che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тІе ма лаца.
Обвинение на пресвитера не иначе принимай, как при двух или трёх свидетелях.
Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама.
Согрешающих обличай перед всеми, чтобы и прочие страх имели.
Далла а, Цо леррина къобалвинчу Іийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хІара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ.
Пред Богом и Господом Иисусом Христом и избранными Ангелами заклинаю тебя сохранить сие без предубеждения, ничего не делая по пристрастию.
Сихлой, цхьанна а тІе доІанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цІеналлехь латтаве.
Рук ни на кого не возлагай поспешно, и не делайся участником в чужих грехах. Храни себя чистым.
ХІинца чул тІаьхьа, деккъа хи а малий, ма Іе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дІаялийта а жимма чагІар мала.
Впредь пей не [одну] воду, но употребляй немного вина, ради желудка твоего и частых твоих недугов.
Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тІаьхьо бен гучу ца довлу.
Грехи некоторых людей явны и прямо ведут к осуждению, а некоторых [открываются] впоследствии.
Иштта дика гІуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.
Равным образом и добрые дела явны; а если и не таковы, скрыться не могут.
Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цІе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.
Рабы, под игом находящиеся, должны почитать господ своих достойными всякой чести, дабы не было хулы на имя Божие и учение.
Шаьш санна Іийсах тешачу шайна тІехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гІуллакх дан деза цара. ХІунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Іийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.
Те, которые имеют господами верных, не должны обращаться с ними небрежно, потому что они братья; но тем более должны служить им, что они верные и возлюбленные и благодетельствуют [им]. Учи сему и увещевай.
Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара.
Кто учит иному и не следует здравым словам Господа нашего Иисуса Христа и учению о благочестии,
Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.
тот горд, ничего не знает, но заражён [страстью] к состязаниям и словопрениям, от которых происходят зависть, распри, злоречия, лукавые подозрения.
Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.
Пустые споры между людьми повреждённого ума, чуждыми истины, которые думают, будто благочестие служит для прибытка. Удаляйся от таких.
Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь.
Великое приобретение — быть благочестивым и довольным.
ХІунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хІума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хІума кху дуьнен чуьра вайга дІадахьалург ца хилар а.
Ибо мы ничего не принесли в мир; явно, что ничего не можем и вынести [из него].
Юург а, тІеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай.
Имея пропитание и одежду, будем довольны тем.
Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо.
А желающие обогащаться впадают в искушение и в сеть и во многие безрассудные и вредные похоти, которые погружают людей в бедствие и пагубу;
Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.
ибо корень всех зол есть сребролюбие, которому предавшись, некоторые уклонились от веры и сами себя подвергли многим скорбям.
Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хІуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.
Ты же, человек Божий, убегай сего, а преуспевай в правде, благочестии, вере, любви, терпении, кротости.
Тешарца боьзна болчу дикачу тІамехь хьуьнарца тІом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тІеэца гІерта. Цу дахарна Дала хьо тІекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.
Подвизайся добрым подвигом веры, держись вечной жизни, к которой ты и призван, и исповедал доброе исповедание перед многими свидетелями.
Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Іийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хІуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хІара тІедуьллу:
Пред Богом, всё животворящим, и пред Христом Иисусом, Который засвидетельствовал пред Понтием Пилатом доброе исповедание, завещеваю тебе
ала хІума доцуш цІена кхочушбе хІара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу схьаваллалц.
соблюсти заповедь чисто и неукоризненно, даже до явления Господа нашего Иисуса Христа,
Іийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тІекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза.
которое в своё время откроет блаженный и единый сильный Царь царствующих и Господь господствующих,
И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.
единый имеющий бессмертие, Который обитает в неприступном свете, Которого никто из человеков не видел и видеть не может. Ему честь и держава вечная! Аминь.
Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.
Богатых в настоящем веке увещевай, чтобы они не высоко думали [о] [себе] и уповали не на богатство неверное, но на Бога живаго, дающего нам всё обильно для наслаждения;
Хазаниг дар а, дика гІуллакхаш шортта дар а тІедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.
чтобы они благодетельствовали, богатели добрыми делами, были щедры и общительны,
Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.
собирая себе сокровище, доброе основание для будущего, чтобы достигнуть вечной жизни.
Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду.
О, Тимофей! храни преданное тебе, отвращаясь негодного пустословия и прекословий лжеименного знания,
Цхьаберш, оцу хьекъална тІаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла. Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
которому предавшись, некоторые уклонились от веры. Благодать с тобою. Аминь.
Тимапи, хІара кехат яздо хьоьга ПахІала. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дІакхайкхо.
Павел, волею Божиею Апостол Иисуса Христа, по обетованию жизни во Христе Иисусе,
Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кІант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна.
Тимофею, возлюбленному сыну: благодать, милость, мир от Бога Отца и Христа Иисуса, Господа нашего.
Дийнахь а, буса а сайн доІанашкахь хьо дукхазза а дагавогІуш, сан дайша ма-барра, цІеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас.
Благодарю Бога, Которому служу от прародителей с чистою совестью, что непрестанно вспоминаю о тебе в молитвах моих днём и ночью,
Деана долу хьан бІаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла.
и желаю видеть тебя, вспоминая о слезах твоих, дабы мне исполниться радости,
Хьо цІеначу даггара Іийсах тешар дагадогІу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хІинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан.
приводя на память нелицемерную веру твою, которая прежде обитала в бабке твоей Лоиде и матери твоей Евнике; уверен, что она и в тебе.
Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тІедахкарехула, Дала хьайна деллачу похІмин алу кхин а йовха ягийталахь.
По сей причине напоминаю тебе возгревать дар Божий, который в тебе через моё рукоположение;
ХІунда аьлча Дала вайна кІиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла.
ибо дал нам Бог духа не боязни, но силы и любви и целомудрия.
Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега.
Итак, не стыдись свидетельства Господа нашего Иисуса Христа, ни меня, узника Его; но страдай с благовестием Христовым силою Бога,
Дала кІелхьардаьхна вай. Цо Шена тІекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гІуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Іалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика.
спасшего нас и призвавшего званием святым, не по делам нашим, но по Своему изволению и благодати, данной нам во Христе Иисусе прежде вековых времён,
Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.
открывшейся же ныне явлением Спасителя нашего Иисуса Христа, разрушившего смерть и явившего жизнь и нетление через благовестие,
И хаза кхаъ дІакхайкхо Іийсан векал а, хьехархо а дІахІоттийна со.
для которого я поставлен проповедником и Апостолом и учителем язычников.
Цундела хІара массо а баланаш дІакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тІедогІур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.
По сей причине я и страдаю так; но не стыжусь. Ибо я знаю, в Кого уверовал, и уверен, что Он силён сохранить залог мой на оный день.
Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цІеначу хьехамех масал а дай, Іелахь.
Держись образца здравого учения, которое ты слышал от меня, с верою и любовью во Христе Иисусе.
Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гІоьнца ларделахь.
Храни добрый залог Духом Святым, живущим в нас.
Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дІабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХІарми-Гена а.
Ты знаешь, что все Асийские оставили меня; в числе их Фигелл и Ермоген.
Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цІийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна.
Да даст Господь милость дому Онисифора за то, что он многократно покоил меня и не стыдился уз моих,
Рим-гІалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна.
но, быв в Риме, с великим тщанием искал меня и нашёл.
Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тІедогІур долчу оцу дийнахь. Эпас-гІалахь цо суна мел дина долу дика гІуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.
Да даст ему Господь обрести милость у Господа в оный день; а сколько он служил мне в Ефесе, ты лучше знаешь.
Ткъа хьо, сан кІант, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь.
Итак укрепляйся, сын мой, в благодати Христом Иисусом,
Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дІалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга.
и что слышал от меня при многих свидетелях, то передай верным людям, которые были бы способны и других научить.
Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дикачу тІемалочо санна.
Итак переноси страдания, как добрый воин Иисуса Христа.
Цхьа а дика тІемало шен цІерачу гІуллакхашна тІера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтІахь хила лууш.
Никакой воин не связывает себя делами житейскими, чтобы угодить военачальнику.
Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь.
Если же кто и подвизается, не увенчивается, если незаконно будет подвизаться.
Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дІакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа.
Трудящемуся земледельцу первому должно вкусить от плодов.
Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хІума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло.
Разумей, что я говорю. Да даст тебе Господь разумение во всём.
Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тІаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Іийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу.
Помни Господа Иисуса Христа от семени Давидова, воскресшего из мёртвых, по благовествованию моему,
Хаза кхаъ кхайкхорхьама тІеэцна ас хІара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.
за которое я страдаю даже до уз, как злодей; но для слова Божия нет уз.
Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хІара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула луш долу кІелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.
Посему я всё терплю ради избранных, дабы и они получили спасение во Христе Иисусе с вечною славою.
Нийса аьлла ду: «Нагахь санна вайн Іийсаца далар хиллехь, Цуьнца цхьаьна дахар а хир ду вайн.
Верно слово: если мы с Ним умерли, то с Ним и оживём;
Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву.
если терпим, то с Ним и царствовать будем; если отречёмся, и Он отречётся от нас;
Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хІетте а тешаме хир ву, хІунда аьлча Ша-Шех дІакъаьстийла дац Цуьнан».
если мы неверны, Он пребывает верен, ибо Себя отречься не может.
И хІуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дІахьеде цаьрга, дешнаш тІехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгІурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац.
Сие напоминай, заклиная пред Господом не вступать в словопрения, что нимало не служит к пользе, а к расстройству слушающих.
Делан къобалдар хьайна хилийтархьама, хьайн ницкъ кхочург дерриг а делахь. Цхьанна а агІор эхь хетийла доцу дика белхало санна хилалахь, билггал бакъдолчух лаьцна долу дош ма-дарра нийса а хьоьхуш.
Старайся представить себя Богу достойным, делателем неукоризненным, верно преподающим слово истины.
Іеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хІунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху.
А непотребного пустословия удаляйся; ибо они ещё более будут преуспевать в нечестии,
Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дІасабаьржа. И Іеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХІуьманай а, Пилти а.
и слово их, как рак, будет распространяться. Таковы Именей и Филит,
Уьш билггал бакъдолчунна тІера дІабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху.
которые отступили от истины, говоря, что воскресение уже было, и разрушают в некоторых веру.
Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
Но твёрдое основание Божие стоит, имея печать сию: «познал Господь Своих»; и: «да отступит от неправды всякий, исповедующий имя Господа».
Муьлххачу а доккхачу цІа чохь дашо а, дато а пхьегІаш хилла а ца Іаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегІаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гІуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гІуллакхна лелош хуьлу.
А в большом доме есть сосуды не только золотые и серебряные, но и деревянные и глиняные; и одни в почётном, а другие в низком употреблении.
Иштта массо а вон долчух цІанвелларг а хир ву лакхарчу гІуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегІа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гІуллакхна кийча а.
Итак, кто будет чист от сего, тот будет сосудом в чести, освящённым и благопотребным Владыке, годным на всякое доброе дело.
Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦІеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргІато а.
Юношеских похотей убегай, а держись правды, веры, любви, мира со всеми призывающими Господа от чистого сердца.
Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хІунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий.
От глупых и невежественных состязаний уклоняйся, зная, что они рождают ссоры;
Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кІеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза.
рабу же Господа не должно ссориться, но быть приветливым ко всем, учительным, незлобивым,
Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
с кротостью наставлять противников, не даст ли им Бог покаяния к познанию истины,
ТІаккха и мостагІий а, дохко а бевлла, меттабогІур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дІалаьцначу цуьнан речІанах паргІатбевр бу.
чтобы они освободились от сети диавола, который уловил их в свою волю.
Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю.
Знай же, что в последние дни наступят времена тяжкие.
Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш.
Ибо люди будут самолюбивы, сребролюбивы, горды, надменны, злоречивы, родителям непокорны, неблагодарны, нечестивы, недружелюбны,
Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.
непримирительны, клеветники, невоздержны, жестоки, не любящие добра,
Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах.
предатели, наглы, напыщенны, более сластолюбивы, нежели боголюбивы,
Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.
имеющие вид благочестия, силы же его отрёкшиеся. Таковых удаляйся.
Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий.
К сим принадлежат те, которые вкрадываются в домы и обольщают женщин, утопающих во грехах, водимых различными похотями,
Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга.
всегда учащихся и никогда не могущих дойти до познания истины.
Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
Как Ианний и Иамврий противились Моисею, так и сии противятся истине, люди, развращённые умом, невежды в вере.
Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.
Но они не много успеют; ибо их безумие обнаружится перед всеми, как и с теми случилось.
Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Іалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь.
А ты последовал мне в учении, житии, расположении, вере, великодушии, любви, терпении,
Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гІалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кІелхьарваьккхира со.
в гонениях, страданиях, постигших меня в Антиохии, Иконии, Листрах; каковые гонения я перенёс, и от всех избавил меня Господь.
Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тІаьхьа а хІоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.
Да и все, желающие жить благочестиво во Христе Иисусе, будут гонимы.
ХІилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.
Злые же люди и обманщики будут преуспевать во зле, вводя в заблуждение и заблуждаясь.
Хьох лаьцна-м хІара эр ду ас: хьайна Іемина долу а, хьо тешна волу а и гІуллакх кхидІа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.
А ты пребывай в том, чему научен и что тебе вверено, зная, кем ты научен.
Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула луш долчу кІелхьарваларна тІевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.
Притом же ты из детства знаешь священные писания, которые могут умудрить тебя во спасение верою во Христа Иисуса.
Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш.
Всё Писание богодухновенно и полезно для научения, для обличения, для исправления, для наставления в праведности,
Цу дерригенан Іалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гІуллакх дан кийча хилийтар.
да будет совершён Божий человек, ко всякому доброму делу приготовлен.
Дала леррина къобалвина волу Іийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чІагІо а еш, ас хІара весет до хьоьга:
Итак заклинаю тебя пред Богом и Господом нашим Иисусом Христом, Который будет судить живых и мёртвых в явление Его и Царствие Его:
дІакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегІийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дІакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гІалаташ нисде, уьш галдевлча, дІахаийта царна, уьш иракарахІиттаде.
проповедуй слово, настой во время и не во время, обличай, запрещай, увещевай со всяким долготерпением и назиданием.
ХІунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугІур доцу хан тІейогІур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта.
Ибо будет время, когда здравого учения принимать не будут, но по своим прихотям будут избирать себе учителей, которые льстили бы слуху;
Билггал бакъболчу хьехамах дІа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш.
и от истины отвратят слух и обратятся к басням.
Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гІуллакх а деш, хьайна тІедиллинарг дерриге а чекх а даккха.
Но ты будь бдителен во всём, переноси скорби, совершай дело благовестника, исполняй служение твоё.
Сайх лаьцна хІара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагІа даккха дуттуш долу чагІар санна ду – со дІакхалха веза хан тІееана.
Ибо я уже становлюсь жертвою, и время моего отшествия настало.
Дикачун дуьхьа бечу тІамехь ас хьуьнарца тІом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди.
Подвигом добрым я подвизался, течение совершил, веру сохранил;
Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.
а теперь готовится мне венец правды, который даст мне Господь, праведный Судия, в день оный; и не только мне, но и всем, возлюбившим явление Его.
Тимапи, хІуъа а дай, суна сихха тІекхачахьара хьо.
Постарайся придти ко мне скоро.
ХІара дуьне шена дезарна, сох дІа а къаьстина, Тассалник-гІала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана.
Ибо Димас оставил меня, возлюбив нынешний век, и пошёл в Фессалонику, Крискент в Галатию, Тит в Далматию; один Лука со мною.
Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза.
Марка возьми и приведи с собою, ибо он мне нужен для служения.