che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Амма Аса Іесаван тІаьхьенан мел долу хІума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дІалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дІабохур бу. Эдоман тІаьхьенах цхьа а вуьтур вац.
А Я донага оберу Исава, открою потаённые места его, и скрыться он не может. Истреблено будет племя его, и братья его и соседи его; и не будет его.
Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Іаш болу зударий а Сох тешна Іан мегар ду».
Оставь сирот твоих, Я поддержу жизнь их, и вдовы твои пусть надеются на Меня.
Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таІзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таІзар даза хьо хІунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таІзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таІзаран кад мер бу!
Ибо так говорит Господь: вот и те, которым не суждено было пить чашу, непременно будут пить её, и ты ли останешься ненаказанным? Нет, не останешься ненаказанным, но непременно будешь пить [чашу].
Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».
Ибо Мною клянусь, говорит Господь, что ужасом, посмеянием, пустынею и проклятием будет Восор, и все города его сделаются вечными пустынями.
Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тІе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тІамца чугІорта.
Я слышал слух от Господа, и посол послан к народам сказать: соберитесь и идите против него, и поднимайтесь на войну.
Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду.
Ибо вот, Я сделаю тебя малым между народами, презренным между людьми.
Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло.
Грозное положение твоё и надменность сердца твоего обольстили тебя, живущего в расселинах скал и занимающего вершины холмов. Но, хотя бы ты, как орёл, высоко свил гнездо твоё, и оттуда низрину тебя, говорит Господь.
«Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича.
И будет Едом ужасом; всякий, проходящий мимо, изумится и посвищет, [смотря] на все язвы его.
Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац.
Как ниспровергнуты Содом и Гоморра и соседние города их, говорит Господь, так [и] там ни один человек не будет жить, и сын человеческий не остановится в нём.
Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал?
Вот, восходит он, как лев, от возвышения Иордана на укреплённые жилища; но Я заставлю их поспешно уйти из [Идумеи], и кто избран, того поставлю над нею. Ибо кто подобен Мне? и кто потребует ответа от Меня? и какой пастырь противостанет Мне?
ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш.
Итак выслушайте определение Господа, какое Он поставил об Едоме, и намерения Его, какие Он имеет о жителях Фемана: истинно, самые малые из стад повлекут их и опустошат жилища их.
Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду.
От шума падения их потрясётся земля, и отголосок крика их слышен будет у Чермного моря.
Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду».
Вот, как орёл поднимется он, и полетит, и распустит крылья свои над Восором; и сердце храбрых Идумеян будет в тот день, как сердце женщины в родах.
Везачу Элера хІара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьІаьржачу хІоьттина Хьамат-гІала а, Арпад-гІала а, хІунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХІорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гІайгІанехь хиларна церан синтем а бац.
О Дамаске.— Посрамлены Емаф и Арпад, ибо, услышав скорбную весть, они уныли; тревога на море, успокоиться не могут.
Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду.
Оробел Дамаск и обратился в бегство; страх овладел им; боль и муки схватили его, как женщину в родах.
Сан сакъералуш хиллачу, гІараяьллачу гІалара нах дІа хІунда ца бевдда?
Как не уцелел город славы, город радости моей?
Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тІемалой а хІаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Итак падут юноши его на улицах его, и все воины погибнут в тот день, говорит Господь Саваоф.
Ас цІе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цІеро Бен-Хьадид-паччахьан гІепаш дІакхоллур ю».
И зажгу огонь в стенах Дамаска, и истребит чертоги Венадада.
Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тІаьхьенна тІамца тІегІорта, хІаллакдай, дІадаккха малхбалехьара долу халкъ.
О Кидаре и о царствах Асорских, которые поразил Навуходоносор, царь Вавилонский, так говорит Господь: вставайте, выступайте против Кидара, и опустошайте сыновей востока!
Церан четарш а, жаш а схьадохур ду, церан четарийн шаршуш а, церан бахам а, церан эмкалш а мостагІаша дІахьур ю. Наха цаьрга мохь хьоькхур бу: „Массо а агІор къемат ду шуна тІегІерташ!“
Шатры их и овец их возьмут себе, и покровы их и всю утварь их, и верблюдов их возьмут, и будут кричать им: «ужас отовсюду!»
ДІадовда, сихха дІагІо кхузара, Хьацоран бахархой, бердашна юкъахь дІаловчкъа, – боху Везачу Эло. – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шуна тІелата сацам бина. Шу муха дуьхьалдевр ду цунна, хІара ойла йина.
Бегите, уходите скорее, сокройтесь в пропасти, жители Асора, говорит Господь, ибо Навуходоносор, царь Вавилонский, сделал решение о вас и составил против вас замысел.
„ХьалагІовтта, машарехь Іаш долчу, цхьана а хІуманна гІайгІа а ца беш Іаш долчу халкъана тІелата, – боху Везачу Эло. – Я неІарш а, я гІораш а цуьнан гІаланийн дац, уьш цхьацца а бевлла Іаш бу“.
Вставайте, выступайте против народа мирного, живущего беспечно, говорит Господь; ни дверей, ни запоров нет у него, живут поодиночке.
МостагІаша церан эмкалш дІайохур ю, церан даьхний дІалачкъор ду. И шайн гиччош тІера месаш лоргуш болу нах Ас массо а маьІІехула дІасабаржор бу, массо а маьІІера царна тІе бохам хьажор бу Аса, – боху Везачу Эло. –
Верблюды их [отданы] будут в добычу, и множество стад их — на расхищение; и рассею их по всем ветрам, этих стригущих волосы на висках, и со всех сторон их наведу на них гибель, говорит Господь.
Хьацор иштта чангІалкхийн бен хилла дІахІуттур ю, массо а ханна яьсса аре а хилла. Адам цигахь цкъа а дехар а дац, цхьа а стаг цигахь соцур а вац».
И будет Асор жилищем шакалов, вечною пустынею; человек не будет жить там, и сын человеческий не будет останавливаться в нём.
ЯхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Іейламан бахархойх лаьцна бара.
Слово Господа, которое было к Иеремии пророку против Елама, в начале царствования Седекии, царя Иудейского:
Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Іейламан секхаІадкхоссархой хІаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ.
так говорит Господь Саваоф: вот, Я сокрушу лук Елама, главную силу их.
Ас Іейламана тІе иштта стигалан еа маьІІера биъ мох тІехьажор бу. Иштта массо а меттехула дІасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Іейламхой тІе ца дуссуш.
И наведу на Елам четыре ветра от четырёх краёв неба и развею их по всем этим ветрам, и не будет народа, к которому не пришли бы изгнанные Еламиты.
Церан мостагІех а, уьш хІаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Іейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чІогІа дералла царна тІе а ерзор ю, – боху Везачу Эло. – Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, уьш берриш а хІаллакбина дІабаххалц.
И поражу Еламитян страхом пред врагами их и пред ищущими души их; и наведу на них бедствие, гнев Мой, говорит Господь, и пошлю вслед их меч, доколе не истреблю их.
Церан паччахь а, берриг а баьччанаш а хІаллак а бина, Ас Сайн паччахьан гІант дІахІоттор ду Іейлам-махкахь, – боху Везачу Эло. –
И поставлю престол Мой в Еламе, и истреблю там царя и князей, говорит Господь.
Амма тІаьххьарчу деношкахь Аса Іейламан къоман аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Но в последние дни возвращу плен Елама, говорит Господь.
Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хІара бу:
Слово, которое изрёк Господь о Вавилоне и о земле Халдеев чрез Иеремию пророка:
«Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“.
возвестите и разгласите между народами, и поднимите знамя, объявите, не скрывайте, говорите: «Вавилон взят, Вил посрамлён, Меродах сокрушён, истуканы его посрамлены, идолы его сокрушены».
Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду».
Ибо от севера поднялся против него народ, который сделает землю его пустынею, и никто не будет жить там, от человека до скота, все двинутся и уйдут.
«Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш.
В те дни и в то время, говорит Господь, придут сыновья Израилевы, они и сыновья Иудины вместе, будут ходить и плакать, и взыщут Господа Бога своего.
Цара Цийон-ломана тІе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агІор дІа а хьоьжуш, уьш цига гІур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.
Будут спрашивать о пути к Сиону, и, обращая к нему лица, [будут] [говорить]: «идите и присоединитесь к Господу союзом вечным, который не забудется».
Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагІий санна, дара. Церан Іуша, нийсачу новкъа тІера дІа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дІасалаьхкинера уьш. Лам тІера гунна тІе довлуш, шайн Іаш йолу меттиг а йицйина, дІасалелара уьш.
Народ Мой был как погибшие овцы; пастыри их совратили их с пути, разогнали их по горам; скитались они с горы на холм, забыли ложе своё.
Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“.
Все, которые находили их, пожирали их, и притеснители их говорили: «мы не виноваты, потому что они согрешили пред Господом, пред жилищем правды и пред Господом, надеждою отцов их».
ДІагІо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дІахІотта.
Бегите из среды Вавилона, и уходите из Халдейской земли, и будьте как козлы впереди стада овец.
Ас къилбаседехьара Бавелна тІе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дІахІуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагІийн пхерчий дика тІемалой санна ду, тІам тІера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу.
Ибо вот, Я подниму и приведу на Вавилон сборище великих народов от земли северной, и расположатся против него, и он будет взят; стрелы у них, как у искусного воина, не возвращаются даром.
Хашадхойн берриг а махкахула хІонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хІонсах Іаьбна хир бу», – боху Везачу Эло.
И Халдея сделается добычею их; и опустошители её насытятся, говорит Господь.
«Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дІалацарна. КІа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тІемалойн говраш санна, терсаш дара шу.
Ибо вы веселились, вы торжествовали, расхитители наследия Моего; прыгали от радости, как телица на траве, и ржали, как боевые кони.
Амма хІинца шун нана юьхьІаьржачу хІуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кІезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду.
В большом стыде будет мать ваша, покраснеет родившая вас; вот будущность тех народов — пустыня, сухая земля и степь.
Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича.
От гнева Господа она сделается необитаемою, и вся она будет пуста; всякий проходящий чрез Вавилон изумится и посвищет, смотря на все язвы его.
Бавелна го а бай, тІамана кечло. СекхаІедаш кхуьссурш, гІалехьа дІахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хІунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна.
Выстройтесь в боевой порядок вокруг Вавилона; все, натягивающие лук, стреляйте в него, не жалейте стрел, ибо он согрешил против Господа.
ТІеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дІахІитта. Тахана ша мостагІийн кара дІаелла Бавел-гІалано, йохийна цуьнан бІаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тІехь деш дерг аша а де цунна тІехь.
Поднимите крик против него со всех сторон; он подал руку свою; пали твердыни его, рушились стены его, ибо это — возмездие Господа; отмщайте ему; как он поступал, так и вы поступайте с ним.
ХІаллакве Бавел-махкахь латта дІадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагІийн туьрах кІелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хІорра а шен къам долчу юхаверза веза, хІорра а шен махка ведда дІаваха веза».
Истребите в Вавилоне [и] сеющего и действующего серпом во время жатвы; от страха губительного меча пусть каждый возвратится к народу своему, и каждый пусть бежит в землю свою.
«Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта».
Израиль — рассеянное стадо; львы разогнали [его]; прежде объедал его царь Ассирийский, а сей последний, Навуходоносор, царь Вавилонский, и кости его сокрушил.
Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таІзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таІзар ма-дарра.
Посему так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: вот, Я посещу царя Вавилонского и землю его, как посетил царя Ассирийского.
Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду.
И возвращу Израиля на пажить его, и будет он пастись на Кармиле и Васане, и душа его насытится на горе Ефремовой и в Галааде.
Цу заманахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхІудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хІунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».
В те дни и в то время, говорит Господь, будут искать неправды Израилевой, и не будет её, и грехов Иуды, и не найдётся их; ибо прощу тех, которых оставлю [в живых].
«ТІелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тІаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хІаллакбе, – боху Везачу Эло. – Аса шайна тІе мел диллинарг де.
Иди на неё, на землю возмутительную, и накажи жителей её; опустошай и истребляй всё за ними, говорит Господь, и сделай всё, что Я повелел тебе.
ТІеман а, боккхачу бохаман а гІовгІа ю массо а махкахула схьахезаш ерг.
Шум брани на земле и великое разрушение!
Ма йохийна, кагйина дІаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна!
Как разбит и сокрушён молот всей земли! Как Вавилон сделался ужасом между народами!
Ас гураш доьгІнера хьуна, Бавел, хІинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дІалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дІалаьцна.
Я расставил сети для тебя, и ты пойман, Вавилон, не предвидя того; ты найден и схвачен, потому что восстал против Господа.
Везачу Эло Шен дІадуьллийла йолчуьра оьгІазаллин герзаш схьаэцна, хІунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гІуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тІехь.
Господь открыл хранилище Своё и взял [из него] сосуды гнева Своего, потому что у Господа Бога Саваофа есть дело в земле Халдейской.
Массо а маьІІера Бавелна тІе гІорта! НеІарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Іалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хІума, буха ца дуьтуш, дохадай, дІадаккха.
Идите на неё со всех краёв, растворяйте житницы её, топчите её как снопы, совсем истребите её, чтобы ничего от неё не осталось.
Массо а тІемалой, байий, дІабаха! Стерчий санна, байархьама дІабига уьш! Къа ду церан! Царна таІзар дан деза де тІекхаьчна».
Убивайте всех волов её, пусть идут на заклание; горе им! ибо пришёл день их, время посещения их.
(КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.)
[Слышен] голос бегущих и спасающихся из земли Вавилонской, чтобы возвестить на Сионе о мщении Господа Бога нашего, о мщении за храм Его.
«Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Вез...
Созовите против Вавилона стрельцов; все, напрягающие лук, расположитесь станом вокруг него, чтобы никто не спасся из него; воздайте ему по делам его; как он поступал, так поступите и с ним, ибо он вознёсся против Господа, против Святаго Израилева.
Кегий нах хІаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тІемалой а бойур бу», – боху Везачу Эло.
За то падут юноши его на улицах его, и все воины его истреблены будут в тот день, говорит Господь.
«Хьо чІогІа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТІекхаьчна хьуна таІзар дан деза хан.
Вот, Я — на тебя, гордыня, говорит Господь Бог Саваоф; ибо пришёл день твой, время посещения твоего.
Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагІатта цунна цхьаммо а гІо а дийр дац. Ас цуьнан гІаланех цІе латор ю, цу цІеро гонах массо а хІума дагийна дІадоккхур ду».
И споткнётся гордыня, и упадёт, и никто не поднимет его; и зажгу огонь в городах его, и пожрёт всё вокруг него.
Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхІудхошна а гІело йо. Уьш дІабигна массара а дІалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа.
Так говорит Господь Саваоф: угнетены сыновья Израиля, как и сыновья Иуды, и все, пленившие их, крепко держат их и не хотят отпустить их.
Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш».
Но Искупитель их силён, Господь Саваоф имя Его; Он разберёт дело их, чтобы успокоить землю и привести в трепет жителей Вавилона.
Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!
Меч на Халдеев, говорит Господь, и на жителей Вавилона, и на князей его, и на мудрых его;
Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тІемалошна, уьш къематах а бузуш.
меч на обаятелей, и они обезумеют; меч на воинов его, и они оробеют;
Тур тоха церан говрашна а, гІудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тІелаьцначу тІемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хІонс санна дІаса а йохуьйтуш.
меч на коней его и на колесницы его и на все разноплемённые народы среди него, и они будут как женщины; меч на сокровища его, и они будут расхищены;
Йокъа хІоттае Бавеларчу хишна тІе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хІунда аьлча Бавел – цІуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цІуша уьш хьерабоху.
засуха на воды его, и они иссякнут; ибо это земля истуканов, и они обезумеют от идольских страшилищ.
Яьссачу аренийн акхарой а, чангІалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухІанаш а хир ю кху лаьтта тІехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тІейогІучу тІаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Іаш хир вац.
И поселятся там степные звери с шакалами, и будут жить на ней страусы, и не будет обитаема во веки и населяема в роды родов.
Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дІаяхаре терра, – боху Везачу Эло, – иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац.
Как ниспровержены Богом Содом и Гоморра и соседние города их, говорит Господь, так [и] тут ни один человек не будет жить, и сын человеческий не будет останавливаться.
Хьовсал, къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам.
Вот, идёт народ от севера, и народ великий, и многие цари поднимаются от краёв земли;
Церан карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. Хьоьца тІом бан кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Бавел.
держат в руках лук и копьё; они жестоки и немилосерды; голос их шумен, как море; несутся на конях, выстроились как один человек, чтобы сразиться с тобою, дочь Вавилона.
Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гІелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь.
Услышал царь Вавилонский весть о них, и руки у него опустились; скорбь объяла его, муки, как женщину в родах.
Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана бавелхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур вара Суна дуьхьал?
Вот, восходит он, как лев, от возвышения Иордана на укреплённые жилища; но Я заставлю их поспешно уйти из него, и, кто избран, тому вверю его. Ибо кто подобен Мне? и кто потребует от Меня ответа? И какой пастырь противостанет Мне?
ЛадогІал Веза Эла волчу Ас Бавел-гІалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дІакхоьхьур бу. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш.
Итак выслушайте определение Господа, какое Он постановил о Вавилоне, и намерения Его, какие Он имеет о земле Халдейской: истинно, самые малые из стад повлекут их; истинно, он опустошит жилища их с ними.
Бавел схьаяьккхина яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дІахезаш хир ду».
От шума взятия Вавилона потрясётся земля, и вопль будет слышен между народами.
Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан бахархошна а тІе хІаллакбо мох хьокхуьйтур бу.
Так говорит Господь: вот, Я подниму на Вавилон и на живущих среди него противников Моих.
Хийра нах Ас Бавелан къомана тІегІуртуьйтур бу. ИрхдугІучу хенахь кегаш мохо дІахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тІе бохам бечу дийнахь массо а агІор оцу махкана го бийр бу цара.
И пошлю на Вавилон веятелей, и развеют его, и опустошат землю его; ибо в день бедствия нападут на него со всех сторон.
СекхаІад кхуссучарна шайн Іад дула я шайн гІаьгІнаш тІедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хІаллакде!
Пусть стрелец напрягает лук против напрягающего [лук] и на величающегося бронёю своею; и не щадите юношей его, истребите всё войско его.
Хашадхойн лаьтта тІехь Іохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тІехь Іохкур бу».
Поражённые пусть падут на земле Халдейской, и пронзённые — на дорогах её.
Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, йисина Іаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а.
Ибо не овдовел Израиль и Иуда от Бога Своего, Господа Саваофа; хотя земля их полна грехами пред Святым Израилевым.
Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю.
Бегите из среды Вавилона и спасайте каждый душу свою, чтобы не погибнуть от беззакония его, ибо это время отмщения у Господа, Он воздаёт ему воздаяние.
Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш.
Вавилон был золотою чашею в руке Господа, опьянявшею всю землю; народы пили из неё вино и безумствовали.
Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна.
Внезапно пал Вавилон и разбился; рыдайте о нём, возьмите бальзама для раны его: может быть, он исцелеет.
«Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю».
Врачевали мы Вавилон, но не исцелился; оставьте его, и пойдём каждый в свою землю, потому что приговор о нём достиг до небес и поднялся до облаков.
Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахІиттийна, ткъа вай хІинца, Цийон-лам тІе а дахана, дІадийца деза вайн Везачу Дала динарг».
Господь вывел на свет правду нашу; пойдём и возвестим на Сионе дело Господа Бога нашего.
Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий!
Острите стрелы, наполняйте колчаны; Господь возбудил дух царей Мидийских, потому что у Него есть намерение против Вавилона, чтобы истребить его, ибо это есть отмщение Господа, отмщение за храм Его.
Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду.
Против стен Вавилона поднимите знамя, усильте надзор, расставьте сторожей, приготовьте засады, ибо, как Господь помыслил, так и сделает, что изрёк на жителей Вавилона.
Дукха хишна уллохь Іаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гІала, хьан чаккхе тІекхаьчна, хьан дахар дІахеда хан тІееана.
О, ты, живущий при водах великих, изобилующий сокровищами! пришёл конец твой, мера жадности твоей.
Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду».
Господь Саваоф поклялся Самим Собою: истинно говорю, что наполню тебя людьми, как саранчою, и поднимут крик против тебя.
Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна.
Он сотворил землю силою Своею, утвердил вселенную мудростью Своею и разумом Своим распростёр небеса.
Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш туху, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху.
По гласу Его шумят воды на небесах, и Он возводит облака от краёв земли, творит молнии среди дождя и изводит ветер из хранилищ Своих.
ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац.
Безумствует всякий человек в своём знании, срамит себя всякий плавильщик истуканом своим, ибо истукан его есть ложь, и нет в нём духа.
Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю.
Это совершенная пустота, дело заблуждения; во время посещения их они исчезнут.
Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Не такова, как их, доля Иакова, ибо [Бог его] есть Творец всего, и [Израиль] есть жезл наследия Его, имя Его — Господь Саваоф.
Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора.
Ты у Меня — молот, оружие воинское; тобою Я поражал народы и тобою разорял царства;
Хьоьца Ас говр а, цунна тІера бере а хьошура, хьоьца Ас гІудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура,
тобою поражал коня и всадника его и тобою поражал колесницу и возницу её;
хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура,
тобою поражал мужа и жену, тобою поражал и старого и молодого, тобою поражал и юношу и девицу;
хьоьца Ас Іу а, жа а хьошура, хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура, хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура».
и тобою поражал пастуха и стадо его, тобою поражал и земледельца и рабочий скот его, тобою поражал и областеначальников и градоправителей.
«Ткъа хІинца ЯхІудхойн бІаьргашна хьалха Ас дІадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тІехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –
И воздам Вавилону и всем жителям Халдеи за всё то зло, какое они делали на Сионе в глазах ваших, говорит Господь.