che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гІанта тІе а хиина, нахе вистхилира ХІарод. | В назначенный день Ирод, одевшись в царскую одежду, сел на возвышенном месте и говорил к ним; |
Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. | а народ восклицал: [это] голос Бога, а не человека. |
Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза. | Но вдруг Ангел Господень поразил его за то, что он не воздал славы Богу; и он, быв изъеден червями, умер. |
Цу хенахь Делах долу Дош дІасадаьржаш дара. | Слово же Божие росло и распространялось. |
Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца. | А Варнава и Савл, по исполнении поручения, возвратились из Иерусалима (в Антиохию), взяв с собою и Иоанна, прозванного Марком. |
Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. | В Антиохии, в тамошней церкви были некоторые пророки и учители: Варнава, и Симеон, называемый Нигер, и Луций Киринеянин, и Манаил, совоспитанник Ирода четвертовластника, и Савл. |
Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. | Когда они служили Господу и постились, Дух Святый сказал: отделите Мне Варнаву и Савла на дело, к которому Я призвал их. |
Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. | Тогда они, совершив пост и молитву и возложив на них руки, отпустили их. |
Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хІордкеманца Кипре дехьавелира. | Сии, быв посланы Духом Святым, пришли в Селевкию, а оттуда отплыли в Кипр; |
Салам-гІала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цІеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гІо деш Яхьъя а вара цаьрца. | и, быв в Саламине, проповедывали слово Божие в синагогах Иудейских; имели же при себе и Иоанна для служения. |
Ерриг а гІайре тІехула чекх а бевлла, ПатІосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаІ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цІе йоккхура. | Пройдя весь остров до Пафа, нашли они некоторого волхва, лжепророка, Иудеянина, именем Вариисуса, |
Римхойн проконсул Серги ПахІал волчохь гІуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира. | который находился с проконсулом Сергием Павлом, мужем разумным. Сей, призвав Варнаву и Савла, пожелал услышать слово Божие. |
Амма Хьалом (гочйича и цІе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза. | А Елима волхв (ибо то значит имя его) противился им, стараясь отвратить проконсула от веры. |
ТІаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахІал олий, кхин цІе а йоккхура), нийсса Хьаломе дІа а хьаьжна, элира: | Но Савл, он же и Павел, исполнившись Духа Святаго и устремив на него взор, |
«Иблисан кІант а, нийса долчун мостагІа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кІордор дац те хьуна цкъа а? | сказал: о, исполненный всякого коварства и всякого злодейства, сын диавола, враг всякой правды! перестанешь ли ты совращать с прямых путей Господних? |
Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бІаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДІа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дІавигийта цхьаъ лоьхуш. | И ныне вот, рука Господня на тебя: ты будешь слеп и не увидишь солнца до времени. И вдруг напал на него мрак и тьма, и он, обращаясь туда и сюда, искал вожатого. |
И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Іийсах тийшира проконсул. | Тогда проконсул, увидев происшедшее, уверовал, дивясь учению Господню. |
ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. | Отплыв из Пафа, Павел и бывшие при нём прибыли в Пергию, в Памфилии. Но Иоанн, отделившись от них, возвратился в Иерусалим. |
Пергера дІа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийне а баьхкина, охьахевшира уьш. | Они же, проходя от Пергии, прибыли в Антиохию Писидийскую и, войдя в синагогу в день субботний, сели. |
Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тІаьхьа гуламан цІийнан хьаькамаша кхарна тІе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хІума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла. | После чтения закона и пророков, начальники синагоги послали сказать им: мужи братия! если у вас есть слово наставления к народу, говорите. |
ПахІала, хьала а гІаьттина, куьйган эшарца нехан гІовгІанаш а совцийна, элира: «Исраилхой а, Далла Іибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогІалаш соьга! | Павел, встав и дав знак рукою, сказал: мужи Израильтяне и боящиеся Бога! послушайте. |
Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна. | Бог народа сего избрал отцов наших и возвысил сей народ во время пребывания в земле Египетской, и мышцею вознесённою вывел их из неё, |
Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала. | и около сорока лет времени питал их в пустыне. |
КанаІанехь, ворхІ халкъ хІаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо. | И, истребив семь народов в земле Ханаанской, разделил им в наследие землю их. |
И дерриг а хилла диъ бІе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тІаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вāллалц Дала кхелахой белла царна. | И после сего, около четырёхсот пятидесяти лет, давал им судей до пророка Самуила. |
Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тІаьхьенах волу Къушин кІант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина. | Потом просили они царя, и Бог дал им Саула, сына Кисова, мужа из колена Вениаминова. [Так прошло] лет сорок. |
Цул тІаьхьа Шаул дІа а ваьккхина, Дала Дауд хІоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кІант карийна, и стаг Сан даго тІелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гІуллакхаш“. | Отринув его, поставил им царём Давида, о котором и сказал, свидетельствуя: нашёл Я мужа по сердцу Моему, Давида, сына Иессеева, который исполнит все хотения Мои. |
Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тІаьхьенах волу Іийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кІелхьардаккха. | Из его-то потомства Бог по обетованию воздвиг Израилю Спасителя Иисуса. |
Іийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла. | Перед самым явлением Его Иоанн проповедывал крещение покаяния всему народу Израильскому. |
Шена тІедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хІан-хІа, Иза сол тІаьхьа вогІур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац“. | При окончании же поприща своего, Иоанн говорил: за кого почитаете вы меня? я не тот; но вот, идёт за мною, у Которого я недостоин развязать обувь на ногах. |
Вежарий, ИбрахІиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кІелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара! | Мужи братия, дети рода Авраамова, и боящиеся Бога между вами! вам послано слово спасения сего. |
Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Іийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хІора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира. | Ибо жители Иерусалима и начальники их, не узнав Его и осудив, исполнили слова пророческие, читаемые каждую субботу, |
Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хІаллаквайта. | и, не найдя в Нём никакой вины, достойной смерти, просили Пилата убить Его. |
Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жІарах дІатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара. | Когда же исполнили всё написанное о Нём, то, сняв с древа, положили Его во гроб. |
Амма Дала веллачуьра денвира Иза. | Но Бог воскресил Его из мёртвых. |
Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хІинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха. | Он в продолжение многих дней являлся тем, которые вышли с Ним из Галилеи в Иерусалим и которые ныне суть свидетели Его перед народом. |
Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хІинца. | И мы благовествуем вам, что обетование, данное отцам, Бог исполнил нам, детям их, воскресив Иисуса, |
Іийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгІачу назми тІехь яздина ду: „Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох“. | как и во втором псалме написано: Ты Сын Мой: Я ныне родил Тебя. |
Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегІана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваІда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“. | А что воскресил Его из мёртвых, так что Он уже не обратится в тление, [о сём] сказал так: Я дам вам милости, [обещанные] Давиду, верно. |
Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“. | Посему и в другом [месте] говорит: не дашь Святому Твоему увидеть тление. |
Амма Делан лаам кхочушбеш гІуллакх дина волчу Даудан дегІ кхелхинчул тІаьхьа телхина дІаделира. Иза шен дайшна уллохь дІавоьллина вара. | Давид, в своё время послужив изволению Божию, почил и приложился к отцам своим, и увидел тление; |
Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегІан талхар ца гайтира! | а Тот, Которого Бог воскресил, не увидел тления. |
Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. | Итак, да будет известно вам, мужи братия, что ради Него возвещается вам прощение грехов; |
ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. | и во всём, в чём вы не могли оправдаться законом Моисеевым, оправдывается Им всякий верующий. |
Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта: | Берегитесь же, чтобы не пришло на вас сказанное у пророков: |
„Хьовсал, кхаьрдаш дерш! Шу, цец а девлла, лийр ду. Аса шун деношкахь шайна дийцича а, цкъа а шу тешар доцу хІума дийр ду“». | смотрите, презрители, подивитесь и исчезните; ибо Я делаю дело во дни ваши, дело, которому не поверили бы вы, если бы кто рассказывал вам. |
ПахІале а, Бар-Наабе а гуламан цІийнера и шиъ дІавоьдуш, дийхира, тІедогІучу шоьтан дийнахь хІинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла. | При выходе их из Иудейской синагоги язычники просили их говорить о том же в следующую субботу. |
Гулам дІабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тІеэцна Далла Іибадат деш болу нах а ПахІалний, Бар-Наабаний тІаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниІматехь хила бохуш, тешабора. | Когда же собрание было распущено, то многие Иудеи и чтители [Бога], обращённые из язычников, последовали за Павлом и Варнавою, которые, беседуя с ними, убеждали их пребывать в благодати Божией. |
Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гІала гулъелира Везачу Элан даше ладогІа. | В следующую субботу почти весь город собрался слушать слово Божие. |
Цига мел адам деана гича, хьогІах буьзира жуьгтий. ПахІала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца. | Но Иудеи, увидев народ, исполнились зависти и, противореча и злословя, сопротивлялись тому, что говорил Павел. |
ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. | Тогда Павел и Варнава с дерзновением сказали: вам первым надлежало быть проповедану слову Божию, но как вы отвергаете его и сами себя делаете недостойными вечной жизни, то вот, мы обращаемся к язычникам. |
И тІедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьІІе кІелхьардовлар кхачийта“». | Ибо так заповедал нам Господь: Я положил Тебя во свет язычникам, чтобы Ты был во спасение до края земли. |
И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Іийсах тийшира. | Язычники, слыша это, радовались и прославляли слово Господне, и уверовали все, которые были предуставлены к вечной жизни. |
Везачу Элан дош цу меттехула дІасадаьржаш дара. | И слово Господне распространялось по всей стране. |
Амма жуьгташа, Далла гІуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гІалара хьалхара нах а хьала а гІовттийна, ПахІал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира. | Но Иудеи, подстрекнув набожных и почётных женщин и первых в городе [людей], воздвигли гонение на Павла и Варнаву и изгнали их из своих пределов. |
Цу гІалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тІера чан дІа а егийна, векалш Иконе бахара. | Они же, отрясши на них прах от ног своих, пошли в Иконию. |
Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара. | А ученики исполнялись радости и Духа Святаго. |
Иконехь ПахІал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цІа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Іийсах тийшира. | В Иконии они вошли вместе в Иудейскую синагогу и говорили так, что уверовало великое множество Иудеев и Еллинов. |
Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Іийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. | А неверующие Иудеи возбудили и раздражили против братьев сердца язычников. |
ПахІала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чІагІбора Везачу Эло. | Впрочем они пробыли [здесь] довольно времени, смело действуя о Господе, Который, во свидетельство слову благодати Своей, творил руками их знамения и чудеса. |
ГІалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа. | Между тем народ в городе разделился: и одни были на стороне Иудеев, а другие на стороне Апостолов. |
Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тІулгаш детта. | Когда же язычники и Иудеи со своими начальниками устремились на них, чтобы посрамить и побить их камнями, |
Иза хаа а хиъна, гІалара дІабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цІе йолчу гІаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. | они, узнав [о сём], удалились в Ликаонские города Листру и Дервию и в окрестности их, |
Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара. | и там благовествовали. |
Листарехь Іаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дІа а волавалаза. | В Листре некоторый муж, не владевший ногами, сидел, будучи хром от чрева матери своей, и никогда не ходил. |
Цо а ладугІура ПахІала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахІална гира цуьнан шен товаларх болу тешам. | Он слушал говорившего Павла, который, взглянув на него и увидев, что он имеет веру для получения исцеления, |
«Когаш тІе хьалагІатта!» – элира цо заьІапчуьнга. И стаг, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. | сказал громким голосом: тебе говорю во имя Господа Иисуса Христа: стань на ноги твои прямо. И он тотчас вскочил и стал ходить. |
ПахІала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хІиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» – бохуш. | Народ же, увидев, что сделал Павел, возвысил свой голос, говоря по-ликаонски: боги в образе человеческом сошли к нам. |
Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахІалах ХІерми элира, хІунда аьлча цо къамел алсамо дора. | И называли Варнаву Зевсом, а Павла Ермием, потому что он начальствовал в слове. |
Зевс цІе йолчу цІунна лерина цІа дара гІаланал арахьа. Цу цІа чохь гІуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гІалин кевне, нахаца векалшна лерина сагІа даккхархьама. | Жрец же [идола] Зевса, находившегося перед их городом, приведя к воротам волов и [принеся] венки, хотел вместе с народом совершить жертвоприношение. |
И шайна хезча, тІера хІуманаш а этІош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахІала а: | Но Апостолы Варнава и Павел, услышав [о сём], разодрали свои одежды и, бросившись в народ, громогласно говорили: |
«ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. | мужи! что вы это делаете? И мы — подобные вам человеки, и благовествуем вам, чтобы вы обратились от сих ложных к Богу Живому, Который сотворил небо и землю, и море, и всё, что в них, |
Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, | Который в прошедших родах попустил всем народам ходить своими путями, |
амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догІа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». | хотя и не переставал свидетельствовать о Себе благодеяниями, подавая нам с неба дожди и времена плодоносные и исполняя пищею и веселием сердца наши. |
И дешнаш аьлча а, кхарна тІера сагІа даккха гІерташ болу нах халла совцабелира векалшка. | И, говоря сие, они едва убедили народ не приносить им жертвы и идти каждому домой. Между тем, как они, оставаясь там, учили, |
Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тІеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахІална тІулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гІаланах араваьккхира цара. | из Антиохии и Иконии пришли некоторые Иудеи и, когда [Апостолы] смело проповедывали, убедили народ отстать от них, говоря: они не говорят ничего истинного, а все лгут. И, возбудив народ, побили Павла камнями и вытащили за город, почитая его умершим. |
Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахІал, хьала а гІаьттина, гІала юхавеара. ШолгІачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дІавахара иза. | Когда же ученики собрались около него, он встал и пошёл в город, а на другой день удалился с Варнавою в Дервию. |
Цу гІалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тІаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира. | Проповедав Евангелие сему городу и приобретя довольно учеников, они обратно проходили Листру, Иконию и Антиохию, |
Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. | утверждая души учеников, увещевая пребывать в вере и [поучая], что многими скорбями надлежит нам войти в Царствие Божие. |
Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. | Рукоположив же им пресвитеров к каждой церкви, они помолились с постом и предали их Господу, в Которого уверовали. |
Цул тІаьхьа, Писида-гІалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш. | Потом, пройдя через Писидию, пришли в Памфилию, |
Перга-гІалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гІала бахара векалш. | и, проповедав слово Господне в Пергии, сошли в Атталию; |
Ткъа Атталера хІордкеманца уьш Антиохе дІабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тІедиллина гІуллакх дархьама. И гІуллакх цара хІинца кхочуш а дира. | а оттуда отплыли в Антиохию, откуда были преданы благодати Божией на дело, которое и исполнили. |
Юха а баьхкина, Іийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неІ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. | Прибыв туда и собрав церковь, они рассказали всё, что сотворил Бог с ними и как Он отверз дверь веры язычникам. |
Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Іийра. | И пребывали там немалое время с учениками. |
ЯхІуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Іедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кІелхьардевр дац». | Некоторые, пришедшие из Иудеи, учили братьев: если не обрежетесь по обряду Моисееву, не можете спастись. |
Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. | Когда же произошло разногласие и немалое состязание у Павла и Варнавы с ними, то положили Павлу и Варнаве и некоторым другим из них отправиться по сему делу к Апостолам и пресвитерам в Иерусалим. |
Іийсах тешачийн тобано и гІуллакх тІе а диллина, дІабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тІеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Іийсах тешачунна хазахетар дахьара. | Итак, быв провожены церковью, они проходили Финикию и Самарию, рассказывая об обращении язычников, и производили радость великую во всех братиях. |
Ярушалайме кхаьчча, Іийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тІеийцира уьш. ПахІала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. | По прибытии же в Иерусалим они были приняты церковью, Апостолами и пресвитерами, и возвестили всё, что Бог сотворил с ними и как отверз дверь веры язычникам. |
Парушхошна юкъахь болчу Іийсах тешачу наха, хьала а гІевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тІедиллина декхарш кхочушде ала а деза». | Тогда восстали некоторые из фарисейской ереси уверовавшие и говорили, что должно обрезывать [язычников] и заповедывать соблюдать закон Моисеев. |
Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира. | Апостолы и пресвитеры собрались для рассмотрения сего дела. |
Дуккха а дийцинчул тІаьхьа Кипас, хьала а гІаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Іийсах тешийтархьама. | По долгом рассуждении Пётр, встав, сказал им: мужи братия! вы знаете, что Бог от дней первых избрал из нас [меня], чтобы из уст моих язычники услышали слово Евангелия и уверовали; |
Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тІеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. | и Сердцеведец Бог дал им свидетельство, даровав им Духа Святаго, как и нам; |
Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. | и не положил никакого различия между нами и ими, верою очистив сердца их. |
Ткъа хІинца хІунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьІнаш тІе а биллина? | Что же вы ныне искушаете Бога, [желая] возложить на выи учеников иго, которого не могли понести ни отцы наши, ни мы? |
Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Іийсас къинхетам бар бахьанехь вай кІелхьардевр хиларх». | Но мы веруем, что благодатию Господа Иисуса Христа спасёмся, как и они. |
ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара. | Тогда умолкло всё собрание и слушало Варнаву и Павла, рассказывавших, какие знамения и чудеса сотворил Бог через них среди язычников. |
Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогІалаш соьга. | После же того, как они умолкли, начал речь Иаков и сказал: мужи братия! послушайте меня. |
ШамІа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гІайгІа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна. | Симон изъяснил, как Бог первоначально призрел на язычников, чтобы составить из них народ во имя Своё. |
Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хІокху дешнашца: | И с сим согласны слова пророков, как написано: |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.