che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Цул тІаьхьа ПахІал Атина-гІалара дІа а вахана, Коринт-гІала веара.
После сего Павел, оставив Афины, пришёл в Коринф;
Цигахь цунна карийра Іакхила цІе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Іакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскІилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хІунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гІалара дІагІо аьллера. ПахІал Іакхилий, Парскилий ган веара.
и, найдя некоторого Иудея, именем Акилу, родом Понтянина, недавно пришедшего из Италии, и Прискиллу, жену его,— потому что Клавдий повелел всем Иудеям удалиться из Рима,— пришёл к ним;
Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира.
и, по одинаковости ремесла, остался у них и работал; ибо ремеслом их было делание палаток.
ХІора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Іийсах тешийта гІерташ.
Во всякую же субботу он говорил в синагоге и убеждал Иудеев и Еллинов.
Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш.
А когда пришли из Македонии Сила и Тимофей, то Павел понуждаем был духом свидетельствовать Иудеям, что Иисус есть Христос.
Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».
Но как они противились и злословили, то он, отрясши одежды свои, сказал к ним: кровь ваша на главах ваших; я чист; отныне иду к язычникам.
Гуламан цІа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цІе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цІенош гуламан цІенна уллохь дара.
И пошёл оттуда, и пришёл к некоторому чтущему Бога, именем Иусту, которого дом был подле синагоги.
Жуьгтийн гуламан цІийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цІеранаш а Іийсах тийшира. ПахІале ладоьгІна болу дуккха а Коринт-гІалара бахархоша, Іийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.
Крисп же, начальник синагоги, уверовал в Господа со всем домом своим, и многие из Коринфян, слушая, уверовали и крестились.
Цкъа буьйсанна ПахІална сурт хІоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Іе!
Господь же в видении ночью сказал Павлу: не бойся, но говори и не умолкай,
ХІунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гІалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла.
ибо Я с тобою, и никто не сделает тебе зла, потому что у Меня много людей в этом городе.
Цхьана шарахь эха шарахь Іийра цигахь ПахІал, нахана Делан дош хьоьхуш.
И он оставался там год и шесть месяцев, поучая их слову Божию.
Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахІал, схьа а лаьцна, цунна тІе кхеле валийра. Цара бохура:
Между тем, во время проконсульства Галлиона в Ахаии, напали Иудеи единодушно на Павла и привели его пред судилище,
«ХІокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гІуллакх вайн Іедалца догІуш дац».
говоря, что он учит людей чтить Бога не по закону.
ПахІал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогІа.
Когда же Павел хотел открыть уста, Галлион сказал Иудеям: Иудеи! если бы какая-нибудь была обида или злой умысел, то я имел бы причину выслушать вас,
Амма дерриг а гІуллакх дешнашца а, цІерашца а, шун Іедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гІуллакха тІехь кхелахо хила ца лаьа».
но когда идёт спор об учении и об именах и о законе вашем, то разбирайте сами; я не хочу быть судьёю в этом.
Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра.
И прогнал их от судилища.
ТІаккха цара, гуламан цІийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цІийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.
А все Еллины, схватив Сосфена, начальника синагоги, били его перед судилищем; и Галлион нимало не беспокоился о том.
Цигахь дуккха а деношкахь Іийна, Сири вахара ПахІал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскІилат а, Іакхила а дара цуьнца. Кенахари цІе йолчу меттехь шен месаш дІалергира цо, ша Далла хьалха дина ваІда кхочушдар билгалонна.
Павел, пробыв ещё довольно дней, простился с братиями и отплыл в Сирию,— и с ним Акила и Прискилла,— остригши голову в Кенхреях, по обету.
Уьш Эпас-гІала кхечира. ПхьаьрскІилата а, Іакхила а цигахь сецира. ПахІал ша жуьгтийн гуламан цІийне вахара, жуьгташца къамел дархьама.
Достигнув Ефеса, оставил их там, а сам вошёл в синагогу и рассуждал с Иудеями.
Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Іе аьлла, амма иза реза ца хилира.
Когда же они просили его побыть у них долее, он не согласился,
Ткъа, дІавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогІур ву шу долчу». Цул тІаьхьа иза хІордкеманца Эпас-гІалара дІавахара.
а простился с ними, сказав: мне нужно непременно провести приближающийся праздник в Иерусалиме; к вам же возвращусь опять, если будет угодно Богу. И отправился из Ефеса. (Акила же и Прискилла остались в Ефесе).
ХІордан йистехь йолчу Кхесрин-гІала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахІал. Цигара Іийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза.
Побывав в Кесарии, он приходил [в Иерусалим], приветствовал церковь и отошёл в Антиохию.
Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидІа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гІалара вукху гІала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Іийсах тешарехь чІагІ а беш.
И, проведя [там] несколько времени, вышел, и проходил по порядку страну Галатийскую и Фригию, утверждая всех учеников.
Апа-Леса цІе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гІала. Иза Искандар-гІалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза.
Некто Иудей, именем Аполлос, родом из Александрии, муж красноречивый и сведущий в Писаниях, пришёл в Ефес.
Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Іийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь.
Он был наставлен в начатках пути Господня и, горя духом, говорил и учил о Господе правильно, зная только крещение Иоанново.
Цо майрра дуьйцура гуламан цІийнехь. ПхьаьрскІилатана а, Іакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цІа дІа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна.
Он начал смело говорить в синагоге. Услышав его, Акила и Прискилла приняли его и точнее объяснили ему путь Господень.
Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гІонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хІара тІеэца аьлла. Цига ша дІакхаьчча, цо доккха гІо дира Делан лаамца Іийсах тешначарна.
А когда он вознамерился идти в Ахаию, то братия послали к [тамошним] ученикам, располагая их принять его; и он, прибыв туда, много содействовал уверовавшим благодатью,
Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тІе а чІагІдеш, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш.
ибо он сильно опровергал Иудеев всенародно, доказывая Писаниями, что Иисус есть Христос.
Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гІала веара ПахІал. Цигахь масех мурд а карийна,
Во время пребывания Аполлоса в Коринфе Павел, пройдя верхние страны, прибыл в Ефес и, найдя [там] некоторых учеников,
цо хаьттира: «Шаьш Іийсах тешначу хенахь Делан Са тІеийцирий аша?» – аьлла. Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тІедуссу бохуш».
сказал им: приняли ли вы Святаго Духа, уверовав? Они же сказали ему: мы даже и не слыхали, есть ли Дух Святый.
«ТІаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Іама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара.
Он сказал им: во что же вы крестились? Они отвечали: во Иоанново крещение.
Юха ПахІала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тІевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТІаьхьавогІучух тешаре, ма-дарра аьлча, Іийсах тешаре».
Павел сказал: Иоанн крестил крещением покаяния, говоря людям, чтобы веровали в Грядущего по нём, то есть во Христа Иисуса.
И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Іийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира.
Услышав это, они крестились во имя Господа Иисуса,
ПахІала тІе куьйгаш а дехкина, царна тІе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хІиттира.
и, когда Павел возложил на них руки, нисшел на них Дух Святый, и они стали говорить [иными] языками и пророчествовать.
Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара.
Всех их было человек около двенадцати.
ПахІала жуьгтийн гуламан цІийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гІерташ.
Придя в синагогу, он небоязненно проповедывал три месяца, беседуя и удостоверяя о Царствии Божием.
Амма царах цхьаберш, дар а белла, Іийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахІал уьш болчуьра дІавахара, шеца Іийсан мурдаш а эцна. Цо хІора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цІийнехь.
Но как некоторые ожесточились и не верили, злословя путь Господень перед народом, то он, оставив их, отделил учеников, и ежедневно проповедывал в училище некоего Тиранна.
Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера.
Это продолжалось до двух лет, так что все жители Асии слышали проповедь о Господе Иисусе, как Иудеи, так и Еллины.
Дала ПахІалан куьйгашца инзаре хІуманаш дора.
Бог же творил немало чудес руками Павла,
Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дІа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тІейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.
так что на больных возлагали платки и опоясания с тела его, и у них прекращались болезни, и злые духи выходили из них.
ГІалара гІала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тІехІиттича, Везачу Элан Іийсан цІе йоккхуш хуьлура: «ПахІала Шех лаьцна дуьйцучу Іийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий.
Даже некоторые из скитающихся Иудейских заклинателей стали употреблять над имеющими злых духов имя Господа Иисуса, говоря: заклинаем вас Иисусом, Которого Павел проповедует.
Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхІ кІанта а.
Это делали какие-то семь сынов Иудейского первосвященника Скевы.
Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Іийса а къобалво, ПахІал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла.
Но злой дух сказал в ответ: Иисуса знаю, и Павел мне известен, а вы кто?
И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хІуманаш, этІош, дІа а кхийсина, царна тІехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цІа чуьра аралилхира вежарий.
И бросился на них человек, в котором был злой дух, и, одолев их, взял над ними такую силу, что они, нагие и избитые, выбежали из того дома.
И хилларг Эпас-гІалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чІогІа кхерабеллера. Везачу Элан Іийсан цІе кхин а сов лорура цара.
Это сделалось известно всем живущим в Ефесе Иудеям и Еллинам, и напал страх на всех их, и величаемо было имя Господа Иисуса.
Дуккха а Іийсах тешнарш богІура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а.
Многие же из уверовавших приходили, исповедуя и открывая дела свои.
Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цІе йолу дато ахча.
А из занимавшихся чародейством довольно многие, собрав книги свои, сожгли перед всеми, и сложили цены их, и оказалось их на пятьдесят тысяч [драхм].
И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара.
С такою силою возрастало и возмогало слово Господне.
И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла.
Когда же это совершилось, Павел положил в духе, пройдя Македонию и Ахаию, идти в Иерусалим, сказав: побывав там, я должен видеть и Рим.
Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира.
И, послав в Македонию двоих из служивших ему, Тимофея и Ераста, сам остался на время в Асии.
Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира.
В то время произошёл немалый мятеж против пути Господня,
Дамарти цІе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Іаш. Цо детих Артеми цІе йолчу цІунна лерина кегийра цІенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура.
ибо некто серебряник, именем Димитрий, делавший серебряные храмы Артемиды и доставлявший художникам немалую прибыль,
Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла.
собрав их и других подобных ремесленников, сказал: друзья! вы знаете, что от этого ремесла зависит благосостояние наше;
Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш.
между тем вы видите и слышите, что не только в Ефесе, но почти во всей Асии этот Павел своими убеждениями совратил немалое число людей, говоря, что делаемые руками человеческими не суть боги.
Вайна хІоьттина болу кхерам, хІара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Іа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цІа хІумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду».
А это нам угрожает тем, что не только ремесло наше придёт в презрение, но и храм великой богини Артемиды ничего не будет значить, и испровергнется величие той, которую почитает вся Асия и вселенная.
И къамел а хезна, оьгІазбахана уьш маьхьарий хьекха хІиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш.
Выслушав это, они исполнились ярости и стали кричать, говоря: велика Артемида Ефесская!
Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна.
И весь город наполнился смятением. Схватив Македонян Гаия и Аристарха, спутников Павловых, они единодушно устремились на зрелище.
ПахІал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза.
Когда же Павел хотел войти в народ, ученики не допустили его.
Цу хенахь Эпас-гІалахь Іаш болчу кхуьнан доттагІаша, Асиин маьІ-маьІІерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гІахьара аьлла.
Также и некоторые из Асийских начальников, будучи друзьями его, послав к нему, просили не показываться на зрелище.
Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара – важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хІунда гулделла а ца хаьара.
Между тем одни кричали одно, а другие другое, ибо собрание было беспорядочное, и большая часть [собравшихся] не знали, зачем собрались.
Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цІе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гІовгІа сацо гІоьртира, дерг дийцархьама.
По предложению Иудеев, из народа вызван был Александр. Дав знак рукою, Александр хотел говорить к народу.
Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш.
Когда же узнали, что он Иудей, то закричали все в один голос, и около двух часов кричали: велика Артемида Ефесская!
ГІалара йозанчас дІатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гІала сийлахьчу Артемин цІа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тІулг а ларбеш юйла?
Блюститель же порядка, утишив народ, сказал: мужи Ефесские! какой человек не знает, что город Ефес есть служитель великой богини Артемиды и Диопета?
Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза.
Если же в этом нет спора, то надобно вам быть спокойными и не поступать опрометчиво.
Аша кхуза хІара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цІа чуьра хІумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хІорш.
А вы привели этих мужей, которые ни храма Артемидина не обокрали, ни богини вашей не хулили.
Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь.
Если же Димитрий и другие с ним художники имеют жалобу на кого-нибудь, то есть судебные собрания и есть проконсулы: пусть жалуются друг на друга.
Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хІума делахь, иза вай чІагІбинчу гуламехь къастор ду.
А если вы ищете чего-нибудь другого, то это будет решено в законном собрании.
Тахана хиллачу хІокху гІовгІанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хІара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дІадахийтира.
Ибо мы находимся в опасности — за происшедшее ныне быть обвинёнными в возмущении, так как нет никакой причины, которою мы могли бы оправдать такое сборище. Сказав это, он распустил собрание.
Адамийн карзахдийларш дІасевцча, Іийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахІоттош къамел а дина, церан Іодика а йина, Македоне дІавахара ПахІал.
По прекращении мятежа Павел, призвав учеников и дав им наставления и простившись с ними, вышел и пошёл в Македонию.
Ша воьдучу новкъахь нахана тІекхаьч-кхаьчначохь Іийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара.
Пройдя же те места и преподав [верующим] обильные наставления, пришёл в Елладу.
Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дІаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха.
[Там] пробыл он три месяца. Когда же, по случаю возмущения, сделанного против него Иудеями, он хотел отправиться в Сирию, то пришло ему на мысль возвратиться через Македонию.
Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а.
Его сопровождали до Асии Сосипатр Пирров, Вериянин, и из Фессалоникийцев Аристарх и Секунд, и Гаий Дервянин и Тимофей, и Асийцы Тихик и Трофим.
Уьш, хьалххе дІа а бахана, Троя-гІалахь тхоьга хьоьжуш Іаш бара.
Они, пойдя вперёд, ожидали нас в Троаде.
Пилап-гІалара хІордкеманца дІадахара тхо, совсазчу баьпкан деза денош дІадевлча. Пхи де даьлча, Троя-гІалахь царах дІа а кхетта, цигахь кІира даьккхира оха.
А мы, после дней опресночных, отплыли из Филипп и дней в пять прибыли к ним в Троаду, где пробыли семь дней.
КІийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахІала къамел дира тхоьца. ШолгІачу дийнахь дІаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Іийра хьехамаш беш.
В первый же день недели, когда ученики собрались для преломления хлеба, Павел, намереваясь отправиться в следующий день, беседовал с ними и продолжил слово до полуночи.
Лакха тІехь, тхо гулделлачу цІа чохь, дуккха а къуьданаш яра.
В горнице, где мы собрались, было довольно светильников.
ПахІала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Іачу Овтах цІе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагІчу гІат тІера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра.
Во время продолжительной беседы Павловой один юноша, именем Евтих, сидевший на окне, погрузился в глубокий сон и, пошатнувшись, сонный упал вниз с третьего жилья, и поднят мёртвым.
Чувоьссинчу ПахІала, тІе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла.
Павел, сойдя, пал на него и, обняв его, сказал: не тревожьтесь, ибо душа его в нём.
Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хІума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Іийна, дІавахара иза.
Взойдя же и преломив хлеб и вкусив, беседовал довольно, даже до рассвета, и потом вышел.
Денвелла волу жима стаг цІа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира.
Между тем отрока привели живого, и немало утешились.
Тхо хІордкеманца Асс-гІала дахара, цигара ПахІал схьаэцархьама. ГІаш цига ваха ойла йолчу цо, и гІуллакх иштта кхочушде аьлла, тІедиллинера тхуна.
Мы пошли вперёд на корабль и поплыли в Асс, чтобы взять оттуда Павла; ибо он так приказал нам, намереваясь сам идти пешком.
Асс-гІалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тІе хьала а ваьккхина, Митилена-гІала дІадахара тхо.
Когда же он сошёлся с нами в Ассе, то, взяв его, мы прибыли в Митилину.
ШолгІачу дийнахь цигара дІа а дахана, Хиос-гІайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгІачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гІайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гІала кхечира.
И, отплыв оттуда, в следующий день мы остановились против Хиоса, а на другой пристали к Самосу и, побывав в Трогиллии, в следующий [день] прибыли в Милит,
Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гІалина чу а ца воьрзуш, тІехвала сацам хилира ПахІалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуІот цІе йолу ялта чудерзоран деза де тІекхачале Ярушалайме кхача.
ибо Павлу рассудилось миновать Ефес, чтобы не замедлить ему в Асии; потому что он поспешал, если можно, в день Пятидесятницы быть в Иерусалиме.
Милет-гІалара Эпас-гІала нах бахийтира ПахІала цигарчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха.
Из Милита же послав в Ефес, он призвал пресвитеров церкви,
Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга: «Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Іийна хаьа шуна.
и, когда они пришли к нему, он сказал им: вы знаете, как я с первого дня, в который пришёл в Асию, всё время был с вами,
Даггара Везачу Элана гІуллакх дина ас, Цунна муьтІахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тІебеача, бІаьрхиш а Іенош.
работая Господу со всяким смиренномудрием и многими слезами, среди искушений, приключавшихся мне по злоумышлениям Иудеев;
Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цІенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас.
как я не пропустил ничего полезного, о чём вам не проповедывал бы и чему не учил бы вас всенародно и по домам,
Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Іийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга.
возвещая Иудеям и Еллинам покаяние пред Богом и веру в Господа нашего Иисуса Христа.
Ткъа хІинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хІун догІу а ца хаьа суна.
И вот, ныне я, по влечению Духа, иду в Иерусалим, не зная, что там встретится со мною;
Цхьа хІума хаьа суна, хІора гІалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна.
только Дух Святый по всем городам свидетельствует, говоря, что узы и скорби ждут меня.
Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Іийсагара схьаэцна гІуллакх – нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дІакхачор – кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана.
Но я ни на что не взираю и не дорожу своею жизнью, только бы с радостью совершить поприще моё и служение, которое я принял от Господа Иисуса, проповедать Евангелие благодати Божией.
Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цІа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац.
И ныне, вот, я знаю, что уже не увидите лица моего все вы, между которыми ходил я, проповедуя Царствие Божие.
Цундела ас тахана дІахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кІелхьара ца валахь,
Посему свидетельствую вам в нынешний день, что чист я от крови всех,
хІунда аьлча, шеко а йоцуш, хІумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна.
ибо я не упускал возвещать вам всю волю Божию.
Сема а, ларлуш а хила. Іуьно Іалашбо бажа санна, Дала Шен КІентан цІийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Іийсах тешачу нехан тоба Іалашъе.
Итак внимайте себе и всему стаду, в котором Дух Святый поставил вас блюстителями, пасти Церковь Господа и Бога, которую Он приобрёл Себе Кровию Своею.
Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац.
Ибо я знаю, что, по отшествии моём, войдут к вам лютые волки, не щадящие стада;
Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Іийсан мурдаш шайна тІаьхьа хІитторхьама.
и из вас самих восстанут люди, которые будут говорить превратно, дабы увлечь учеников за собою.
Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хІоранга а бІаьрхица дІахьедина хилар дагахь латтаде.
Посему бодрствуйте, памятуя, что я три года день и ночь непрестанно со слезами учил каждого из вас.
ХІинца ас шу дІало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Іалашдийр ду, хІунда аьлча цо шу чІагІдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега.
И ныне предаю вас, братия, Богу и слову благодати Его, могущему назидать [вас] более и дать вам наследие со всеми освящёнными.