che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира.
И сказал Иисус сотнику: иди, и, как ты веровал, да будет тебе. И выздоровел слуга его в тот час.
Кипа волчу Іийса веача, Цунна гира, хІусамден стуннана, чІогІа дāгар а долуш, цомгуш Іуьллуш.
Придя в дом Петров, Иисус увидел тёщу его, лежащую в горячке,
Иза, куьг дІа а кховдийна, цуьнан куьйгах дІаІоттавелира. Дагар дІа а даьлла, хьала а гІаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
и коснулся руки её, и горячка оставила её; и она встала и служила им.
Суьйранна Іийсана тІебалийра жинаша хьийзош болу нах. Іийсас Шен дашаца жинаш дІалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира.
Когда же настал вечер, к Нему привели многих бесноватых, и Он изгнал духов словом и исцелил всех больных,
Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлларг: «Вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн цамгарш дІаяьхьира».
да сбудется реченное через пророка Исаию, который говорит: Он взял на Себя наши немощи и понёс болезни.
Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Іоман дехьарчу берда тІе довла элира Іийсас.
Увидев же Иисус вокруг Себя множество народа, велел (ученикам) отплыть на другую сторону.
Цхьа Іелам стаг, Кхунна тІе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
Тогда один книжник, подойдя, сказал Ему: Учитель! я пойду за Тобою, куда бы Ты ни пошёл.
Іийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц».
И говорит ему Иисус: лисицы имеют норы и птицы небесные — гнёзда, а Сын Человеческий не имеет, где приклонить голову.
Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла».
Другой же из учеников Его сказал Ему: Господи! позволь мне прежде пойти и похоронить отца моего.
Амма Іийсас цуьнга элира: «ТІаьхьахІотта Суна, белларш беллачарна бита».
Но Иисус сказал ему: иди за Мною, и предоставь мёртвым погребать своих мертвецов.
Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тІаьххье чухевшира.
И когда вошёл Он в лодку, за Ним последовали ученики Его.
ХІорд чІогІа ловзабелира, яккхийчу тулгІенаша хІордкема дІасакхуьйсура. Амма Іийса вижначуьра меттах ца волура.
И вот, сделалось великое волнение на море, так что лодка покрывалась волнами; а Он спал.
ТІаккха, тІе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КІелхьардахахьа вай! Іожалла улло кхаьчна-кх вайна!»
Тогда ученики Его, подойдя к Нему, разбудили Его и сказали: Господи! спаси нас, погибаем.
Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира.
И говорит им: что вы [так] боязливы, маловерные? Потом, встав, запретил ветрам и морю, и сделалась великая тишина.
Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
Люди же, удивляясь, говорили: кто это, что и ветры и море повинуются Ему?
Іийса гадархой болчу кхаьчча, нах дІабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чІогІа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара.
И когда Он прибыл на другой берег в страну Гергесинскую, Его встретили два бесноватые, вышедшие из гробов, весьма свирепые, так что никто не смел проходить тем путём.
Цара мохь хьоькхура: «ХІун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КІант? Тхан хан тІекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш.
И вот, они закричали: что Тебе до нас, Иисус, Сын Божий? пришёл Ты сюда прежде времени мучить нас.
Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара.
Вдали же от них паслось большое стадо свиней.
Жинаша Іийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», – бохуш.
И бесы просили Его: если выгонишь нас, то пошли нас в стадо свиней.
Цо элира: «ДІагІо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дІахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тІера Іам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш.
И Он сказал им: идите. И они, выйдя, пошли в стадо свиное. И вот, всё стадо свиней бросилось с крутизны в море и погибло в воде.
Ткъа хьакхарчийн Іуй цу меттера бевдира. ГІала дІа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дІадийцира.
Пастухи же побежали и, придя в город, рассказали обо всём, и о том, что было с бесноватыми.
Цу гІалахь мел долу адам Іийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тІаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дІагІо аьлла.
И вот, весь город вышел навстречу Иисусу; и, увидев Его, просили, чтобы Он отошёл от пределов их.
Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, Іам тІехула дехьа а ваьлла, Шен гІала кхечира.
Тогда Он, войдя в лодку, переправился [обратно] и прибыл в Свой город.
Цунна тІе валийра шен дегІан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагІатта де доцуш, меттахь Іуьллуш вара. Іийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тІаьхьа, заьІапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кІант, хьан къиношна гечдина».
И вот, принесли к Нему расслабленного, положенного на постели. И, видя Иисус веру их, сказал расслабленному: дерзай, чадо! прощаются тебе грехи твои.
Иза хезна болчу Іеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Іеса къамел до!»
При сём некоторые из книжников сказали сами в себе: Он богохульствует.
Церан дагахь дерг Іийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хІунда ю шун даг чохь?
Иисус же, видя помышления их, сказал: для чего вы мыслите худое в сердцах ваших?
Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гІаттий, дІагІо“?
ибо что легче сказать: прощаются тебе грехи, или сказать: встань и ходи?
Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Іийсас элира: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо».
Но чтобы вы знали, что Сын Человеческий имеет власть на земле прощать грехи,— тогда говорит расслабленному: встань, возьми постель твою, и иди в дом твой.
Важа, хьала а гІаьттина, цІа вахара.
И он встал, [взял постель свою] и пошёл в дом свой.
Адамийн тоба, шена и хІума гича, чІогІа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чІогІа бакъо яларна.
Народ же, видев это, удивился и прославил Бога, давшего такую власть человекам.
Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цуьнан бІаьрг кхийтира Маттай цІе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира: «Суна тІаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьхьа дІавахара.
Проходя оттуда, Иисус увидел человека, сидящего у сбора пошлин, по имени Матфея, и говорит ему: следуй за Мною. И он встал и последовал за Ним.
Іийса Шен мурдашца Маттайн хІусамехь яа хІума юуш Іаш хилла. Царна тІе а баьхкина, цаьрца яа хІума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цІе яхана болу наххий.
И когда Иисус возлежал в доме, многие мытари и грешники пришли и возлегли с Ним и учениками Его.
Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хІума юуш хІунда Іа?»
Увидев то, фарисеи сказали ученикам Его: для чего Учитель ваш ест и пьёт с мытарями и грешниками?
Иза Шена хезча, Іийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.
Иисус же, услышав это, сказал им: не здоровые имеют нужду во враче, но больные,
Даха а гІой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
пойдите, научитесь, что значит: милости хочу, а не жертвы? Ибо Я пришёл призвать не праведников, но грешников к покаянию.
Яхьъян мурдаша, Іийсана тІе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»
Тогда приходят к Нему ученики Иоанновы и говорят: почему мы и фарисеи постимся много, а Твои ученики не постятся?
Ткъа Іийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гІайгІане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тІедогІур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дІавуьгун волу цхьа де. ТІаккха хир бу уьш гІайгІане, марха кхаба а болалур бу.
И сказал им Иисус: могут ли печалиться сыны чертога брачного, пока с ними жених? Но придут дни, когда отнимется у них жених, и тогда будут поститься.
Цхьаммо а ца латайо цІеначу кІадих тишачу бедарна йома, хІунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дІахІоьттича, бедар тІера Іуьрг кхин а доккха хир ду.
И никто к ветхой одежде не приставляет заплаты из небелёной ткани, ибо вновь пришитое отдерёт от старого, и дыра будет ещё хуже.
Керла чагІар тишачу пІаьлдиг чу а ца дутту. ПІаьлдиг бетІар бу, чагІар чуьра охьагІур ду. ПІаьлдиг а хІаллакьхир бу. Амма керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дутту: пІаьлдиг а, чагІар а шен меттехь хир ду».
Не вливают также вина молодого в мехи ветхие; а иначе прорываются мехи, и вино вытекает, и мехи пропадают, но вино молодое вливают в новые мехи, и сберегается то и другое.
Цо и къамел дечу хенахь Іийсана тІевеара гуламан цІийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: «Сан йоІ хІинцца дІаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тІе куьйгаш дехкича, иза денлур яра».
Когда Он говорил им сие, подошёл к Нему некоторый начальник и, кланяясь Ему, говорил: дочь моя теперь умирает; но приди, возложи на неё руку Твою, и она будет жива.
Іийса, хьала а гІаьттина, Шен мурдашца цунна тІаьхьа дІавахара.
И встав, Иисус пошёл за ним, и ученики Его.
Цигахь, шийтта шарахь цІий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Іийсана тІехьахула тІе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дІахьакхаелира иза.
И вот, женщина, двенадцать лет страдавшая кровотечением, подойдя сзади, прикоснулась к краю одежды Его,
Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дІахьакхаелча, со толур яра».
ибо она говорила сама в себе: если только прикоснусь к одежде Его, выздоровею.
Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.
Иисус же, обратившись и увидев её, сказал: дерзай, дщерь! вера твоя спасла тебя. Женщина с того часа стала здорова.
Іийса гуламан цІийнан куьйгалхо волчу цІа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а.
И когда пришёл Иисус в дом начальника и увидел свирельщиков и народ в смятении,
Цо элира: «ДІагІо кхузара! ЙоІ яла ца елла, иза йижина Іуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара.
сказал им: выйдите вон, ибо не умерла девица, но спит. И смеялись над Ним.
Уьш цІа чуьра аралаьхкича, Іийсас, йоІ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоІ Іуьллучуьра хьалагІаьттира.
Когда же народ был выслан, Он, войдя, взял её за руку, и девица встала.
Цу тамашийначу хІуманах лаьцна хабар массо а метте дІасадаьржира.
И разнёсся слух о сём по всей земле той.
Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цунна тІаьхьавогІуш вара бІаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КІант!»
Когда Иисус шёл оттуда, за Ним следовали двое слепых и кричали: помилуй нас, Иисус, сын Давидов!
Іийса цІа чу ваьлча, бІаьрзенаш Цунна гергга тІебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бІаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!»
Когда же Он пришёл в дом, слепые приступили к Нему. И говорит им Иисус: веруете ли, что Я могу это сделать? Они говорят Ему: ей, Господи!
Іийсас церан бІаьргех куьг Іоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!»
Тогда Он коснулся глаз их и сказал: по вере вашей да будет вам.
ТІаккха церан бІаьрса схьадеара. Іийсас царна чІоггІа тІедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна».
И открылись глаза их; и Иисус строго сказал им: смотрите, чтобы никто не узнал.
Амма шаьш дІабаханчул тІаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьІІе дІасадаржийра.
А они, выйдя, разгласили о Нём по всей земле той.
Шен мурдашца Иза дІаваха кечвеллачу хенахь Іийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара.
Когда же те выходили, то привели к Нему человека немого бесноватого.
Іийсас жин дІалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хІума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац».
И когда бес был изгнан, немой стал говорить. И народ, удивляясь, говорил: никогда не бывало такого явления в Израиле.
Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гІоьнца».
А фарисеи говорили: Он изгоняет бесов силою князя бесовского.
Іийса массо а гІаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.
И ходил Иисус по всем городам и селениям, уча в синагогах их, проповедуя Евангелие Царствия и исцеляя всякую болезнь и всякую немощь в людях.
Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара.
Видя толпы народа, Он сжалился над ними, что они были изнурены и рассеяны, как овцы, не имеющие пастыря.
Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу.
Тогда говорит ученикам Своим: жатвы много, а делателей мало;
Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».
итак молите Господина жатвы, чтобы выслал делателей на жатву Свою.
Іийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дІалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а.
И призвав двенадцать учеников Своих, Он дал им власть над нечистыми духами, чтобы изгонять их и врачевать всякую болезнь и всякую немощь.
Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя,
Двенадцати же Апостолов имена суть сии: первый Симон, называемый Петром, и Андрей, брат его, Иаков Зеведеев и Иоанн, брат его,
Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада,
Филипп и Варфоломей, Фома и Матфей мытарь, Иаков Алфеев и Леввей, прозванный Фаддеем,
ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьо Іийсана ямартло йина волу.
Симон Кананит и Иуда Искариот, который и предал Его.
Іийсас, Шен шийтта мурд дІахьажош, царна тІедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гІаланашна чу ма гІолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тІе а ма гІолаш.
Сих двенадцать послал Иисус, и заповедал им, говоря: на путь к язычникам не ходите, и в город Самарянский не входите;
Исраилан махкара хІаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагІашна тІе гІо,
а идите наипаче к погибшим овцам дома Израилева;
кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“.
ходя же, проповедуйте, что приблизилось Царство Небесное;
Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цІанбе, харц жинаш дІалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дІало.
больных исцеляйте, прокажённых очищайте, мёртвых воскрешайте, бесов изгоняйте; даром получили, даром давайте.
Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цІаста а схьа ма эца.
Не берите с собою ни золота, ни серебра, ни меди в поясы свои,
Шаьш новкъа довлуш, некъан тІоьрмаг а схьа ма эца, шайна тІехь йолу бедаршший, мачашший бен. Іаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца.
ни сумы на дорогу, ни двух одежд, ни обуви, ни посоха, ибо трудящийся достоин пропитания.
Шаьш муьлххачу гІала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тІелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Іе, шаьш дІадаха хан тІекхаччалц.
В какой бы город или селение ни вошли вы, наведывайтесь, кто в нём достоин, и там оставайтесь, пока не выйдете;
Шаьш хьошалгІа доьлхуш, шаьш тІеоьцуш волчу хІусамдега маршалла хатта.
а входя в дом, приветствуйте его, говоря: мир дому сему;
Аша дІаделла долу маршалла тІеэца хьакъ долуш и хІусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хІусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хІусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла.
и если дом будет достоин, то мир ваш придёт на него; если же не будет достоин, то мир ваш к вам возвратится.
Шаьш тІе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугІуш йолчу хІусамера я гІалара дІагІо, шайн когаш тІера чан охьа а егош.
А если кто не примет вас и не послушает слов ваших, то, выходя из дома или из города того, отрясите прах от ног ваших;
Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гІалара хьал Седамеххьий, Іамор-гІалаххьий чул инзаре хир ду».
истинно говорю вам: отраднее будет земле Содомской и Гоморрской в день суда, нежели городу тому.
«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш.
Вот, Я посылаю вас, как овец среди волков: итак будьте мудры, как змии, и просты, как голуби.
Нахах ларлолаш, цара кхеле дІалур ду шу, шайн гуламан цІенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна.
Остерегайтесь же людей: ибо они будут отдавать вас в судилища и в синагогах своих будут бить вас,
Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела.
и поведут вас к правителям и царям за Меня, для свидетельства перед ними и язычниками.
Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза.
Когда же будут предавать вас, не заботьтесь, как или что сказать; ибо в тот час дано будет вам, что сказать,
Дагахь латтаделаш шайна иза, хІунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш.
ибо не вы будете говорить, но Дух Отца вашего будет говорить в вас.
Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу.
Предаст же брат брата на смерть, и отец — сына; и восстанут дети на родителей, и умертвят их;
Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву.
и будете ненавидимы всеми за имя Моё; претерпевший же до конца спасётся.
Цхьана гІалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гІала дІагІо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гІаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КІант вуссур ву».
Когда же будут гнать вас в одном городе, бегите в другой. Ибо истинно говорю вам: не успеете обойти городов Израилевых, как приидет Сын Человеческий.
«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац.
Ученик не выше учителя, и слуга не выше господина своего:
Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дІатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дІатарлахь. Нагахь санна хІусаман дена БаІал-Зебула цІе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цІе йоккхур ю.
довольно для ученика, чтобы он был, как учитель его, и для слуги, чтобы он был, как господин его. Если хозяина дома назвали веельзевулом, не тем ли более домашних его?
Цундела царах ма кхера, хІунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.
Итак не бойтесь их, ибо нет ничего сокровенного, что не открылось бы, и тайного, что не было бы узнано.
Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цІийнан тхов тІе а довлий, мохь туххуш дийца.
Что говорю вам в темноте, говорите при свете; и что на ухо слышите, проповедуйте на кровлях.
Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах.
И не бойтесь убивающих тело, души же не могущих убить; а бойтесь более Того, Кто может и душу и тело погубить в геенне.
Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен.
Не две ли малые птицы продаются за ассарий? И ни одна из них не упадёт на землю без [воли] Отца вашего;
Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна!
у вас же и волосы на голове все сочтены;
Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!
не бойтесь же: вы лучше многих малых птиц.
Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву.
Итак всякого, кто исповедает Меня пред людьми, того исповедаю и Я пред Отцем Моим Небесным;
Амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха».
а кто отречётся от Меня пред людьми, отрекусь от того и Я пред Отцем Моим Небесным.
«Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана.
Не думайте, что Я пришёл принести мир на землю; не мир пришёл Я принести, но меч,
Со веана „кІант дена дуьхьал ваккха, йоІ – нанна дуьхьал, нус – марнанна дуьхьал яккха.
ибо Я пришёл разделить человека с отцом его, и дочь с матерью её, и невестку со свекровью её.
Шен цІа чохь берш хир бу стагана мостагІий“.
И враги человеку — домашние его.
Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.
Кто любит отца или мать более, нежели Меня, не достоин Меня; и кто любит сына или дочь более, нежели Меня, не достоин Меня;
Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьа ца хІоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац.
и кто не берёт креста своего и следует за Мною, тот не достоин Меня.
Шен са Іалашдан гІоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дІаделлачунна иза карор ду.
Сберёгший душу свою потеряет её; а потерявший душу свою ради Меня сбережёт её.
Шу тІеоьцуш волчо Со а тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу.
Кто принимает вас, принимает Меня, а кто принимает Меня, принимает Пославшего Меня;