che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хІинца жІара тІера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дІатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.
Христос, Царь Израилев, пусть сойдёт теперь с креста, чтобы мы видели, и уверуем. И распятые с Ним поносили Его.
Делкъахенахь лаьтта тІе цІеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза.
В шестом же часу настала тьма по всей земле и [продолжалась] до часа девятого.
Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахь?»
В девятом часу возопил Иисус громким голосом: Элои! Элои! ламма савахфани?— что значит: Боже Мой! Боже Мой! для чего Ты Меня оставил?
Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхІу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И».
Некоторые из стоявших тут, услышав, говорили: вот, Илию зовёт.
Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхІу вогІий те ХІара жІаран тІера дІаваккха», – элира цо.
А один побежал, наполнил губку уксусом и, наложив на трость, давал Ему пить, говоря: постойте, посмотрим, придёт ли Илия снять Его.
Ткъа цу хенахь, чІогІа мохь а тоьхна, Іийса кхелхира.
Иисус же, возгласив громко, испустил дух.
ХІеттахь Делан цІийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира.
И завеса в храме раздралась надвое, сверху донизу.
Іийсана дуьхьал лаьтташ волчу тІеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дІалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КІант вара».
Сотник, стоявший напротив Его, увидев, что Он, так возгласив, испустил дух, сказал: истинно Человек Сей был Сын Божий.
Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра.
Были [тут] и женщины, которые смотрели издали: между ними была и Мария Магдалина, и Мария, мать Иакова меньшего и Иосии, и Саломия,
Іийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гІуллакх деш тІаьхьахІиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь.
которые и тогда, как Он был в Галилее, следовали за Ним и служили Ему, и другие многие, вместе с Ним пришедшие в Иерусалим.
Иза пІераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де.
И как уже настал вечер,— потому что была пятница, то есть [день] перед субботою,—
Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тІейогІуш суьйре йолу дела, Пулатана тІе ваха бІо а боьлла, Іийсан дакъа схьадийхира.
пришёл Иосиф из Аримафеи, знаменитый член совета, который и сам ожидал Царствия Божия, осмелился войти к Пилату, и просил тела Иисусова.
Іийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тІеман хьаькам тІе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла.
Пилат удивился, что Он уже умер, и, призвав сотника, спросил его, давно ли умер?
ТІеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дІадалийтира.
И, узнав от сотника, отдал тело Иосифу.
Юсупа, кІади а эцна, дакъа, жІара тІера схьа а даьккхина, кІади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТІаккха къуббанан неІарна дуьхьал боккха тІулг карчийра цо.
Он, купив плащаницу и сняв Его, обвил плащаницею, и положил Его во гробе, который был высечен в скале, и привалил камень к двери гроба.
Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дІа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.
Мария же Магдалина и Мария Иосиева смотрели, где Его полагали.
Далла лерина шоьтан де дІадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогІу хьакхарш ийцира, уьш Іийсан докъана хьакхархьама.
По прошествии субботы Мария Магдалина и Мария Иаковлева и Саломия купили ароматы, чтобы идти помазать Его.
Іуьйранна, сатосучу хенахь, кІирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара.
И весьма рано, в первый [день] недели, приходят ко гробу, при восходе солнца,
Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неІарера тІулг хьан дІабоккхур бу те вайна?» – бохуш.
и говорят между собою: кто отвалит нам камень от двери гроба?
Ткъа дІахьаьжча, тІулг дІакарчийна гира зударшна. И тІулг чІогІа боккха бара.
И, взглянув, видят, что камень отвален; а он был весьма велик.
Уьш къубба чу бевлча, аьтту агІор хиъна, кІайн духар а долуш, кІант гира царна. Уьш чІогІа Іадийнера.
И, войдя во гроб, увидели юношу, сидящего на правой стороне, облечённого в белую одежду; и ужаснулись.
Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖІарах дІатоьхна хилла Назартера Іийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХІара ю Иза охьавиллина хилла меттиг.
Он же говорит им: не ужасайтесь. Иисуса ищете Назарянина, распятого; Он воскрес, Его нет здесь. Вот место, где Он был положен.
Амма аш, гІой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Іийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гІур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“».
Но идите, скажите ученикам Его и Петру, что Он предваряет вас в Галилее; там Его увидите, как Он сказал вам.
Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дІабевдира. Уьш чІогІа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хІумма а ца дийцира.
И, выйдя, побежали от гроба; их объял трепет и ужас, и никому ничего не сказали, потому что боялись.
КІирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Іийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхІ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хІоьттира.
Воскреснув рано в первый [день] недели, [Иисус] явился сперва Марии Магдалине, из которой изгнал семь бесов.
Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хІинца Цунна боьлхуш Іаш болчаьрга дІадийцира.
Она пошла и возвестила бывшим с Ним, плачущим и рыдающим;
Амма Іийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хІетте а уьш ца тийшира.
но они, услышав, что Он жив и она видела Его,— не поверили.
Цул тІаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхІоьттира Іийса.
После сего явился в ином образе двум из них на дороге, когда они шли в селение.
Цара а, юхабирзича, дІахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш.
И те, возвратившись, возвестили прочим; но и им не поверили.
ТІаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хІума юучу хенахь, дуьхьалхІоьттира Іийса. Цо тІехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна.
Наконец, явился самим одиннадцати, возлежавшим [на вечери], и упрекал их за неверие и жестокосердие, что видевшим Его воскресшего не поверили.
Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дІа а гІой, массо а адамашна дІакхайкхабе хаза кхаъ.
И сказал им: идите по всему миру и проповедуйте Евангелие всей твари.
Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кІелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю.
Кто будет веровать и креститься, спасён будет; а кто не будет веровать, осуждён будет.
Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цІарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду.
Уверовавших же будут сопровождать сии знамения: именем Моим будут изгонять бесов; будут говорить новыми языками;
Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дІовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тІе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
будут брать змей; и если что смертоносное выпьют, не повредит им; возложат руки на больных, и они будут здоровы.
Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира.
И так Господь, после беседования с ними, вознёсся на небо и воссел одесную Бога.
Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гІо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чІагІдора Цо.
А они пошли и проповедывали везде, при Господнем содействии и подкреплении слова последующими знамениями. Аминь.
Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хІуманех лаьцна дийцар хІинцале а дукха нах яздан гІиртира.
Как уже многие начали составлять повествования о совершенно известных между нами событиях,
Тхуна а оцу хІуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тІаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дІасадаржочу наха.
как передали нам то бывшие с самого начала очевидцами и служителями Слова,
И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан,
то рассудилось и мне, по тщательном исследовании всего сначала, по порядку описать тебе, достопочтенный Феофил,
айхьа Іамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.
чтобы ты узнал твёрдое основание того учения, в котором был наставлен.
ЯхІуд-махкахь ХІарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхІун цІе йолчу тобанах а волуш, Закри цІе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цІе йолуш зуда яра цуьнан, АхІаронан тІаьхьенах схьаяьлла.
Во дни Ирода, царя Иудейского, был священник из Авиевой чреды, именем Захария, и жена его из рода Ааронова, имя ей Елисавета.
И шиъ Везачу Эло тІедиллина гІуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цІена а дара.
Оба они были праведны пред Богом, поступая по всем заповедям и уставам Господним беспорочно.
Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ.
У них не было детей, ибо Елисавета была неплодна, и оба были уже в летах преклонных.
Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагІ кхечира Везачу Элана гІуллакх дан.
Однажды, когда он в порядке своей чреды служил пред Богом,
Динан дайн Іедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цІа чохь хаза хьожа йолу хІума яго.
по жребию, как обыкновенно было у священников, досталось ему войти в храм Господень для каждения,
Цу хенахь оцу цІенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан.
а всё множество народа молилось вне во время каждения,—
Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана аьтту агІор дІахІоьттира иза.
тогда явился ему Ангел Господень, стоя по правую сторону жертвенника кадильного.
Иза гина Закри чІогІа кхеравелира.
Захария, увидев его, смутился, и страх напал на него.
Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доІанна жоп делла: Элисата кІант вийр ву хьуна. Цуьнан цІе ахь Яхьъя туьллур ю.
Ангел же сказал ему: не бойся, Захария, ибо услышана молитва твоя, и жена твоя Елисавета родит тебе сына, и наречёшь ему имя: Иоанн;
Цунах чІогІа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна.
и будет тебе радость и веселие, и многие о рождении его возрадуются,
ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.
ибо он будет велик пред Господом; не будет пить вина и сикера, и Духа Святаго исполнится ещё от чрева матери своей;
Дукха исраилхой церан Везачу Далла тІеберзор бу цо.
и многих из сынов Израилевых обратит к Господу Богу их;
Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама».
и предъидет пред Ним в духе и силе Илии, чтобы возвратить сердца отцов детям, и непокоривым образ мыслей праведников, дабы представить Господу народ приготовленный.
Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».
И сказал Захария Ангелу: по чему я узнаю это? ибо я стар, и жена моя в летах преклонных.
Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со.
Ангел сказал ему в ответ: я Гавриил, предстоящий пред Богом, и послан говорить с тобою и благовестить тебе сие;
ХІинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».
и вот, ты будешь молчать и не будешь иметь возможности говорить до того дня, как это сбудется, за то, что ты не поверил словам моим, которые сбудутся в своё время.
Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цІа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш.
Между тем народ ожидал Захарию и дивился, что он медлит в храме.
Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цІа чохь сурт хІоьттинийла.
Он же, выйдя, не мог говорить к ним; и они поняли, что он видел видение в храме; и он объяснялся с ними знаками, и оставался нем.
Далла гІуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цІа вирзира.
А когда окончились дни службы его, возвратился в дом свой.
Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза.
После сих дней зачала Елисавета, жена его, и таилась пять месяцев и говорила:
Цо бохура: «ХІара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькІайчу хІоттийна Цо».
так сотворил мне Господь во дни сии, в которые призрел на меня, чтобы снять с меня поношение между людьми.
Элисат доьзалхочух йолу ялхалгІа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цІе йолчу гІала
В шестой же месяц послан был Ангел Гавриил от Бога в город Галилейский, называемый Назарет,
Марем цІе йолу йоІстаг йолчу. Дауд-паччахьан тІаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем.
к Деве, обручённой мужу, именем Иосифу, из дома Давидова; имя же Деве: Мария.
Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»
Ангел, войдя к Ней, сказал: радуйся, Благодатная! Господь с Тобою; благословенна Ты между жёнами.
И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хІун маьІна долуш ду и маршалла бохуш.
Она же, увидев его, смутилась от слов его и размышляла, что бы это было за приветствие.
Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина!
И сказал Ей Ангел: не бойся, Мария, ибо Ты обрела благодать у Бога;
Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь.
и вот, зачнёшь во чреве, и родишь Сына, и наречёшь Ему имя: Иисус.
Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,
Он будет велик и наречется Сыном Всевышнего, и даст Ему Господь Бог престол Давида, отца Его;
гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
и будет царствовать над домом Иакова во веки, и Царству Его не будет конца.
«Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хІинца а йоІстаг ма ю?»
Мария же сказала Ангелу: как будет это, когда Я мужа не знаю?
Малико жоп делла: «Хьуна тІе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дІахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КІант а эр ду.
Ангел сказал Ей в ответ: Дух Святый найдёт на Тебя, и сила Всевышнего осенит Тебя; посему и рождаемое Святое наречется Сыном Божиим.
Хьан гергара йолчу Элисата а кІант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгІа бутт бу доьзалхочух йолу.
Вот и Елисавета, родственница Твоя, называемая неплодною, и она зачала сына в старости своей, и ей уже шестой месяц,
Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!»
ибо у Бога не останется бессильным никакое слово.
«Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дІадахара иза йолчуьра.
Тогда Мария сказала: сё, Раба Господня; да будет Мне по слову твоему. И отошёл от Неё Ангел.
Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхІуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара.
Встав же Мария во дни сии, с поспешностью пошла в нагорную страну, в город Иудин,
Закрин цІа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо.
и вошла в дом Захарии, и приветствовала Елисавету.
Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира.
Когда Елисавета услышала приветствие Марии, взыграл младенец во чреве её; и Елисавета исполнилась Святаго Духа,
Цо элира чІоггІа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала!
и воскликнула громким голосом, и сказала: благословенна Ты между жёнами, и благословен плод чрева Твоего!
Соьгара хІун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна?
И откуда это мне, что пришла Матерь Господа моего ко мне?
Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира.
Ибо когда голос приветствия Твоего дошёл до слуха моего, взыграл младенец радостно во чреве моём.
Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»
И блаженна Уверовавшая, потому что совершится сказанное Ей от Господа.
ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла,
И сказала Мария: величит душа Моя Господа,
Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,
и возрадовался дух Мой о Боге, Спасителе Моём,
хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
что призрел Он на смирение Рабы Своей, ибо отныне будут ублажать Меня все роды;
хІунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гІуллакхаш дина дела. Цуьнан цІе еза ю!
что сотворил Мне величие Сильный, и свято имя Его;
Цуьнан къинхетам тІаьхьенашкара тІаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!
и милость Его в роды родов к боящимся Его;
Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
явил силу мышцы Своей; рассеял надменных помышлениями сердца их;
паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.
низложил сильных с престолов, и вознёс смиренных;
Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хІума ца луш дІабахийтина.
алчущих исполнил благ, и богатящихся отпустил ни с чем;
Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана.
воспринял Израиля, отрока Своего, воспомянув милость,
Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».
как говорил отцам нашим, к Аврааму и семени его до века.
Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгІахь а Іийна, цІа еара.
Пребыла же Мария с нею около трёх месяцев, и возвратилась в дом свой.
Хан тІекхаьчча, Элисата кІант вира.
Елисавете же настало время родить, и она родила сына.
Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугІуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.
И услышали соседи и родственники её, что возвеличил Господь милость Свою над нею, и радовались с нею.
БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо баьхкинарш цуьнан цІе шен ден санна Закри тилла дагахь бара.
В восьмой день пришли обрезать младенца и хотели назвать его, по имени отца его, Захариею.
Амма нанас элира: «ХІан-хІа! Цунах Яхьъя эр ду».
На это мать его сказала: нет, а назвать его Иоанном.
Цуьнга элира: «И цІе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!»
И сказали ей: никого нет в родстве твоём, кто назывался бы сим именем.
Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кІентан цІе хІун тилла лаьа аьлла.
И спрашивали знаками у отца его, как бы он хотел назвать его.
Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цІе Яхьъя ю».
Он потребовал дощечку и написал: Иоанн имя ему. И все удивились.
Оцу сохьта цуьнан мотт паргІат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира.
И тотчас разрешились уста его и язык его, и он стал говорить, благословляя Бога.