che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Иштта долу гІуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш. | но облекитесь в Господа нашего Иисуса Христа, и попечения о плоти не превращайте в похоти. |
Тешар тІехь чІагІвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тІеэца. | Немощного в вере принимайте без споров о мнениях. |
ХІунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хІума яа магадо цунна. Тешар тІехь чІагІвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. | Ибо иной уверен, [что можно] есть всё, а немощный ест овощи. |
Муьлхха а йолу яа хІума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хІунда аьлча иза а Дала тІеэцна ву. | Кто ест, не уничижай того, кто не ест; и кто не ест, не осуждай того, кто ест, потому что Бог принял его. |
Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта. | Кто ты, осуждающий чужого раба? Перед своим Господом стоит он, или падает. И будет восставлен, ибо силён Бог восставить его. |
Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХІора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. | Иной отличает день от дня, а другой судит о всяком дне [равно]. Всякий [поступай] по удостоверению своего ума. |
Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хІунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. | Кто различает дни, для Господа различает; и кто не различает дней, для Господа не различает. Кто ест, для Господа ест, ибо благодарит Бога; и кто не ест, для Господа не ест, и благодарит Бога. |
Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Іа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Іа. | Ибо никто из нас не живёт для себя, и никто не умирает для себя; |
Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай. | а живём ли — для Господа живём; умираем ли — для Господа умираем: и потому, живём ли или умираем,— [всегда] Господни. |
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тІехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. | Ибо Христос для того и умер, и воскрес, и ожил, чтобы владычествовать и над мёртвыми и над живыми. |
Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дІахІитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. | А ты что осуждаешь брата твоего? Или и ты, что унижаешь брата твоего? Все мы предстанем на суд Христов. |
Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, боху Везачу Эло, хІора а адам, гора а хІоьттина, Суна хьалха суждане гІур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хІора маттахь тоьшалла дийр ду». | Ибо написано: живу Я, говорит Господь, предо Мною преклонится всякое колено, и всякий язык будет исповедывать Бога. |
Иштта, Далла хьалха вайх хІораммо а ша-шех жоп лур ду. | Итак каждый из нас за себя даст отчёт Богу. |
ХІинца чул тІаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а. | Не станем же более судить друг друга, а лучше судите о том, как бы не подавать брату [случая к] преткновению или соблазну. |
Веза Эла волчу Іийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц. | Я знаю и уверен в Господе Иисусе, что нет ничего в себе самом нечистого; только почитающему что-либо нечистым, тому нечисто. |
Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХІаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дІаделларг. | Если же за пищу огорчается брат твой, то ты уже не по любви поступаешь. Не губи твоею пищею того, за кого Христос умер. |
Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца. | Да не хулится ваше доброе. |
ХІунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргІатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. | Ибо Царствие Божие не пища и питие, но праведность и мир и радость во Святом Духе. |
Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву. | Кто сим служит Христу, тот угоден Богу и [достоин] одобрения от людей. |
Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тІехь иракарахІиттор а леха вай. | Итак будем искать того, что служит к миру и ко взаимному назиданию. |
Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хІума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хІума яар вон ду. | Ради пищи не разрушай дела Божия. Всё чисто, но худо человеку, который ест на соблазн. |
Жижиг цадаар а, чагІар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хІума цадар гІолехь ду. | Лучше не есть мяса, не пить вина и не [делать] ничего [такого], отчего брат твой претыкается, или соблазняется, или изнемогает. |
Цу хІуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тІехь ша бехке цавийриг. | Ты имеешь веру? имей её сам в себе, пред Богом. Блажен, кто не осуждает себя в том, что избирает. |
Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, | А сомневающийся, если ест, осуждается, потому что не по вере; а всё, что не по вере, грех. |
нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, | Могущему же утвердить вас, по благовествованию моему и проповеди Иисуса Христа, по откровению тайны, о которой от вечных времён было умолчано, |
хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, | но которая ныне явлена, и через писания пророческие, по повелению вечного Бога, возвещена всем народам для покорения их вере, |
ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду. | Единому Премудрому Богу, через Иисуса Христа, слава во веки. Аминь. |
Тешар тІехь чІагІделлачу вай чІагІбелла боцучарна гІо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Іаш. | Мы, сильные, должны сносить немощи бессильных и не себе угождать. |
Вайх хІораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахІотторна а хуьлуьйтуш. | Каждый из нас должен угождать ближнему, во благо, к назиданию. |
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тІедоьжна». | Ибо и Христос не Себе угождал, но, как написано: злословия злословящих Тебя пали на Меня. |
Ткъа хьалха яздина мел долу хІума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахІитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. | А всё, что писано было прежде, написано нам в наставление, чтобы мы терпением и утешением из Писаний сохраняли надежду. |
Доьналлин а, иракарахІитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар. | Бог же терпения и утешения да дарует вам быть в единомыслии между собою, по [учению] Христа Иисуса, |
Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да. | дабы вы единодушно, едиными устами славили Бога и Отца Господа нашего Иисуса Христа. |
Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тІеэцаре терра, аша а тІеэца вовшийн, Дела хаставархьама. | Посему принимайте друг друга, как и Христос принял вас в славу Божию. |
Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваІда кхочушдархьама а, | Разумею то, что Иисус Христос сделался служителем для обрезанных — ради истины Божией, чтобы исполнить обещанное отцам, |
кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цІе язйийр ю». | а для язычников — из милости, чтобы славили Бога, как написано: за то буду славить Тебя, (Господи,) между язычниками, и буду петь имени Твоему. |
Кхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна». | И ещё сказано: возвеселитесь, язычники, с народом Его. |
Кхин а боху: «Хаставе Веза Эла кхечу къаьмнех мел болчара, хастам бе Цунна массо а халкъаша!» | И ещё: хвалите Господа, все язычники, и прославляйте Его, все народы. |
ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тІаьхьенах цхьаъ гучувер ву. Иза къаьмнашна тІехь олалла дан гІоттур ву, ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу». | Исаия также говорит: будет корень Иессеев, и восстанет владеть народами; на Него язычники надеяться будут. |
Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргІатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама. | Бог же надежды да исполнит вас всякой радости и мира в вере, дабы вы, силою Духа Святаго, обогатились надеждою. |
Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а. | И сам я уверен о вас, братия мои, что и вы полны благости, исполнены всякого познания и можете наставлять друг друга; |
Амма цхьадолчу гІуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела, | но писал вам, братия, с некоторою смелостью, отчасти как бы в напоминание вам, по данной мне от Бога благодати |
кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Іийсан гІуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дІа а къастийна, Далла тамехь долу сагІа санна хилийтархьама. | быть служителем Иисуса Христа у язычников и [совершать] священнодействие благовествования Божия, дабы сие приношение язычников, будучи освящено Духом Святым, было благоприятно [Богу]. |
Иштта Дала леррина Къобалвинчуьнца со волуш, Делан дуьхьа динчу сайн гІуллакхех сан дозалла дойла ду. | Итак я могу похвалиться в Иисусе Христе в том, что [относится] к Богу, |
Кхечу къаьмнех болу нах Далла тІеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсас соьгахула дина доцу цхьа а хІума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гІуллакхашца а | ибо не осмелюсь сказать что-нибудь такое, чего не совершил Христос через меня, в покорении язычников [вере], словом и делом, |
тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хІуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гІалара Иллирик-махкана тІекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дІасабаржийна. | силою знамений и чудес, силою Духа Божия, так что благовествование Христово распространено мною от Иерусалима и окрестности до Иллирика. |
Айса хаза кхаъ дІакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цІе евзаш йоцучу меттигашкахь а дІакхайкхо, иза кхечо дІахІотийначу бух тІехь ца дархьама. | Притом я старался благовествовать не там, где [уже] было известно имя Христово, дабы не созидать на чужом основании, |
Амма яздина ма ду: «Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу, цахезначарна а вевзар ву». | но как написано: не имевшие о Нём известия увидят, и не слышавшие узнают. |
Цу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дІаван. | Сие-то много раз и препятствовало мне придти к вам. |
Ткъа хІинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дІаван сан дагахь долу дела а, | Ныне же, не имея [такого] места в сих странах, а с давних лет имея желание придти к вам, |
со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгІа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тІаьхьа, суна новкъа вала гІо дан тарло аша. | как только предприму путь в Испанию, приду к вам. Ибо надеюсь, что, проходя, увижусь с вами и что вы проводите меня туда, как скоро наслажусь [общением] с вами, хотя отчасти. |
Ткъа хІинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гІуллакх дан. | А теперь я иду в Иерусалим, чтобы послужить святым, |
Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гІалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагІина ахча дахьийта. | ибо Македония и Ахаия усердствуют некоторым подаянием для бедных между святыми в Иерусалиме. |
И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Іийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. | Усердствуют, да и должники они перед ними. Ибо если язычники сделались участниками в их духовном, то должны и им послужить в телесном. |
И гІуллакх чекх а даьккхина, сагІина гулдинарг царна билггал дІакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гІала чувоьрзур ву. | Исполнив это и верно доставив им сей плод [усердия], я отправлюсь через ваши [места] в Испанию, |
Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх. | и уверен, что когда приду к вам, то приду с полным благословением благовествования Христова. |
Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тІера Деле чІогІа доІанаш дар. | Между тем умоляю вас, братия, Господом нашим Иисусом Христом и любовью Духа, подвизаться со мною в молитвах за меня к Богу, |
Аса Деле доьху, ЯхІуд-махкахь Іийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гІуллакх тамехь хилийтар а. | чтобы избавиться мне от неверующих в Иудее и чтобы служение моё для Иерусалима было благоприятно святым, |
Нагахь санна Делан лаам белахь, воккхаверца дІа а веана, паргІат шуьца хан йоккхур ю аса. | дабы мне в радости, если Богу угодно, придти к вам и успокоиться с вами. |
Вайна синпаргІато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин. | Бог же мира да будет со всеми вами, аминь. |
Аса шуьга дІахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гІаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гІоьнча ю. | Представляю вам Фиву, сестру нашу, диакониссу церкви Кенхрейской. |
Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тІеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тІехь гІо а дейша, хІунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гІо дина цо. | Примите её для Господа, как прилично святым, и помогите ей, в чём она будет иметь нужду у вас, ибо и она была помощницею многим и мне самому. |
Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсана гІуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а. | Приветствуйте Прискиллу и Акилу, сотрудников моих во Христе Иисусе |
Шайна кхераме доллушехь, цара со кІелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Іа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и. | (которые голову свою полагали за мою душу, которых не я один благодарю, но и все церкви из язычников), и домашнюю их церковь. |
Маршалла ло церан цІахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тІебирзинчарах хьалхарниг ву. | Приветствуйте возлюбленного моего Епенета, который есть начаток Ахаии для Христа. |
Маршалла ло шун дуьхьа чІогІа къахьегна йолчу Мареме а. | Приветствуйте Мариам, которая много трудилась для нас. |
Маршалла ло Іандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу. | Приветствуйте Андроника и Юнию, сродников моих и узников со мною, прославившихся между Апостолами и прежде меня ещё уверовавших во Христа. |
Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Іампале. | Приветствуйте Амплия, возлюбленного мне в Господе. |
Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а. | Приветствуйте Урбана, сотрудника нашего во Христе, и Стахия, возлюбленного мне. |
Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тІехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цІийнах болчаьрга. | Приветствуйте Апеллеса, испытанного во Христе. Приветствуйте [верных] из дома Аристовулова. |
Маршалла ло сан къомах волчу ХІарудига. Маршалла ло Нару-Касин цІийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга. | Приветствуйте Иродиона, сродника моего. Приветствуйте из домашних Наркисса тех, которые в Господе. |
Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю. | Приветствуйте Трифену и Трифосу, трудящихся о Господе. Приветствуйте Персиду возлюбленную, которая много потрудилась о Господе. |
Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гІуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а. | Приветствуйте Руфа, избранного в Господе, и матерь его и мою. |
Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХІермига а, Пата-Рубе а, ХІармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а. | Приветствуйте Асинкрита, Флегонта, Ерма, Патрова, Ермия и других с ними братьев. |
Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а. | Приветствуйте Филолога и Юлию, Нирея и сестру его, и Олимпана, и всех с ними святых. |
Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша. | Приветствуйте друг друга с целованием святым. Приветствуют вас все церкви Христовы. |
Динан вежарий, аса чІогІа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гІертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. | Умоляю вас, братия, остерегайтесь производящих разделения и соблазны, вопреки учению, которому вы научились, и уклоняйтесь от них; |
ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. | ибо такие [люди] служат не Господу нашему Иисусу Христу, а своему чреву, и ласкательством и красноречием обольщают сердца простодушных. |
Хазачу кхоана шун муьтІахь хилар массарна а гІарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцІена долуш. | Ваша покорность [вере] всем известна; посему я радуюсь за вас, но желаю, чтобы вы были мудры на добро и просты на зло. |
СинпаргІато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кІелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Іийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин. | Бог же мира сокрушит сатану под ногами вашими вскоре. Благодать Господа нашего Иисуса Христа с вами! Аминь. |
Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гІуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а. | Приветствуют вас Тимофей, сотрудник мой, и Луций, Иасон и Сосипатр, сродники мои. |
Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хІара кехат дІаяздинчу Тертис. | Приветствую вас в Господе и я, Тертий, писавший сие послание. |
Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. | Приветствует вас Гаий, странноприимец мой и всей церкви. Приветствует вас Ераст, городской казнохранитель, и брат Кварт. |
Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. | Благодать Господа нашего Иисуса Христа со всеми вами. Аминь. |
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат. | Павел, волею Божиею призванный Апостол Иисуса Христа, и Сосфен брат, |
ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш... | церкви Божией, находящейся в Коринфе, освящённым во Христе Иисусе, призванным святым, со всеми призывающими имя Господа нашего Иисуса Христа, во всяком месте, у них и у нас: |
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. | благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа. |
Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тІера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла. | Непрестанно благодарю Бога моего за вас, ради благодати Божией, дарованной вам во Христе Иисусе, |
ХІунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агІор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. | потому что в Нём вы обогатились всем, всяким словом и всяким познанием,— |
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра, | ибо свидетельство Христово утвердилось в вас,— |
Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна. | так что вы не имеете недостатка ни в каком даровании, ожидая явления Господа нашего Иисуса Христа, |
ТІаьххьара де тІекхаччалц Цо шу тешарехь чІагІдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волчу дийнахь шу ала хІума доцуш цІена хилийтархьама. | Который и утвердит вас до конца, [чтобы вам быть] неповинными в день Господа нашего Иисуса Христа. |
Шен КІантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца, уьйр хила шу тІекхайкхина волу Дела тешаме ву. | Верен Бог, Которым вы призваны в общение Сына Его Иисуса Христа, Господа нашего. |
Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. | Умоляю вас, братия, именем Господа нашего Иисуса Христа, чтобы все вы говорили одно, и не было между вами разделений, но чтобы вы соединены были в одном духе и в одних мыслях. |
ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. | Ибо от [домашних] Хлоиных сделалось мне известным о вас, братия мои, что между вами есть споры. |
Со ала гІертарг хІара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахІалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Іийсагахьа ву». | Я разумею то, что у вас говорят: «я Павлов»; «я Аполлосов»; «я Кифин»; «а я Христов». |
Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахІал дІатоьхнерий те шун дуьхьа жІарах? Я ПахІалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих? | Разве разделился Христос? разве Павел распялся за вас? или во имя Павла вы крестились? |
Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна. | Благодарю Бога, что я никого из вас не крестил, кроме Криспа и Гаия, |
Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла. | дабы не сказал кто, что я крестил в моё имя. |
(Иштта Сетипанан цІеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догІу.) | Крестил я также Стефанов дом; а крестил ли ещё кого, не знаю. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.