che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Амма цхьа а стаг къийса ма ло, цхьаммо а важа Іора ма ваккха, хІунда аьлча хьан халкъ динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду. | Но никто не спорь, никто не обличай другого; и твой народ — как спорящие со священником. |
Дийнахь галвер ву хьо, динан да, ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу. Иштта хьан нана а дІасацор ю Аса. | И ты падёшь днём, и пророк падёт с тобою ночью, и истреблю матерь твою. |
Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». | Истреблён будет народ Мой за недостаток ведения: так как ты отверг ведение, то и Я отвергну тебя от священнодействия предо Мною; и как ты забыл закон Бога твоего то и Я забуду детей твоих. |
«Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса. | Чем больше они умножаются, тем больше грешат против Меня; славу их обращу в бесславие. |
Сан халкъо даьхна къинан сагІанаш а дууш, церан синош халкъо лелийначу харцонашна тІегІерта. | Грехами народа Моего кормятся они, и к беззаконию его стремится душа их. |
Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а. Цара дІакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таІзар. Церан гІуллакхашка хьаьжжина, Аса дІадоькхур ду царна. | И что будет с народом, то и со священником; и накажу его по путям его, и воздам ему по делам его. |
Юур ю цара, амма бузур бац. Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац, хІунда аьлча Веза Эла волчу Сох дІабирзина уьш, | Будут есть, и не насытятся; будут блудить, и не размножатся; ибо оставили служение Господу. |
Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагІаро а – иза шира я керла даьккхина делахь а – сан халкъан кхетам дІа ма оьцу!» | Блуд, вино и напитки завладели сердцем их. |
«Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цІунах, ткъа гІожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, Делах дІабирзина уьш. | Народ Мой вопрошает своё дерево и жезл его даёт ему ответ; ибо дух блуда ввёл их в заблуждение, и, блудодействуя, они отступили от Бога своего. |
Лаьмнийн баххьашкахь сагІанаш доху цара, баьрзнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кІел, оцу диттийн хаза ІиндагІ хуьлу дела. | На вершинах гор они приносят жертвы и на холмах совершают каждение под дубом и тополем и теревинфом, потому что хороша от них тень; поэтому любодействуют дочери ваши и прелюбодействуют невестки ваши. |
Аса шун йоІаршна таІзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таІзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХІунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дІа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагІанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“» | Я оставлю наказывать дочерей ваших, когда они блудодействуют, и невесток ваших, когда они прелюбодействуют, потому что вы сами на стороне блудниц и с любодейцами приносите жертвы, а невежественный народ гибнет. |
«Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхІудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гІала а ма гІо, Байт-Аван-гІала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас!“ | Если ты, Израиль, блудодействуешь, то пусть не грешил бы Иуда; и не ходите в Галгал, и не восходите в Беф-Авен, и не клянитесь: «жив Господь!» |
ХІунда аьлча Исраилан халкъ, аьрха эса санна, къар ца ло. Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хІинца шуьйрачу дежийлахь, уьстагІий санна? | Ибо как упрямая телица, упорен стал Израиль; посему будет ли теперь Господь пасти их, как агнцев на пространном пастбище? |
Эпрайман халкъ цІуйх дІаийна даьлла: бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь! | Привязался к идолам Ефрем; оставь его! |
ЧагІар мелла бевлча, нахаца леларна тІе боьрзу уьш. Шайн элаша лело сийсазалла царна чІогІа ма деза. | Отвратительно пьянство их, совершенно предались блудодеянию; князья их любят постыдное. |
Шен тІемаш тІехь мохо дІахьур бу уьш, юьхьІаьржачу хІуьттур бу уьш, шаьш цІушна Іибадат дина дела». | Охватит их ветер своими крыльями, и устыдятся они жертв своих. |
«ЛадогІа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цІийнах берш! ДІахаза, паччахьан цІа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр – иштта хІара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицІпа-гІалахь шух кІело йина дела, Табур-ломахь дІасаяржийна бой санна шу хилла дела. | Слушайте это, священники, и внимайте, дом Израилев, и приклоните ухо, дом царя; ибо вам будет суд, потому что вы были западнёю в Массифе и сетью, раскинутою на Фаворе. |
Шитимехь акхарой лоцу ор кІорга аьхкина аша, амма Аса шуна массарна а таІзар дийр ду. | Глубоко погрязли они в распутстве; но Я накажу всех их. |
Эпрайман халкъ а девза Суна, Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла. ЦІушна Іамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла. | Ефрема Я знаю, и Израиль не сокрыт от Меня; ибо ты блудодействуешь, Ефрем, и Израиль осквернился. |
Цара мел лелийначу вочу гІуллакхаша шайн Далла тІе ца боьрзуьйту уьш. Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла, цундела Веза Эла царна ца вевзина. | Дела их не допускают их обратиться к Богу своему, ибо дух блуда внутри них, и Господа они не познали. |
Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхІудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна. | И гордость Израиля унижена в глазах их; и Израиль и Ефрем падут от нечестия своего; падёт и Иуда с ними. |
Уьш сагІина шайн уьстагІий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дІавирзина. | С овцами своими и волами своими пойдут искать Господа и не найдут Его: Он удалился от них. |
Цара къотІалгІа бераш а дина, Везачу Элана ямартло йина. Ткъа хІинца деза денош долчу керлачу батто шайн кхашца цхьаьна цоьстур бу уьш». | Господу они изменили, потому что родили чужих детей; ныне новый месяц поест их с их имуществом. |
«Коьман маІаца дІакхайкхаде ГебаІ-гІалахь, турбанца дІакхайкхаде Рама-гІалахь, орца даккха Байт-Аван-гІалахь! Бен-Яман, мостагІа хьуна тІаьхьа вогІуш ву! | Вострубите рогом в Гиве, трубою в Раме; возглашайте в Беф-Авене: «за тобою, Вениамин!» |
Дала таІзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дІакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду! | Ефрем сделается пустынею в день наказания; между коленами Израилевыми Я возвестил это. |
ЯхІудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дІасатоьттучарах. Аса Сайн оьгІазло, тІехдаьлла хи санна, тІеІанор ю царна. | Вожди Иудины стали подобны передвигающим межи: изолью на них гнев Мой, как воду. |
Эпрайм-мохк а кІелбитина, шена йинчу кхело охьатаІийна иза, цІушна тІаьххье цунна баха лиъна дела, ткъа и цІуш кхелли санна ма бу. | Угнетён Ефрем, поражён судом; ибо захотел ходить вслед суетных. |
Эпрайман халкъана неца санна хир ву Со, ткъа ЯхІудан халкъана мекха хир ю Сох. | И буду как моль для Ефрема и как червь для дома Иудина. |
Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхІудана шена хилла чов дІагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тІе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац. | И увидел Ефрем болезнь свою, и Иуда — свою рану, и пошёл Ефрем к Ассуру, и послал к царю Иареву; но он не может исцелить вас, и не излечит вас от раны. |
ХІунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхІудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дІагІур ву, Аса уьш Сайца дІахьур бу. Цхьаммо а кІелхьарбохур бац уьш. | Ибо Я как лев для Ефрема и как скимен для дома Иудина; Я, Я растерзаю, и уйду; унесу, и никто не спасёт. |
Со Сайн метте дІагІур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тІехІоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу». | Пойду, возвращусь в Моё место, доколе они не признают себя виновными и не взыщут лица Моего. |
Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю. | В скорби своей они с раннего утра будут искать Меня и говорить: «пойдём и возвратимся к Господу! ибо Он уязвил — и Он исцелит нас, поразил — и перевяжет наши раны; |
Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагІчу дийнахь ира а хІиттор ду. ТІаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь. | оживит нас через два дня, в третий день восставит нас, и мы будем жить пред лицем Его. |
Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». | Итак познаем, будем стремиться познать Господа; как утренняя заря — явление Его, и Он придёт к нам, как дождь, как поздний дождь оросит землю». |
Ткъа Везачу Эло боху: «ХІун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХІун де те хьуна, ЯхІудан халкъ? Шун безам Іуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дІадолу тхи санна а ма бу. | Что сделаю тебе, Ефрем? что сделаю тебе, Иуда? благочестие ваше, как утренний туман и как роса, скоро исчезающая. |
Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю. | Посему Я поражал через пророков и бил их словами уст Моих, и суд Мой, как восходящий свет. |
Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. | Ибо Я милости хочу, а не жертвы, и Боговедения более, нежели всесожжений. |
Адам-гІала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна. | Они же, подобно Адаму, нарушили завет и там изменили Мне. |
ГалІад – Іесачийн гІала ма ю. Цунна чохь йолу лараш цІийх юьзна ма ю. | Галаад — город нечестивцев, запятнанный кровью. |
Динан дайн тоба тера ю кІелонехь Іуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо. | Как разбойники подстерегают человека, так сборище священников убивают на пути в Сихем и совершают мерзости. |
Инзаре ирча хІума гина Суна Исраилан халкъана юкъахь. ЦІушна Іамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла. | В доме Израиля Я вижу ужасное; там блудодеяние у Ефрема, осквернился Израиль. |
Хьуна а, ЯхІудан халкъ, таІзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». | И тебе, Иуда, назначена жатва, когда Я возвращу плен народа Моего. |
Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гІалин зуламаш а гучудовлу. ХІунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гІалин урамашкахь талораш деш. | Когда Я врачевал Израиля, открылась неправда Ефрема и злодейство Самарии: ибо они поступают лживо; и входит вор, и разбойник грабит по улицам. |
Царна дага а ца догІу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хІинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду. | Не помышляют они в сердце своём, что Я помню все злодеяния их; теперь окружают их дела их; они пред лицем Моим. |
Цара шайн зуламечу гІуллакхашца паччахьан самукъадоккху, ткъа шайн мекарлонашца паччахьан гонах болчарна там бо. | Злодейством своим они увеселяют царя и обманами своими — князей. |
Уьш массо а ямартлонех буьзна а, тешаме боцуш а бу. Церан дералла, цІиййинчу пешан цІе санна, дуккха а ханна юьсу, хьакхийна бод севсачу хенахь бепиг доттучо пеш йогучуьра сацаяхь а. | Все они пылают прелюбодейством, как печь, растопленная пекарем, который перестаёт поджигать её, когда замесит тесто и оно вскиснет. |
Вайн паччахьан дезачу дийнахь чагІар а муьйлий, элий бехий дІахІуьтту, ткъа паччахьо Дела емалвечу нахе куьйгаш дІакхийдадо. | «День нашего царя!» [говорят] князья, разгорячённые до болезни вином, а он протягивает руку свою к кощунам. |
Питанаш а деш, цунна тІекхочу уьш. Церан дегнаш пеш санна догу, церан дералла сахиллалц сийсаш йогу, ткъа Іуьйранна иза цІеяьлла алу санна хуьлу. | Ибо они коварством своим делают сердце своё подобным печи: пекарь их спит всю ночь, а утром она горит, как пылающий огонь. |
Уьш массо а оьгІазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дІакхоллу. Церан массо а паччахьаш тІекІел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гІо доьхуш ца кхойкху». | Все они распалены, как печь, и пожирают судей своих; все цари их падают, и никто из них не взывает ко Мне. |
«Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дІаэделла. Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду. | Ефрем смешался с народами, Ефрем стал, как неповороченный хлеб. |
Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дІаоьцу, ткъа цунна иза ца хаало. Къежделла Эпрайман халкъ, амма иза ца кхета. | Чужие пожирали силу его и он не замечал; седина покрыла его, а он не знает. |
Массо а и бохамаш адамашна тІебаьхкина, хІетте а шайн Везачу Далла тІе ца доьрзу уьш, адамаша Цуьнга гІо а ца доьху. Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до. | И гордость Израиля унижена в глазах их и при всём том они не обратились к Господу Богу своему и не взыскали Его. |
Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза. | И стал Ефрем, как глупый голубь, без сердца: зовут Египтян, идут в Ассирию. |
Уьш тІехбоьлхучу новкъахь Аса царна тІе Сайн бой тосур ю. Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу. Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса». | Когда они пойдут, Я закину на них сеть Мою; как птиц небесных низвергну их; накажу их, как слышало собрание их. |
«Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кІелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура. | Горе им, что они удалились от Меня; гибель им, что они отпали от Меня! Я спасал их, а они ложь говорили на Меня. |
Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догІмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кІа а, чагІар а далар. Ткъа и дарца Сох дІабирзина уьш. | И не взывали ко Мне сердцем своим, когда вопили на ложах своих; собираются из-за хлеба и вина, а от Меня удаляются. |
Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а, Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара. | Я вразумлял [их] и укреплял мышцы их, а они умышляли злое против Меня. |
Суна тІеберзаран метта, гІийлачу харцдалла тІебоьрзу уьш. Шен пхарца гІокхана тІе ца кхочу тешам боцу секхаІад санна бу уьш. Церан элий туьро хІаллакбийр бу, шайн кІоршаме мотт бахьана долуш. ТІаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах». | Они обращались, но не к Всевышнему, стали — как неверный лук; падут от меча князья их за дерзость языка своего; это будет посмеянием над ними в земле Египетской. |
«Орца даккха, хьайн бете коьман маІа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагІий Везачу Элан халкъана тІелета, хІунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш. | Трубу к устам твоим! Как орёл [налетит] на дом Господень за то, что они нарушили завет Мой и преступили закон Мой! |
Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду: „Сан Дела! Хьо тхуна вевза. Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ – бохуш. | Ко Мне будут взывать: «Боже мой! мы познали Тебя, мы — Израиль». |
Исраилан халкъ диканах дІадирзина. МостагІа цунна тІаьхьа вер ву. | Отверг Израиль доброе; враг будет преследовать его. |
Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дІахІиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дІахІиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цІуш бина цара, амма оцу цІуйн хІаллакьхиларан Іалашонна бен хир дац иза. | Поставляли царей сами, без Меня; ставили князей, но без Моего ведома; из серебра своего и золота своего сделали для себя идолов: оттуда гибель. |
Шамранан бахархой, шун эса-цІу витина Аса! Сан оьгІазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цІушна Іамалъярх цІанбелла боцуш? | Оставил тебя телец твой, Самария! воспылал гнев Мой на них; доколе не могут они очиститься? |
И цІу а – Исраилан халкъо дина хІума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цІу долу эса дохор ма ду!» | Ибо и он — дело Израиля: художник сделал его, и потому он не бог; в куски обратится телец Самарийский! |
«Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кІенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дІакхоллур дара. | Так как они сеяли ветер, то и пожнут бурю: хлеба на корню не будет у него; зерно не даст муки; а если и даст, то чужие проглотят её. |
Исраилан халкъ дІакхаьллина яа хІума санна дІахІоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегІа санна хилира. | Поглощён Израиль; теперь они будут среди народов, как негодный сосуд. |
Исраилан халкъ Ашур-махка дІадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгІаташ дарца безаргаш шегахьа бохура. | Они пошли к Ассуру, как дикий осёл, одиноко бродящий; Ефрем приобретал подарками расположение к себе. |
Цара кхечу къаьмнашна тІе совгІаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТІаккха уьш гІелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех. | Хотя они и посылали дары к народам, но скоро Я соберу их, и они начнут страдать от бремени царя князей; |
Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагІа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дІахІиттина. | ибо много жертвенников настроил Ефрем для греха,— ко греху послужили ему эти жертвенники. |
Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна, амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина. | Написал Я ему важные законы Мои, но они сочтены им как бы чужие. |
Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». | В жертвоприношениях Мне они приносят мясо и едят его; Господу неугодны они; ныне Он вспомнит нечестие их и накажет их за грехи их: они возвратятся в Египет. |
«Исраилан халкъо паччахьан гІишлош дІахІиттийна, ткъа ша ДІахІоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гІаланех цІе тосур ю, ткъа оцу цІеро церан паччахьан гІишлош дІакхоллур ю». | Забыл Израиль Создателя своего и устроил капища, и Иуда настроил много укреплённых городов; но Я пошлю огонь на города его, и пожрёт чертоги его. |
Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна, хазахетар тІехдолуьйтуш доккха ма де. Хьайн Делах дІа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора. Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара кІа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь. | Не радуйся, Израиль, до восторга, как [другие] народы, ибо ты блудодействуешь, удалившись от Бога твоего: любишь блудодейные дары на всех гумнах. |
Хьаьттаро а, муттдоккхурго а исраилхой бузор ма бац. Кемсийн мутт царна тоьар ма дац. | Гумно и точило не будут питать их, и [надежда] на виноградный сок обманет их. |
Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю. | Не будут они жить на земле Господней: Ефрем возвратится в Египет, и в Ассирии будут есть нечистое. |
Цара Везачу Элана чагІаран сагІа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагІанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цІа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна... | Не будут возливать Господу вина, и неугодны Ему будут жертвы их; они будут для них, как хлеб похоронный: все, которые будут есть его, осквернятся, ибо хлеб их — для души их, а в дом Господень он не войдёт. |
ХІун дийр ду аша билгалдаьккхинчу дезачу дийнахь а, Везачу Элана леринчу дезачу дийнахь а? | Что будете делать в день торжества и в день праздника Господня? |
Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь. | Ибо вот, они уйдут по причине опустошения; Египет соберёт их, Мемфис похоронит их; драгоценностями их из серебра завладеет крапива, колючий тёрн будет в шатрах их. |
Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! | Пришли дни посещения, пришли дни воздаяния; да узнает Израиль, что глуп прорицатель, безумен выдающий себя за вдохновенного, по причине множества беззаконий твоих и великой враждебности. |
Пайхамар сан Далла уллохь ву, ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду. Олхазарш лецархочун речІанаш массо а некъаш тІехь дІахІиттийна ю, ткъа мостагІалла ур-атталла цуьнан Делан цІа чохь а ду. | Ефрем — страж подле Бога моего; пророк — сеть птицелова на всех путях его; соблазн в доме Бога его. |
Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаІ-гІалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогІур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таІзар дийр ду. | Глубоко упали они, развратились, как во дни Гивы; Он вспомнит нечестие их, накажет их за грехи их. |
Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш. | Как виноград в пустыне, Я нашёл Израиля; как первую ягоду на смоковнице, в первое время её, увидел Я отцов ваших,— но они пошли к Ваал-Фегору и предались постыдному, и сами стали мерзкими, как те, которых возлюбили. |
ТІемадаьлла олхазар санна, дІадовр ду эпраймхойн сийлалла: дуьнен чу бер а дер дац, зуда берах а хир яц, церан кийрахь бераш а кхуллур дац. | У Ефремлян, как птица улетит слава: ни рождения, ни беременности, ни зачатия [не будет]. |
Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дІавирзинчу дийнахь! | А хотя бы они и воспитали детей своих, отниму их; ибо горе им, когда удалюсь от них! |
Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна, исбаьхьачу меттигехь дІайийна къона хурма санна, ткъа хІинца цо шен бераш арадаха деза, уьш дайъийтархьама. | Ефрем, как Я видел его до Тира, насаждён на прекрасной местности; однако Ефрем выведет детей своих к убийце. |
Ва Веза Эла, бекхам бехьа царна! Стенца царна хьакъдерг дала деза Ахь? Лохьа царна бер ца хуьлу кийра а, дакъаделла накхош а». | Дай им, Господи: что Ты дашь им? дай им утробу нерождающую и сухие сосцы. |
Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гІалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гІуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу. | Всё зло их в Галгале: там Я возненавидел их за злые дела их; изгоню их из дома Моего, не буду больше любить их; все князья их — отступники. |
Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду: цуьнан орам бакъабелла, цо кхин стом лур бац. Ур-атталла цара бераш дахь а, церан кийрара схьадевлларш хІаллакдийр ду Аса, мел хьоме уьш царна делахь а». | Поражён Ефрем; иссох корень их,— не будут приносить они плода, а если и будут рождать, Я умерщвлю вожделенный плод утробы их. |
Сан Дала дІатоттур ду и халкъ, цо Шега ла ца доьгІна дела. Къаьмнашна юкъахь кхерсташ, доладелла лелар ду иза. | Отвергнет их Бог мой, потому что они не послушались Его, и будут скитальцами между народами. |
Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо. | Израиль — ветвистый виноград, умножает для себя плод: чем более у него плодов, тем более умножает жертвенники; чем лучше земля у него, тем более украшают они кумиры. |
Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггІург хІинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагІа доккху меттигаш а хІаллакйийр ю, церан цІушна дІахІиттийна тІулгаш а дохор ду. | Разделилось сердце их, за то они и будут наказаны: Он разрушит жертвенники их, сокрушит кумиры их. |
Баккъалла а, кестта оцу халкъо эр ду: «Вайн паччахь вац, Везачу Элах вай ца кхийрина дела. Паччахьо а хІун дийр дара вайна?» | Теперь они говорят: «нет у нас царя, ибо мы не убоялись Господа; а царь,— что он нам сделает?» |
Вайн паччахьаша даьсса къамелаш до, харц а луьйш, чІагІонаш а йо, пайда боцуш болу барташ а бо. Нийса йоцу нийсо а хьалакхиайо, аренан хершнаш тІе йолу дІаьвше буц санна. | Говорят слова [пустые], клянутся ложно, заключают союзы; за то явится суд над ними, как ядовитая трава на бороздах поля. |
Шамран-гІалин бахархой Іадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цІу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дІаер йолу дела. | За тельца Беф-Авена вострепещут жители Самарии; восплачет о нём народ его, и жрецы его, радовавшиеся о нём, будут плакать о славе его, потому что она отойдёт от него. |
Цул сов, и эса-цІу Ашур-махка дІахьур ву сийлахьчу паччахьна совгІатна. Эпрайман халкъ а юьхьІаьржачу хІоттийна хир ду. Исраилан халкъана шена, дечиган цІу бахьана долуш, эхь хетар ду. | И сам он отнесён будет в Ассирию, в дар царю Иареву; постыжен будет Ефрем, и посрамится Израиль от замысла своего. |
Шамран-гІалара паччахь вовр ву, хина тІехула хІутту маргІал санна. | Исчезнет в Самарии царь её, как пена на поверхности воды. |
ХІаллакйина хир ю Авайнан сагІа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагІа доккхучу церан меттигаш тІе кІохцалш а, яраш а евр ю. ТІаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДІахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТІеэгийша тхуна!» – бохуш. | И истреблены будут высоты Авена, грех Израиля; терние и волчцы вырастут на жертвенниках их, и скажут они горам: «покройте нас», и холмам: «падите на нас». |
Везачу Эло боху: «ГебаІ-гІалахь леточу хенахь дуьйна ахь къинош летадо, ва Исраилан халкъ. Къинош леточуьра ца севци уьш, ГебаІ-гІалахь тІом тІекхочур бу царна сийсазаллех буьзначу оцу нахана дуьхьал. | Больше, нежели во дни Гивы, грешил ты, Израиль; там они устояли; война в Гаваоне против сынов нечестия не постигла их. |
Аса сацам бира царна таІзар дан. Къаьмнаш царна дуьхьал а девр ду, цара исраилхой боьхкур а бу, цара дина шалха зуламаш бахьана долуш». | По желанию Моему накажу их, и соберутся против них народы, и они будут связаны за двойное преступление их. |
«Эпрайман халкъ караІамийна дуьхьарг санна дара, ялта арарх доккхадеш долу. Цуьнан хаза ворта Аса кхоайина. Амма Аса Эпрайман халкъана дукъ тІедуьллур ду, ЯхІудан халкъо охана дан деза, Исраилан халкъо мекха баккха беза. | Ефрем — обученная телица, привычная к молотьбе, и Я Сам возложу ярмо на тучную шею его; на Ефреме будут верхом ездить, Иуда будет пахать, Иаков будет боронить. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.