che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дІа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан. | Мы уверены о вас в Господе, что вы исполняете и будете исполнять то, что мы вам повелеваем. |
Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тІехьажадойла. | Господь же да управит сердца ваши в любовь Божию и в терпение Христово. |
Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. | Завещеваем же вам, братия, именем Господа нашего Иисуса Христа, удаляться от всякого брата, поступающего бесчинно, а не по преданию, которое приняли от нас, |
Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. | ибо вы сами знаете, как должны вы подражать нам; ибо мы не бесчинствовали у вас, |
Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха. | ни у кого не ели хлеба даром, но занимались трудом и работою ночь и день, чтобы не обременить кого из вас,— |
Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама. | не потому, чтобы мы не имели власти, но чтобы себя самих дать вам в образец для подражания нам. |
Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хІара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хІума а ма яа», – аьлла. | Ибо когда мы были у вас, то завещевали вам сие: если кто не хочет трудиться, тот и не ешь. |
Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Іаш бу бохуш, хеза тхуна. ХІумма а ца деш болу уьш нехан гІуллакхашна чу юкъагІерта. | Но слышим, что некоторые у вас поступают бесчинно, ничего не делают, а суетятся. |
Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарах тІедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догІу рицкъа даккха а, синна паргІат хила а. | Таковых увещеваем и убеждаем Господом нашим Иисусом Христом, чтобы они, работая в безмолвии, ели свой хлеб. |
Ткъа аша, динан вежарий, дарх кІорда а ца деш, диканиг де. | Вы же, братия, не унывайте, делая добро. |
Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. | Если же кто не послушает слова нашего в сём послании, того имейте на замечании и не сообщайтесь с ним, чтобы устыдить его. |
Иза мостагІа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве. | Но не считайте его за врага, а вразумляйте, как брата. |
Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хІуманна тІехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а! | Сам же Господь мира да даст вам мир всегда во всём. Господь со всеми вами! |
Аса, ПахІала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хІара кехат. Соьгарчу хІора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо: | Приветствие моею рукою, Павловою, что служит знаком во всяком послании; пишу я так: |
Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а. | благодать Господа нашего Иисуса Христа со всеми вами. Аминь. |
Со, ПахІал, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КІелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а. | Павел, Апостол Иисуса Христа по повелению Бога, Спасителя нашего, и Господа Иисуса Христа, надежды нашей, |
ХІара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кІант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна. | Тимофею, истинному сыну в вере: благодать, милость, мир от Бога, Отца нашего, и Христа Иисуса, Господа нашего. |
Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь. | Отходя в Македонию, я просил тебя пребыть в Ефесе и увещевать некоторых, чтобы они не учили иному |
Къийсаршна тІе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Іалашонна тІе ца балабо уьш. | и не занимались баснями и родословиями бесконечными, которые производят больше споры, нежели Божие назидание в вере. |
ЦІеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дІабехкаран Іалашо. | Цель же увещания есть любовь от чистого сердца и доброй совести и нелицемерной веры, |
Оцу хьехамашна тІера дІа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла. | от чего отступив, некоторые уклонились в пустословие, |
Товрат-хьехаман Іелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух. | желая быть законоучителями, но не разумея ни того, о чём говорят, ни того, что утверждают. |
Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь. | А мы знаем, что закон добр, если кто законно употребляет его, |
И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Іедална муьтІахь боцучарна, Іесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. | зная, что закон положен не для праведника, но для беззаконных и непокоривых, нечестивых и грешников, развратных и осквернённых, для оскорбителей отца и матери, для человекоубийц, |
Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш. | для блудников, мужеложников, человекохищников, (клеветников, скотоложников,) лжецов, клятвопреступников, и для всего, что противно здравому учению, |
Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш. | по славному благовестию блаженного Бога, которое мне вверено. |
Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. | Благодарю давшего мне силу, Христа Иисуса, Господа нашего, что Он признал меня верным, определив на служение, |
Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. | меня, который прежде был хулитель и гонитель и обидчик, но помилован потому, что [так] поступал по неведению, в неверии; |
Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тІеІаьнна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна. | благодать же Господа нашего (Иисуса Христа) открылась [во мне] обильно с верою и любовью во Христе Иисусе. |
«Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кІелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву. | Верно и всякого принятия достойно слово, что Христос Иисус пришёл в мир спасти грешников, из которых я первый. |
Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тІехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тІеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза. | Но для того я и помилован, чтобы Иисус Христос во мне первом показал всё долготерпение, в пример тем, которые будут веровать в Него к жизни вечной. |
Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин. | Царю же веков нетленному, невидимому, единому премудрому Богу честь и слава во веки веков. Аминь. |
Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, | Преподаю тебе, сын [мой] Тимофей, сообразно с бывшими о тебе пророчествами, такое завещание, чтобы ты воинствовал согласно с ними, как добрый воин, |
хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хІаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна. | имея веру и добрую совесть, которую некоторые отвергнув, потерпели кораблекрушение в вере; |
Ишттачех бу ХІуьманай а, Искандар а. Іеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дІабелла. | таковы Именей и Александр, которых я предал сатане, чтобы они научились не богохульствовать. |
Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доІанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а, | Итак прежде всего прошу совершать молитвы, прошения, моления, благодарения за всех человеков, |
паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тІера. Иштта доІанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама. | за царей и за всех начальствующих, дабы проводить нам жизнь тихую и безмятежную во всяком благочестии и чистоте, |
ХІунда аьлча вайн КІелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду. | ибо это хорошо и угодно Спасителю нашему Богу, |
Цунна лаьа массо а адамаш кІелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. | Который хочет, чтобы все люди спаслись и достигли познания истины. |
Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. | Ибо един Бог, един и посредник между Богом и человеками, человек Христос Иисус, |
Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дІаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла. | предавший Себя для искупления всех. [Таково было] в своё время свидетельство, |
Кхечу къаьмнашна Іийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дІахІоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас. | для которого я поставлен проповедником и Апостолом,— истину говорю во Христе, не лгу,— учителем язычников в вере и истине. |
Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза. | Итак желаю, чтобы на всяком месте произносили молитвы мужи, воздевая чистые руки без гнева и сомнения; |
Иштта зударий а доІа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхІарех йина хІуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза. | чтобы также и жёны, в приличном одеянии, со стыдливостью и целомудрием, украшали себя не плетением [волос], не золотом, не жемчугом, не многоценною одеждою, |
Амма уьш шайн дикачу гІуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догІуш ма-хиллара. | но добрыми делами, как прилично жёнам, посвящающим себя благочестию. |
Зуда Іемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтІахь а хила еза. | Жена да учится в безмолвии, со всякою покорностью; |
Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тІехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза. | а учить жене не позволяю, ни властвовать над мужем, но быть в безмолвии. |
ХІунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тІаккха Хьава яра. | Ибо прежде создан Адам, а потом Ева; |
Іехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Іеха а елла, зулам динера. | и не Адам прельщён; но жена, прельстившись, впала в преступление; |
Нагахь санна кхидІа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цІена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кІелхьаръер ю иза. | впрочем спасётся через чадородие, если пребудет в вере и любви и в святости с целомудрием. |
Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гІуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. | Верно слово: если кто епископства желает, доброго дела желает. |
Іийсах тешачийн тобанан гІайгІабийриг цхьанна а стеган ала хІума доцуш цІена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тІеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. | Но епископ должен быть непорочен, одной жены муж, трезв, целомудрен, благочинен, честен, страннолюбив, учителен, |
Малар тІехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. | не пьяница, не бийца, не сварлив, не корыстолюбив, но тих, миролюбив, не сребролюбив, |
Шен цІа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтІахь хила а, нах лара а Іамо деза. | хорошо управляющий домом своим, детей содержащий в послушании со всякою честностью; |
Шен цІа лело а ларош воцург лелар вуй те Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гІайгІа беш? | ибо, кто не умеет управлять собственным домом, тот будет ли пещись о Церкви Божией? |
Іийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. | Не [должен быть] из новообращённых, чтобы не возгордился и не подпал осуждению с диаволом. |
Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Іиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. | Надлежит ему также иметь доброе свидетельство от внешних, чтобы не впасть в нарекание и сеть диавольскую. |
Динан куьйгалхойн гІоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагІар малар тІех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. | Диаконы также [должны быть] честны, не двоязычны, не пристрастны к вину, не корыстолюбивы, |
Іийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цІеначу дагца лардан хууш хила беза уьш. | хранящие таинство веры в чистой совести. |
Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тІаьхьа, ала хІума доцуш уьш цІена белахь, динан куьйгалхошна гІо дайта мегар ду цаьрга. | И таких надобно прежде испытывать, потом, если беспорочны, [допускать] до служения. |
Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хІуманна тІехь тешаме а хила беза церан зударий а. | Равно и жёны [их должны быть] честны, не клеветницы, трезвы, верны во всём. |
Динан куьйгалхойн гІоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тІехь а, шен цІа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза. | Диакон должен быть муж одной жены, хорошо управляющий детьми и домом своим. |
Далла гІуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан. | Ибо хорошо служившие приготовляют себе высшую степень и великое дерзновение в вере во Христа Иисуса. |
ХІара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш. | Сие пишу тебе, надеясь вскоре придти к тебе, |
Нагахь санна со хьелахь а, Делан хІусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хІусам дийна волчу Делан долахь йолчу Іийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бІогІам а, бух а. | чтобы, если замедлю, ты знал, как должно поступать в доме Божием, который есть Церковь Бога живаго, столп и утверждение истины. |
Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина. | И беспрекословно — великая благочестия тайна: Бог явился во плоти, оправдал Себя в Духе, показал Себя Ангелам, проповедан в народах, принят верою в мире, вознёсся во славе. |
Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. | Дух же ясно говорит, что в последние времена отступят некоторые от веры, внимая духам обольстителям и учениям бесовским, |
Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна. | через лицемерие лжесловесников, сожжённых в совести своей, |
Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. | запрещающих вступать в брак [и] употреблять в пищу то, что Бог сотворил, дабы верные и познавшие истину вкушали с благодарением. |
Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, | Ибо всякое творение Божие хорошо, и ничто не предосудительно, если принимается с благодарением, |
хІунда аьлча Делан дашца а, вайн доІанашца а иза Далла хьалха цІанло. | потому что освящается словом Божиим и молитвою. |
И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика гІуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тІаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. | Внушая сие братиям, будешь добрый служитель Иисуса Христа, питаемый словами веры и добрым учением, которому ты последовал. |
Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дІататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чІогІа къахьега деза. | Негодных же и бабьих басен отвращайся, а упражняй себя в благочестии, |
ХІунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегІ чІагІдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Іамар массо а агІор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хІинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чІагІо. | ибо телесное упражнение мало полезно, а благочестие на всё полезно, имея обетование жизни настоящей и будущей. |
И дош бакъ а ду, муьлххачу а агІор тІелаца хьакъ долуш а ду. | Слово сие верно и всякого принятия достойно. |
Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХІунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Іийсах тешаш болчеран, КІелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша. | Ибо мы для того и трудимся и поношения терпим, что уповаем на Бога живаго, Который есть Спаситель всех человеков, а наипаче верных. |
ХІара хьехамаш адамашна дІа а кхайкхабе, хьеха а хьеха. | Проповедуй сие и учи. |
Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Іийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цІена хиларца. | Никто да не пренебрегает юностью твоею; но будь образцом для верных в слове, в житии, в любви, в духе, в вере, в чистоте. |
Со хьо волчу дІакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дІа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха. | Доколе не приду, занимайся чтением, наставлением, учением. |
Хьайгахь долу Делан Синан похІма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тІедахкарца а хьуна делла ду иза. | Не неради о пребывающем в тебе даровании, которое дано тебе по пророчеству с возложением рук священства. |
И гІуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама. | О сём заботься, в сём пребывай, дабы успех твой для всех был очевиден. |
Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХІара ас аьлла долу гІуллакхаш даим а де, хІунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кІелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгІуш берш а кІелхьарбохур бу. | Вникай в себя и в учение; занимайся сим постоянно: ибо, так поступая, и себя спасёшь и слушающих тебя. |
Воккхачу стагана Іиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха. | Старца не укоряй, но увещевай, как отца; младших, как братьев; |
Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агІор догцІена хила цаьрца. | стариц, как матерей; молодых, как сестёр, со всякою чистотою. |
Бисина Іаш болу зударий лара – царах билггал бисина Іаш берш боху ас. | Вдовиц почитай, истинных вдовиц. |
Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Іамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза. | Если же какая вдовица имеет детей или внучат, то они прежде пусть учатся почитать свою семью и воздавать должное родителям, ибо сие угодно Богу. |
Билггал цхьа йисина Іаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доІанаш а деш, сих-сиха Деле гІо доьхуш хуьлу. | Истинная вдовица и одинокая надеется на Бога и пребывает в молениях и молитвах день и ночь; |
Ткъа шен дегІана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. | а сластолюбивая заживо умерла. |
Царна ала хІума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш. | И сие внушай им, чтобы были беспорочны. |
Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цІерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Іесачу стагал а оьшуш ву. | Если же кто о своих и особенно о домашних не печётся, тот отрёкся от веры и хуже неверного. |
Кхузткъа шарал тІехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цІарна тІехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дІаязйина йолу йисина зуда. | Вдовица должна быть избираема не менее, как шестидесятилетняя, бывшая женою одного мужа, |
Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло. | известная по добрым делам, если она воспитала детей, принимала странников, умывала ноги святым, помогала бедствующим и была усердна ко всякому доброму делу. |
Ткъа къона болуш бисина Іаш болу зударий ма харжа, хІунда аьлча шайн дегІан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло. | Молодых же вдовиц не принимай, ибо они, впадая в роскошь в противность Христу, желают вступать в брак. |
Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дІатеттина дела. | Они подлежат осуждению, потому что отвергли прежнюю веру; |
Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгІа эха а Іема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Іаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хІуманна юкъа а гІерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш. | притом же они, будучи праздны, приучаются ходить по домам и [бывают] не только праздны, но и болтливы, любопытны, и говорят, чего не должно. |
Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гІойла а, цара бераш дойла а. Шайн цІа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Іан беза уьш. | Итак я желаю, чтобы молодые вдовы вступали в брак, рождали детей, управляли домом и не подавали противнику никакого повода к злоречию; |
ХІунда аьлча цхьаберш хІинцале а иблисана тІаьххье харц новкъа бевлла. | ибо некоторые уже совратились вслед сатаны. |
Нагахь санна Іийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Іийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Іаш болчу зударшна оцу тобанан гІо дан таро хилийтархьама. | Если какой верный или верная имеет вдов, то должны их довольствовать и не обременять Церкви, чтобы она могла довольствовать истинных вдовиц. |
Іийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тІехь а, хьехамаш барна тІехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза. | Достойно начальствующим пресвитерам должно оказывать сугубую честь, особенно тем, которые трудятся в слове и учении. |
ХІунда аьлча Делан Йозано хІара боху: «Оруш болчу стеран бага дІа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догІу алапа схьаэца хьакъ долуш ву». | Ибо Писание говорит: не заграждай рта у вола молотящего; и: трудящийся достоин награды своей. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.