che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Ткъа хІинца тІекхоччуш лаьтта, тІекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дІаса а даьржина, хІора а шайн-шайн цІа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела.
Вот, наступает час, и настал уже, что вы рассеетесь каждый в свою [сторону] и Меня оставите одного; но Я не один, потому что Отец со Мною.
ХІара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гІайгІа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».
Сие сказал Я вам, чтобы вы имели во Мне мир. В мире будете иметь скорбь; но мужайтесь: Я победил мир.
И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.
После сих слов Иисус возвёл очи Свои на небо и сказал: Отче! пришёл час, прославь Сына Твоего, да и Сын Твой прославит Тебя,
ХІунда аьлча массо а адамна тІехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама.
так как Ты дал Ему власть над всякою плотью, да всему, что Ты дал Ему, даст Он жизнь вечную.
Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар.
Сия же есть жизнь вечная, да знают Тебя, единого истинного Бога, и посланного Тобою Иисуса Христа.
Ахьа Сайна тІедиллина гІуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас.
Я прославил Тебя на земле, совершил дело, которое Ты поручил Мне исполнить.
Ткъа хІинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.
И ныне прославь Меня Ты, Отче, у Тебя Самого славою, которую Я имел у Тебя прежде бытия мира.
Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цІе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира.
Я открыл имя Твоё человекам, которых Ты дал Мне от мира; они были Твои, и Ты дал их Мне, и они сохранили слово Твоё.
Ткъа хІинца хаьа царна дерриг Ахь Суна делларг Хьоьгара хилар.
Ныне уразумели они, что всё, что Ты дал Мне, от Тебя есть,
И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дІаделла. Ткъа цара и дешнаш тІеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх.
ибо слова, которые Ты дал Мне, Я передал им, и они приняли, и уразумели истинно, что Я исшел от Тебя, и уверовали, что Ты послал Меня.
Ас доьху Хьоьга царна тІера. Ас ца доьху дуьненарчу дерриге а адамашна тІера, амма Ахь Суна деллачарна тІера, уьш Хьан долу дела.
Я о них молю: не о всём мире молю, но о тех, которых Ты дал Мне, потому что они Твои.
Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла.
И всё Моё Твоё, и Твоё Моё; и Я прославился в них.
Со хІинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогІу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цІеран олаллица Іалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама.
Я уже не в мире, но они в мире, а Я к Тебе иду. Отче Святый! соблюди их во имя Твоё, [тех], которых Ты Мне дал, чтобы они были едино, как и Мы.
Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цІеран олаллица Ас уьш Іалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хІаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тІехь дерг кхочушхилийтархьама.
Когда Я был с ними в мире, Я соблюдал их во имя Твоё; тех, которых Ты дал Мне, Я сохранил, и никто из них не погиб, кроме сына погибели, да сбудется Писание.
Ткъа хІинца Хьуна тІевогІу Со. Амма хІара Ас хІинца Со дуьненахь волуш боху, Сан хазахетар ма-дарра, церан дегнаш чохь иза дуьззина хилийтархьама.
Ныне же к Тебе иду, и сие говорю в мире, чтобы они имели в себе радость Мою совершенную.
Ас Хьан дош царна деара, амма дуьненна и адамаш ца дийзира, уьш, Со санна, кху дуьненара доцу дела.
Я передал им слово Твоё; и мир возненавидел их, потому что они не от мира, как и Я не от мира.
Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дІаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар.
Не молю, чтобы Ты взял их из мира, но чтобы сохранил их от зла.
Уьш а, Со санна, кху дуьненах бац.
Они не от мира, как и Я не от мира.
Хьайн билггал долчу бакъдолчуьнца уьш Хьайн дола бахахьа. Хьан дош ду бакъдерг.
Освяти их истиною Твоею; слово Твоё есть истина.
Ахьа Со дуьнен чу ваийтаре терра, Ас уьш а хьажабо дуьнен чу.
Как Ты послал Меня в мир, [так] и Я послал их в мир.
Аса церан дуьхьа Со дІало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама.
И за них Я посвящаю Себя, чтобы и они были освящены истиною.
Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а.
Не о них же только молю, но и о верующих в Меня по слову их,
Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама.
да будут всё едино, как Ты, Отче, во Мне, и Я в Тебе, [так] и они да будут в Нас едино,— да уверует мир, что Ты послал Меня.
Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама.
И славу, которую Ты дал Мне, Я дал им: да будут едино, как Мы едино.
Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а.
Я в них, и Ты во Мне; да будут совершены воедино, и да познает мир, что Ты послал Меня и возлюбил их, как возлюбил Меня.
Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хІунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.
Отче! которых Ты дал Мне, хочу, чтобы там, где Я, и они были со Мною, да видят славу Мою, которую Ты дал Мне, потому что возлюбил Меня прежде основания мира.
Бакъволу Дада! Дуьненна ца вевзира Хьо, ткъа Суна вевза Хьо. Ахьа къастийначарна а хиира Ахь Со ваийтина хилар.
Отче праведный! и мир Тебя не познал; а Я познал Тебя, и сии познали, что Ты послал Меня.
Аса гучуяьккхира царна Хьан цІе, хІинца чул тІаьхьа а гучуйоккхур ю, Хьан Соьга боллу безам церан хилийта а, Со цаьрца хилийта а».
И Я открыл им имя Твоё и открою, да любовь, которою Ты возлюбил Меня, в них будет, и Я в них.
Шен доІа дина а ваьлла, Іийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогІина дуьхьал агІор йолчу беша дІаволавелира. Цу беша бевлира Іийса а, Цуьнан мурдаш а.
Сказав сие, Иисус вышел с учениками Своими за поток Кедрон, где был сад, в который вошёл Сам и ученики Его.
Ткъа Іийсана ямартло еш волчу ЯхІудана а евзара и меттиг, хІунда аьлча Іийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь.
Знал же это место и Иуда, предатель Его, потому что Иисус часто собирался там с учениками Своими.
Иштта ЯхІуд а веара цига, шеца римхойн тІемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гІаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цІераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.
Итак Иуда, взяв отряд [воинов] и служителей от первосвященников и фарисеев, приходит туда с фонарями и светильниками и оружием.
Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Іийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»
Иисус же, зная всё, что с Ним будет, вышел и сказал им: кого ищете?
Цунна жоп делира: «Назартера Іийса лоьху», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Іийсана ямартло еш волу ЯхІуд вара.
Ему отвечали: Иисуса Назорея. Иисус говорит им: это Я. Стоял же с ними и Иуда, предатель Его.
Іийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.
И когда сказал им: это Я, они отступили назад и пали на землю.
ТІаккха Іийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Іийса», – аьлла.
Опять спросил их: кого ищете? Они сказали: Иисуса Назорея.
Ткъа Іийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хІорш, Іадбитий, дІабахийта».
Иисус отвечал: Я сказал вам, что это Я; итак, если Меня ищете, оставьте их, пусть идут,
Иштта кхочушхилира Іийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».
да сбудется слово, реченное Им: из тех, которых Ты Мне дал, Я не погубил никого.
ТІаккха шегахь тур долчу ШамІа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тІерадаьккхира. Оцу ялхочун цІе Малх яра.
Симон же Пётр, имея меч, извлёк его, и ударил первосвященнического раба, и отсёк ему правое ухо. Имя рабу было Малх.
Іийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Іийр вара ткъа Со?»
Но Иисус сказал Петру: вложи меч в ножны; неужели Мне не пить чаши, которую дал Мне Отец?
Цул тІаьхьа тІемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гІаролхоша а Іийса, схьа а лаьцна, дІавихкира.
Тогда воины и тысяченачальник и служители Иудейские взяли Иисуса и связали Его,
ТІаккха Іаннина тІевигира цара Іийса, Іанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна.
и отвели Его сперва к Анне, ибо он был тесть Каиафе, который был на тот год первосвященником.
Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гІоле ю аьлла, хьехам бинарг.
Это был Каиафа, который подал совет Иудеям, что лучше одному человеку умереть за народ.
Іийсана тІаьхьахІоьттина воьдуш вара ШамІа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Іийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира.
За Иисусом следовали Симон Пётр и другой ученик; ученик же сей был знаком первосвященнику и вошёл с Иисусом во двор первосвященнический.
Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТІаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гІарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира.
А Пётр стоял вне за дверями. Потом другой ученик, который был знаком первосвященнику, вышел, и сказал придвернице, и ввёл Петра.
ТІаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хІокху Стеган мурдех?» Кипас элира: «Вац».
Тут раба придверница говорит Петру: и ты не из учеников ли Этого Человека? Он сказал: нет.
Цигахь шийла хиларна, кІора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гІаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара.
Между тем рабы и служители, разведя огонь, потому что было холодно, стояли и грелись. Пётр также стоял с ними и грелся.
Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Іийсага.
Первосвященник же спросил Иисуса об учениках Его и об учении Его.
Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура.
Иисус отвечал ему: Я говорил явно миру; Я всегда учил в синагоге и в храме, где всегда Иудеи сходятся, и тайно не говорил ничего.
Ахьа Соьга хІунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хІун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хІун аьлла».
Что спрашиваешь Меня? спроси слышавших, что Я говорил им; вот, они знают, что Я говорил.
Іийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гІаролхочо, Іийсан юьхь тІе тІара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»
Когда Он сказал это, один из служителей, стоявший близко, ударил Иисуса по щеке, сказав: так отвечаешь Ты первосвященнику?
Іийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хІума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хІунда етта ахь?»
Иисус отвечал ему: если Я сказал худо, покажи, что худо; а если хорошо, что ты бьёшь Меня?
ТІаккха Іийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тІехьажийра Іаннас.
Анна послал Его связанного к первосвященнику Каиафе.
Ткъа ШамІа-Кипа хІинца а вохлуш лаьтташ вара. ТІаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», – аьлла, дІахадийра Кипас.
Симон же Пётр стоял и грелся. Тут сказали ему: не из учеников ли Его и ты? Он отрёкся и сказал: нет.
Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?»
Один из рабов первосвященнических, родственник тому, которому Пётр отсёк ухо, говорит: не я ли видел тебя с Ним в саду?
Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нІаьна кхайкхира.
Пётр опять отрёкся; и тотчас запел петух.
Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гІишлона чу вигира Іийса. Цу хенахь Іуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гІишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.
От Каиафы повели Иисуса в преторию. Было утро; и они не вошли в преторию, чтобы не оскверниться, но чтобы [можно было] есть пасху.
ГІишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хІун бехк балабо аша?»
Пилат вышел к ним и сказал: в чём вы обвиняете Человека Сего?
Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дІавелла хир вацара оха Иза».
Они сказали ему в ответ: если бы Он не был злодей, мы не предали бы Его тебе.
ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дІа а эций, шайн Іедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».
Пилат сказал им: возьмите Его вы, и по закону вашему судите Его. Иудеи сказали ему: нам не позволено предавать смерти никого,—
Иза хилира Іийсас Шен валар муха хир ду дІахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама.
да сбудется слово Иисусово, которое сказал Он, давая разуметь, какою смертью Он умрёт.
ТІаккха Пулата, юха а гІишло чу а вахана, Іийса шена тІе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»
Тогда Пилат опять вошёл в преторию, и призвал Иисуса, и сказал Ему: Ты Царь Иудейский?
Іийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»
Иисус отвечал ему: от себя ли ты говоришь это, или другие сказали тебе о Мне?
Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хІун дина?»
Пилат отвечал: разве я Иудей? Твой народ и первосвященники предали Тебя мне; что Ты сделал?
Іийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хІинца Сан пачхьалкх кхузара яц».
Иисус отвечал: Царство Моё не от мира сего; если бы от мира сего было Царство Моё, то служители Мои подвизались бы за Меня, чтобы Я не был предан Иудеям; но ныне Царство Моё не отсюда.
ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Хетарехь, Хьо хІетте а Паччахь ву-кх?» Іийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугІу Сан озе».
Пилат сказал Ему: итак Ты Царь? Иисус отвечал: ты говоришь, что Я Царь. Я на то родился и на то пришёл в мир, чтобы свидетельствовать о истине; всякий, кто от истины, слушает гласа Моего.
Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?»
Пилат сказал Ему: что есть истина? И, сказав это, опять вышел к Иудеям и сказал им: я никакой вины не нахожу в Нём.
Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хІума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргІатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хІара жуьгтийн къоман Паччахь дІахеца лаьий шуна?»
Есть же у вас обычай, чтобы я одного отпускал вам на Пасху; хотите ли, отпущу вам Царя Иудейского?
Цара маьхьарий хьаькхира: «ХІара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.
Тогда опять закричали все, говоря: не Его, но Варавву. Варавва же был разбойник.
ТІаккха Пулата омра дира, Іийса дІа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла.
Тогда Пилат взял Иисуса и [велел] бить Его.
Ткъа тІемалоша, коканийн коьллех кочар тІекхоьллира.
И воины, сплетши венец из тёрна, возложили Ему на голову, и одели Его в багряницу,
Цул тІаьхьа, Іийсана тІе а хІуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха цара Цуьнан юьхь тІе еттара.
и говорили: радуйся, Царь Иудейский! и били Его по ланитам.
Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХІинца аса аравоккху ХІара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хІума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама».
Пилат опять вышел и сказал им: вот, я вывожу Его к вам, чтобы вы знали, что я не нахожу в Нём никакой вины.
ТІаккха, коьрта тІехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тІе цІен духар дуьйхина волу Іийса гІишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХІара ву и Стаг».
Тогда вышел Иисус в терновом венце и в багрянице. И сказал им [Пилат]: сё, Человек!
Іийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гІаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дІатоха Иза, хІунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».
Когда же увидели Его первосвященники и служители, то закричали: распни, распни Его! Пилат говорит им: возьмите Его вы, и распните; ибо я не нахожу в Нём вины.
Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КІант ву боху дела».
Иудеи отвечали ему: мы имеем закон, и по закону нашему Он должен умереть, потому что сделал Себя Сыном Божиим.
Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тІе а кхеравелира.
Пилат, услышав это слово, больше убоялся.
Цо, юха а гІалин гІишло чу а ваьлла, Іийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» – аьлла. Ткъа Іийсас цуьнга жоп ца делира.
И опять вошёл в преторию и сказал Иисусу: откуда Ты? Но Иисус не дал ему ответа.
ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дІахеца а, сайна лаахь, Хьо жІарах дІатохийта а?»
Пилат говорит Ему: мне ли не отвечаешь? не знаешь ли, что я имею власть распять Тебя и власть имею отпустить Тебя?
Іийсас жоп делира цуьнга: «Суна тІехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дІавеллачунна тІехь кхин а сов къа ду».
Иисус отвечал: ты не имел бы надо Мною никакой власти, если бы не было дано тебе свыше; посему более греха на том, кто предал Меня тебе.
Цу хенахь дуьйна Пулат Іийса дІахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дІахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагІа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагІа ву».
С этого [времени] Пилат искал отпустить Его. Иудеи же кричали: если отпустишь Его, ты не друг кесарю; всякий, делающий себя царём, противник кесарю.
И дешнаш хезча, Пулат, Іийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Іебархойн маттахь Габбата цІе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира.
Пилат, услышав это слово, вывел вон Иисуса и сел на судилище, на месте, называемом Лифостротон, а по-еврейски Гаввафа.
И дерриге а пІераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кІирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТІаккха: «ХІан, ХІара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе.
Тогда была пятница перед Пасхою, и час шестый. И сказал [Пилат] Иудеям: сё, Царь ваш!
ТІаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДІаваккха Иза! ДІаваккха! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жІарах дІатоха веза ас?» Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург».
Но они закричали: возьми, возьми, распни Его! Пилат говорит им: Царя ли вашего распну? Первосвященники отвечали: нет у нас царя, кроме кесаря.
ТІаккха Пулата цаьрга дІавелира Іийса, Иза жІарах дІатохийтархьама. Иштта Іийса, схьа а лаьцна, дІавигира цара.
Тогда наконец он предал Его им на распятие. И взяли Иисуса и повели.
Ша бахьа беза жІаран бІогІам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дІаволавелира Іийса (Іебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю).
И, неся крест Свой, Он вышел на место, называемое Лобное, по-еврейски Голгофа;
Цигахь Іийса жІарах дІатуьйхира цара. Іийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жІарех дІатоьхна, Іийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агІор.
там распяли Его и с Ним двух других, по ту и по другую сторону, а посреди Иисуса.
Пулата, дечиган уьнан юьхкана тІе йоза а яздина, иза жІаран бІогІам тІе дІатохийтира. Цу тІехь яздина дара: «Назартера Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь».
Пилат же написал и надпись, и поставил на кресте. Написано было: Иисус Назорей, Царь Иудейский.
И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хІунда аьлча Іийса жІарах дІатоьхна йолу и меттиг гІалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь.
Эту надпись читали многие из Иудеев, потому что место, где был распят Иисус, было недалеко от города, и написано было по-еврейски, по-гречески, по-римски.
Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».
Первосвященники же Иудейские сказали Пилату: не пиши: Царь Иудейский, но что Он говорил: Я Царь Иудейский.
Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла».
Пилат отвечал: что я написал, то написал.
Іийса жІарах дІатоьхна бевлча, тІемалоша Цуьнан тІеюху хІуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хІора тІемалочунна цхьацца дакъа а луш. Іийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кІадих йина яра.
Воины же, когда распяли Иисуса, взяли одежды Его и разделили на четыре части, каждому воину по части, и хитон; хитон же был не сшитый, а весь тканый сверху.
ТІаккха тІемалоша вовшашка элира: «ХІара коч этІор яц вай. ХІокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай». Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш». ТІемалоша иза иштта дан а дира.
Итак сказали друг другу: не станем раздирать его, а бросим о нём жребий, чей будет,— да сбудется реченное в Писании: разделили ризы Мои между собою и об одежде Моей бросали жребий. Так поступили воины.
Іийса дІатоьхначу жІарана уллохь лаьтташ бара Іийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а.
При кресте Иисуса стояли Матерь Его и сестра Матери Его, Мария Клеопова, и Мария Магдалина.
ТІаккха Іийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хІара хир ву хьан кІант».
Иисус, увидев Матерь и ученика тут стоящего, которого любил, говорит Матери Своей: Жено! сё, сын Твой.
Цул тІаьхьа мурде а элира Цо: «ХІара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дІайигира цу мурдо иза.
Потом говорит ученику: сё, Матерь твоя! И с этого времени ученик сей взял Её к себе.
Цул тІаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Іийса. ТІаккха, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».
После того Иисус, зная, что уже всё совершилось, да сбудется Писание, говорит: жажду.
Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТІаккха тІемалочо, цу кхаби чу худург а Іоьттина, иза ораматан гаьнна тІе а йихкина, Іийсан бете яьхьира.
Тут стоял сосуд, полный уксуса. [Воины], напоив уксусом губку и наложив на иссоп, поднесли к устам Его.
Къонза а мелла, Іийсас элира: «Кхочушхили!» ТІаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дІаделира Цо.
Когда же Иисус вкусил уксуса, сказал: совершилось! И, преклонив главу, предал дух.
И дерриг пІераскан дийнахь хиларна, догІмаш жІарана тІехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хІунда аьлча тІедогІуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жІарах дІатоьхна болчеран настарш каг а йина, жІараш тІера церан догІмаш дІадахийтахьара аьлла.
Но так как [тогда] была пятница, то Иудеи, дабы не оставить тел на кресте в субботу,— ибо та суббота была день великий,— просили Пилата, чтобы перебить у них голени и снять их.
Иштта тІемалоша, схьа а баьхкина, Іийсана цхьацца агІор дІатоьхначеран настарш кегйира.
Итак пришли воины, и у первого перебили голени, и у другого, распятого с Ним.