che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.
уверовавших чрез Него в Бога, Который воскресил Его из мёртвых и дал Ему славу, чтобы вы имели веру и упование на Бога.
Бакъдолчунна муьтІахь хиларна, шайн синош а цІандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хІинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!
Послушанием истине чрез Духа, очистив души ваши к нелицемерному братолюбию, постоянно любите друг друга от чистого сердца,
Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду!
[как] возрождённые не от тленного семени, но от нетленного, от слова Божия, живаго и пребывающего вовек.
ХІунда аьлча аьлла ду: «ХІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу,
Ибо всякая плоть — как трава, и всякая слава человеческая — как цвет на траве: засохла трава, и цвет её опал;
ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!
но слово Господне пребывает вовек; а это есть то слово, которое вам проповедано.
Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагІ, лер дІадаккха!
Итак, отложив всякую злобу и всякое коварство, и лицемерие, и зависть, и всякое злословие,
Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама,
как новорождённые младенцы, возлюбите чистое словесное молоко, дабы от него возрасти вам во спасение;
хІунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».
ибо вы вкусили, что благ Господь.
Цунна тІе дуьйла. Наха дІатесна болу дийна ТІулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу.
Приступая к Нему, камню живому, человеками отверженному, но Богом избранному, драгоценному,
Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха.
и сами, как живые камни, устрояйте из себя дом духовный, священство святое, чтобы приносить духовные жертвы, благоприятные Богу Иисусом Христом.
ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Ибо сказано в Писании: вот, Я полагаю в Сионе камень краеугольный, избранный, драгоценный; и верующий в Него не постыдится.
Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина».
Итак Он для вас, верующих, драгоценность, а для неверующих камень, который отвергли строители, но который сделался главою угла, камень претыкания и камень соблазна,
Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.
о который они претыкаются, не покоряясь слову, на что они и оставлены.
Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
Но вы — род избранный, царственное священство, народ святой, люди, взятые в удел, дабы возвещать совершенства Призвавшего вас из тьмы в чудный Свой свет;
«Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух».
некогда не народ, а ныне народ Божий; [некогда] непомилованные, а ныне помилованы.
Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тІом бечу дегІан лаамех ларлолаш.
Возлюбленные! прошу вас, как пришельцев и странников, удаляться от плотских похотей, восстающих на душу,
Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тІаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гІуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.
и провождать добродетельную жизнь между язычниками, дабы они за то, за что злословят вас, как злодеев, увидя добрые дела ваши, прославили Бога в день посещения.
Везачу Элан дуьхьа адамна тІехь урхалла дечу Іедална муьтІахь хилалаш: паччахьна, хІунда аьлча цуьнгахь лаккхара Іедал ду,
Итак будьте покорны всякому человеческому начальству, для Господа: царю ли, как верховной власти,
куьйгалхошна, хІунда аьлча уьш зуламхошна таІзар дан а, дика гІуллакх дечарна совгІат дала хІиттийна бу.
правителям ли, как от него посылаемым для наказания преступников и для поощрения делающих добро,—
ХІунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гІуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дІасовцадо.
ибо такова есть воля Божия, чтобы мы, делая добро, заграждали уста невежеству безумных людей,—
ПаргІат даха, амма цу паргІатона тІехьа а лечкъаш, вон гІуллакхаш ма леладе, хІунда аьлча шу Делан леш ду.
как свободные, не как употребляющие свободу для прикрытия зла, но как рабы Божии.
Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.
Всех почитайте, братство любите, Бога бойтесь, царя чтите.
Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтІахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Іаш, шайца буьрса болчарна а.
Слуги, со всяким страхом повинуйтесь господам, не только добрым и кротким, но и суровым.
Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таІзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.
Ибо то угодно Богу, если кто, помышляя о Боге, переносит скорби, страдая несправедливо.
ХІун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таІзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду.
Ибо что за похвала, если вы терпите, когда вас бьют за проступки? Но если, делая добро и страдая, терпите, это угодно Богу.
Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тІаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву.
Ибо вы к тому призваны, потому что и Христос пострадал за нас, оставив нам пример, дабы мы шли по следам Его.
«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».
Он не сделал никакого греха, и не было лести в устах Его.
Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора.
Будучи злословим, Он не злословил взаимно; страдая, не угрожал, но предавал то Судии Праведному.
Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.
Он грехи наши Сам вознёс телом Своим на древо, дабы мы, избавившись от грехов, жили для правды: ранами Его вы исцелились.
Цхьана хенахь, тиладелла уьстагІий санна, лелла шу, ткъа хІинца шу шайн синойн Іуьнна а, шаьш Іалашдечунна а тІе юхадаьхкина.
Ибо вы были, как овцы блуждающие (не имея пастыря), но возвратились ныне к Пастырю и Блюстителю душ ваших.
Зударий, шу а шайн майранашна муьтІахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугІуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тІебалабе уьш,
Также и вы, жёны, повинуйтесь своим мужьям, чтобы те из них, которые не покоряются слову, житием жён своих без слова приобретаемы были,
шайн цІена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий.
когда увидят ваше чистое, богобоязненное житие.
Гуш долчу хІуманашца хаздала ма гІерта: месаш Іалашъярца, дашо хІуманашца, хазачу духаршца.
Да будет украшением вашим не внешнее плетение волос, не золотые уборы или нарядность в одежде,
Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.
но сокровенный сердца человек в нетленной [красоте] кроткого и молчаливого духа, что драгоценно пред Богом.
Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтІахь хуьлуш.
Так некогда и святые жёны, уповавшие на Бога, украшали себя, повинуясь своим мужьям.
Масала, ИбрахІиме массо а хІуманна тІехь ладугІуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Іаш делахь, шу Цуьнан йоІарий ду.
Так Сарра повиновалась Аврааму, называя его господином. Вы — дети её, если делаете добро и не смущаетесь ни от какого страха.
Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гІорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хІунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгІат кхочу цаьрга. ТІаккха шун доІанашна дуьхьало еш хІумма а хир дац.
Также и вы, мужья, обращайтесь благоразумно с жёнами, как с немощнейшим сосудом, оказывая им честь, как сонаследницам благодатной жизни, дабы не было вам препятствия в молитвах.
Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.
Наконец будьте все единомысленны, сострадательны, братолюбивы, милосерды, дружелюбны, смиренномудры;
Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.
не воздавайте злом за зло или ругательством за ругательство; напротив, благословляйте, зная, что вы к тому призваны, чтобы наследовать благословение.
Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.
Ибо, кто любит жизнь и хочет видеть добрые дни, тот удерживай язык свой от зла и уста свои от лукавых речей;
Вочунах дІавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш.
уклоняйся от зла и делай добро; ищи мира и стремись к нему,
ХІунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар, церан доІанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш. Амма оьгІазе ю Везачу Элан юьхь Иза зуламхошка хьожучу хенахь».
потому что очи Господа [обращены] к праведным и уши Его к молитве их, но лице Господне против делающих зло, (чтобы истребить их с земли).
Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гІерташ хилча?
И кто сделает вам зло, если вы будете ревнителями доброго?
Амма шаьш дина дика хІума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!»
Но если и страдаете за правду, то вы блаженны; а страха их не бойтесь и не смущайтесь.
Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу.
Господа Бога святите в сердцах ваших; [будьте] всегда готовы всякому, требующему у вас отчёта в вашем уповании, дать ответ с кротостью и благоговением.
Ларам болуш а, таьІна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тІаккха шуна тІехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цІена ду гича.
Имейте добрую совесть, дабы тем, за что злословят вас, как злодеев, были постыжены порицающие ваше доброе житие во Христе.
Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гІолехь ду, вониг а дина ловчул!
Ибо, если угодно воле Божией, лучше пострадать за добрые дела, нежели за злые;
ХІунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тІе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегІ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.
потому что и Христос, чтобы привести нас к Богу, однажды пострадал за грехи наши, праведник за неправедных, быв умерщвлён по плоти, но ожив духом,
Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза.
которым Он и находящимся в темнице духам, сойдя, проповедал,
Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен.
некогда непокорным ожидавшему их Божию долготерпению, во дни Ноя, во время строения ковчега, в котором немногие, то есть восемь душ, спаслись от воды.
ХІинца шу кІелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тІера мода дІаяккхар дац, амма цІеначу дагца Деле йина чІагІо ю. Дала леррина къобалвина Іийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кІелхьардоху.
Так и нас ныне подобное сему образу крещение, не плотской нечистоты омытие, но обещание Богу доброй совести, спасает воскресением Иисуса Христа,
Іийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агІор Іаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.
Который, восшед на небо, пребывает одесную Бога и Которому покорились Ангелы и Власти и Силы.
Дала леррина Къобалвинчо Шен дегІана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХІунда аьлча дегІана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дІа а къаьстина,
Итак, как Христос пострадал за нас плотию, то и вы вооружитесь тою же мыслью; ибо страдающий плотию перестаёт грешить,
дуьнен чохь яккха йисина хан, дегІан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву.
чтобы остальное во плоти время жить уже не по человеческим похотям, но по воле Божией.
Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цІушна хьарам Іибадат деш.
Ибо довольно, что вы в прошедшее время жизни поступали по воле языческой, предаваясь нечистотам, похотям (мужеложству, скотоложству, помыслам), пьянству, излишеству в пище и питии и нелепому идолослужению;
Ткъа хІинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гІуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш.
почему они и дивятся, что вы не участвуете с ними в том же распутстве, и злословят вас.
Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна.
Они дадут ответ Имеющему вскоре судить живых и мёртвых.
Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогІмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.
Ибо для того и мёртвым было благовествуемо, чтобы они, подвергшись суду по человеку плотию, жили по Богу духом.
Дерригенан а чаккхе тІекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тІаккха шуьга доІанаш далур ду.
Впрочем близок всему конец. Итак будьте благоразумны и бодрствуйте в молитвах.
Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хІунда аьлча безамо дукха къинош дІахьулдо.
Более же всего имейте усердную любовь друг ко другу, потому что любовь покрывает множество грехов.
Шайн хІусамашкахь вовшийн тІеэца, яппарш а ца еш.
Будьте страннолюбивы друг ко другу без ропота.
Шуна хІоранна а ша тайпа похІма кхаьчна. Вовшийн гІуллакх де цу похІмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хІусамдас санна.
Служите друг другу, каждый тем даром, какой получил, как добрые домостроители многоразличной благодати Божией.
Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин!
Говорит ли кто, [говори] как слова Божии; служит ли кто, [служи] по силе, какую даёт Бог, дабы во всём прославлялся Бог через Иисуса Христа, Которому слава и держава во веки веков. Аминь.
Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хІума хуьлу аьлла.
Возлюбленные! огненного искушения, для испытания вам посылаемого, не чуждайтесь, как приключения для вас странного,
Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.
но как вы участвуете в Христовых страданиях, радуйтесь, да и в явление славы Его возрадуетесь и восторжествуете.
Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела.
Если злословят вас за имя Христово, то вы блаженны, ибо Дух Славы, Дух Божий почивает на вас. Теми Он хулится, а вами прославляется.
Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таІзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а.
Только бы не пострадал кто из вас, как убийца, или вор, или злодей, или как посягающий на чужое;
Нагахь шуна дина таІзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цІе лелорна!
а если как Христианин, то не стыдись, но прославляй Бога за такую участь.
Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?!
Ибо время начаться суду с дома Божия; если же прежде с нас [начнётся], то какой конец непокоряющимся Евангелию Божию?
«Делан лаамехь верг халла кІелхьарволуш хилча, Іеса лелачунна а, къинош летийначунна а хІун хир ду?»
И если праведник едва спасается, то нечестивый и грешный где явится?
Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дІадала деза.
Итак страждущие по воле Божией да предадут Ему, как верному Создателю, души свои, делая добро.
ХІинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас.
Пастырей ваших умоляю я, сопастырь и свидетель страданий Христовых и соучастник в славе, которая должна открыться:
Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Іалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега.
пасите Божие стадо, какое у вас, надзирая за ним не принуждённо, но охотно и богоугодно, не для гнусной корысти, но из усердия,
Шайн куьйга кІелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе.
и не господствуя над наследием [Божиим], но подавая пример стаду;
ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна.
и когда явится Пастыреначальник, вы получите неувядающий венец славы.
Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Также и младшие, повинуйтесь пастырям; все же, подчиняясь друг другу, облекитесь смиренномудрием, потому что Бог гордым противится, а смиренным даёт благодать.
Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кІел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.
Итак смиритесь под крепкую руку Божию, да вознесёт вас в своё время.
Берриг а шайн гІайгІанаш Цунна тІе яхка, Иза шун бала болуш ву!
Все заботы ваши возложите на Него, ибо Он печётся о вас.
Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш.
Трезвитесь, бодрствуйте, потому что противник ваш диавол ходит, как рыкающий лев, ища, кого поглотить.
Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чІагІде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.
Противостойте ему твёрдою верою, зная, что такие же страдания случаются и с братьями вашими в мире.
Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КІеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чІагІо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.
Бог же всякой благодати, призвавший нас в вечную славу Свою во Христе Иисусе, Сам, по кратковременном страдании вашем, да совершит вас, да утвердит, да укрепит, да соделает непоколебимыми.
БІеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин.
Ему слава и держава во веки веков. Аминь.
ХІара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гІоьнца яздина, шу иракарахІитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тІехь чІоггІа латта!
Сие кратко написал я вам чрез Силуана, верного, как думаю, вашего брата, чтобы уверить вас, утешая и свидетельствуя, что это истинная благодать Божия, в которой вы стоите.
Шу санна, Бавел-гІалара Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кІанта Марка а маршалла доуьйту шуьга.
Приветствует вас избранная, подобно [вам, церковь] в Вавилоне и Марк, сын мой.
Доггах, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.
Приветствуйте друг друга лобзанием любви. Мир вам всем во Христе Иисусе. Аминь.
Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай а, векал а волчу ШамІа-Кипас яздо хІара кехат. Вайн Дела а, КІелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тІеэцначаьрга яздо ас.
Симон Пётр, раб и Апостол Иисуса Христа, принявшим с нами равно драгоценную веру по правде Бога нашего и Спасителя Иисуса Христа:
Дела а, вайн Веза Эла волу Іийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргІато а совйолийла шун.
благодать и мир вам да умножится в познании Бога и Христа Иисуса, Господа нашего.
Іийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хІунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна.
Как от Божественной силы Его даровано нам всё потребное для жизни и благочестия, через познание Призвавшего нас славою и благостию,
Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгІаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.
которыми дарованы нам великие и драгоценные обетования, дабы вы через них соделались причастниками Божеского естества, удалившись от господствующего в мире растления похотью:
Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха.
то вы, прилагая к сему всё старание, покажите в вере вашей добродетель, в добродетели рассудительность,
Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха.
в рассудительности воздержание, в воздержании терпение, в терпении благочестие,
Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха.
в благочестии братолюбие, в братолюбии любовь.
Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу.
Если это в вас есть и умножается, то вы не останетесь без успеха и плода в познании Господа нашего Иисуса Христа.
Ткъа иза шеца доцург бІаьрзе ву. Цунна хІумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цІанвар.
А в ком нет сего, тот слеп, закрыл глаза, забыл об очищении прежних грехов своих.
Цундела, вежарий, кхидІа а хьовсалаш Дала шаьш тІекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.
Посему, братия, более и более старайтесь делать твёрдым ваше звание и избрание; так поступая, никогда не преткнетесь,
Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КІелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Іийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.
ибо так откроется вам свободный вход в вечное Царство Господа нашего и Спасителя Иисуса Христа.
Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тІехь шу чІагІдина делахь а.
Для того я никогда не перестану напоминать вам о сём, хотя вы то и знаете, и утверждены в настоящей истине.
Суна нийса хета, хІара дегІан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар.
Справедливым же почитаю, доколе нахожусь в этой [телесной] храмине, возбуждать вас напоминанием,
Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегІах къаста дезаш хилар.
зная, что скоро должен оставить храмину мою, как и Господь наш Иисус Христос открыл мне.
Со шух къаьстинчул тІаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.
Буду же стараться, чтобы вы и после моего отшествия всегда приводили это на память.