che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Шайн дегнаш чу нийсонан хІу таса, тІаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дІааха, хІунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тІееана. Ша веанчу дийнахь шуна тІе нийсо, догІа санна, Цо тІеІанор ю.
Сейте себе в правду, и пожнёте милость; распахивайте у себя новину, ибо время взыскать Господа, чтобы Он, когда придёт, дождём пролил на вас правду.
Аша харцдолчун хІу а тосура, зуламан ялта а хьокхура, мекарлонан стом а боура. Шаьш дІакхоьхьучу некъах шу тешарна а, шайн шортта болчу тІемалойх шу тешарна а,
Вы возделывали нечестие, пожинаете беззаконие, едите плод лжи, потому что ты надеялся на путь твой, на множество ратников твоих.
тІеман гІовгІа ер ю хьан халкъана дуьхьал, хьан массо а чІагІонаш йохийна хир ю, тІеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гІала йохийча санна, шайн берашца наной хьаьшначу хенахь.
И произойдёт смятение в народе твоём, и все твердыни твои будут разрушены, как Салман разрушил Бет-Арбел в день брани: мать была убита с детьми.
Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой, барам боцуш аша летийначу къиношна.
Вот что причинит вам Вефиль за крайнее нечестие ваше.
ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!»
На заре погибнет царь Израилев! Когда Израиль был юн, Я любил его и из Египта вызвал сына Моего.
Со цаьрга мел кхойкху, уьш Суна генабовлура. Цара БаІал-деланашна сагІанаш а дохура, цІушна хаза хьожа йогІу хІума а ягайора.
Звали их, а они уходили прочь от лица их: приносили жертву Ваалам и кадили истуканам.
Делахь а Аса-Айса Іамийнера эпраймхой когаш тІе дІахІитта. Сайн карахь лелабора Ас уьш. Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар къобалдан ца лаьара царна.
Я Сам приучал Ефрема ходить, носил его на руках Своих, а они не сознавали, что Я врачевал их.
Адамийн дикаллин тІийрагашца Аса уьш тІеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тІера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьІна, уьш кхобура Аса.
Узами человеческими влёк Я их, узами любви, и был для них как бы поднимающий ярмо с челюстей их, и ласково подкладывал пищу им.
Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дІахІуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?
Не возвратится он в Египет, но Ассур — он будет царём его, потому что они не захотели обратиться [ко Мне].
Церан гІаланашна тІе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дІакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.
И падёт меч на города его, и истребит затворы его, и пожрёт их за умыслы их.
Сан халкъ тешнабехк барна тІедирзина. Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а, Иза баккъалла а ваз ца во цара.
Народ Мой закоснел в отпадении от Меня, и хотя призывают его к горнему, он не возвышается единодушно.
Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла.
Как поступлю с тобою, Ефрем? как предам тебя, Израиль? Поступлю ли с тобою, как с Адамою, сделаю ли тебе, что Севоиму? Повернулось во Мне сердце Моё, возгорелась вся жалость Моя!
ХІан-хІа, Сайн оьгІазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хІаллакдийр дац. Со – Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогІур вац Со.
Не сделаю по ярости гнева Моего, не истреблю Ефрема, ибо Я Бог, а не человек; среди тебя Святый; Я не войду в город.
Уьш Везачу Элана тІаьхьахІуьттур бу. Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду. ТІаккха, сих а луш, богІур бу Цунна тІе малхбузера кІентий.
Вслед Господа пойдут они; как лев, Он даст глас Свой, даст глас Свой, и встрепенутся к Нему сыны с запада,
Сих а луш, юхабоьрзур бу уьш, Мисар-махкара, схьадогІу олхазарш санна, Ашур-махкара, схьадогІу кхокхарчий санна. Ткъа Аса уьш шайн-шайн цІеношка охьаховшор бу». Иштта боху Везачу Эло.
встрепенутся из Египта, как птицы, и из земли Ассирийской, как голуби, и вселю их в домы их, говорит Господь.
«Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна. Ткъа исраилхоша – мекарлонца бина. ЯхІудан халкъ хІинца а Делаца лелаш ду, Везачуьнца иза тешаме ду.
Окружил Меня Ефрем ложью и дом Израилев лукавством; Иуда держался ещё Бога и верен был со святыми.
Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
Ефрем пасёт ветер и гоняется за восточным ветром, каждый день умножает ложь и разорение; заключают они союз с Ассуром, и в Египет отвозится елей.
Везачу Эло ЯхІудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тІаьхьенна таІзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догІург а дийр ду Цо, церан гІуллакхашка хьаьжжина.
Но и с Иудою у Господа суд и Он посетит Иакова по путям его, воздаст ему по делам его.
Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кІажа лецира Якъуба. Ткъа стаг а хилла ша дІахІоьттича, Делах летира иза.
Ещё во чреве матери запинал он брата своего, а возмужав боролся с Богом.
Маликах а летта, кІел ца висира Якъуб. Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо. Беталахь иза карийра Далла, цигахь цуьнга къамел дира Цо.
Он боролся с Ангелом — и превозмог; плакал и умолял Его; в Вефиле Он нашёл нас и там говорил с нами.
Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара, цІе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.
А Господь есть Бог Саваоф; Сущий (Иегова)— имя Его.
Иштта шу, Якъубан тІаьхьенах дерш, шайн Далла тІедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!
Обратись и ты к Богу твоему; наблюдай милость и суд и уповай на Бога твоего всегда.
Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву.
Хананеянин с неверными весами в руке любит обижать;
Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», – бохуш.
и Ефрем говорит: «однако я разбогател; накопил себе имущества, хотя во всех моих трудах не найдут ничего незаконного, что было бы грехом».
«Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу, яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.
А Я, Господь Бог твой от самой земли Египетской, опять поселю тебя в кущах, как во дни праздника.
Со пайхамаршка вистхуьлура. Ас дуьхьалхІуьтту суьрташ а алссам гойтура, пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».
Я говорил к пророкам, и умножал видения, и чрез пророков употреблял притчи.
ГалІад-гІалахь нах цІушна Іамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хІуманна тІе кхочур бац. Галгал-гІалахь наха эсий дойу. Церан сагІа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тІулгийн баьрзнаш санна хир ю.
Если Галаад сделался Авеном, то они стали суетны, в Галгалах заколали в жертву тельцов, и жертвенники их стояли как груды камней на межах поля.
Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера. Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора, зуда ялорхьама, жа а Іалашдора.
Убежал Иаков на поля Сирийские, и служил Израиль за жену, и за жену стерёг [овец].
Амма Везачу Эло пайхамаран гІоьнца исраилхой Мисар-махкара арабехира. Цо уьш Іалашбора пайхамарехула.
Чрез пророка вывел Господь Израиля из Египта, и чрез пророка Он охранял его.
Эпрайман халкъо Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтина. Іанийначу цІийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо. Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.
Сильно раздражил Ефрем [Господа] и за то кровь его оставит на нём, и поношение его обратит Господь на него.
Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаІална Іамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.
Когда Ефрем говорил, все трепетали. Он был высок в Израиле; но сделался виновным через Ваала, и погиб.
Исраилхоша хІинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цІуш бо. Шайн детих говза йина хІуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагІанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»
И ныне прибавили они ко греху: сделали для себя литых истуканов из серебра своего, по понятию своему,— полная работа художников,— и говорят они приносящим жертву людям: «целуйте тельцов!»
И бахьана долуш уьш Іуьйренан дохк санна а, хьалххехь дІадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дІахьоькху ялтин нехаш санна а, биргІанан чуьра хьалаболу кІур санна а.
За то они будут как утренний туман, как роса, скоро исчезающая, как мякина, свеваемая с гумна, и как дым из трубы.
Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац.
Но Я — Господь Бог твой от земли Египетской,— и ты не должен знать другого бога, кроме Меня, и нет спасителя, кроме Меня.
Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.
Я признал тебя в пустыне, в земле жаждущей.
Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.
Имея пажити, они были сыты; а когда насыщались, то превозносилось сердце их, и потому они забывали Меня.
И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кІелхиъна долу цІокъ санна, кечлур ву Со.
И Я буду для них как лев, как скимен буду подстерегать при дороге.
КІорнех яьккхина ча санна, тІелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этІор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».
Буду нападать на них, как лишённая детей медведица, и раздирать вместилище сердца их, и поедать их там, как львица; полевые звери будут терзать их.
«Аса хІаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ. ТІаккха хьан гІо дийр ду хьуна?
Погубил ты себя, Израиль, ибо только во Мне опора твоя.
Мичахь ву хьан паччахь хІинца? Цо хьо кІелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гІаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“
Где царь твой теперь? Пусть он спасёт тебя во всех городах твоих! Где судьи твои, о которых говорил ты: «дай нам царя и начальников»?
Аса паччахь велира хьуна Со оьгІазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
И Я дал тебе царя во гневе Моём, и отнял в негодовании Моём.
Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю, цуьнан къинош дІадехкина ду.
Связано в узел беззаконие Ефрема, сбережён его грех.
Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тІедогІур ду цунна. Иза хьекъал доцу кІант ву. Дуьнен чу вала хан тІееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.
Муки родильницы постигнут его; он — сын неразумный, иначе не стоял бы долго в положении рождающихся детей.
Эхартан карара Аса уьш паргІатбохур буй те? Іожаллех Аса уьш кІелхьарбохур буй те? Іожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!
От власти ада Я искуплю их, от смерти избавлю их. Смерть! где твоё жало? ад! где твоя победа? Раскаяния в том не будет у Меня.
Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогІур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
Хотя [Ефрем] плодовит между братьями, но придёт восточный ветер, поднимется ветер Господень из пустыни, и иссохнет родник его, и иссякнет источник его; он опустошит сокровищницу всех драгоценных сосудов.
Шамран-гІалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу».
Опустошена будет Самария, потому что восстала против Бога своего; от меча падут они; младенцы их будут разбиты, и беременные их будут рассечены.
Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тІе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.
Обратись, Израиль, к Господу Богу твоему; ибо ты упал от нечестия твоего.
Шайца хІара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тІеэцахьа тхан дохкодовларан доІа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагІанаш дохур ду.
Возьмите с собою [молитвенные] слова и обратитесь к Господу; говорите Ему: «отними всякое беззаконие и прими во благо, и мы принесём жертву уст наших.
Ашур-махке тхо кІелхьардахалур дац. ТІеман динна тІе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хІуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хІунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».
Ассур не будет уже спасать нас; не станем садиться на коня и не будем более говорить изделию рук наших: боги наши; потому что у Тебя милосердие для сирот».
Везачу Эло иштта боху: «Сайх дІаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгІазалла царна тІера дІаяьлла дела.
Уврачую отпадение их, возлюблю их по благоволению; ибо гнев Мой отвратился от них.
Исраилан халкъана тхи хилла дІахІуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петІамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо.
Я буду росою для Израиля; он расцветёт, как лилия, и пустит корни свои, как Ливан.
Цуьнан зІийдагаш дІасаяьржар ю. Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла. Ливанунан баганан диттах йогІург санна, хаза хьожа йогІур ю цунах.
Расширятся ветви его, и будет красота его, как маслины, и благоухание от него, как от Ливана.
Юха а бирзина, цуьнан ІиндагІехь Іийр бу уьш. КІа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагІаран санна, церан хьожа хир ю.
Возвратятся сидевшие под тенью его, будут изобиловать хлебом, и расцветут, как виноградная лоза, славны будут, как вино Ливанское.
Ва Эпрайман халкъ, цІушца Сан хІун бала бу? Хьан доІанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Іалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».
«Что мне ещё за дело до идолов?» — скажет Ефрем.— Я услышу его и призрю на него; Я буду как зеленеющий кипарис; от Меня будут тебе плоды.
Мила ву хьекъале кху дерригенах кхета? Мила ву кхетам болуш хІара дерриг а хаа? Везачу Элан некъаш нийса ду. Делаца берш оцу некъашца лела, ткъа аьрха нах царна тІе оьгур бу.
Кто мудр, чтобы разуметь это? кто разумен, чтобы познать это? Ибо правы пути Господни, и праведники ходят по ним, а беззаконные падут на них.
Патуалан кІанте Юале Везачу Элера хаам хилира.
Слово Господне, которое было к Иоилю, сыну Вафуила.
ЛадогІа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хІара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь?
Слушайте это, старцы, и внимайте, все жители земли сей: бывало ли такое во дни ваши, или во дни отцов ваших?
ДІахаийта хІара шайн берашка, цаьрга а дІадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка – хинйолчу тІаьхьене.
Передайте об этом детям вашим; а дети ваши пусть скажут своим детям, а их дети следующему роду:
ЦІазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгІачу арданго чекхдоккхура.
оставшееся от гусеницы ела саранча, оставшееся от саранчи ели черви, а оставшееся от червей доели жуки.
Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагІар муьйлурш, шайн багара иза дІадаьккхина дела!
Пробудитесь, пьяницы, и плачьте и рыдайте, все пьющие вино, о виноградном соке, ибо он отнят от уст ваших!
Сан лаьтта тІе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цІазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю.
Ибо пришёл на землю Мою народ сильный и бесчисленный; зубы у него — зубы львиные, и челюсти у него — как у львицы.
Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дІакхиссина! Церан гаьннаш а кІайделла.
Опустошил он виноградную лозу Мою, и смоковницу Мою обломал, ободрал её догола, и бросил; сделались белыми ветви её.
Сингаттаман духар тІе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоІстаг санна, делхийша!
Рыдай, как молодая жена, препоясавшись [вретищем], о муже юности своей!
ДІасецна Везачу Элан цІа чохь кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гІуллакх деш болу динан дай.
Прекратилось хлебное приношение и возлияние в доме Господнем; плачут священники, служители Господни.
Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хІаллакдина, кемсийн мутт дІалекъна, зайт-дитт а маргІалдоьлла.
Опустошено поле, сетует земля; ибо истреблён хлеб, высох виноградный сок, завяла маслина.
Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта.
Краснейте от стыда, земледельцы, рыдайте, виноградари, о пшенице и ячмене, потому что погибла жатва в поле,
Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла.
засохла виноградная лоза и смоковница завяла; гранатовое дерево, пальма и яблоня, все дерева в поле посохли; потому и веселье у сынов человеческих исчезло.
Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар.
Препояшьтесь [вретищем] и плачьте, священники! рыдайте, служители алтаря! войдите, ночуйте во вретищах, служители Бога моего! ибо не стало в доме Бога вашего хлебного приношения и возлияния.
ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!
Назначьте пост, объявите торжественное собрание, созовите старцев и всех жителей страны сей в дом Господа Бога вашего, и взывайте к Господу.
ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.
О, какой день! ибо день Господень близок; как опустошение от Всемогущего придёт он.
Вайн бІаьргашна хьалхара дІа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цІийнера дІа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?
Не пред нашими ли глазами отнимается пища, от дома Бога нашего — веселье и радость?
ХІуш хІаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧІоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела.
Истлели зёрна под глыбами своими, опустели житницы, разрушены кладовые, ибо не стало хлеба.
Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагІийн жаш а ду гІайгІане.
Как стонет скот! уныло ходят стада волов, ибо нет для них пажити; томятся и стада овец.
Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦІеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦІеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ.
К Тебе, Господи, взываю; ибо огонь пожрал злачные пастбища пустыни, и пламя попалило все дерева в поле.
Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Іовраш якъаелла дела, цІеро яьссачу аренан дежийлаш хІаллакйина дела.
Даже и животные на поле взывают к Тебе, потому что иссохли потоки вод, и огонь истребил пастбища пустыни.
Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду.
Трубите трубою на Сионе и бейте тревогу на святой горе Моей; да трепещут все жители земли, ибо наступает день Господень, ибо он близок—
И де боданан а, Іаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дІасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цІазан эскар тІедогІу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тІеяллалц а хир дац.
день тьмы и мрака, день облачный и туманный: как утренняя заря распространяется по горам народ многочисленный и сильный, какого не бывало от века и после того не будет в роды родов.
Цунна хьалха дерг цІеро дагадо, цунна тІаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Іеданан беш санна ду, ткъа цунна тІаьхьарниг – яссийна аре ю. Цунах цхьа а хІума кІелхьардалалур дац.
Перед ним пожирает огонь, а за ним палит пламя; перед ним земля как сад Едемский, а позади него будет опустошённая степь, и никому не будет спасения от него.
Цуьнан васт – дойн васт санна ду. Церан хахкадалар тІеман говрийн санна ду.
Вид его как вид коней, и скачут они как всадники;
Иза гІудалкхийн гІовгІанца санна, ча догуш лелха цІеран суйнаш санна, тІамана дІахІоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела.
скачут по вершинам гор как бы со стуком колесниц, как бы с треском огненного пламени, пожирающего солому, как сильный народ, выстроенный к битве.
Иза шайна гича, дегор ду халкъаш, бос а байна, дІахІуьттур ю массеран а яххьаш.
При виде его затрепещут народы, у всех лица побледнеют.
Къовсабелларш санна бовду уьш, пенашна тІе бовлу уьш, майра тІемалой санна. ХІора а шен-шен новкъа дІавоьду, шен некъа тІера ца вухуш.
Как борцы бегут они и как храбрые воины влезают на стену, и каждый идёт своею дорогою, и не сбивается с путей своих.
Вовшийн а ца хьоьшуш, хІораммо а шен некъ бо. Дуьхьалонашкахула уьш ма лелха, ткъа царна хІумма а ца хуьлу.
Не давят друг друга, каждый идёт своею стезёю, и падают на копья, но остаются невредимы.
ГІали чухула бевдда лела уьш, пенашна тІе хьалабуьйлу, цІеношна чу гІерта, къуй санна, корашкахула чулелха.
Бегают по городу, поднимаются на стены, влезают на дома, входят в окна, как вор.
Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу.
Перед ними потрясётся земля, поколеблется небо; солнце и луна помрачатся, и звёзды потеряют свой свет.
Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?
И Господь даст глас Свой пред воинством Своим, ибо весьма многочисленно полчище Его и могуществен исполнитель слова Его; ибо велик день Господень и весьма страшен, и кто выдержит его?
Амма Везачу Эло хІинца а боху: «ТІедерза Суна цІеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.
Но и ныне ещё говорит Господь: обратитесь ко Мне всем сердцем своим в посте, плаче и рыдании.
Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде».
Раздирайте сердца ваши, а не одежды ваши, и обратитесь к Господу Богу вашему; ибо Он благ и милосерд, долготерпелив и многомилостив и сожалеет о бедствии.
Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТІаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кІен а, чагІаран а сагІанаш даха.
Кто знает, не сжалится ли Он, и не оставит ли благословения, хлебного приношения и возлияния Господу Богу вашему?
Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь, дІахІоттадейша Далла марха кхабар, кхайкхийша халкъ динан гуламе.
Вострубите трубою на Сионе, назначьте пост и объявите торжественное собрание.
Схьагулдейша халкъ, базбейша и гулам, схьакхайкхийша къаной, схьагулбейша къонахий а, декхаш долу бераш а. Араволийла хІинца зуда ялийнарг ша вехачу хІусамера, нускал а арадолийла шен цІа чуьра.
Соберите народ, созовите собрание, пригласите старцев, соберите отроков и грудных младенцев; пусть выйдет жених из чертога своего и невеста из своей горницы.
Далла гІуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тІаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“»
Между притвором и жертвенником да плачут священники, служители Господни, и говорят: «пощади, Господи, народ Твой, не предай наследия Твоего на поругание, чтобы не издевались над ним народы; для чего будут говорить между народами: где Бог их?»
ТІаккха Везачу Элана Шен латта чІогІа дукхадийзира. Цо Шен долахь долчу халкъах къинхетам бира.
И тогда возревнует Господь о земле Своей, и пощадит народ Свой.
Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХІан, Ас лур ду шуна ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Іийр ду шу. Ас кхин дІалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.
И ответит Господь, и скажет народу Своему: вот, Я пошлю вам хлеб и вино и елей, и будете насыщаться ими, и более не отдам вас на поругание народам.
Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду. Хи доцучу, баьссачу махка дІаэккхор ду Аса иза. Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хІорда чу кхуссур ю, ткъа тІаьхьарниг – Малхбузе хІорда чу. ТІаккха цунах цхьа боьха хьожа йогІур ю, яхкаеллачу хІуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю, цо шуна сийлахь гІуллакхаш дарна.
И пришедшего от севера удалю от вас, и изгоню в землю безводную и пустую, переднее полчище его — в море восточное, а заднее — в море западное, и пойдёт от него зловоние, и поднимется от него смрад, так как он много наделал [зла].
Ма кхерийша, аренаш, яккхийъейша, самукъане хилийша, Везачу Эло шуна сийлахь гІуллакхаш дина дела.
Не бойся, земля: радуйся и веселись, ибо Господь велик, чтобы совершить это.
Ма кхерийша, дийнаташ! Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю. Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу, инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.
Не бойтесь, животные, ибо пастбища пустыни произрастят траву, дерево принесёт плод свой, смоковница и виноградная лоза окажут свою силу.
Даккхийде шу а, Цийонан кІентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дІаделира шуна догІа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тІаьхьа хуьлу а догІа.
И вы, чада Сиона, радуйтесь и веселитесь о Господе Боге вашем; ибо Он даст вам дождь в меру и будет ниспосылать вам дождь, дождь ранний и поздний, как прежде.
Хьаьттарш а ялтех юзур ю, муттдоккхургаш а кемсийн муттанах а, зайтдаьттанах а тІехъюьзна хир ю.
И наполнятся гумна хлебом, и переполнятся подточилия виноградным соком и елеем.
Шу долчу Ас тІехецначу эскаро – цІазан хьалхара арданго а, цІазан кхин мел йолчу ардангаша а – хІаллак мел динарг, Ас меттахІоттор ду.
И воздам вам за те годы, которые пожирали саранча, черви, жуки и гусеница, великое войско Моё, которое послал Я на вас.