che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
„Цул тІаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хІиттийна, ирахІоттор ду иза, | Потом обращусь и воссоздам скинию Давидову падшую, и то, что в ней разрушено, воссоздам, и исправлю её, |
кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. | чтобы взыскали Господа прочие человеки и все народы, между которыми возвестится имя Моё, говорит Господь, творящий всё сие. |
Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. | Ведомы Богу от вечности все дела Его. |
Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. | Посему я полагаю не затруднять обращающихся к Богу из язычников, |
Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. | а написать им, чтобы они воздерживались от осквернённого идолами, от блуда, удавленины и крови, и чтобы не делали другим того, чего не хотят себе. |
Муса-пайхамаро тІедиллинарг массо а гІалахь хІора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хІора гуламан цІийнахь хьоьхуш ма ду». | Ибо [закон] Моисеев от древних родов по всем городам имеет проповедующих его и читается в синагогах каждую субботу. |
Векалийн а, тхьамданийн а Іийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахІалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цІе йоккху ЯхІуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. | Тогда Апостолы и пресвитеры со всею церковью рассудили, избрав из среды себя мужей, послать их в Антиохию с Павлом и Варнавою, [именно]: Иуду, прозываемого Варсавою, и Силу, мужей, начальствующих между братиями, |
Цаьргахула хІара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Іийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга! | написав и вручив им следующее: «Апостолы и пресвитеры и братия — находящимся в Антиохии, Сирии и Киликии братиям из язычников: радоваться. |
Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. | Поелику мы услышали, что некоторые, вышедшие от нас, смутили вас [своими] речами и поколебали ваши души, говоря, что должно обрезываться и соблюдать закон, чего мы им не поручали, |
Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахІалца а шу долчу дІабахкийта. | то мы, собравшись, единодушно рассудили, избрав мужей, послать их к вам с возлюбленными нашими Варнавою и Павлом, |
Вайн Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хІиттийна нах бу уьш. | человеками, предавшими души свои за имя Господа нашего Иисуса Христа. |
Хаьржина волу ЯхІуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тІечІагІдайта. | Итак мы послали Иуду и Силу, которые изъяснят вам то же и словесно. |
Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хІара тІедиллинарг доцург: | Ибо угодно Святому Духу и нам не возлагать на вас никакого бремени более, кроме сего необходимого: |
ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!» | воздерживаться от идоложертвенного и крови, и удавленины, и блуда, и не делать другим того, чего себе не хотите. Соблюдая сие, хорошо сделаете. Будьте здравы». |
Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Іийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дІаделира цара. | Итак, отправленные пришли в Антиохию и, собрав людей, вручили письмо. |
И дешча, дегнаш иракарахІитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах. | Они же, прочитав, возрадовались о сём наставлении. |
ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. | Иуда и Сила, будучи также пророками, обильным словом преподали наставление братиям и утвердили их. |
Цара жимма хан яьккхира цигахь. | Пробыв там [некоторое] время, они с миром отпущены были братиями к Апостолам. |
Цул тІаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дІахьовсийра уьш. | Но Силе рассудилось остаться там. (А Иуда возвратился в Иерусалим.) |
ПахІал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура. | Павел же и Варнава жили в Антиохии, уча и благовествуя, вместе с другими многими, слово Господне. |
Цул тІаьхьа жимма хан яьлча, ПахІала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гІала а гІой, динан вежарий муха Іаш бу хьовсий», – аьлла. | По некотором времени Павел сказал Варнаве: пойдём опять, посетим братьев наших по всем городам, в которых мы проповедали слово Господне, как они живут. |
Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цІе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. | Варнава хотел взять с собою Иоанна, называемого Марком. |
Амма ПахІал реза вацара, шаьш Пампилехь Іадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Іийна волу стаг шайца схьаэца. | Но Павел полагал не брать отставшего от них в Памфилии и не шедшего с ними на дело, на которое они были посланы. |
Цу тІехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дІасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хІордкеманца Кипре вахара. | Отсюда произошло огорчение, так что они разлучились друг с другом; и Варнава, взяв Марка, отплыл в Кипр; |
Ткъа ПахІала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза. | а Павел, избрав себе Силу, отправился, быв поручен братиями благодати Божией, |
Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Іийсах тешачийн тобанаш чІагІйора. | и проходил Сирию и Киликию, утверждая церкви. |
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. | Дошёл он до Дервии и Листры. И вот, там был некоторый ученик, именем Тимофей, которого мать была Иудеянка уверовавшая, а отец Еллин, |
Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. | и о котором свидетельствовали братия, находившиеся в Листре и Иконии. |
Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахІала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Іаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хІунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла. | Его пожелал Павел взять с собою; и, взяв, обрезал его ради Иудеев, находившихся в тех местах; ибо все знали об отце его, что он был Еллин. |
ГІалара гІала а воьдуш, ПахІала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тІедиллинарг дІахоуьйтура. | Проходя же по городам, они предавали [верным] соблюдать определения, постановленные Апостолами и пресвитерами в Иерусалиме. |
Цу гІуллакхо Іийсах тешачийн тобанаш иракарахІиттайора, церан тешар чІагІдора, денна а и тобанаш стамлора, Іийсах тешнарш алсамбовлуш. | И церкви утверждались верою и ежедневно увеличивались числом. |
Делан Сино бакъо ца елира ПахІалгІарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара. | Пройдя через Фригию и Галатийскую страну, они не были допущены Духом Святым проповедывать слово в Асии. |
Миси-мехкан дозанна тІекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Іийсан Сино ца магийра царна иза. | Дойдя до Мисии, предпринимали идти в Вифинию; но Дух не допустил их. |
ТІаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гІала баьхкира. | Миновав же Мисию, сошли они в Троаду. |
Буьйсанна, сурт а хІоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахІална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гІо дехьа», – аьлла. | И было ночью видение Павлу: предстал некий муж, Македонянин, прося его и говоря: приди в Македонию и помоги нам. |
И сурт хІоьттинчул тІаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира. | После сего видения, тотчас мы положили отправиться в Македонию, заключая, что призывал нас Господь благовествовать там. |
Троя-гІалара тхо нийсса Самотраке дІакхечира, ткъа цигара шолгІачу дийнахь грекийн Неаполе дахара. | Итак, отправившись из Троады, мы прямо прибыли в Самофракию, а на другой день в Неаполь, |
Неаполера дІа тхан некъ римхой Іаш болчу Македон-мехкан коьртачу гІала Пилапе бара. Цу гІалахь оха масех де даьккхира. | оттуда же в Филиппы: это первый город в той части Македонии, колония. В этом городе мы пробыли несколько дней. |
Шоьтан дийнахь, гІалин кевнах ара а девлла, хи тІе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доІане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо. | В день же субботний мы вышли за город к реке, где, по обыкновению, был молитвенный дом, и, сев, разговаривали с собравшимися [там] женщинами. |
Царна юкъахь Тхьайтир-гІалара еана, Лидия цІе йолуш цхьа зуда яра. Иза цІен деза кІадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахІале ладоьгІучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахІала дуьйцучух тешийтархьама. | И одна женщина из города Фиатир, именем Лидия, торговавшая багряницею, чтущая Бога, слушала; и Господь отверз сердце её внимать тому, что говорил Павел. |
Цо а, цуьнан цІерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хІусаме а дуьйлий, хьошалгІахь Іе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара. | Когда же крестилась она и домашние её, то просила нас, говоря: если вы признали меня верною Господу, то войдите в дом мой и живите [у] [меня]. И убедила нас. |
Цкъа доІа дечу метте тхо дІадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоІ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хІусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш. | Случилось, что, когда мы шли в молитвенный дом, встретилась нам одна служанка, одержимая духом прорицательным, которая через прорицание доставляла большой доход господам своим. |
ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш. | Идя за Павлом и за нами, она кричала, говоря: сии человеки — рабы Бога Всевышнего, которые возвещают нам путь спасения. |
Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира. | Это она делала много дней. Павел, вознегодовав, обратился и сказал духу: именем Иисуса Христа повелеваю тебе выйти из неё. И [дух] вышел в тот же час. |
ХІусамдай кхийтира йоІа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахІал а, Сали а, схьа а лаьцна, гІалин хьаькамашна тІе майдане дІатакхийра. | Тогда господа её, видя, что исчезла надежда дохода их, схватили Павла и Силу и повлекли на площадь к начальникам. |
Римхойн кхелахошна тІе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХІара нах жуьгтий бу. ХІорш бахьана долуш вайн гІалахь синтеме дац. | И, приведя их к воеводам, сказали: сии люди, будучи Иудеями, возмущают наш город |
Кхара дуьйцуш долу гІиллакхаш вайна, римхошна, я тІеэца а, я лело а товш дац». | и проповедуют обычаи, которых нам, Римлянам, не следует ни принимать, ни исполнять. |
Гулбелларш, бехкаш дохучарна тІе а тайна, ПахІална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тІера хІуманаш дІа а яхий, кхарна гІожмаш етта элира. | Народ также восстал на них, а воеводы, сорвав с них одежды, велели бить их палками |
ЧІогІа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гІаролан хьаькаме леррина хІорш ларбе а аьлла. | и, дав им много ударов, ввергли в темницу, приказав темничному стражу крепко стеречь их. |
И омра хезча, гІаролан хьаькамо уьш чуьрчу цІа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна. | Получив такое приказание, он ввергнул их во внутреннюю темницу и ноги их забил в колоду. |
Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахІал а, Сали а доІанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугІуш бара. | Около полуночи Павел и Сила, молясь, воспевали Бога; узники же слушали их. |
ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира. | Вдруг сделалось великое землетрясение, так что поколебалось основание темницы; тотчас отворились все двери, и у всех узы ослабели. |
Самаваьллачу гІаролан хьаькамна массо а неІ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гІерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда. | Темничный же страж, пробудившись и увидев, что двери темницы отворены, извлёк меч и хотел умертвить себя, думая, что узники убежали. |
Амма ПахІал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хІаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла. | Но Павел возгласил громким голосом, говоря: не делай себе никакого зла, ибо все мы здесь. |
«Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахІална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза. | Он потребовал огня, вбежал [в темницу] и в трепете припал к Павлу и Силе, |
И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хІун дан деза? Муха кІелхьарвала веза со?» – аьлла. | и, выведя их вон, сказал: государи [мои]! что мне делать, чтобы спастись? |
«Везачу Элах Іийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тІаккха хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу». | Они же сказали: веруй в Господа Иисуса Христа, и спасёшься ты и весь дом твой. |
ТІаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цІерачарна а. | И проповедали слово Господне ему и всем, бывшим в доме его. |
Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цІерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира. | И, взяв их в тот час ночи, он омыл раны их и немедленно крестился сам и все [домашние] его. |
Юха уьш шен цІа а бигна, царна шун хІоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цІерачаьрца хазахеташ вара, хІунда аьлча иза Делах тешнера. | И, приведя их в дом свой, предложил трапезу и возрадовался со всем домом своим, что уверовал в Бога. |
Де тІекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дІахеца», – аьлла. | Когда же настал день, воеводы послали городских служителей сказать: отпусти тех людей. |
Набахтин хьаькамо элира ПахІале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дІахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дІаваха йиш йолуш ву!» | Темничный страж объявил о сём Павлу: воеводы прислали отпустить вас; итак выйдите теперь и идите с миром. |
Амма ПахІала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой доллушехь. Ткъа хІинца тхо къайлаха дІахеца гІерта уьш? ХІан-хІа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара». | Но Павел сказал к ним: нас, Римских граждан, без суда всенародно били и бросили в темницу, а теперь тайно выпускают? нет, пусть придут и сами выведут нас. |
Эпсарша дІаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахІал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира. | Городские служители пересказали эти слова воеводам, и те испугались, услышав, что это Римские граждане. |
Схьа а баьхкина, хІара шиъ къинтІера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гІалара дІагІахьара аьлла, дехар а дина. | И, придя, извинились перед ними и, выведя, просили удалиться из города. |
Набахтера араваьлча, ПахІал а, Сали а Лидиян цІа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахІиттийра цара. Цул тІаьхьа хІорш кхин дІа а бахара. | Они же, выйдя из темницы, пришли к Лидии и, увидев братьев, поучали их, и отправились. |
Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гІала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цІа дара. | Пройдя через Амфиполь и Аполлонию, они пришли в Фессалонику, где была Иудейская синагога. |
Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тІера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахІала. | Павел, по своему обыкновению, вошёл к ним и три субботы говорил с ними из Писаний, |
Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала. | открывая и доказывая им, что Христу надлежало пострадать и воскреснуть из мёртвых и что Сей Христос есть Иисус, Которого я проповедую вам. |
Царах цхьаберш, Іийсах а тешна, ПахІалах а, Салих а дІакхийтира. Далла Іамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь. | И некоторые из них уверовали и присоединились к Павлу и Силе, как из Еллинов, чтущих [Бога], великое множество, так и из знатных женщин немало. |
Амма тІаьхьа ца хІиттина, Іийсах а ца тешна, хьагІ лаьцна болу жуьгтий, гІалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гІала марсаяха хІиттира. Ясонан цІийна улло а баьхкина, ПахІал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хІитто гІертара уьш. | Но неуверовавшие Иудеи, возревновав и взяв с площади некоторых негодных людей, собрались толпою и возмущали город и, приступив к дому Иасона, домогались вывести их к народу. |
ПахІалгІар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гІалин хьаькамашна тІе дІатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хІара нах хІинца кхуза а кхечи, | Не найдя же их, повлекли Иасона и некоторых братьев к городским начальникам, крича, что эти всесветные возмутители пришли и сюда, |
Ясона хІорш тІе а ийци! Берриш хІорш паччахьо тІедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Іийса ву а боху». | а Иасон принял их, и все они поступают против повелений кесаря, почитая другого царём, Иисуса. |
Цу хаамо адам а, гІалара Іедал а карзах даьккхинера. | И встревожили народ и городских начальников, слушавших это. |
Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дІахийцира цара. | Но [сии], получив удостоверение от Иасона и прочих, отпустили их. |
Динан вежарша ПахІал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гІала дІавахийтира. Цига дІа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цІийне бахара. | Братия же немедленно ночью отправили Павла и Силу в Верию, куда они прибыв, пошли в синагогу Иудейскую. |
Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тІеэца. Цара боккхачу лаамца тІеийцира дош. Делан Йозанаш а Іамадора цара, денна а ПахІала дуьйцург бакъ дуй хаархьама. | Здешние были благомысленнее Фессалоникских: они приняли слово со всем усердием, ежедневно разбирая Писания, точно ли это так. |
Іийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а. | И многие из них уверовали, и из Еллинских почётных женщин и из мужчин немало. |
Тассалник-гІалахь болчу жуьгташна Берия-гІалахь ПахІала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш. | Но когда Фессалоникские Иудеи узнали, что и в Верии проповедано Павлом слово Божие, то пришли и туда, возбуждая и возмущая народ. |
ТІаккха динан вежарша ПахІал сихонца хІордан йисте дІавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира. | Тогда братия тотчас отпустили Павла, как будто идущего к морю; а Сила и Тимофей остались там. |
ПахІал новкъа воккхучара иза Атина-гІала дІавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш. | Сопровождавшие Павла проводили его до Афин и, получив приказание к Силе и Тимофею, чтобы они скорее пришли к нему, отправились. |
Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахІал, хІунда аьлча гІала юьззина цІуш бара цунна гуш. | В ожидании их в Афинах Павел возмутился духом при виде этого города, полного идолов. |
Жуьгтийн гуламан цІа чохь жуьгташца а, Далла Іибадат дечу грекашца а, тІаккха хІора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо. | Итак он рассуждал в синагоге с Иудеями и с чтущими [Бога], и ежедневно на площади со встречающимися. |
Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цІе йоккхучу цхьаболчу Іилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХІара хабарча хІун ала гІерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахІала | Некоторые из эпикурейских и стоических философов стали спорить с ним; и одни говорили: «что хочет сказать этот суеслов?», а другие: «кажется, он проповедует о чужих божествах», потому что он благовествовал им Иисуса и воскресение. |
Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хІума тхан хаа таро йолуш дуй?» – аьлла. | И, взяв его, привели в ареопаг и говорили: можем ли мы знать, что это за новое учение, проповедуемое тобою? |
«ХІунда аьлча цхьа тамашийна хІума ду тхуна хезнарг, цундела иза хІун ду хаа лаьара тхуна?» | Ибо что-то странное ты влагаешь в уши наши. Посему хотим знать, что это такое? |
(Атина-гІалин бахархойн а, цаьрца Іаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чІогІа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугІуш я керланиг дуьйцуш.) | Афиняне же все и живущие [у них] иностранцы ни в чём охотнее не проводили время, как в том, чтобы говорить или слушать что-нибудь новое. |
Кхеташонна юккъе а хІоьттина, ПахІала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй, | И, став Павел среди ареопага, сказал: Афиняне! по всему вижу я, что вы как бы особенно набожны. |
хІунда аьлча шун гІалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тІехь сагІа доккху тІулг. Цу тІехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Іибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург. | Ибо, проходя и осматривая ваши святыни, я нашёл и жертвенник, на котором написано «неведомому Богу». Сего-то, Которого вы, не зная, чтите, я проповедую вам. |
Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цІенош чохь Іаш вац. | Бог, сотворивший мир и всё, что в нём, Он, будучи Господом неба и земли, не в рукотворенных храмах живёт |
Адамийн куьйгаша Далла гІуллакх деш делахь а, Цунна хІума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеІар а, кхин дерриге а. | и не требует служения рук человеческих, [как бы] имеющий в чём-либо нужду, Сам дая всему жизнь и дыхание и всё. |
Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тІехь Іайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Іан меттиг а къастийна, | От одной крови Он произвёл весь род человеческий для обитания по всему лицу земли, назначив предопределённые времена и пределы их обитанию, |
цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хІоранна а генахь-м вац). | дабы они искали Бога, не ощутят ли Его и не найдут ли, хотя Он и недалеко от каждого из нас: |
ХІунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Іаш а ду“. Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“. | ибо мы Им живём и движемся и существуем, как и некоторые из ваших стихотворцев говорили: «мы Его и род». |
Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тІулгах, я деших, я детих тера ву. | Итак мы, будучи родом Божиим, не должны думать, что Божество подобно золоту, или серебру, или камню, получившему образ от искусства и вымысла человеческого. |
ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо. | Итак, оставляя времена неведения, Бог ныне повелевает людям всем повсюду покаяться, |
ХІунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина». | ибо Он назначил день, в который будет праведно судить вселенную, посредством предопределённого Им Мужа, подав удостоверение всем, воскресив Его из мёртвых. |
Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хІиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тІаккхахула ладогІа луур ду тхуна». | Услышав о воскресении мёртвых, одни насмехались, а другие говорили: об этом послушаем тебя в другое время. |
ПахІал царна юкъара дІавахара. | Итак Павел вышел из среды их. |
Цхьаберш, цунна тІаьхьа а хІиттина, Іийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цІе йолу зуда а, кхиберш а. | Некоторые же мужи, пристав к нему, уверовали; между ними был Дионисий Ареопагит и женщина, именем Дамарь, и другие с ними. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.