che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Ткъа Іийсана тІебахча, Иза дІакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара.
Но, придя к Иисусу, как увидели Его уже умершим, не перебили у Него голеней,
Ткъа тІемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Іийсан агІонах, пІендаршна юккъе. Цу сохьта цІий а, хи а охьадахара.
но один из воинов копьём пронзил Ему рёбра, и тотчас истекла кровь и вода.
И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа.
И видевший засвидетельствовал, и истинно свидетельство его; он знает, что говорит истину, дабы вы поверили.
Иза хилла дІахІоьттира, Делан Йозанаш тІехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьІахк кагйина хир яц», – аьлла.
Ибо сие произошло, да сбудется Писание: кость Его да не сокрушится.
Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегІах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».
Также и в другом [месте] Писание говорит: воззрят на Того, Которого пронзили.
Цул тІаьхьа Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Іийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Іийсан дегІ жІара тІера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТІаккха цо, вахана, и дегІ жІара тІера схьадаьккхира.
После сего Иосиф из Аримафеи — ученик Иисуса, но тайный из страха от Иудеев,— просил Пилата, чтобы снять тело Иисуса; и Пилат позволил. Он пошёл и снял тело Иисуса.
Хьалха, буьйсанна Іийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогІу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера.
Пришёл также и Никодим,— приходивший прежде к Иисусу ночью,— и принёс состав из смирны и алоя, литр около ста.
Цара, Іийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогІу хьакхарш хьаькхна долчу кІади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Іедалехь стаг дІавуллуш ма-дарра.
Итак они взяли тело Иисуса и обвили его пеленами с благовониями, как обыкновенно погребают Иудеи.
Іийса жІарах дІатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хІинца а цхьа а виллаза къубба яра.
На том месте, где Он распят, был сад, и в саду гроб новый, в котором ещё никто не был положен.
И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пІераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Іийса цу чу виллира.
Там положили Иисуса ради пятницы Иудейской, потому что гроб был близко.
Ткъа кІирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІакарчийна гира Маремана.
В первый же [день] недели Мария Магдалина приходит ко гробу рано, когда было ещё темно, и видит, что камень отвален от гроба.
ТІаккха Марем, едда, Кипина а, Іийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тІееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дІаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».
Итак, бежит и приходит к Симону Петру и к другому ученику, которого любил Иисус, и говорит им: унесли Господа из гроба, и не знаем, где положили Его.
ТІаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара.
Тотчас вышел Пётр и другой ученик, и пошли ко гробу.
И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира.
Они побежали оба вместе; но другой ученик бежал скорее Петра, и пришёл ко гробу первый.
ТІаккха охьатаьІначу мурдана Іохкуш кІадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира.
И, наклонившись, увидел лежащие пелены; но не вошёл [во гроб].
Цул тІаьхьа ШамІа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тІаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Іохкуш йолу еккъа кІадинан кескаш.
Вслед за ним приходит Симон Пётр, и входит во гроб, и видит одни пелены лежащие,
Іийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Іуьллуш дара.
и плат, который был на главе Его, не с пеленами лежащий, но особо свитый на другом месте.
Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира.
Тогда вошёл и другой ученик, прежде пришедший ко гробу, и увидел, и уверовал.
ХІунда аьлча уьш хІинца а Делан Йозанаш тІехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара.
Ибо они ещё не знали из Писания, что Ему надлежало воскреснуть из мёртвых.
Иштта мурдаш юхабирзира.
Итак ученики опять возвратились к себе.
Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тІе охьатаьІира.
А Мария стояла у гроба и плакала. И, когда плакала, наклонилась во гроб,
Цу хенахь Маремана, тІехь кІайн хІуманаш а йолуш, хиъна Іаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Іийса охьавиллина хиллачу меттехь.
и видит двух Ангелов, в белом одеянии сидящих, одного у главы и другого у ног, где лежало тело Иисуса.
ТІаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хІунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дІа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».
И они говорят ей: жена! что ты плачешь? Говорит им: унесли Господа моего, и не знаю, где положили Его.
И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Іийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Іийса вуйла.
Сказав сие, обратилась назад и увидела Иисуса стоящего; но не узнала, что это Иисус.
Іийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хІунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дІаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».
Иисус говорит ей: жена! что ты плачешь? кого ищешь? Она, думая, что это садовник, говорит Ему: господин! если ты вынес Его, скажи мне, где ты положил Его, и я возьму Его.
Іийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).
Иисус говорит ей: Мария! Она, обратившись, говорит Ему: Раввуни!— что значит: Учитель!
ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“».
Иисус говорит ей: не прикасайся ко Мне, ибо Я ещё не восшел к Отцу Моему; а иди к братьям Моим и скажи им: восхожу к Отцу Моему и Отцу вашему, и к Богу Моему и Богу вашему.
ТІаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дІахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.
Мария Магдалина идёт и возвещает ученикам, [что] видела Господа и [что] Он это сказал ей.
Оцу кІирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неІ дІакъевлина уьш Іаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дІа а хІоьттина, Іийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!»
В тот же первый день недели вечером, когда двери [дома], где собирались ученики Его, были заперты из опасения от Иудеев, пришёл Иисус, и стал посреди, и говорит им: мир вам!
И аьлла, Шен куьйгаш а, агІо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чІогІа хазахеттера мурдашна.
Сказав это, Он показал им руки и ноги и рёбра Свои. Ученики обрадовались, увидев Господа.
ТІаккха юха а элира Іийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!»
Иисус же сказал им вторично: мир вам! как послал Меня Отец, [так] и Я посылаю вас.
И аьлла, Іаь а тоьхна, Іийсас элира: «ДІаэца Делан Са.
Сказав это, дунул, и говорит им: примите Духа Святаго.
Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тІера дІадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тІехь дуьсур ду».
Кому простите грехи, тому простятся; на ком оставите, на том останутся.
Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТІама, Іийса веанчу хенахь мурдашца вацара.
Фома же, один из двенадцати, называемый Близнец, не был тут с ними, когда приходил Иисус.
ТІаьхьа оцу мурдаша ТІамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТІамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тІехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агІонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хІуъа хилча а, тешар вац со».
Другие ученики сказали ему: мы видели Господа. Но он сказал им: если не увижу на руках Его ран от гвоздей, и не вложу перста моего в раны от гвоздей, и не вложу руки моей в рёбра Его, не поверю.
Цул тІаьхьа кІира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Іаш бара цІа чохь. ТІама а вара цаьрца. НеІ дІакъевлина а йолуш, Іийсас, цІа чу а веана, юккъе дІа а хІоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!»
После восьми дней опять были в доме ученики Его, и Фома с ними. Пришёл Иисус, когда двери были заперты, стал посреди них и сказал: мир вам!
ТІаккха ТІамига Іийсас элира: «Хьайн пІелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агІонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».
Потом говорит Фоме: подай перст твой сюда и посмотри руки Мои; подай руку твою и вложи в рёбра Мои; и не будь неверующим, но верующим.
ТІамас, жоп луш, элира Іийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»
Фома сказал Ему в ответ: Господь мой и Бог мой!
Іийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».
Иисус говорит ему: ты поверил, потому что увидел Меня; блаженны невидевшие и уверовавшие.
Кхин дуккха а тамашийна гІуллакхаш дира Іийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тІехь яздина а доцу.
Много сотворил Иисус пред учениками Своими и других чудес, о которых не писано в книге сей.
Ткъа хІорш яздина Іийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КІант хиларх шу тешийтархьама а, тІаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цІарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.
Сие же написано, дабы вы уверовали, что Иисус есть Христос, Сын Божий, и, веруя, имели жизнь во имя Его.
Цул тІаьхьа Тхьабара-хІордан йистехь Іийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Іийсас Ша цигахь.
После того опять явился Иисус ученикам Своим при море Тивериадском. Явился же так:
Цу хенахь ШамІа-Кипа а, ТІама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаІил а, Зевадин кІентий а, Іийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара.
были вместе Симон Пётр, и Фома, называемый Близнец, и Нафанаил из Каны Галилейской, и сыновья Зеведеевы, и двое других из учеников Его.
ШамІа-Кипас элира цаьрга: «Со чІерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догІу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хІумма а ца лецира.
Симон Пётр говорит им: иду ловить рыбу. Говорят ему: идём и мы с тобою. Пошли и тотчас вошли в лодку, и не поймали в ту ночь ничего.
Ткъа Іуьйре тІейогІучу хенахь Іийса бердан йисте дІахІоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Іийса вуйла.
А когда уже настало утро, Иисус стоял на берегу; но ученики не узнали, что это Иисус.
Іийсас элира цаьрга: «ДоттагІий, чІерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», – аьлла.
Иисус говорит им: дети! есть ли у вас какая пища? Они отвечали Ему: нет.
Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Шайн чІерий лоцу бой хинкеманан аьтту агІор чутаса, тІаккха карор ду шуна чІерий». Цара бой чутесира, тІаккха чІерий тІех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга.
Он же сказал им: закиньте сеть по правую сторону лодки, и поймаете. Они закинули, и уже не могли вытащить [сети] от множества рыбы.
ТІаккха Іийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХІара Веза Эла ву». Ткъа ШамІа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гІодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира.
Тогда ученик, которого любил Иисус, говорит Петру: это Господь. Симон же Пётр, услышав, что это Господь, опоясался одеждою,— ибо он был наг,— и бросился в море.
Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тІехь, шайна тІаьхьа чІерашца йолу бой а текхош, хІордан йисте кхечира, уьш болчуьра хІордан йисте кхача, ши бІе дол хиллал бен юкъ йоцу дела.
А другие ученики приплыли в лодке,— ибо недалеко были от земли, локтей около двухсот,— таща сеть с рыбою.
Мурдашна, хинкеманна тІера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кІоран алу а йолуш, цунна тІехь чІерий а, юххехь бепиг а гира.
Когда же вышли на землю, видят разложенный огонь и на нём лежащую рыбу и хлеб.
Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІинца лаьцначу чІерех цхьадерш схьада кхуза».
Иисус говорит им: принесите рыбы, которую вы теперь поймали.
ШамІа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чІерий долу бой хІорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чІара бІе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чІерий лоцу бой ца етІира.
Симон Пётр пошёл и вытащил на землю сеть, наполненную большими рыбами, [которых было] сто пятьдесят три; и при таком множестве не прорвалась сеть.
Іийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хІума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла.
Иисус говорит им: придите, обедайте. Из учеников же никто не смел спросить Его: кто Ты? зная, что это Господь.
Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра.
Иисус приходит, берёт хлеб и даёт им, также и рыбу.
Веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Іийсас иштта кхозлагІа а Шен мурдашна гайтира Ша.
Это уже в третий раз явился Иисус ученикам Своим по воскресении Своём из мёртвых.
Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа».
Когда же они обедали, Иисус говорит Симону Петру: Симон Ионин! любишь ли ты Меня больше, нежели они? [Пётр] говорит Ему: так, Господи! Ты знаешь, что я люблю Тебя. [Иисус] говорит ему: паси агнцев Моих.
ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо».
Ещё говорит ему в другой раз: Симон Ионин! любишь ли ты Меня? [Пётр] говорит Ему: так, Господи! Ты знаешь, что я люблю Тебя. [Иисус] говорит ему: паси овец Моих.
КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа.
Говорит ему в третий раз: Симон Ионин! любишь ли ты Меня? Пётр опечалился, что в третий раз спросил его: любишь ли Меня? и сказал Ему: Господи! Ты всё знаешь; Ты знаешь, что я люблю Тебя. Иисус говорит ему: паси овец Моих.
Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дІа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».
Истинно, истинно говорю тебе: когда ты был молод, то препоясывался сам и ходил, куда хотел; а когда состаришься, то прострешь руки твои, и другой препояшет тебя, и поведёт, куда не хочешь.
Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо».
Сказал же это, давая разуметь, какою смертью [Пётр] прославит Бога. И, сказав сие, говорит ему: иди за Мною.
Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тІаьхьавогІу, Іийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Іийсан некха тІе а таьІна Іийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.)
Пётр же, обратившись, видит идущего за ним ученика, которого любил Иисус и который на вечери, приклонившись к груди Его, сказал: Господи! кто предаст Тебя?
Иштта, и мурд гина, Кипас элира Іийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хІун хир ду?»
Его увидев, Пётр говорит Иисусу: Господи! а он что?
Іийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хІун бала бу цуьнца? Хьо Суна тІаьхьахІотта».
Иисус говорит ему: если Я хочу, чтобы он пребыл, пока приду, что тебе [до того]? ты иди за Мною.
Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Іийсас иза лийр вац ца аьллера. Іийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хІун бала бу цуьнца?»
И пронеслось это слово между братиями, что ученик тот не умрёт. Но Иисус не сказал ему, что не умрёт, но: если Я хочу, чтобы он пребыл, пока приду, что тебе [до того]?
И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.
Сей ученик и свидетельствует о сём, и написал сие; и знаем, что истинно свидетельство его.
Кхин дуккха а дара Іийсас дина гІуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хІокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.
Многое и другое сотворил Иисус; но, если бы писать о том подробно, то, думаю, и самому миру не вместить бы написанных книг. Аминь.
Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тІехь ас яздинера хьоьга Іийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна,
Первую книгу написал я [к тебе], Феофил, о всём, что Иисус делал и чему учил от начала
Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тІекхаччалц.
до того дня, в который Он вознёсся, дав Святым Духом повеления Апостолам, которых Он избрал,
Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.
которым и явил Себя живым, по страдании Своём, со многими верными доказательствами, в продолжение сорока дней являясь им и говоря о Царствии Божием.
Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила.
И, собрав их, Он повелел им: не отлучайтесь из Иерусалима, но ждите обещанного от Отца, о чём вы слышали от Меня,
ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».
ибо Иоанн крестил водою, а вы, через несколько дней после сего, будете крещены Духом Святым.
Мурдаша, гул а белла, хаьттира Іийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахІоттайо хан тІе ца кхаьчна?» – аьлла.
Посему они, сойдясь, спрашивали Его, говоря: не в сие ли время, Господи, восстановляешь Ты царство Израилю?
Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гІуллакх дац.
Он же сказал им: не ваше дело знать времена или сроки, которые Отец положил в Своей власти,
Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».
но вы примете силу, когда сойдёт на вас Дух Святый; и будете Мне свидетелями в Иерусалиме и во всей Иудее и Самарии и даже до края земли.
Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира.
Сказав сие, Он поднялся в глазах их, и облако взяло Его из вида их.
Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира.
И когда они смотрели на небо, во время восхождения Его, вдруг предстали им два мужа в белой одежде
«Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву».
и сказали: мужи Галилейские! что вы стоите и смотрите на небо? Сей Иисус, вознёсшийся от вас на небо, придёт таким же образом, как вы видели Его восходящим на небо.
Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.
Тогда они возвратились в Иерусалим с горы, называемой Елеон, которая находится близ Иерусалима, в расстоянии субботнего пути.
ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг.
И, придя, взошли в горницу, где и пребывали, Пётр и Иаков, Иоанн и Андрей, Филипп и Фома, Варфоломей и Матфей, Иаков Алфеев и Симон Зилот, и Иуда, [брат] Иакова.
Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара.
Все они единодушно пребывали в молитве и молении, с [некоторыми] жёнами и Мариею, Материю Иисуса, и с братьями Его.
Цкъа уьш гулбеллачу метте бІе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гІаьттина, элира:
И в те дни Пётр, став посреди учеников, сказал
«Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Іийса лоцуш болчарна тІехь куьйгалла дина волчу ЯхІудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тІехь.
(было же собрание человек около ста двадцати): мужи братия! Надлежало исполниться тому, что в Писании предрёк Дух Святый устами Давида об Иуде, бывшем вожде тех, которые взяли Иисуса;
ЯхІуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гІуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо».
он был сопричислен к нам и получил жребий служения сего;
Іийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тІехь велла карийна иза, даьттІачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.
но приобрёл землю неправедною мздою, и когда низринулся, расселось чрево его, и выпали все внутренности его;
Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХІакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦІийн латта» бохург ду.
и это сделалось известно всем жителям Иерусалима, так что земля та на отечественном их наречии названа Акелдама, то есть земля крови.
«Забур тІехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дІатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гІуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дІалоцийла“.
В книге же Псалмов написано: да будет двор его пуст, и да не будет живущего в нём; и: достоинство его да приимет другой.
Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Іийсана уллохь а хилла,
Итак надобно, чтобы один из тех, которые находились с нами во всё время, когда пребывал и обращался с нами Господь Иисус,
ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Іийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Іийса денваларан теш хила а веза».
начиная от крещения Иоаннова до того дня, в который Он вознёсся от нас, был вместе с нами свидетелем воскресения Его.
Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а.
И поставили двоих: Иосифа, называемого Варсавою, который прозван Иустом, и Матфия;
Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна
и помолились и сказали: Ты, Господи, Сердцеведец всех, покажи из сих двоих одного, которого Ты избрал
ша ваха веззачу метте дІаваханчу ЯхІудан метта, Айхьа векал а вина, гІуллакх дан хаьржинарг».
принять жребий сего служения и Апостольства, от которого отпал Иуда, чтобы идти в своё место.
Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгІа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дІакхийтира.
И бросили о них жребий, и выпал жребий Матфию, и он сопричислен к одиннадцати Апостолам.
Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира.
При наступлении дня Пятидесятницы все они были единодушно вместе.
ЦІеххьана, чІогІа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гІовгІа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цІа дуьзира.
И внезапно сделался шум с неба, как бы от несущегося сильного ветра, и наполнил весь дом, где они находились.
Йогучу цІеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хІоранна тІехула севцира.
И явились им разделяющиеся языки, как бы огненные, и почили по одному на каждом из них.
Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.
И исполнились все Духа Святаго, и начали говорить на иных языках, как Дух давал им провещевать.
Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чІогІа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара.
В Иерусалиме же находились Иудеи, люди набожные, из всякого народа под небом.
И гІовгІа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хІунда аьлча хІоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара.
Когда сделался этот шум, собрался народ, и пришёл в смятение, ибо каждый слышал их говорящих его наречием.
Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац?
И все изумлялись и дивились, говоря между собою: сии говорящие не все ли Галилеяне?
Вайна хІоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш?
Как же мы слышим каждый собственное наречие, в котором родились.