che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тІедогІу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХІара ду некъан йисте охьаэгна долчу хІуьнан маьІна.
ко всякому, слушающему слово о Царствии и не разумеющему, приходит лукавый и похищает посеянное в сердце его — вот кого означает посеянное при дороге.
ТІулгийн жагІанна юккъе доьжна долчу хІуьнан маьІна, хІора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тІеоьцуш волу стаг ву.
А посеянное на каменистых местах означает того, кто слышит слово и тотчас с радостью принимает его;
Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кІеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тІехІоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.
но не имеет в себе корня и непостоянен: когда настанет скорбь или гонение за слово, тотчас соблазняется.
Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хІуьнан маьІна дича, дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду.
А посеянное в тернии означает того, кто слышит слово, но забота века сего и обольщение богатства заглушает слово, и оно бывает бесплодно.
Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хІу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бІозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дІадийначул сов хІу ло».
Посеянное же на доброй земле означает слышащего слово и разумеющего, который и бывает плодоносен, так что иной приносит плод во сто крат, иной в шестьдесят, а иной в тридцать.
Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера.
Другую притчу предложил Он им, говоря: Царство Небесное подобно человеку, посеявшему доброе семя на поле своём;
Ткъа иза шен ялхошца вижина Іуьллучу хенахь кхуьнан мостагІа веана. Иза, кІена юккъе асаран буц а йийна, дІавахана.
когда же люди спали, пришёл враг его и посеял между пшеницею плевелы и ушёл;
КІа, тІе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла.
когда взошла зелень и показался плод, тогда явились и плевелы.
Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хІу дІа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кІена юккъе?“
Придя же, рабы домовладыки сказали ему: господин! не доброе ли семя сеял ты на поле твоём? откуда же на нём плевелы?
Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагІчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гІой, схьаяккхий и буц?“
Он же сказал им: враг человека сделал это. А рабы сказали ему: хочешь ли, мы пойдём, выберем их?
„ХІан-хІа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кІен кенаш схьадохийла.
Но он сказал: нет,— чтобы, выбирая плевелы, вы не выдергали вместе с ними пшеницы,
Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тІекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тІедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цІевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кІа дІадуьллу цІа чохь схьагулде аьлла“».
оставьте расти вместе то и другое до жатвы; и во время жатвы я скажу жнецам: соберите прежде плевелы и свяжите их в снопы, чтобы сжечь их, а пшеницу уберите в житницу мою.
Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дІадийначу уггар жимачу хІух тера ду.
Иную притчу предложил Он им, говоря: Царство Небесное подобно зерну горчичному, которое человек взял и посеял на поле своём,
Иза кхечу хІун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тІе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш».
которое, хотя меньше всех семян, но, когда вырастет, бывает больше всех злаков и становится деревом, так что прилетают птицы небесные и укрываются в ветвях его.
Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Іийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дІаийна».
Иную притчу сказал Он им: Царство Небесное подобно закваске, которую женщина, взяв, положила в три меры муки, доколе не вскисло всё.
И шадерг а Іийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна.
Всё сие Иисус говорил народу притчами, и без притчи не говорил им,
Цу тІехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».
да сбудется реченное через пророка, который говорит: отверзу в притчах уста Мои; изреку сокровенное от создания мира.
Нах а битина, Иза цІа чу вахара. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а бахана, элира: «Аренгахь тІеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».
Тогда Иисус, отпустив народ, вошёл в дом. И, приступив к Нему, ученики Его сказали: изъясни нам притчу о плевелах на поле.
Іийсас цаьрга элира: «Дика хІу дІадийнарг – Иза Адамийн КІант ву.
Он же сказал им в ответ: сеющий доброе семя есть Сын Человеческий;
Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хІу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агІонгара нах бу.
поле есть мир; доброе семя, это сыны Царствия, а плевелы — сыны лукавого;
И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу.
враг, посеявший их, есть диавол; жатва есть кончина века, а жнецы суть Ангелы.
Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь.
Посему как собирают плевелы и огнём сжигают, так будет при кончине века сего:
Адамийн КІанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,
пошлёт Сын Человеческий Ангелов Своих, и соберут из Царства Его все соблазны и делающих беззаконие,
уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду.
и ввергнут их в печь огненную; там будет плач и скрежет зубов;
Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хІара дІахезийла».
тогда праведники воссияют, как солнце, в Царстве Отца их. Кто имеет уши слышать, да слышит!
«Стигалийн Олалла аренгахь дІайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дІаюллу. Дукха гІадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дІа а бухкий, и аре схьаоьцу.
Ещё подобно Царство Небесное сокровищу, скрытому на поле, которое, найдя, человек утаил, и от радости о нём идёт и продаёт всё, что имеет, и покупает поле то.
Стигалийн Олалла мехала жовхІарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду.
Ещё подобно Царство Небесное купцу, ищущему хороших жемчужин,
Шена къаьсттина мехала долу жовхІар карийча, цо ша да мел волу хІума дІа а духкий, иза шен дола доккху.
который, найдя одну драгоценную жемчужину, пошёл и продал всё, что имел, и купил её.
Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха.
Ещё подобно Царство Небесное неводу, закинутому в море и захватившему рыб всякого рода,
Бой юьзначул тІаьхьа, чІерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тІаьхьа цара, охьа а ховший, дика чІерий дІахоржу, ткъа вуьш дІакхуьссу.
который, когда наполнился, вытащили на берег и, сев, хорошее собрали в сосуды, а худое выбросили вон.
Иштта хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дІа а къастийна,
Так будет при кончине века: изыдут Ангелы, и отделят злых из среды праведных,
йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».
и ввергнут их в печь огненную: там будет плач и скрежет зубов.
Іийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?» Цара жоп делира: «Кхета».
И спросил их Иисус: поняли ли вы всё это? Они говорят Ему: так, Господи!
ТІаккха Іийсас элира: «Цундела хІора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Іелам стаг цхьана хІусамдех тера ву, дІайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цІена а хІуманаш дІалуш волчу».
Он же сказал им: поэтому всякий книжник, наученный Царству Небесному, подобен хозяину, который выносит из сокровищницы своей новое и старое.
Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тІаьхьа, Іийса цигара дІавахара.
И, когда окончил Иисус притчи сии, пошёл оттуда.
Ша кхиинчу гІала а веана, церан гуламан цІа чохь нах Іамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хІуманаш лело ницкъ?
И, придя в отечество Своё, учил их в синагоге их, так что они изумлялись и говорили: откуда у Него такая премудрость и силы?
Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц?
не плотников ли Он сын? не Его ли Мать называется Мария, и братья Его Иаков и Иосий, и Симон, и Иуда?
Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?»
и сёстры Его не все ли между нами? откуда же у Него всё это?
Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Іийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цІахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».
И соблазнялись о Нём. Иисус же сказал им: не бывает пророк без чести, разве только в отечестве своём и в доме своём.
Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кІезиг долу дела.
И не совершил там многих чудес по неверию их.
Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХІародана Іийсах лаьцна хезна хилла.
В то время Ирод четвертовластник услышал молву об Иисусе
Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ».
и сказал служащим при нём: это Иоанн Креститель; он воскрес из мёртвых, и потому чудеса делаются им.
И де тІекхачале дикка хьалха ХІарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш дина хилла.
Ибо Ирод, взяв Иоанна, связал его и посадил в темницу за Иродиаду, жену Филиппа, брата своего,
Яхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла.
потому что Иоанн говорил ему: не должно тебе иметь её.
ХІарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хІуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тІеэцна хилла дела.
И хотел убить его, но боялся народа, потому что его почитали за пророка.
ХІарод вина де тІекхаьчча, ХІародадан йоІ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чІогІа тайна волчу ХІарода
Во время же [празднования] дня рождения Ирода дочь Иродиады плясала перед собранием и угодила Ироду,
чІагІо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла.
посему он с клятвою обещал ей дать, чего она ни попросит.
Шен нанас иракарахІоттийна йолчу йоІа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна».
Она же, по наущению матери своей, сказала: дай мне здесь на блюде голову Иоанна Крестителя.
Ша гІайгІане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чІагІо бахьана долуш, ХІарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла.
И опечалился царь, но, ради клятвы и возлежащих с ним, повелел дать ей,
Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина.
и послал отсечь Иоанну голову в темнице.
Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоІе дІабелла, ткъа цо иза шен нанна дІабаьхьна.
И принесли голову его на блюде и дали девице, а она отнесла матери своей.
Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дІадоьллина, ткъа цул тІаьхьа, баха а бахана, Іийсага и дерриг дІадийцина цара.
Ученики же его, придя, взяли тело его и погребли его; и пошли, возвестили Иисусу.
Иза шена хезча, Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дІавахара, ша висархьама. Амма нахана и хІума дІахезча, шайн гІаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тІаьхьабахара.
И, услышав, Иисус удалился оттуда на лодке в пустынное место один; а народ, услышав о том, пошёл за Ним из городов пешком.
Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира.
И, выйдя, Иисус увидел множество людей и сжалился над ними, и исцелил больных их.
Суьйре тІееъча, Цуьнан мурдаш тІебаьхкира. Цара элира: «ХІара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дІабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хІума эцийта».
Когда же настал вечер, приступили к Нему ученики Его и сказали: место здесь пустынное и время уже позднее; отпусти народ, чтобы они пошли в селения и купили себе пищи.
Ткъа Іийсас элира: «Уьш дІабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хІума».
Но Иисус сказал им: не нужно им идти, вы дайте им есть.
Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чІарий бен яц».
Они же говорят Ему: у нас здесь только пять хлебов и две рыбы.
Ткъа Іийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял».
Он сказал: принесите их Мне сюда.
Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора.
И велел народу возлечь на траву и, взяв пять хлебов и две рыбы, воззрел на небо, благословил и, преломив, дал хлебы ученикам, а ученики народу.
Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тІаьхьа, мурдаша тІаьхьайисинчу яа хІуманах шийтта тускар дуьзира.
И ели все и насытились; и набрали оставшихся кусков двенадцать коробов полных;
Цигахь яа хІума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.
а евших было около пяти тысяч человек, кроме женщин и детей.
Цу сохьта Іийсас Шен мурдаш, хинкеманна тІе а ховшийна, Галилай-Іоман дехьарачу йисте Шел хьалха дІабахийтира, ткъа Ша нах дІахьовсо тІаьхьасецира.
И тотчас понудил Иисус учеников Своих войти в лодку и отправиться прежде Его на другую сторону, пока Он отпустит народ.
Нах дІа а хьовсийна, Іийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доІа дархьама. Суьйре тІекхаьчча, Иза цигахь Ша вара.
И, отпустив народ, Он взошёл на гору помолиться наедине; и вечером оставался там один.
Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгІенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чІогІа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела.
А лодка была уже на средине моря, и её било волнами, потому что ветер был противный.
Іуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Іийса уьш болчу хи тІехула дІаволавелира.
В четвёртую же стражу ночи пошёл к ним Иисус, идя по морю.
Хи тІехула Иза вогІуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гІаларт ду!» – аьлла.
И ученики, увидев Его идущего по морю, встревожились и говорили: это призрак; и от страха вскричали.
«Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»
Но Иисус тотчас заговорил с ними и сказал: ободритесь; это Я, не бойтесь.
Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тІехула Хьайна тІе ваийтахьара Ахьа!»
Пётр сказал Ему в ответ: Господи! если это Ты, повели мне придти к Тебе по воде.
«ТІевола!» – элира Цо. Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тІехула Іийсана тІевахара.
Он же сказал: иди. И, выйдя из лодки, Пётр пошёл по воде, чтобы подойти к Иисусу,
Шена чІогІа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КІелхьарваккхахьа со!»
но, видя сильный ветер, испугался и, начав утопать, закричал: Господи! спаси меня.
Іийсас, сихха куьг дІа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кІезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хІунда кхоллаялийтира ахьа?»
Иисус тотчас простёр руку, поддержал его и говорит ему: маловерный! зачем ты усомнился?
Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дІасецира.
И, когда вошли они в лодку, ветер утих.
Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таІийна, Іийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КІант ву!»
Бывшие же в лодке подошли, поклонились Ему и сказали: истинно Ты Сын Божий.
Хин кеманна тІехь Іомал дехьа а бевлла, уьш Гансарт-махка кхечира.
И, переправившись, прибыли в землю Геннисаретскую.
Цигарчу нахана Іийса вевзинчул тІаьхьа, массо а маьІІера Кхунна тІе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла.
Жители того места, узнав Его, послали во всю окрестность ту и принесли к Нему всех больных,
Цара, Іийсан бедарх куьг Іоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Іоьттинарг, то а лой, дІахІуттура.
и просили Его, чтобы только прикоснуться к краю одежды Его; и которые прикасались, исцелялись.
Ярушалайм-гІалара баьхкинчу парушхоший, Іеламчу нахий Іийсага элира:
Тогда приходят к Иисусу Иерусалимские книжники и фарисеи и говорят:
«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда талхадо? Цара хІума яале хьалха куьйгаш цІандаран Іадат кхочуш хІунда ца до?!»
зачем ученики Твои преступают предание старцев? ибо не умывают рук своих, когда едят хлеб.
Царна дуьхьал Іийсас элира: «Ткъа аша хІунда талхадо Дала тІедиллина долу парзаш, шайн Іадаташ ца дохорхьама?
Он же сказал им в ответ: зачем и вы преступаете заповедь Божию ради предания вашего?
Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза“.
Ибо Бог заповедал: почитай отца и мать; и: злословящий отца или мать смертью да умрёт.
Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гІо дан йиш яц, хІунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгІатна дІало“.
А вы говорите: если кто скажет отцу или матери: дар [Богу] то, чем бы ты от меня пользовался,
Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тІедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дІадаьккхина.
тот может и не почтить отца своего или мать свою; таким образом вы устранили заповедь Божию преданием вашим.
Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаІ-ЯхІус ша Делера бинчу хаамехь:
Лицемеры! хорошо пророчествовал о вас Исаия, говоря:
„ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
приближаются ко Мне люди сии устами своими, и чтут Меня языком, сердце же их далёко отстоит от Меня;
Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“».
но тщетно чтут Меня, уча учениям, заповедям человеческим.
Нах Шена тІе а кхайкхина, Іийсас элира: «Соьга ла а догІий, Аса бохучух кхетахьара шу:
И, призвав народ, сказал им: слушайте и разумейте!
стеган багахула чудоьдуш долчу хІумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».
не то, что входит в уста, оскверняет человека, но то, что выходит из уст, оскверняет человека.
ТІаккха тІебаьхкинчу мурдаша Іийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьІаьржачу хІиттина хеташ буйла?»
Тогда ученики Его, приступив, сказали Ему: знаешь ли, что фарисеи, услышав слово сие, соблазнились?
Іийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дІадоьгІна доцу хІора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду.
Он же сказал в ответ: всякое растение, которое не Отец Мой Небесный насадил, искоренится;
Уьш машарца дІабахийта. БІаьрзе нах бу уьш. Царна тІаьхьахІоьттинарш а бу бІаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тІаьхьахІоьттинарг а, ший а бІаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».
оставьте их: они — слепые вожди слепых; а если слепой ведёт слепого, то оба упадут в яму.
Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх».
Пётр же, отвечая, сказал Ему: изъясни нам притчу сию.
Ткъа Іийсас элира: «ХІинца а оццул кхетам боцуш ду шу?
Иисус сказал: неужели и вы ещё не разумеете?
Шун бага кхаьчна долу хІума, зорх чу а кхочий, цул тІаьхьа кийрара арадолу.
ещё ли не понимаете, что всё, входящее в уста, проходит в чрево и извергается вон?
Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг.
а исходящее из уст — из сердца исходит — сие оскверняет человека,
Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар.
ибо из сердца исходят злые помыслы, убийства, прелюбодеяния, любодеяния, кражи, лжесвидетельства, хуления—
Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хІума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац».
это оскверняет человека; а есть неумытыми руками — не оскверняет человека.
Цигара дІа а ваьлла, Іийса Цорин а, ЦІаданан а гонах йолчу меттигашка дІавахара.
И, выйдя оттуда, Иисус удалился в страны Тирские и Сидонские.
Йоьлхуш, Цунна тІееара цигахь Іаш йолу канаІанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КІант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоІ».
И вот, женщина Хананеянка, выйдя из тех мест, кричала Ему: помилуй меня, Господи, сын Давидов, дочь моя жестоко беснуется.
Амма Іийсас цуьнга хІумма а ца элира. Мурдаша, тІаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДІаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тІаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх».
Но Он не отвечал ей ни слова. И ученики Его, приступив, просили Его: отпусти её, потому что кричит за нами.
Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагІашна бен гІо дан ваийтина вац Со».
Он же сказал в ответ: Я послан только к погибшим овцам дома Израилева.