che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Рахбин кІанта ЯхІу-Надаба шен тІаьхьенна, чагІар ма мала аьлла, тІедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогІуш ду. Уьш таханлера де тІекхаччалц чагІар ца молуш схьабогІуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Іаш ву, амма аша Соьга ла ца дугІу.
Слова Ионадава, сына Рехавова, который завещал сыновьям своим не пить вина, выполняются, и они не пьют до сего дня, потому что слушаются завещания отца своего; а Я непрестанно говорил вам, говорил с раннего утра, и вы не послушались Меня.
Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца ду...
Я посылал к вам всех рабов Моих, пророков, посылал с раннего утра, и говорил: «обратитесь каждый от злого пути своего и исправьте поведение ваше, и не ходите во след иных богов, чтобы служить им; и будете жить на этой земле, которую Я дал вам и отцам вашим»; но вы не приклонили уха своего и не послушались Меня.
Рахбин кІентан ЯхІу-Надабан тІаьхьено шайн дас шайга дина весет кхочушдо, ткъа хІокху къомо Соьга ла ца доьгІна’.
Так как сыновья Ионадава, сына Рехавова, выполняют заповедь отца своего, которую он заповедал им, а народ сей не слушает Меня,
Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхІудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хІунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгІна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“».
посему так говорит Господь Бог Саваоф, Бог Израилев: вот, Я наведу на Иудею и на всех жителей Иерусалима всё то зло, которое Я изрёк на них, потому что Я говорил им, а они не слушались, звал их, а они не отвечали.
Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхІус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхІу-Надабе аша ладугІура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хІуманна тІехь цо ма-аллара шу лелара.
А дому Рехавитов сказал Иеремия: так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: за то, что вы послушались завещания Ионадава, отца вашего, и храните все заповеди его и во всём поступаете, как он завещал вам,—
И хІума бахьана долуш, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Рахбин кІант волчу ЯхІу-Надабан тІаьхьенах гуттаренна а Суна гІуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“».
за то, так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: не отнимется у Ионадава, сына Рехавова, муж, предстоящий пред лицем Моим во все дни.
ЯхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІанта ЯхІу-Якхама олалла до доьалгІа шо долуш, Ярми-ЯхІуга Везачу Элера иштта хаам кхечира:
В четвёртый год Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского, было такое слово к Иеремии от Господа:
«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхІудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дІаязде. Юши-ЯхІу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дІаязбе.
возьми себе книжный свиток и напиши в нём все слова, которые Я говорил тебе об Израиле и об Иуде и о всех народах с того дня, как Я начал говорить тебе, от дней Иосии до сего дня;
ЯхІудан къомана дІахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тІаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тІера дІабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».
может быть, дом Иудин услышит о всех бедствиях, какие Я помышляю сделать им, чтобы они обратились каждый от злого пути своего, чтобы Я простил неправду их и грех их.
ТІаккха Ярми-ЯхІус Нери-ЯхІун кІант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тІе дІаяздора.
И призвал Иеремия Варуха, сына Нирии, и написал Варух в книжный свиток из уст Иеремии все слова Господа, которые Он говорил ему.
Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІус элира Барухе: «Со Везачу Элан цІийнан керта ваха йиш йолуш вац: цу чу вахар суна дихкина ду.
И приказал Иеремия Варуху и сказал: я заключён и не могу идти в дом Господень;
Цундела наха марха кхобучу дийнахь Везачу Элан цІа долчу гІо, ас дІадуьйцучу хенахь айхьа дІаяздина Везачу Элан дешнаш гулбеллачарна дІа а деша. Уьш ахьа дІадеша деза шайн гІаланашкара Ярушалайме схьагулбеллачу массо а яхІудхошна.
итак иди ты и прочитай написанные тобою в свитке с уст моих слова Господни вслух народа в доме Господнем в день поста, также и вслух всех Иудеев, пришедших из городов своих, прочитай их;
Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дІабовла ма мега, хІунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дІакхайкхийна оьгІазалла а, дералла а чІогІа йоккха ю».
может быть, они вознесут смиренное моление пред лице Господа и обратятся каждый от злого пути своего; ибо велик гнев и негодование, которое объявил Господь на народ сей.
Нери-ЯхІун кІанта Баруха дерриг а шега Ярми-ЯхІу-пайхамаро ма-аллара дира. Цо Везачу Элан цІийнан кертахь тептар тІехь дІаяздина долу Везачу Элан дешнаш аз айина дІадийшира.
Варух, сын Нирии, сделал всё, что приказал ему пророк Иеремия, чтобы слова Господни, написанные в свитке, прочитать в доме Господнем.
ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу пхоьалгІачу шеран уьссалгІачу баттахь Ярушалайман бахархошка а, иштта ЯхІуд-махкарчу гІаланашкара Ярушалайм-гІала даьхкинчу массо а адамашка а Везачу Элан хьалха марха кхаба дІакхайкхийра.
В пятый год Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского, в девятом месяце объявили пост пред лицем Господа всему народу в Иерусалиме и всему народу, пришедшему в Иерусалим из городов Иудейских.
Цу хенахь Баруха, гулбеллачу массо а нахана а хезаш, Везачу Элан цІа долчохь хьарчийначу тептар тІера Ярми-ЯхІун дешнаш дІадийшира. Йозанча волчу Шапанин кІентан Гамар-ЯхІун цІа чуьра и тептар дІадоьшуш вара Барух. Цуьнан цІа лакхарчу кертахь, Везачу Элан цІийнан керлачу кевнна уллохь дара.
И прочитал Варух написанные в свитке слова Иеремии в доме Господнем, в комнате Гемарии, сына Сафанова, писца, на верхнем дворе, у входа в новые ворота дома Господня, вслух всего народа.
Тептар тІера дІадоьшуш долу Везачу Элан массо а дешнаш хезаш вара Шапанин кІентан Гамар-ЯхІун кІант Мика-ЯхІу.
Михей, сын Гемарии, сына Сафанова, слышал все слова Господни, [написанные] в свитке,
Иза паччахьан гІалина чохь долчу йозанчин цІа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Іаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаІ а, ШамІа-ЯхІун кІант Дали-ЯхІу а, Іахбаран кІант Эли-Ната а, Шапанин кІант Гамар-ЯхІу а, Хьанан-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а.
и сошёл в дом царя, в комнату царского писца, и вот, там сидели все князья: Елисам, царский писец, и Делаия, сын Семаия, и Елнафан, сын Ахбора, и Гемария, сын Сафана, и Седекия, сын Анании, и все князья;
Нахана хьалха тептар тІера Баруха дІадоьшуш шена хезна массо а дешнаш Мика-ЯхІус мехкан баьччанашна дІадийцира.
и пересказал им Михей все слова, которые он слышал, когда Варух читал свиток вслух народа.
ТІаккха мехкан баьччанаша Барух волчу Хушин кІант волчу Шалам-ЯхІун кІентан Натан-ЯхІун кІант ЯхІуди вахийтира цуьнга иштта вистхила: «Халкъана хьалха дІадешна долу тептар схьа а эций, соьца схьавола», – аьлла. Нери-ЯхІун кІант Барух, и тептар схьа а эцна, уьш болчу схьавеара.
Тогда все князья послали к Варуху Иегудия, сына Нафании, сына Селемии, сына Хусии, сказать ему: свиток, который ты читал вслух народа, возьми в руку твою и приди. И взял Варух, сын Нирии, свиток в руку свою и пришёл к ним.
Цара цуьнга, охьа а хаий, шайна хозуьйтуш и тептар дІадеша элира. Баруха иза дІадийшира.
Они сказали ему: сядь, и прочитай нам вслух. И прочитал Варух вслух им.
Цу тІехь дерг шайна хезча, баьччанаша, кхерамца вовшашка а хьаьвсина, Барухе элира: «И дерриг а паччахье дІадийца деза оха».
Когда они выслушали все слова, то с ужасом посмотрели друг на друга и сказали Варуху: мы непременно перескажем все сии слова царю.
Цара Барухе хаьттира: «Дийцал, муха дІаяздина ахьа и дешнаш? Ярми-ЯхІус ма-аллара, яздиний ахьа уьш?»
И спросили Варуха: скажи же нам, как ты написал все слова сии из уст его?
Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хІара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хІокху хьарчийначу тептар тІе дІаяздина».
И сказал им Варух: он произносил мне устами своими все сии слова, а я чернилами писал их в этот свиток.
ТІаккха баьччанаша Барухе элира: «Хьо Ярми-ЯхІуца цхьаьна дІалачкъа веза, цхьаьнгге а шаьшшиъ мичахь ву дІа а ца хоуьйтуш».
Тогда сказали князья Варуху: пойди, скройся, ты и Иеремия, чтобы никто не знал, где вы.
И тептар паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаІан чохь а дитина, кертахь волчу паччахьна тІе бахара баьччанаш. Цара и массо а хІума паччахье дІадийцира.
И пошли они к царю во дворец, а свиток оставили в комнате Елисама, царского писца, и пересказали вслух царя все слова сии.
Паччахьо ЯхІуди вахийтира, и тептар схьада аьлла. Паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаІера и тептар схьа а эцна, ЯхІудис иза схьадеара. Цо, паччахьна а, цунна уллохь лаьтташ болчу массо а баьччанашна а хозуьйтуш, иза дІадийшира.
Царь послал Иегудия принести свиток, и он взял его из комнаты Елисама, царского писца; и читал его Иегудий вслух царя и вслух всех князей, стоявших подле царя.
И шадерг а шеран уьссалгІачу баттахь дара, цундела паччахь ша Іа доккхуш хуьлучу цІа чохь вара. Иза, шена хьалха кхерчахь йогуш цІе а йолуш, Іаш вара.
Царь в то время, в девятом месяце, сидел в зимнем доме, и перед ним горела жаровня.
ЯхІудис хьарчийначу тептар тІехь яздинчух кхо-биъ бІогІам дІа мосазза боьшу а, паччахьо цо дІадешнарг, жимачу уьрсаца схьа а хададой, цІерга кхуссура. Цо иштта дира, и дерриг а тептар цІергахь дагийна дІадаллалц.
Когда Иегудий прочитывал три или четыре столбца, [царь] отрезывал их писцовым ножичком и бросал на огонь в жаровне, доколе не уничтожен был весь свиток на огне, который был в жаровне.
Я паччахь а, я цуьнан берриг ялхой а, цу тептар тІера дешнаш шайна хезча, кхера а ца белира, цара шайна тІера бедарш а ца этІийра.
И не убоялись, и не разодрали одежд своих ни царь, ни все слуги его, слышавшие все слова сии.
Эли-Натас а, Дали-ЯхІус а, Гамар-ЯхІус а дехарш динехь а, паччахье и тептар ма дагаде бохуш, амма цо цаьрга ла ца дуьйгІира.
Хотя Елнафан и Делаия и Гемария упрашивали царя не сожигать свитка, но он не послушал их.
Паччахьо шен кІанте Ярахьмиале а, Іазриалан кІанте Сари-ЯхІуга а, Іабдиалан кІанте Шалам-ЯхІуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхІу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.
И приказал царь Иерамеилу, сыну царя, и Сераии, сыну Азриилову, и Селемии, сыну Авдиилову, взять Варуха писца и Иеремию пророка; но Господь сокрыл их.
ЯхІу-Якхам-паччахьо Ярми-ЯхІун багара схьадаьлла а, Баруха дІаяздина а дешнаш тІехь долу тептар дагийначул тІаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхІуга:
И было слово Господне к Иеремии, после того как царь сожег свиток и слова, которые Варух написал из уст Иеремии, и сказано ему:
«Хьарчийна керла тептар схьа а эций, цу тІе яхІудхойн паччахьо ЯхІу-Якхама дагийначу тептар тІехь хилла долу дешнаш дІаязде.
возьми себе опять другой свиток и напиши в нём все прежние слова, какие были в первом свитке, который сожег Иоаким, царь Иудейский;
ЯхІудхойн паччахь волчу ЯхІу-Якхаме дІаала: „Иштта боху Везачу Эло: ахьа хІара тептар дагийна: ‘ХІунда яздина ахьа кху тІе Бавелан паччахь схьа а веана, цо хІара латта хІаллакдийр ду, цу тІехь мел долу адамаш а, хьайбанаш а дойуш?’ – аьлла.
а царю Иудейскому Иоакиму скажи: так говорит Господь: ты сожег свиток сей, сказав: «зачем ты написал в нём: непременно придёт царь Вавилонский и разорит землю сию, и истребит на ней людей и скот?»
Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхІу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Даудан тІаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду.
за это, так говорит Господь об Иоакиме, царе Иудейском: не будет от него сидящего на престоле Давидовом, и труп его будет брошен на зной дневной и на холод ночной;
Ас таІзар дийр ду ЯхІу-Якхамна а, цуьнан тІаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхІуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“».
и посещу его и племя его и слуг его за неправду их, и наведу на них и на жителей Иерусалима и на мужей Иуды всё зло, которое Я изрёк на них, а они не слушали.
Ярми-ЯхІус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІаделира. Цул тІаьхьа яхІудхойн паччахь волчу ЯхІу-Якхама дагийначу тептар тІехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тІе дІаяздира. Цу дешнаш тІе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дІаяздина.
И взял Иеремия другой свиток и отдал его Варуху писцу, сыну Нирии, и он написал в нём из уст Иеремии все слова того свитка, который сожег Иоаким, царь Иудейский, на огне; и ещё прибавлено к ним много подобных тем слов.
Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхІу-Якхаман кІентан ЯхІу-Яхинан метта, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу охьахаийра.
Вместо Иехонии, сына Иоакима, царствовал Седекия, сын Иосии, которого Навуходоносор, царь Вавилонский, поставил царём в земле Иудейской.
Я ЦІадукъ-ЯхІус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугІура пайхамар волчу Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьллачуьнга.
Ни он, ни слуги его, ни народ страны не слушали слов Господа, которые говорил Он чрез Иеремию пророка.
ЦІадукъ-ЯхІус Шалам-ЯхІун кІант ЯхІукал а, МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а вахийтира Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дІаала: «Тхуна тІера доІа дехьа вайн Везачу Деле».
Царь Седекия послал Иегухала, сына Селемии, и Софонию, сына Маасеи, священника, к Иеремии пророку сказать: помолись о нас Господу Богу нашему.
Ярми-ЯхІу хІинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара.
Иеремия тогда ещё свободно входил и выходил среди народа, потому что не заключили его в дом темничный.
Эццахь пирІунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дІалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хІума шайна дІахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.
Между тем войско фараоново выступило из Египта, и Халдеи, осаждавшие Иерусалим, услышав весть о том, отступили от Иерусалима.
ТІаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІу-пайхамаре:
И было слово Господне к Иеремии пророку:
«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.
так говорит Господь, Бог Израилев: так скажите царю Иудейскому, пославшему вас ко Мне вопросить Меня: вот, войско фараоново, которое шло к вам на помощь, возвратится в землю свою, в Египет;
Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хІокху гІалина дуьхьал кхин цкъа а тІом беш дІахІуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цІергахь ягор ю цара“.
а Халдеи снова придут и будут воевать против города сего, и возьмут его и сожгут его огнём.
Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Іеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дІагІур бу бохуш, хІунда аьлча уьш дІагІур бац.
Так говорит Господь: не обманывайте себя, говоря: «непременно отойдут от нас Халдеи», ибо они не отойдут;
Аша шайна дуьхьал тІом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хІаллакдахь а, царах чевнаш хилла тІемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гІевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хІара гІала цІарца ягор яра“».
если бы вы даже разбили всё войско Халдеев, воюющих против вас, и остались бы у них только раненые, то и те встали бы, каждый из палатки своей, и сожгли бы город сей огнём.
ПирІунан эскар схьагІортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дІадаьллачул тІаьхьа,
В то время, как войско Халдейское отступило от Иерусалима, по причине войска фараонова,
Ярми-ЯхІу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дІаваха хІоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама.
Иеремия пошёл из Иерусалима, чтобы уйти в землю Вениаминову, скрываясь оттуда среди народа.
Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гІаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхІун кІентан Шалам-ЯхІун кІанта Йираъ-ЯхІус Ярми-ЯхІу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла.
Но когда он был в воротах Вениаминовых, бывший там начальник стражи, по имени Иреия, сын Селемии, сына Анании, задержал Иеремию пророка, сказав: ты хочешь перебежать к Халдеям?
Ярми-ЯхІус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгІира. Йираъ-ЯхІус иза, дІа а лаьцна, баьччанаш болчу дІавигира.
Иеремия сказал: это ложь; я не хочу перебежать к Халдеям. Но он не послушал его, и взял Иреия Иеремию и привёл его к князьям.
Ярми-ЯхІуна оьгІазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхІунатин цІа чу воьллира, хІунда аьлча цу цІийнах цара набахти йинера.
Князья озлобились на Иеремию и били его, и заключили его в темницу, в дом Ионафана писца, потому что сделали его темницею.
Ярми-ЯхІу цу цІийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо.
Когда Иеремия вошёл в темницу и подвал, и пробыл там Иеремия много дней,—
Цул тІаьхьа ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цІахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхІус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дІалур ву», – аьлла.
царь Седекия послал и взял его. И спрашивал его царь в доме своём тайно и сказал: нет ли слова от Господа? Иеремия сказал: есть; и сказал: ты будешь предан в руки царя Вавилонского.
Ярми-ЯхІус ЦІадукъ-ЯхІу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хІокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал?
И сказал Иеремия царю Седекии: чем я согрешил перед тобою и перед слугами твоими, и перед народом сим, что вы посадили меня в темницу?
Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хІокху махкана а тІелетар вац“, – бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш?
и где ваши пророки, которые пророчествовали вам, говоря: «царь Вавилонский не пойдёт против вас и против земли сей»?
Ткъа хІинца ладогІахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхІунатин цІа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву».
И ныне послушай, государь мой царь, да падёт прошение моё пред лице твоё; не возвращай меня в дом Ионафана писца, чтобы мне не умереть там.
ЦІадукъ-ЯхІус омра дира, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чуволла, гІалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хІора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чувоьллина Іаш вара.
И дал повеление царь Седекия, чтобы заключили Иеремию во дворе стражи и давали ему по куску хлеба на день из улицы хлебопёков, доколе не истощился весь хлеб в городе; и так оставался Иеремия во дворе стражи.
Матанин кІантана Шапат-ЯхІуна а, Пашихьуран кІантана Гадал-ЯхІуна а, Шалам-ЯхІун кІантана ЯхІукалана а, Малки-ЯхІун кІантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхІус массо а халкъе иштта дешнаш дІакхайкхош:
И услышали Сафатия, сын Матфана, и Годолия, сын Пасхора, и Юхал, сын Селемии, и Пасхор, сын Малхии, слова, которые Иеремия произнёс ко всему народу, говоря:
«Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“.
так говорит Господь: кто останется в этом городе, умрёт от меча, голода и моровой язвы; а кто выйдет к Халдеям, будет жив, и душа его будет ему вместо добычи, и он останется жив.
Везачу Эло кхин а боху: „ХІара гІала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дІалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“».
Так говорит Господь: непременно предан будет город сей в руки войска царя Вавилонского, и он возьмёт его.
ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду».
Тогда князья сказали царю: да будет этот человек предан смерти, потому что он ослабляет руки воинов, которые остаются в этом городе, и руки всего народа, говоря к ним такие слова; ибо этот человек не благоденствия желает народу сему, а бедствия.
ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хІумма а дан йиш йолуш вац».
И сказал царь Седекия: вот, он в ваших руках, потому что царь ничего не может делать вопреки вам.
Цара Ярми-ЯхІу, схьа а лаьцна, гІаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кІентан Малки-ЯхІун гІунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхІу, машшаш а дихкина, цу гІунна чу охьавоссийтира. Цу гІунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхІу.
Тогда взяли Иеремию и бросили его в яму Малхии, сына царя, которая была во дворе стражи, и опустили Иеремию на верёвках; в яме той не было воды, а только грязь, и погрузился Иеремия в грязь.
Паччахьан цІа чохь гІуллакх деш волчу Іабайд-Малик цІе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхІу гІу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Іаш хилла.
И услышал Авдемелех Ефиоплянин, один из евнухов, находившихся в царском доме, что Иеремию посадили в яму; а царь сидел тогда у ворот Вениаминовых.
Паччахьан цІа чуьра ара а ваьлла, Іабайд-Малика, цунна тІе а вахана, элира:
И вышел Авдемелех из дома царского и сказал царю:
«Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхІу гІунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хІунда аьлча кху гІалахь кхин бепиг дац».
государь мой царь! худо сделали эти люди, так поступив с Иеремиею пророком, которого бросили в яму; он умрёт там от голода, потому что нет более хлеба в городе.
ТІаккха паччахьо хушахо волчу Іабайд-Малике омра дина: «Хьайца кхузара ткъе итт стаг схьа а эций, Ярми-ЯхІу гІунна чуьра хьалаваккха, иза валале».
Царь дал приказание Авдемелеху Ефиоплянину, сказав: возьми с собою отсюда тридцать человек и вытащи Иеремию пророка из ямы, доколе он не умер.
Іабайд-Малика, шеца нах схьа а эцна, паччахьан цІийнан чІоь-цІенна кІелахь йолчу чоьнна чуьра тиша тІелхигаш а, ца оьшуш йолу кІадинан кескаш а схьа а эцна, уьш Ярми-ЯхІу чохь волчу гІу чу тІергаш а тесна, чу яхийтира.
Авдемелех взял людей с собою и вошёл в дом царский под кладовую, и взял оттуда старых негодных тряпок и старых негодных лоскутьев и опустил их на верёвках в яму к Иеремии.
Хушахо волчу Іабайд-Малика элира Ярми-ЯхІуга: «ХІара тиша тІелхигаш а, кІадинан кескаш а хьайн пхьаьрса кІел а яхкий, царна тІехула муш бахийта». Ярми-ЯхІус шега де ма-аллара дира.
И сказал Авдемелех Ефиоплянин Иеремии: подложи эти старые брошенные тряпки и лоскутья под мышки рук твоих, под верёвки. И сделал так Иеремия.
Машшашца хьала а озийна, цара гІунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхІу. ТІаккха иза гІаролхойн кертахь Іийра.
И потащили Иеремию на верёвках и вытащили его из ямы; и оставался Иеремия во дворе стражи.
ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІус шена тІекхайкхира Ярми-ЯхІу. Везачу Элан цІийнан кертан кхоалгІа ков долчу схьавалийра Ярми-ЯхІу. Паччахьо элира: «Ас хІинца цхьа хІума хоттур ду хьоьга, ткъа ахьа, хІумма а къайла ца доккхуш, суна жоп дала деза».
Тогда царь Седекия послал и призвал Иеремию пророка к себе, при третьем входе в дом Господень, и сказал царь Иеремии: я у тебя спрошу нечто; не скрой от меня ничего.
Ярми-ЯхІус ЦІадукъ-ЯхІуга элира: «Ас хьайна жоп делча, ахьа со вуьйр ма ву, ткъа ас хьайна хьехар дича, ахьа иза дІаоьцур дац».
И сказал Иеремия Седекии: если я открою тебе, не предашь ли ты меня смерти? и если дам тебе совет, ты не послушаешь меня.
Амма ЦІадукъ-ЯхІус къайлаха Ярми-ЯхІуна чІагІо йира: «Вайна хІара дахар кхоьллина а, дийна а волчу Везачу Элах чІагІо йо ас: ас вуьйр вац хьо, иштта хьо вен гІерташ болчу нехан кара дІа а лур вац аса».
И клялся царь Седекия Иеремии тайно, говоря: жив Господь, Который сотворил нам душу сию, не предам тебя смерти и не отдам в руки этих людей, которые ищут души твоей.
ТІаккха Ярми-ЯхІус элира ЦІадукъ-ЯхІуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хІара гІала а цІарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу.
Тогда Иеремия сказал Седекии: так говорит Господь Бог Саваоф, Бог Израилев: если ты выйдешь к князьям царя Вавилонского, то жива будет душа твоя, и этот город не будет сожжён огнём, и ты будешь жив, и дом твой;
Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“».
а если не выйдешь к князьям царя Вавилонского, то этот город будет предан в руки Халдеев, и они сожгут его огнём, и ты не избежишь от рук их.
Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со».
И сказал царь Седекия Иеремии: я боюсь Иудеев, которые перешли к Халдеям, чтобы [Халдеи] не предали меня в руки их, и чтобы те не надругались надо мною.
ТІаккха Ярми-ЯхІус элира: «Хашадхойн тІемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхІудхошка дІалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогІахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву.
И сказал Иеремия: не предадут; послушай гласа Господа в том, что я говорю тебе, и хорошо тебе будет, и жива будет душа твоя.
Нагахь ахьа хьо церан кара ца водахь, хир ду аьлла Везачу Эло суна дІадиллинарг хІара ду:
А если ты не захочешь выйти, то вот слово, которое открыл мне Господь:
ЯхІудхойн паччахьан цІа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дІабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду: „Хьан тешамечара хьо ле ма вина, хьан доттагІаша хьо къера ма хилийтина. Хьан когаш саззи юкъа ма бахана, хьан доттагІий хьуна гена ма бевлла“.
вот, все жёны, которые остались в доме царя Иудейского, отведены будут к князьям царя Вавилонского, и скажут они: «тебя обольстили и превозмогли друзья твои; ноги твои погрузились в грязь, и они удалились от тебя».
Берриш а хьан зударий а, бераш а, дІа а бигина, хашадхошна дІалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хІара гІала цІарца ягор ю».
И всех жён твоих и детей твоих отведут к Халдеям, и ты не избежишь от рук их; но будешь взят рукою царя Вавилонского, и сделаешь то, что город сей будет сожжён огнём.
ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІус элира Ярми-ЯхІуга: «ХІара дешнаш цхьана стагана а ма хаийта, хьо ца валийтархьама.
И сказал Седекия Иеремии: никто не должен знать этих слов, и тогда ты не умрёшь;
Сан баьччанашна дІахаа мега ас хьоьца къамел дина хилар. Цара, схьа а баьхкина, хьоьга хатта тарло: „Бакъдерг схьадийца, хІун элира ахьа паччахье а, паччахьо хьоьга хІун элира а? Тхох къайла ма даккхалахь шаьшшиннан хилла къамел, тІаккха оха хьо вуьйр вац“.
и если услышат князья, что я разговаривал с тобою, и придут к тебе, и скажут тебе: «скажи нам, что говорил ты царю, не скрой от нас, и мы не предадим тебя смерти,— и также что говорил тебе царь»,
Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхІунатин цІийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“».
то скажи им: «я повергнул пред лице царя прошение моё, чтобы не возвращать меня в дом Ионафана, чтобы не умереть там».
Массо а баьччанаш Ярми-ЯхІу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхІус. ХІумма а ца олуш, уьш дІабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела.
И пришли все князья к Иеремии и спрашивали его, и он сказал им согласно со всеми словами, какие царь велел [сказать], и они молча оставили его, потому что не узнали сказанного царю.
Ярми-ЯхІу гІаролхой болчу кертахь Іийра, Ярушалайм дІалоцу де тІекхаччалц.
И оставался Иеремия во дворе стражи до того дня, в который был взят Иерусалим. И Иерусалим был взят.
ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волу уьссалгІачу шеран уьтталгІачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дІахІоьттира.
В девятый год Седекии, царя Иудейского, в десятый месяц, пришёл Навуходоносор, царь Вавилонский, со всем войском своим к Иерусалиму, и обложили его.
Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волчу цхьайтталгІачу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІачу дийнахь гІалин пенех мостагІаша Іуьрг даьккхира.
А в одиннадцатый год Седекии, в четвёртый месяц, в девятый день месяца город был взят.
Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гІалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кІоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тІеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тІеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара.
И вошли [в него] все князья царя Вавилонского, и расположились в средних воротах, Нергал-Шарецер, Самгар-Нево, Сарсехим, начальник евнухов, Нергал-Шарецер, начальник магов, и все остальные князья царя Вавилонского.
ЯхІудхойн паччахь а, цуьнца болу тІемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гІалара ара а бевлла, бевдда дІабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Іариба-тогІи йолчу дІабахара.
Когда Седекия, царь Иудейский, и все военные люди увидели их,— побежали, и ночью вышли из города через царский сад в ворота между двумя стенами и пошли по дороге равнины.
Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира.
Но войско Халдейское погналось за ними; и настигли Седекию на равнинах Иерихонских; и взяли его и отвели к Навуходоносору, царю Вавилонскому, в Ривлу, в землю Емаф, где он произнёс суд над ним.
Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо.
И заколол царь Вавилонский сыновей Седекии в Ривле перед его глазами, и всех вельмож Иудейских заколол царь Вавилонский;
Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу, бІаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дІавига кечвира.
а Седекии выколол глаза и заковал его в оковы, чтобы отвести его в Вавилон.
Хашадхоша паччахьан цІа а, иштта Ярушалаймехь долу цІенош а дагийра, гІалин гонахара пенаш а охьаэгийра.
Дом царя и домы народа сожгли Халдеи огнём, и стены Иерусалима разрушили.
ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира.
А остаток народа, остававшийся в городе, и перебежчиков, которые перешли к нему, и прочий оставшийся народ Навузардан, начальник телохранителей, переселил в Вавилон.
Шайн долахь цхьа а хІума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхІуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дІа а елла.
Бедных же из народа, которые ничего не имели, Навузардан, начальник телохранителей, оставил в Иудейской земле и дал им тогда же виноградники и поля.
Ткъа Ярми-ЯхІух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тІедиллинера:
А о Иеремии Навуходоносор, царь Вавилонский, дал такое повеление Навузардану, начальнику телохранителей:
«Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», – аьлла.
возьми его и имей его во внимании, и не делай ему ничего худого, но поступай с ним так, как он скажет тебе.
ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана а, тІеман коьрта хьаькам волчу Набуш-Забана а, тІеман хьаькам волчу Нургал-Шар-Эцара а, иштта кхиболчу хашадхойн тІеман хьаькамаша а Ярми-ЯхІу лаха нах бахийтира.
И послал Навузардан, начальник телохранителей, и Навузазван, начальник евнухов, и Нергал-Шарецер, начальник магов, и все князья царя Вавилонского