che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан!
Бог же отвратился и оставил их служить воинству небесному, как написано в книге пророков: дом Израилев! приносили ли вы Мне заколения и жертвы в продолжение сорока лет в пустыне?
Ахь Мулка-цІунна лерина четар а, хьайн Делан РамхІаран седа а, айхьа Іибадат динчу цІуйн суьрташ а лелийра. Ахь иза дарна, хьо махках а даьккхина, Бавелал дехьа эккхор ду Ас“.
Вы приняли скинию Молохову и звезду бога вашего Ремфана, изображения, которые вы сделали, чтобы поклоняться им: и Я переселю вас далее Вавилона.
Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара.
Скиния свидетельства была у отцов наших в пустыне, как повелел Говоривший Моисею сделать её по образцу, им виденному.
Вайн дайша ЮшаІна тІаьхьахІиттина, тІом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Іийна халкъаш дІалаьхкира. Дауд паччахь хІотталц цу махкахь дара и четар.
Отцы наши с Иисусом, взяв её, внесли во владения народов, изгнанных Богом от лица отцов наших. [Так было] до дней Давида.
Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тІаьхьенна Далла лерина гІишло ян.
Сей обрёл благодать пред Богом и молил, [чтобы] найти жилище Богу Иакова.
Амма Далла лерина цІа Сулим-паччахьо дира.
Соломон же построил Ему дом.
Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цІа чохь Іаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:
Но Всевышний не в рукотворенных храмах живёт, как говорит пророк:
„Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа?
Небо — престол Мой, и земля — подножие ног Моих. Какой дом созиждете Мне, говорит Господь, или какое место для покоя Моего?
И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац?“
Не Моя ли рука сотворила всё сие?
Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.
Жестоковыйные! люди с необрезанным сердцем и ушами! вы всегда противитесь Духу Святому, как отцы ваши, так и вы.
Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
Кого из пророков не гнали отцы ваши? Они убили предвозвестивших пришествие Праведника, Которого предателями и убийцами сделались ныне вы,—
Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».
вы, которые приняли закон при служении Ангелов и не сохранили.
И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгІазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира.
Слушая сие, они рвались сердцами своими и скрежетали на него зубами.
Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агІор лаьтта Іийса а гира.
Стефан же, будучи исполнен Духа Святаго, воззрев на небо, увидел славу Божию и Иисуса, стоящего одесную Бога,
«Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агІор лаьтта Адамийн КІант а го», – аьлла.
и сказал: вот, я вижу небеса отверстые и Сына Человеческого, стоящего одесную Бога.
ТІаккха вуьш, лергаш дІа а къевлина, цІогІанашца, маьхьаршца цхьаьний тІелетира цунна.
Но они, закричав громким голосом, затыкали уши свои, и единодушно устремились на него,
Иза такхийна гІаланах ара а ваьккхина, цунна тІулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тІехулара бедарш Шаул цІе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира.
и, выведя за город, стали побивать его камнями. Свидетели же положили свои одежды у ног юноши, именем Савла,
Цара шена тІулгаш деттачу хенахь, Тапас доІа дира: «Іийса-Эла, дІаэцахьа сан са!»
и побивали камнями Стефана, который молился и говорил: Господи Иисусе! приими дух мой.
Цул тІаьхьа, гора а воьжна, чІогІа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хІара гІуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.
И, преклонив колени, воскликнул громким голосом: Господи! не вмени им греха сего. И, сказав сие, почил.
Шаула къобалдора Тапин вер.
Савл же одобрял убиение его. В те дни произошло великое гонение на церковь в Иерусалиме; и все, кроме Апостолов, рассеялись по разным местам Иудеи и Самарии.
Тапа суьпачу наха дІавоьллира, цунах доккха белхар а хІоттош.
Стефана же погребли мужи благоговейные, и сделали великий плач по нём.
Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.
А Савл терзал церковь, входя в домы и влача мужчин и женщин, отдавал в темницу.
Ткъа шайн меттера дІалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь.
Между тем рассеявшиеся ходили и благовествовали слово.
Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гІала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара.
Так Филипп пришёл в город Самарийский и проповедывал им Христа.
Массара а цуьнга дика ладугІура. Цо деш долу тамашийна хІуманаш а гора царна.
Народ единодушно внимал тому, что говорил Филипп, слыша и видя, какие он творил чудеса.
Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьІапнаш а толора.
Ибо нечистые духи из многих, одержимых ими, выходили с великим воплем, а многие расслабленные и хромые исцелялись.
Цу гІалахь болу нах чІогІа самукъадаьлла бара.
И была радость великая в том городе.
Цу гІалахь Іаш, ШамІа цІе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара.
Находился же в городе некоторый муж, именем Симон, который перед тем волхвовал и изумлял народ Самарийский, выдавая себя за кого-то великого.
Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву».
Ему внимали все, от малого до большого, говоря: сей есть великая сила Божия.
Халкъо къаьсттина тидам тІебахийтира цунна, хІунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца.
А внимали ему потому, что он немалое время изумлял их волхвованиями.
Амма Делан олаллех а, Іийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гІалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура.
Но, когда поверили Филиппу, благовествующему о Царствии Божием и о имени Иисуса Христа, то крестились и мужчины и женщины.
ШамІас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тІаьхьа а хІоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хІуманех а, тамашийна гІуллакхех а цецвуьйлуш.
Уверовал и сам Симон и, крестившись, не отходил от Филиппа; и, видя совершающиеся великие силы и знамения, изумлялся.
Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тІеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира.
Находившиеся в Иерусалиме Апостолы, услышав, что Самаряне приняли слово Божие, послали к ним Петра и Иоанна,
Цу шиммо, схьа а веана, доІа дира, и дош тІеэцначарна Делан Са тІелацар доьхуш.
которые, придя, помолились о них, чтобы они приняли Духа Святаго.
ХІунда аьлча царна тІе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Іийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара.
Ибо Он не сходил ещё ни на одного из них, а только были они крещены во имя Господа Иисуса.
Кипас а, Яхьъяс а царна тІехула куьйгаш лецира, тІаккха Іийсах тешначарна Делан Са тІеийцира.
Тогда возложили руки на них, и они приняли Духа Святаго.
Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамІас цаьрга ахча кховдийра:
Симон же, увидев, что через возложение рук Апостольских подаётся Дух Святый, принёс им деньги,
«Суна а лойша и бакъо, – бохура цо, – Ас куьйгаш тІехула лаьцначунна Делан Са лур долуш».
говоря: дайте и мне власть сию, чтобы тот, на кого я возложу руки, получал Духа Святаго.
Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хІаллакьхуьлийла хьан ахча, хІунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду.
Но Пётр сказал ему: серебро твоё да будет в погибель с тобою, потому что ты помыслил дар Божий получить за деньги.
Оха дечу кху гІуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хІунда аьлча хьан дог Далла хьалха цІена дац.
Нет тебе в сём части и жребия, ибо сердце твоё неправо пред Богом.
Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна.
Итак покайся в сём грехе твоём, и молись Богу: может быть, опустится тебе помысел сердца твоего;
ХІунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар».
ибо вижу тебя исполненного горькой жёлчи и в узах неправды.
ШамІас дийхира тІаккха: «Везачу Эле сох доІа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».
Симон же сказал в ответ: помолитесь вы за меня Господу, дабы не постигло меня ничто из сказанного вами.
Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тІаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош.
Они же, засвидетельствовав и проповедав слово Господне, обратно пошли в Иерусалим и во многих селениях Самарийских проповедали Евангелие.
Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гІаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Іази-гІала боьдучу новкъа вала», – аьлла.
А Филиппу Ангел Господень сказал: встань и иди на полдень, на дорогу, идущую из Иерусалима в Газу, на ту, которая пуста.
ТІаккха Пилап дІавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьІна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цІе йолчу зуда-паччахьан цІийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхІарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Іибадат дан а веана,
Он встал и пошёл. И вот, муж Ефиоплянин, евнух, вельможа Кандакии, царицы Ефиопской, хранитель всех сокровищ её, приезжавший в Иерусалим для поклонения,
хІинца цІа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гІудалкха а хиъна, ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогІура иза.
возвращался и, сидя на колеснице своей, читал пророка Исаию.
Делан Сино элира Пилапе: «Цу гІудалкха тІе а гІой, улло а хІоттий, дІагІо», – аьлла.
Дух сказал Филиппу: подойди и пристань к сей колеснице.
ГІудалкхана тІеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа.
Филипп подошёл и, услышав, что он читает пророка Исаию, сказал: разумеешь ли, что читаешь?
«Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТІаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо.
Он сказал: как могу разуметь, если кто не наставит меня? и попросил Филиппа взойти и сесть с ним.
Жайни тІехь цо доьшу дешнаш хІорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагІ санна, дІавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Іахар санна, шена чуьра Іаь ца йолуьйтуш, тийна Іара Иза.
А место из Писания, которое он читал, было сие: как овца, ведён был Он на заклание, и, как агнец пред стригущим его безгласен, так Он не отверзает уст Своих.
Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тІаьхьенах лаьцна, хІинца Цуьнан дахар лаьттара дІахьош хилча?»
В уничижении Его суд Его совершился. Но род Его кто разъяснит? ибо вземлется от земли жизнь Его.
ВаьІначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?»
Евнух же сказал Филиппу: прошу тебя [сказать]: о ком пророк говорит это? о себе ли, или о ком другом?
ТІаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тІера вола а велла, ваьІначунна Іийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира.
Филипп отверз уста свои и, начав от сего Писания, благовествовал ему об Иисусе.
Уьш схьабогІуш хи тІе кхечира.
Между тем, продолжая путь, они приехали к воде; и евнух сказал: вот вода; что препятствует мне креститься?
«Хьажахьа, хІара хи ду, – элира ваьІначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»
Филипп же сказал ему: если веруешь от всего сердца, можно. Он сказал в ответ: верую, что Иисус Христос есть Сын Божий.
ВаьІначо омра дира, гІудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза.
И приказал остановить колесницу, и сошли оба в воду, Филипп и евнух; и крестил его.
Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цІеххьана дІаийцира, ваьІначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дІа а бира эфиопхочо.
Когда же они вышли из воды, Дух Святый сошёл на евнуха, а Филиппа восхитил Ангел Господень, и евнух уже не видел его, и продолжал путь, радуясь.
Пилап цул тІаьхьа Ашдод-гІала нисвелира. Массо а гІаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дІакхаччалц.
А Филипп оказался в Азоте и, проходя, благовествовал всем городам, пока пришёл в Кесарию.
Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара.
Савл же, ещё дыша угрозами и убийством на учеников Господа, пришёл к первосвященнику
Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь.
и выпросил у него письма в Дамаск к синагогам, чтобы, кого найдёт последующих сему учению, и мужчин и женщин, связав, приводить в Иерусалим.
Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза.
Когда же он шёл и приближался к Дамаску, внезапно осиял его свет с неба.
Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?»
Он упал на землю и услышал голос, говорящий ему: Савл, Савл! что ты гонишь Меня?
«Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо.
Он сказал: кто Ты, Господи? Господь же сказал: Я Иисус, Которого ты гонишь. Трудно тебе идти против рожна.
ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг».
Он в трепете и ужасе сказал: Господи! что повелишь мне делать? и Господь [сказал] ему: встань и иди в город; и сказано будет тебе, что тебе надобно делать.
Шаулна тІаьхьа богІу нах Іадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш.
Люди же, шедшие с ним, стояли в оцепенении, слыша голос, а никого не видя.
Шаул лаьттара хьалагІаьттира, амма цо бІаьргаш схьабиллича, цунна хІумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе.
Савл встал с земли, и с открытыми глазами никого не видел. И повели его за руки, и привели в Дамаск.
Кхаа дийнахь а, буса а бІаьрса дайна Іийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура.
И три дня он не видел, и не ел, и не пил.
Дамасакхехь Іаш Іийсан мурд вара, Хьанас цІе а йолуш. Цунна сурт хІоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТІаккха хІокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла.
В Дамаске был один ученик, именем Анания; и Господь в видении сказал ему: Анания! Он сказал: я, Господи.
Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхІудан цІа чу а гІой, Тарс-гІалара Шаул цІе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хІинца доІанаш деш ву.
Господь же [сказал] ему: встань и пойди на улицу, так называемую Прямую, и спроси в Иудином доме Тарсянина, по имени Савла; он теперь молится,
Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта».
и видел в видении мужа, именем Ананию, пришедшего к нему и возложившего на него руку, чтобы он прозрел.
Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна.
Анания отвечал: Господи! я слышал от многих о сём человеке, сколько зла сделал он святым Твоим в Иерусалиме;
Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу».
и здесь имеет от первосвященников власть вязать всех, призывающих имя Твоё.
Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а.
Но Господь сказал ему: иди, ибо он есть Мой избранный сосуд, чтобы возвещать имя Моё перед народами и царями и сынами Израилевыми.
Ас гойтур ду цунна, Сан цІе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза».
И Я покажу ему, сколько он должен пострадать за имя Моё.
Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».
Анания пошёл и вошёл в дом и, возложив на него руки, сказал: брат Савл! Господь Иисус, явившийся тебе на пути, которым ты шёл, послал меня, чтобы ты прозрел и исполнился Святаго Духа.
Цу сохьта, пардо дІадаьлча санна, бІаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагІаьттинчул тІаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза.
И тотчас как бы чешуя отпала от глаз его, и вдруг он прозрел; и, встав, крестился,
ХІума йиинчул тІаьхьа гІора деара цуьнга.
и, приняв пищи, укрепился. И был Савл несколько дней с учениками в Дамаске.
Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш.
И тотчас стал проповедывать в синагогах об Иисусе, что Он есть Сын Божий.
Цуьнга ладоьгІначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Іийсага кхойкхуш берш хІаллакбан гІерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тІебига веана вац иза?»
И все слышавшие дивились и говорили: не тот ли это самый, который гнал в Иерусалиме призывающих имя сие? да и сюда за тем пришёл, чтобы вязать их и вести к первосвященникам.
Шаул нахана хьехам барехь тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча.
А Савл более и более укреплялся и приводил в замешательство Иудеев, живущих в Дамаске, доказывая, что Сей есть Христос.
Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен.
Когда же прошло довольно времени, Иудеи согласились убить его.
Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гІалин кевнаш лардора иза верхьама.
Но Савл узнал об этом умысле их. А они день и ночь стерегли у ворот, чтобы убить его.
Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гІалин гонахарчу пена тІехула тускар чохь чувоссийра иза.
Ученики же ночью, взяв его, спустили по стене в корзине.
Ярушалайме а веана, Іийсан мурдех дІакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хІара а Цуьнан мурд хиларх.
Савл прибыл в Иерусалим и старался пристать к ученикам; но все боялись его, не веря, что он ученик.
ТІаккха Бар-Нааба векалшна тІевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Іийсан олаллин цІарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а.
Варнава же, взяв его, пришёл к Апостолам и рассказал им, как на пути он видел Господа, и что говорил ему Господь, и как он в Дамаске смело проповедывал во имя Иисуса.
Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргІат лелара Ярушалаймехь, Іийсан цІарах майрра хьехам а беш.
И пребывал он с ними, входя и исходя, в Иерусалиме, и смело проповедывал во имя Господа Иисуса.
Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хІара вен барт хилира церан.
Говорил также и состязался с Еллинистами; а они покушались убить его.
Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гІала дІавигира, ткъа цигара Тарс-гІала дІакхетийра.
Братия, узнав [о сём], отправили его в Кесарию и препроводили в Тарс.
ЯхІуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Іийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гІоьнца чІагІ а луш, алсамбовлуш бара Іийсах тешаш берш.
Церкви же по всей Иудее, Галилее и Самарии были в покое, назидаясь и ходя в страхе Господнем; и, при утешении от Святаго Духа, умножались.
Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо.
Случилось, что Пётр, обходя всех, пришёл и к святым, живущим в Лидде.
БархІ шарахь меттахь Іиллина волу Енай цІе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь.
Там нашёл он одного человека, именем Энея, который восемь уже лет лежал в постели в расслаблении.
Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Іийсас тово хьо. Хьала а гІаттий, хьайн мотт дІабаккха». Енай цу сохьта хьалагІаьттира.
Пётр сказал ему: Эней! исцеляет тебя Иисус Христос; встань с постели твоей. И он тотчас встал.
Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тІебирзира.
И видели его все, живущие в Лидде и в Сароне, которые и обратились к Господу.
Іийсах тешаш а йолуш, Яппи-гІалахь Іаш Тавита цІе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цІе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагІа луш а стаг яра.
В Иоппии находилась одна ученица, именем Тавифа, что значит: «серна»; она была исполнена добрых дел и творила много милостынь.
Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цІа чохь охьадиллира.
Случилось в те дни, что она занемогла и умерла. Её омыли и положили в горнице.
Лодди-юрт Яппи-гІалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла.
А как Лидда была близ Иоппии, то ученики, услышав, что Пётр находится там, послали к нему двух человек просить, чтобы он не замедлил придти к ним.
Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цІа чу вигира. Кипина гонах бисина Іаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хІуманаш а гойтура цара.
Пётр, встав, пошёл с ними; и когда он прибыл, ввели его в горницу, и все вдовицы со слезами предстали перед ним, показывая рубашки и платья, какие делала Серна, живя с ними.
Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хІоьттина, доІа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дІа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагІатта!» Зуда, бІаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кІегархиира.
Пётр выслал всех вон и, преклонив колени, помолился, и, обратившись к телу, сказал: Тавифа! встань. И она открыла глаза свои и, увидев Петра, села.
Кипас, куьг а лаьцна, гІо дира цунна когаш тІе ирахІотта. Юха Іийсах тешарш а, бисина Іаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дІагайтира цо.
Он, подав ей руку, поднял её, и, призвав святых и вдовиц, поставил её перед ними живою.