che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. | Дети собирают дрова, а отцы разводят огонь, и женщины месят тесто, чтобы делать пирожки для богини неба и совершать возлияния иным богам, чтобы огорчать Меня. |
Амма цара зен дийриг Со ву те? – боху Везачу Эло. – ХІан-хІа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьІаьржачу а хІиттош». | Но Меня ли огорчают они? говорит Господь; не себя ли самих к стыду своему? |
Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». | Посему так говорит Господь Бог: вот, изливается гнев Мой и ярость Моя на место сие, на людей и на скот, и на дерева полевые и на плоды земли, и возгорится и не погаснет. |
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гІой, Суна дийнаташ дагоран сагІа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагІанийн кхидолчу жижигна тІедилла. Суна цунах хІумма а ца оьшу – аша-шаьш и дерриг а даа! | Так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: всесожжения ваши прилагайте к жертвам вашим и ешьте мясо; |
Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагІанех а, вукху сагІанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира. | ибо отцам вашим Я не говорил и не давал им заповеди в тот день, в который Я вывел их из земли Египетской, о всесожжении и жертве; |
Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. | но такую заповедь дал им: «слушайтесь гласа Моего, и Я буду вашим Богом, а вы будете Моим народом, и ходите по всякому пути, который Я заповедаю вам, чтобы вам было хорошо». |
Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. | Но они не послушали и не приклонили уха своего, и жили по внушению и упорству злого сердца своего, и стали ко Мне спиною, а не лицом. |
Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. | С того дня, как отцы ваши вышли из земли Египетской, до сего дня Я посылал к вам всех рабов Моих — пророков, посылал всякий день с раннего утра; |
Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. | но они не слушались Меня и не приклонили уха своего, а ожесточили выю свою, поступали хуже отцов своих. |
Ярми-ЯхІу, ахьа и хІума цаьрга дІадийцахь а, цара хьоьга ладугІур дац, хьо цаьрга кхайкхахь а, цара хьуна дуьхьал жоп лур дац. | И когда ты будешь говорить им все эти слова, они тебя не послушают; и когда будешь звать их, они тебе не ответят. |
Цундела ахьа ала деза: „ХІара къам – шен Везачу Делан озе ла ца дугІуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу – цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“». | Тогда скажи им: вот народ, который не слушает гласа Господа Бога своего и не принимает наставления! Не стало у них истины, она отнята от уст их. |
«Боьлхуш хила, оцу къоман нах! Шайн месаш, дІа а ларгий, дІакхисса. Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе, хІунда аьлча Везачу Эло хІара къам дІатеттина, Ша оьгІазвахийтина долу къам долчуьра Иза дІавахана. | Остриги волоса твои и брось, и подними плач на горах, ибо отверг Господь и оставил род, [навлёкший] гнев Его. |
Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. | Ибо сыновья Иуды делают злое пред очами Моими, говорит Господь; поставили мерзости свои в доме, над которым наречено имя Моё, чтобы осквернить его; |
Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. | и устроили высоты Тофета в долине сыновей Енномовых, чтобы сожигать сыновей своих и дочерей своих в огне, чего Я не повелевал и что Мне на сердце не приходило. |
Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю, хІунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дІабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. | За то вот, приходят дни, говорит Господь, когда не будут более называть [место сие] Тофетом и долиною сыновей Енномовых, но долиною убийства, и в Тофете будут хоронить по недостатку места. |
Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. | И будут трупы народа сего пищею птицам небесным и зверям земным, и некому будет отгонять их. |
Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». | И прекращу в городах Иудеи и на улицах Иерусалима голос торжества и голос веселия, голос жениха и голос невесты; потому что земля эта будет пустынею. |
«Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьІахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьІахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю. | В то время, говорит Господь, выбросят кости царей Иуды, и кости князей его, и кости священников, и кости пророков, и кости жителей Иерусалима из гробов их; |
Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш... | и раскидают их пред солнцем и луною и пред всем воинством небесным, которых они любили и которым служили и в след которых ходили, которых искали и которым поклонялись; не уберут их и не похоронят: они будут навозом на земле. |
Аса уьш мичча а дІалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Іожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | И будут смерть предпочитать жизни все остальные, которые останутся от этого злого племени во всех местах, куда Я изгоню их, говорит Господь Саваоф. |
«Ярми-ЯхІу, халкъе Везачу Эло боху алий дІаала: „Стаг охьакхетча, иза юха хьала ца гІотту те? Стаг харцновкъа ваьллехь, иза юха ца воьрзу те? | И скажи им: так говорит Господь: разве, упав, не встают и, совратившись с дороги, не возвращаются? |
ТІаккха хІара халкъ Сох хІунда дІадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хІунда хуьлу? Іехорна тІаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка. | Для чего этот народ, Иерусалим, находится в упорном отступничестве? они крепко держатся обмана и не хотят обратиться. |
Аса леррина ладоьгІна цаьрга, амма бакъдерг ца дуьйцу цара. Царах цхьа а шаьш лелийначунна дохко а ца ваьлла, цхьаммо а ца боху: ‘ХІун дина Аса?’ Уьш тІамана юккъехула лаллаелла йоьдучу говрах тера бу. | Я наблюдал и слушал: не говорят они правды, никто не раскаивается в своём нечестии, никто не говорит: «что я сделал?»; каждый обращается на свой путь, как конь, бросающийся в сражение. |
Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дІадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чІегІардигна а, гІаргІулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тІедиллинарг. | И аист под небом знает свои определённые времена, и горлица, и ласточка, и журавль наблюдают время, когда им прилететь; а народ Мой не знает определения Господня. |
Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хІунда аьлча шун Іеламчу наха товрат-хьехам талхабора. | Как вы говорите: «мы мудры, и закон Господень у нас»? А вот, лживая трость книжников [и его] превращает в ложь. |
Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? | Посрамились мудрецы, смутились и запутались в сеть: вот, они отвергли слово Господне; в чём же мудрость их? |
Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. | За то жён их отдам другим, поля их — иным владетелям; потому что все они, от малого до большого, предались корыстолюбию; от пророка до священника — все действуют лживо. |
Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. | И врачуют рану дочери народа Моего легкомысленно, говоря: «мир, мир!», а мира нет. |
Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло. | Стыдятся ли они, делая мерзости? нет, они нисколько не стыдятся и не краснеют. За то падут они между падшими; во время посещения их будут повержены, говорит Господь. |
«Аса массо а хІума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тІехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тІехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тІера гІаш а маргІалдулур ду. Аса царна мел делла долу хІума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло. | До конца оберу их, говорит Господь, не останется ни одной виноградины на лозе, ни смоквы на смоковнице, и лист опадёт, и что Я дал им, отойдёт от них. |
«Вай кхузахь хІунда Іа? ХьалагІовтта, чІагІйина йолчу гІаланашка дІадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Іожаллин кхел хадийна вайна. Цо дІаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш. | «Что мы сидим? собирайтесь, пойдём в укреплённые города, и там погибнем; ибо Господь Бог наш определил нас на погибель и даёт нам пить воду с жёлчью за то, что мы грешили пред Господом». |
Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга. | Ждём мира, а ничего доброго нет,— времени исцеления, и вот ужасы. |
Дан-гІала йолчуьра мостагІийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогІуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гІала а, цунна чохь вехаш мел верг а хІаллаквархьама». | От Дана слышен храп коней его, от громкого ржания жеребцов его дрожит вся земля; и придут и истребят землю и всё, что на ней, город и живущих в нём. |
«Аса шуна тІе лаьхьанаш санна болу мостагІий хоьцур бу. Уьш дІасацо йиш йоцучу дІаьвшечу лаьхьанех тера бу, ткъа цара шуна це тухур ю», – боху Везачу Эло. | Ибо вот, Я пошлю на вас змеев, василисков, против которых нет заговариванья, и они будут уязвлять вас, говорит Господь. |
Маца хир бу те сан дагна хьаам? Ма гІайгІане ду-кх сан дог! | Когда утешусь я в горести моей! сердце моё изныло во мне. |
ЛадогІахь гІо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХІунда вахийтина те цара Со оьгІаза, шайн хІумма а йоцу харцделанаш а, цІуш а бахьана долуш?» | Вот, слышу вопль дщери народа Моего из дальней страны: разве нет Господа на Сионе? разве нет Царя его на нём?— Зачем они подвигли Меня на гнев своими идолами, чужеземными, ничтожными? |
Наха боху: «Ялта а чуэцна, аьхке а чекхъяьлла, амма вай кІелхьар ца даьхна». | Прошла жатва, кончилось лето, а мы не спасены. |
Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧІогІа гІайгІане ву со, сан даг чу кхерам боьссина. | О сокрушении дщери народа моего я сокрушаюсь, хожу мрачен, ужас объял меня. |
ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? | Разве нет бальзама в Галааде? разве нет там врача? Отчего же нет исцеления дщери народа моего? |
Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бІаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хІаллакбинчарна. | О, кто даст голове моей воду и глазам моим — источник слёз! я плакал бы день и ночь о поражённых дщери народа моего. |
Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дІагІур вара, уьш массо а тешаме боцу дела – ямартчу нехан тоба ю уьш! | О, кто дал бы мне в пустыне пристанище путников! оставил бы я народ мой и ушёл бы от них: ибо все они прелюбодеи, скопище вероломных. |
«Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло. | Как лук, напрягают язык свой для лжи, усиливаются на земле неправдою; ибо переходят от одного зла к другому, и Меня не знают, говорит Господь. |
«Ларлуш хила шайн доттагІех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хІунда аьлча хІора гергарчо Іехаво, ткъа хІора доттагІчо эладита даржадо. | Берегитесь каждый своего друга, и не доверяйте ни одному из своих братьев; ибо всякий брат ставит преткновение другому, и всякий друг разносит клеветы. |
ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. | Каждый обманывает своего друга, и правды не говорят: приучили язык свой говорить ложь, лукавствуют до усталости. |
Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. | Ты живёшь среди коварства; по коварству они отрекаются знать Меня, говорит Господь. |
Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦІарца санна цІандийр ду Ас Сайн халкъ, Іазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хІун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна? | Посему так говорит Господь Саваоф: вот, Я расплавлю и испытаю их; ибо как иначе Мне поступать со дщерью народа Моего? |
Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. | Язык их — убийственная стрела, говорит коварно; устами своими говорят с ближним своим дружелюбно, а в сердце своём строят ему ковы. |
Аса таІзар дийр дац те царна и хІума бахьана долуш? – боху Везачу Эло. – Сан даго бекхам бийр бац те цунах терра долчу къомана?» | Неужели Я не накажу их за это? говорит Господь; не отмстит ли душа Моя такому народу, как этот? |
Лаьмнашна ас белхар хІоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хІоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Іоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дІадахара, бежанаш цигара дІадахара. | О горах подниму плач и вопль, и о степных пастбищах — рыдание, потому что они выжжены, так что никто там не проходит, и не слышно блеяния стад: от птиц небесных до скота — [все] рассеялись, ушли. |
«Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». | И сделаю Иерусалим грудою камней, жилищем шакалов, и города Иудеи сделаю пустынею, без жителей. |
Вуй те дуьнен чохь цу хІуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хІуманах кхето йиш йолу? ХІунда хІаллакдина хІара латта, цхьа а шена тІехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хІунда яссийна хІара аре? | Есть ли такой мудрец, который понял бы это? И к кому говорят уста Господни — объяснил бы, за что погибла страна и выжжена, как пустыня, так что никто не проходит [по ней]? |
Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хІунда аьлча Аса шена дІабеллачу товрат-хьехамна тІера Сан халкъ дІадирзира – Сан озе а цара ла ца дугІура, Аса тІедиллинчуьнца а уьш ца лелара. | И сказал Господь: за то, что они оставили закон Мой, который Я постановил для них, и не слушали гласа Моего и не поступали по нему; |
Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара». | а ходили по упорству сердца своего и во след Ваалов, как научили их отцы их. |
Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дІаьвше хи а малор ду. | Посему так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: вот, Я накормлю их, этот народ, полынью, и напою их водою с жёлчью; |
Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». | и рассею их между народами, которых не знали ни они, ни отцы их, и пошлю вслед их меч, доколе не истреблю их. |
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогІа, тийжаран зударий схьакхайкха, царах уггар говзанаш схьакхайкха, уьш кхуза схьабахкийтархьама». | Так говорит Господь Саваоф: подумайте, и позовите плакальщиц, чтобы они пришли; пошлите за искусницами [в этом деле], чтобы они пришли. |
Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тІаьхьа тийжар хІоттадайта, вайн бІаьргийн негІарийн чоьш тІера бІаьрхиш охьаэхийта, юьхь тІера хин тачанаш охьаэхийта». | Пусть они поспешат и поднимут плач о нас, чтобы из глаз наших лились слёзы, и с ресниц наших текла вода. |
Цийонна тІехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хІаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьІаьржачу хІиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цІенош дохийна дІадаьхна». | Ибо голос плача слышен с Сиона: «как мы ограблены! мы жестоко посрамлены, ибо оставляем землю, потому что разрушили жилища наши». |
ЛадогІа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хІара дешнаш шуна дІахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Іамаде. ХІара тезетан тийжам вовшашна Іамабе: | Итак слушайте, женщины, слово Господа, и да внимает ухо ваше слову уст Его; и учите дочерей ваших плачу, и одна другую — плачевным песням. |
„Іожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гІепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хІаллакбан гІерташ ю“». | Ибо смерть входит в наши окна, вторгается в чертоги наши, чтобы истребить детей с улицы, юношей с площадей. |
Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дІасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Іохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тІехьа Іохкуш долу хьаькхна кІа санна, Іохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“». | Скажи: так говорит Господь: и будут повержены трупы людей, как навоз на поле и как снопы позади жнеца, и некому будет собрать их. |
Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза. | Так говорит Господь: да не хвалится мудрый мудростью своею, да не хвалится сильный силою своею, да не хвалится богатый богатством своим. |
Амма дозалла дан лууш волчо Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла. Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла. И хІуманаш ду Суна чІогІа тамехь дерш», – боху Везачу Эло. | Но хвалящийся хвались тем, что разумеет и знает Меня, что Я — Господь, творящий милость, суд и правду на земле; ибо только это благоугодно Мне, говорит Господь. |
«Варелаш, хан тІейогІур ю, – боху Везачу Эло, – шайн догІмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таІзар ден йолу. | Вот, приходят дни, говорит Господь, когда Я посещу всех обрезанных и необрезанных: |
Мисар-махкарчу а, ЯхІуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Іаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тІера месаш лоргуш болчу нахана тІехь Аса таІзар дийр ду, хІунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тІаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю». | Египет и Иудею, и Едома и сыновей Аммоновых, и Моава и всех стригущих волосы на висках, обитающих в пустыне; ибо все эти народы необрезаны, а весь дом Израилев с необрезанным сердцем. |
ЛадогІа, исраилхой, Везачу Эло шайга бохуш долчуьнга. | Слушайте слово, которое Господь говорит вам, дом Израилев. |
Иштта боху Везачу Эло: «Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела, стигаларчу билгалонех а ма кхера, кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Іадийна делахь а. | Так говорит Господь: не учитесь путям язычников и не страшитесь знамений небесных, которых язычники страшатся. |
Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, | Ибо уставы народов — пустота: вырубают дерево в лесу, обделывают его руками плотника при помощи топора, |
Цунна тІе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дІатуху, охьа ца дожийта. | покрывают серебром и золотом, прикрепляют гвоздями и молотом, чтобы не шаталось. |
И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац». | Они — как обточенный столп, и не говорят; их носят, потому что ходить не могут. Не бойтесь их, ибо они не могут причинить зла, но и добра делать не в силах. |
Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица! | Нет подобного Тебе, Господи! Ты велик, и имя Твоё велико могуществом. |
Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догІуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац! | Кто не убоится Тебя, Царь народов? ибо Тебе [единому] принадлежит это; потому что между всеми мудрецами народов и во всех царствах их нет подобного Тебе. |
Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цІушкара иза схьадаларна. | Все до одного они бессмысленны и глупы; пустое учение — это дерево. |
Дуткъадина дети Таршашара деъна, ткъа деши Упазара деъна, цІушна тІедилла. И цІуш бина бу дечиган пхьеро а, дешин пхьеран куьйгаша а. Церан духарш сийначу а, таьІна-цІечу а басахь ду. Уьш массо а говзачу белхалоша йина хІуманаш ю. | Разбитое в листы серебро привезено из Фарсиса, золото — из Уфаза, дело художника и рук плавильщика; одежда на них — гиацинт и пурпур: всё это — дело людей искусных. |
Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. | А Господь Бог есть истина; Он есть Бог живый и Царь вечный. От гнева Его дрожит земля, и народы не могут выдержать негодования Его. |
(Аша, наха, иштта дІаала цаьрга: «Цу цІуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тІера а, стигалшна бухара а дІаяьхна хир ю».) | Так говорите им: боги, которые не сотворили неба и земли, исчезнут с земли и из-под небес. |
Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. | Он сотворил землю силою Своею, утвердил вселенную мудростью Своею и разумом Своим распростёр небеса. |
Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш до, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху. | По гласу Его шумят воды на небесах, и Он возводит облака от краёв земли, творит молнии среди дождя и изводит ветер из хранилищ Своих. |
ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац. | Безумствует всякий человек в своём знании, срамит себя всякий плавильщик истуканом [своим], ибо выплавленное им есть ложь, и нет в нём духа. |
Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю. | Это совершенная пустота, дело заблуждения; во время посещения их они исчезнут. |
Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. | Не такова, как их, доля Иакова; ибо [Бог его] есть Творец всего, и Израиль есть жезл наследия Его; имя Его — Господь Саваоф. |
Шайн массо а хІума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гІалина го бийр бу! | Убирай с земли имущество твоё, имеющая сидеть в осаде; |
Везачу Эло боху: «ХІокху лаьтта тІера лаьллина дІа а дахийтина, Аса хІара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц». | ибо так говорит Господь: вот, Я выброшу жителей сей земли на сей раз и загоню их в тесное место, чтобы схватили их. |
Ярушалайм-гІалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хІара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“. | Горе мне в моём сокрушении; мучительна рана моя, но я говорю [сам] [в себе]: «подлинно, это моя скорбь, и я буду нести её; |
Сан четар хІаллакдина, массо а цуьнан тІергаш дІаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дІабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дІахІоттош суна гІо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дІатоха стаг а вац». | шатёр мой опустошён, и все верёвки мои порваны; дети мои ушли от меня, и нет их: некому уже раскинуть шатра моего и развесить ковров моих, |
Вайн Іуйшкахь кхетам кІезиг бу – уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тІера беркат дІадирзина, церан массо а жа дІасадаьржина. | ибо пастыри сделались бессмысленными и не искали Господа, а потому они и поступали безрассудно, и всё стадо их рассеяно». |
ЛадогІа хІокху схьайогІучу гІовгІане! Мохк бегош санна йолу гІовгІа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхІудан гІаланех яьсса аре йийр ю, царах чангІалкхийн баннаш хир ду. | Несётся слух: вот он идёт, и большой шум от страны северной, чтобы города Иудеи сделать пустынею, жилищем шакалов. |
Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар. | Знаю, Господи, что не в воле человека путь его, что не во власти идущего давать направление стопам своим. |
Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгІаз а вахана, суна таІзар ма дехьа, сох хІумма а воцург ца хилийтархьама. | Наказывай меня, Господи, но по правде, не во гневе Твоём, чтобы не умалить меня. |
Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. | Излей ярость Твою на народы, которые не знают Тебя, и на племена, которые не призывают имени Твоего; ибо они съели Иакова, пожрали его и истребили его, и жилище его опустошили. |
Ярми-ЯхІуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам хІара бу: | Слово, которое было к Иеремии от Господа: |
«Аса бинчу бертан тІедожоршка ла а догІий, уьш ЯхІудан халкъе а, Ярушалаймехь бехаш болчаьрга а дІаала. | слушайте слова завета сего и скажите мужам Иуды и жителям Иерусалима; |
Цаьрга дІаала: „Иштта боху Исраилан Везачу Дала: хІокху бертан тІедожоршка ла ца доьгІначу хІора стагана неІалт хир ду. | и скажи им: так говорит Господь, Бог Израилев: проклят человек, который не послушает слов завета сего, |
Оцу бертан тІедожорш Аса шун дайшна тІедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догІий, Аса шуьца бинчу бертан тІедожорш кхочуш а де, Аса шуна тІедехкинчуьнга хьаьжжина. ТІаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву. | который Я заповедал отцам вашим, когда вывел их из земли Египетской, из железной печи, сказав: «слушайтесь гласа Моего и делайте всё, что Я заповедаю вам,— и будете Моим народом, и Я буду вашим Богом, |
ТІаккха хьалха шун дайшна Айса йина йолу чІагІо кхочушйийр яра Аса – Аса шуьрех а, мазах а дуьзна долу токхе латта лур дара царна’. Ткъа оцу лаьтта тІехь шу хІинца дехаш ду“». Ткъа аса жоп делира: «Амин, Веза Эла!» | чтобы исполнить клятву, которою Я клялся отцам вашим — дать им землю, текущую молоком и мёдом, как это ныне». И отвечал я, сказав: аминь, Господи! |
Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хІара Сан дешнаш ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дІакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тІедожоршка ла а догІа, уьш кхочуш а де. | И сказал мне Господь: провозгласи все сии слова в городах Иуды и на улицах Иерусалима и скажи: слушайте слова завета сего и исполняйте их. |
Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хІара де тІекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дІахьедар дора: ‘ЛадогІа Соьга’, – бохуш. | Ибо отцов ваших Я увещевал постоянно с того дня, как вывел их из земли Египетской, до сего дня; увещевал их с раннего утра, говоря: «слушайтесь гласа Моего». |
Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“». | Но они не слушались и не приклоняли уха своего, а ходили каждый по упорству злого сердца своего: поэтому Я навёл на них всё сказанное в завете сём, который Я заповедал им исполнять, а они не исполняли. |
Везачу Эло соьга элира: «Суна хууш ду ЯхІуд-махкара халкъ а, Ярушалайман бахархой а вовшашца къайлаха барт беш хиларх лаьцна. | И сказал мне Господь: есть заговор между мужами Иуды и жителями Иерусалима: |
Айса аьллачуьнга ладогІарх дІакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал йора цара. Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. | они опять обратились к беззакониям праотцев своих, которые отреклись слушаться слов Моих и пошли вослед чужих богов, служа им. Дом Израиля и дом Иуды нарушили завет Мой, который Я заключил с отцами их. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.