che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду.
Ибо мы возвестили вам силу и пришествие Господа нашего Иисуса Христа, не хитросплетённым басням последуя, но быв очевидцами Его величия.
ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!»
Ибо Он принял от Бога Отца честь и славу, когда от велелепной славы принесся к Нему такой глас: Сей есть Сын Мой возлюбленный, в Котором Моё благоволение.
Стигалара деана и аз тхуна хезира, Іийсаца безачу лам тІехь тхо долуш.
И этот глас, принесшийся с небес, мы слышали, будучи с Ним на святой горе.
Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тІе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Іуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц.
И притом мы имеем вернейшее пророческое слово; и вы хорошо делаете, что обращаетесь к нему, как к светильнику, сияющему в тёмном месте, доколе не начнёт рассветать день и не взойдёт утренняя звезда в сердцах ваших,
Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар.
зная прежде всего то, что никакого пророчества в Писании нельзя разрешить самому собою.
ХІунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.
Ибо никогда пророчество не было произносимо по воле человеческой, но изрекали его святые Божии человеки, будучи движимы Духом Святым.
Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.
Были и лжепророки в народе, как и у вас будут лжеучители, которые введут пагубные ереси и, отвергаясь искупившего их Господа, навлекут сами на себя скорую погибель.
Дукхахберш, царах дІа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу.
И многие последуют их разврату, и через них путь истины будет в поношении.
Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХІаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.
И из любостяжания будут уловлять вас льстивыми словами; суд им давно готов, и погибель их не дремлет.
ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита.
Ибо, если Бог ангелов согрешивших не пощадил, но, связав узами адского мрака, предал блюсти на суд для наказания;
Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо.
и если не пощадил первого мира, но в восьми душах сохранил семейство Ноя, проповедника правды, когда навёл потоп на мир нечестивых;
ХІаллакьян кхел а йина, чим бина дІаяьхна Цо Седам а, Іамор а цІераш йолу гІаланаш, Іесачу нахана хиндолчун масал гойтуш.
и если города Содомские и Гоморрские, осудив на истребление, превратил в пепел, показав пример будущим нечестивцам,
Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутІа кІелхьарваьккхина Цо.
а праведного Лота, утомлённого обращением между людьми неистово развратными, избавил
(ХІунда аьлча царна юкъахь Іийна и Делан лаамехь волу стаг хІора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гІуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.)
(ибо сей праведник, живя между ними, ежедневно мучился в праведной душе, видя и слыша дела беззаконные)—
Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а,
то, конечно, знает Господь, как избавлять благочестивых от искушения, а беззаконников соблюдать ко дню суда, для наказания,
къаьсттина шайн догІмийн хьарамчу лаамашна тІаьхьахІиттинарш а, шайна тІехь Деле олалла ца дойтурш а. КІоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру.
а наипаче тех, которые идут вслед скверных похотей плоти, презирают начальства, дерзки, своевольны и не страшатся злословить высших,
Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу.
тогда как и Ангелы, превосходя их крепостью и силою, не произносят на них пред Господом укоризненного суда.
Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тІе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хІаллакьхир бу.
Они, как бессловесные животные, водимые природою, рождённые на уловление и истребление, злословя то, чего не понимают, в растлении своём истребятся.
Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хІума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь.
Они получат возмездие за беззаконие, ибо они полагают удовольствие во вседневной роскоши; срамники и осквернители, они наслаждаются обманами своими, пиршествуя с вами.
Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бІаьргаш. Сина кІезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Іемина ду саьхьара гІуллакхаш лело. НеІалт хилла нах бу уьш.
Глаза у них исполнены любострастия и непрестанного греха; они прельщают неутвержденные души; сердце их приучено к любостяжанию: это сыны проклятия.
Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла.
Оставив прямой путь, они заблудились, идя по следам Валаама, сына Восорова, который возлюбил мзду неправедную,
Амма шен харцонна тІехь бехке вина БалиІам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.
но был обличён в своём беззаконии: бессловесная ослица, проговорив человеческим голосом, остановила безумие пророка.
Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Іаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.
Это безводные источники, облака и мглы, гонимые бурею: им приготовлен мрак вечной тьмы.
Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара.
Ибо, произнося надутое пустословие, они уловляют в плотские похоти и разврат тех, которые едва отстали от находящихся в заблуждении.
Цу нахана паргІато яла ваІда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву.
Обещают им свободу, будучи сами рабы тления; ибо, кто кем побеждён, тот тому и раб.
Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.
Ибо если, избегнув скверн мира чрез познание Господа и Спасителя нашего Иисуса Христа, опять запутываются в них и побеждаются ими, то последнее бывает для таковых хуже первого.
Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул.
Лучше бы им не познать пути правды, нежели, познав, возвратиться назад от преданной им святой заповеди.
Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖІаьла шен Іеттораш тІе юхадогІу», кхин а: «ЦІанйина хьакха хоттала йижа йоьду».
Но с ними случается по верной пословице: пёс возвращается на свою блевотину, и: вымытая свинья [идёт] валяться в грязи.
ХІара шолгІа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тІехь шун цІена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.
Это уже второе послание пишу к вам, возлюбленные; в них напоминанием возбуждаю ваш чистый смысл,
Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КІелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тІедиллинарг а.
чтобы вы помнили слова, прежде реченные святыми пророками, и заповедь Господа и Спасителя, преданную Апостолами вашими.
Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш,
Прежде всего знайте, что в последние дни явятся наглые ругатели, поступающие по собственным своим похотям
цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогІур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хІума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».
и говорящие: где обетование пришествия Его? Ибо с тех пор, как стали умирать отцы, от начала творения, всё остаётся так же.
Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.
Думающие так не знают, что вначале словом Божиим небеса и земля составлены из воды и водою:
Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина.
потому тогдашний мир погиб, быв потоплен водою.
Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хІинцалера стигалш а, латта а даго Іалашдеш ду, къематан а, Іеса нах хІаллакбен а де тІекхаччалц.
А нынешние небеса и земля, содержимые тем же Словом, сберегаются огню на день суда и погибели нечестивых человеков.
Цхьа хІума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.
Одно то не должно быть сокрыто от вас, возлюбленные, что у Господа один день, как тысяча лет, и тысяча лет, как один день.
Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
Не медлит Господь [исполнением] обетования, как некоторые почитают то медлением; но долготерпит нас, не желая, чтобы кто погиб, но чтобы все пришли к покаянию.
Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду.
Придёт же день Господень, как тать ночью, и тогда небеса с шумом прейдут, стихии же, разгоревшись, разрушатся, земля и все дела на ней сгорят.
Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цІена а, суьпа а хила деза,
Если так всё это разрушится, то какими должно быть в святой жизни и благочестии вам,
Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.
ожидающим и желающим пришествия дня Божия, в который воспламенённые небеса разрушатся и разгоревшиеся стихии растают?
Амма, Дала динчу ваІдане а хьаьжна, нийсонан цІа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай.
Впрочем мы, по обетованию Его, ожидаем нового неба и новой земли, на которых обитает правда.
Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дІахІитта а, Цуьнца бертахь хила а.
Итак, возлюбленные, ожидая сего, потщитесь явиться пред Ним неоскверненными и непорочными в мире;
Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кІелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахІала шуьга яз-ма-дарра.
и долготерпение Господа нашего почитайте спасением, как и возлюбленный брат наш Павел, по данной ему премудрости, написал вам,
Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тІехь. Кхета хала хІуманаш ду царна тІехь, цундела кІорггера хаарш доцучу а, динехь чІогІа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хІаллак а хуьлуьйтуш.
как он говорит об этом и во всех посланиях, в которых есть нечто неудобовразумительное, что невежды и неутвержденные, к собственной своей погибели, превращают, как и прочие Писания.
Иштта, хьоменаш, хІара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дІа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тІера ца дохийтархьама а.
Итак вы, возлюбленные, будучи предварены о сём, берегитесь, чтобы вам не увлечься заблуждением беззаконников и не отпасть от своего утверждения,
Вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тІейогІу йолчу ерриге хенахь а. Амин.
но возрастайте в благодати и познании Господа нашего и Спасителя Иисуса Христа. Ему слава и ныне и в день вечный. Аминь.
Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара.
О том, что было от начала, что мы слышали, что видели своими очами, что рассматривали и что осязали руки наши, о Слове жизни,—
И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хІинца тхуна довзийтина иза.
ибо жизнь явилась, и мы видели и свидетельствуем, и возвещаем вам сию вечную жизнь, которая была у Отца и явилась нам,—
Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а.
о том, что мы видели и слышали, возвещаем вам, чтобы и вы имели общение с нами: а наше общение — с Отцем и Сыном Его, Иисусом Христом.
ХІара яздо оха, вайн хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама.
И сие пишем вам, чтобы радость ваша была совершенна.
Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.
И вот благовестие, которое мы слышали от Него и возвещаем вам: Бог есть свет, и нет в Нём никакой тьмы.
Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела.
Если мы говорим, что имеем общение с Ним, а ходим во тьме, то мы лжём и не поступаем по истине;
Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо.
если же ходим во свете, подобно как Он во свете, то имеем общение друг с другом, и Кровь Иисуса Христа, Сына Его, очищает нас от всякого греха.
Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.
Если говорим, что не имеем греха,— обманываем самих себя, и истины нет в нас.
Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Если исповедуем грехи наши, то Он, будучи верен и праведен, простит нам грехи наши и очистит нас от всякой неправды.
Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.
Если говорим, что мы не согрешили, то представляем Его лживым, и слова Его нет в нас.
Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хІара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГІодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Іийса – Делан лаамехь Верг.
Дети мои! сие пишу вам, чтобы вы не согрешали; а если бы кто согрешил, то мы имеем ходатая пред Отцем, Иисуса Христа, праведника;
Иза вайн къинош дІадахаран сагІа ду. Ткъа и сагІа, вайн къиношна тІера тоьъна а ца Іаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тІера тоьар ду.
Он есть умилостивление за грехи наши, и не только за наши, но и за [грехи] всего мира.
Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тІедехкина парзаш вай лардаро.
А что мы познали Его, узнаём из того, что соблюдаем Его заповеди.
Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац.
Кто говорит: «я познал Его», но заповедей Его не соблюдает, тот лжец, и нет в нём истины;
Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю:
а кто соблюдает слово Его, в том истинно любовь Божия совершилась: из сего узнаём, что мы в Нём.
шен Делаца уьйр ю бохург Іийса ма-леллара лела веза.
Кто говорит, что пребывает в Нём, тот должен поступать так, как Он поступал.
Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу.
Возлюбленные! пишу вам не новую заповедь, но заповедь древнюю, которую вы имели от начала. Заповедь древняя есть слово, которое вы слышали от начала.
ХІетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хІунда аьлча бода дІаболу, ткъа билггал йолу серло хІинцале а къегаш ю.
Но притом и новую заповедь пишу вам, что есть истинно и в Нём и в вас: потому что тьма проходит и истинный свет уже светит.
Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хІинца а боданехь лела.
Кто говорит, что он во свете, а ненавидит брата своего, тот ещё во тьме.
Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Іаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца.
Кто любит брата своего, тот пребывает во свете, и нет в нём соблазна.
Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина.
А кто ненавидит брата своего, тот находится во тьме, и во тьме ходит, и не знает, куда идёт, потому что тьма ослепила ему глаза.
Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш, Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела.
Пишу вам, дети, потому что прощены вам грехи ради имени Его.
Ас яздо шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела. Ас яздо шуьга, къонахошка, иблисал шу тоьлла дела.
Пишу вам, отцы, потому что вы познали Сущего от начала. Пишу вам, юноши, потому что вы победили лукавого. Пишу вам, отроки, потому что вы познали Отца.
Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а.
Я написал вам, отцы, потому что вы познали Безначального. Я написал вам, юноши, потому что вы сильны, и слово Божие пребывает в вас, и вы победили лукавого.
ХІара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хІара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац.
Не любите мира, ни того, что в мире: кто любит мир, в том нет любви Отчей.
ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а.
Ибо всё, что в мире: похоть плоти, похоть очей и гордость житейская, не есть от Отца, но от мира сего.
Дуьне а, дуьненан лаамаш а дІабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.
И мир проходит, и похоть его, а исполняющий волю Божию пребывает вовек.
Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла.
Дети! последнее время. И как вы слышали, что придёт антихрист, и теперь появилось много антихристов, то мы и познаём из того, что последнее время.
И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хІинца вайна юкъара дІабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогІуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дІабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогІуш ца хилар.
Они вышли от нас, но не были наши: ибо если бы они были наши, то остались бы с нами; но [они вышли, и] через то открылось, что не все наши.
Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа.
Впрочем, вы имеете помазание от Святаго и знаете всё.
Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а.
Я написал вам не потому, чтобы вы не знали истины, но потому, что вы знаете её, [равно как] и то, что всякая ложь не от истины.
Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Іийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тІе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КІант а тІе ца лоцу цо.
Кто лжец, если не тот, кто отвергает, что Иисус есть Христос? Это антихрист, отвергающий Отца и Сына.
Делан КІант къобал ца вечу хІораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КІант къобалвечо стигалара Да а къобалво.
Всякий, отвергающий Сына, не имеет и Отца; а исповедующий Сына имеет и Отца.
Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КІантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю.
Итак, что вы слышали от начала, то и да пребывает в вас; если пребудет в вас то, что вы слышали от начала, то и вы пребудете в Сыне и в Отце.
Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваІда ду: хедар доцу дахар.
Обетование же, которое Он обещал нам, есть жизнь вечная.
ХІара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дІахьедан.
Это я написал вам об обольщающих вас.
Амма шу Делан КІанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара.
Впрочем, помазание, которое вы получили от Него, в вас пребывает, и вы не имеете нужды, чтобы кто учил вас; но как самоё сие помазание учит вас всему, и оно истинно и неложно, то, чему оно научило вас, в том пребывайте.
Иштта, сан хьоме бераш, кхидІа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а.
Итак, дети, пребывайте в Нём, чтобы, когда Он явится, иметь нам дерзновение и не постыдиться пред Ним в пришествие Его.
Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хІора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.
Если вы знаете, что Он праведник, знайте и то, что всякий, делающий правду, рождён от Него.
Хьовсийша, мел кІоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хІунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна.
Смотрите, какую любовь дал нам Отец, чтобы нам называться и быть детьми Божиими. Мир потому не знает нас, что не познал Его.
Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.
Возлюбленные! мы теперь дети Божии; но ещё не открылось, что будем. Знаем только, что, когда откроется, будем подобны Ему, потому что увидим Его, как Он есть.
Иштта Цунах сатийсар долуш Іаш волчу хІораммо а ша цІанво, И санна цІена хилархьама.
И всякий, имеющий сию надежду на Него, очищает себя так, как Он чист.
Къинош летош мел верг Іеса лелаш ву, ткъа къинош летор Іесалла ду.
Всякий, делающий грех, делает и беззаконие; и грех есть беззаконие.
Шуна ма хаьа, Иза къинош дІаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.
И вы знаете, что Он явился для того, чтобы взять грехи наши, и что в Нём нет греха.
Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина.
Всякий, пребывающий в Нём, не согрешает; всякий согрешающий не видел Его и не познал Его.
Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тІера шу дІа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара.
Дети! да не обольщает вас никто. Кто делает правду, тот праведен, подобно как Он праведен.
Къа латориг иблисах схьаваьлла, хІунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КІант веана цу иблисан гІуллакхаш дохорхьама.
Кто делает грех, тот от диавола, потому что сначала диавол согрешил. Для сего-то и явился Сын Божий, чтобы разрушить дела диавола.
Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало.
Всякий, рождённый от Бога, не делает греха, потому что семя Его пребывает в нём; и он не может грешить, потому что рождён от Бога.
Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.
Дети Божии и дети диавола узнаются так: всякий, не делающий правды, не есть от Бога, равно и не любящий брата своего.
Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу.
Ибо таково благовествование, которое вы слышали от начала, чтобы мы любили друг друга,
Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела.
не так, как Каин, [который] был от лукавого и убил брата своего. А за что убил его? За то, что дела его были злы, а дела брата его праведны.
Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь.
Не дивитесь, братия мои, если мир ненавидит вас.
Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хІинца а Іожаллин карахь ву.
Мы знаем, что мы перешли из смерти в жизнь, потому что любим братьев; не любящий брата пребывает в смерти.
Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла.
Всякий, ненавидящий брата своего, есть человекоубийца; а вы знаете, что никакой человекоубийца не имеет жизни вечной, в нём пребывающей.