che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Лийр долчу шайн догІмашна тІехь кхидІа къине олалла ма дайта. Къинан Іалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар.
Итак да не царствует грех в смертном вашем теле, чтобы вам повиноваться ему в похотях его;
КхидІа а шайн догІмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гІирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дІало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догІмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гІуллакхаша лело гІирсаш санна, Цуьнан караяхийта.
и не предавайте членов ваших греху в орудия неправды, но представьте себя Богу, как оживших из мёртвых, и члены ваши Богу в орудия праведности.
Къино шуна тІехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду.
Грех не должен над вами господствовать, ибо вы не под законом, но под благодатью.
ТІаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац!
Что же? станем ли грешить, потому что мы не под законом, а под благодатью? Никак.
Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтІахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хІаллакдийр ду, я Далла муьтІахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду.
Неужели вы не знаете, что, кому вы отдаёте себя в рабы для послушания, того вы и рабы, кому повинуетесь, или [рабы] греха к смерти, или послушания к праведности?
Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу.
Благодарение Богу, что вы, быв прежде рабами греха, от сердца стали послушны тому образу учения, которому предали себя.
Къинойх паргІатдевлла долу шу, хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла.
Освободившись же от греха, вы стали рабами праведности.
Шун адамийн синош гІийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХІетахь шайн дегІан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дІаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дІало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду.
Говорю по [рассуждению] человеческому, ради немощи плоти вашей. Как предавали вы члены ваши в рабы нечистоте и беззаконию на [дела] беззаконные, так ныне представьте члены ваши в рабы праведности на [дела] святые.
Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара.
Ибо, когда вы были рабами греха, тогда были свободны от праведности.
Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю!
Какой же плод вы имели тогда? [Такие дела], каких ныне сами стыдитесь, потому что конец их — смерть.
Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун.
Но ныне, когда вы освободились от греха и стали рабами Богу, плод ваш есть святость, а конец — жизнь вечная.
Къинош леторна луш йолу ял Іожалла ю, ткъа Дала луш долу совгІат Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.
Ибо возмездие за грех — смерть, а дар Божий — жизнь вечная во Христе Иисусе, Господе нашем.
Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хІара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тІехь олалла дойла?
Разве вы не знаете, братия (ибо говорю знающим закон), что закон имеет власть над человеком, пока он жив?
Товрат-хьехамийн бакъонаша тІе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргІатйолу.
Замужняя женщина привязана законом к живому мужу; а если умрёт муж, она освобождается от закона замужества.
Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору.
Посему, если при живом муже выйдет за другого, называется прелюбодейцею; если же умрёт муж, она свободна от закона, и не будет прелюбодейцею, выйдя за другого мужа.
Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама.
Так и вы, братия мои, умерли для закона телом Христовым, чтобы принадлежать другому, Воскресшему из мёртвых, да приносим плод Богу.
Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегІан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Іожаллина гІуллакхаш дойтура.
Ибо, когда мы жили по плоти, тогда страсти греховные, [обнаруживаемые] законом, действовали в членах наших, чтобы приносить плод смерти;
Ткъа хІинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргІатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гІуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.
но ныне, умерши для закона, которым были связаны, мы освободились от него, чтобы нам служить Богу в обновлении духа, а не по ветхой букве.
Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамІ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хІун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХІунда аьлча кхечу стеган хІума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хІума шуна ма дезийла».
Что же скажем? Неужели [от] закона грех? Никак. Но я не иначе узнал грех, как посредством закона. Ибо я не понимал бы и пожелания, если бы закон не говорил: не пожелай.
Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хІума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду.
Но грех, взяв повод от заповеди, произвёл во мне всякое пожелание: ибо без закона грех мёртв.
Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тІедиллича, къа денделира,
Я жил некогда без закона; но когда пришла заповедь, то грех ожил,
ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тІевалийра.
а я умер; и таким образом заповедь, [данная] для жизни, послужила мне к смерти,
Къино, хІара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Іехавалийтира, тІаккха оццу весетаца со вен а вийра.
потому что грех, взяв повод от заповеди, обольстил меня и умертвил ею.
Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.
Посему закон свят, и заповедь свята и праведна и добра.
ТІаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Іожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Іожаллина тІе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чІогІа къилахь хилар гучудоккху.
Итак, неужели доброе сделалось мне смертоносным? Никак; но грех, оказывающийся грехом потому, что посредством доброго причиняет мне смерть, так что грех становится крайне грешен посредством заповеди.
Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох.
Ибо мы знаем, что закон духовен, а я плотян, продан греху.
Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бІаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо.
Ибо не понимаю, что делаю: потому что не то делаю, что хочу, а что ненавижу, то делаю.
Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тІеоьцу аса.
Если же делаю то, чего не хочу, то соглашаюсь с законом, что он добр,
Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду.
а потому уже не я делаю то, но живущий во мне грех.
Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХІунда аьлча дика хІума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга.
Ибо знаю, что не живёт во мне, то есть в плоти моей, доброе; потому что желание добра есть во мне, но чтобы сделать оное, того не нахожу.
Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса.
Доброго, которого хочу, не делаю, а злое, которого не хочу, делаю.
Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тІаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх.
Если же делаю то, чего не хочу, уже не я делаю то, но живущий во мне грех.
Иштта суна хаало хІара массо а ханна лелаш дерг: хІоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар.
Итак я нахожу закон, что, когда хочу делать доброе, прилежит мне злое.
Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Іедалца хазахетар карадо.
Ибо по внутреннему человеку нахожу удовольствие в законе Божием;
Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Іедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Іедалан йийсархо во цо сох.
но в членах моих вижу иной закон, противоборствующий закону ума моего и делающий меня пленником закона греховного, находящегося в членах моих.
Ма миска адам ду со! Хьан кІелхьарвоккхур ву со Іожаллина со тІевалош долчу хІокху дегІах?
Бедный я человек! кто избавит меня от сего тела смерти?
Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агІор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Іедалан лай ву, ткъа вукху агІор сайн адаман синца къинан Іедалан лай а ву.
Благодарю Бога моего Иисусом Христом, Господом нашим. Итак тот же самый я умом моим служу закону Божию, а плотию закону греха.
Делахь, хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц,
Итак нет ныне никакого осуждения тем, которые во Христе Иисусе живут не по плоти, но по духу,
Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу дахар тІедалочу Делан Синан Іедало къиношна а, Іожаллина а тІевалочу Іедалех хьо паргІатваьккхина дела.
потому что закон духа жизни во Христе Иисусе освободил меня от закона греха и смерти.
Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.
Как закон, ослабленный плотию, был бессилен, то Бог послал Сына Своего в подобии плоти греховной [в жертву] за грех и осудил грех во плоти,
Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама.
чтобы оправдание закона исполнилось в нас, живущих не по плоти, но по духу.
Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу.
Ибо живущие по плоти о плотском помышляют, а живущие по духу — о духовном.
Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Іожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргІато а ю.
Помышления плотские суть смерть, а помышления духовные — жизнь и мир,
И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза.
потому что плотские помышления суть вражда против Бога; ибо закону Божию не покоряются, да и не могут.
Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало.
Посему живущие по плоти Богу угодить не могут.
Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац.
Но вы не по плоти живёте, а по духу, если только Дух Божий живёт в вас. Если же кто Духа Христова не имеет, тот [и] не Его.
Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегІ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду, Дала шу бакъдина долу дела.
А если Христос в вас, то тело мертво для греха, но дух жив для праведности.
Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула.
Если же Дух Того, Кто воскресил из мёртвых Иисуса, живёт в вас, то Воскресивший Христа из мёртвых оживит и ваши смертные тела Духом Своим, живущим в вас.
Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай.
Итак, братия, мы не должники плоти, чтобы жить по плоти;
ХІунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь – шу лийр ду, ткъа Делан Синан гІоьнца шайн дегІо летош долу къинош аша хІаллакдахь – шу Дела волчохь дехар ду.
ибо если живёте по плоти, то умрёте, а если духом умерщвляете дела плотские, то живы будете.
ХІунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду.
Ибо все, водимые Духом Божиим, суть сыны Божии.
Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!»
Потому что вы не приняли духа рабства, [чтобы] опять [жить] в страхе, но приняли Духа усыновления, Которым взываем: «Авва, Отче!»
Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна.
Сей самый Дух свидетельствует духу нашему, что мы — дети Божии.
Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду.
А если дети, то и наследники, наследники Божии, сонаследники же Христу, если только с Ним страдаем, чтобы с Ним и прославиться.
Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хІинца ловш йолу халонаш хІумма а доцург лору ас.
Ибо думаю, что нынешние временные страдания ничего не стоят в сравнении с тою славою, которая откроется в нас.
Дала кхоьллина мел долу хІума сатийсарца ладоьгІуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дІаделладаларе.
Ибо тварь с надеждою ожидает откровения сынов Божиих,
Дала мел кхоьллинарг цу хІуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю,
потому что тварь покорилась суете не добровольно, но по воле покорившего её, в надежде,
Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргІатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргІатонехь хилийтархьама.
что и сама тварь освобождена будет от рабства тлению в свободу славы детей Божиих.
Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хІума хІинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна.
Ибо знаем, что вся тварь совокупно стенает и мучится доныне;
Дала мел кхоьллинчо дина а ца Іаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгІуш. Оцу хенахь Дала вайн догІмаш паргІатдохур ду.
и не только [она], но и мы сами, имея начаток Духа, и мы в себе стенаем, ожидая усыновления, искупления тела нашего.
ХІунда аьлча вай кІелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тІаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга?
Ибо мы спасены в надежде. Надежда же, когда видит, не есть надежда; ибо если кто видит, то чего ему и надеяться?
Ткъа вай хІинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгІуш.
Но когда надеемся того, чего не видим, тогда ожидаем в терпении.
Цу кеппара гІорасиза долчу вайна Делан Сино а гІо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доІанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тІера Деле доьху дешнашца вайга дІа ца алалучу узаршца.
Также и Дух подкрепляет нас в немощах наших; ибо мы не знаем, о чём молиться, как должно, но Сам Дух ходатайствует за нас воздыханиями неизречёнными.
Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тІера Делан лаамца Цо доьху дела.
Испытующий же сердца знает, какая мысль у Духа, потому что Он ходатайствует за святых по [воле] Божией.
Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тІекхайкхинчеран дуьхьа.
Притом знаем, что любящим Бога, призванным по [Его] изволению, всё содействует ко благу.
Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама.
Ибо кого Он предузнал, тем и предопределил быть подобными образу Сына Своего, дабы Он был первородным между многими братиями.
Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тІекхайкхина, ткъа, тІе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина.
А кого Он предопределил, тех и призвал, а кого призвал, тех и оправдал; а кого оправдал, тех и прославил.
ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Что же сказать на это? Если Бог за нас, кто против нас?
Шен КІант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДІавеллачо, шеко яц, Шен КІантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгІатна лург хиларх!
Тот, Который Сына Своего не пощадил, но предал Его за всех нас, как с Ним не дарует нам и всего?
Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш.
Кто будет обвинять избранных Божиих? Бог оправдывает [их].
Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза.
Кто осуждает? Христос Иисус умер, но и воскрес: Он и одесную Бога, Он и ходатайствует за нас.
ДІакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Іожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац!
Кто отлучит нас от любви Божией: скорбь, или теснота, или гонение, или голод, или нагота, или опасность, или меч? как написано:
Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна».
за Тебя умерщвляют нас всякий день, считают нас за овец, [обречённых] на заклание.
ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту.
Но всё сие преодолеваем силою Возлюбившего нас.
Со теша, я Іожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша,
Ибо я уверен, что ни смерть, ни жизнь, ни Ангелы, ни Начала, ни Силы, ни настоящее, ни будущее,
я цхьана а вайна тІехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хІумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула болчу Делан безамах вай дІакъасто йиш цахиларх.
ни высота, ни глубина, ни другая какая тварь не может отлучить нас от любви Божией во Христе Иисусе, Господе нашем.
Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна:
Истину говорю во Христе, не лгу, свидетельствует мне совесть моя в Духе Святом,
Исраилан халкъах йоккха гІайгІа а, лазам а бу сан даг чохь.
что великая для меня печаль и непрестанное мучение сердцу моему:
Дала леррина Къобалвинчух со дІакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу
я желал бы сам быть отлучённым от Христа за братьев моих, родных мне по плоти,
исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Іибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваІданаш.
то есть Израильтян, которым принадлежат усыновление и слава, и заветы, и законоположение, и богослужение, и обетования;
Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!
их и отцы, и от них Христос по плоти, сущий над всем Бог, благословенный во веки, аминь.
Ша йина чІагІо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамІ дойла дац, хІунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой.
Но не то, чтобы слово Божие не сбылось: ибо не все те Израильтяне, которые от Израиля;
Дала ИбрахІим а, цуьнан тІаьхье а къастийна елахь а, ИбрахІиман тІаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тІаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю».
и не все дети Авраама, которые от семени его, но сказано: в Исааке наречется тебе семя.
И бохург хІара ду: ИбрахІиман дегІах а, хотІах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваІданца схьабевлларш бен.
То есть не плотские дети суть дети Божии, но дети обетования признаются за семя.
ХІунда аьлча Дала дина ваІда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогІур ву, тІаккха Саратан кІант хир ву».
А слово обетования таково: в это же время приду, и у Сарры будет сын.
И хилла а ца Іа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кІант а волуш, берах йолчу хенахь.
И не одно это; но [так было] и с Ревеккою, когда она зачала в одно время [двух сыновей] от Исаака, отца нашего.
Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». И ши кІант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Іалашо стенца йоьзна ю гайтархьама.
Ибо, когда они ещё не родились и не сделали ничего доброго или худого (дабы изволение Божие в избрании происходило
Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Іалашо. Динчу гІуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза.
не от дел, но от Призывающего), сказано было ей: больший будет в порабощении у меньшего,
Делан Йозанаш тІехь яздинчуьнца догІуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Іесав ца вийзира».
как и написано: Иакова Я возлюбил, а Исава возненавидел.
ХІун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац!
Что же скажем? Неужели неправда у Бога? Никак.
ХІунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».
Ибо Он говорит Моисею: кого миловать, помилую; кого жалеть, пожалею.
И бохург хІара ду: стеган лааме я цо гІуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг.
Итак [помилование зависит] не от желающего и не от подвизающегося, но от Бога милующего.
Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирІуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дІахІоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тІехь массо а адамашна Сайн цІе йовзийтархьама а».
Ибо Писание говорит фараону: для того самого Я и поставил тебя, чтобы показать над тобою силу Мою и чтобы проповедано было имя Моё по всей земле.
Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
Итак, кого хочет, милует; а кого хочет, ожесточает.
Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Іалашонна дуьхьал?»
Ты скажешь мне: «за что же ещё обвиняет? Ибо кто противостанет воле Его?»
Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?»
А ты кто, человек, что споришь с Богом? Изделие скажет ли сделавшему его: «зачем ты меня так сделал?»
Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегІа лараме долчу гІуллакхна, ткъа важа пхьегІа ларамаза долчунна ян?
Не властен ли горшечник над глиною, чтобы из той же смеси сделать один сосуд для почётного [употребления], а другой для низкого?
Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгІазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгІазлонах хІаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо.
Что же, если Бог, желая показать гнев и явить могущество Своё, с великим долготерпением щадил сосуды гнева, готовые к погибели,
И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тІаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тІеэца кечдинера.
дабы вместе явить богатство славы Своей над сосудами милосердия, которые Он приготовил к славе,
Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Іаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а.
над нами, которых Он призвал не только из Иудеев, но и из язычников?