che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
ТихІак Эпас-гІала вахийтина ас.
Тихика я послал в Ефес.
Троя-гІалахь Карпу волчохь ас йитина сан тІеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тІаьрсигна тІехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогІуш.
Когда пойдёшь, принеси фелонь, который я оставил в Троаде у Карпа, и книги, особенно кожаные.
Дукха зуламаш дина суна цІестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таІзар дийр ду цунна.
Александр медник много сделал мне зла. Да воздаст ему Господь по делам его!
Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чІогІа дуьхьалваьлла иза.
Берегись его и ты, ибо он сильно противился нашим словам.
Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гІо даккха цхьа а ца веара, массара а дІатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала!
При первом моём ответе никого не было со мною, но все меня оставили. Да не вменится им!
Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара.
Господь же предстал мне и укрепил меня, дабы через меня утвердилось благовестие и услышали все язычники; и я избавился из львиных челюстей.
Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кІелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дІа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.
И избавит меня Господь от всякого злого дела и сохранит для Своего Небесного Царства, Ему слава во веки веков. Аминь.
Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а, Анисапаран цІерачаьрга а.
Приветствуй Прискиллу и Акилу и дом Онисифоров.
Арсати Коринт-гІалахь висира. Ткъа ТрахІим Милет-гІалахь витира ас, иза цомгуш волу дела.
Ераст остался в Коринфе; Трофима же я оставил больного в Милите.
ХІуъа дай а, Іа тІедале, схьакхача гІортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Іевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а.
Постарайся придти до зимы. Приветствуют тебя Еввул, и Пуд, и Лин, и Клавдия, и все братия.
Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Господь Иисус Христос со духом твоим. Благодать с вами. Аминь.
ХІара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу а ПахІалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а.
Павел, раб Божий, Апостол же Иисуса Христа, по вере избранных Божиих и познанию истины, [относящейся] к благочестию,
И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.
в надежде вечной жизни, которую обещал неизменный в слове Бог прежде вековых времён,
Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КІелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дІакхайкхор суна тІедиллира.
а в своё время явил Своё слово в проповеди, вверенной мне по повелению Спасителя нашего, Бога,—
Іийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кІант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла хьуна.
Титу, истинному сыну по общей вере: благодать, милость и мир от Бога Отца и Господа Иисуса Христа, Спасителя нашего.
Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а.
Для того я оставил тебя в Крите, чтобы ты довершил недоконченное и поставил по всем городам пресвитеров, как я тебе приказывал:
Ишттанаш дІахІиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хІума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Іийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтІахь дац ала.
если кто непорочен, муж одной жены, детей имеет верных, не укоряемых в распутстве или непокорности.
Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хІума доцуш хила веза динан тобанан гІайгІабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгІазе а, сиха а воцуш, маларна тІера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза.
Ибо епископ должен быть непорочен, как Божий домостроитель, не дерзок, не гневлив, не пьяница, не бийца, не корыстолюбец,
Безамца хьеший тІе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда.
но страннолюбив, любящий добро, целомудрен, справедлив, благочестив, воздержан,
Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.
держащийся истинного слова, согласного с учением, чтобы он был силён и наставлять в здравом учении и противящихся обличать.
ХІунда аьлча кІезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Іехабо. Къаьсттина Іийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хІара.
Ибо есть много и непокорных, пустословов и обманщиков, особенно из обрезанных,
Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хІаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза.
каковым должно заграждать уста: они развращают целые домы, уча, чему не должно, из постыдной корысти.
Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хІара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тІингар юзу малончаш а».
Из них же самих один стихотворец сказал: «Критяне всегда лжецы, злые звери, утробы ленивые».
И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама.
Свидетельство это справедливо. По сей причине обличай их строго, дабы они были здравы в вере,
Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тІера дІабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга.
не внимая Иудейским басням и постановлениям людей, отвращающихся от истины.
Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
Для чистых всё чисто; а для осквернённых и неверных нет ничего чистого, но осквернены и ум их и совесть.
Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дІабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтІахь бац. Цхьана а тайпана дика гІуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.
Они говорят, что знают Бога, а делами отрекаются, будучи гнусны и непокорны и не способны ни к какому доброму делу.
Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догІуш дерг хьеха.
Ты же говори то, что сообразно с здравым учением:
Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цІена хила безар а хьеха баккхийчу нахана.
чтобы старцы были бдительны, степенны, целомудренны, здравы в вере, в любви, в терпении;
Иштта баккхий зударий а кхетабе, цІена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх.
чтобы старицы также одевались прилично святым, не были клеветницы, не порабощались пьянству, учили добру;
Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар.
чтобы вразумляли молодых любить мужей, любить детей,
Собаре а, цІена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтІахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.
быть целомудренными, чистыми, попечительными о доме, добрыми, покорными своим мужьям, да не порицается слово Божие.
Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила
Юношей также увещевай быть целомудренными.
массо а хІуманна тІехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцІена а, оьзда а хила.
Во всём показывай в себе образец добрых дел, в учительстве чистоту, степенность, неповрежденность,
Хьайн хьехам цІена хилийта, тІехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагІа, юьхьІаьржачу а хІоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хІума доцуш витархьама.
слово здравое, неукоризненное, чтобы противник был посрамлён, не имея ничего сказать о нас худого.
Лешна а хьеха шайн олахошна муьтІахь хила безарх а, цара олахошна массо а хІуманна тІехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна.
Рабов [увещевай] повиноваться своим господам, угождать им во всём, не прекословить,
Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КІелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.
не красть, но оказывать всю добрую верность, дабы они во всём были украшением учению Спасителя нашего, Бога.
ХІунда аьлча массо а адамашна кІелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.
Ибо явилась благодать Божия, спасительная для всех человеков,
Іесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дІа а тесна, собаре а, догцІена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло.
научающая нас, чтобы мы, отвергнув нечестие и мирские похоти, целомудренно, праведно и благочестиво жили в нынешнем веке,
Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар.
ожидая блаженного упования и явления славы великого Бога и Спасителя нашего Иисуса Христа,
Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а.
Который дал Себя за нас, чтобы избавить нас от всякого беззакония и очистить Себе народ особенный, ревностный к добрым делам.
ХІара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хІиттабе уьш, шен-шен метта а хІиттош, дІанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.
Сие говори, увещевай и обличай со всякою властью, чтобы никто не пренебрегал тебя.
Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтІахь хила безар а, муьлхха а дика гІуллакх дан шаьш кийча хила безар а.
Напоминай им повиноваться и покоряться начальству и властям, быть готовыми на всякое доброе дело,
Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кІеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш.
никого не злословить, быть не сварливыми, но тихими, и оказывать всякую кротость ко всем человекам.
ХІунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтІахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегІана там лехаран а леш а хилла, оьгІазаллах а, дераллах а, хьогІах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.
Ибо и мы были некогда несмысленны, непокорны, заблуждшие, были рабы похотей и различных удовольствий, жили в злобе и зависти, были гнусны, ненавидели друг друга.
Вай КІелхьардохург волчу вайн Делан дика а, адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча,
Когда же явилась благодать и человеколюбие Спасителя нашего, Бога,
вай дина долу бакъахьара гІуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кІелхьардаьхна вай.
Он спас нас не по делам праведности, которые бы мы сотворили, а по Своей милости, банею возрождения и обновления Святым Духом,
Ша леррина къобалвина волчу, вайн КІелхьардохург волчу Іийсагахула Дала шортонца тоьхна вайна Шен Синан Іаь.
Которого излил на нас обильно через Иисуса Христа, Спасителя нашего,
Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина, Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех вай хилийтархьама.
чтобы, оправдавшись Его благодатью, мы по упованию соделались наследниками вечной жизни.
И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тІехь хьо латта, Делах тешнарш дика гІуллакхаш дарна тІехь кхиамаш баха гІертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду.
Слово это верно; и я желаю, чтобы ты подтверждал о сём, дабы уверовавшие в Бога старались быть прилежными к добрым делам: это хорошо и полезно человекам.
Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.
Глупых же состязаний и родословий, и споров и распрей о законе удаляйся, ибо они бесполезны и суетны.
Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита,
Еретика, после первого и второго вразумления, отвращайся,
и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела.
зная, что таковой развратился и грешит, будучи самоосужден.
Артем я ТихІак аса хьайна тІеваийтича, со волчу Никупола-гІала схьаван хьажа сихо елахь, хІунда аьлча цигахь Іа даккха сацам бина аса.
Когда пришлю к тебе Артёму или Тихика, поспеши придти ко мне в Никополь, ибо я положил там провести зиму.
Іедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хІуманна тІехь ледарло ма елахь.
Зину законника и Аполлоса позаботься отправить так, чтобы у них ни в чём не было недостатка.
Вайнаш а Іама беза шайн хан дикачу гІуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а.
Пусть и наши учатся упражняться в добрых делах, [в] [удовлетворении] необходимым нуждам, дабы не были бесплодны.
Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Приветствуют тебя все находящиеся со мною. Приветствуй любящих нас в вере. Благодать со всеми вами. Аминь.
Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,
Бог, многократно и многообразно говоривший издревле отцам в пророках,
ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина.
в последние дни сии говорил нам в Сыне, Которого поставил наследником всего, чрез Которого и веки сотворил.
КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза.
Сей, будучи сияние славы и образ ипостаси Его и держа всё словом силы Своей, совершив Собою очищение грехов наших, воссел одесную (престола) величия на высоте,
Цунна тиллина цІе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.
будучи столько превосходнее Ангелов, сколько славнейшее пред ними наследовал имя.
ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?»
Ибо кому когда из Ангелов сказал [Бог]: Ты Сын Мой, Я ныне родил Тебя? И ещё: Я буду Ему Отцем, и Он будет Мне Сыном?
Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьІийла».
Также, когда вводит Первородного во вселенную, говорит: и да поклонятся Ему все Ангелы Божии.
Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Іаьнарх Шен маликаш до, цІеран алунех Шен ялхой бо».
Об Ангелах сказано: Ты творишь Ангелами Своими духов и служителями Своими пламенеющий огонь.
КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.
А о Сыне: престол Твой, Боже, в век века; жезл царствия Твоего — жезл правоты.
Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тІедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла».
Ты возлюбил правду и возненавидел беззаконие, посему помазал Тебя, Боже, Бог Твой елеем радости более соучастников Твоих.
Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.
И: в начале Ты, Господи, основал землю, и небеса — дело рук Твоих;
Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.
они погибнут, а Ты пребываешь; и все обветшают, как риза,
ТІеюху хІума санна, Ахьа дІахьарчор ду уьш, тІаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».
и как одежду свернёшь их, и изменятся; но Ты тот же, и лета Твои не кончатся.
Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»?
Кому когда из Ангелов сказал [Бог]: седи одесную Меня, доколе положу врагов Твоих в подножие ног Твоих?
Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?
Не все ли они суть служебные духи, посылаемые на служение для тех, которые имеют наследовать спасение?
Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чІогІа тидам тІебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.
Посему мы должны быть особенно внимательны к слышанному, чтобы не отпасть.
Нагахь маликашкахула аьлла дош чІогІа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогІарна а таІзар деш а хилча,
Ибо, если через Ангелов возвещённое слово было твёрдо, и всякое преступление и непослушание получало праведное воздаяние,
таІзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кІелхьардовларх ца дашахь? И кІелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дІакхайкхийра, цул тІаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чІагІдира.
то как мы избежим, вознерадев о толиком спасении, которое, быв сначала проповедано Господом, в нас утвердилось слышавшими [от Него],
И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тІе а чІагІдира, Шен лаамца Шен Са дІаса а даржош.
при засвидетельствовании от Бога знамениями и чудесами, и различными силами, и раздаянием Духа Святаго по Его воле?
Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.
Ибо не Ангелам Бог покорил будущую вселенную, о которой говорим;
Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кІант мила ву, Ахьа цуьнан гІайгІа бан?
напротив некто негде засвидетельствовал, говоря: что значит человек, что Ты помнишь его? или сын человеческий, что Ты посещаешь его?
Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза. Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза.
Не много Ты унизил его пред Ангелами; славою и честью увенчал его, и поставил его над делами рук Твоих,
Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тІехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хІумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.
всё покорил под ноги его. Когда же покорил ему всё, то не оставил ничего непокорённым ему. Ныне же ещё не видим, чтобы всё было ему покорено;
Амма тхуна гург Іийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хІинца, Іожалла тІеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.
но видим, что за претерпение смерти увенчан славою и честью Иисус, Который не много был унижен пред Ангелами, дабы Ему, по благодати Божией, вкусить смерть за всех.
ХІунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тІебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кІелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.
Ибо надлежало, чтобы Тот, для Которого всё и от Которого всё, приводящего многих сынов в славу, вождя спасения их совершил через страдания.
Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.
Ибо и освящающий и освящаемые, всё — от Единого; поэтому Он не стыдится называть их братиями, говоря:
Цо боху: «Хьан цІе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».
возвещу имя Твоё братиям Моим, посреди церкви воспою Тебя.
Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХІара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».
И ещё: Я буду уповать на Него. И ещё: вот Я и дети, которых дал Мне Бог.
И бераш дилханах а, даьІахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Іожаллина тІехь ницкъ болу иблис эшорхьама а,
А как дети причастны плоти и крови, то и Он также воспринял оные, дабы смертью лишить силы имеющего державу смерти, то есть диавола,
Іожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргІатбахархьама а.
и избавить тех, которые от страха смерти через всю жизнь были подвержены рабству.
ХІунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гІо ца до Цо, амма ИбрахІиман тІаьхьенна гІо до.
Ибо не Ангелов восприемлет Он, но восприемлет семя Авраамово.
Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.
Посему Он должен был во всём уподобиться братиям, чтобы быть милостивым и верным первосвященником пред Богом, для умилостивления за грехи народа.
Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гІо далур ду Цуьнга.
Ибо, как Сам Он претерпел, быв искушён, то может и искушаемым помочь.
Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Іийса дагахь латтавелаш.
Итак, братия святые, участники в небесном звании, уразумейте Посланника и Первосвященника исповедания нашего, Иисуса Христа,
Ша ДІахІоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цІентІехь Муса тешаме ма-хиллара.
Который верен Поставившему Его, как и Моисей во всём доме Его.
Іийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цІа дийриг ша дечу цІийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара.
Ибо Он достоин тем большей славы пред Моисеем, чем большую честь имеет в сравнении с домом тот, кто устроил его,
ХІунда аьлча муьлхха а цІа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.
ибо всякий дом устрояется кем-либо; а устроивший всё [есть] Бог.
Делан дерриге а цІийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо.
И Моисей верен во всём доме Его, как служитель, для засвидетельствования того, что надлежало возвестить;
Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь.
а Христос — как Сын в доме Его; дом же Его — мы, если только дерзновение и упование, которым хвалимся, твёрдо сохраним до конца.
Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
Почему, как говорит Дух Святый, ныне, когда услышите глас Его,
дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара.
не ожесточите сердец ваших, как во время ропота, в день искушения в пустыне,
Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.
где искушали Меня отцы ваши, испытывали Меня, и видели дела Мои сорок лет.
Цундела, царна оьгІаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“.
Посему Я вознегодовал на оный род и сказал: непрестанно заблуждаются сердцем, не познали они путей Моих;
Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
посему Я поклялся во гневе Моём, что они не войдут в покой Мой.