che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Мадайхочо Дари-Вашас паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь со-суо лаьттира цунна гІо деш а, иза Іалашвеш а».
Итак я с первого года Дария Мидянина стал ему подпорою и подкреплением.
«ХІинца ас бакъдерг дІахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тІаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгІаниг. Шен бахамца ша тІех чІагІвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гІаттор ду цо.
Теперь возвещу тебе истину: вот, ещё три царя восстанут в Персии; потом четвёртый превзойдёт всех великим богатством, и когда усилится богатством своим, то поднимет всех против царства Греческого.
ТІаккха цхьа турпал паччахь гучувер ву. Шена луъург а деш, боккхачу ницкъаца олалла дийр ду цо.
И восстанет царь могущественный, который будет владычествовать с великою властью, и будет действовать по своей воле.
Ткъа и паччахь хилла дІахІоьттинчул тІаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агІор екъалур ю. ТІаккха цуьнан тІаьхьенийн кара гІур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хІокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.
Но когда он восстанет, царство его разрушится и разделится по четырём ветрам небесным, и не к его потомкам перейдёт, и не с тою властью, с какою он владычествовал; ибо раздробится царство его и достанется другим, кроме этих.
ТІаккха къилбе-махкара паччахь чІагІлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тІаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу.
И усилится южный царь и один из князей его пересилит его и будет владычествовать, и велико будет владычество его.
Ткъа масех шо даьлча, уьш, вовшех а ийна, цхьаъ хир бу. Къилбе-махкарчу паччахьан йоІ къилбаседе-мехкан паччахье маре гІур ю, царна юкъахь нийса юкъаметтигаш хилийтархьама. Амма и ницкъ карахь латталур бац цуьнга, ткъа паччахьан ницкъаш а латталур бац. Цу хенахь иза хІаллакйийр ю – иза а, цуьнан уллорнаш а, цуьнан да а...
Но через несколько лет они сблизятся, и дочь южного царя придёт к царю северному, чтобы установить правильные отношения между ними; но она не удержит силы в руках своих, не устоит и род её, но преданы будут как она, так и сопровождавшие её, и рождённый ею, и помогавшие ей в те времена.
Амма цуьнан цІерачех цхьаъ, церан эскарна тІе а летта, къилбаседе-махкарчу паччахьан гІалин гІопах чекх а ваьлла, къовсавелча, тоьлур а ву, чІагІлур а ву.
Но восстанет отрасль от корня её, придёт к войску и войдёт в укрепления царя северного, и будет действовать в них, и усилится.
Ур-атталла церан деланаш болу цІуш, шайн езачу дато а, дашо а йолчу пхьегІашца йийсаре Мисар-махка дІахьур бу цо. ТІаккха масех шарахь, къилбаседе-махкарчу паччахьал лакхара а волуш, лаьттар ву иза.
Даже и богов их, истуканы их с драгоценными сосудами их, серебряными и золотыми, увезёт в плен в Египет и на несколько лет будет стоять выше царя северного.
Къилбаседе-махкара паччахь къилбехьарчу пачхьалкхана тІелетар ву, амма, эша а вина, шен махка юхавоьрзур ву.
Хотя этот и сделает нашествие на царство южного царя, но возвратится в свою землю.
ТІаккха цуьнан кІенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Іаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КІенташа тІом бийр бу мостагІийн гІалин гІопана тІекхаччалц.
Потом вооружатся сыновья его и соберут многочисленное войско, и один из них быстро пойдёт, наводнит и пройдёт, и потом, возвращаясь, будет сражаться с ним до укреплений его.
ТІаккха къилбе-махкара паччахь чІогІа карзахвер ву. Цо, тІе а летта, къилбаседе-махкара паччахьца тІом бийр бу. Къилбаседе-махкара паччахьо вуно доккха эскар арадоккхур ду, амма и эскар къилбе-махкарчу паччахьан кара гІур ду.
И раздражится южный царь, и выступит, сразится с ним, с царём северным, и выставит большое войско, и предано будет войско в руки его.
И эскар эшийначул тІаьхьа, къилбе-махкарчу паччахьан даг чу куралла юссур ю. Цо хІаллакдийр ду эзарнаш адамаш, амма цуьнан ницкъ дукха лаьттар бац.
И ободрится войско, и сердце [царя] вознесётся; он низложит многие тысячи, но от этого не будет сильнее.
Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тІеман шорттачу гІирсашца а иза сихха схьавогІур ву.
Ибо царь северный возвратится и выставит войско больше прежнего, и через несколько лет быстро придёт с огромным войском и большим богатством.
Цу хенахь дукхахберш къилбе-махкарчу паччахьна дуьхьалбевр бу. ДуьхьалхІоьттина сурт кхочушхилийта, къилберачу паччахьна дуьхьалбевр бу хьан халкъара цхьаболу зуламхой, амма уьш хІаллакьхир бу.
В те времена многие восстанут против южного царя, и мятежные из сынов твоего народа поднимутся, чтобы исполнилось видение, и падут.
Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хІиттийна, шен дола йоккхур ю цо чІагІйина йолу гІала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац.
И придёт царь северный, устроит вал и овладеет укреплённым городом, и не устоят мышцы юга, ни отборное войско его; недостанет силы противостоять.
Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дІахІоттийча, и мохк хІаллакбар цуьнан карахь хир ду.
И кто выйдет к нему, будет действовать по воле его, и никто не устоит перед ним; и на славной земле поставит стан свой, и она пострадает от руки его.
Шен пачхьалкхан мел болчу ницкъаца чу а вахана, къилбе-махкарчу паччахьца барт бан ойла хир ю къилбаседерачу паччахьан. Цо иза дийр а ду. Шена дагадеанарг кхочушдархьама шен йоІ йохуьйтур ю цо хІаллакьхила къилбе-махкарчу паччахье. Ткъа цуьнан дагалацам кхочуш а хир бац, цунах цунна кхиам а хир бац.
И вознамерится войти со всеми силами царства своего, и праведные с ним, и совершит это; и дочь жён отдаст ему, на погибель её, но этот замысел не состоится, и ему не будет пользы из того.
Цул тІаьхьа хІордаца доза долчу пачхьалкхашна тІевоьрзур ву и. Царах дукхахъерш цо шен дола йохур ю. Амма цхьана баьччано сацор ду шайна тІе эхь даийтар. Цо иза юьхьІаьржачу хІоттор ву.
Потом обратит лице своё к островам и овладеет многими; но некий вождь прекратит нанесённый им позор и даже свой позор обратит на него.
ТІаккха юьхь ерзор ю цо шен мехкан чІагІонаш тІе, амма, таса а велла, вужур а ву, хІаллак а хир ву иза.
Затем он обратит лице своё на крепости своей земли; но споткнётся, падёт и не станет его.
Цуьнан метта цхьа кхиверг дІахІуттур ву. Пачхьалкхан сийлалла латто ял гулъеш верг вохуьйтур ву цо. Амма иза, оьгІазаллах а доцуш, тІамехь а доцуш, дукха хан ялале хІаллакьхир ву.
На место его восстанет некий, который пошлёт сборщика податей, пройти по царству славы; но и он после немногих дней погибнет, и не от возмущения и не в сражении.
Цуьнан метта дІахІуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гІар-тата доцуш вогІур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду.
И восстанет на место его презренный, и не воздадут ему царских почестей, но он придёт без шума и лестью овладеет царством.
Дерриг а латта дузуш, дукха долу мостагІийн цІоз, дистинчу хино дІадаьхьча санна, хІаллакдийр ду цо, бертан баьчча а тІехь.
И всепотопляющие полчища будут потоплены и сокрушены им, даже и сам вождь завета.
Ткъа кхечу паччахьашца ша барт бинчул тІаьхьа уьш лебеш лелар ву и, лаккха а вер ву, шен кІеззигчу халкъаца тоьлур а ву.
Ибо после того, как он вступит в союз с ним, он будет действовать обманом, и взойдёт, и одержит верх с малым народом.
Машаре, беркате долчу мехкашна чувер ву иза. Цкъа а шен дайша а, шен дедайша а ца динарг дийр ду цо. Караеана хІонс а, схьаяьхна хІуманаш а, бахам а шена тІаьхьахІиттинчарна юкъахь боькъур бу цо. ГІепаш схьаяха ойланаш а йийр ю цо, амма иза цхьа хан тІекхаччалц хир ду.
Он войдёт в мирные и плодоносные страны, и совершит то, чего не делали отцы его и отцы отцов его; добычу, награбленное имущество и богатство будет расточать своим и на крепости будет иметь замыслы свои, но только до времени.
Цул тІаьхьа шен боллу ницкъ а, майралла а Іаламат доккхачу эскарца къилбе-махкара паччахьна дуьхьалдоккхур ду цо. ТІаккха къилбе-махкара паччахь юха а цуьнан эскарал а доккхачу эскарца дуьхьалвер ву, амма тоьлур вац, цунна ямартло йийр йолу дела.
Потом возбудит силы свои и дух свой с многочисленным войском против царя южного, и южный царь выступит на войну с великим и ещё более сильным войском, но не устоит, потому что будет против него коварство.
Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хІаллакван гІертар бу. ТІаккха цуьнан эскар дІасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу.
Даже участники трапезы его погубят его, и войско его разольётся, и падёт много убитых.
Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хІунда аьлча чаккхе цхьана ханна дІатеттина йолу дела.
У обоих царей сих на сердце будет коварство, и за одним столом будут говорить ложь, но успеха не будет, потому что конец ещё отложен до времени.
ТІаккха къилбаседе-махкара паччахь шорттачу бахамца а, мостагІчун ойланца а, Дала шеца барт бинчу халкъана дуьхьалвала шен махка ваха новкъа вер ву. Цо иза кхочуш а дийр ду, шен махка юха а воьрзур ву.
И отправится он в землю свою с великим богатством и враждебным намерением против святаго завета, и он исполнит его, и возвратится в свою землю.
Билгалъяьккхинчу хенахь иза юха къилбехьа гІур ву. Амма цу вахаран жамІ хьалхалераниг санна хир дац,
В назначенное время опять пойдёт он на юг; но последний [поход] не такой будет, как прежний,
хІунда аьлча и воьддучу хенахь Хитам-махкара хинкеманаш цунна дуьхьало ян догІур ду. ТІаккха иза догдоьхна юхавоьрзур ву. Дала шеца барт бинчу халкъана дарлур ву иза. Цо кхочуш бийр бу шен лаам. Делаца биначу бартах юхабевлларш лорур бу цо.
ибо в одно время с ним придут корабли Киттимские; и он упадёт духом, и возвратится, и озлобится на святый завет, и исполнит своё намерение, и опять войдёт в соглашение с отступниками от святаго завета.
Цуьнан эскархоша Делан цІа а, керт а бехйийр ю. ХІора дийнахь сагІа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хІума а дІахІоттор ю цо, цунна Іибадат а дойтуш.
И поставлена будет им часть войска, которая осквернит святилище могущества, и прекратит ежедневную жертву, и поставит мерзость запустения.
Делан весеташна дуьхьалбевлларш мекарлонца шена тІеозор бу цо. Амма шайн Далла тешаме болчара цунна чІогІа дуьхьало йийр ю.
Поступающих нечестиво против завета он привлечёт к себе лестью; но люди, чтущие своего Бога, усилятся и будут действовать.
Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цІерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу.
И разумные из народа вразумят многих, хотя будут несколько времени страдать от меча и огня, от плена и грабежа;
Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гІо хир ду, тІаккха дукхахберш царах дІауьйр бу, амма доггах хир дац иза.
и во время страдания своего будут иметь некоторую помощь, и многие присоединятся к ним, но притворно.
Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цІанбархьама, кІайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тІекхаччалц, хІунда аьлча билгалъяьккхина хан хІинца а хир йолуш ю.
Пострадают некоторые и из разумных для испытания их, очищения и для убеления к последнему времени; ибо есть ещё время до срока.
Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду.
И будет поступать царь тот по своему произволу, и вознесётся и возвеличится выше всякого божества, и о Боге богов станет говорить хульное и будет иметь успех, доколе не совершится гнев: ибо, что предопределено, то исполнится.
Шен ден деланаш цунна дагабогІур бац. Цо лорур вац зударша лоруш волу дела а, я муьлхха а кхиволу дела а, ша массарел а лакхавоккхур волу дела.
И о богах отцов своих он не помыслит, и ни желания жён, ни даже божества никакого не уважит; ибо возвеличит себя выше всех.
Бакъволчу Делан метта гІепийн далла Іамал йийр ю цо. Цкъа а шен дайшна вевзина воцучу цу делан сий дийр ду цо дешица, детица, дезачу тІулгашца, тайп-тайпана механа езачу хІуманашца.
Но богу крепостей на месте его будет он воздавать честь, и этого бога, которого не знали отцы его, он будет чествовать золотом и серебром, и дорогими камнями, и разными драгоценностями,
Иштта шен дайша ца лоручу делаца хьалагІоттур ву иза уггар чІогІачу гІепашна дуьхьал. И дела тІеэцначеран кхин а алссам сий дийр ду цо, цаьрга дукха нахана тІехь олалла а дойтур ду, царна совгІатна латта а доькъур ду.
и устроит твёрдую крепость с чужим богом: которые признают его, тем увеличит почести и даст власть над многими, и землю раздаст в награду.
ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза.
Под конец же времени сразится с ним царь южный, и царь северный устремится как буря на него с колесницами, всадниками и многочисленными кораблями, и нападёт на области, наводнит их, и пройдёт через них.
ТІаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хІаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Іамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац.
И войдёт он в прекраснейшую из земель, и многие области пострадают и спасутся от руки его только Едом, Моав и большая часть сынов Аммоновых.
Тайп-тайпанарчу мехкашна тІе а куьг кховдор ду цо. КІелхьарбер бац Мисар-мохк а.
И прострет руку свою на разные страны; не спасётся и земля Египетская.
Мисар-мехкан дашо а, дато а, механа еза йолчу хІуманийн хазна а шен дола йоккхур ю цо. Лива-мехкан бахархой а, хушахой а цунна тІаьхьахІуьттур бу.
И завладеет он сокровищами золота и серебра и разными драгоценностями Египта; Ливийцы и Ефиопляне последуют за ним.
Амма малхбалехьара а, къилбаседехьара а схьахезачу хабарша цуьнан синтем бойур бу. ТІаккха шен нуьцкъалчу дераллица дуккха а адамаш дайа а, хІаллакдан а аравер ву иза.
Но слухи с востока и севера встревожат его, и выйдет он в величайшей ярости, чтобы истреблять и губить многих,
ХІордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь шен паччахьаллин четарш дІасадаржор ду цо. Амма шен хІаллакьхиларна тІевогІур ву иза, цунна цхьаммо а гІо а дийр дац».
и раскинет он царские шатры свои между морем и горою преславного святилища; но придёт к своему концу, и никто не поможет ему.
«Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу.
И восстанет в то время Михаил, князь великий, стоящий за сынов народа твоего; и наступит время тяжкое, какого не бывало с тех пор, как существуют люди, до сего времени; но спасутся в это время из народа твоего все, которые найдены будут записанными в книге.
ТІаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила.
И многие из спящих в прахе земли пробудятся, одни для жизни вечной, другие на вечное поругание и посрамление.
Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а.
И разумные будут сиять, как светила на тверди, и обратившие многих к правде — как звёзды, вовеки, навсегда.
Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду».
А ты, Даниил, сокрой слова сии и запечатай книгу сию до последнего времени; многие прочитают её, и умножится ведение».
Цул тІаьхьа со, Даниал, дІахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хІокху йистехь, важа – вукху йистехь.
Тогда я, Даниил, посмотрел, и вот, стоят двое других, один на этом берегу реки, другой на том берегу реки.
Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тІехь лаьтташ волчу стаге хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла.
И [один] сказал мужу в льняной одежде, который стоял над водами реки: «когда будет конец этих чудных происшествий?»
ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду».
И слышал я, как муж в льняной одежде, находившийся над водами реки, подняв правую и левую руку к небу, клялся Живущим вовеки, что к концу времени и времён и полувремени, и по совершённом низложении силы народа святого, всё это совершится.
Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» – аьлла.
Я слышал это, но не понял, и потому сказал: «господин мой! что же после этого будет?»
«ДІавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухІар а тоьхна, дІакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. –
И отвечал он: «иди, Даниил; ибо сокрыты и запечатаны слова сии до последнего времени.
Дукхахберш цІанлур бу, кІайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Іесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу.
Многие очистятся, убелятся и переплавлены будут [в искушении]; нечестивые же будут поступать нечестиво, и не уразумеет сего никто из нечестивых, а мудрые уразумеют.
СагІа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хІума дІахІоттийначул тІаьхьа цхьа эзар ши бІе дезткъе итт де дер ду.
Со времени прекращения ежедневной жертвы и поставления мерзости запустения пройдёт тысяча двести девяносто дней.
Декъала ву цхьа эзар кхо бІе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгІна, оцу хене кхочун верг.
Блажен, кто ожидает и достигнет тысячи трёхсот тридцати пяти дней.
Ткъа хьо чаккхенна тІегІо, вала а велла, гІоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догІург схьаэца».
А ты иди к твоему концу и упокоишься, и восстанешь для получения твоего жребия в конце дней».
ЯхІуд-мехкан паччахьаша Іузи-ЯхІус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхІус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кІант волчу ЯрбаІама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кІанте ХІушаІе Везачу Элера хаам хилла.
Слово Господне, которое было к Осии, сыну Беериину, во дни Озии, Иоафама, Ахаза, Езекии, царей Иудейских, и во дни Иеровоама, сына Иоасова, царя Израильского.
Везачу Эло, ХІушаІехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хІунда аьлча хІара халкъ чІогІа зуламе даьлла, кхечу деланашна тІаьхьа а хІоьттина, Везачу Элах дІадирзина иза».
Начало слова Господня к Осии. И сказал Господь Осии: иди, возьми себе жену блудницу и детей блуда; ибо сильно блудодействует земля сия, отступив от Господа.
Вахана, ХІушаІа шена Диблайман йоІ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХІушаІана кІант вина.
И пошёл он и взял Гомерь, дочь Дивлаима; и она зачала и родила ему сына.
Везачу Эло ХІушаІе элира: «КІантана, ИзраІал алий, цІе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраІалан тогІи чохь цІий Іанор Аса дІадоькхур ду ЯхІу-паччахьан цІенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса.
И Господь сказал ему: нареки ему имя Изреель, потому что ещё немного пройдёт, и Я взыщу кровь Изрееля с дома Ииуева, и положу конец царству дома Израилева,
Цу дийнахь ИзраІалан тогІи чохь исраилхойн тІеман ницкъ бохор бу Аса».
и будет в тот день, Я сокрушу лук Израилев в долине Изреель.
Гомара, юха а берах а хилла, йоІ йина. Везачу Эло ХІушаІе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цІе тилла, хІунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац.
И зачала ещё, и родила дочь, и Он сказал ему: нареки ей имя Лорухама; ибо Я уже не буду более миловать дома Израилева, чтобы прощать им.
Делахь а Аса ЯхІудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаІодаца а, туьраца а, тІамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кІелхьарбохур бу».
А дом Иудин помилую и спасу их в Господе Боге их, спасу их ни луком, ни мечом, ни войною, ни конями и всадниками.
Ло-Рухьама екхачуьра дІаяьлча, Гомара, юха а берах а хилла, кхин а цхьа кІант вина.
И, откормив грудью Непомилованную, она зачала, и родила сына.
Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац.
И сказал Он: нареки ему имя Лоамми, потому что вы не Мой народ, и Я не буду вашим [Богом].
Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга.
Но будет число сынов Израилевых как песок морской, которого нельзя ни измерить, ни исчислить; и там, где говорили им: «вы не Мой народ», будут говорить им: «вы сыны Бога живаго».
ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!»
И соберутся сыны Иудины и сыны Израилевы вместе, и поставят себе одну главу, и выйдут из земли [переселения]; ибо велик день Изрееля!
«Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Іами) алий, цІе тилла, ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цІе тилла».
Говорите братьям вашим: «Мой народ», и сёстрам вашим: «Помилованная».
«Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала.
Судитесь с вашею матерью, судитесь; ибо она не жена Моя, и Я не муж её; пусть она удалит блуд от лица своего и прелюбодеяние от грудей своих,
Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь, цуьнан бедарш этІор ю Аса, нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара, ерзина а яьккхина. Иза, яьсса аре санна, дІахІоттор ю Аса, иза, декъа латта санна, йийр ю Аса, хьагъярца хІаллакйийр ю.
дабы Я не разоблачил её донага и не выставил её, как в день рождения её, не сделал её пустынею, не обратил её в землю сухую и не уморил её жаждою.
Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех, тешаме доцу бераш уьш долу дела.
И детей её не помилую, потому что они дети блуда.
ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара.
Ибо блудодействовала мать их и осрамила себя зачавшая их; ибо говорила: «пойду за любовниками моими, которые дают мне хлеб и воду, шерсть и лён, елей и напитки».
Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дІакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дІахІоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.
За то вот, Я загорожу путь её тернами и обнесу её оградою, и она не найдёт стезёй своих,
Иза шен безаргашна тІаьхьауьдур ю, амма тІаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТІаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тІе дІагІур ю со. Цуьнца долу дахар гІоле дара сан, хІинца чул“.
и погонится за любовниками своими, но не догонит их, и будет искать их, но не найдёт, и скажет: «пойду я, и возвращусь к первому мужу моему; ибо тогда лучше было мне, нежели теперь».
Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна.
А не знала она, что Я, Я давал ей хлеб и вино и елей и умножил у неё серебро и золото, из которого сделали [истукана] Ваала.
Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.
За то Я возьму назад хлеб Мой в его время и вино Моё в его пору и отниму шерсть и лён Мой, чем покрывается нагота её.
Иштта цуьнан дерзина дегІ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.
И ныне открою срамоту её пред глазами любовников её, и никто не исторгнет её из руки Моей.
Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.
И прекращу у неё всякое веселье, праздники её и новомесячия её, и субботы её, и все торжества её.
Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу.
И опустошу виноградные лозы её и смоковницы её, о которых она говорит: «это у меня подарки, которые надарили мне любовники мои»; и Я превращу их в лес, и полевые звери поедят их.
Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло.
И накажу её за дни служения Ваалам, когда она кадила им и, украсив себя серьгами и ожерельями, ходила за любовниками своими, а Меня забывала, говорит Господь.
«Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.
Посему вот, и Я увлеку её, приведу её в пустыню, и буду говорить к сердцу её.
Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Іахур-тогІех сатийсаран неІ дІахІоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».
И дам ей оттуда виноградники её и долину Ахор, в преддверие надежды; и она будет петь там, как во дни юности своей и как в день выхода своего из земли Египетской.
Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидІа „сан БаІал“ эр дац ахь Сох.
И будет в тот день, говорит Господь, ты будешь звать Меня: «муж мой», и не будешь более звать Меня: «Ваали».
БаІалийн цІераш цуьнан багара дІайохур ю Аса, церан цІераш кхин йохур яц цо.
И удалю имена Ваалов от уст её, и не будут более вспоминаемы имена их.
Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Іаддий, туррий, тІоммий дІабоккхур бу Аса цу лаьтта тІера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.
И заключу в то время для них союз с полевыми зверями и с птицами небесными, и с пресмыкающимися по земле; и лук, и меч, и войну истреблю от земли той, и дам им жить в безопасности.
Гуттаренна а Сайна тІеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо.
И обручу тебя Мне навек, и обручу тебя Мне в правде и суде, в благости и милосердии.
Сайна тешаме хиларца тІеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тІаккха къобалвийр ву ахь.
И обручу тебя Мне в верности, и ты познаешь Господа.
Цу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.
И будет в тот день, Я услышу, говорит Господь, услышу небо, и оно услышит землю,
Ткъа ялтин а, чагІаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраІал“ – Дала дІадоь – аьлла, жоп лур ду.
и земля услышит хлеб и вино и елей; а сии услышат Изреель.
Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду».
И посею её для Себя на земле, и помилую Непомилованную, и скажу не Моему народу: «ты Мой народ», а он скажет: «Ты мой Бог!»
Везачу Эло соьга элира: «Вало, юха а еза хьайн зуда, иза кхечунна езахь а, иза сийсаза лелахь а. Еза и зуда, Везачу Элана исраилхой безаш хиларе терра – уьш кхечу деланашна тІе дІабирзинехь а, цу деланашна лерина йолу Іаьвдинчу кемсийн курсаш царна езахь а».
И сказал мне Господь: иди ещё, и полюби женщину, любимую мужем, но прелюбодействующую, подобно тому, как любит Господь сынов Израилевых, а они обращаются к другим богам и любят виноградные лепёшки их.
Аса сайна и зуда ялийра, пхийтта дато шекхал ахча а, ворхІ а, ах а гали мукх а белла.
И приобрёл я её себе за пятнадцать сребренников и за хомер ячменя и полхомера ячменя
Аса цуьнга элира: «Со волчохь дуккха а денош даха. Суна тешаме йоцуш а ма хила, кхечу стагах а ма хьакхало, ткъа со хьох а хьакхалур вац».
и сказал ей: много дней оставайся у меня; не блуди, и не будь с другим; так же и я буду для тебя.
Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш.
Ибо долгое время сыны Израилевы будут оставаться без царя и без князя и без жертвы, без жертвенника, без ефода и терафима.
Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.
После того обратятся сыны Израилевы и взыщут Господа Бога своего и Давида, царя своего, и будут благоговеть пред Господом и благостью Его в последние дни.
Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац.
Слушайте слово Господне, сыны Израилевы; ибо суд у Господа с жителями сей земли, потому что нет ни истины, ни милосердия, ни Богопознания на земле.
Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хІаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тІехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цІий Іенор а дац хедаш.
Клятва и обман, убийство и воровство, и прелюбодейство крайне распространились, и кровопролитие следует за кровопролитием.
И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду.
За то восплачет земля сия, и изнемогут все, живущие на ней, со зверями полевыми и птицами небесными, даже и рыбы морские погибнут.