che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
АгІонгарчу чоьнашна чуволу меттигаш яьссачу меттигна тІейоьдура. Чуволу цхьа меттиг къилбаседехьа яра, важа – къилбехьа яра. Пхеа даларна агІорчу чоьнийн бух яьссачу меттигна чубогІура, дерриг а Делан цІенна гонах. | Двери боковых комнат [ведут] на открытое пространство, одни двери — на северную сторону, а другие двери — на южную сторону; а ширина этого открытого пространства — пять локтей кругом. |
Малхбузехьа йолчу Делан цІийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гІишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гІишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра. | Здание перед площадью на западной стороне — шириною в семьдесят локтей; стена же этого здания — в пять локтей ширины кругом, а длина её — девяносто локтей. |
Цул тІаьхьа цо Делан цІа дуьстича, иза дохалла бІе дол дара, ткъа шена тІехь и гІишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бІе дол яра. | И намерил он в храме сто локтей длины, и в площади и в пристройке, и в стенах его также сто локтей длины. |
Делан цІенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бІе дол яра. | И ширина храма по лицевой стороне и площади к востоку сто же локтей. |
Делан цІенна тІехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гІишлойн йохалла, цуьнан шина а агІонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бІе дол хилира. Делан цІийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а, | И в длине здания перед площадью на задней стороне её с боковыми комнатами его по ту и другую сторону он намерил сто локтей, со внутренностью храма и притворами двора. |
неІсагІанаш а, дІакъевлина кораш а, кхаа гІота тІехь агІонашкара чоьнаш а – неІсагІина дуьхьал мел йолу хІума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тІера корашна тІе кхаччалц. Кораш а дІакъевлина дара дечигаца. | Дверные брусья и решётчатые окна, и боковые комнаты кругом, во всех трёх [ярусах], против порогов обшиты деревом и от пола по окна; окна были закрыты. |
Иштта, чухуларчу чоьнна чуволу меттигна тІехула а дечиган турсаш дара. Гобаьккхина массо а пенаш тІехь, чохь а, арахь а, билгалъяьхначу меттигашкахь, | От верха дверей как внутри храма, так и снаружи, и по всей стене кругом, внутри и снаружи, были резные изображения, |
каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХІора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хІора каруб-маликан шишша юьхь яра. | сделаны были херувимы и пальмы: пальма между двумя херувимами, и у каждого херувима два лица. |
Цхьана агІонгара хурма-диттана тІе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агІонгара – лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цІийнахь массанхьа а дехкина дара. | С одной стороны к пальме обращено лицо человеческое, а с другой стороны к пальме — лице львиное; так сделано во всём храме кругом. |
Лаьттара дуьйна чуволучунна тІехула йолчу меттигна тІе кхаччалц каруб-маликаш а, хурма-дитташ а дара. Уьш иштта Делан цІийнан пенашна тІехула дехкина а дара. | От пола до верха дверей сделаны были херувимы и пальмы, также и по стене храма. |
Делан цІийнан йоккхачу чоьнна чуволучохь болу гур беакІов бара. Уггар езачу чоьнна хьалха цхьа хІума яра лаьтташ. ДІахьаьжча, | В храме были четырёхугольные дверные косяки, и святилище имело такой же вид, как я видел. |
иза дечигах бинчу сагІа доккхучу кхерчах тера яра. И кхерч кхо дол лекха а, ши дол шуьйра а бара. Цуьнан маьІигаш а, бух а, агІонаш а дечигах йина яра. Цу стага соьга элира: «ХІара Везачу Элана хьалха лаьтташ йолу стол ю». | Жертвенник был деревянный в три локтя вышины и в два локтя длины; и углы его, и подножие его, и стенки его — из дерева. И сказал он мне: «это трапеза, которая пред Господом». |
Делан цІийнан йоккхачу чоьнан а, уггар езачу чоьнан а шишша неІ яра. | В храме и во святилище по две двери, |
И неІарш шишша дакъа долуш яра, хІора дакъа меттахдаккха йиш йолуш дара. Шиъ цхьана агІор, ткъа важа шиъ – вукху агІор. | и двери сии о двух досках, обе доски подвижные, две у одной двери и две доски у другой; |
Делан цІийнан йоккхачу чоьнан неІарш тІехь дехкина, пенаш тІехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра. | и сделаны на них, на дверях храма, херувимы и пальмы такие же, какие сделаны по стенам; а перед притвором снаружи был деревянный помост. |
ДІакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агІор – ученан а, агІонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агІонашкахь. | И решётчатые окна с пальмами, по ту и другую сторону, были по бокам притвора и в боковых комнатах храма и на деревянной обшивке. |
Къилбаседехьарчу некъа тІехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гІишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тІе вигира цо со. | И вывел меня ко внешнему двору северною дорогою, и привёл меня к комнатам, которые против площади и против здания на севере, |
И чоьнаш йохалла бІе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш. | к тому месту, которое у северных дверей имеет в длину сто локтей, а в ширину пятьдесят локтей. |
Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цІенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могІа вукху могІанна дуьхьал бара, кхоккха гІотахь а болуш. | Напротив двадцати [локтей] внутреннего двора и напротив помоста, который на внешнем дворе, были галерея против галереи в три яруса. |
Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бІе дол еха а йолуш. Цу чоьнан неІарш къилбаседехьа йирзина яра. | А перед комнатами ход в десять локтей ширины, а внутрь в один локоть; двери их лицом к северу. |
Лакха тІера чоьнаш готта яра, хІунда аьлча ученаша дІалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дІалаьцначул а. | Верхние комнаты уже, потому что галереи отнимают у них несколько против нижних и средних [комнат] этого здания. |
Чоьнаш кхаа гІотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хІиттийна бІогІамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могІанашкахь йолчу чоьнел. | Они в три яруса, и таких столбов, какие на дворах, нет у них; потому они и сделаны уже против нижних и средних комнат, начиная от пола. |
Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тІе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара. | А наружная стена напротив этих комнат от внешнего двора, составляющая лицевую сторону комнат, имеет длины пятьдесят локтей; |
Арахьарчу кертара чоьнийн могІаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цІенна дуьхьал болу чоьнийн могІа бІе дол бара. | потому что [и] комнаты на внешнем дворе занимают длины только пятьдесят локтей, и вот перед храмом сто локтей. |
Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неІ яра. Арахьарчу кертахула чувогІуш хилча малхбалехьара чувогІийла дара. | А снизу ход к этим комнатам с восточной стороны, когда подходят к ним со внешнего двора. |
Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гІишлонна дуьхьал а яра чоьнаш. | В ширину стены двора к востоку перед площадью и перед зданием были комнаты. |
Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогІийла а, куц а, неІарш а | И ход перед ними такой же, как и у тех комнат, которые обращены к северу, такая же длина, как и у тех, и такая же ширина, и все выходы их, и устройство их, и двери их такие же, как и у тех. |
къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дІайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра. | Такие же двери, как и у комнат, которые на юг, и для входа в них дверь у самой дороги, которая шла прямо вдоль стены на восток. |
Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагІанаш дохучу динан дайша уггар деза сагІанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагІанаш – кІен сагІа а, къинан сагІа а, гІуда такхаран сагІа а – хІиттор ду, иза еза меттиг йолу дела. | И сказал он мне: «комнаты на север [и] комнаты на юг, которые перед площадью, суть комнаты священные, в которых священники, приближающиеся к Господу, съедают священнейшие жертвы; там же они кладут священнейшие жертвы, и хлебное приношение, и жертву за грех, и жертву за преступление, ибо это место святое. |
Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тІера Далла гІуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хІунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тІе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тІаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан». | Когда войдут [туда] священники, то они не должны выходить из этого святаго места на внешний двор, доколе не оставят там одежд своих, в которых служили, ибо они священны; они должны надеть на себя другие одежды и тогда выходить к народу». |
Ша Делан цІийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тІаьхьа иза Делан цІийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира. | Когда кончил он измерения внутреннего храма, то вывел меня воротами, обращёнными лицом к востоку, и стал измерять его кругом. |
Малхбалехьа йолу агІо цо шен гІожаца юьстира. И агІо пхи бІе дол хилира. | Он измерил восточную сторону тростью измерения и [намерил] тростью измерения всего пятьсот тростей; |
Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бІе дол хилира. | в северной стороне той же тростью измерения намерил всего пятьсот тростей; |
Къилбехьара агІо юьстича, иза а пхи бІе дол хилира. | в южной стороне намерил тростью измерения также пятьсот тростей. |
Малхбузерчу агІонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бІе дол хилира. | Поворотив к западной стороне, намерил тростью измерения пятьсот тростей. |
Иштта Делан цІийнан керташна гонах болу пен цо еа а агІонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бІе дол бара, иштта пхи бІе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дІакъастайора. | Со всех четырёх сторон он измерил его; кругом него была стена длиною в пятьсот [тростей] и в пятьсот [тростей] шириною, чтобы отделить святое место от несвятого. |
Цу стага со малхбалехьа дІадерзийна лаьтташ долчу кевнна тІе вигира. | И привёл меня к воротам, к тем воротам, которые обращены лицом к востоку. |
ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. | И вот, слава Бога Израилева шла от востока, и глас Его — как шум вод многих, и земля осветилась от славы Его. |
Суна хІоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хІаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хІоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хІоьттинчу суьртех тера а дара. ТІаккха со бертал вуьйжира. | Это видение было такое же, какое я видел прежде, точно такое, какое я видел, когда приходил возвестить гибель городу, и видения, подобные видениям, какие видел я у реки Ховара. И я пал на лице моё. |
Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дІадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цІа чу делира. | И слава Господа вошла в храм путём ворот, обращённых лицом к востоку. |
ТІаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цІа хьаладуьзна хилар. | И поднял меня дух, и ввёл меня во внутренний двор, и вот, слава Господа наполнила весь храм. |
Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цІа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира. | И я слышал кого-то, говорящего мне из храма, а тот муж стоял подле меня, |
Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца... | и сказал мне: сын человеческий! это место престола Моего и место стопам ног Моих, где Я буду жить среди сынов Израилевых во веки; и дом Израилев не будет более осквернять святаго имени Моего, ни они, ни цари их, блужением своим и трупами царей своих на высотах их. |
Цара шайн неІсагІа Сан неІсагІина улло хІиттадора, иштта шайн неІарш Сан неІаршна улло хІиттайора. Тхуна юкъахь цхьа пен бен боццушехь, цара Сан еза цІе сийсазйохура шаьш лелочу вочу хІуманашца. Цундела Сайн оьгІазвахарца дІакхаьллира Аса уьш. | Они ставили порог свой у порога Моего и вереи дверей своих подле Моих верей, так что одна стена [была] между Мною и ими, и оскверняли святое имя Моё мерзостями своими, какие делали, и за то Я погубил их во гневе Моём. |
ХІинца цара Суна уллора дІадаккха деза, Суна тешаме а боцуш, шаьш кхечу деланашна Іамал яр а, шайн паччахьийн декъий а, тІаккха Со царна юкъахь массо а хенахь вехар ву. | А теперь они удалят от Меня блужение своё и трупы царей своих, и Я буду жить среди них во веки. |
Ткъа хІинца ахьа, адаман кІант, Исраилан халкъе дІадийца хІокху Делан цІийнах лаьцна, шаьш лелийначу харцонашна уьш юьхьІаьржачу а хІиттийна, цаьрга кхунна тІера бустамаш дахийтархьама. | Ты, сын человеческий, возвести дому Израилеву о храме сём, чтобы они устыдились беззаконий своих и чтобы сняли с него меру. |
Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дІагайта царна Делан цІа, хІара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дІагайта царна. ХІара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дІабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дІаязде, цаьрга цуьнан массо а ку... | И если они устыдятся всего того, что делали, то покажи им вид храма и расположение его, и выходы его, и входы его, и все очертания его, и все уставы его, и все образы его, и все законы его, и напиши при глазах их, чтобы они сохраняли все очертания его и все уставы его и поступали по ним. |
ХІара бу Делан цІийнан товрат-хьехам: ломан боххьера цунна гонах мел дерг а – уггаре дезаниг ду. Иштта бу Делан цІийнан товрат-хьехам!» | Вот закон храма: на вершине горы всё пространство его вокруг — Святое Святых; вот закон храма! |
ХІорш бу сагІа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кІорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хІоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагІа доккхучу кхерчан бух. | И вот размеры жертвенника локтями, [считая] локоть в локоть с ладонью: основание в локоть, ширина в локоть же, и пояс по всем краям его в одну пядень; и вот задняя сторона жертвенника. |
Лаьтта тІехь болчу саьнгаран буха тІера дуьйна лахарчу кхерчан хІазарна тІе кхаччалц йолу юкъ ши дол яра. Оцу хІазаран шоралла цхьа дол яра. Лахарчу хІазарна тІера кхерчан лакхарчу хІазарна тІе кхаччалц йолу юкъ йиъ дол яра, ткъа оцу хІазаран шоралла а цхьа дол яра. | От основания, что в земле, до нижнего выступа два локтя, а шириною он в один локоть; от малого выступа до большого выступа четыре локтя, а ширина его — в один локоть. |
СагІа доккхучу кхерчан юкъ ша диъ дол лекха яра, цу чуьра хьалайолуш йиъ маІа яра. | Самый жертвенник вышиною в четыре локтя; и из жертвенника [поднимаются] вверх четыре рога. |
СагІа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра – иза ша еакІов яра. | Жертвенник имеет двенадцать [локтей] длины [и] двенадцать ширины; он четырёхугольный на все свои четыре стороны. |
Кхерч тІехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хІоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хІазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тІе боьду лами малхбалехьарчу агІор бара. | А в площадке четырнадцать [локтей] длины и четырнадцать ширины на все четыре стороны её, и вокруг неё пояс в пол — локтя, а основание её в локоть вокруг, ступени же к нему — с востока. |
Цу стага соьга элира: «Адаман кІант! Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Иштта ду дийнаташ дагоран сагІа даккхарна а, цунна тІе цІийн цинцаш тохарна а лерина долу сагІа доккхучу кхерчана а лерина долу парзаш, иза бина баьлча. | И сказал он мне: сын человеческий! так говорит Господь Бог: вот уставы жертвенника к тому дню, когда он будет сделан для приношения на нём всесожжений и для кропления на него кровью. |
Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, Суна тІегІерташ болчу, ЦІадукъин тІаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тІера сагІа даккха цхьа сту дІало. | Священникам от колена Левиина, которые из племени Садока, приближающимся ко Мне, чтобы служить Мне, говорит Господь Бог, дай тельца из стада волов, в жертву за грех. |
Цунах схьадаьллачу цІийх цхьажимма сагІа доккхучу кхерчан еа маІана тІе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хІазарна тІе а хьакха. Иштта, цІан а бай, базбе иза. | И возьми крови его, и покропи на четыре рога его, и на четыре угла площадки, и на пояс кругом, и так очисти его и освяти его. |
Къинойх долчу сагІина лерина старгІа схьа а эций, ягае иза ха долчу меттигехь, Делан цІенна арахь. | И возьми тельца, [в жертву] за грех, и сожги его на назначенном месте дома вне святилища. |
ШолгІачу дийнахь, тІехь цхьа а сакхт доцу бож гезаршна юкъара схьа а эций, къинойх долу сагІа даккха цунах хьалха санна, сагІа доккху кхерч цІанбе, стараца ма-цІанбарра. | А на другой день в жертву за грех принеси из козьего стада козла без порока, и пусть очистят жертвенник так же, как очищали тельцом. |
Хьо и хІума дина ваьлча, бежана юкъара цхьа а тІехь сакхт доцу старгІа а, иштта жена юкъара тІехь сакхт доцу уьстагІ а схьабалабе. | Когда же кончишь очищение, приведи из стада волов тельца без порока и из стада овец овна без порока; |
И дийнаташ Везачу Элана хьалха дІахІиттаде. Динан дайша, царна тІе туьха а тесна, царах Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. | и принеси их пред лице Господа; и священники бросят на них соли, и вознесут их во всесожжение Господу. |
ВорхІ дийнахь къинойх долу сагІа даккха цхьацца бож ялае. Иштта бежана юкъара тІехь сакхт доцу цхьацца старгІа а, иштта жена юкъара цхьа а сакхт тІехь доцу уьстагІ а балабе. | Семь дней приноси в жертву за грех по козлу в день; также пусть приносят в жертву по тельцу из стада волов и по овну из стада овец без порока. |
ВорхІ дийнахь цара сагІа доккху кхерч оцу тайпана цІанбан беза, иза баз а беш. | Семь дней они должны очищать жертвенник и освящать его и наполнять руки свои. |
И денош чекхдевллачул тІаьхьа, борхІалгІачу дийнахь, иштта кхин а тІаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагІа доккхучу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дохур ду шуна тІера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. | По окончании же сих дней, в восьмой день и далее, священники будут возносить на жертвеннике ваши всесожжения и благодарственные жертвы; и Я буду милостив к вам, говорит Господь Бог. |
Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дІадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дІакъевлина дара. | И привёл он меня обратно ко внешним воротам святилища, обращённым лицом на восток, и они были затворены. |
Везачу Эло соьга элира: «ХІара ков дІакъевлина хир ду, иза дІадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хІунда аьлча хІокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана. | И сказал мне Господь: ворота сии будут затворены, не отворятся, и никакой человек не войдёт ими, ибо Господь, Бог Израилев, вошёл ими, и они будут затворены. |
Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогІур ву, цигахула ара а вер ву». | Что до князя, он, [как] князь, сядет в них, чтобы есть хлеб пред Господом; войдёт путём притвора этих ворот, и тем же путём выйдет. |
Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цІенна хьалха схьавалийра. Со дІахьаьжча, Делан цІа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТІаккха со бертал вуьйжира. | Потом привёл меня путём ворот северных перед лице храма, и я видел, и вот, слава Господа наполняла дом Господа, и пал я на лице моё. |
Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Хьайн дог тІе а дерзадай, хьайн бІаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догІа Ас Делан цІийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цІенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а. | И сказал мне Господь: сын человеческий! прилагай сердце твоё [ко] [всему], и смотри глазами твоими, и слушай ушами твоими всё, что Я говорю тебе о всех постановлениях дома Господа и всех законах его; и прилагай сердце твоё ко входу в храм и ко всем выходам из святилища. |
ДІаала аьрхачу Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тоьар ду хьуна, Исраилан халкъ, айхьа схьалаьцна болу дегаза некъ лело. | И скажи мятежному дому Израилеву: так говорит Господь Бог: довольно вам, дом Израилев, делать все мерзости ваши, |
Аша Сан цІийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цІенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тІе сагІанийн мохь а, цІий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гІуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша. | вводить сынов чужой, необрезанных сердцем и необрезанных плотью, чтобы они были в Моём святилище и оскверняли храм Мой, подносить хлеб Мой, тук и кровь, и разрушать завет Мой всякими мерзостями вашими. |
Аша Сан деза парзаш лар ца дора, шайн метта Сан цІа лардан уьш дІа а хІиттабеш’. | Вы не исполняли стражи у святынь Моих, а ставили вместо себя их для стражи в Моём святилище. |
Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цІа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а. | Так говорит Господь Бог: никакой сын чужой, необрезанный сердцем и необрезанный плотью, не должен входить во святилище Моё, даже и тот сын чужой, который [живёт] среди сынов Израиля. |
Ткъа левихойх лаьцна аьлча, Исраилан халкъ туьлучу хенахь уьш а, Суна уллора дІа а бевлла, шайн цІушна тІаьхьа а хІуьттуш, тилабелира. Шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таІзар дийр ду. | Равно и левиты, которые удалились от Меня во время отступничества Израилева, которые, оставив Меня, блуждали вслед идолов своих, понесут наказание за вину свою. |
Левихой Сан цІийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гІуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагІанашна а, кхидолчу сагІанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гІо а дийр ду, царна гІуллакх а дийр ду. | Они будут служить во святилище Моём, как сторожа у ворот храма и прислужники у храма; они будут заколать для народа всесожжение и другие жертвы, и будут стоять пред ними для служения им. |
Амма шайн цІушна хьалха адамашна гІуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чІагІо йира, – боху Хьалдолчу Эло, – шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таІзар дийр ду аьлла. | За то, что они служили им пред идолами их и были для дома Израилева соблазном к нечестию, Я поднял на них руку Мою, говорит Господь Бог, и они понесут наказание за вину свою; |
Динан дай санна Суна гІуллакх дан уьш Суна улло богІур бац, иштта тІекхевдар бац еза мел йолчу хІуманашна – уггар дезачу сагІанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хІума бахьана долуш юьхьІаьржачу хІиттина лелар бу уьш. | они не будут приближаться ко Мне, чтобы священнодействовать предо Мною и приступать ко всем святыням Моим, к Святому Святых, но будут нести на себе бесславие своё и мерзости свои, какие делали. |
Ас уьш хІиттор бу Делан цІа лардан а, цІийнан керташкахь дан дезаш мел долу хІума дан а. | Сделаю их стражами храма для всех служб его и для всего, что производится в нём. |
Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦІадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дІадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гІуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагІанийн мохь а, цІий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. | А священники из колена Левиина, сыны Садока, которые, во время отступления сынов Израилевых от Меня, постоянно стояли на страже святилища Моего, те будут приближаться ко Мне, чтобы служить Мне, и будут предстоять пред лицем Моим, чтобы приносить Мне тук и кровь, говорит Господь Бог. |
‘Уьш бен чубогІур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богІур бу, Суна гІуллакх дархьама а, ха дархьама а. | Они будут входить во святилище Моё и приближаться к трапезе Моей, чтобы служить Мне и соблюдать стражу Мою. |
Чоьхьарчу кертан кевнна чу баьхкича, цара шайна тІе дуткъачу кІадих йина хІуманаш юхур ю, ткъа чоьхьарчу кертан кевнна уллохь а, иштта Делан цІа чохь а гІуллакх дечу хенахь царна тІехь тІергІан хІума хила йиш яц. | Когда придут к воротам внутреннего двора, тогда оденутся в одежды льняные, а шерстяное не должно быть на них во время служения их в воротах внутреннего двора и внутри храма. |
Церан коьртахь дуткъачу кІадих йина чалбанаш хила еза, иштта церан чухулара хІуманаш а дуткъачу кІадих йина хила еза. Шайна тІе хьацар долуьйту хІума юха ца еза цара. | Увясла на головах их должны быть также льняные; и исподняя одежда на чреслах их должна быть также льняная; в поту они не должны опоясываться. |
Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гІуллакх дечу хенахь шайна тІехь хуьлуш йолу бедарш дІа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тІаьхьа цара шайна тІе кхин хІума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тІе йозалла ца йоссийта. | А когда надобно будет выйти на внешний двор, на внешний двор к народу, тогда они должны будут снять одежды свои, в которых они служили, и оставить их в священных комнатах, и одеться в другие одежды, чтобы священными одеждами своими не прикасаться к народу. |
Цара шайн кортош дІадаша ца деза, иштта шайн коьртахь месаш яхъялийта а ца еза, амма шайн месаш дІаларга еза цара. | И головы своей они не должны брить, и не должны отпускать волос, а пусть непременно стригут головы свои. |
Шаьш чоьхьарчу керта доьлхучу хенахь, цхьанна а динан дас чагІар мала ца деза. | И вина не должен пить ни один священник, когда идёт во внутренний двор. |
Цара я йисина йолу зуда а, я марера цІа еана йолу зуда а шайна маре яло ца еза. Амма Исраилан халкъах йолу йоІстаг я динан дех йисинарг яло магош ду царна. | Ни вдовы, ни разведённой с мужем они не должны брать себе в жёны, а только могут брать себе девиц из племени дома Израилева и вдову, оставшуюся вдовою от священника. |
Цара Іамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цІенаниг боьхачух схьакъасто а. | Они должны учить народ Мой отличать священное от несвященного и объяснять им, что нечисто и что чисто. |
Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара. | При спорных делах они должны присутствовать в суде, и по уставам Моим судить их, и наблюдать законы Мои и постановления Мои о всех праздниках Моих, и свято хранить субботы Мои. |
Уьш беллачарах дІахьакхабала ца беза, шаьш Суна хьалха боьха ца хилийтархьама. Царна юкъахь да я нана, кІант я йоІ, иштта ваша я маре яхаза йолу йиша елахь, царах дІахьакхавала мегаш ду. | К мёртвому человеку никто из них не должен подходить, чтобы не сделаться нечистым; только ради отца и матери, ради сына и дочери, брата и сестры, которая не была замужем, можно им сделать себя нечистыми. |
Динан да Далла хьалха цІанвинчул тІаьхьа, цо кхин а ворхІ дийнахь собар дан деза. | По очищении же такого, ещё семь дней надлежит отсчитать ему. |
Делан цІийнан чоьхьарчу кертахь гІуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тІера цо къинан сагІа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. | И в тот день, когда ему надобно будет приступать ко святыне во внутреннем дворе, чтобы служить при святыне, он должен принести жертву за грех, говорит Господь Бог. |
‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела. | А что до удела их, то Я их удел. И владения не давайте им в Израиле: Я их владение. |
Царна даа кІен сагІанаш а, иштта къинан сагІанаш а, гІуда такхаран сагІанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хІума церан долахь хир ю. | Они будут есть от хлебного приношения, от жертвы за грех и жертвы за преступление; и всё заклятое у Израиля им же принадлежит. |
Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгІаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хІусамаш декъалйина хилийтархьама. | И начатки из всех плодов ваших и всякого рода приношения, из чего ни состояли бы приношения ваши, принадлежат священникам; и начатки молотого вами отдавайте священнику, чтобы над домом твоим почивало благословение. |
Цхьа а тайпа къеелла хІума а, акхароша йийначу хІуманах я олхазарийн а, я дийнатийн а жижиг даа йиш яц динан дайн’“». | Никакой мертвечины и ничего, растерзанного зверем, ни из птиц, ни из скота, не должны есть священники. |
«Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кІошт Везачу Элана совгІатна дІакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду. | Когда будете по жребию делить землю на уделы, тогда отделите священный участок Господу в двадцать пять тысяч [тростей] длины и десять тысяч ширины; да будет свято это место во всём объёме своём, кругом. |
Оцу лаьттах пхи бІе дол дохаллехь а, иштта пхи бІе дол шораллехь а долу еакІов латта шена тІехь Делан цІа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тІехь хІумма а йоцуш йолу аре а хила еза. | От него к святилищу отойдёт четырёхугольник по пятисот [тростей] кругом, и кругом него площадь в пятьдесят локтей. |
Ткъа лаьттан езачу кІошта тІера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТІехь Делан цІа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза. | Из этой меры отмерь двадцать пять тысяч [тростей] в длину и десять тысяч в ширину, где будет находиться святилище, Святое Святых. |
И даздина латта хир ду, Делан цІа чохь гІуллакх деш болчу а, Далла гІуллакх дан Цунна тІе богІуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тІехь цара шайна цІенош дийр ду, иштта Делан цІенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь. | Эта священная часть земли принадлежать будет священникам, служителям святилища, приступающим к служению Господу: это будет для них местом для домов и святынею для святилища. |
Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цІийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Іаш йолу гІаланаш хир ю. | Двадцать пять тысяч [тростей] длины и десять тысяч ширины будут принадлежать левитам, служителям храма, как их владение для обитания их. |
ГІалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кІоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза. | И во владение городу дайте пять тысяч ширины и двадцать пять тысяч длины, против священного места, отделённого Господу; это принадлежать должно всему дому Израилеву. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.