботы. |
Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цІа чу а веана, нахана хьехам беш вара Іийса. Цигахь аьтту куьг заьІап долуш цхьа стаг вара. | Случилось же и в другую субботу войти Ему в синагогу и учить. Там был человек, у которого правая рука была сухая. |
Парушхой а, Іелам нах а чІогІа Іийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. | Книжники же и фарисеи наблюдали за Ним, не исцелит ли в субботу, чтобы найти обвинение против Него. |
Іийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». Важа, хьалха а ваьлла, дІахІоьттира. | Но Он, зная помышления их, сказал человеку, имеющему сухую руку: встань и выступи на средину. И он встал и выступил. |
ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хІун дан мегаш ду? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» | Тогда сказал им Иисус: спрошу Я вас: что должно делать в субботу? добро, или зло? спасти душу, или погубить? Они молчали. |
ТІаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира. | И, посмотрев на всех их, сказал тому человеку: протяни руку твою. Он так и сделал; и стала рука его здорова, как другая. |
Парушхой а, Іелам нах а, оьгІазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Іийсана хІун дийр дара бохуш. | Они же пришли в бешенство и говорили между собою, что бы им сделать с Иисусом. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.