che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц.
Вот, Я буду наблюдать над вами к погибели, а не к добру; и все Иудеи, которые в земле Египетской, будут погибать от меча и голода, доколе совсем не истребятся.
КІеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхІуд-махка, туьрах кІелхьар а бевлла. ТІаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхІудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ – Сан я церан.
Только малое число избежавших от меча возвратится из земли Египетской в землю Иудейскую, и узнают все оставшиеся Иудеи, которые пришли в землю Египетскую, чтобы пожить там, чьё слово сбудется: Моё или их.
Кхузахь Аса шуна таІзар а дийр ду, шуна бохам а боккхур бу аьлла Сан дешнаш чІогІа дуйла шуна хоуьйтуш, – боху Везачу Эло, – хІара билгало гойтур ю шуна.
И вот вам знамение, говорит Господь, что Я посещу вас на сём месте, чтобы вы знали, что сбудутся слова Мои о вас на погибель вам.
Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраІ-пирІун вен гІерташ болчу цуьнан мостагІийн кара дІалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагІа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІа-ма-валлара’“».
Так говорит Господь: вот, Я отдам фараона Вафрия, царя Египетского, в руки врагов его и в руки ищущих души его, как отдал Седекию, царя Иудейского, в руки Навуходоносора, царя Вавилонского, врага его и искавшего души его.
Юши-ЯхІун кІант волчу а, яхІудхойн паччахь волчу а ЯхІу-Якхама олалла дечу доьалгІачу шарахь Ярми-ЯхІу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхІун кІант Барух тептар тІехь дІаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхІу Барухе вистхилира:
Слово, которое пророк Иеремия сказал Варуху, сыну Нирии, когда он написал слова сии из уст Иеремии в книгу, в четвёртый год Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского:
«ХІара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала:
так говорит Господь, Бог Израилев, к тебе, Варух:
„Ахь боху: ‘Маржа-яІ! Везачу Эло сан деган лазамна тІе гІайгІа тоьхна. Аса дечу узарша гІелвина со, ткъа суна синтем бац’.
ты говоришь: «горе мне! ибо Господь приложил скорбь к болезни моей; я изнемог от вздохов моих, и не нахожу покоя».
Иштта дІаала цуьнга, Ярми-ЯхІу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хІоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дІа мел йоьгІнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тІехь дийр ду.
Так скажи ему: так говорит Господь: вот, что Я построил, разрушу, и что насадил, искореню,— всю эту землю.
Барух, Аса хьайна даккхий гІуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хІунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хІонс санна, лур ду›’“».
А ты просишь себе великого: не проси; ибо вот, Я наведу бедствие на всякую плоть, говорит Господь, а тебе вместо добычи оставлю душу твою во всех местах, куда ни пойдёшь.
Ярми-ЯхІу-пайхамаре кхечу къаьмнех лаьцна болу Везачу Элера хаамаш хІорш бу.
Слово Господне, которое было к Иеремии пророку о народах [языческих]:
И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирІунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КІаркамиш-гІалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирІунан эскар эшийра яхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь. ХІара бара...
о Египте, о войске фараона Нехао, царя Египетского, которое было при реке Евфрате в Кархемисе, и которое поразил Навуходоносор, царь Вавилонский, в четвёртый год Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского.
«Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху: „Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай, тІом бан арадовла.
Готовьте щиты и копья, и вступайте в сражение:
Дошлой, шайн говраш тІе нуьйраш а тахкий, царна тІе а ховший, шайн гІемаш дІатахка. Иштта гІаьгІнаш тІедуха, гоьмукъаш а ирде“.
седлайте коней и садитесь, всадники, и становитесь в шлемах; точите копья, облекайтесь в брони.
Уьш, кхера а белла, юхабевлла хІунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агІор къемат ма ду царна тІегІерташ, – боху Везачу Эло. –
Почему же, вижу Я, они оробели и обратились назад? и сильные их поражены, и бегут не оглядываясь; отвсюду ужас, говорит Господь.
Сиха водуш верг а ведда, кІелхьарвалалур вац, ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац. Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь, ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу.
Не убежит быстроногий, и не спасётся сильный; на севере, у реки Евфрата, они споткнутся и падут.
Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду? Цуьнан хиш санна, тІехдуьйлуш дерг мила ду?
Кто это поднимается, как река, и, как потоки, волнуются воды его?
Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тІехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дІахьулдийр ду, цу тІера ерриг а гІаланаш а, царна чуьра бахархой а хІаллакбийр бу“.
Египет поднимается, как река, и, как потоки, взволновались воды его, и говорит: «поднимусь и покрою землю, погублю город и жителей его».
Дошлой, говраш тІе ховша! ГІудалкхаш чехка хахкийта! ТІемалой тІамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пІатІахой а, иштта секхаІедаш дулуш болу лудамхой а, тІаме хІинца арадовла!
Садитесь на коней, и мчитесь, колесницы, и выступайте, сильные Ефиопляне и Ливияне, вооружённые щитом, и Лидяне, держащие луки и натягивающие их;
ХІара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХІара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагІашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дІакхоллур бу, ша Іаббалц, церан цІий а молур ду, хІунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагІа кечдийр ду.
ибо день сей у Господа Бога Саваофа есть день отмщения, чтобы отмстить врагам Его; и меч будет пожирать, и насытится и упьётся кровью их; ибо это Господу Богу Саваофу будет жертвоприношение в земле северной, при реке Евфрате.
ГалІаде а гІой, цигара хьайна молханаш схьаэца, ва хьоме Мисаран къам! Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу, хІунда аьлча хьуна хила дарба дац.
Пойди в Галаад и возьми бальзама, дева, дочь Египта; напрасно ты будешь умножать врачевства, нет для тебя исцеления.
Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тІемало вукху тІемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву».
Услышали народы о посрамлении твоём, и вопль твой наполнил землю; ибо сильный столкнулся с сильным, и оба вместе пали.
Мисар-махкана тІелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре иштта хаам бира:
Слово, которое сказал Господь пророку Иеремии о нашествии Навуходоносора, царя Вавилонского, чтобы поразить землю Египетскую:
«ХІара хаам дІакхайкхабе Мисар-махкахула, дІахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гІаланашкахь: „Лардаран раьгІнашкахь дІахІиттий, тІамана кечло, мостагІчун туьро хьуна гонах мел долу къам дІакхоллу дела.
возвестите в Египте и дайте знать в Магдоле, и дайте знать в Нофе и Тафнисе; скажите: «становись и готовься, ибо меч пожирает окрестности твои».
ХІаллак хІунда хилла хьан ницкъболу тІемалой? Уьш дуьхьал латталур бац, хІунда аьлча Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“.
Отчего сильный твой опрокинут?— Не устоял, потому что Господь погнал его.
Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тІе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагІур ду вай вайн халкъана тІе а, вайн махкана тІе а, хІаллакдечу туьрах кІелхьардовлархьама“.
Он умножил падающих, даже падали один на другого и говорили: «вставай и возвратимся к народу нашему в родную нашу землю от губительного меча».
Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирІун эрна гІовгІа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дІаяхийти“.
А там кричат: «фараон, царь Египта, смутился; он пропустил условленное время».
Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Паччахьо, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, – лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хІордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогІур ву шуна.
Живу Я, говорит Царь, Которого имя Господь Саваоф: как Фавор среди гор и как Кармил при море, [так верно] придёт он.
Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хІума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хІунда аьлча Нуп-гІала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю.
Готовь себе нужное для переселения, дочь — жительница Египта, ибо Ноф будет опустошён, разорён, останется без жителя.
Мисаран къам чІогІа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тІебогІу.
Египет — прекрасная телица; но погибель от севера идёт, идёт.
Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг.
И наёмники его среди него, как откормленные тельцы,— и сами обратились назад, побежали все, не устояли, потому что пришёл на них день погибели их, время посещения их.
Мисаран эскар дедда дІагІур ду, лаьхьано санна хиш-ш а деш, мостагІийн эскар улло кхочучу хенахь. Уьш, шайн карахь дагарш а долуш, хьун хьакхархой санна, цунна тІе летар бу.
Голос его несётся, как змеиный; они идут с войском, придут на него с топорами, как дровосеки;
Цара хьокхур ю мисархойн хьун, – боху Везачу Эло, – Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦІоз санна, дукха ду мостагІчун эскар, уьш багарбина а вер вац.
вырубят лес его, говорит Господь, ибо они несметны; их более, нежели саранчи, и нет числа им.
ЮьхьІаьржачу хІоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагІур ду иза».
Посрамлена дочь Египта, предана в руки народа северного.
Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а.
Господь Саваоф, Бог Израилев, говорит: вот, Я посещу Аммона, который в Но, и фараона и Египет, и богов его и царей его, фараона и надеющихся на него;
Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло.
и предам их в руки ищущих души их и в руки Навуходоносора, царя Вавилонского, и в руки рабов его; но после того будет он населён, как в прежние дни, говорит Господь.
«Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кІелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дІабигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІатйохур а ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац.
Ты же не бойся, раб мой Иаков, и не страшись, Израиль: ибо вот, Я спасу тебя из далёкой страны и семя твоё из земли плена их; и возвратится Иаков, и будет жить спокойно и мирно, и никто не будет устрашать его.
Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду».
Не бойся, раб Мой Иаков, говорит Господь: ибо Я с тобою; Я истреблю все народы, к которым Я изгнал тебя, а тебя не истреблю, а только накажу тебя в мере; ненаказанным же не оставлю тебя.
ПирІун Іази-гІалина тІелатале хьалха Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера пІелаштамхойх лаьцна болу хІара хаам кхаьчна.
Слово Господа, которое было к пророку Иеремии о Филистимлянах, прежде нежели фараон поразил Газу.
Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тІехйолу Іовраш хир ю. Уьш тІеевр ю пІелаштамхойн махкана а, цу тІехь мел долчу хІуманна а тІе, гІаланашна а, царна чохь Іаш долчу адамашна а тІе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Іаш берш боьлхур бу.
Так говорит Господь: вот, поднимаются воды с севера и сделаются наводняющим потоком, и потопят землю и всё, что наполняет её, город и живущих в нём; тогда возопиют люди, и зарыдают все обитатели страны.
Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гІудалкхаша еш йолу гІовгІа а хезар ю. Цу гІовгІана юкъахь дай шайн берашка дІахьажа а, царна гІо дан а кхуьур бац, хІунда аьлча гІора дІадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.
От шумного топота копыт сильных коней его, от стука колесниц его, от звука колёс его, отцы не оглянутся на детей своих, потому что руки у них опустятся
Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг.
от того дня, который придёт истребить всех Филистимлян, отнять у Тира и Сидона всех остальных помощников, ибо Господь разорит Филистимлян, остаток острова Кафтора.
Шайн сингаттам а гойтуш, Іази-гІаларчу наха шайн кортош дІадошур ду, Ашкхилун-гІалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПІелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догІмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама?
Оплешивела Газа, гибнет Аскалон, остаток долины их.
„Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таІзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“.
Доколе будешь посекать, о, меч Господень! доколе ты не успокоишься? возвратись в ножны твои, перестань и успокойся.
Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гІалина а, хІордан йистана а, тІелата омра дина Везачу Эло».
Но как тебе успокоиться, когда Господь дал повеление против Аскалона и против берега морского? туда Он направил его.
Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гІала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьІаьржачу а хІоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гІап, юьхьІаьржачу а хІоттийна, йохийна хир ю.
О Моаве так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: горе Нево! он опустошён; Кариафаим посрамлён и взят; Мизгав посрамлён и сокрушён.
Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хІаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш. Хьо а, Мадмон-гІала, дІатийна хир ю, тур хьуна тІаьхьадаьлла лелар ду.
Нет более славы Моава; в Есевоне замышляют против него зло: «пойдём, истребим его из числа народов». И ты, Мадмена, погибнешь; меч следует за тобою.
Хьоронайм-гІаларчу наха маьхьарий детта: „Мел бохам бина! Мел чІогІа йохийна!“
Слышен вопль от Оронаима, опустошение и разрушение великое.
Муабин къам хІаллакдина ду. Цуьнан бераш чІогІа доьлхуш ду.
Сокрушён Моав; вопль подняли дети его.
Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тІера боьдучу новкъахь гІайгІане маьхьарий ду хезаш мостагІаша дохор бахьана долуш.
На восхождении в Лухит плач за плачем поднимается; и на спуске с Оронаима неприятель слышит вопль о разорении.
Довдалаш, кІелхьардаккхалаш шайн дахар! Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.
Бегите, спасайте жизнь свою, и будьте подобны обнажённому дереву в пустыне.
Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Іийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гІур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш.
Так как ты надеялся на дела твои и на сокровища твои, то и ты будешь взят, и Хамос пойдёт в плен вместе со своими священниками и своими князьями.
ХІора гІали чу хІаллакдеш верг вогІур ву, цу гІаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц. ТогІеш а хІаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю. Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.
И придёт опустошитель на всякий город, и город не уцелеет; и погибнет долина, и опустеет равнина, как сказал Господь.
Муабин къомана тІемаш лойша, иза, тІема а баьлла, дІабахийта. Цуьнан гІаланаш яссалур ю, хІунда аьлча цу чохь Іен стаг хир вац».
Дайте крылья Моаву, чтобы он мог улететь; города его будут пустынею, потому что некому будет жить в них.
(НеІалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неІалт хир ду шен туьре цІий ца Іанадойтучунна а.)
Проклят, кто дело Господне делает небрежно, и проклят, кто удерживает меч Его от крови!
Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргІат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагІар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.
Моав от юности своей был в покое, сидел на дрожжах своих и не был переливаем из сосуда с сосуд, и в плен не ходил; оттого оставался в нём вкус его, и запах его не изменялся.
Делахь а, кестта тІейогІур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса чагІар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагІар санна, охьаІанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю.
Посему вот, приходят дни, говорит Господь, когда Я пришлю к нему переливателей, которые перельют его и опорожнят сосуды его, и разобьют кувшины его.
ТІаккха Муабин халкъ юьхьІаьржачу хІуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тІаьхье, Бетал-гІалахь болчу цІуйх а тешна, юьхьІаьржачу хІоттаре терра.
И постыжен будет Моав ради Хамоса, как дом Израилев постыжен был ради Вефиля, надежды своей.
Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду, тІом бан ницкъболу адамаш ду тхо“?
Как вы говорите: «мы люди храбрые и крепкие для войны»?
Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гІаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кІентий а бу хІаллакьхуьлуш, – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. –
Опустошён Моав, и города его горят, и отборные юноши его пошли на заклание, говорит Царь,— Господь Саваоф имя Его.
ТІекхочуш ду Муабин къам хІаллакьхилар, бохам цунна тІекхача сихбелла.
Близка погибель Моава, и сильно спешит бедствие его.
Тийжар хІоттаде цу къоман дуьхьа, цунна гонах мел Іаш долчу къаьмнаша а, цуьнан цІе евзаш мел долчу халкъаша а. Ала: „Маржа-яІ! Нуьцкъала къам дІадаьлла, цуьнан сийлалла хІинца дайна лаьтта“.
Пожалейте о нём все соседи его и все, знающие имя его, скажите: «как сокрушён жезл силы, посох славы!»
Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара, лаьттарчу чена юккъе охьаховша. Муаби-мохк хІаллакбийриг хьуна тІелета, ткъа Цо шун массо а гІепаш йохор ю.
Сойди с высоты величия и сиди в жажде, дочь — обитательница Дивона, ибо опустошитель Моава придёт к тебе и разорит укрепления твои.
ІаруІерахь дехаш долу адамаш, некъа йисте дІа а хІиттий, хьовса. ДІауьдуш болчу божаршка а, кІелхьарбовлуш болчу зударшка а хаттар де: „ХІун хилла шуна?“
Стань у дороги и смотри, обитательница Ароера, спрашивай бегущего и спасающегося: «что сделалось?»
ЮьхьІаьржачу хІоьттина Муабин къам, хІунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дІахаийта Муабин къам хІаллакдина хилар.
Посрамлён Моав, ибо сокрушён; рыдайте и вопите, объявите в Арноне, что опустошён Моав.
ТаІзар дина шерачу аренашкахь йолчу гІаланашна: Хьулон-гІалина а, ЯхІац-гІалина а, МейпаІат-гІалина а,
И суд пришёл на равнины, на Халон и на Иаацу, и на Мофаф,
иштта Дибон-гІалина, Набу-гІалина, Байт-Диблатаймна,
и на Дивон и на Нево, и на Бет-Дивлафаим,
Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаІунна,
и на Кариафаим и на Бет-Гамул, и на Бет-Маон,
Кхиръют-гІалина, Бацарна – ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гІаланашна.
и на Кериоф, и на Восор, и на все города земли Моавитской, дальние и ближние.
Муаби-мехкан ницкъ дІабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, – боху Везачу Эло.
Отсечён рог Моава, и мышца его сокрушена, говорит Господь.
Вахон малар мала Муабин къомо, хІунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Іетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош.
Напойте его пьяным, ибо он вознёсся против Господа; и пусть Моав валяется в блевотине своей, и сам будет посмеянием.
Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?
Не был ли в посмеянии у тебя Израиль? разве он между ворами был пойман, что ты, бывало, лишь только заговоришь о нём, качаешь головою?
Йита гІаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Іаш долу кхокхий санна хила.
Оставьте города и живите на скалах, жители Моава, и будьте как голуби, которые делают гнёзда во входе в пещеру.
Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду.
Слыхали мы о гордости Моава, гордости чрезмерной, о его высокомерии и его надменности, и кичливости его и превозношении сердца его.
Суна девза цуьнан дозалла дар, – боху Везачу Эло, – ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац.
Знаю Я дерзость его, говорит Господь, но это ненадёжно; пустые слова его: не так сделают.
Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хІора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву.
Поэтому буду рыдать о Моаве и вопить о всём Моаве; будут воздыхать о мужах Кирхареса.
Со ЯІзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯІзир-гІалина уллорачу хІордана тІе кхаччалц Іохкуш яра. Ткъа хІинца хІаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тІелетира.
Буду плакать о тебе, виноградник Севамский, плачем Иазера; отрасли твои простирались за море, достигали до озера Иазера; опустошитель напал на летние плоды твои и на зрелый виноград.
Ирс а, синкъерам а дІабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагІаран Іовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.
Радость и веселье отнято от Кармила и от земли Моава. Я положу конец вину в точилах; не будут более топтать в них с песнями; крик брани будет, а не крик радости.
Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиІалера а адам, церан белхар ЯхІац-гІала кхаччалц дІахезаш ду, иштта ЦІоІар-гІала дуьйна Хьоронайм-гІала а, ІагІлат-Шалши а дІахезаш ду иза. Нимраймара хи а дІасецна.
От вопля Есевона до Елеалы и до Иаацы они поднимут голос свой от Сигора до Оронаима, до третьей Эглы, ибо и воды Нимрима иссякнут.
Ас сацор ду, – боху Везачу Эло, – муабахоша шайн дезачу гунаш тІехь сагІанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогІу хІума ягор а.
Истреблю у Моава, говорит Господь, приносящих жертвы на высотах и кадящих богам его.
Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хІунда аьлча церан массо а бахам хІаллакьхилла.
Оттого сердце моё стонет о Моаве, как свирель; о жителях Кирхареса стонет сердце моё, как свирель, ибо богатства, ими приобретённые, погибли:
ХІораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тІехь сингаттаман бедарш ю.
у каждого голова гола и у каждого борода умалена; у всех на руках царапины и на чреслах вретище.
Муаби-махкарчу цІенойн хІора тхевнна тІехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хІунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегІа санна, хІаллакбина, – боху Везачу Эло. –
На всех кровлях Моава и на улицах его общий плач, ибо Я сокрушил Моава, как непотребный сосуд, говорит Господь.
Ма хІаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьІаьржачу а хІоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».
«Как сокрушён он!» будут говорить рыдая; «как Моав покрылся стыдом, обратив тыл!». И будет Моав посмеянием и ужасом для всех окружающих его,
Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тІееанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Муаби-махкана тІехула.
ибо так говорит Господь: вот, как орёл, налетит он и распрострет крылья свои над Моавом.
Цуьнан гІаланаш а, гІепаш а схьайохур ю, хІора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду.
Города будут взяты, и крепости завоёваны, и сердце храбрых Моавитян будет в тот день, как сердце женщины, мучимой родами.
Муабахой хІаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хІунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна.
И истреблён будет Моав из числа народов, потому что он восстал против Господа.
Іадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. –
Ужас и яма и петля — для тебя, житель Моава, сказал Господь.
Іадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хІунда аьлча Ас Муаби-махкана тІе таІзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. –
Кто убежит от ужаса, упадёт в яму; а кто выйдет из ямы, попадёт в петлю, ибо Я наведу на него, на Моава, годину посещения их, говорит Господь.
Хьешбон-гІалин пенийн ІиндагІехь бевдда боьлхурш гІо доцуш лаьтта, хІунда аьлча Хьешбонера цІе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гІалара алу марсаяьккхира. Цу цІеро муабахойн бІаьштигаш ягайо, оцу гІовгІа ечеран туьтанех цІе летира.
Под тенью Есевона остановились бегущие, обессилев; но огонь вышел из Есевона и пламя из среды Сигона, и пожрёт бок Моава и темя сыновей мятежных.
Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хІаллакьхилла! Хьан кІентий кхечу махка дІабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дІадигина ду.
Горе тебе, Моав! погиб народ Хамоса, ибо сыновья твои взяты в плен, и дочери твои — в пленение.
Амма тІаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Муабина тІехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.
Но в последние дни возвращу плен Моава, говорит Господь. Доселе суд на Моава.
Іамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТІаккха МилкІом-харцделан къомо гадахойн мохк хІунда дІалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гІаланашкахь хІунда бу Іаш?
О сыновьях Аммоновых так говорит Господь: разве нет сыновей у Израиля? разве нет у него наследника? Почему же Малхом завладел Гадом, и народ его живёт в городах его?
Зама тІекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Іаммин-махкарчу Рабба-гІалин нахана Аса тІеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гІаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цІерца хІаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гІаланашкара дІабахийтира, амма исраилхоша Іамминхой цигара дІалохкур бу, – боху Везачу Эло.
Посему вот, наступают дни, говорит Господь, когда в Равве сыновей Аммоновых слышен будет крик брани, и сделается она грудою развалин, и города её будут сожжены огнём, и овладеет Израиль теми, которые владели им, говорит Господь.
Делха, Хьешбонан бахархой: хІаллакйина ГІай-гІала. Тийжа, Рабба-гІалин зударий, шайна тІе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гІалин пенашна юккъехь дІасауьдуш хила, хІунда аьлча мостагІчо МилкІом йийсаре дІавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна.
Рыдай, Есевон, ибо опустошён Гай; кричите, дочери Раввы, опояшьтесь вретищем, плачьте и скитайтесь по огородам, ибо Малхом пойдёт в плен вместе со священниками и князьями своими.
ХІунда до аша шайн тогІех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Іаш, хьуна моьтту, хьуна тІелата цхьа а ваьхьар вац.
Что хвалишься долинами? Потечёт долина твоя кровью, вероломная дочь, надеющаяся на сокровища свои, [говорящая]: «кто придёт ко мне?»
Амма Ас массо а хьан маьІІера хьуна тІе къемат доуьйтур ду, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, – тІаккха шу дІадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац.
Вот, Я наведу на тебя ужас со всех окрестностей твоих, говорит Господь Бог Саваоф; разбежитесь, кто куда, и никто не соберёт разбежавшихся.
Амма тІаьхьа Аса Іамминхойн аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Но после того Я возвращу плен сыновей Аммоновых, говорит Господь.
Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал?
О Едоме так говорит Господь Саваоф: разве нет более мудрости в Фемане? [разве] не стало совета у разумных? разве оскудела мудрость их?
Дадданан бахархой, бовдий, дІагІо кхузара, хьехаш чохь дІаловчкъа, хІунда аьлча Іесаван тІаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таІзар даран хан схьакхаьчна.
Бегите, обратив тыл, скрывайтесь в пещерах, жители Дедана, ибо погибель Исава Я наведу на него,— время посещения Моего.
Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те?
Если бы обиратели винограда пришли к тебе, то верно оставили бы несколько недобранных ягод. И если бы воры [пришли] ночью, то они похитили бы, сколько им нужно.