che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ГІалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхІитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гІалин цІе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».
Всего кругом восемнадцать тысяч. А имя городу с того дня будет: «Господь там».
ЯхІу-Якхам-паччахьо ЯхІуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгІачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гІалина го лецира.
В третий год царствования Иоакима, царя Иудейского, пришёл Навуходоносор, царь Вавилонский, к Иерусалиму и осадил его.
ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира ц...
И предал Господь в руку его Иоакима, царя Иудейского, и часть сосудов дома Божия, и он отправил их в землю Сеннаар, в дом бога своего, и внёс эти сосуды в сокровищницу бога своего.
Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цІийнах бевлла болу къонахой шена тІе схьабалабе аьлла.
И сказал царь Асфеназу, начальнику евнухов своих, чтобы он из сынов Израилевых, из рода царского и княжеского, привёл
Уьш хила безара шайн догІмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Іилма Іамо кхетам а болуш, Іилма девзаш а болуш, кІорггера хьекъал а долуш, паччахьан цІа чохь гІуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Іамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а.
отроков, у которых нет никакого телесного недостатка, красивых видом, и понятливых для всякой науки, и разумеющих науки, и смышлёных и годных служить в чертогах царских, и чтобы научил их книгам и языку Халдейскому.
Иштта паччахьо тІедиллира хІора дийнахь царна шен цІа чуьра мала чагІар далар а, яа хІума ялар а. КхидІа а тІедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дІаяьлча, уьш шена тІебалор а.
И назначил им царь ежедневную пищу с царского стола и вино, которое сам пил, и велел воспитывать их три года, по истечении которых они должны были предстать пред царя.
Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а.
Между ними были из сынов Иудиных Даниил, Анания, Мисаил и Азария.
Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира.
И переименовал их начальник евнухов — Даниила Валтасаром, Ананию Седрахом, Мисаила Мисахом и Азарию Авденаго.
Паччахьан цІа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагІарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар.
Даниил положил в сердце своём не оскверняться яствами со стола царского и вином, какое пьёт царь, и потому просил начальника евнухов о том, чтобы не оскверняться ему.
Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар.
Бог даровал Даниилу милость и благорасположение начальника евнухов;
Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хІоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гІелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье».
и начальник евнухов сказал Даниилу: боюсь я господина моего, царя, который сам назначил вам пищу и питьё; если он увидит лица ваши худощавее, нежели у отроков, сверстников ваших, то вы сделаете голову мою виновною перед царём.
ТІаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хІоттийначу гІаролхочуьнга дехар дира:
Тогда сказал Даниил Амелсару, которого начальник евнухов приставил к Даниилу, Анании, Мисаилу и Азарии:
«Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а.
сделай опыт над рабами твоими в течение десяти дней; пусть дают нам в пищу овощи и воду для питья;
ТІаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тІаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь».
и потом пусть явятся перед тобою лица наши и лица тех отроков, которые питаются царскою пищею, и затем поступай с рабами твоими, как увидишь.
Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш.
Он послушался их в этом и испытывал их десять дней.
Итт де даьлча, церан яххьаш а, догІмаш а паччахьан кхача бууш Іийначарел хаза хилла карийра.
По истечении же десяти дней лица их оказались красивее, и телом они были полнее всех тех отроков, которые питались царскими яствами.
Цул тІаьхьа гІароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагІар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора.
Тогда Амелсар брал их кушанье и вино для питья и давал им овощи.
Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира.
И даровал Бог четырём сим отрокам знание и разумение всякой книги и мудрости, а Даниилу ещё даровал разуметь и всякие видения и сны.
Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тІекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тІебалийра.
По окончании тех дней, когда царь приказал представить их, начальник евнухов представил их Навуходоносору.
Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхІуга а, Мишаале а, Іазар-ЯхІуга а кхочуш ца хилар. ТІаккха хІорш бисира паччахьан кертахь гІуллакх дан.
И царь говорил с ними, и из всех [отроков] не нашлось подобных Даниилу, Анании, Мисаилу и Азарии, и стали они служить пред царём.
Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гІуллакхехь а, паччахьо хІуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.
И во всяком деле мудрого уразумения, о чём ни спрашивал их царь, он находил их в десять раз выше всех тайноведцев и волхвов, какие были во всём царстве его.
Иштта Іийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хІоьттина хьалхара шо тІекхаччалц.
И был там Даниил до первого года царя Кира.
Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгІачу шарахь цунна гора гІенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза.
Во второй год царствования Навуходоносора снились Навуходоносору сны, и возмутился дух его, и сон удалился от него.
Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира.
И велел царь созвать тайноведцев, и гадателей, и чародеев, и Халдеев, чтобы они рассказали царю сновидения его. Они пришли, и стали перед царём.
ТІаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гІан гина. Сан сагатделла. Сайн гІенах кхета лаьа суна».
И сказал им царь: сон снился мне, и тревожится дух мой; желаю знать этот сон.
Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гІан, тІаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьІна».
И сказали Халдеи царю по-арамейски: царь! вовеки живи! скажи сон рабам твоим, и мы объясним значение его.
Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чІагІо йина, нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цІенойх саьлнаш йита а.
Отвечал царь и сказал Халдеям: слово отступило от меня; если вы не скажете мне сновидения и значения его, то в куски будете изрублены, и домы ваши обратятся в развалины.
Нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а дийцахь, соьгара совгІаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хІинца сан гІан а, цуьнан маьІна а».
Если же расскажете сон и значение его, то получите от меня дары, награду и великую почесть; итак скажите мне сон и значение его.
ШолгІа а цара дийхира паччахье: «Дийцахьа, паччахь, хьайн лешка хьайна гина гІан, тІаккха туьдур ду оха цуьнан маьІна».
Они вторично отвечали и сказали: да скажет царь рабам своим сновидение, и мы объясним его значение.
Паччахьо элира, жоп луш: «Билггала хаьа суна, ас чІагІо йинийла хууш, шу хан ялийта гІертий.
Отвечал царь и сказал: верно знаю, что вы хотите выиграть время, потому что видите, что слово отступило от меня.
Сан гІан аша соьга ца дийцахь, шуна массарна а цхьатерра таІзар дийр ду. Шу дохку соьга, хан а ялийтина, доцург дийца а, аьшпаш ботта а. Дийца сан гІан, тІаккха хуур ду суна цуьнан маьІна шуна хаьа я ца хаьа».
Так как вы не объявляете мне сновидения, то у вас один умысел: вы собираетесь сказать мне ложь и обман, пока минёт время; итак расскажите мне сон, и тогда я узнаю, что вы можете объяснить мне и значение его.
Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хІокху лаьтта тІехь цхьа а адам и гІуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тІедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а.
Халдеи отвечали царю и сказали: нет на земле человека, который мог бы открыть это дело царю, и потому ни один царь, великий и могущественный, не требовал подобного ни от какого тайноведца, гадателя и Халдея.
Ша деланаш боцучарна, цхьанна а хуур доцуш, тІех хала ду паччахьо тІедожийна и гІуллакх. Ткъа уьш кху лаьтта тІехь бехаш бац».
Дело, которого царь требует, так трудно, что никто другой не может открыть его царю, кроме богов, которых обитание не с плотью.
И хезча, чуьравелира паччахь, чІогІа оьгІазвахара иза. ТІаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хІаллакбе аьлла.
Рассвирепел царь и сильно разгневался на это, и приказал истребить всех мудрецов Вавилонских.
Хьекъале нах хІаллакбе аьлла, и омра дича, Даниал а, цуьнан накъостий а лийхира, уьш хІаллакбархьама.
Когда вышло это повеление, чтобы убивать мудрецов, искали Даниила и товарищей его, чтобы умертвить их.
И хьекъале нах байар паччахьан гІаролан коьртачу хьаькамна Ариханна тІедиллина дара. Цуьнга оьзда а, хьекъале а къамел дира Даниала.
Тогда Даниил обратился с советом и мудростью к Ариоху, начальнику царских телохранителей, который вышел убивать мудрецов Вавилонских;
Цо хаьттира Арихане: «Паччахьера иштта буьрса омра хІунда даьлла те?» – аьлла. Арихана и гІуллакх ма-дарра дийцира Даниале.
и спросил Ариоха, сильного при царе: «почему такое грозное повеление от царя?» Тогда Ариох рассказал всё дело Даниилу.
ТІаккха, ваха а вахана, Даниала паччахье дийхира шена хан ялар, цу гІенан маьІна паччахьна довзийтархьама.
И Даниил вошёл, и упросил царя дать ему время, и он представит царю толкование [сна].
Шен цІа а веана, Даниала шен накъосташка Хьанан-ЯхІуга а, Мишаале а, Іазар-ЯхІуга а и гІуллакх дІадийцира.
Даниил пришёл в дом свой, и рассказал дело Анании, Мисаилу и Азарии, товарищам своим,
Ша а, шен накъостий а кхечу бавелхойн хьекъалалла долчаьрца хІаллак ца байтархьама, Даниала шен накъосташка дийхира стигалшкарчу Деле доІанаш дар, Шен къинхетамца а, дикаллица а Цуьнга паччахьан гІенан къайле шайна йовзийтар доьхуш.
чтобы они просили милости у Бога небесного об этой тайне, дабы Даниил и товарищи его не погибли с прочими мудрецами Вавилонскими.
ТІаккха, буса дуьхьал сурт а хІоьттина, дІаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала:
И тогда открыта была тайна Даниилу в ночном видении, и Даниил благословил Бога небесного.
«Хастам бу Хьуна, Дела, азалера абаделлалц, кхетам а, ницкъ а Хьоьгахь болу дела!
И сказал Даниил: да будет благословенно имя Господа от века и до века! ибо у Него мудрость и сила;
Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а, дІа а боху, хІитта а бо паччахьаш. Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло, хьекъал долчарна хьекъалалла ло.
он изменяет времена и лета, низлагает царей и поставляет царей; даёт мудрость мудрым и разумение разумным;
Ахь дІайоьллу кІорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха.
он открывает глубокое и сокровенное, знает, что во мраке, и свет обитает с Ним.
Ас хеставо Хьо, ваз а во Хьо, сан дайн Дела, Ахь хьекъал а, ницкъ а суна делла дела. Оха Хьайга дехнарг суна дели Ахь, паччахьан гІуллакх а довзийти Ахь тхуна».
Славлю и величаю Тебя, Боже отцов моих, что Ты даровал мне мудрость и силу и открыл мне то, о чём мы молили Тебя; ибо Ты открыл нам дело царя.
Цул тІаьхьа, паччахьо бавелхойн хьекъалалла дерш хІаллакбар тІедожийна волчу Ариханна тІе а вахана, Даниала дийхира, и бавелхойн хьекъале нах хІаллак а ца беш, ша паччахьна тІе вигахь, тІаккха ша дІадуьйцур ду цу гІенан маьІна аьлла.
После сего Даниил вошёл к Ариоху, которому царь повелел умертвить мудрецов Вавилонских, пришёл и сказал ему: не убивай мудрецов Вавилонских; введи меня к царю, и я открою значение [сна].
Арихана, сихха Даниал паччахьна тІе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхІуд-махкарчу кІенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гІенан маьІна дуьйцур долуш волу».
Тогда Ариох немедленно привёл Даниила к царю и сказал ему: я нашёл из пленных сынов Иудеи человека, который может открыть царю значение [сна].
Паччахьо, Бел-Ташацар аьлла, цІе тиллина волчу Даниале хаьттира: «Дийцалур дуй хьоьга суна гина гІан а, цуьнан маьІна а?»
Царь сказал Даниилу, который назван был Валтасаром: можешь ли ты сказать мне сон, который я видел, и значение его?
Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а.
Даниил отвечал царю и сказал: тайны, о которой царь спрашивает, не могут открыть царю ни мудрецы, ни обаятели, ни тайноведцы, ни гадатели.
Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара:
Но есть на небесах Бог, открывающий тайны; и Он открыл царю Навуходоносору, что будет в последние дни. Сон твой и видения главы твоей на ложе твоём были такие:
ДІавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХІун хир ду те хІинцачул тІаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дІайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира.
ты, царь, на ложе твоём думал о том, что будет после сего? и Открывающий тайны показал тебе то, что будет.
Лаьтта тІехь бехаш болчарна юкъахь массарел а кхетам болуш со ву аьлла, дІаеллаелла яц суна и къайле, иза ду хьуна, паччахьна, хаийтархьама хІун ойланаш йоллу хьан даг чохь.
А мне тайна сия открыта не потому, чтобы я был мудрее всех живущих, но для того, чтобы открыто было царю разумение и чтобы ты узнал помышления сердца твоего.
Хьуна, паччахь, иштта сурт хІоьттинера: лаьтташ дара тайп-тайпанчу гІирсех дина цхьа доккха сурт. Инзаре доккха дара иза. Исбаьхьа лепаш лаьттара и хьуна хьалха. Кхераме дара цуьнан васт.
Тебе, царь, было такое видение: вот, какой-то большой истукан; огромный был этот истукан, в чрезвычайном блеске стоял он пред тобою, и страшен был вид его.
Цу суьртан корта бара цІеначу деших бина. Цуьнан накха а, цуьнан куьйгаш а детих дина дара. Цуьнан гай а, гІогІаш а цІестан дара.
У этого истукана голова была из чистого золота, грудь его и руки его — из серебра, чрево его и бёдра его медные,
Цуьнан настарш аьчках йина яра, ткъа когийн цхьадолу дакъош аьчках, важа дакъош поппарх дина дара.
голени его железные, ноги его частью железные, частью глиняные.
Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тІулг, ломах ша дІакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тІе а боьжна, уьш бохийра цо.
Ты видел его, доколе камень не оторвался от горы без содействия рук, ударил в истукана, в железные и глиняные ноги его, и разбил их.
ТІаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цІаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цІу вохийна болчу тІулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш.
Тогда всё вместе раздробилось: железо, глина, медь, серебро и золото сделались как прах на летних гумнах, и ветер унёс их, и следа не осталось от них; а камень, разбивший истукана, сделался великою горою и наполнил всю землю.
ХІара ду-кх и гІан! Дуьйцур вай паччахьна цуьнан маьІна а.
Вот сон! Скажем пред царём и значение его.
Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу.
Ты, царь, царь царей, которому Бог небесный даровал царство, власть, силу и славу,
Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тІехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву!
и всех сынов человеческих, где бы они ни жили, зверей земных и птиц небесных Он отдал в твои руки и поставил тебя владыкою над всеми ими. Ты — это золотая голова!
Хьол тІаьхьа кхоллалур ю кхин пачхьалкх, кхул оьшуш а йолуш, тІаккха кхин а кхоалгІа пачхьалкх хир ю, цІестаниг. Цо дерриге а лаьтта тІехь олалла дийр ду.
После тебя восстанет другое царство, ниже твоего, и ещё третье царство, медное, которое будет владычествовать над всею землёю.
Ткъа йоьалгІа пачхьалкх хир ю, эчиг санна, чІогІа. Эчиго массо а хІума йохаяре а, атаре а терра, иштта и пачхьалкх а хир ю, массо а хІума хІаллакдеш долу эчиг санна, ерриг а хьалхалера пачхьалкхаш отуш, йохош.
А четвёртое царство будет крепко, как железо; ибо как железо разбивает и раздробляет всё, так и оно, подобно всесокрушающему железу, будет раздроблять и сокрушать.
Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пІелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, – иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чІагІо хир ю, хІунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла.
А что ты видел ноги и пальцы на ногах частью из глины горшечной, а частью из железа, то будет царство разделённое, и в нём останется несколько крепости железа, так как ты видел железо, смешанное с горшечною глиною.
Когийн пІелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чІогІа йолуш, вуьш экам йолуш.
И как персты ног были частью из железа, а частью из глины, так и царство будет частью крепкое, частью хрупкое.
Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза – оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хІуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц.
А что ты видел железо, смешанное с глиною горшечною, это значит, что они смешаются через семя человеческое, но не сольются одно с другим, как железо не смешивается с глиною.
Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим.
И во дни тех царств Бог небесный воздвигнет царство, которое вовеки не разрушится, и царство это не будет передано другому народу; оно сокрушит и разрушит все царства, а само будет стоять вечно,
ХІунда аьлча и тІулг, хьуна ма-гарра, лам тІера дІакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тІулго, цу суьртана тІе а керчина, эчиг а, цІаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дІадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гІан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьІна а».
так как ты видел, что камень отторгнут был от горы не руками и раздробил железо, медь, глину, серебро и золото. Великий Бог дал знать царю, что будет после сего. И верен этот сон, и точно истолкование его!
ТІаккха Набухди-Нецар, Даниал ваз а вина, цунна суждане вахара. Цунна сагІанаш даха а, хаза хьожа йогІу хІуманаш ягае а аьлла, омра дира цо.
Тогда царь Навуходоносор пал на лице своё и поклонился Даниилу, и велел принести ему дары и благовонные курения.
Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела».
И сказал царь Даниилу: истинно Бог ваш есть Бог богов и Владыка царей, открывающий тайны, когда ты мог открыть эту тайну!
ТІаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгІаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тІехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тІехь а коьрта хьаькам хІоттийра цо иза.
Тогда возвысил царь Даниила и дал ему много больших подарков, и поставил его над всею областью Вавилонскою и главным начальником над всеми мудрецами Вавилонскими.
Цул сов, Даниала шега дехар дича, паччахьо Бавел-мехкан гІуллакхаш дан Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а хІоттийра, ткъа Даниал паччахьан кертахь висира.
Но Даниил просил царя, и он поставил Седраха, Мисаха и Авденаго над делами страны Вавилонской, а Даниил остался при дворе царя.
Набухди-Нецар-паччахьо деших цхьа сурт дайтира, лакхалла кхузткъа дол барам болуш, ткъа шоралла ялх дол барам болуш. Цо иза дІахІоттийра Бавел-махкара Дура олучу шерачу арахь.
Царь Навуходоносор сделал золотой истукан, вышиною в шестьдесят локтей, шириною в шесть локтей, поставил его на поле Деире, в области Вавилонской.
ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо схьакхайкхира тхьамданаш, мехкадай, куьйгалхой, коьрта кхелахой, хазна Іалашйийраш, бакъонаш лелораш, кхелан нийсо ларйийраш, иштта кхин болу мехкан хьаькамаш а, и дайтина сурт даздеш, дІаделларна хІоттийначу дезачу дийнахь схьадуьйла аьлла.
И послал царь Навуходоносор собрать сатрапов, наместников, воевод, верховных судей, казнохранителей, законоведцев, блюстителей суда и всех областных правителей, чтобы они пришли на торжественное открытие истукана, которого поставил царь Навуходоносор.
Тхьамданаш а, мехкадай а, юьртдай а, коьрта кхелахой а, хазна Іалашйийраш а, бакъонаш лелораш а, кхелан нийсо ларйийраш а, кхин болу мехкан хьаькамаш а Набухди-Нецар-паччахьо хьалахІоттийна долу сурт гучудаккхар даздан схьагулбелира. Набухди-Нецар-паччахьо хьалахІоттийначу суьртана хьалха дІахІиттира уьш.
И собрались сатрапы, наместники, военачальники, верховные судьи, казнохранители, законоведцы, блюстители суда и все областные правители на открытие истукана, которого Навуходоносор царь поставил, и стали перед истуканом, которого воздвиг Навуходоносор.
ТІаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах!
Тогда глашатай громко воскликнул: объявляется вам, народы, племена и языки:
Нагахь маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гІирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дІахІоттийначу дашочу суьртана.
в то время, как услышите звук трубы, свирели, цитры, цевницы, гуслей и симфонии и всяких музыкальных орудий, падите и поклонитесь золотому истукану, которого поставил царь Навуходоносор.
Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цІе летта йогучу пеша кхуссур ву».
А кто не падёт и не поклонится, тотчас брошен будет в печь, раскалённую огнём.
Цундела, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, кхин массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз хезча, массо а мехкийн, халкъийн, меттанийн а болчу наха, охьа а эгна, Набухди-Нецар-паччахьо дІахІоттийначу дашочу суьртана сужда дира.
Посему, когда все народы услышали звук трубы, свирели, цитры, цевницы, гуслей и всякого рода музыкальных орудий, то пали все народы, племена и языки, и поклонились золотому истукану, которого поставил Навуходоносор царь.
Оцу хенахь цхьаболу седа-жайна хьовсучара яхІудхой бахьана долуш, бахка а баьхкина, паччахье мотт туьйхира.
В это самое время приступили некоторые из Халдеев и донесли на Иудеев.
Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим!
Они сказали царю Навуходоносору: царь, вовеки живи!
Ахь омра динера, хІора адам шена маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн, кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де деших динчу суьртана аьлла.
Ты, царь, дал повеление, чтобы каждый человек, который услышит звук трубы, свирели, цитры, цевницы, гуслей и симфонии и всякого рода музыкальных орудий, пал и поклонился золотому истукану;
Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг цІиййиначу пеша кхосса аьлла.
а кто не падёт и не поклонится, тот должен быть брошен в печь, раскалённую огнём.
Амма ахь Бавел-махка тІехь гІуллакх дан хІоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а цІе йолу яхІудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дІахІоттийначу деших динчу суьртана Іибадат а ца до цара».
Есть мужи Иудейские, которых ты поставил над делами страны Вавилонской: Седрах, Мисах и Авденаго; эти мужи не повинуются повелению твоему, царь, богам твоим не служат и золотому истукану, которого ты поставил, не поклоняются.
ТІаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тІедожийра Шадрак, Мешак, Іабди-Нага а шена тІевалор. И нах паччахьна тІебалийра.
Тогда Навуходоносор во гневе и ярости повелел привести Седраха, Мисаха и Авденаго; и приведены были эти мужи к царю.
Набухди-Нецара хаьттира цаьрга: «Бакъ дуй, Шадрак, Мешак, Іабди-Нага, аша сан деланаш ца ларар а, ас дІахІоттийначу суьртана Іибадат ца дар а?
Навуходоносор сказал им: с умыслом ли вы, Седрах, Мисах и Авденаго, богам моим не служите, и золотому истукану, которого я поставил, не поклоняетесь?
Нагахь санна хІинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дІахІоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Іибадат ца дахь, цу сохьта цІиййиначу пеша кхуссур ду шу. Т...
Отныне, если вы готовы, как скоро услышите звук трубы, свирели, цитры, цевницы, гуслей, симфонии и всякого рода музыкальных орудий, падите и поклонитесь истукану, которого я сделал; если же не поклонитесь, то в тот же час брошены будете в печь, раскалённую огнём, и тогда какой Бог избавит вас от руки моей?
Шадрака а, Мешака а, Іабди-Нагас а жоп делира Набухди-Нецар-паччахье: «Цунах лаьцна хьоьга жоп дала оьшуш меттиг бац тхан.
И отвечали Седрах, Мисах и Авденаго, и сказали царю Навуходоносору: нет нужды нам отвечать тебе на это.
Нагахь санна тхо цІийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Іибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кІелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кІелхьардохур ду Цо тхо.
Бог наш, Которому мы служим, силён спасти нас от печи, раскалённой огнём, и от руки твоей, царь, избавит.
Нагахь санна Цо и ца дахь а, хаа ду хьуна, ва паччахь, хьан деланаш оха лорург цахилар а, ахь дІахІоттийначу дашо суьртана корта беттарг цахилар а».
Если же и не будет того, то да будет известно тебе, царь, что мы богам твоим служить не будем и золотому истукану, которого ты поставил, не поклонимся.
И хезча, оьгІазаллех вуьзира Набухди-Нецар. Шадраке а, Мешаке а, Іабди-Наге а хьаьжча, ойла хийцаелира цуьнан. ТІаккха хІинццалц чул ворхІазза чІогІа пеш латае аьлла, омра дира цо.
Тогда Навуходоносор исполнился ярости, и вид лица его изменился на Седраха, Мисаха и Авденаго, и он повелел разжечь печь в семь раз сильнее, нежели как обыкновенно разжигали её,
Шен эскарера уггаре а онда болчу къонахошна тІедожийра паччахьо Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а, дІа а вихкина, цІиййиначу пеша кхоссар.
и самым сильным мужам из войска своего приказал связать Седраха, Мисаха и Авденаго и бросить их в печь, раскалённую огнём.
Цул тІаьхьа уьш, дІа а бихкина, чухулара а, тІехулара а бедаршца а, коьртарчу хІуманашца а, церан кхин йолу тІерачу хІуманашца а цІе летта йогучу пеша кхиссира.
Тогда мужи сии связаны были в исподнем и верхнем платье своём, в головных повязках и в прочих одеждах своих, и брошены в печь, раскалённую огнём.
Паччахьо дина и омра чІогІа а хилла, пеш сов тІех цІиййина хилар бахьана долуш, цІеран алуно багийна байира Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а пеша чу кхиссина болу нах.
И как повеление царя было строго, и печь раскалена была чрезвычайно, то пламя огня убило тех людей, которые бросали Седраха, Мисаха и Авденаго.
Ткъа хІара кхо стаг, Шадрак, Мешак, Іабди-Нага а, вихкина а волуш, цІе летта йогучу пеша вуьйжира.
А сии три мужа, Седрах, Мисах и Авденаго, упали в раскалённую огнём печь связанные.
Жимма хан яьлча, пеша хьоьжучу Набухди-Нецара, инзар а ваьлла, сихха хьала а иккхина, шена гонах болчу элашка хаьттира: «Кхо стаг вацара вай вихкина цІерга кхоьссинарг?» – аьлла. Цара жоп делира паччахье: «ЦІена бакъ ду-кх иза, паччахь!» – аьлла.
[И ходили посреди пламени, воспевая Бога и благословляя Господа.
Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХІан-хІан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цІарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгІачун васт маликачух тера ду».
И став Азария молился и, открыв уста свои среди огня, возгласил:
Йогучу пешан кевне а вахана, Набухди-Нецара элира: «Шадрак, Мешак, Іабди-Нага, Веза Воккхачу Делан леш, арадовла, схьадуьйла!» ТІаккха Шадрак, Мешак, Іабди-Нага а цІеран юккъера арабевлира.
«Благословен Ты, Господи Боже отцов наших, хвально и прославлено имя Твоё вовеки.
Схьагулбеллачу тхьамданашна а, мехкадайшна а, куьйгалхошна а, паччахьна гонах болчу элашна а гира хІокху нехан догІмашна тІехь и цІе ницкъ болуш ца хилар. Коьртара месаш а ца ягийнера, тІера бедарш а хийца ца еллера, ур-атталла цІеран хьожа-м яцара царех йогІуш.
Ибо праведен Ты во всём, что соделал с нами, и все дела Твои истинны и пути Твои правы, и все суды Твои истинны.
ТІаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Іабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Іибадат а ца дина, шайн догІмаш цІерга тесна болу хІорш кІелхьарбаьхна Цо.
Ты совершил истинные суды во всём, что навёл на нас и на святый град отцов наших Иерусалим, потому что по истине и по суду навёл Ты всё это на нас за грехи наши.
Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Іабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цІа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кІелхьарваккхалур воцу дела».
Ибо согрешили мы, и поступили беззаконно, отступив от Тебя, и во всём согрешили.