che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІентан ЮшаІан коьрта тІе дилла.
возьми [у них] серебро и золото и сделай венцы, и возложи на голову Иисуса, сына Иоседекова, иерея великого,
Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо.
и скажи ему: так говорит Господь Саваоф: вот Муж,— имя Ему ОТРАСЛЬ, Он произрастёт из Своего корня и создаст храм Господень.
Везачу Элан цІа дІахІоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тІеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гІанта тІехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гІанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“.
Он создаст храм Господень и примет славу, и воссядет, и будет владычествовать на престоле Своём; будет и священником на престоле Своём, и совет мира будет между тем и другим.
Ткъа и таж Везачу Элан цІа чохь хир ду, Хьелдай а, ТІуби-ЯхІу а, ЯдаІ-ЯхІу а дагаваийтархьама а, Цапни-ЯхІун кІанта Юши-ЯхІус дина дика дагадаийтархьама а.
А венцы те будут Хелему и Товии, Иедаю и Хену, сыну Софониеву, на память в храме Господнем.
Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогІахь».
И издали придут, и примут участие в построении храма Господня, и вы узнаете, что Господь Саваоф послал меня к вам, и это будет, если вы усердно будете слушаться гласа Господа Бога вашего.
Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу доьалгІачу шеран уьссалгІачу беттан – цунах Кислав олу – доьалгІачу дийнахь Закри-ЯхІуга Везачу Элан дош кхечира.
В четвёртый год царя Дария было слово Господне к Захарии, в четвёртый день девятого месяца, Хаслева,
Бетал-Шар-Эцара дІаваийтинера РегІам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цІа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама.
когда Вефиль послал Сарецера и Регем-Мелеха и спутников его помолиться пред лицем Господа
Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгІачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» – аьлла.
и спросить у священников, которые в доме Господа Саваофа, и у пророков, говоря: «плакать ли мне в пятый месяц и поститься, как я делал это уже много лет?»
ТІаккха соьга массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира:
И было ко мне слово Господа Саваофа:
«ХІокху лаьтта тІера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дІаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгІачу а, ворхІалгІачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?
скажи всему народу земли сей и священникам так: когда вы постились и плакали в пятом и седьмом месяце, притом уже семьдесят лет, для Меня ли вы постились? для Меня ли?
Шаьш хІума юуш, шаьш молуш шайн дуьхьа ца йоу аша, шайн дуьхьа ца молу аша?“
И когда вы едите и когда пьёте, не для себя ли вы едите, не для себя ли вы пьёте?
Хьалхалерчу пайхамаршкахула а изза дешнаш дацара Везачу Эло дІакхайкхош дерш, Ярушалайм-гІала адамех юьзна а, маьрша а йолуш, цунна гонахарчу ярташкахь а, къилбехьарчу НегІаб-аренгахь а, малхбузерачу акъарешкахь а адамаш дехачу хенахь?»
Не те же ли слова провозглашал Господь через прежних пророков, когда ещё Иерусалим был населён и покоен, и города вокруг него, южная страна и низменность, были населены?
Везачу Элан дош кхечира Закри-ЯхІуга:
И было слово Господне к Захарии:
«Массо а ницкъийн Везачу Эло хІетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш.
так говорил тогда Господь Саваоф: производите суд справедливый и оказывайте милость и сострадание каждый брату своему;
Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тІевеанчунна а, мискачунна а гІело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.
вдовы и сироты, пришельца и бедного не притесняйте и зла друг против друга не мыслите в сердце вашем.
Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дІабоьрзура уьш, шайн лергаш дІакъовлура цара, Со шайна ца хазийта.
Но они не хотели внимать, отворотились от Меня, и уши свои отяготили, чтобы не слышать.
Шайн дегнаш чІагІдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тІееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгІазло.
И сердце своё окаменили, чтобы не слышать закона и слов, которые посылал Господь Саваоф Духом Своим через прежних пророков; за то и постиг их великий гнев Господа Саваофа.
Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догІаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугІура“, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
И было: как Он взывал, а они не слушали, так и они взывали, а Я не слушал, говорит Господь Саваоф.
Цундела, дарцо санна, Ас дІасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тІаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тІехула дІаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».
И Я развеял их по всем народам, которых они не знали, и земля сия опустела после них, так что никто не ходил по ней ни взад, ни вперёд, и они сделали вожделенную страну пустынею.
Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
И было слово Господа Саваофа:
«Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Боккхачу безамах вуьзна ву Со Цийоне. Цу гІалин мостагІашка йолчу чІогІачу оьгІазаллех вуьзна ву Со“.
так говорит Господь Саваоф: возревновал Я о Сионе ревностью великою, и с великим гневом возревновал Я о нём.
Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“.
Так говорит Господь: обращусь Я к Сиону и буду жить в Иерусалиме, и будет называться Иерусалим городом истины, и гора Господа Саваофа — горою святыни.
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Баккхий нах а, баккхий зударий а юха а Ярушалайман урамашкахь хевшина Іийр бу, шаьш баккхий хиларна Іасанаш кара а лаьцна.
Так говорит Господь Саваоф: опять старцы и старицы будут сидеть на улицах в Иерусалиме, каждый с посохом в руке, от множества дней.
Цу гІалин урамаш ловзучу кІентех а, йоІарех а дузур ду“.
И улицы города сего наполнятся отроками и отроковицами, играющими на улицах его.
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бІаьргашна а тамашийна хилча, Сан бІаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Так говорит Господь Саваоф: если это в глазах оставшегося народа покажется дивным во дни сии, то неужели оно дивно и в Моих очах? говорит Господь Саваоф.
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кІелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара.
Так говорит Господь Саваоф: вот, Я спасу народ Мой из страны востока и из страны захождения солнца;
Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.
и приведу их, и будут они жить в Иерусалиме, и будут Моим народом, и Я буду их Богом, в истине и правде.
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнан бух буттучу хенахь, пайхамарша аьлла долу хІара дешнаш хІинца дІахезаш долчу аша шайн куьйгаш чІагІделаш, Делан цІа юхаметтахІотторхьама.
Так говорит Господь Саваоф: укрепите руки ваши вы, слышащие ныне слова сии из уст пророков, бывших при основании дома Господа Саваофа, для создания храма.
И денош тІекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагІчуьнгара синтем бацара. Ас хІора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.
Ибо прежде дней тех не было возмездия для человека, ни возмездия за труд животных; ни уходящему, ни приходящему не было покоя от врага; и попускал Я всякого человека враждовать против другого.
Ткъа хІинца хІокху халкъах бисинчарна Со хІетахьлера санна вац, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
А ныне для остатка этого народа Я не такой, как в прежние дни, говорит Господь Саваоф.
Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хІокху дисинчу халкъана дІалур ду.
Ибо посев будет в мире; виноградная лоза даст плод свой, и земля даст произведения свои, и небеса будут давать росу свою, и всё это Я отдам во владение оставшемуся народу сему.
Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“
И будет: как вы, дом Иудин и дом Израилев, были проклятием у народов, так Я спасу вас, и вы будете благословением; не бойтесь; да укрепятся руки ваши!
ХІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгІазвахийтинчу хенахь, Ас шу таІзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дІа ца яккхаре терра, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, –
Ибо так говорит Господь Саваоф; как Я определил наказать вас, когда отцы ваши прогневали Меня, говорит Господь Саваоф, и не отменил,
Ас юха а билгалдаьккхина хІокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхІудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
так опять Я определил в эти дни соделать доброе Иерусалиму и дому Иудину; не бойтесь!
Аша дан дезарш хІара гІуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гІуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама.
Вот дела, которые вы должны делать: говорите истину друг другу; по истине и миролюбно судите у ворот ваших.
Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хІунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло.
Никто из вас да не мыслит в сердце своём зла против ближнего своего, и ложной клятвы не любите, ибо всё это Я ненавижу, говорит Господь.
Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
И было ко мне слово Господа Саваофа:
«Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгІачу а, пхоьалгІачу а, ворхІалгІачу а, уьтталгІачу а беттан марханаш ЯхІудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дІахІуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“.
так говорит Господь Саваоф: пост четвёртого месяца и пост пятого, и пост седьмого, и пост десятого соделается для дома Иудина радостью и весёлым торжеством; только любите истину и мир.
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТІейогІучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гІаланийн бахархой а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур бу.
Так говорит Господь Саваоф: ещё будут приходить народы и жители многих городов;
Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла.
и пойдут жители одного города к жителям другого и скажут: пойдём молиться лицу Господа и взыщем Господа Саваофа; [и каждый] [скажет]: пойду и я.
Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“.
И будут приходить многие племена и сильные народы, чтобы взыскать Господа Саваофа в Иерусалиме и помолиться лицу Господа.
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхІудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дІагІур ду, хІунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».
Так говорит Господь Саваоф: будет в те дни, возьмутся десять человек из всех разноязычных народов, возьмутся за полу Иудея и будут говорить: мы пойдём с тобою, ибо мы слышали, что с вами Бог.
ХІара хаам Везачу Элера бу: ХІадрах-махкахь а, Дамасакх-гІалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тІехь санна, Цуьнан бІаьрг массо а адамашна тІехь бу.
Пророческое слово Господа на землю Хадрах, и на Дамаске оно остановится,— ибо око Господа на всех людей, как и на все колена Израилевы,—
Цуьнан бІаьрг иштта бу Дамасакх-гІалина уллохь болчу Хьамат-махкана тІехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦІадан а гІаланашна тІехь а.
и на Емаф, смежный с ним, на Тир и Сидон, ибо он очень умудрился.
Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина.
И устроил себе Тир крепость, накопил серебра, как пыли, и золота, как уличной грязи.
Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю.
Вот, Господь сделает его бедным и поразит силу его в море, и сам он будет истреблён огнём.
И дерриг а гина, Ашкхилун-гІалин бахархой инзарбевр бу, Іази-гІалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Іекхранхой а, хІунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Іази-гІалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гІалахь цхьа а дийна вуьсур вац.
Увидит это Аскалон и ужаснётся, и Газа, и вострепещет сильно, и Екрон; ибо посрамится надежда его: не станет царя в Газе, и Аскалон будет необитаем.
Ашдод-гІалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПІелаштамхойн куралла Ас йожор ю.
Чужое племя будет жить в Азоте, и Я уничтожу высокомерие Филистимлян.
ЦІий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цІушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПІелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхІудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Іекхранхой, явсайхой санна, хир бу.
Исторгну кровь из уст его и мерзости его из зубов его, и он достанется Богу нашему, и будет как тысяченачальник в Иуде, и Екрон будет, как Иевусей.
Эскаро санна, Ас Сайн хІусам ларйийр ю, цхьа а тІемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гІело йийриг кхин махка чувер вац, хІунда аьлча Со хІинца Сайн бІаьргашца церан дуьхьа хьоьжу».
И Я расположу стан у дома Моего против войска, против проходящих вперёд и назад, и не будет более проходить притеснитель, ибо ныне Моими очами Я буду взирать на это.
Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу!
Ликуй от радости, дщерь Сиона, торжествуй, дщерь Иерусалима: сё Царь твой грядёт к тебе, праведный и спасающий, кроткий, сидящий на ослице и на молодом осле, сыне подъяремной.
Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Тогда истреблю колесницы у Ефрема и коней в Иерусалиме, и сокрушён будет бранный лук; и Он возвестит мир народам, и владычество Его будет от моря до моря и от реки до концов земли.
Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу.
А что до тебя, ради крови завета твоего Я освобожу узников твоих изо рва, в котором нет воды.
Юхадерза шайн гІопана тІе, сатуьйсу йийсархой! Тахана Ас дІакхайкхадо, Ас шу хьалхачул шозза алсам декъалдийр ду.
Возвращайтесь на твердыню вы, пленники надеющиеся! Что теперь возвещаю, воздам тебе вдвойне.
ЯхІуд, Іад санна, Сайна тІеозор ву Ас, пхерчий санна болчу Эпраймах дузур ду и Іад. Хьан бахархой, Цийон, бохур бу Ас грекийн мехкан бахархошна дуьхьал. Царах эскархочун тур дийр ду Ас».
Ибо как лук Я натяну Себе Иуду и наполню лук Ефремом, и воздвигну сынов твоих, Сион, против сынов твоих, Иония, и сделаю тебя мечом ратоборца.
Веза Эла царна тІехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Іад. Хьалдолчу Эло коьман маІа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дІаволалур ву.
И явится над ними Господь, и как молния вылетит стрела Его, и возгремит Господь Бог трубою, и шествовать будет в бурях полуденных.
Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш. Цара шайн мостагІий дІакхоллур бу, церан ширдолагийн тІулгаш а хьоьшур ду. Муьйлур ду цара, гІовгІанаш а йийр ю, чагІаро бахийча санна. Уьш бузур бу, сагІин кад санна, сагІа доккхучу кхерчан сенаш санна.
Господь Саваоф будет защищать их, и они будут истреблять и попирать пращные камни, и будут пить и шуметь как бы от вина, и наполнятся как жертвенные чаши, как углы жертвенника.
Цу дийнахь церан Везачу Дала Шен халкъ кІелхьардоккхур ду, Іуьно шен жа кІелхьар-ма-даккхара. Таж тІера тІулгаш санна, уьш Цуьнан лаьтта тІехь лепар бу.
И спасёт их Господь Бог их в тот день, как овец, народ Свой; ибо, подобно камням в венце, они воссияют на земле Его.
ЭхІ-хІай, мел исбаьхьа а, хаза а хир ду Цуьнан халкъ! КІен ялто а, керлачу чагІаро а, кегий нах а, мехкарий а денбийр бу.
О, как велика благость его и какая красота его! Хлеб одушевит язык у юношей и вино — у отроковиц!
Везачу Эле догІа даийтар дехалаш бІаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догІа лург а. Иза ву хІоранна а аренгахь ялта лург а.
Просите у Господа дождя во время благопотребное; Господь блеснёт молниею и даст вам обильный дождь, каждому злак на поле.
ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела.
Ибо терафимы говорят пустое, и вещуны видят ложное и рассказывают сны лживые; они утешают пустотою; поэтому они бродят как овцы, бедствуют, потому что нет пастыря.
Везачу Эло боху: «Сан оьгІазло Іушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таІзар дийр ду. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхІудан халкъ долчу Сайн жена тІехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тІеман дин бийр бу.
На пастырей воспылал гнев Мой, и козлов Я накажу; ибо посетит Господь Саваоф стадо Своё, дом Иудин, и поставит их, как славного коня Своего на брани.
ЯхІудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тІулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тІеман Іад санна, нуьцкъала а.
Из него будет краеугольный камень, из него — гвоздь, из него — лук для брани, из него произойдут все народоправители.
ЯхІудан халкъ майра тІемалой санна хир ду, тІамехь, урамашкара хатт санна, мостагІий хьоьшуш долу. ТІом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагІийн дошлой эшор бу, уьш юьхьІаьржачу а хІиттош.
И они будут, как герои, попирающие [врагов] на войне, как уличную грязь, и сражаться, потому что Господь с ними, и посрамят всадников на конях.
Ас ЯхІудан цІа чІагІдийр ду, Юсупан цІа кІелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дІа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.
И укреплю дом Иудин, и спасу дом Иосифов, и возвращу их, потому что Я умилосердился над ними, и они будут, как бы Я не оставлял их: ибо Я Господь Бог их, и услышу их.
Эпраймхой, майра тІемалой санна, хир бу. Церан дегнаш самукъане хир ду, чагІаро бахийча санна. Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу. Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.
Как герой будет Ефрем; возвеселится сердце их, как от вина; и увидят это сыны их в возрадуются; в восторге будет сердце их о Господе.
Іуьно шок тохарца санна хаам а бина, Ас уьш схьагулбийр бу. Мах а белла, Ас паргІатбохур бу уьш. Хьалха санна, шортта хир бу уьш.
Я дам им знак и соберу их, потому что Я искупил их; они будут так же многочисленны, как прежде;
Ас шаьш, ахархочо хІу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийнехь а, генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Іийр бу уьш. Цара шайн бераш а кхиор ду, и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.
и расселю их между народами, и в отдалённых странах они будут воспоминать обо Мне и будут жить с детьми своими, и возвратятся;
Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалІаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.
и возвращу их из земли Египетской, и из Ассирии соберу их, и приведу их в землю Галаадскую и на Ливан, и недостанет [места] для них.
Баланийн хІордахула чекхбевр бу уьш, цара хІордан тулгІенаш йохор ю, ткъа Нил-хин кІоргенаш якъалур ю. Ашур-мехкан куралла лахйийр ю, Мисар-мехкан ницкъ дІабер бу.
И пройдёт бедствие по морю, и поразит волны морские, и иссякнут все глубины реки, и смирится гордость Ассура, и скипетр отнимется у Египта.
Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чІагІдийр ду. Сан цІарах уьш лелар бу», – боху Везачу Эло.
Укреплю их в Господе, и они будут ходить во имя Его, говорит Господь.
Ливанун-мохк, дІаделла хьайн кевнаш, цІере хьан баганан-дитташ дІакхаллийтархьама!
Отворяй, Ливан, ворота твои, и да пожрёт огонь кедры твои.
Делха, зоьзан-дитт, баганан-дитташ охьаэгна дела, и даккхий дитташ хІаллакдина дела. Делхийша, Башанан нежнаш, луьста хьаннаш дІахедийна дела.
Рыдай, кипарис, ибо упал кедр, ибо и величавые опустошены; рыдайте, дубы Васанские, ибо повалился непроходимый лес.
ЛадогІа Іуйн белхарийн аьзнашка – церан сийлахь дежийлаш дІа ма евлла! ЛадогІа къоначу лоьмийн гІигІ даре – Йордан-хин боьлак хІаллак ма йина!
Слышен голос рыдания пастухов, потому что опустошено приволье их; слышно рыкание молодых львов, потому что опустошена краса Иордана.
Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагІий.
Так говорит Господь Бог мой: паси овец, обречённых на заклание,
УьстагІий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Іушна а царах къа ца хета.
которых купившие убивают ненаказанно, а продавшие говорят: «благословен Господь; я разбогател!» и пастухи их не жалеют о них.
ХІокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, – боху Везачу Эло. – Царах хІорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дІалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хІаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш».
Ибо Я не буду более миловать жителей земли сей, говорит Господь; и вот, Я предам людей, каждого в руки ближнего его и в руки царя его, и они будут поражать землю, и Я не избавлю от рук их.
Иштта совдегаршна урс хьакха кечдина уьстагІий дажийра ас. Сайн кара ши коьжалг а эцна, цхьанна «Дикалла», вукхунна «Цхьаьнатохар» аьлла, цІераш а техкина, уьстагІий дажош Іийра со.
И буду пасти овец, обречённых на заклание, овец поистине бедных. И возьму Себе два жезла, и назову один — благоволением, другой — узами, и ими буду пасти овец.
ЖаІуйх кхаанга болх сацабайтира ас цхьана баттахь. Совдегарш кІордийра суна, ткъа уьш сох ца бешара.
И истреблю трёх из пастырей в один месяц; и отвратится душа Моя от них, как и их душа отвращается от Меня.
ТІаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагІий дажор дац. Леш берш лойла, хІаллакьхуьлуш берш хІаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла».
Тогда скажу: не буду пасти вас: умирающая — пусть умирает, и гибнущая — пусть гибнет, а остающиеся пусть едят плоть одна другой.
Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош.
И возьму жезл Мой — благоволения и переломлю его, чтобы уничтожить завет, который заключил Я со всеми народами.
Оццу дийнахь и барт бохийра. ТІаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла.
И он уничтожен будет в тот день, и тогда узнают бедные из овец, ожидающие Меня, что это слово Господа.
Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь – ма ло». ТІаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна.
И скажу им: если угодно вам, то дайте Мне плату Мою; если же нет,— не давайте; и они отвесят в уплату Мне тридцать сребренников.
Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дІало – иза Сох хІоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цІийнан пхьерана дІаделира.
И сказал мне Господь: брось их в церковное хранилище,— высокая цена, в какую они оценили Меня! И взял Я тридцать сребренников и бросил их в дом Господень для горшечника.
«Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхІудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош.
И переломил Я другой жезл Мой — «узы», чтобы расторгнуть братство между Иудою и Израилем.
Везачу Эло соьга элира: «Юха а телхинчу жаІуйн гІирс хьайца схьаэца.
И Господь сказал мне: ещё возьми себе снаряд одного из глупых пастухов.
ХІунда аьлча хІокху махка тІехь Іу дІахІотто воллу Со, леш долчу шен уьстагІийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг.
Ибо вот, Я поставлю на этой земле пастуха, который о погибающих не позаботится, потерявшихся не будет искать и больных не будет лечить, здоровых не будет кормить, а мясо тучных будет есть и копыта их оторвёт.
Декъаза ву Сан телхина Іу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бІаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьІап хуьлда, аьтту бІаьрг а кхоччуш бІаьрса доцуш буьсийла».
Горе негодному пастуху, оставляющему стадо! меч на руку его и на правый глаз его! рука его совершенно иссохнет, и правый глаз его совершенно потускнет.
Исраилан халкъах болу хІара хаам Везачу Элера бу. Стигал дІасаяржийна волчу, латта чІагІдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:
Пророческое слово Господа об Израиле. Господь, распростёрший небо, основавший землю и образовавший дух человека внутри него, говорит:
«Хьажал, Ярушалайм-гІаланах чагІаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дІа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гІалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхІудан халкъе а иза молуьйтур ду.
вот, Я сделаю Иерусалим чашею исступления для всех окрестных народов, и также для Иуды во время осады Иерусалима.
И де тІекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тІулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гІиртинчо шена чІогІа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гІалина дуьхьалдевр ду.
И будет в тот день, сделаю Иерусалим тяжёлым камнем для всех племён; все, которые будут поднимать его, надорвут себя, а соберутся против него все народы земли.
Цу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Аса муьлхха а говр Іадор ю, ткъа цуьнан дошло хьекъалх воккхур ву. Сайн бІаьргаш Ас ЯхІудан халкъана тІехьажор бу, иза лардархьама, амма мостагІийн массо а говраш бІарзйийр ю Ас.
В тот день, говорит Господь, Я поражу всякого коня бешенством и всадника его безумием, а на дом Иудин отверзу очи Мои; всякого же коня у народов поражу слепотою.
ТІаккха ЯхІудан куьйгалхоша шайн дегнашкахь эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла волчу шайн Делехула Ярушалайм-гІалин бахархоша тхо иракарахІиттош ду“.
И скажут князья Иудины в сердцах своих: сила моя — жители Иерусалима в Господе Саваофе, Боге их.
Цу дийнахь Ас ЯхІудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цІевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агІор а дІакхоллур ду, ткъа шаьш Іийначу Ярушалайм-гІалахь адамаш кхидІа а маьрша дехаш хир ду.
В тот день Я сделаю князей Иудиных, как жаровню с огнём между дровами и как горящий светильник среди снопов, и они истребят все окрестные народы, справа и слева, и снова населён будет Иерусалим на своём месте, в Иерусалиме.
Везачу Эло цкъа хьалха яхІудхойн эскар кІелхьардоккхур ду, Даудан цІийнан а, ярушалаймхойн а сийлалла ЯхІудан халкъан долчул лакха ца далийтархьама.
И спасёт Господь сначала шатры Иуды, чтобы величие дома Давидова и величие жителей Иерусалима не возносилось над Иудою.
Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гІорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цІа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду.
В тот день защищать будет Господь жителей Иерусалима, и самый слабый между ними в тот день будет как Давид, а дом Давида будет как Бог, как Ангел Господень перед ними.
И де тІекхаьчча, Ярушалайм-гІалина тІелеташ долу дерриг а халкъаш хІаллакдан волалур ву Со.
И будет в тот день, Я истреблю все народы, нападающие на Иерусалим.
Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра.
А на дом Давида и на жителей Иерусалима изолью дух благодати и умиления, и они воззрят на Него, Которого пронзили, и будут рыдать о Нём, как рыдают об единородном сыне, и скорбеть, как скорбят о первенце.
Цу дийнахь Ярушалайм-гІалахь хІуттур долу белхар, МагІидда-арахь йолчу ХІадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду.
В тот день поднимется большой плач в Иерусалиме, как плач Гададриммона в долине Мегиддонской.
Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду – Даудан цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу,
И будет рыдать земля, каждое племя особо: племя дома Давидова особо, и жёны их особо; племя дома Нафанова особо, и жёны их особо;