che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ДІахІоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагІа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хІаллак ма би. Цуьнан паччахьан гІишлош йохийна дІа ма ехи. Цуьнан ерриг а чІагІонаш дакъазаяьхна йити. ЯхІудан йоІ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хІинца чІогІа алсам Цо ма даьккхи.
Господь стал как неприятель, истребил Израиля, разорил все чертоги его, разрушил укрепления его и распространил у дщери Иудиной сетование и плач.
Ерриге а Шен гІишло, бешахь лаьтта цІа санна йолу, Цо тІепаза дІаяьккхи. Шен гуламан меттиг а Цо хІаллакйина дІаяьккхи. Цийон-ломахь даздеш хилла деза денош дицдайти. Шена лерина шоьтан денош Везачу Эло дитийти. ЧІогІа Ша оьгІазваханчохь Цо паччахьаш дІатеси. Ша чІогІа дарвеллачохь динан дайх Иза дІавирзи.
И отнял ограду Свою, как у сада; разорил Своё место собраний, заставил Господь забыть на Сионе празднества и субботы; и в негодовании гнева Своего отверг царя и священника.
Жирга а хетта, Шен сагІа доккху кхерч юха а тоттуш, Хьалдолу Эла Шен цІийнах дІавирзи. Цуьнан дерриш а пенаш мостагІийн кара Цо дахийти. Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади. Везачу Элан цІа чохь цара йоккха гІовгІа ма яьккхи.
Отверг Господь жертвенник Свой, отвратил сердце Своё от святилища Своего, предал в руки врагов стены чертогов его; в доме Господнем они шумели, как в праздничный день.
ЗІенашца санна, гІалина гонах сиз а хьокхуш, билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо. Цийонан йоІан пен божорхьама Шен куьг юха ца даьккхира Цо. Арахула йолу чІагІонаш, пенашца цхьаьна хІаллак а йина, елхийтира Цо.
Господь определил разрушить стену дщери Сиона, протянул вервь, не отклонил руки Своей от разорения; истребил внешние укрепления, и стены вместе разрушены.
И дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана. Церан дерриг а гІораш а, дохийна, дІа ма даьхна. Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна. Товрат-хьехамаш Іамо кхин цхьа а вац. Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хІуьтту Везачу Элера долу суьрташ.
Ворота её вдались в землю; Он разрушил и сокрушил запоры их; царь её и князья её — среди язычников; не стало закона, и пророки её не сподобляются видений от Господа.
Къаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоІан къаной лаьтта тІе охьахевшина. Цара шайн кортошна тІе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догІмаш тІе а юьйхина. Ярушалайман йоІарша а, гІайгІанехь дІа а хІиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина.
Сидят на земле безмолвно старцы дщери Сионовой, посыпали пеплом свои головы, препоясались вретищем; опустили к земле головы свои девы Иерусалимские.
Ледарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна.
Истощились от слёз глаза мои, волнуется во мне внутренность моя, изливается на землю печень моя от гибели дщери народа моего, когда дети и грудные младенцы умирают от голода среди городских улиц.
Марахь долуш шайн наношка цу бераша ма олу: «Мичахь ду те бепиг, чагІар?» ТІаккха, чевнаш хилларш санна, гІалин урамашкахь охьа а оьгий, кийрара шайн синош дІа а хоьций, шайн нанойн карахь дІадовлу уьш.
Матерям своим говорят они: «где хлеб и вино?», умирая, подобно раненым, на улицах городских, изливая души свои в лоно матерей своих.
Нийсадерг хІун эр дара хьоьга, стенца хьо юста, Ярушалайм, ва сан йоІ? Стенах хьо таръе ас, хьо теярхьама, ва йоІстаг йолу хьо, Цийонан йоІ? Чов ю хьан, хІорд санна кІорга, ХІинца хьан тойийр яра те хьо?
Что мне сказать тебе, с чем сравнить тебя, дщерь Иерусалима? чему уподобить тебя, чтобы утешить тебя, дева, дщерь Сиона? ибо рана твоя велика, как море; кто может исцелить тебя?
Олура хьан пайхамарша даьссаниг а, харцдерг а. Хьо йийсаре ца яхийта, гучу ца яьккхира хьан Іесалла. Цара дуьйцу хиндерш а, адам ледеш, харц ма ду.
Пророки твои провещали тебе пустое и ложное и не раскрывали твоего беззакония, чтобы отвратить твоё пленение, и изрекали тебе откровения ложные и приведшие тебя к изгнанию.
Пе а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?»
Руками всплёскивают о тебе все проходящие путём, свищут и качают головою своею о дщери Иерусалима, говоря: «это ли город, который называли совершенством красоты, радостью всей земли?»
Резахиларца хиллачунна хьан мостагІий хьох кхаьрда, Цергаш хьекхош, цабашарца цара шакарш ма етта. «Вай кху дийне са а тийсира, вайна иза ган а ги, Вай и хІинца дІа а кхаьлли», – цара хІинца ма эли.
Разинули на тебя пасть свою все враги твои, свищут и скрежещут зубами, говорят: «поглотили мы его, только этого дня и ждали мы, дождались, увидели!»
Синтем боцуш Везачу Эло Шен дош кхочушди, хьалххе дуьйна Ша хьедина ма-хиллара. Хьо къизаллица Цо хІаллакйи, Ширачу хенахь Ша билгал ма-даккхара. И мостагІчунна хазахийти. Хьо цаезначийн ницкъ айи.
Совершил Господь, что определил, исполнил слово Своё, изречённое в древние дни, разорил без пощады и дал врагу порадоваться над тобою, вознёс рог неприятелей твоих.
Тийналлица кхойкху Хьалдолчу Эле адамийн дегнаша. Тергам белаш хІинца аша, Цийонан йоІан пенаша, Дийнаххьий, буьйсанний, Іовраш санна, бІаьрхиш хьан оьхийла. Хьан синтем а ма хуьлийла, хьан бІаьргийн садаІар а ма хуьлийла.
Сердце их вопиет к Господу: стена дщери Сиона! лей ручьём слёзы день и ночь, не давай себе покоя, не спускай зениц очей твоих.
Узамаш беш кхайкхарца, буьйсанан хІора дакъа долалуш, Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна, Іанаде Везачу Элана хьалха. Хьайн куьйгаш кховдаде доІанца Цуьнга, Хьайн берийн синош Цо Іалашдар доьхуш, Урамийн сенашкахь уьш мацалла лечу хенахь.
Вставай, взывай ночью, при начале каждой стражи; изливай, как воду, сердце твоё пред лицем Господа; простирай к Нему руки твои о душе детей твоих, издыхающих от голода на углах всех улиц.
Хьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цІа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а?
«Воззри, Господи, и посмотри: кому Ты сделал так, чтобы женщины ели плод свой, младенцев, вскормленных ими? чтобы убиваемы были в святилище Господнем священник и пророк?
Цу урамийн ченалахь ма Іохку бераш а, къаной а охьаэгна. Сан йоІарий а, кегий нах а мостагІчун туьро охьабехкина. ОьгІазваханчу ва дийнахь Ахь уьш хІаллакбира. Церан синош ца кхоош, къизаллица уьш байъира.
Дети и старцы лежат на земле по улицам; девы мои и юноши мои пали от меча; Ты убивал их в день гнева Твоего, заколал без пощады.
Іаьржа баланаш массо а агІор Ахь суна тІебалийра. Дезачу денна кхойкхуш санна, Ахь уьш суна тІебалийра. Везачу Эло оьгІазалла ша йинчу ва дийнахь Цхьа а дийна ца висира, цхьа а кІелхьара ца велира. Ас лелийна мел берш, кхиийна мел берш мостагІчо хІаллакбина дІабехира.
Ты созвал отовсюду, как на праздник, ужасы мои, и в день гнева Господня никто не спасся, никто не уцелел; тех, которые были мною вскормлены и вырощены, враг мой истребил».
Алссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах.
Я человек, испытавший горе от жезла гнева Его.
Араваьккхи со Цо Іаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама.
Он повёл меня и ввёл во тьму, а не во свет.
Аьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тІехь а латтийна, Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла.
Так, Он обратился на меня и весь день обращает руку Свою;
Билггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьІахкаш а ца мегачу ма яьхна.
измождил плоть мою и кожу мою, сокрушил кости мои;
Боккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дІа а лаьцна.
огородил меня и обложил горечью и тяготою;
Боданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Іохкуш болу нах санна.
посадил меня в тёмное место, как давно умерших;
Везачу Эло буржалш тоьхна суна, кІелхьар ца валийта го бина суна.
окружил меня стеною, чтобы я не вышел, отяготил оковы мои,
Везачу Элана дІа ца хезара сан доІа, со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш.
и когда я взывал и вопиял, задерживал молитву мою;
Везачу Эло тІулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо.
каменьями преградил дороги мои, извратил стези мои.
Гамонца тІекхета кечъелла ча санна, дІахІоьтти Иза суна. КІело еш долу лом санна, хили Иза суна.
Он стал для меня как бы медведь в засаде, [как бы] лев в скрытном месте;
Гамдина сан некъаш, цистина со дІаваьккхи, цхьа а воцург а вина, дІахІоттий Цо со.
извратил пути мои и растерзал меня, привёл меня в ничто;
ГІакх дина, дІахІоттий Цо со, Шен секхаІад а тІехьажий Цо суна.
натянул лук Свой и поставил меня как бы целью для стрел;
Дерриг а Шен Іад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тІетуьйхи Цо.
послал в почки мои стрелы из колчана Своего.
Дерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дІахІоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий.
Я стал посмешищем для всего народа моего, вседневною песнью их.
ДІовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна.
Он пресытил меня горечью, напоил меня полынью.
Ерриг сан цергаш жагІанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви.
Сокрушил камнями зубы мои, покрыл меня пеплом.
Ели сан даг чуьра маршо а дІа. Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а.
И удалился мир от души моей; я забыл о благоденствии,
«Ерриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дІаели сан, берриг а ницкъ дІабели сан», – элира ас тІаккха.
и сказал я: погибла сила моя и надежда моя на Господа.
Жирга хетачу стиман ІаІар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.
Помысли о моём страдании и бедствии моём, о полыни и жёлчи.
Жолам-яІ, мел дика дагахь лаьтта суна иза, ма доьхна ду-кха сан дог а хІинца.
Твёрдо помнит это душа моя и падает во мне.
Жим-жимма делахь а, юхадоьрзу сан сатийсар, суна иза дагадеача:
Вот что я отвечаю сердцу моему и потому уповаю:
Заманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тІе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гІуллакхаш чекх а ца девлла.
по милости Господа мы не исчезли, ибо милосердие Его не истощилось.
Зовкх-яІ, хІора Іуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кІоргге ду!
Оно обновляется каждое утро; велика верность Твоя!
Зийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Іийр ву!»
Господь часть моя, говорит душа моя, итак буду надеяться на Него.
Иштта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Іаш болчарна! Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна!
Благ Господь к надеющимся на Него, к душе, ищущей Его.
Иштта дика ду собарца Везачу Эле ладегІар, гІолехь ду Цо кІелхьардахаре хьежар.
Благо тому, кто терпеливо ожидает спасения от Господа.
Иштта, гІолехь ду стагана ша къона волуш, собаран дукъ лело иза Іемича.
Благо человеку, когда он несёт иго в юности своей;
Къаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тІе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Іан веза иза.
сидит уединённо и молчит, ибо Он наложил его на него;
Кхочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеІийла иза Везачу Элана хьалха, хІунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу.
полагает уста свои в прах, [помышляя]: «может быть, ещё есть надежда»;
Кхечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза.
подставляет ланиту свою биющему его, пресыщается поношением,
Ларам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза.
ибо не навек оставляет Господь.
Лан хала болу бала Ша тІебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.
Но послал горе, и помилует по великой благости Своей.
Лаа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кІенташна таІзар а, халахетар а.
Ибо Он не по изволению сердца Своего наказывает и огорчает сынов человеческих.
Ма хаьа-кх Цунна когаш кІел хьоьший кху лаьттара массо а тутмакх.
Но, когда попирают ногами своими всех узников земли,
Ма го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха адаман бакъонаш ларъеш ца хилча.
когда неправедно судят человека пред лицем Всевышнего,
Ма го-кх Хьалдолчу Элана, адамна кхел нийса еш ца хилча.
когда притесняют человека в деле его: разве не видит Господь?
Нагахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац.
Кто это говорит: «и то бывает, чему Господь не повелел быть»?
Нийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар?
Не от уст ли Всевышнего происходит бедствие и благополучие?
Нагахь санна ша хІинца а вехаш хилча, къинош бахьанехь шена дечу таІзарна латкъамаш бан ца беза стага.
Зачем сетует человек живущий? всякий сетуй на грехи свои.
Оцу ваьш лелачу некъийн тидам а бина, Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина.
Испытаем и исследуем пути свои, и обратимся к Господу.
Оцу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а.
Вознесём сердце наше и руки к Богу, [сущему] на небесах:
Оццул дуьхьал а девлла, Хьох дІакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира.
мы отпали и упорствовали; Ты не пощадил.
ПаргІат тхуна тІаьхьа а ваьлла, Хьо оьгІазвахча, тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо.
Ты покрыл Себя гневом и преследовал нас, умерщвлял, не щадил;
Пардо санна йолчу цу мархина юкъахь дІахьулвелира Хьо, тхан доІанаш Хьайна тІе ца кхачийтархьама.
Ты закрыл Себя облаком, чтобы не доходила молитва наша;
Пачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь нехаш санна дина, дІахІиттий Ахь тхо.
сором и мерзостью Ты сделал нас среди народов.
Реза шаьш хиларна, мостагІий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагІий вайна кхиссарш еш бу.
Разинули на нас пасть свою все враги наши.
РагІ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а, дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа.
Ужас и яма, опустошение и разорение — доля наша.
РоггІана хин Іовраш йоуьйту сан бІаьргаша, сан халкъ хІаллакьхилар бахьана долуш.
Потоки вод изливает око моё о гибели дщери народа моего.
Сан бІаьргаш ца совцу доьлхучуьра хІинца, бІаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза,
Око моё изливается и не перестаёт, ибо нет облегчения,
стигаларчу Везачу Элана, охьа а хьаьжна, вайн хьал дІагаллалц.
доколе не призрит и не увидит Господь с небес.
Сан бІаьргашна гинарг бахьана долуш, сан гІаларчу йоІаршна гІайгІанехь ву со.
Око моё опечаливает душу мою ради всех дщерей моего города.
ТІаккха, олхазар лоцуш санна, массо агІор хІуъа а дина, со схьалаца гІиртира сан мостагІий, цхьа а бахьана доцуш.
Всячески усиливались уловить меня, как птичку, враги мои, без всякой причины;
Тутмакх санна, со ор чу а кхоьссина, дийна волчу суна тІе тІулгаш кхиссина.
повергли жизнь мою в яму и закидали меня камнями.
ТІаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хІаллакьхили».
Воды поднялись до головы моей; я сказал: «погиб я».
Ур-атталла цу кІоргачу ор чуьра хьала а Хьан цІе ас ма йохура, сан Веза Эла!
Я призывал имя Твоё, Господи, из ямы глубокой.
«Узарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дІа!» – аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дІа.
Ты слышал голос мой; не закрой уха Твоего от воздыхания моего, от вопля моего.
Уьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича, Ахь, суна тІе а хуьлуш: «Ма кхера!» – элира.
Ты приближался, когда я взывал к Тебе, и говорил: «не бойся».
Хьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву, сан дахар а паргІатоне даьккхинарг Хьо ма ву.
Ты защищал, Господи, дело души моей; искуплял жизнь мою.
Хьуна гина, Веза Эла, суна дина вон. Ахь-Айхьа ехьа сан гІуллакхан кхел.
Ты видишь, Господи, обиду мою; рассуди дело моё.
Хьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.
Ты видишь всю мстительность их, все замыслы их против меня.
Церан ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла, Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш.
Ты слышишь, Господи, ругательство их, все замыслы их против меня,
Цара хІора денна суна дуьхьалдаьхна хІилланаш го Хьуна, сан Веза Эла. Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла.
речи восстающих на меня и их ухищрения против меня всякий день.
Цара, хьажахьа, Веза Эла, шаьш хевшинчохь, гІевттинчохь сох белам ма бо.
Воззри, сидят ли они, встают ли, я для них — песнь.
Іаббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла, цара лелийначу гІуллакхашка хьаьжжина.
Воздай им, Господи, по делам рук их;
Іаьржа дог царна чу Ахь диллахьа, Хьан неІалт а хуьлийла царна тІехь.
пошли им помрачение сердца и проклятие Твоё на них;
Іанаяй царна тІе Хьайн оьгІазалла, царна Хьо тІаьхьавалахьа, Везачу Элан стигалшна кІелхьара хІаллак а бай, уьш дІабахахьа!
преследуй их, Господи, гневом, и истреби их из поднебесной.
Ангали санна долу деши а ма кхоьлина ду-кх, и тоьлла долу деши а ма хийцаделла-кх. Урамашкахула маьІ-маьІІехь дІасакхийсина ду-кх Делан цІийнан деза тІулгаш а.
Как потускло золото, изменилось золото наилучшее! камни святилища раскиданы по всем перекрёсткам.
Беза болу Цийонан кІентий, цІеначу дешин мехах берш, кхийрачу пхьегІийн меха а бина, куьпчичо бинарш санна ма лору.
Сыны Сиона драгоценные, равноценные чистейшему золоту, как они сравнены с глиняною посудою, изделием рук горшечника!
Вуно къизачу чангІалкхо а накха ло шен кІорнеш юзорхьама, ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дІахІиттина, яьссачу аренгахь шен хІоаш дІатосу олхазар санна.
И чудовища подают сосцы и кормят своих детёнышей, а дщерь народа моего стала жестока подобно страусам в пустыне.
Го хІинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза.
Язык грудного младенца прилипает к гортани его от жажды; дети просят хлеба, и никто не подаёт им.
Дерстинчу женах шаьш дузош хилларш хІинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кІадинах йина бедарш лелийнарш хІинца-м нехаш кегош лелаш бу.
Евшие сладкое истаевают на улицах; воспитанные на багрянице жмутся к навозу.
Ерриг Седам-гІалин къиношна динчу таІзарал а тІехдаьлла Везачу Эло сан халкъан йоІарша хьерчийначу къиношна дина таІзар. Иза-м цу сохьта хІаллакйина дІаяьккхира, ткъа адамийн куьйгаш цунах хьакха а ца деллера.
Наказание нечестия дщери народа моего превышает казнь за грехи Содома: тот низринут мгновенно, и руки человеческие не касались его.
Заманашкахь къобалбина цуьнан элий лайл а цІена, шурел а кІайн бара. Церан догІмаш а ма дара цІарула-цІечу басахь. Церан куц а ма дара жовхІарх тера.
Князья её [были] в ней чище снега, белее молока; они были телом краше коралла, вид их был, как сапфир;
Жолам-яІ, хІинца-м кІоранал а Іаьржа ю церан яххьаш. Урамашкахь цхьанна а бовза а ца бевза уьш. Церан дегІан чкъор а ма ду даьІахкех а летта, дечиг санна, дакъа а делла.
а теперь темнее всего чёрного лице их; не узнают их на улицах; кожа их прилипла к костям их, стала суха, как дерево.
Иштта, тур тоьхна байинарш ирсе бу мацалло байиначарал. ХІорш меллаша леш ма бу, ялтин кхачам ца хиларна.
Умерщвляемые мечом счастливее умерщвляемых голодом, потому что сии истаевают, поражаемые недостатком плодов полевых.
КІеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тІе бохам баийтича.
Руки мягкосердых женщин варили детей своих, чтобы они были для них пищею во время гибели дщери народа моего.
Латийра Везачу Эло Цийонехь цІе, иза бухара дуьйна яга а еш. ОьгІазвахара Веза Эла, Шен дералла тІехьажийра Цо Цийонна тІе.
Совершил Господь гнев Свой, излил ярость гнева Своего и зажёг на Сионе огонь, который пожрал основания его.
Массо а адамаш, кху дуьнен чохь дехаш долу, лаьттара паччахьаш а тешаш бацара, Ярушалайман кевнашкахула мостагІа чекхвер ву аьлча.
Не верили цари земли и все живущие во вселенной, чтобы враг и неприятель вошёл во врата Иерусалима.
Нийсо лелочеран цІий Іанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира.
[Всё это] — за грехи лжепророков его, за беззакония священников его, которые среди него проливали кровь праведников;
Оцу урамашкахула, бІаьрзенаш санна, лелаш бара пайхамарш а, динан дай а. Ур-атталла церан бедарех хьакхавала а ваьхьар воцуш, цІий дара царна тІехь.
бродили как слепые по улицам, осквернялись кровью, так что невозможно было прикоснуться к одеждам их.
ПаргІат мохь хьоькхура царна тІе: «ДІасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» – бохуш. ТІаккха уьш, боха а бухий, дІасабовлура. Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь».
«Сторонитесь! нечистый!» кричали им; «сторонитесь, сторонитесь, не прикасайтесь»; и они уходили в смущении; а между народом говорили: «их более не будет!
Реза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дІавирзинера. Цо уьш массанхьа а дІасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.
лице Господне рассеет их; Он уже не призрит на них», потому что они лица священников не уважают, старцев не милуют.