che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.
Как и у Осии говорит: не Мой народ назову Моим народом, и не возлюбленную — возлюбленною.
„Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга».
И на том месте, где сказано им: вы не Мой народ, там названы будут сынами Бога живаго.
Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац.
А Исаия провозглашает об Израиле: хотя бы сыны Израилевы были числом, как песок морской, [только] остаток спасётся;
ХІунда аьлча лаьтта тІехь дехаш долчу адамашна ян йогІу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю».
ибо дело оканчивает и скоро решит по правде, дело решительное совершит Господь на земле.
ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тІаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гІалин бахархой санна а хир дара, Іамор-гІалин бахархойх дІа а тарлур дара».
И, как предсказал Исаия: если бы Господь Саваоф не оставил нам семени, то мы сделались бы, как Содом, и были бы подобны Гоморре.
ХІун эр вай хІинца? Вайна хІара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар.
Что же скажем? Язычники, не искавшие праведности, получили праведность, праведность от веры.
Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало.
А Израиль, искавший закона праведности, не достиг до закона праведности.
Ткъа хІунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гІуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тІулгах» тасабелира уьш,
Почему? потому что [искали] не в вере, а в делах закона. Ибо преткнулись о камень преткновения,
Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
как написано: вот, полагаю в Сионе камень преткновения и камень соблазна; но всякий, верующий в Него, не постыдится.
Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кІелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле.
Братия! желание моего сердца и молитва к Богу об Израиле во спасение.
Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гІуллакх деш бу уьш.
Ибо свидетельствую им, что имеют ревность по Боге, но не по рассуждению.
Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гІиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтІахь ца хилира уьш.
Ибо, не разумея праведности Божией и усиливаясь поставить собственную праведность, они не покорились праведности Божией,
Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хІоранна а хилийтархьама.
потому что конец закона — Христос, к праведности всякого верующего.
Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
Моисей пишет о праведности от закона: исполнивший его человек жив будет им.
Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ – бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама).
А праведность от веры так говорит: не говори в сердце твоём: кто взойдёт на небо? то есть Христа свести.
«Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ – бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама).
Или кто сойдёт в бездну? то есть Христа из мёртвых возвести.
ХІан-хІа! ХІун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тІехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду.
Но что говорит Писание? Близко к тебе слово, в устах твоих и в сердце твоём, то есть слово веры, которое проповедуем.
«Іийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кІелхьарваьккхина хир ву.
Ибо если устами твоими будешь исповедывать Иисуса Господом и сердцем твоим веровать, что Бог воскресил Его из мёртвых, то спасёшься,
ХІунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тІевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кІелхьарваьккхина хиларна тІевалаво.
потому что сердцем веруют к праведности, а устами исповедуют ко спасению.
Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Ибо Писание говорит: всякий, верующий в Него, не постыдится.
Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо.
Здесь нет различия между Иудеем и Еллином, потому что один Господь у всех, богатый для всех, призывающих Его.
Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву».
Ибо всякий, кто призовёт имя Господне, спасётся.
Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дІакхайкхош ца хилча?
Но как призывать [Того], в Кого не уверовали? как веровать [в] [Того], о Ком не слыхали? как слышать без проповедующего?
Ткъа наха муха дІакхайкхор ду, дІакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!»
И как проповедывать, если не будут посланы? как написано: как прекрасны ноги благовествующих мир, благовествующих благое!
Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тІе. ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?»
Но не все послушались благовествования. Ибо Исаия говорит: Господи! кто поверил слышанному от нас?
Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша.
Итак вера от слышания, а слышание от слова Божия.
Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тІехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дІакхаьчна церан тоьшалла».
Но спрашиваю: разве они не слышали? Напротив, по всей земле прошёл голос их, и до пределов вселенной слова их.
Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагІ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гІоьнца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
Ещё спрашиваю: разве Израиль не знал? Но первый Моисей говорит: Я возбужу в вас ревность не народом, раздражу вас народом несмысленным.
Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса».
А Исаия смело говорит: Меня нашли не искавшие Меня; Я открылся не вопрошавшим о Мне.
Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаІ-ЯхІугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Іийра Со Сайн куьйгаш дІакховдийна муьтІахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».
Об Израиле же говорит: целый день Я простирал руки Мои к народу непослушному и упорному.
Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дІатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахІиман хІух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо.
Итак, спрашиваю: неужели Бог отверг народ Свой? Никак. Ибо и я Израильтянин, от семени Авраамова, из колена Вениаминова.
Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху Эли-ЯхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо:
Не отверг Бог народа Своего, который Он наперёд знал. Или не знаете, что говорит Писание в [повествовании об] Илии? как он жалуется Богу на Израиля, говоря:
«Веза Эла! Хьан пайхамарш хІаллакбина, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара».
Господи! пророков Твоих убили, жертвенники Твои разрушили; остался я один, и моей души ищут.
Ткъа хІун жоп делира Дала цунна? «Аса цІу волчу БаІална горахІоьттина воцу ворхІ эзар стаг витина Сайна», – элира Цо.
Что же говорит ему Божеский ответ? Я соблюл Себе семь тысяч человек, которые не преклонили колени перед Ваалом.
ХІинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Іийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина.
Так и в нынешнее время, по избранию благодати, сохранился остаток.
Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гІуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара.
Но если по благодати, то не по делам; иначе благодать не была бы уже благодатью. А если по делам, то это уже не благодать; иначе дело не есть уже дело.
Иштта жамІ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера.
Что же? Израиль, чего искал, того не получил; избранные же получили, а прочие ожесточились,
Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
как написано: Бог дал им дух усыпления, глаза, которыми не видят, и уши, которыми не слышат, даже до сего дня.
Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хІиттийначу тойнашкахь гуро а, речІано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна.
И Давид говорит: да будет трапеза их сетью, тенётами и петлёю в возмездие им;
Бода богІийла церан бІаьргашна хІумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а».
да помрачатся глаза их, чтобы не видеть, и хребет их да будет согбен навсегда.
Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кІелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагІ хилийтархьама.
Итак спрашиваю: неужели они преткнулись, чтобы [совсем] пасть? Никак. Но от их падения спасение язычникам, чтобы возбудить в них ревность.
Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча!
Если же падение их — богатство миру, и оскудение их — богатство язычникам, то тем более полнота их.
Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса.
Вам говорю, язычникам. Как Апостол язычников, я прославляю служение моё.
Цаьрга хьагІ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кІелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш?
Не возбужу ли ревность в [сродниках] моих по плоти и не спасу ли некоторых из них?
Сан къомах берш дІатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тІаккха сан къомах берш тІеэцар кхин хІун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?!
Ибо если отвержение их — примирение мира, то что [будет] принятие, как не жизнь из мёртвых?
Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина.
Если начаток свят, то и целое; и если корень свят, то и ветви.
Зайт-диттана тІе, шен долу гаьннаш дІа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тІедогІаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тІедоьгІна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дІакхетта.
Если же некоторые из ветвей отломились, а ты, дикая маслина, привился на место их и стал общником корня и сока маслины,
Амма дІахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар.
то не превозносись перед ветвями. Если же превозносишься, [то] [вспомни, что] не ты корень держишь, но корень тебя.
Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тІедогІийтархьама хадийна ма ду».
Скажешь: «ветви отломились, чтобы мне привиться».
Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дІахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила.
Хорошо. Они отломились неверием, а ты держишься верою: не гордись, но бойся.
ХІунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо?
Ибо если Бог не пощадил природных ветвей, то смотри, пощадит ли и тебя.
Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дІабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидІа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дІахадийна.
Итак видишь благость и строгость Божию: строгость к отпадшим, а благость к тебе, если пребудешь в благости [Божией]; иначе и ты будешь отсечён.
Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тІедогІаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахІиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хІунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дІахІитто.
Но и те, если не пребудут в неверии, привьются, потому что Бог силён опять привить их.
Акхачу зайт-диттах дІахедийна долу гаьннаш, Іаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тІе доьгІна хилча, тІаккха дикачу зайт-диттах дІахедийнарш кхин а дика дугІур ма ду шайн долчу дитта тІе.
Ибо если ты отсечён от дикой по природе маслины и не по природе привился к хорошей маслине, то тем более сии природные привьются к своей маслине.
Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц.
Ибо не хочу оставить вас, братия, в неведении о тайне сей,— чтобы вы не мечтали о себе,— что ожесточение произошло в Израиле отчасти, [до времени], пока войдёт полное [число] язычников;
Цул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кІелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КІелхьардохург Цийонера вогІур ву. Якъубан тІаьхьенан ерриг а Іесалла дІайоккхур ю Цо.
и так весь Израиль спасётся, как написано: придёт от Сиона Избавитель, и отвратит нечестие от Иакова.
Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича».
И сей завет им от Меня, когда сниму с них грехи их.
Хаза кхаъ тІе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагІий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХІетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваІда бахьана долуш.
В отношении к благовестию, они враги ради вас; а в отношении к избранию, возлюбленные [Божии] ради отцов.
Дала Шена тІебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгІатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу.
Ибо дары и призвание Божие непреложны.
Уьш Далла муьтІахь ца хиларна, мацах Далла муьтІахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина.
Как и вы некогда были непослушны Богу, а ныне помилованы, по непослушанию их,
Иштта хІинца уьш Далла муьтІахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хІинца къинхетам бархьама.
так и они теперь непослушны для помилования вас, чтобы и сами они были помилованы.
ХІунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтІахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама.
Ибо всех заключил Бог в непослушание, чтобы всех помиловать.
ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
О, бездна богатства и премудрости и ведения Божия! Как непостижимы судьбы Его и неисследимы пути Его!
Делан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду, я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш?
Ибо кто познал ум Господень? Или кто был советником Ему?
Хьан елла Цунна цхьа хІума, цунна Иза декхарийлахь а волуш?»
Или кто дал Ему наперёд, чтобы Он должен был воздать?
ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин!
Ибо всё из Него, Им и к Нему. Ему слава во веки, аминь.
Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь.
Итак умоляю вас, братия, милосердием Божиим, представьте тела ваши в жертву живую, святую, благоугодную Богу, [для] разумного служения вашего,
ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.
и не сообразуйтесь с веком сим, но преобразуйтесь обновлением ума вашего, чтобы вам познавать, что есть воля Божия, благая, угодная и совершенная.
Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш.
По данной мне благодати, всякому из вас говорю: не думайте [о] [себе] более, нежели должно думать; но думайте скромно, по мере веры, какую каждому Бог уделил.
Вайн дегІ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гІуллакхаш кхочушдеш яц.
Ибо, как в одном теле у нас много членов, но не у всех членов одно и то же дело,
Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегІ ду, ткъа вайх хІора а цу дегІан вовшахтоьхна меже ю.
так мы, многие, составляем одно тело во Христе, а порознь один для другого члены.
Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина.
И как, по данной нам благодати, имеем различные дарования, [то], [имеешь ли] пророчество, [пророчествуй] по мере веры;
Дала хьуна кхечарна гІуллакх даран похІма деллехь, и гІуллакх дІакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха.
[имеешь ли] служение, [пребывай] в служении; учитель ли,— в учении;
Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
увещатель ли, увещевай; раздаватель ли, [раздавай] в простоте; начальник ли, [начальствуй] с усердием; благотворитель ли, [благотвори] с радушием.
Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.
Любовь [да будет] непритворна; отвращайтесь зла, прилепляйтесь к добру;
Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш.
будьте братолюбивы друг к другу с нежностью; в почтительности друг друга предупреждайте;
Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш.
в усердии не ослабевайте; духом пламенейте; Господу служите;
Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доІанаш делаш.
утешайтесь надеждою; в скорби [будьте] терпеливы, в молитве постоянны;
Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш.
в нуждах святых принимайте участие; ревнуйте о странноприимстве.
Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш.
Благословляйте гонителей ваших; благословляйте, а не проклинайте.
Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш.
Радуйтесь с радующимися и плачьте с плачущими.
Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
Будьте единомысленны между собою; не высокомудрствуйте, но последуйте смиренным; не мечтайте о себе;
Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш.
никому не воздавайте злом за зло, но пекитесь о добром перед всеми человеками.
Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гІерталаш.
Если возможно с вашей стороны, будьте в мире со всеми людьми.
Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло».
Не мстите за себя, возлюбленные, но дайте место гневу [Божию]. Ибо написано: Мне отмщение, Я воздам, говорит Господь.
Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тІе догуш долу кІегий гулдо ахьа».
Итак, если враг твой голоден, накорми его; если жаждет, напой его: ибо, делая сие, ты соберёшь ему на голову горящие уголья.
Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тІехь толам баккха.
Не будь побеждён злом, но побеждай зло добром.
ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу.
Всякая душа да будет покорна высшим властям, ибо нет власти не от Бога; существующие же власти от Бога установлены.
Цундела Іедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тІе кхел йоуьйту.
Посему противящийся власти противится Божию установлению. А противящиеся сами навлекут на себя осуждение.
ХІунда аьлча дика гІуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гІуллакхаш дечарна бу. Іедалах ца кхоьруш Іен лаьий хьуна? Дика де, тІаккха Іедало хьо хастор ву.
Ибо начальствующие страшны не для добрых дел, но для злых. Хочешь ли не бояться власти? Делай добро, и получишь похвалу от неё,
Урхалчаш Далла гІуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХІунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гІоьнчий бу, зулам дечарна догІу таІзар цаьргахула деш ву Дела.
ибо [начальник] есть Божий слуга, тебе на добро. Если же делаешь зло, бойся, ибо он не напрасно носит меч: он Божий слуга, отмститель в наказание делающему злое.
Иштта, таІзарх кхерарна хилла а ца Іаш, вайн дог цІена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтІахь хила деза.
И потому надобно повиноваться не только из [страха] наказания, но и по совести.
Цундела урхалчашна йогІу ял дІало, уьш и гІуллакх даим кхочушдан дІахІиттийна Делан белхалой болу дела.
Для сего вы и подати платите, ибо они Божии служители, сим самым постоянно занятые.
ХІоранна а хьакъ дерриг дІало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара.
Итак отдавайте всякому должное: кому подать, подать; кому оброк, оброк; кому страх, страх; кому честь, честь.
Цхьанна а цхьа а хІума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дІабала беза безам боцург, хІунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина.
Не оставайтесь должными никому ничем, кроме взаимной любви; ибо любящий другого исполнил закон.
Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
Ибо заповеди: не прелюбодействуй, не убивай, не кради, не лжесвидетельствуй, не пожелай [чужого] и все другие заключаются в сём слове: люби ближнего твоего, как самого себя.
Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду.
Любовь не делает ближнему зла; итак любовь есть исполнение закона.
И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна.
Так [поступайте], зная время, что наступил уже час пробудиться нам от сна. Ибо ныне ближе к нам спасение, нежели когда мы уверовали.
Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай.
Ночь прошла, а день приблизился: итак отвергнем дела тьмы и облечёмся в оружия света.
Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тІера а ца довлуш, малар тІех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хІума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагІ а йоцуш.
Как днём, будем вести себя благочинно, не [предаваясь] ни пированиям и пьянству, ни сладострастию и распутству, ни ссорам и зависти;