che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Везачу Элан дош кхечира соьга:
И было ко мне слово Господне:
«Ахьа зуда яло мегар дац, ма хилийта хьайн кІентий а, зудабераш а хІокху махкахь.
не бери себе жены, и пусть не будет у тебя ни сыновей, ни дочерей на месте сём.
Иштта боху Веза Эла волчу Аса хІокху махкахь бина болчу кІентех а, йоІарех а лаьцна, цу берийн дайх а, нанойх а лаьцна:
Ибо так говорит Господь о сыновьях и дочерях, которые родятся на месте сём, и о матерях их, которые родят их, и об отцах их, которые произведут их на сей земле:
И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
тяжкими смертями умрут они и не будут ни оплаканы, ни похоронены; будут навозом на поверхности земли; мечом и голодом будут истреблены, и трупы их будут пищею птицам небесным и зверям земным.
Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гІолахь, цигахь кадам а ма белахь, хІунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац.
Ибо так говорит Господь: не входи в дом сетующих и не ходи плакать и жалеть с ними; ибо Я отнял от этого народа, говорит Господь, мир Мой и милость и сожаление.
Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа.
И умрут великие и малые на земле сей; и не будут погребены, и не будут оплакивать их, ни терзать себя, ни стричься ради них.
Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хІума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама.
И не будут преломлять для них хлеб в печали, в утешение об умершем; и не подадут им чаши утешения, чтобы пить по отце их и матери их.
Иштта церан тойне а ма гІолахь, цаьрца дууш, молуш сакъерархьама».
Не ходи также и в дом пиршества, чтобы сидеть с ними, есть и пить;
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду».
ибо так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: вот, Я прекращу на месте сём в глазах ваших и во дни ваши голос радости и голос веселья, голос жениха и голос невесты.
«Ярми-ЯхІу, ахьа яхІудхошка хІара дІадийцича, цара хьайга: „ХІунда хІоттийна тхоьга Везачу Эло хІара боккха бала, тхоьгара хІун даьлла, Везачу Элана хьалха хІун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь,
Когда ты перескажешь народу сему все эти слова, и они скажут тебе: «за что изрёк на нас Господь всё это великое бедствие, и какая наша неправда, и какой наш грех, которым согрешили мы пред Господом Богом нашим?»—
ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дІаяханчу заманашкахь шун дай Сох дІаберзар бахьана долуш хилла, – боху Везачу Эло. – Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дІа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора.
тогда скажи им: за то, что отцы ваши оставили Меня, говорит Господь, и пошли вослед иных богов, и служили им, и поклонялись им, а Меня оставили, и закона Моего не хранили.
Амма аша шайн дайшачул а чІогІа дукха къинош летийна. Шух хІорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугІу аша.
А вы поступаете ещё хуже отцов ваших и живёте каждый по упорству злого сердца своего, чтобы не слушать Меня.
Цундела Аса шу, кху лаьтта тІера дІа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дІадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Іамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».
За это выброшу вас из земли сей в землю, которой не знали ни вы, ни отцы ваши, и там будете служить иным богам день и ночь; ибо Я не окажу вам милосердия.
«Делахь а, кестта тІекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чІагІо йийр йоцу.
Посему вот, приходят дни, говорит Господь, когда не будут уже говорить: «жив Господь, Который вывел сынов Израилевых из земли Египетской»;
Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тІе юхаберзор бу Аса уьш».
но: «жив Господь, Который вывел сынов Израилевых из земли северной и из всех земель, в которые изгнал их»: ибо возвращу их в землю их, которую Я дал отцам их.
«Кестта Аса дуккха а чІерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тІаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тІера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дІабахийта.
Вот, Я пошлю множество рыболовов, говорит Господь, и будут ловить их; а потом пошлю множество охотников, и они погонят их со всякой горы, и со всякого холма, и из ущелий скал.
Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду.
Ибо очи Мои на всех путях их; они не скрыты от лица Моего, и неправда их не сокрыта от очей Моих.
Уьш юхаметтахІоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догІург шозза дІалур ду Аса оцу нахана, хІунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цІушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».
И воздам им прежде всего за неправду их и за сугубый грех их, потому что осквернили землю Мою, трупами гнусных своих и мерзостями своими наполнили наследие Моё.
Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина.
Господи, сила моя и крепость моя и прибежище моё в день скорби! к Тебе придут народы от краёв земли и скажут: «только ложь наследовали наши отцы, пустоту и то, в чём никакой нет пользы».
Йиш юй адамийн шайна деланаш кхолла? Уьш куьйга дина суьрташ ма ду, церан деланаш хила йиш а ма яц!»
Может ли человек сделать себе богов, которые впрочем не боги?
«Цундела Аса и нах Іамор бу. Аса гойтур ю царна Сайн нуьцкъалалла а, гІора а. ТІаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла!»
Посему, вот Я покажу им ныне, покажу им руку Мою и могущество Моё, и узнают, что имя Моё — Господь.
Везачу Эло боху: «ЯхІудан халкъан къа аьчка уьрсаца дІаяздина ду тІулгах динчу нехан дегнашна тІехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагІа доккхучу кхерчийн маІаш тІехь.
Грех Иуды написан железным резцом, алмазным остриём начертан на скрижали сердца их и на рогах жертвенников их.
Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бІогІамаш а. Ма „хаза“ дІахІиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тІехь а,
Как о сыновьях своих, воспоминают они о жертвенниках своих и дубравах своих у зелёных дерев, на высоких холмах.
лаьмнаш тІехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду.
Гору Мою в поле, имущество твоё и все сокровища твои отдам на расхищение, и все высоты твои — за грехи во всех пределах твоих.
Аса шу, мостагІийн лолле дІа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дІадохуьйтур ду, хІунда аьлча аша Сан оьгІазаллин цІе самаяьккхина. И цІе массо а ханна йогур йолуш ю».
И ты чрез себя лишишься наследия твоего, которое Я дал тебе, и отдам тебя в рабство врагам твоим, в землю, которой ты не знаешь, потому что вы воспламенили огонь гнева Моего; он будет гореть вовеки.
Иштта боху Везачу Эло: «НеІалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гІортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дІадаьккхина лелаш волчунна.
Так говорит Господь: проклят человек, который надеется на человека и плоть делает своею опорою, и которого сердце удаляется от Господа.
Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Іийр ву иза.
Он будет как вереск в пустыне и не увидит, когда придёт доброе, и поселится в местах знойных в степи, на земле бесплодной, необитаемой.
Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а.
Благословен человек, который надеется на Господа, и которого упование — Господь.
И стаг, хин татол долчохь дІадоьгІна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тІееача. Цуьнан гІа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тІе стом ца латош а ца хуьлу.
Ибо он будет как дерево, посаженное при водах и пускающее корни свои у потока; не знает оно, когда приходит зной; лист его зелен, и во время засухи оно не боится и не перестаёт приносить плод.
Мекара ду адаман дог, чІогІа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа.
Лукаво сердце [человеческое] более всего и крайне испорчено; кто узнает его?
Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама».
Я, Господь, проникаю сердце и испытываю внутренности, чтобы воздать каждому по пути его и по плодам дел его.
Моша кхечу олхазарша дина долчу хІоаш тІе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьІаьржачу а хІуттур ву.
Куропатка садится на яйца, которых не несла; таков приобретающий богатство неправдою: он оставит его на половине дней своих, и глупцом останется при конце своём.
Далла лерина долу оха дина деза цІа дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Іарш санна ду.
Престол славы, возвышенный от начала, есть место освящения нашего.
Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.
Ты, Господи, надежда Израилева; все, оставляющие Тебя, посрамятся. «Отступающие от Меня будут написаны на прахе, потому что оставили Господа, источник воды живой».
Дарба дехьа суна, Веза Эла, тІаккха со толур вара. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кІелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.
Исцели меня, Господи, и исцелён буду; спаси меня, и спасён буду; ибо Ты хвала моя.
Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!»
Вот, они говорят мне: «где слово Господне? пусть оно придёт!»
Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара, бохаман де тІекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дІадиллина ма ду.
Я не спешил быть пастырем у Тебя и не желал бедственного дня, Ты это знаешь; что вышло из уст моих, открыто пред лицем Твоим.
Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тІетовжийла ма ю.
Не будь страшен для меня, Ты — надежда моя в день бедствия.
ЮьхьІаьржачу хІиттабехьа сан мостагІий, ткъа со юьхькІайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргІат хилийтахьа. Царна тІе бохаман де тІедаийтахьа, уьш кхоччуш хІаллакбехьа.
Пусть постыдятся гонители мои, а я не буду постыжен; пусть они вострепещут, а я буду бестрепетен; наведи на них день бедствия и сокруши их сугубым сокрушением.
Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гІой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дІахІотта, яхІудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа.
Так сказал мне Господь: пойди и стань в воротах сынов народа, которыми входят цари Иудейские и которыми они выходят, и во всех воротах Иерусалимских,
Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, ЯхІуд-махкара дерриг халкъ а, гІалин кевнийн неІаршкахула чу мел богІу Ярушалайман бахархой а!
и говори им: слушайте слово Господне, цари Иудейские, и вся Иудея, и все жители Иерусалима, входящие сими воротами.
Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоІучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха.
Так говорит Господь: берегите души свои и не носите нош в день субботний и не вносите их воротами Иерусалимскими,
Иштта шайн хІусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тІе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза.
и не выносите нош из домов ваших в день субботний, и не занимайтесь никакою работою, но святите день субботний так, как Я заповедал отцам вашим,
Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгІира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогІа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.
которые впрочем не послушались и не приклонили уха своего, но сделались жестоковыйными, чтобы не слушать и не принимать наставления.
Нагахь санна аша Аса хІинца бохучуьнга ла ца догІахь, – боху Везачу Эло, – хІокху гІалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь,
И если вы послушаете Меня в том, говорит Господь, чтобы не носить нош воротами сего города в день субботний и чтобы святить субботу, не занимаясь в этот день никакою работою,
тІаккха кху гІалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тІаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гІудалкхаш тІехь а, говрашна тІехь а богІур бу, ЯхІудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю.
то воротами сего города будут входить цари и князья, сидящие на престоле Давида, ездящие на колесницах и на конях, они и князья их, Иудеи и жители Иерусалима, и город сей будет обитаем вечно.
ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашкара а, Ярушалайм-гІалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхІуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагІанаш, кІен сагІанаш, хаза хьожа йогІучу хІуманийн сагІанаш, баркаллин сагІанаш Делан цІа долчу схьадахьар ду.
И будут приходить из городов Иудейских, и из окрестностей Иерусалима, и из земли Вениаминовой, и с равнины и с гор и с юга, и приносить всесожжение и жертву, и хлебное приношение, и ливан, и благодарственные жертвы в дом Господень.
Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“».
А если не послушаете Меня в том, чтобы святить день субботний и не носить нош, входя в ворота Иерусалима в день субботний, то возжгу огонь в воротах его, и он пожрёт чертоги Иерусалима и не погаснет.
Ярми-ЯхІуга Везачу Элан хІара дош кхечира:
Слово, которое было к Иеремии от Господа:
«Куьпчи волчу цІа гІо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга».
встань и сойди в дом горшечника, и там Я возвещу тебе слова Мои.
Со куьпчи волчу чу вахача, иза шен чарха тІехь болх беш вара.
И сошёл я в дом горшечника, и вот, он работал свою работу на кружале.
Цо еш йолу поппаран пхьегІа йоьхна дІаелира, цуьнан карахь йоллушехь. Эццахь цу куьпчичо шен куьйгашца шена луучу кепара кхин пхьегІа йира оцу поппарх.
И сосуд, который горшечник делал из глины, развалился в руке его; и он снова сделал из него другой сосуд, какой горшечнику вздумалось сделать.
ТІаккха Везачу Элера хаам кхечира соьга:
И было слово Господне ко мне:
«Исраилан тІаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? – боху Везачу Эло. – Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тІаьхье.
не могу ли Я поступить с вами, дом Израилев, подобно горшечнику сему? говорит Господь. Вот, что глина в руке горшечника, то вы в Моей руке, дом Израилев.
Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дІа а яьккхина, йоха а йина, хІаллакйина хир ю аьлла, Аса дІахьедар дахь,
Иногда Я скажу о каком-либо народе и царстве, что искореню, сокрушу и погублю его;
амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац.
но если народ этот, на который Я это изрёк, обратится от своих злых дел, Я отлагаю то зло, которое помыслил сделать ему.
Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахІоттар а деш, орамашца иза дІадогІа деза аьлла, Аса дІахьедар дахь,
А иногда скажу о каком-либо народе и царстве, что устрою и утвержу его;
амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догІахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац.
но если он будет делать злое пред очами Моими и не слушаться гласа Моего, Я отменю то добро, которым хотел облагодетельствовать его.
Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“.
Итак скажи мужам Иуды и жителям Иерусалима: так говорит Господь: вот, Я готовлю вам зло и замышляю против вас; итак обратитесь каждый от злого пути своего и исправьте пути ваши и поступки ваши.
Амма халкъо эр ду: „Цу хІумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХІора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».
Но они говорят: «не надейся; мы будем жить по своим помыслам и будем поступать каждый по упорству злого своего сердца».
Цундела иштта боху Везачу Эло: «Кхечу халкъашна юкъахь хаттал, цкъа а хезний царна кхунах тера долу хІума дуьйцуш? Инзаре ирча хІума дина йоІстаг санна долчу Исраилан халкъо.
Посему так говорит Господь: спросите между народами, слыхал ли кто подобное сему? крайне гнусные дела совершила дева Израилева.
Цкъа а Ливанун-лаьмнийн басенийн тархех ло къайладолий те? Цкъа а соций те генарчу оцу лаьмнашкара охьаоьхуш долу шийла хиш?
Оставляет ли снег Ливанский скалу горы? и иссякают ли из других мест текущие холодные воды?
Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цІушна сагІанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дІакхоьхьуш долчу некъаш тІехь. Шайн дайн ширачу некъаш тІера дІабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тІе бовлархьама.
А народ Мой оставил Меня; они кадят суетным, споткнулись на путях своих, оставили пути древние, чтобы ходить по стезям пути непроложенного,
Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тІехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву.
чтобы сделать землю свою ужасом, всегдашним посмеянием, так что каждый, проходящий по ней, изумится и покачает головою своею.
Малхбалехьарчу мохо санна, дІасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагІашна хьалха. Царна бохам тІекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна».
Как восточным ветром развею их пред лицем врага; спиною, а не лицем обращусь к ним в день бедствия их.
ТІаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхІуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Іамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхІуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».
А они сказали: «придите, составим замысел против Иеремии; ибо не исчез же закон у священника и совет у мудрого, и слово у пророка; придите, сразим его языком и не будем внимать словам его».
ЛадогІахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагІаша бохург дІахазахьа.
Внемли мне, Господи, и услышь голос моих противников.
Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тІера дІаяккхийтархьама.
Должно ли воздавать злом за добро? а они роют яму душе моей. Вспомни, что я стою пред лицем Твоим, чтобы говорить за них доброе, чтобы отвратить от них гнев Твой.
Цундела хІоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Іойла уьш. ХІаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тІамехь туьраца байийла.
Итак предай сыновей их голоду и подвергни их мечу; да будут жёны их бездетными и вдовами, и мужья их да будут поражены смертью, и юноши их умерщвлены мечом на войне.
Тийжарш хезийла церан цІенош чуьра, Ахьа цІеххьана уьш болчу мостагІий балийча, хІунда аьлча цара суна кІело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна.
Да будет слышен вопль из домов их, когда приведёшь на них полки внезапно; ибо они роют яму, чтобы поймать меня, и тайно расставили сети для ног моих.
Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар.
Но Ты, Господи, знаешь все замыслы их против меня, чтобы умертвить меня; не прости неправды их и греха их не изгладь пред лицем Твоим; да будут они низвержены пред Тобою; поступи с ними во время гнева Твоего.
Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца.
Так сказал Господь: пойди и купи глиняный кувшин у горшечника; и возьми с собою старейших из народа и из старейшин священнических,
Йоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХІинам-тогІи йолчу а гІой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дІадийца.
и выйди в долину сыновей Енномовых, которая у ворот Харшиф, и провозгласи там слова, которые скажу тебе,
Цаьрга дІаала: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хІокху лаьтта тІе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хІума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догІур ду.
и скажи: слушайте слово Господне, цари Иудейские и жители Иерусалима! так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: вот, Я наведу бедствие на место сие,— о котором кто услышит, у того зазвенит в ушах,
Цара Со а витина, хІара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хІума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхІудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагІанаш дохура. ХІара меттиг бехк боцучеран цІийца юьзира цара.
за то, что они оставили Меня и чужим сделали место сие и кадят на нём иным богам, которых не знали ни они, ни отцы их, ни цари Иудейские; наполнили место сие кровью невинных
Гунаш тІехь цара БаІална сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий, БаІална лерина долу дагоран сагІа санна, цІерца багорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.
и устроили высоты Ваалу, чтобы сожигать сыновей своих огнём во всесожжение Ваалу, чего Я не повелевал и не говорил, и что на мысль не приходило Мне;
Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю.
за то вот, приходят дни, говорит Господь, когда место сие не будет более называться Тофетом или долиною сыновей Енномовых, но долиною убиения.
Оцу меттехь Аса ЯхІуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагІийн туьре хІаллакбойтур бу, уьш байъа гІерташ болчеран кара Аса уьш дІалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дІахІуттур ду.
И уничтожу совет Иуды и Иерусалима на месте сём и сражу их мечом пред лицем врагов их и рукою ищущих души их, и отдам трупы их в пищу птицам небесным и зверям земным.
Аса йохийна дІайоккхур ю хІара гІала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича.
И сделаю город сей ужасом и посмеянием; каждый, проходящий через него, изумится и посвищет, смотря на все язвы его.
МостагІийн ардангаша, нах байа а гІерташ, го бийр бу гІалина. ГІалахь мацалла а хІоьттина, нах чІогІа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кІентий а, йоІарий а буур бу“.
И накормлю их плотью сыновей их и плотью дочерей их; и будет каждый есть плоть своего ближнего, находясь в осаде и тесноте, когда стеснят их враги их и ищущие души их.
Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй,
И разбей кувшин пред глазами тех мужей, которые придут с тобою,
цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна.
и скажи им: так говорит Господь Саваоф: так сокрушу Я народ сей и город сей, как сокрушён горшечников сосуд, который уже не может быть восстановлен, и будут хоронить их в Тофете, по недостатку места для погребения.
И хІума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, – боху Везачу Эло. – ХІара гІала Тупатах тарйина дІахІоттор ю Аса.
Так поступлю с местом сим, говорит Господь, и с жителями его; и город сей сделаю подобным Тофету.
Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».
И домы Иерусалима и домы царей Иудейских будут, как место Тофет, нечистыми, потому что на кровлях всех домов кадят всему воинству небесному и совершают возлияния богам чужим.
Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхІу юхавирзича, иза, Делан цІийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира:
И пришёл Иеремия с Тофета, куда Господь посылал его пророчествовать, и стал на дворе дома Господня и сказал всему народу:
«Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хІокху гІалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хІунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогІа а ца лиира“».
так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: вот, Я наведу на город сей и на все города его всё то бедствие, которое изрёк на него, потому что они жестоковыйны и не слушают слов Моих.
Динан да а, Везачу Элан цІийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кІанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхІус Делера болу и хаамаш беш хезча,
Когда Пасхор, сын Еммеров, священник, он же и надзиратель в доме Господнем, услышал, что Иеремия пророчески произнёс слова сии,
Ярми-ЯхІу-пайхамарна еттийтира. ТІаккха цо, Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира.
то ударил Пасхор Иеремию пророка и посадил его в колоду, которая была у верхних ворот Вениаминовых при доме Господнем.
Амма шолгІачу дийнахь, буржалш дІа а даьхна, Пашихьура иза дІахийцира. Ярми-ЯхІус цуьнга элира: «Везачу Эло хьан цІе Пашихьур аьлла ца тиллина, амма Массанхьа а долу къемат аьлла тиллина.
Но на другой день Пасхор выпустил Иеремию из колоды, и Иеремия сказал ему: не «Пасхор» нарёк Господь имя тебе, но «Магор Миссавив».
ХІунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагІашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагІчун туьро хІаллакбийр бу, и хІума хьан бІаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхІудан халкъ Бавелан паччахьан кара дІалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дІабуьгур бу, кхиберш хІаллакбийр бу.
Ибо так говорит Господь: вот, Я сделаю тебя ужасом для тебя самого и для всех друзей твоих, и падут они от меча врагов своих, и твои глаза увидят это. И всего Иуду предам в руки царя Вавилонского, и отведёт их в Вавилон и поразит их мечом.
Кху гІалин массо а бахам церан мостагІийн кара дІалур бу Аса. Къахьегарца гІалин халкъо мел гулдинарг а, гІалин массо а еза хІуманаш а, яхІудхойн паччахьийн хазна а мостагІийн кара дІалур ю Аса. Цара и массо а хІума хІонс санна Бавеле дІахьур ю.
И предам всё богатство этого города и всё стяжание его, и все драгоценности его; и все сокровища царей Иудейских отдам в руки врагов их, и разграбят их и возьмут, и отправят их в Вавилон.
Хьо а, Пашихьур, хьан цІахь мел верг а йийсаре вуьгур ву. Бавеле дІавигначул тІаьхьа хьо лийр ву, цигахь хьо а, хьан массо а доттагІий а, ахьа шайна харцахьа пайхамаралла дина болу, дІабухкур бу“».
И ты, Пасхор, и все живущие в доме твоём, пойдёте в плен; и придёшь в Вавилон, и там умрёшь, и там будешь похоронен, ты и все друзья твои, которым ты пророчествовал ложно.
Веза Эла, Ахьа со Хьайна тІеозийна, ткъа со Хьох Іехавелла. Хьо сол ницкъ болуш ву, Ахьа со эшийна. Со массарна а хьалха белам хилла, нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу.
Ты влёк меня, Господи,— и я увлечён; Ты сильнее меня — и превозмог, и я каждый день в посмеянии, всякий издевается надо мною.
Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хІаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда.
Ибо лишь только начну говорить я,— кричу о насилии, вопию о разорении, потому что слово Господне обратилось в поношение мне и в повседневное посмеяние.
ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора.
И подумал я: «не буду я напоминать о Нём и не буду более говорить во имя Его»; но было в сердце моём, как бы горящий огонь, заключённый в костях моих, и я истомился, удерживая его, и не мог.
Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».
Ибо я слышал толки многих: угрозы вокруг; «заявите, [говорили] [они], и мы сделаем донос». Все, жившие со мною в мире, сторожат за мною, не споткнусь ли я: «может быть, [говорят], он попадётся, и мы одолеем его и отмстим ему».
Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.
Но со мною Господь, как сильный ратоборец; поэтому гонители мои споткнутся и не одолеют; сильно посрамятся, потому что поступали неразумно; посрамление будет вечное, никогда не забудется.
Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гІуллакх аса Хьан кара дІаделла дела.
Господи сил! Ты испытываешь праведного и видишь внутренность и сердце. Да увижу я мщение Твоё над ними, ибо Тебе вверил я дело моё.
Лекхийша эшарш Везачу Элана! Хастамаш бейша Везачу Элана! Цуьнга бен ваккхалур вац мисканиг зуламечу стеган карара.
Пойте Господу, хвалите Господа, ибо Он спасает душу бедного от руки злодеев.—
Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де!
Проклят день, в который я родился! день, в который родила меня мать моя, да не будет благословен!