che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Ахь дагалаьцначу хІуманаша хьан цІийнан сий дайина. Дукха халкъаш хІаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь. | Бесславие измыслил ты для твоего дома, истребляя многие народы, и согрешил против души твоей. |
Пенашна юкъарчу тІулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду. | Камни из стен возопиют и перекладины из дерева будут отвечать им: |
«Декъаза ву цІий тІехь гІала хІоттош верг, харцдолчуьнца чІагІонаш дІахІиттош верг!» | «горе строящему город на крови и созидающему крепости неправдою!» |
Массо а ницкъийн Везачу Элера-м дац те халкъаша цІеран дуьхьа къахьегна хилар а, къаьмнаша шаьш эрна хьийзийна хилар а? | Вот, не от Господа ли Саваофа это, что народы трудятся для огня и племена мучат себя напрасно? |
Амма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хІорд ма-буззара. | Ибо земля наполнится познанием славы Господа, как воды наполняют море. |
«Декъаза ву шена уллорачаьрга оьгІазаллин кад молуьйтуш верг, церан сийсазалла гучуяккхархьама, маларш а мийлош, уьш бахош верг!» | Горе тебе, который подаёшь ближнему твоему питьё с примесью злобы твоей и делаешь его пьяным, чтобы видеть срамоту его! |
Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тІекхочур бу, хьан сийнна тІе юьхьІаьржо йогІур ю. | Ты пресытился стыдом вместо славы; пей же и ты и показывай срамоту,— обратится и к тебе чаша десницы Господней и посрамление на славу твою. |
Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тІедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хІаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХІунда аьлча адамийн цІий а ахь Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина. | Ибо злодейство твоё на Ливане обрушится на тебя за истребление устрашённых животных, за пролитие крови человеческой, за опустошение страны, города и всех живущих в нём. |
ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! | Что за польза от истукана, сделанного художником, этого литаго лжеучителя, хотя ваятель, делая немые кумиры, полагается на своё произведение? |
«Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». | Горе тому, кто говорит дереву: «встань!» и бессловесному камню: «пробудись!» Научит ли он чему-нибудь? Вот, он обложен золотом и серебром, но дыхания в нём нет. |
Ткъа Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха! | А Господь — во святом храме Своём: да молчит вся земля пред лицем Его! |
Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма санна даьккхина доІа. | Молитва Аввакума пророка, для пения. |
Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна. Веза Эла! Хьан гІуллакхашка ларамах вуьзна ву со. Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта, тхан заман чохь и гІуллакхаш кхин а гучудахахьа! ОьгІазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа. | Господи! услышал я слух Твой и убоялся. Господи! соверши дело Твоё среди лет, среди лет яви его; во гневе вспомни о милости. |
Дела Теманера схьавогІу, Везаниг а Паран-ломара схьавогІу. Цуьнан возалло стигалш дІахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу. | Бог от Фемана грядёт и Святый — от горы Фаран. Покрыло небеса величие Его, и славою Его наполнилась земля. |
Цуьнан лепар малхан серло санна ду. Ницкъ къайлабаьлла болчу Цуьнан куьйгах зІаьнарш юьйлу. | Блеск её — как солнечный свет; от руки Его лучи, и здесь тайник Его силы! |
Цунна хьалха кхераме цамгар йогІу. Цуьнан гІулчашкахь Іожаллин ун лела. | Пред лицем Его идёт язва, а по стопам Его — жгучий ветер. |
Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дІахьаьжча, халкъаш тохало. БІешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду. | Он стал и поколебал землю; воззрел, и в трепет привёл народы; вековые горы распались, первобытные холмы опали; пути Его вечные. |
Суна го, хушанхойн четарш гІайгІанехь хилар, маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар. | Грустными видел я шатры Ефиопские; сотряслись палатки земли Мадиамской. |
Хишна оьгІазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тІе йирзина те Хьан оьгІазалла? ХІордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гІудалкхаш лоьхку Ахь? | Разве на реки воспылал, Господи, гнев Твой? разве на реки — негодование Твоё, или на море — ярость Твоя, что Ты восшел на коней Твоих, на колесницы Твои спасительные? |
Ахь схьадоккху Хьайн секхаІад, Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ахь Іоврашца хедадо латта. | Ты обнажил лук Твой по клятвенному обетованию, данному коленам. Ты потоками рассёк землю. |
Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КІоргачу хІордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу. | Увидев Тебя, вострепетали горы, ринулись воды; бездна дала голос свой, высоко подняла руки свои; |
Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна. | солнце и луна остановились на месте своём пред светом летающих стрел Твоих, пред сиянием сверкающих копьев Твоих. |
Хьо оьгІазаллехь лела лаьтта тІехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу. | Во гневе шествуешь Ты по земле и в негодовании попираешь народы. |
Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кІелхьардаккхархьама, Айхьа къобалдинарг кІелхьардаккхархьама. Ахь Іесачийн халкъан коьртехь волчунна туху, бух тІера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш. | Ты выступаешь для спасения народа Твоего, для спасения помазанного Твоего. Ты сокрушаешь главу нечестивого дома, обнажая его от основания до верха. |
Ахь цуьнан тІемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво, тхо дІасадаржо, дарц санна, уьш тІехьаьддачу дийнахь, хазахетарца мисканиг къайлаха дІакхалла дагахь. | Ты пронзаешь копьями его главу вождей его, когда они как вихрь ринулись разбить меня, в радости, как бы думая поглотить бедного скрытно. |
Ахь Хьайн говрашца хІорд хьоьшу, сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш. | Ты с конями Твоими проложил путь по морю, через пучину великих вод. |
Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьІахкех лазар кхийтира, сан когийн кІелара латта дегадо. | Я услышал, и вострепетала внутренность моя; при вести о сём задрожали губы мои, боль проникла в кости мои, и колеблется место подо мною; а я должен быть спокоен в день бедствия, когда придёт на народ мой грабитель его. |
Инжиран дитто заза ца даккхахь а, кемсийн таьллангана тІе стом ца латабахь а, зайтдитто сатийсинарг ца лахь а, аренаша ялта ца лахь а, жоьлехь уьстагІий ца дисахь а, божалахь даьхний ца дисахь а, | Хотя бы не расцвела смоковница и не было плода на виноградных лозах, и маслина изменила, и нива не дала пищи, хотя бы не стало овец в загоне и рогатого скота в стойлах,— |
тІаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кІелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со. | но и тогда я буду радоваться о Господе и веселиться о Боге спасения моего. |
Хьалдолу Эла – сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! | Господь Бог — сила моя: Он сделает ноги мои как у оленя и на высоты мои возведёт меня! (Начальнику хора). |
ХІара бу яхІудхойн паччахьан Аминан кІанта Юши-ЯхІус паччахьалла дечу деношкахь Хушин кІанте Цапни-ЯхІуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам. Хуши Гадал-ЯхІун кІант хилла, ткъа иза Хьузакх-ЯхІун кІентан Амар-ЯхІун кІант хилла. | Слово Господне, которое было к Софонии, сыну Хусия, сыну Годолии, сыну Амории, сыну Езекии, во дни Иосии, сына Амонова, царя Иудейского. |
«Лаьтта тІера дерриг хІума а дІадойур ду Ас, – боху Везачу Эло. – | Всё истреблю с лица земли, говорит Господь: |
Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хІорда чуьра чІерий а дойур ду, Іесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цІуш а дІабохур бу. Ас лаьтта тІера адамаш хІаллакдина дІадохур ду, – боху Везачу Эло. | истреблю людей и скот, истреблю птиц небесных и рыб морских, и соблазны вместе с нечестивыми; истреблю людей с лица земли, говорит Господь. |
Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхІудан халкъана а, Ярушалайм-гІалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаІал-харцдалла Іамал еш диснарг хІаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дІабирзинчу динан дайн а цІераш кхин цкъа а багах йохур яц. | И простру руку Мою на Иудею и на всех жителей Иерусалима: истреблю с места сего остатки Ваала, имя жрецов со священниками, |
Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас. | и тех, которые на кровлях поклоняются воинству небесному, и тех поклоняющихся, которые клянутся Господом и клянутся царём своим, |
Веза Эла волчу Суна тІаьхьахІиттинчуьра дІабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хІаллакбийр бу Ас». | и тех, которые отступили от Господа, не искали Господа и не вопрошали о Нём. |
Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дІасовца! ХІунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагІина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш. | Умолкни пред лицем Господа Бога! ибо близок день Господень: уже приготовил Господь жертвенное заклание, назначил, кого позвать. |
«СагІа доккхучу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас таІзар дийр ду элашна а, паччахьан кІенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тІе духучарна а. | И будет в день жертвы Господней: Я посещу князей и сыновей царя и всех, одевающихся в одежду иноплеменников; |
Ас таІзар дийр ду неІсагІина тІехула лелхачарна а, шайн олахочун цІа къизаллех а, харцонех а дузучарна а. | посещу в тот день всех, которые перепрыгивают через порог, которые дом Господа своего наполняют насилием и обманом. |
Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – ЧІерийн кевнехь цІогІа детташ хезар ду, гІалин керлачу декъара а узарш хир ду, гунашна тІера церан дохоран чІогІа гІовгІа хир ю. | И будет в тот день, говорит Господь, вопль у ворот рыбных и рыдание у других ворот и великое разрушение на холмах. |
Делха, гІалин базарш хІуттучу декъан дахархой, хІунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хІаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хІаллакьхир бу. | Рыдайте, жители нижней части города, ибо исчезнет весь торговый народ и истреблены будут обременённые серебром. |
Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таІзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна. | И будет в то время: Я со светильником осмотрю Иерусалим и накажу тех, которые сидят на дрожжах своих и говорят в сердце своём: «не делает Господь ни добра, ни зла». |
Церан хьал хІонс санна схьадоккхур ду, церан цІенош а дассор ду. Цара цІенош дІахІиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагІар муьйлур дац». | И обратятся богатства их в добычу и домы их — в запустение; они построят домы, а жить в них не будут, насадят виноградники, а вина из них не будут пить. |
Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду! | Близок великий день Господа, близок, и очень поспешает: уже слышен голос дня Господня; горько возопиет тогда и самый храбрый! |
И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де, | День гнева — день сей, день скорби и тесноты, день опустошения и разорения, день тьмы и мрака, день облака и мглы, |
коьман маІа лекхаран а, тІеман цІогІа тохаран а де. ТІелатарш хир ду чІагІйинчу гІаланашна а, лекхачу бІаьвнашна а дуьхьал. | день трубы и бранного крика против укреплённых городов и высоких башен. |
Везачу Эло боху: «Адамаш бІаьрзенаш санна леллал чІогІа гІайгІанехь латтор ду Ас, Веза Эла волчу Суна дуьхьал цара къинош летийна дела. Церан цІий, чан санна, дІасадаржийна хир ду, церан дилха, кхо санна, дІасакхиссина хир ду». | И Я стесню людей, и они будут ходить, как слепые, потому что они согрешили против Господа, и размётана будет кровь их, как прах, и плоть их — как помёт. |
Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву. | Ни серебро их, ни золото их не может спасти их в день гнева Господа, и огнём ревности Его пожрана будет вся эта земля, ибо истребление, и притом внезапное, совершит Он над всеми жителями земли. |
Метта а дола, хьо леррина а талла, маьттаза халкъ, | Исследуйте себя внимательно, исследуйте, народ необузданный, |
Делан сацам кхочушхилале, Далла тІедерзаран де, мохо кегаш дІахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгІазалла шайна тІеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тІекхачале. | доколе не пришло определение — день пролетит как мякина — доколе не пришёл на вас пламенный гнев Господень, доколе не наступил для вас день ярости Господней. |
Лахийша Веза Эла, лаьтта тІехь шаьш кІезиг хеташ долчу, Цо тІедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кІезигалла дагахь латтаейша. Шу кІелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. | Взыщите Господа, все смиренные земли, исполняющие законы Его; взыщите правду, взыщите смиренномудрие; может быть, вы укроетесь в день гнева Господня. |
Іази-гІала дІатосур ю, Ашкхилун-гІала а яссалур ю, Ашдод-гІалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Іекхран-гІала а тІепаза йовр ю. | Ибо Газа будет покинута и Аскалон опустеет, Азот будет выгнан среди дня и Екрон искоренится. |
Декъаза ду хІордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хІара хаам хьуна дуьхьал бу, пІелаштамхойн долахь болу КанаІан-мохк: «Ас хьо хІаллакбийр бу, тІаккха хир бац хьан бахархой». | Горе жителям приморской страны, народу Критскому! Слово Господне на вас, Хананеи, земля Филистимская! Я истреблю тебя, и не будет у тебя жителей,— |
ХІордан йистера мохк жаІушна дежийлаш а, уьстагІашна гІотанаш а хилла дІахІуттур бу. | и будет приморская страна пастушьим овчарником и загоном для скота. |
И мохк ЯхІудан цІийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гІалин цІеношкахь сарахь садоІуш Іийр бу уьш, хІунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахІоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела. | И достанется этот край остаткам дома Иудина, и будут пасти там, и в домах Аскалона будут вечером отдыхать, ибо Господь Бог их посетит их и возвратит плен их. |
Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а. | Слышал Я поношение Моава и ругательства сынов Аммоновых, как они издевались над Моим народом и величались на пределах его. |
Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс ... | Посему, живу Я! говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: Моав будет, как Содом, и сыны Аммона будут, как Гоморра, достоянием крапивы, соляною рытвиною, пустынею навеки; остаток народа Моего возьмёт их в добычу, и уцелевшие из людей Моих получат их в наследие. |
Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а. | Это им за высокомерие их, за то, что они издевались и величались над народом Господа Саваофа. |
Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тІехь мел болу деланаш Ша хІаллакбечу хенахь. ХІораммо а шен-шен меттехь Цунна Іибадат дийр ду, ур-атталла хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а. | Страшен будет для них Господь, ибо истребит всех богов земли, и Ему будут поклоняться, каждый со своего места, все острова народов. |
Шу а, хушахой, Сан туьро хІаллакдина хир ду. | И вы, Ефиопляне, избиты будете мечом Моим. |
Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. | И прострет Он руку Свою на север, и уничтожит Ассура, и обратит Ниневию в развалины, в место сухое, как пустыня, |
Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бІогІамашна тІехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеІсагІанашна тІехь къапалгаш Іохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дІадаьхна хир ду. | и покоиться будут среди неё стада и всякого рода животные; пеликан и ёж будут ночевать в резных украшениях её; голос их будет раздаваться в окнах, разрушение обнаружится на дверных столбах, ибо не станет на них кедровой обшивки. |
Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду. | Вот чем будет город торжествующий, живущий беспечно, говорящий в сердце своём: «я, и нет иного кроме меня». Как он стал развалиною, логовищем для зверей! Всякий, проходя мимо него, посвищет и махнёт рукою. |
Декъаза ю боьха а, сийсазъяьлла а, гІело еш йолу а гІала! | Горе городу нечистому и осквернённому, притеснителю! |
Делан озе ла ца дугІу цо, ша нисъяйтар тІе ца оьцу. Иза Везачу Элана тІе ца тевжа, шен Далла юххе ца гІерта. | Не слушает голоса, не принимает наставления, на Господа не уповает, к Богу своему не приближается. |
Цуьнан баьччанаш – цунна юккъехь гІигІ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой – сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьІахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу. | Князья его посреди него — рыкающие львы, судьи его — вечерние волки, не оставляющие до утра ни одной кости. |
Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агІор хуьйцу цара. | Пророки его — люди легкомысленные, вероломные; священники его оскверняют святыню, попирают закон. |
Веза Эла оцу гІалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХІора Іуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хІун ду ца хаьа. | Господь праведен посреди него, не делает неправды, каждое утро являет суд Свой неизменно; но беззаконник не знает стыда. |
Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хІаллакдина, церан чІагІонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хІинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гІаланаш хІаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац. | Я истребил народы, разрушены твердыни их; пустыми сделал улицы их, так что никто уже не ходит по ним; разорены города их: нет ни одного человека, нет жителей. |
Ас гІалане бехира: „Соьга ларамах юьзна хилалалахь, Ас хьо нисъяр тІеэцалахь!“ Иза иштта леллехь, цуьнан Іаш йолу меттиг йохийна хир яцара, цунна мел лерина таІзар Ас дийр дацара. Амма цунна хІетте а дерриг а шен гІуллакхашна тІехь телхина мел дерг дан лаьара. | Я говорил: «бойся только Меня, принимай наставление!» и не будет истреблено жилище его, и не постигнет его зло, какое Я постановил о нём; а они прилежно старались портить все свои действия. |
Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан Со гІоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тІегулдар а, пачхьалкхаш тІегулъяр а, Сайн оьгІазалла царна тІе Іанорхьама а, Сайн чІогІа дералла царна тІе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цІаро дерриг а латта дІакхоллур ду. | Итак ждите Меня, говорит Господь, до того дня, когда Я восстану для опустошения, ибо Мною определено собрать народы, созвать царства, чтобы излить на них негодование Моё, всю ярость гнева Моего; ибо огнём ревности Моей пожрана будет вся земля. |
ТІаккха Ас юха а халкъашна цІена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гІуллакх дайтархьама а. | Тогда опять Я дам народам уста чистые, чтобы все призывали имя Господа и служили Ему единодушно. |
Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доІа дечара, Ас дІасадаржийначу халкъо, Суна совгІаташ дахьар ду. | Из заречных стран Ефиопии поклонники Мои, дети рассеянных Моих, принесут Мне дары. |
Оцу дийнахь, Сан халкъ, Суна дуьхьал айхьа мел лелийначу гІуллакхех хьуна эхь хета кхин оьшур дац, хІунда аьлча оцу хенахь хьуна юкъара шайн кураллех сакъералуш берш Ас дІабохур бу. Сан безачу лам тІехь кхин дозаллаш дийр дац ахь. | В тот день ты не будешь срамить себя всякими поступками твоими, какими ты грешил против Меня, ибо тогда Я удалю из среды твоей тщеславящихся твоею знатностью, и не будешь более превозноситься на святой горе Моей. |
Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу. | Но оставлю среди тебя народ смиренный и простой, и они будут уповать на имя Господне. |
Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагІий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш». | Остатки Израиля не будут делать неправды, не станут говорить лжи, и не найдётся в устах их языка коварного, ибо сами будут пастись и покоиться, и никто не потревожит их. |
Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоІ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гІалин йоІ! | Ликуй, дщерь Сиона! торжествуй, Израиль! веселись и радуйся от всего сердца, дщерь Иерусалима! |
Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. | Отменил Господь приговор над тобою, прогнал врага твоего! Господь, царь Израилев, посреди тебя: уже более не увидишь зла. |
Цу дийнахь Ярушалайме иштта эр ду: «Ма кхера, ва Цийон! Хьайн куьйгаш гІел ма далийта! | В тот день скажут Иерусалиму: «не бойся», и Сиону: «да не ослабевают руки твои!» |
Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо». | Господь Бог твой среди тебя, Он силён спасти тебя; возвеселится о тебе радостью, будет милостив по любви Своей, будет торжествовать о тебе с ликованием. |
Везачу Эло боху: «Билгалдаьхна долу деза денош даздан ца ларийна халахетачарах лаьцна аьлча, царах хІонс хиллехь а, уьш сийсазбинехь а, Ас уьш юха схьагулбийр бу. | Сетующих о торжественных празднествах Я соберу: твои они, на них тяготеет поношение. |
Хьуна гІело мел йиначарна таІзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагІа леларш кІелхьарбохур бу, дІасабаржийнарш тІегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гІарабохур бу уьш сийсазбохучу хІокху дерриге а лаьтта тІехь. | Вот, Я стесню всех притеснителей твоих в то время и спасу хромлющее, и соберу рассеянное, и приведу их в почёт и именитость на всей этой земле поношения их. |
Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду, оццу дийнахь схьа а гулдийр ду. Ас шу гІарадохур а ду, лоруьйтур а ду лаьтта тІера массо а халкъашна юкъахь, Ас шун бІаьргашна хьалха шун аьтто юхаметтахІоттийначу хенахь», – боху Везачу Эло. | В то время приведу вас и тогда же соберу вас, ибо сделаю вас именитыми и почётными между всеми народами земли, когда возвращу плен ваш перед глазами вашими, говорит Господь. |
Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. | Во второй год царя Дария, в шестой месяц, в первый день месяца, было слово Господне через Аггея пророка к Зоровавелю, сыну Салафиилеву, правителю Иудеи, и к Иисусу, сыну Иоседекову, великому иерею: |
Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цІа до хан хІинца а ца кхаьчна“». | так сказал Господь Саваоф: народ сей говорит: «не пришло ещё время, не время строить дом Господень». |
Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хІара хаам кхечира: | И было слово Господне через Аггея пророка: |
«Ткъа, хІара Сан цІа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цІеношкахь шу Іан мегаш йолу хан тІекхаьчний? | а вам самим время жить в домах ваших украшенных, тогда как дом сей в запустении? |
Цундела хІинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тІедерзаде шаьш бечу некъаш тІе. | Посему ныне так говорит Господь Саваоф: обратите сердце ваше на пути ваши. |
Аша дуккха а дІадоь, амма кІеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тІе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Іуьрг долчу кисана доьду“. | Вы сеете много, а собираете мало; едите, но не в сытость; пьёте, но не напиваетесь; одеваетесь, а не согреваетесь; зарабатывающий плату зарабатывает для дырявого кошелька. |
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тІедерзаде шаьш бечу некъаш тІе. | Так говорит Господь Саваоф: обратите сердце ваше на пути ваши. |
Лаьмнаш тІе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тІаккха Делан цІа юхаметтахІоттаде. И гІуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, – боху Везачу Эло. | Взойдите на гору и носите дерева, и стройте храм; и Я буду благоволить к нему, и прославлюсь, говорит Господь. |
„Аша дуккха а долчу хІумане сатуьйсу, амма кІеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цІа деанарг, Аса Сайн садеІарца дІадаьккхина. ХІунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хІорра а, сихло, шайн-шайн цІа доьлхучу хенахь, Сан цІа хІинца а доьхна лаьтта дела ду иза. | Ожидаете многого, а выходит мало; и что принесёте домой, то Я развею.— За что? говорит Господь Саваоф: за Мой дом, который в запустении, тогда как вы бежите, каждый к своему дому. |
И бахьанехь стигал а дІакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна. | Посему-то небо заключилось и не даёт вам росы, и земля не даёт своих произведений. |
Аса лаьттахь а, лаьмнаш тІехь а йокъа хІоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагІар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“». | И Я призвал засуху на землю, на горы, на хлеб, на виноградный сок, на елей и на всё, что производит земля, и на человека, и на скот, и на всякий ручной труд. |
ТІаккха Шалтаалан кІанта Зурбабела а, ЯхІу-ЦІадакъан кІанта коьрта динан да волчу ЮшаІа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгІира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгІира цара, хІунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ. | И послушались Зоровавель, сын Салафиилев, и Иисус, сын Иоседеков, и весь прочий народ гласа Господа Бога своего и слов Аггея пророка, как посланного Господом Богом их, и народ убоялся Господа. |
ТІаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хІара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ – боху Везачу Эло». | Тогда Аггей, вестник Господень, посланный от Господа, сказал к народу: Я с вами! говорит Господь. |
ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІентан ЮшаІан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахІоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира. | И возбудил Господь дух Зоровавеля, сына Салафиилева, правителя Иудеи, и дух Иисуса, сына Иоседекова, великого иерея, и дух всего остатка народа, и они пришли, и стали производить работы в доме Господа Саваофа, Бога своего, |
Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран йолхалгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь. | в двадцать четвёртый день шестого месяца, во второй год царя Дария. |
ВорхІалгІачу беттан ткъе хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элера хІара хаам кхечира: | В седьмой месяц, в двадцать первый день месяца, было слово Господне через Аггея пророка: |
«ХІинца иштта дІаала ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабеле а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІе а, дисинчу халкъе а: | скажи теперь Зоровавелю, сыну Салафиилеву, правителю Иудеи, и Иисусу, сыну Иоседекову, великому иерею, и остатку народа: |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.