che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Пайхамар пайхамаран дуьхьа тІеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тІеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю.
кто принимает пророка, во имя пророка, получит награду пророка; и кто принимает праведника, во имя праведника, получит награду праведника.
Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».
И кто напоит одного из малых сих только чашею холодной воды, во имя ученика, истинно говорю вам, не потеряет награды своей.
Іийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дІа а вахана, Галилай-махкарчу гІаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира.
И когда окончил Иисус наставления двенадцати ученикам Своим, перешёл оттуда учить и проповедывать в городах их.
Іийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира
Иоанн же, услышав в темнице о делах Христовых, послал двоих из учеников своих
Цунна тІе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Іан деза?»
сказать Ему: Ты ли Тот, Который должен придти, или ожидать нам другого?
Іийсас цаьрга элира: «Даха а гІой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца:
И сказал им Иисус в ответ: пойдите, скажите Иоанну, что слышите и видите:
бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.
слепые прозревают и хромые ходят, прокажённые очищаются и глухие слышат, мёртвые воскресают и нищие благовествуют;
Декъала ву Сох шек воцург».
и блажен, кто не соблазнится о Мне.
Мурдаш дІабахначул тІаьхьа Іийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?
Когда же они пошли, Иисус начал говорить народу об Иоанне: что смотреть ходили вы в пустыню? трость ли, ветром колеблемую?
ХІан-хІа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хІума тІеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХІан-хІа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гІаланаш чохь Іаш бу.
Что же смотреть ходили вы? человека ли, одетого в мягкие одежды? Носящие мягкие одежды находятся в чертогах царских.
Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву.
Что же смотреть ходили вы? пророка? Да, говорю вам, и больше пророка.
Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“
Ибо он тот, о котором написано: сё, Я посылаю Ангела Моего пред лицем Твоим, который приготовит путь Твой пред Тобою.
Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тІе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.
Истинно говорю вам: из рождённых жёнами не восставал больший Иоанна Крестителя; но меньший в Царстве Небесном больше его.
Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тІе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гІулчаш йохуш, дІадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гІерташ белахь а.
От дней же Иоанна Крестителя доныне Царство Небесное силою берётся, и употребляющие усилие восхищают его,
ХІунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тІекхаччалц.
ибо все пророки и закон прорекли до Иоанна.
Цара бохуш дерг шу тІеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогІур ву бохуш волу Эли-ЯхІу.
И если хотите принять, он есть Илия, которому должно придти.
Лергаш долчунна хІара дІахезийла.
Кто имеет уши слышать, да слышит!
Хьаьнца юстур ю Аса хІара тІаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Іаш долчу берех тера ду:
Но кому уподоблю род сей? Он подобен детям, которые сидят на улице и, обращаясь к своим товарищам,
„Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гІийла эшарш лекхира, ткъа шу гІайгІане а ца хилира!“
говорят: мы играли вам на свирели, и вы не плясали; мы пели вам печальные песни, и вы не рыдали.
Яхьъя гучуваьлла. Цо хІума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш.
Ибо пришёл Иоанн, ни ест, ни пьёт; и говорят: в нём бес.
Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гІуллакхаша».
Пришёл Сын Человеческий, ест и пьёт; и говорят: вот человек, который любит есть и пить вино, друг мытарям и грешникам. И оправдана премудрость чадами её.
Іийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Іаламаташ гайтинчу гІаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тІе ца берзарна.
Тогда начал Он укорять города, в которых наиболее явлено было сил Его, за то, что они не покаялись:
«Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.
горе тебе, Хоразин! горе тебе, Вифсаида! ибо если бы в Тире и Сидоне явлены были силы, явленные в вас, то давно бы они во вретище и пепле покаялись,
Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул.
но говорю вам: Тиру и Сидону отраднее будет в день суда, нежели вам.
Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Іаламаташ хиллехьара, иза хІара де тІекхаччалц лаьтташ хир яра.
И ты, Капернаум, до неба вознёсшийся, до ада низвергнешься, ибо если бы в Содоме явлены были силы, явленные в тебе, то он оставался бы до сего дня;
Аса боху шуьга: Седамна кхана догІун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».
но говорю вам, что земле Содомской отраднее будет в день суда, нежели тебе.
ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна.
В то время, продолжая речь, Иисус сказал: славлю Тебя, Отче, Господи неба и земли, что Ты утаил сие от мудрых и разумных и открыл то младенцам;
ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду.
ей, Отче! ибо таково было Твоё благоволение.
Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КІант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КІантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен.
Всё предано Мне Отцем Моим, и никто не знает Сына, кроме Отца; и Отца не знает никто, кроме Сына, и кому Сын хочет открыть.
Дуьйла Суна тІе, кІадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна.
Придите ко Мне все труждающиеся и обременённые, и Я успокою вас;
Сан дукъ шайна тІеэца, Сох Іама, хІунда аьлча даг чохь Со чІогІа эсала а, кІеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу.
возьмите иго Моё на себя и научитесь от Меня, ибо Я кроток и смирён сердцем, и найдёте покой душам вашим;
Сан дукъ а дІакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».
ибо иго Моё благо, и бремя Моё легко.
СадоІучу шоьтан дийнахь Іийса дІайийначу аренгахула схьавогІуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кІен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла.
В то время проходил Иисус в субботу засеянными полями; ученики же Его взалкали и начали срывать колосья и есть.
И сурт гина болчу парушхоша Іийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».
Фарисеи, увидев это, сказали Ему: вот, ученики Твои делают, чего не должно делать в субботу.
Іийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша?
Он же сказал им: разве вы не читали, что сделал Давид, когда взалкал сам и бывшие с ним?
Цо, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хІума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла.
как он вошёл в дом Божий и ел хлебы предложения, которых не должно было есть ни ему, ни бывшим с ним, а только одним священникам?
Товрат-хьехамаш тІехь аша ца дешна, Делан цІийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоІу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а?
Или не читали ли вы в законе, что в субботы священники в храме нарушают субботу, однако невиновны?
Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цІийнал дуккха а лакхара ву.
Но говорю вам, что здесь Тот, Кто больше храма;
Делан Йозанна тІера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара.
если бы вы знали, что значит: милости хочу, а не жертвы, то не осудили бы невиновных,
Хаалаш, Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву шуна».
ибо Сын Человеческий есть господин и субботы.
Цул тІаьхьа цигара дІа а ваьлла, церан гуламан цІа чу вахара Іийса.
И, отойдя оттуда, вошёл Он в синагогу их.
Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?»
И вот, там был человек, имеющий сухую руку. И спросили Иисуса, чтобы обвинить Его: можно ли исцелять в субботы?
Іийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагІ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а?
Он же сказал им: кто из вас, имея одну овцу, если она в субботу упадёт в яму, не возьмёт её и не вытащит?
Ткъа стаг мел веза ву уьстагІал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду».
Сколько же лучше человек овцы! Итак можно в субботы делать добро.
Цомгушчуьнга Іийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дІакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дІахІоьттира.
Тогда говорит человеку тому: протяни руку твою. И он протянул, и стала она здорова, как другая.
Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.
Фарисеи же, выйдя, имели совещание против Него, как бы погубить Его. Но Иисус, узнав, удалился оттуда.
Иза хууш волу Іийса цигара дІавахара. Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. Цо цомгуш мел верг товира.
И последовало за Ним множество народа, и Он исцелил их всех
ХІора Ша то мел винчу стагана Іийсас тІедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла.
и запретил им объявлять о Нём,
Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг:
да сбудется реченное через пророка Исаию, который говорит:
«ХІара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тІе, Кхо халкъашна нийсо дІакхайкхор ю!
Сё, Отрок Мой, Которого Я избрал, Возлюбленный Мой, Которому благоволит душа Моя. Положу дух Мой на Него, и возвестит народам суд;
ХІара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.
не воспрекословит, не возопиет, и никто не услышит на улицах голоса Его;
Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо, дІаян гІерташ сийсаш йогуш йолу милт а дІайойур яц, Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц.
трости надломленной не переломит, и льна курящегося не угасит, доколе не доставит суду победы;
Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!»
и на имя Его будут уповать народы.
ТІаккха Іийсана тІе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бІаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Іийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бІаьрса схьа а деана, дІахІоьттира.
Тогда привели к Нему бесноватого слепого и немого; и исцелил его, так что слепой и немой стал и говорить и видеть.
Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КІант-м вац теша Иза?»
И дивился весь народ и говорил: не это ли Христос, сын Давидов?
Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дІалелхадо церан эла волчу БаІал-Зебула-жинан гІоьнца».
Фарисеи же, услышав [сие], сказали: Он изгоняет бесов не иначе, как [силою] веельзевула, князя бесовского.
Іийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хІора гІала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац.
Но Иисус, зная помышления их, сказал им: всякое царство, разделившееся само в себе, опустеет; и всякий город или дом, разделившийся сам в себе, не устоит.
Нагахь санна жин жино дІалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла?
И если сатана сатану изгоняет, то он разделился сам с собою: как же устоит царство его?
Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шуна тІаьхьахІоьттинчара хьенан гІоьнца лохку уьш дІа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел.
И если Я [силою] веельзевула изгоняю бесов, то сыновья ваши чьею [силою] изгоняют? Посему они будут вам судьями.
Амма Аса Делан Синца уьш дІалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар.
Если же Я Духом Божиим изгоняю бесов, то конечно достигло до вас Царствие Божие.
Шел ницкъ болуш волчу стеган цІа чуьра хІума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дІавихкина бен? Цул тІаьхьа бен далур дуй къола?
Или, как может кто войти в дом сильного и расхитить вещи его, если прежде не свяжет сильного? и тогда расхитит дом его.
Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасакхуьйсуш ву.
Кто не со Мною, тот против Меня; и кто не собирает со Мною, тот расточает.
Цундела боху шуьга: хІора латийначу къина, динчу Іесачу къамелана стаг дохковаьллачул тІаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
Посему говорю вам: всякий грех и хула простятся человекам, а хула на Духа не простится человекам;
Адамийн КІантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хІума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бІешарахь а, я тІедогІун долчу бІешерашкахь а.
если кто скажет слово на Сына Человеческого, простится ему; если же кто скажет на Духа Святаго, не простится ему ни в сём веке, ни в будущем.
Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХІора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу.
Или признайте дерево хорошим и плод его хорошим; или признайте дерево худым и плод его худым, ибо дерево познаётся по плоду.
Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу.
Порождения ехиднины! как вы можете говорить доброе, будучи злы? Ибо от избытка сердца говорят уста.
Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту.
Добрый человек из доброго сокровища выносит доброе, а злой человек из злого сокровища выносит злое.
Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хІора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а.
Говорю же вам, что за всякое праздное слово, какое скажут люди, дадут они ответ в день суда:
ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю».
ибо от слов своих оправдаешься, и от слов своих осудишься.
Цхьаболчу Іеламчу нахий, парушхоший Іийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чІогІа лаьара Ахьа тамашийна гІуллакхийн билгало гойтийла!»
Тогда некоторые из книжников и фарисеев сказали: Учитель! хотелось бы нам видеть от Тебя знамение.
Амма Іийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тІаьхье! Тамашийна гІуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.
Но Он сказал им в ответ: род лукавый и прелюбодейный ищет знамения; и знамение не дастся ему, кроме знамения Ионы пророка;
Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.
ибо как Иона был во чреве кита три дня и три ночи, так и Сын Человеческий будет в сердце земли три дня и три ночи.
Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву.
Ниневитяне восстанут на суд с родом сим и осудят его, ибо они покаялись от проповеди Иониной; и вот, здесь больше Ионы.
Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
Царица южная восстанет на суд с родом сим и осудит его, ибо она приходила от пределов земли послушать мудрости Соломоновой; и вот, здесь больше Соломона.
«Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош.
Когда нечистый дух выйдет из человека, то ходит по безводным местам, ища покоя, и не находит;
ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна.
тогда говорит: возвращусь в дом мой, откуда я вышел. И, придя, находит [его] незанятым, выметенным и убранным;
ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а».
тогда идёт и берёт с собою семь других духов, злейших себя, и, войдя, живут там; и бывает для человека того последнее хуже первого. Так будет и с этим злым родом.
Нахаца Іийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш.
Когда же Он ещё говорил к народу, Матерь и братья Его стояли вне [дома], желая говорить с Ним.
Цхьаммо Іийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь».
И некто сказал Ему: вот Матерь Твоя и братья Твои стоят вне, желая говорить с Тобою.
Иза аьллачуьнга Іийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?»
Он же сказал в ответ говорившему: кто Матерь Моя? и кто братья Мои?
Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХІорш бу Сан нана а, вежарий а!
И, указав рукою Своею на учеников Своих, сказал: вот матерь Моя и братья Мои;
Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»
ибо, кто будет исполнять волю Отца Моего Небесного, тот Мне брат, и сестра, и матерь.
Цу дийнахь Іийса, цІа чуьра ара а ваьлла, Іоман йисте охьахиира.
Выйдя же в день тот из дома, Иисус сел у моря.
Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хІордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира.
И собралось к Нему множество народа, так что Он вошёл в лодку и сел; а весь народ стоял на берегу.
Іийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хІуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла.
И поучал их много притчами, говоря: вот, вышел сеятель сеять;
Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна.
и когда он сеял, иное упало при дороге, и налетели птицы и поклевали то;
Важа буьртигаш, жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара.
иное упало на места каменистые, где немного было земли, и скоро взошло, потому что земля была неглубока.
Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира.
Когда же взошло солнце, увяло, и, как не имело корня, засохло;
Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира.
иное упало в терние, и выросло терние и заглушило его;
Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бІе, кхузткъа, ткъе уьттазза дІадийначул сов а луш.
иное упало на добрую землю и принесло плод: одно во сто крат, а другое в шестьдесят, иное же в тридцать.
Лергаш долчунна хІара хезийла!»
Кто имеет уши слышать, да слышит!
Іийсан мурдаша, Цунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хІунда дуьйцу Ахьа нахе?»
И, приступив, ученики сказали Ему: для чего притчами говоришь им?
Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.
Он сказал им в ответ: для того, что вам дано знать тайны Царствия Небесного, а им не дано,
ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду.
ибо кто имеет, тому дано будет и приумножится, а кто не имеет, у того отнимется и то, что имеет;
Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а.
потому говорю им притчами, что они видя не видят, и слыша не слышат, и не разумеют;
Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша.
и сбывается над ними пророчество Исаии, которое говорит: слухом услышите — и не уразумеете, и глазами смотреть будете — и не увидите,
Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“
ибо огрубело сердце людей сих и ушами с трудом слышат, и глаза свои сомкнули, да не увидят глазами и не услышат ушами, и не уразумеют сердцем, и да не обратятся, чтобы Я исцелил их.
Ткъа шу декъалдина ду, хІунда аьлча шун бІаьргашна го, лергашна хеза.
Ваши же блаженны очи, что видят, и уши ваши, что слышат,
Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
ибо истинно говорю вам, что многие пророки и праведники желали видеть, что вы видите, и не видели, и слышать, что вы слышите, и не слышали.
«Ткъа хІинца ладогІал хІу дІадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьІне.
Вы же выслушайте [значение] притчи о сеятеле: