che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
„Мила висина шуна юкъахь, хІара цІа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хІинца муха гуш ду шуна хІара? Шун бІаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах? | кто остался между вами, который видел этот дом в прежней его славе, и каким видите вы его теперь? Не есть ли он в глазах ваших как бы ничто? |
ХІинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаІ, ЯхІу-ЦІадакъан кІант! Доьналла долуш хила лаьтта тІехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хІунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | Но ободрись ныне, Зоровавель, говорит Господь, ободрись, Иисус, сын Иоседеков, великий иерей! ободрись, весь народ земли, говорит Господь, и производите работы, ибо Я с вами, говорит Господь Саваоф. |
Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чІагІоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидІа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“» | Завет Мой, который Я заключил с вами при исшествии вашем из Египта, и дух Мой пребывает среди вас: не бойтесь! |
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин а цкъа, иза-м кестта хир долуш ду, Ас стигал а, латта а, хІорд а, екъа меттигаш а егор ю. | Ибо так говорит Господь Саваоф: ещё раз, и это будет скоро, Я потрясу небо и землю, море и сушу, |
Ас дерриг а халкъаш а дегор ду, ткъа массо а халкъашна езаш йолу еза хІуманаш кхуза яхьар ю. ХІара цІа сийлаллах дузур ду Ас, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | и потрясу все народы, и придёт Желаемый всеми народами, и наполню дом сей славою, говорит Господь Саваоф. |
Дети а, деши а Сан ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | Моё серебро и Моё золото, говорит Господь Саваоф. |
ХІокху керлачу Делан цІийнан сийлалла хьалхалерчу цІийнан чул а лакхаер ю, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІокху меттехь лур бу Ас машар, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло». | Слава сего последнего храма будет больше, нежели прежнего, говорит Господь Саваоф; и на месте сём Я дам мир, говорит Господь Саваоф. |
Дари-Вашас паччахьалла дечу шолгІачу шеран уьссалгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. | В двадцать четвёртый день девятого месяца, во второй год Дария, было слово Господне через Аггея пророка: |
«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Товрат-хьехамах лаьцна динан дайшка хаттарш а де, иштта дІа а ала: | так говорит Господь Саваоф: спроси священников о законе и скажи: |
‘Нагахь санна цхьамма шен бедаран юьха чохь Далла лерина даздина долу жижиг дахьачу хенахь, цуьнан юх баьпках, я кхехкийна йолчу хІуманах, я чагІарх, я зайтдаьттанах, я кхин йолчу юучух дІахьакхалахь, – иза даздина хир дуй те?’“» Динан дайша жоп делира: «Дац», – аьлла. | если бы кто нёс освящённое мясо в поле одежды своей и полою своею коснулся хлеба, или чего-либо варёного, или вина, или елея, или какой-нибудь пищи: сделается ли это священным? И отвечали священники и сказали: нет. |
Цул тІаьхьа Хьагайс иштта хаьттира: «Нагахь санна оцу хІуманех, докъах куьг тоьхна Далла хьалха бехвелларг дІахьакхалахь, уьш бехъелла хир юй те?» Динан дайша жоп делира: «Бехъелла хир ю», – аьлла. | Потом сказал Аггей: а если прикоснётся ко всему этому кто-либо, осквернившийся от прикосновения к мертвецу: сделается ли это нечистым? И отвечали священники и сказали: будет нечистым. |
ТІаккха Хьагай-пайхамаро, жоп а луш, иштта элира: «Иштта ду хІара халкъ, иштта ду Суна хьалха хІара къам, – боху Везачу Эло, – иштта ду церан куьйгаша мел деш долу гІуллакхаш а! Цара Суна цигахь мел доккху сагІа Суна хьалха боьха ду». | Тогда отвечал Аггей и сказал: таков этот народ, таково это племя предо Мною, говорит Господь, и таковы все дела рук их! И что они приносят там, всё нечисто. |
«ХІинца, таханлерчу дийнахь дуьйна, кхидІа а леррина ойла ейша ас олучун. ТІулга тІе тІулг а хІоттош, Везачу Элан цІа юхаметтахІотто шу дуьйладалале, иштта нислора: | Теперь обратите сердце ваше на время от сего дня и назад, когда ещё не был положен камень на камень в храме Господнем. |
ткъа сахь кІа даккха дагахь волу стаг кІен оьланна тІевеача, цунна цигахь итт сахь бен ца карадора. Пхи черма мутта схьаэца дагахь муттдоккхургана тІевеанчунна цу чохь ши черма бен ца карадора. | Приходили бывало к копне, могущей приносить двадцать мер, и оказывалось только десять; приходили к подточилию, чтобы начерпать пятьдесят мер из подточилия, а оказывалось только двадцать. |
Шун куьйгаша мел динчунна Ас кІен кІора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тІаккха а Суна тІе ца доьрзура шу, – боху Везачу Эло. – | Поражал Я вас ржавчиною и блёклостью хлеба и градом все труды рук ваших; но вы не обращались ко Мне, говорит Господь. |
Леррина ойла ейша таханлерчу дийнахь дуьйна, уьссалгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь дуьйна. Везачу Элан цІийнан бух дІахІоттийначу дийнера дуьйна хиллачун леррина ойла ейша. | Обратите же сердце ваше на время от сего дня и назад, от двадцать четвёртого дня девятого месяца, от того дня, когда основан был храм Господень; обратите сердце ваше: |
Дуй те хІинца а ялтийн чоьнаш чохь хІу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хІинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду». | есть ли ещё в житницах семена? Доселе ни виноградная лоза, ни смоковница, ни гранатовое дерево, ни маслина не давали плода; а от сего дня Я благословлю их. |
ХІокху беттан ткъе доьалгІачу дийнахь шолгІа а Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира: | И было слово Господне к Аггею вторично в двадцать четвёртый день месяца, и сказано: |
«ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дІаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду. | скажи Зоровавелю, правителю Иудеи: потрясу Я небо и землю; |
Ас харцор ду паччахьийн гІанташ, хІаллакбийр бу хийрачу пачхьалкхийн ницкъ. Ас гІудалкхаш а, царна тІе хевшинарш а харцор бу. Говраш охьаоьгур ю, церан дошлоша вовшийн таррашца хІаллакбийр бу. | и ниспровергну престолы царств, и истреблю силу царств языческих, опрокину колесницы и сидящих на них, и низринуты будут кони и всадники их, один мечом другого. |
Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кІант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пІелга тІехь долу мухІар санна латтор ву, хІунда аьлча хьо Ас къастийна ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло“». | В тот день, говорит Господь Саваоф, Я возьму тебя, Зоровавель, сын Салафиилев, раб Мой, говорит Господь, и буду держать тебя как печать, ибо Я избрал тебя, говорит Господь Саваоф. |
Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шеран борхІалгІачу баттахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан хІара дош кхечира: | В восьмом месяце, во второй год Дария, было слово Господне к Захарии, сыну Варахиину, сыну Аддову, пророку: |
«Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгІазвахана. | прогневался Господь на отцов ваших великим гневом, |
ХІинца ахь, Закри-ЯхІу, нахе иштта дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву. | и ты скажи им: так говорит Господь Саваоф: обратитесь ко Мне, говорит Господь Саваоф, и Я обращусь к вам, говорит Господь Саваоф. |
Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тІера а, шайн зуламечу гІуллакхашна тІера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугІура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло. | Не будьте такими, как отцы ваши, к которым взывали прежде бывшие пророки, говоря: «так говорит Господь Саваоф: обратитесь от злых путей ваших и от злых дел ваших»; но они не слушались и не внимали Мне, говорит Господь. |
Шун дай – уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим? | Отцы ваши — где они? да и пророки, будут ли они вечно жить? |
Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“». | Но слова Мои и определения Мои, которые заповедал Я рабам Моим, пророкам, разве не постигли отцов ваших? и они обращались и говорили: «как определил Господь Саваоф поступить с нами по нашим путям и по нашим делам, так и поступил с нами». |
ЦхьайтталгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь – иза шабат олу бутт бу, – Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шарахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. | В двадцать четвёртый день одиннадцатого месяца,— это месяц Шеват,— во второй год Дария, было слово Господне к Захарии, сыну Варахиину, сыну Аддову, пророку: |
Буьйсанна хІара сурт хІоьттира суна: расхачу динна тІехиъна Іаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тІехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кІайн а беснаш долу. | видел я ночью: вот, муж на рыжем коне стоит между миртами, которые в углублении, а позади него кони рыжие, пегие и белые,— |
Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» – аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу». | и сказал я: кто они, господин мой? И сказал мне Ангел, говоривший со мною: я покажу тебе, кто они. |
Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дІасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», – аьлла. | И отвечал муж, который стоял между миртами, и сказал: это те, которых Господь послал обойти землю. |
Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тІехиъна Іаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамІ дира: «Тхо лаьтта тІехула дІасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тІехь адамаш гІорасиза а, муьтІахь а ду». | И они отвечали Ангелу Господню, стоявшему между миртами, и сказали: обошли мы землю, и вот, вся земля населена и спокойна. |
Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?» | И отвечал Ангел Господень и сказал: Господи Вседержителю! Доколе Ты не умилосердишься над Иерусалимом и над городами Иуды, на которые Ты гневаешься вот уже семьдесят лет? |
ТІаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира. | Тогда в ответ Ангелу, говорившему со мною, изрёк Господь слова благие, слова утешительные. |
Соьца къамел деш долчу малико соьга хІара элира: «ДІа а кхайкхаде, дІа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со. | И сказал мне Ангел, говоривший со мною: провозгласи и скажи: так говорит Господь Саваоф: возревновал Я о Иерусалиме и о Сионе ревностью великою; |
Инзаре йоккхачу дераллица оьгІазвахана Со паргІат дехачу дегалчу халкъашна, хІунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгІазло кІезиг хиллехь а, Аса шайгахула таІзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’. | и великим негодованием негодую на народы, живущие в покое; ибо, когда Я мало прогневался, они усилили зло. |
Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гІала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цІа юхаметтахІуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гІаланах чекхъер ю латта дусту тІийраг’“. | Посему так говорит Господь: Я обращаюсь к Иерусалиму с милосердием; в нём соорудится дом Мой, говорит Господь Саваоф, и землемерная вервь протянется по Иерусалиму. |
Кхайкхош, кхидІа а дІаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гІаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гІала къастор а ю’“». | Ещё провозгласи и скажи: так говорит Господь Саваоф: снова переполнятся города Мои добром, и утешит Господь Сион, и снова изберёт Иерусалим. |
Юха, сайн бІаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маІа гира. | И поднял я глаза мои и увидел: вот четыре рога. |
Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хІун ю?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а нах дІасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», – аьлла. | И сказал я Ангелу, говорившему со мною: что это? И он ответил мне: это роги, которые разбросали Иуду, Израиля и Иерусалим. |
Цул тІаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира. | Потом показал мне Господь четырёх рабочих. |
«Уьш хІун дан схьабогІуш бу?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаІаш йолчу оцу халкъаша ЯхІуд-мехкан бахархой дІасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хІорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхІудхошна дуьхьал маІаш хьалаайъинчу халкъийн маІаш йохийна дІаяхархьама». | И сказал я: что они идут делать? Он сказал мне так: эти роги разбросали Иуду, так что никто не может поднять головы своей; а сии пришли устрашить их, сбить роги народов, поднявших рог свой против земли Иуды, чтобы рассеять её. |
Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара гира: шен карахь латта дусту тІийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. | И снова я поднял глаза мои и увидел: вот муж, у которого в руке землемерная вервь. |
Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гІала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама». | Я спросил: куда ты идёшь? и он сказал мне: измерять Иерусалим, чтобы видеть, какая широта его и какая длина его. |
ТІаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догІуш дара. | И вот Ангел, говоривший со мною, выходит, а другой Ангел идёт навстречу ему, |
Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гІо! Оцу къоначу стаге дІаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Іаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гІала хир ю. | и сказал он этому: иди скорее, скажи этому юноше: Иерусалим заселит окрестности по причине множества людей и скота в нём. |
Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гІалина гонах цІеран пен а хилла дІахІуттур а ву, гІала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“». | И Я буду для него, говорит Господь, огненною стеною вокруг него и прославлюсь посреди него. |
«Варелаш! ДІадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агІор шу дІасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. – | Эй, эй! бегите из северной страны, говорит Господь: ибо по четырём ветрам небесным Я рассеял вас, говорит Господь. |
ЦІера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гІала йийсаре дІадигна долу хьо, дедда кІелхьардала!» | Спасайся, Сион, обитающий у дочери Вавилона. |
Шен сийлаллица со вахийтинчул тІаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дІа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоІбІаьргах дІахьакхавелла. | Ибо так говорит Господь Саваоф: для славы Он послал Меня к народам, грабившим вас, ибо касающийся вас касается зеницы ока Его. |
Ас хІинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тІаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хІонс хилла дІахІуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. | И вот, Я подниму руку Мою на них, и они сделаются добычею рабов своих, и тогда узнаете, что Господь Саваоф послал Меня. |
«Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоІ! ХІунда аьлча Со, дІа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. – | Ликуй и веселись, дщерь Сиона! Ибо вот, Я приду и поселюсь посреди тебя, говорит Господь. |
Оцу дийнахь дукха халкъаш тІедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дІахІуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТІаккха хуур ду шуна Закри-ЯхІу-пайхамар шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. | И прибегнут к Господу многие народы в тот день, и будут Моим народом; и Я поселюсь посреди тебя, и узнаешь, что Господь Саваоф послал Меня к тебе. |
Везачу Эло ЯхІудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тІера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гІала юха а къастийна хир ю». | Тогда Господь возьмёт во владение Иуду, Свой удел на святой земле, и снова изберёт Иерусалим. |
ДІасаца муьлхха а садолу хІума Везачу Элана хьалха! ХІунда аьлча Иза Шен дезачу цІа чуьра араволуш ву. | Да молчит всякая плоть пред лицем Господа! Ибо Он поднимается от святаго жилища Своего. |
Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. | И показал он мне Иисуса, великого иерея, стоящего перед Ангелом Господним, и сатану, стоящего по правую руку его, чтобы противодействовать ему. |
Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» | И сказал Господь сатане: Господь да запретит тебе, сатана, да запретит тебе Господь, избравший Иерусалим! не головня ли он, исторгнутая из огня? |
Ткъа ЮшаІ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха. | Иисус же одет был в запятнанные одежды и стоял перед Ангелом, |
Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДІаяха цунна тІера боьха бедарш». Ткъа ЮшаІе иштта элира: «Хьажал, хьуна тІера къа дІа а даьккхина, ас хьуна тІе хаза духарш духур ду». | который отвечал и сказал стоявшим перед ним так: снимите с него запятнанные одежды. А ему самому сказал: смотри, Я снял с тебя вину твою и облекаю тебя в одежды торжественные. |
Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тилла». Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тиллира, дегІа тІе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара. | И сказал: возложите на голову его чистый кидар. И возложили чистый кидар на голову его и облекли его в одежду; Ангел же Господень стоял. |
Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаІе иштта дІа а элира: | И засвидетельствовал Ангел Господень и сказал Иисусу: |
«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цІенна тІехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тІехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара. | так говорит Господь Саваоф: если ты будешь ходить по Моим путям и если будешь на страже Моей, то будешь судить дом Мой и наблюдать за дворами Моими. Я дам тебе ходить между сими, стоящими здесь. |
ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг. | Выслушай же, Иисус, иерей великий, ты и собратия твои, сидящие перед тобою, мужи знаменательные: вот, Я привожу раба Моего, ОТРАСЛЬ. |
Хьажал, Ас ЮшаІана хьалха охьабиллина хІара беза тІулг, шена тІехь ворхІ агІо йолу! Ас-Айса, тІулг хадош, цу тІехь йоза яздийр ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ткъа цхьана дийнан муьрехь дІадоккхур ду Ас хІокху лаьттан къа. | Ибо вот тот камень, который Я полагаю перед Иисусом; на этом одном камне семь очей; вот, Я вырежу на нём начертания его, говорит Господь Саваоф, и изглажу грех земли сей в один день. |
Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хІораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кІелахь Іа шайн уллораниг хьошалгІа кхойкхур ву“». | В тот день, говорит Господь Саваоф, будете друг друга приглашать под виноград и под смоковницу. |
Соьга дистхуьлучу малико, юха а деана, со самаваьккхира, набарха самадоккху адам санна. | И возвратился тот Ангел, который говорил со мною, и пробудил меня, как пробуждают человека от сна его. |
Цо соьга хаьттира: «ХІун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тІехула зайтдаьттанна дІахІоттийна кад а, цунна тІехь болу ворхІ къуьда а, цунна тІехь болчу къуьданийн ворхІ-ворхІ милт чухІотто меттиг а. | И сказал он мне: что ты видишь? И отвечал я: вижу, вот светильник весь из золота, и чашечка для елея наверху его, и семь лампад на нём, и по семи трубочек у лампад, которые наверху его; |
Стогарна уллохь ши зайт-дитт а ду, цхьаъ кедана аьтто агІор, ткъа важа цуьнан аьрру агІор». | и две маслины на нём, одна с правой стороны чашечки, другая с левой стороны её. |
Жоп а делла, сайца къамел дечу малике хаттар дира ас: «Сан олахо, иза хІун ду?» – аьлла. | И отвечал я и сказал Ангелу, говорившему со мною: что это, господин мой? |
Соьца къамел дечу малико, соьга жоп а луш, элира: «Хьуна ца хаьа, иза хІун ду?» «Сан олахо, ца хаьа суна-м», – элира ас. | И Ангел, говоривший со мною, отвечал и сказал мне: ты не знаешь, что это? И сказал я: не знаю, господин мой. |
Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – | Тогда отвечал он и сказал мне так: это слово Господа к Зоровавелю, выражающее: не воинством и не силою, но Духом Моим, говорит Господь Саваоф. |
Ва боккха лам, хьо хІун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тІаьххьара тІулг буьллучу хенахь, наха гІовгІа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“». | Кто ты, великая гора, перед Зоровавелем? ты — равнина, и вынесет он краеугольный камень при шумных восклицаниях: «благодать, благодать на нём!» |
Соьга Везачу Элан дош кхечира: | И было ко мне слово Господне: |
«Кху Делан цІийнан бух Зурбабелан куьйгаша дІахІоттийна, цуьнан куьйгаша хІара цІа чекх а доккхур ду. ТІаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхІу-пайхамар хьан халкъана тІе ваийтинийла. | руки Зоровавеля положили основание дому сему; его руки и окончат его, и узнаешь, что Господь Саваоф послал Меня к вам. |
КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». | Ибо кто может считать день сей маловажным, когда радостно смотрят на строительный отвес в руках Зоровавеля те семь,— это очи Господа, которые объемлют взором всю землю? |
ТІаккха цунна дуьхьал хаттар дира ас: «ХІун маьІна ду стогаран аьтту а, аьрру а агІор долчу шина зайт-диттан?» | Тогда отвечал я и сказал ему: что значат те две маслины с правой стороны светильника и с левой стороны его? |
ШозлагІа а хаьттира ас: «ХІун маьІна долуш ду шина дашочу биргІанна чуьра дашо даьтта охьаІеночу зайт-диттан ши га?» | Вторично стал я говорить и сказал ему: что значат две масличные ветви, которые через две золотые трубочки изливают из себя золото? |
Цо соьга элира: «Хьуна ца хаьа, иза хІун ду?» Ас жоп делира: «Сан олахо, ца хаьа суна-м», – аьлла. | И сказал он мне: ты не знаешь, что это? Я отвечал: не знаю, господин мой. |
ТІаккха цо хІара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гІуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш». | И сказал он: это два помазанные елеем, предстоящие Господу всей земли. |
Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара. | И опять поднял я глаза мои и увидел: вот летит свиток. |
Малико соьга хаьттира: «ХІун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Стигалахь лелаш схьадаржийна тептар го суна. Цуьнан йохалла ткъа дол ду, шоралла итт дол ду». | И сказал он мне: что видишь ты? Я отвечал: вижу летящий свиток; длина его двадцать локтей, а ширина его десять локтей. |
Малико соьга элира: «Цунна тІехь яздина ду берриге а ЯхІуд-махка тІехь болчарна тІедогІу неІалт. ХІунда аьлча лачкъош мел верг дІаваьккхина хир ву, цхьана агІор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дІаваьккхина хир ву, вукху агІор яздина ма-дарра». | Он сказал мне: это проклятие, исходящее на лице всей земли; ибо всякий, кто крадёт, будет истреблён, как написано на одной стороне, и всякий, клянущийся ложно, истреблён будет, как написано на другой стороне. |
«Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду». | Я навёл его, говорит Господь Саваоф, и оно войдёт в дом татя и в дом клянущегося Моим именем ложно, и пребудет в доме его, и истребит его, и дерева его, и камни его. |
Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бІаьргаш хьала а айабай, арадолург хІун ду хьажал». | И вышел Ангел, говоривший со мною, и сказал мне: подними ещё глаза твои и посмотри, что это выходит? |
«И хІун ду?» – аьлла, ас шега хаьттича, цо элира: «И арадолург черма ду. Иза берриг а махка тІехь болчеран зулам ду». | Когда же я сказал: что это? Он отвечал: это выходит ефа, и сказал: это образ их по всей земле. |
Оцу хенахь дошах дина цуьнан негІар хьалаайира. Черман чу хиъна цхьа зуда яра. | И вот, кусок свинца поднялся, и там сидела одна женщина посреди ефы. |
Малико элира: «И зуда – еккъа Іесалла ю». Иза а аьлла, цо и зуда черман юккъе кхоьссира, ткъа черманна тІе дошан негІар кхоьссира. | И сказал он: эта [женщина] — само нечестие, и бросил её в средину ефы, а на отверстие её бросил свинцовый кусок. |
Сайн бІаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хІара дара: ши зуда гучуелира, церан тІемашца мох бара, ткъа церан тІемаш чІерийдохучун тІемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дІадаьхьира. | И поднял я глаза мои и увидел: вот, появились две женщины, и ветер был в крыльях их, и крылья у них как крылья аиста; и подняли они ефу и понесли её между землёю и небом. |
«Стенга дІахьош ду цара и черма?» – хаьттира ас сайга дистхуьлучу малике. | И сказал я Ангелу, говорившему со мною: куда несут они эту ефу? |
ТІаккха цо соьга иштта элира: «ШанІар-махка дІахьош ду, цигарчу лаьтта тІехь цунна Іибадат даран цІа дархьама. Ткъа и дерриг а кечдина даьлча, иза цигахь шен бух тІе дІахІоттор ду, нахе цунна Іибадат дайтархьама». | Тогда сказал он мне: чтобы устроить для неё дом в земле Сеннаар, и когда будет всё приготовлено, то она поставится там на своей основе. |
Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара сурт го: шина ломана юккъерачу чІожа чуьра арайолуш йиъ гІудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду. | И опять поднял я глаза мои и вижу: вот, четыре колесницы выходят из ущелья между двумя горами; и горы те [были] горы медные. |
Хьалхарчу гІудалкхахь расха говраш ю, шолгІачу гІудалкхахь Іаьржа говраш ю, | В первой колеснице кони рыжие, а во второй колеснице кони вороные; |
кхозлагІчу гІудалкхахь кІайн говраш ю, ткъа йоьалгІачу гІудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. | в третьей колеснице кони белые, а в четвёртой колеснице кони пегие, сильные. |
Сайга дистхуьлучу малике къамел дІа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хІун ду?» | И, начав речь, я сказал Ангелу, говорившему со мною: что это, господин мой? |
Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу». | И отвечал Ангел и сказал мне: это выходят четыре духа небесных, которые предстоят пред Господом всей земли. |
Іаьржа говраш шайгахь йолу гІудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кІайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю. | Вороные кони там выходят к стране северной и белые идут за ними, а пегие идут к стране полуденной. |
Онда говраш, араевлча, лаьтта тІехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира. | И сильные вышли и стремились идти, чтобы пройти землю; и он сказал: идите, пройдите землю,— и они прошли землю. |
ТІаккха, со дІа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тІе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дІаяьккхина». | Тогда позвал он меня и сказал мне так: смотри, вышедшие в землю северную успокоили дух Мой на земле северной. |
Соьга Везачу Элан дош кхечира: | И было слово Господне ко мне: |
«ХІокху дийнахь хьо-хьуо Цапни-ЯхІун кІентан Юши-ЯхІун цІа ваха веза. Бавел-махкахь болчу йийсарехь болчаьргара хІинцца юхабирзинчу Хьелдайгара а, ТІуби-ЯхІугара а, ЯдаІ-ЯхІугара а совгІат схьаоьцур ду ахь цигахь. | возьми у пришедших из плена, у Хелдая, у Товии и у Иедая, и пойди в тот самый день, пойди в дом Иосии, сына Софониева, куда они пришли из Вавилона, |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.