che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
«ЯхІудхойн паччахьо Аминан кІант Юши-ЯхІус паччахьалла до кхойтталгІачу шарахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дІакхайкхабора, амма аша ла ца дугІура Соьга. | от тринадцатого года Иосии, сына Амонова, царя Иудейского, до сего дня, вот уже двадцать три года, было ко мне слово Господне, и я с раннего утра говорил вам,— и вы не слушали. |
Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугІура, уьш тергал а ца бора. | Господь посылал к вам всех рабов Своих, пророков, с раннего утра посылал,— и вы не слушали и не приклоняли уха своего, чтобы слушать. |
Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хІорра а дІаверзалаш, тІаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тІехь абаденналц даха таро хир ю шун. | Вам говорили: «обратитесь каждый от злого пути своего и от злых дел своих и живите на земле, которую Господь дал вам и отцам вашим из века в век; |
Кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитта, царна Іамал ярхьама а, Іибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгІаз. ТІаккха Аса зен дийр дац шуна“. | и не ходите во след иных богов, чтобы служить им и поклоняться им, и не прогневляйте Меня делами рук своих, и не сделаю вам зла». |
Амма аша Соьга ла ца дуьйгІира, – боху Везачу Эло. – Шайн куьйгаша дина гІуллакхаш бахьана долуш, Со а оьгІаз вохуьйтура аша, иштта шайна вонаш а дора. | Но вы не слушали Меня, говорит Господь, прогневляя Меня делами рук своих, на зло себе. |
Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аша Сан хаамашка ла ца доьгІна дела, | Посему так говорит Господь Саваоф: за то, что вы не слушали слов Моих, |
Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. | вот, Я пошлю и возьму все племена северные, говорит Господь, и пошлю к Навуходоносору, царю Вавилонскому, рабу Моему, и приведу их на землю сию и на жителей её и на все окрестные народы; и совершенно истреблю их и сделаю их ужасом и посмеянием и вечным запустением. |
Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. | И прекращу у них голос радости и голос веселия, голос жениха и голос невесты, звук жерновов и свет светильника. |
Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. | И вся земля эта будет пустынею и ужасом; и народы сии будут служить царю Вавилонскому семьдесят лет. |
Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. | И будет: когда исполнится семьдесят лет, накажу царя Вавилонского и тот народ, говорит Господь, за их нечестие, и землю Халдейскую, и сделаю её вечною пустынею. |
Аса хир бу аьлла болу а, массо а къаьмнашна дуьхьал Ярми-ЯхІус дІакхайкхийна болу а, оцу тептар тІехь дІаязбина болу а массо а бохамаш бийр бу Аса оцу махкана. | И совершу над тою землёю все слова Мои, которые Я произнёс на неё, всё написанное в сей книге, что Иеремия пророчески изрёк на все народы. |
Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гІуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггІург дІа а лур ду“». | Ибо и их поработят многочисленные народы и цари великие; и Я воздам им по их поступкам и по делам рук их. |
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. | Ибо так сказал мне Господь, Бог Израилев: возьми из руки Моей чашу сию с вином ярости и напой из неё все народы, к которым Я посылаю тебя. |
Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». | И они выпьют, и будут шататься и обезумеют при виде меча, который Я пошлю на них. |
Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. | И взял я чашу из руки Господней и напоил из неё все народы, к которым послал меня Господь: |
Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. | Иерусалим и города Иудейские, и царей его и князей его, чтоб опустошить их и сделать ужасом, посмеянием и проклятием, как и видно ныне, |
Аса иштта цу кеда чуьра малийтира: Мисар-махкара паччахь волчу пирІуне а, иштта цуьнан ялхошка а, тхьамданашка а, цуьнан дерриг халкъе а, | фараона, царя Египетского, и слуг его, и князей его и весь народ его, |
цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; | и весь смешанный народ, и всех царей земли Уца, и всех царей земли Филистимской, и Аскалон, и Газу, и Екрон, и остатки Азота, |
Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Іаммин-мехкан а бахархошка; | Едома, и Моава, и сыновей Аммоновых, |
Цора-гІалара а, ЦІадан-гІалара а болчу паччахьашка; хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка; | и всех царей Тира, и всех царей Сидона, и царей островов, которые за морем, |
Даддан-гІалане а, Тейма-гІалане а, Буз-гІалане а; шайн гиччош тІера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а; | Дедана, и Фему, и Буза, и всех, стригущих волосы на висках, |
Іаьрби-махкарчу массо а паччахьашка а; яьссачу аренгахь дехаш долчу тукхамийн массо а паччахьашка а; | и всех царей Аравии, и всех царей народов разноплемённых, живущих в пустыне, |
Зимарера а, Іейламера а, Мадайгара а паччахьашка а; | всех царей Зимврии, и всех царей Елама, и всех царей Мидии, |
къилбаседехьа долчу уллорачу а, генарчу а латтанашкара болчу массо а паччахьашка тІекІел а. Аса дуьнен тІехь долчу массо а пачхьалкхашкарчу халкъашка малийтира Везачу Элан оьгІазаллин кад. Ткъа Шейшакарчу паччахьо а мер бу тІаьххьара и кад. | и всех царей севера, близких друг к другу и дальних, и все царства земные, которые на лице земли, а царь Сесаха выпьет после них. |
ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. | И скажи им: так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: пейте и опьянейте, и изрыгните и падите, и не вставайте при виде меча, который Я пошлю на вас. |
Нагахь санна уьш, хьан карара дІа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хІуъа хилахь а, дІамер бу и кад!“ | Если же они будут отказываться брать чашу из руки твоей, чтобы пить, то скажи им: так говорит Господь Саваоф: вы непременно будете пить. |
Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | Ибо вот на город сей, на котором наречено имя Моё, Я начинаю наводить бедствие; и вы ли останетесь ненаказанными? Нет, не останетесь ненаказанными; ибо Я призываю меч на всех живущих на земле, говорит Господь Саваоф. |
Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. | Посему прореки на них все слова сии и скажи им: Господь возгремит с высоты и из жилища святыни Своей подаст глас Свой; страшно возгремит на селение Своё; как топчущие в точиле, воскликнет на всех живущих на земле. |
И гІовгІа дуьненан массо а йистошка дІакхочу, хІунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Іесанаш Цо туьре дІалур бу“, – боху Везачу Эло». | Шум дойдёт до концов земли, ибо у Господа состязание с народами: Он будет судиться со всякою плотью, нечестивых Он предаст мечу, говорит Господь. |
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тІера вукху халкъана тІе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара. | Так говорит Господь Саваоф: вот, бедствие пойдёт от народа к народу, и большой вихрь поднимется от краёв земли. |
Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Іохкуш хир ду Везачу Эло хІаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дІабухкур бац. Уьш лаьтта тІехь Іохкуш хир бу, кхо санна. | И будут поражённые Господом в тот день от конца земли до конца земли, не будут оплаканы и не будут прибраны и похоронены, навозом будут на лице земли. |
Ткъа шу, церан Іуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГІайгІанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тІекхаьчна. Кегйина еза пхьегІа санна, шу дІасакхиссина а, охьаэгна а Іохкуш хир ду. | Рыдайте, пастыри, и стенайте, и посыпайте себя прахом, вожди стада; ибо исполнились дни ваши для заклания и рассеяния вашего, и падёте, как дорогой сосуд. |
Іушна кІелхьардовла меттиг хир яц, жен куьйгалхошна дІаловчкъа меттиг хир яц. | И не будет убежища пастырям и спасения вождям стада. |
Іуша орца даккхаре ладогІа! Жен куьйгалхойн белхаре ладогІа! Уьш иштта боьлху, Веза Эла церан дежийла хІаллакьеш волу дела. | Слышен вопль пастырей и рыдание вождей стада, ибо опустошил Господь пажить их. |
Везачу Элан дералла бахьана долуш, машаре йолу дежийлаш яссийна хир ю. | Истребляются мирные селения от ярости гнева Господня. |
Веза Эла шен хьеха чуьра арадаьлла долу лом санна ву. Иштта церан латта дассийна хилира, гІело йинчун тур а, Цуьнан чІогІа дералла а бахьана долуш». | Он оставил жилище Своё, как лев; и земля их сделалась пустынею от ярости опустошителя и от пламенного гнева Его. |
ЯхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІентан ЯхІу-Якхаман паччахьаллин хьалхарчу шарахь Везачу Элера хаам кхечира. | В начале царствования Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского, было такое слово от Господа: |
Цо элира: «Везачу Элан цІийнан керта дІа а хІоттий, Цуьнан цІенна уллохь Далла Іибадат дан баьхкина болчу а, ЯхІуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила. | так говорит Господь: стань на дворе дома Господня и скажи ко всем городам Иудеи, приходящим на поклонение в дом Господень, все те слова, какие повелю тебе сказать им; не убавь ни слова. |
Шайга бохучуьнга ла а доьгІна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тІера дІаберза мегара уьш. ТІаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара. | Может быть, они послушают и обратятся каждый от злого пути своего, и тогда Я отменю то бедствие, которое думаю сделать им за злые деяния их. |
Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогІа деза! | И скажи им: так говорит Господь: если вы не послушаетесь Меня в том, чтобы поступать по закону Моему, который Я дал вам, |
Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугІура. ХІинца церан дешнашка аша ладогІа деза! | чтобы внимать словам рабов Моих, пророков, которых Я посылаю к вам, посылаю с раннего утра, и которых вы не слушаете,— |
Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». | то с домом сим Я сделаю то же, что с Силомом, и город сей предам на проклятие всем народам земли. |
Динан дай а, пайхамарш а, массо а халкъ а ладугІуш дара Ярми-ЯхІус хІара дешнаш Везачу Элан цІийнан кертахь дІакхайкхочу хенахь. | Священники и пророки и весь народ слушали Иеремию, когда он говорил сии слова в доме Господнем. |
Ярми-ЯхІус Везачу Эло шега дІаала аьлларг дерриге а халкъе дІаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! | И когда Иеремия сказал всё, что Господь повелел ему сказать всему народу, тогда схватили его священники и пророки и весь народ, и сказали: «ты должен умереть; |
ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла. | зачем ты пророчествуешь именем Господа и говоришь: дом сей будет как Силом, и город сей опустеет, [останется] без жителей?» И собрался весь народ против Иеремии в доме Господнем. |
Иза шайна дІахезча, яхІудхойн тхьамданаш, паччахьан цІа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цІа долчу баьхкира. Везачу Элан цІийнан керта тІе вогІучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дІалецира цара. | Когда услышали об этом князья Иудейские, то пришли из дома царя к дому Господню и сели у входа в новые ворота [дома] Господня. |
ТІаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХІокху стагана вен кхел ян догІуш ду, хІунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гІалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!» | Тогда священники и пророки так сказали князьям и всему народу: «смертный приговор этому человеку! потому что он пророчествует против города сего, как вы слышали своими ушами». |
Массо а тхьамданашка а, дерриг а халкъе а Ярми-ЯхІус элира: «Везачу Эло ваийтина со хІокху цІийнах а, хІокху гІаланах а лаьцна шуна мел хезна хаамаш бан. | И сказал Иеремия всем князьям и всему народу: «Господь послал меня пророчествовать против дома сего и против города сего все те слова, которые вы слышали; |
Нисде шайн некъаш а, шайн гІуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогІа. ТІаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара. | итак исправьте пути ваши и деяния ваши и послушайтесь гласа Господа Бога вашего, и Господь отменит бедствие, которое изрёк на вас; |
Ткъа со шун карахь ву. Шайна дика а, нийса а хеташ дерг де суна. | а что до меня, вот — я в ваших руках; делайте со мною, что в глазах ваших покажется хорошим и справедливым; |
Амма аша со вехь, шу цхьана хІуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цІий шайх а, хІокху гІаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хІунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дІахазийта». | только твёрдо знайте, что если вы умертвите меня, то невинную кровь возложите на себя и на город сей и на жителей его; ибо истинно Господь послал меня к вам сказать все те слова в уши ваши». |
ТІаккха тхьамданаша а, дерриг халкъо а элира динан дайшка а, пайхамаршка а: «ХІара стаг вен кхел ян вогІуш вац, хІунда аьлча цо вайн Везачу Делан цІарах къамел дина тхоьца». | Тогда князья и весь народ сказали священникам и пророкам: «этот человек не подлежит смертному приговору, потому что он говорил нам именем Господа Бога нашего». |
Масех къано, хьала а гІаьттина, вистхилира дерриге а халкъан гуламе: | И из старейшин земли встали некоторые и сказали всему народному собранию: |
«Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’. | «Михей Морасфитянин пророчествовал во дни Езекии, царя Иудейского, и сказал всему народу Иудейскому: так говорит Господь Саваоф: Сион будет вспахан, как поле, и Иерусалим сделается грудою развалин, и гора дома сего — лесистым холмом. |
ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІус а, ЯхІудан халкъо а вийрий Мика-ЯхІу? Хьузакх-ЯхІу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“». | Умертвили ли его за это Езекия, царь Иудейский, и весь Иуда? Не убоялся ли он Господа и не умолял ли Господа? и Господь отменил бедствие, которое изрёк на них; а мы хотим сделать большое зло душам нашим? |
(ХІокху гІалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цІарах, Ярми-ЯхІус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯІариман вахархо волу ШамІа-ЯхІун кІант УръяхІу вара. | Пророчествовал также именем Господа некто Урия, сын Шемаии, из Кариаф-Иарима,— и пророчествовал против города сего и против земли сей точно такими же словами, как Иеремия. |
ЯхІу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тІеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дІахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хІума шена хиъча, УръяхІу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дІавахара. | Когда услышал слова его царь Иоаким и все вельможи его и все князья, то искал царь умертвить его. Услышав об этом, Урия убоялся и убежал, и удалился в Египет. |
Амма ЯхІу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Іахбаран кІант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина, | Но царь Иоаким и в Египет послал людей: Елнафана, сына Ахборова, и других с ним. |
цигара УръяхІу схьавалавайтира. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.) | И вывели Урию из Египта и привели его к царю Иоакиму, и он умертвил его мечом и бросил труп его, где были простонародные гробницы. |
Амма Шапанин кІант Ахьикхам Ярми-ЯхІуна тІехІоьттира, цундела иза халкъан кара дІа ца велира, цаьрга ца вейтархьама. | Но рука Ахикама, сына Сафанова, была за Иеремию, чтобы не отдавать его в руки народа на убиение». |
ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь хилла дІахІоьттинчу дуьххьарчу заманахь Везачу Элера хІара хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. | В начале царствования Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского, было слово сие к Иеремии от Господа: |
Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхІу, цІоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тІедилла. | так сказал мне Господь: сделай себе узы и ярмо и возложи их себе на выю; |
И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Іамминарчу а, Цора-гІаларчу а, ЦІаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу гархьама баьхкинчу векалшкахула дІадахьийта. | и пошли такие же к царю Идумейскому, и к царю Моавитскому, и к царю сыновей Аммоновых, и к царю Тира, и к царю Сидона, через послов, пришедших в Иерусалим к Седекии, царю Иудейскому; |
ХІара дешнаш цу паччахьашка дІаалар цу векалшна тІедилла: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: шайн паччахьашка иштта дІаала: | и накажи им сказать государям их: так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: так скажите государям вашим: |
‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало. | Я сотворил землю, человека и животных, которые на лице земли, великим могуществом Моим и простёртою мышцею Моею, и отдал её, кому Мне благоугодно было. |
Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. | И ныне Я отдаю все земли сии в руку Навуходоносора, царя Вавилонского, раба Моего, и даже зверей полевых отдаю ему на служение. |
Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кІантана а, цуьнан кІентан кІантана а гІуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тІекхаччалц. ТІаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтІахь бийр бу. | И все народы будут служить ему и сыну его и сыну сына его, доколе не придёт время и его земле и ему самому; и будут служить ему народы многие и цари великие. |
Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц. | И если какой народ и царство не захочет служить ему, Навуходоносору, царю Вавилонскому, и не подклонит выи своей под ярмо царя Вавилонского,— этот народ Я накажу мечом, голодом и моровою язвою, говорит Господь, доколе не истреблю их рукою его. |
Ла ма догІа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гІенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтІахь хила ца деза›. | И вы не слушайте своих пророков и своих гадателей, и своих сновидцев, и своих волшебников, и своих звездочётов, которые говорят вам: «не будете служить царю Вавилонскому». |
Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тІера гена дІалахкийтархьама. Аса шу дІалохкур дара, ткъа шу хІаллакьхир дара. | Ибо они пророчествуют вам ложь, чтобы удалить вас из земли вашей, и чтобы Я изгнал вас и вы погибли. |
Бавелан паччахьан дукъ тІе а эцна, цунна гІуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тІехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тІехь гІуллакх а деш, цу тІехь дехар ду’, – боху Везачу Эло“». | Народ же, который подклонит выю свою под ярмо царя Вавилонского и станет служить ему, Я оставлю на земле своей, говорит Господь, и он будет возделывать её и жить на ней. |
И хаам а аса ЯхІудан паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІакхачийра. Аса элира: «ОхьатаІае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гІуллакх а деш саца – дийна дуьсур ду шу. | И Седекии, царю Иудейскому, я говорил всеми сими словами и сказал: подклоните выю свою под ярмо царя Вавилонского и служите ему и народу его, и будете живы. |
ХІунда хуьлуш ду хІаллак хьо а, хьан къам а тур а, мацалла а, Іожаллин ун а бахьана долуш? Везачу Эло и дерриг а Бавелан паччахьна муьтІахь ца хиллачу къомана хир ду аьлла ма ду. | Зачем умирать тебе и народу твоему от меча, голода и моровой язвы, как изрёк Господь о том народе, который не будет служить царю Вавилонскому? |
Ла ма дийгІийша шайга: „Бавелан паччахьан кара шу гІур дац“, – бохуш болчу пайхамаршка. Цара шуна бо хаамаш харц бу. | И не слушайте слов пророков, которые говорят вам: «не будете служить царю Вавилонскому»; ибо они пророчествуют вам ложь. |
Уьш Аса баийтина бац шу долчу, – боху Везачу Эло. – Цара Сан цІарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дІалохкур а ду, ткъа шу хІаллак а хир ду – шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а». | Я не посылал их, говорит Господь; и они ложно пророчествуют именем Моим, чтоб Я изгнал вас и чтобы вы погибли,— вы и пророки ваши, пророчествующие вам. |
Динан дайшка а, дерриг халкъе а аса элира: «Иштта боху Везачу Эло: „‘Везачу Элан цІа чуьра дІаяьхьна йолу пхьегІаш кестта Бавел-махкара юхаерзор ю’, – бохуш болчу шайн пайхамаршка ла ма догІа. Цара шуна харцхаамаш бо. | И священникам и всему народу сему я говорил: так говорит Господь: не слушайте слов пророков ваших, которые пророчествуют вам и говорят: «вот, скоро возвращены будут из Вавилона сосуды дома Господня»; ибо они пророчествуют вам ложь. |
Цаьрга ла а ца дугІуш, Бавелан паччахьна муьтІахь хила, тІаккха шу дийна дуьсур ду. ХІара гІала, къапалг а йина, хІунда хІаллакйина яра? | Не слушайте их, служите царю Вавилонскому и живите; зачем доводить город сей до опустошения? |
Нагахь санна уьш пайхамарш а белахь, цаьргахь Сан дош а делахь, цара массо а ницкъийн Везачу Эле шайн доІанашца деха деза Везачу Элан цІа чохь а, яхІудхойн паччахьан цІа чохь а, Ярушалаймехь а йисина йолу еза пхьегІаш Бавеле дІа ма яхьийта аьлла“». | А если они пророки, и если у них есть слово Господне, то пусть ходатайствуют пред Господом Саваофом, чтобы сосуды, остающиеся в доме Господнем и в доме царя Иудейского и в Иерусалиме, не перешли в Вавилон. |
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цІестан бІогІамех а, цІестан хІордах а, цІестан кІелхІотторгех а, иштта хІокху гІалахь йисначу кхийолчу хІуманех лаьцна. | Ибо так говорит Господь Саваоф о столбах и о [медном] море и о подножиях и о прочих вещах, оставшихся в этом городе, |
(Уьш Набухди-Нецара ша яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а цІеяхана болу массо а нах Бавеле дІабуьгучу хенахь цига дІа ца яьхьнера.) | которых Навуходоносор, царь Вавилонский, не взял, когда Иехонию, сына Иоакима, царя Иудейского, и всех знатных Иудеев и Иерусалимлян вывел из Иерусалима в Вавилон, |
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цІа чохь а, яхІудхойн паччахьан цІа чохь а, Ярушалайм-гІалахь а йисначу хІуманех лаьцна иштта боху: | ибо так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев, о сосудах, оставшихся в доме Господнем и в доме царя Иудейского и в Иерусалиме: |
«Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю». | они будут отнесены в Вавилон и там останутся до того дня, когда Я посещу их, говорит Господь, и выведу их и возвращу их на место сие. |
Оццу шарахь, яхІудхойн паччахьо ЦІадукъ-ЯхІус олалла дечу дуьххьарчу заманахь – доьалгІачу шеран, пхоьалгІачу баттахь цуьнан паччахьаллехь – ГавІонера пайхамар волу Іазуран кІант Хьанан-ЯхІу соьга вистхилира. Везачу Элан цІийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхІус соьга элира: | В тот же год, в начале царствования Седекии, царя Иудейского, в четвёртый год, в пятый месяц, Анания, сын Азура, пророк из Гаваона, говорил мне в доме Господнем пред глазами священников и всего народа и сказал: |
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ. | так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: сокрушу ярмо царя Вавилонского; |
Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цІа чуьра Бавеле дІаяьхьна йолу ерриге а хІуманаш. | через два года Я возвращу на место сие все сосуды дома Господня, которые Навуходоносор, царь Вавилонский, взял из сего места и перенёс их в Вавилон; |
ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара Бавеле дІабигна болу массо а йийсархой а Аса хІокху метте юхаберзор бу, – боху Везачу Эло. – Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхІудхошна тІедиллина долу дукъ“». | и Иехонию, сына Иоакима, царя Иудейского, и всех пленных Иудеев, пришедших в Вавилон, Я возвращу на место сие, говорит Господь; ибо сокрушу ярмо царя Вавилонского. |
ТІаккха Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхІуга вистхилира. | И сказал Иеремия пророк пророку Анании пред глазами священников и пред глазами всего народа, стоявших в доме Господнем,— |
Ярми-ЯхІу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цІийнан хІуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хІокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цІарах аьлла долу дешнаш! | и сказал Иеремия пророк: да будет так, да сотворит сие Господь! да исполнит Господь слова твои, какие ты произнёс о возвращении из Вавилона сосудов дома Господня и всех пленников на место сие! |
Амма ахьа ладогІалахь аса хІинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга. | Только выслушай слово сие, которое я скажу вслух тебе и вслух всего народа: |
Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тІом а, бохам а, ун а хир ду аьлла. | пророки, которые издавна были прежде меня и прежде тебя, предсказывали многим землям и великим царствам войну и бедствие и мор. |
Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тІелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц». | Если какой пророк предсказывал мир, то тогда только он признаваем был за пророка, которого истинно послал Господь, когда сбывалось слово того пророка. |
ТІаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхІус Ярми-ЯхІун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра. | Тогда пророк Анания взял ярмо с выи Иеремии пророка и сокрушил его. |
Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхІус хІара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІу-пайхамар шен новкъа дІавахара. | И сказал Анания пред глазами всего народа сии слова: так говорит Господь: так сокрушу ярмо Навуходоносора, царя Вавилонского, через два года, [сняв его] с выи всех народов. И пошёл Иеремия своею дорогою. |
Хьанан-ЯхІу-пайхамаро Ярми-ЯхІу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тІаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхІуга: | И было слово Господне к Иеремии после того, как пророк Анания сокрушил ярмо с выи пророка Иеремии: |
«Ваха а гІой, Хьанан-ЯхІуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’. | иди и скажи Анании: так говорит Господь: ты сокрушил ярмо деревянное, и сделаешь вместо него ярмо железное. |
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кІелахь хилийта. Уьш цунна гІуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дІаелла’“». | Ибо так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: железное ярмо возложу на выю всех этих народов, чтобы они работали Навуходоносору, царю Вавилонскому, и они будут служить ему, и даже зверей полевых Я отдал ему. |
Ярми-ЯхІу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхІу-пайхамаре: «ЛадогІал соьга, Хьанан-ЯхІу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хІара халкъ харцхаамах тешийтина. | И сказал пророк Иеремия пророку Анании: послушай, Анания: Господь тебя не посылал, и ты обнадёживаешь народ сей ложно. |
Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дІавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхІу. Хьо кху шарахь лийр ву, хІунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“». | Посему так говорит Господь: вот, Я сброшу тебя с лица земли; в этом же году ты умрёшь, потому что ты говорил вопреки Господу. |
Цу шеран ворхІалгІачу баттахь Хьанан-ЯхІу-пайхамар велира. | И умер пророк Анания в том же году, в седьмом месяце. |
Ярушалаймера Ярми-ЯхІу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дІабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. | И вот слова письма, которое пророк Иеремия послал из Иерусалима к остатку старейшин между переселенцами и к священникам, и к пророкам, и ко всему народу, которых Навуходоносор вывел из Иерусалима в Вавилон,— |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.