che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
НеІалт хуьлда: «Хьуна кІант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана.
Проклят человек, который принёс весть отцу моему и сказал: «у тебя родился сын», [и] тем очень обрадовал его.
Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий,
И да будет с тем человеком, что с городами, которые разрушил Господь и не пожалел; да слышит он утром вопль и в полдень рыдание
сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна!
за то, что он не убил меня в самой утробе — так, чтобы мать моя была мне гробом, и чрево её оставалось вечно беременным.
ХІунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Іийжамаш, бохамаш бен суна гина хІумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьІаьржачу хІоттарца чекхдер ду.
Для чего вышел я из утробы, чтобы видеть труды и скорби, и чтобы дни мои исчезали в бесславии?
Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь:
Слово, которое было к Иеремии от Господа, когда царь Седекия прислал к нему Пасхора, сына Молхиина, и Софонию, сына Маасеи священника, сказать [ему]:
«Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хІунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тІом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Іаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дІа а волуьйтуш».
«вопроси о нас Господа, ибо Навуходоносор, царь Вавилонский, воюет против нас; может быть, Господь сотворит с нами что-либо такое, как все чудеса Его, чтобы тот отступил от нас».
ТІаккха Ярми-ЯхІус цаьрга элира: «ЦІадукъ-ЯхІуга иштта дІаала:
И сказал им Иеремия: так скажите Седекии:
„Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тІемалой гІалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца а хІинца гІалин пенашна арахула тІом беш бу. Амма Аса и тІемалой гІалин юккъе юхаберзор бу.
так говорит Господь, Бог Израилев: вот, Я обращу назад воинские орудия, которые в руках ваших, которыми вы сражаетесь с царём Вавилонским и с Халдеями, осаждающими вас вне стены, и соберу оные посреди города сего;
Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тІом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, чІогІачу моханца а.
и Сам буду воевать против вас рукою простёртою и мышцею крепкою, во гневе и в ярости и в великом негодовании;
Аса тухур ю Ярушалаймехь бехаш болчарна – адамашна а, бежанашна а. Іожаллин ун бахьана долуш лийр бу уьш.
и поражу живущих в сём городе — и людей и скот; от великой язвы умрут они.
Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо...
А после того, говорит Господь, Седекию, царя Иудейского, слуг его и народ, и оставшихся в городе сём от моровой язвы, меча и голода, предам в руки Навуходоносора, царя Вавилонского, и в руки врагов их и в руки ищущих души их; и он поразит их остриём меча и не пощадит их, и не пожалеет и не помилует.
Цу халкъе кхин а дІаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘ХІинца Аса шуна дахарна тІебоьду некъ а, Іожаллина тІебоьду некъ а дІакховдабо.
И народу сему скажи: так говорит Господь: вот, Я предлагаю вам путь жизни и путь смерти:
ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду.
кто останется в этом городе, тот умрёт от меча и голода и моровой язвы; а кто выйдет и предастся Халдеям, осаждающим вас, тот будет жив, и душа его будет ему вместо добычи;
Аса сацам бина хІокху гІалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, – боху Везачу Эло. – Ярушалайм-гІала бавелхойн паччахьан кара дІалур ю, ткъа цо иза цІергахь ягор ю’“».
ибо Я обратил лице Моё против города сего, говорит Господь, на зло, а не на добро; он будет предан в руки царя Вавилонского, и тот сожжёт его огнём.
ЯхІудхойн паччахьан цІийнах лаьцна Везачу Эло суна тІедиллира иштта дІаала аьлла: «Везачу Элера болчу хааме ладогІа!
И дому царя Иудейского [скажи]: слушайте слово Господне:
Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана.
дом Давидов! так говорит Господь: с раннего утра производите суд и спасайте обижаемого от руки обидчика, чтобы ярость Моя не вышла, как огонь, и не разгорелась по причине злых дел ваших до того, что никто не погасит.
ТогІин яхархо йолу Ярушалайм-гІала, тІапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, – боху Везачу Эло. – Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дІалечкъийла цхьаммо а дІалоцур яц“.
Вот, Я — против тебя, жительница долины, скала равнины, говорит Господь,— против вас, которые говорите: «кто выступит против нас и кто войдёт в жилища наши?»
Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду».
Но Я посещу вас по плодам дел ваших, говорит Господь, и зажгу огонь в лесу вашем, и пожрёт всё вокруг него.
Везачу Эло иштта боху: «ЯхІудхойн паччахьан цІа а гІой, цигахь хІара дешнаш дІаала:
Так сказал Господь: сойди в дом царя Иудейского и произнеси слово сие
„Дауд-паччахьан тІаьхьенах волу яхІудхойн паччахь, ладогІа Везачу Элера болчу хааме – ахь а, хьан тхьамданаша а, хІокху кевнехула дІасалелаш долчу хьан халкъо а ладогІа!
и скажи: выслушай слово Господне, царь Иудейский, сидящий на престоле Давидовом, ты, и слуги твои, и народ твой, входящие сими воротами.
Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гІело йинарг гІело еш волчух ларве, тІевеаначу стагана гІело ма е, иза дІа а ма тетта, бай а, бисина Іаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цІий а ма Іанаде хІокху меттехь.
Так говорит Господь: производите суд и правду и спасайте обижаемого от руки притеснителя, не обижайте и не тесните пришельца, сироты и вдовы, и невинной крови не проливайте на месте сём.
Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тІаьхьенах болу паччахьаш хІокху паччахьан цІенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гІудалкхашна а, говрашна а тІе а хийшина, кхузахула чубогІур бу.
Ибо если вы будете исполнять слово сие, то будут входить воротами дома сего цари, сидящие вместо Давида на престоле его, ездящие на колеснице и на конях, сами и слуги их и народ их.
Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“».
А если не послушаете слов сих, то Мною клянусь, говорит Господь, что дом сей сделается пустым.
ЯхІудхойн паччахьан цІийнах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «ГалІад-мохк я Ливанун-лам санна хаза хьо Суна хетахь а, шен гІаланашкахь цкъа а адам дехаш йоцу яьсса аре санна йийр ю Аса хьох.
Ибо так говорит Господь дому царя Иудейского: Галаад ты у Меня, вершина Ливана; но Я сделаю тебя пустынею и города необитаемыми
Аса шуна шу хІаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хІораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цІерга кхуьссур ду.
и приготовлю против тебя истребителей, каждого со своими орудиями, и срубят лучшие кедры твои и бросят в огонь.
Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хІокху гІалина уллохула тІехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХІунда дина те Везачу Эло хІокху тайпана гІуллакх хІокху йоккхачу гІалина?“
И многие народы будут проходить через город сей и говорить друг другу: «за что Господь так поступил с этим великим городом?»
Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дІа а теттина, кхечу деланашна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, уьш лелла дела“».
И скажут в ответ: «за то, что они оставили завет Господа Бога своего и поклонялись иным богам и служили им».
Веллачу паччахьах белхар а ма хІиттаде, иза дІакхалхарх тийжарш а ма хІиттаде. ХІетте а, даггара тийжа цуьнан кІантана, хІинца йийсаре дІавуьгуш волчу, иза кхин цкъа а цІа ца верзарна а, ша вина мохк цунна кхин ца гарна а.
Не плачьте об умершем и не жалейте о нём; но горько плачьте об отходящем в плен, ибо он уже не возвратится и не увидит родной страны своей.
Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах Шалумах (шен да волчу Юши-ЯхІул тІаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дІавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац.
Ибо так говорит Господь о Саллуме, сыне Иосии, царе Иудейском, который царствовал после отца своего, Иосии, и который вышел из сего места: он уже не возвратится сюда,
Иза мисархоша ша дІавигначу меттехь лийр а ву, цунна хІара мохк кхин гур а бац».
но умрёт в том месте, куда отвели его пленным, и более не увидит земли сей.
Декъаза ву шен паччахьан цІенош хьарамлонца дийриг, цІенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург.
Горе тому, кто строит дом свой неправдою и горницы свои беззаконием, кто заставляет ближнего своего работать даром и не отдаёт ему платы его,
Цо боху: «Аса сайна доккха цІа дийр ду, шена чохь паргІат чоьнаш а йолуш». Цо даккхий кораш а доху, пенаш баганан дечигца кечдо, царна цІен басар а хьокху.
кто говорит: «построю себе дом обширный и горницы просторные»,— и прорубает себе окна, и обшивает кедром, и красит красною краскою.
Кхечарал айхьа баганан диттах дико чоьнаш кечйича, хьо паччахь хир ву моьтту хир ду хьуна? Хьан ден, кхечеран санна, даар-малар дара, амма цо нийсо а, бакъдерг а лелайора, ткъа цундела цуьнан аьтто хуьлура.
Думаешь ли ты быть царём, потому что заключил себя в кедр? отец твой ел и пил, но производил суд и правду, и потому ему было хорошо.
Къен а, миска а волчун гІуллакх цо нийсонца къастадора. Цундела иза дика вехаш вара. Иза дац те Со вовзар? – боху Везачу Эло. –
Он разбирал дело бедного и нищего, и потому ему хорошо было. Не это ли значит знать Меня? говорит Господь.
Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац.
Но твои глаза и твоё сердце обращены только к твоей корысти и к пролитию невинной крови, к тому, чтобы делать притеснение и насилие.
Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“
Посему так говорит Господь о Иоакиме, сыне Иосии, царе Иудейском: не будут оплакивать его: «увы, брат мой!» и: «увы, сестра!» Не будут оплакивать его: «увы, государь!» и: «увы, его величие!»
Хьо, вир дІа-ма-йоллара, дІавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду».
Ослиным погребением будет он погребён; вытащат его и бросят далеко за ворота Иерусалима.
«Ливанунан лаьмнаш тІе а валий, мохь тоха! Башан-махкахь мохь а бетта, Ярушалайман халкъ, Іабариман лаьмнаш тІера хьан аз а айде. хІунда аьлча массо а хьан бартхой эшийна бу.
Взойди на Ливан и кричи, и на Васане возвысь голос твой и кричи с Аварима, ибо сокрушены все друзья твои.
Хьо сашортехь бехачу хенахь, Ас хьоьга дІахьедира, амма ахьа ладугІур дац элира. Хьо къона долчу хенахь дуьйна а ахьа ла ца дугІура Аса бохучуьнга.
Я говорил тебе во время благоденствия твоего; но ты сказал: «не послушаю». Таково было поведение твоё с самой юности твоей, что ты не слушал гласа Моего.
Хьан массо а баьчча мохо дІахьур ву, ткъа хьан бартхой йийсаре буьгур бу. ТІаккха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ву, айхьа мел лелийна зуламаш бахьана долуш.
Всех пастырей твоих унесёт ветер, и друзья твои пойдут в плен; и тогда ты будешь постыжен и посрамлён за все злодеяния твои.
Ливанунерчу дечигах йинчу гІалахь вехаш волу хьо, баганан диттан дечигах динчу цІеношкахь Іаш волу хьо, ма узарш дийр ду ахь, хьайна бохам тІебеача, берах хьийзо зудчун лазарш санна хир бу иза!»
Живущий на Ливане, гнездящийся на кедрах! как жалок будешь ты, когда постигнут тебя муки, как боли женщины в родах!
«Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант ЯхІу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пІелгара мухІар хилча а, Аса хьо цу тІера схьа а ваьккхина,
Живу Я, сказал Господь: если бы Иехония, сын Иоакима, царь Иудейский, был перстнем на правой руке Моей, то и отсюда Я сорву тебя
хьан са лоьхуш болчеран кара а дІалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дІалур ву.
и отдам тебя в руки ищущих души твоей и в руки тех, которых ты боишься, в руки Навуходоносора, царя Вавилонского, и в руки Халдеев,
Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду.
и выброшу тебя и твою мать, которая родила тебя, в чужую страну, где вы не родились, и там умрёте;
Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац».
а в землю, куда душа их будет желать возвратиться, туда не возвратятся.
ЯхІу-Яхин цІе йолу хІара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХІунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дІа?
«Неужели этот человек, Иехония, есть создание презренное, отверженное? или он — сосуд непотребный? за что они выброшены — он и племя его, и брошены в страну, которой не знали?»
Ва ЯхІудан латта! Аса хьоьга чІогІа доьху, Везачу Элера болчу хІокху хааме ладогІа!
О, земля, земля, земля! слушай слово Господне.
Иштта боху Везачу Эло: «ДІаязде цу стагах лаьцна, тІаьхье йоцуш волчу стагах санна, шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна, хІунда аьлча цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Дауд-паччахьан цІийнах ша хиларна, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дийр ду».
Так говорит Господь: запишите человека сего лишённым детей, человеком злополучным во дни свои, потому что никто уже из племени его не будет сидеть на престоле Давидовом и владычествовать в Иудее.
«Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло.
Горе пастырям, которые губят и разгоняют овец паствы Моей! говорит Господь.
Цундела Шен къомана тІехь Іуналла дан дезаш болчу Іуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагІий дІасалаьхкина, аша царна Іуналла а ца дина. Цундела Аса таІзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. –
Посему так говорит Господь, Бог Израилев, к пастырям, пасущим народ Мой: вы рассеяли овец Моих, и разогнали их, и не смотрели за ними; вот, Я накажу вас за злые деяния ваши, говорит Господь.
Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю.
И соберу остаток стада Моего из всех стран, куда Я изгнал их, и возвращу их во дворы их; и будут плодиться и размножаться.
Аса цунна тІехь дола дийр долу Іуй дІахІиттор бу. ТІаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», – боху Везачу Эло.
И поставлю над ними пастырей, которые будут пасти их, и они уже не будут бояться и пугаться, и не будут теряться, говорит Господь.
«ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
Вот, наступают дни, говорит Господь, и восставлю Давиду Отрасль праведную, и воцарится Царь, и будет поступать мудро, и будет производить суд и правду на земле.
Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“.
Во дни Его Иуда спасётся и Израиль будет жить безопасно; и вот имя Его, которым будут называть Его: «Господь оправдание наше!»
Иштта, тІекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чІагІо йийр йоцу.
Посему, вот наступают дни, говорит Господь, когда уже не будут говорить: «жив Господь, Который вывел сынов Израилевых из земли Египетской»,
Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тІехь дехар ду».
но: «жив Господь, Который вывел и Который привёл племя дома Израилева из земли северной и из всех земель, куда Я изгнал их», и будут жить на земле своей.
ХІара дешнаш пайхамарех лаьцна ду.
О пророках. Сердце моё во мне раздирается, все кости мои сотрясаются; я — как пьяный, как человек, которого одолело вино, ради Господа и ради святых слов Его,
Далла тешаме боцучарах мохк буьзна. Церан дахар вочунна тІедирзина ду, цара харцонца нахана шайн ницкъ бо. Везачу Элан неІалт хилар бахьана долуш, латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу дежийлаш якъаелла Іохкуш ю.
потому что земля наполнена прелюбодеями, потому что плачет земля от проклятия; засохли пастбища пустыни, и стремление их — зло, и сила их — неправда,
«Пайхамарш а, динан дай а Іеса бу, – боху Везачу Эло, – ур-атталла Сайн цІа чохь а церан Іесалла хааелла Суна.
ибо и пророк и священник — лицемеры; даже в доме Моём Я нашёл нечестие их, говорит Господь.
Цундела церан некъ царна хир бу, боданехь нах шоьршуьйтуш болу. ДІа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу. Царна таІзар дечу деношкахь Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, – боху Везачу Эло. –
За то путь их будет для них, как скользкие места в темноте: их толкнут, и они упадут там; ибо Я наведу на них бедствие, год посещения их, говорит Господь.
Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хІума гина Суна: цара БаІалан цІарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара.
И в пророках Самарии Я видел безумие; они пророчествовали именем Ваала, и ввели в заблуждение народ Мой, Израиля.
Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу».
Но в пророках Иерусалима вижу ужасное: они прелюбодействуют и ходят во лжи, поддерживают руки злодеев, чтобы никто не обращался от своего нечестия; все они предо Мною — как Содом, и жители его — как Гоморра.
ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна: «Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга, дІаьвше хи а молуьйтур ду, хІунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тІера массо а лаьтта тІехь Іесалла яьржина».
Посему так говорит Господь Саваоф о пророках: вот, Я накормлю их полынью и напою их водою с жёлчью, ибо от пророков Иерусалимских нечестие распространилось на всю землю.
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догІа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац.
Так говорит Господь Саваоф: не слушайте слов пророков, пророчествующих вам: они обманывают вас, рассказывают мечты сердца своего, [а] не от уст Господних.
Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богІур бац“».
Они постоянно говорят пренебрегающим Меня: «Господь сказал: мир будет у вас». И всякому, поступающему по упорству своего сердца, говорят: «не придёт на вас беда».
Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгІна, Цо бохург дІахезнарг?
Ибо кто стоял в совете Господа и видел и слышал слово Его? Кто внимал слову Его и услышал?
Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю.
Вот, идёт буря Господня с яростью, буря грозная, и падёт на главу нечестивых.
Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Ша мел дан леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах дика кхетар ду.
Гнев Господа не отвратится, доколе Он не совершит и доколе не выполнит намерений сердца Своего; в последующие дни вы ясно уразумеете это.
Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хІумма а ца дийцира, амма цара Сан цІарах хаамаш бина.
Я не посылал пророков сих, а они сами побежали; Я не говорил им, а они пророчествовали.
Уьш Сан стигаларчу гуламехь хиллехьара, цара Сан дешнаш Сан халкъе дІакхачийна а хир дара, цара и халкъ шен вочу некъа тІера юьстахдалийтина а хир дара, зуламе гІуллакхаш дечуьра сацийна а хир дара.
Если бы они стояли в Моём совете, то объявили бы народу Моему слова Мои и отводили бы их от злого пути их и от злых дел их.
Со шуна уллохь волуш бен вац те Дела? – боху Везачу Эло. – Со шуна генахь хилча а ву шуна Дела, Со массанхьа а ву!
Разве Я — Бог [только] вблизи, говорит Господь, а не Бог и вдали?
ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. –
Может ли человек скрыться в тайное место, где Я не видел бы его? говорит Господь. Не наполняю ли Я небо и землю? говорит Господь.
Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“.
Я слышал, что говорят пророки, Моим именем пророчествующие ложь. Они говорят: «мне снилось, мне снилось».
Мел дахлур ду иза? Дукха лелар буй те и пайхамарш харцдерг а дуьйцуш, шайн дегнашкара болу хаамаш а беш?
Долго ли это будет в сердце пророков, пророчествующих ложь, пророчествующих обман своего сердца?
Вовшашка дуьйцучу гІенаша Сан халкъе Сан цІе йицйойтур ю моьтту царна, БаІал бахьана долуш церан дайшна Сан цІе йицъелла ма-хиллара.
Думают ли они довести народ Мой до забвения имени Моего посредством снов своих, которые они пересказывают друг другу, как отцы их забыли имя Моё из-за Ваала?
ГІан гина волчу пайхамаро, шена гІенах гинарг гІан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дІадийца деза. Кегаш цІена кІа ма дац! – боху Везачу Эло. –
Пророк, который видел сон, пусть и рассказывает его как сон; а у которого Моё слово, тот пусть говорит слово Моё верно. Что общего у мякины с чистым зерном? говорит Господь.
Соьгара болу хаам цІе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу.
Слово Моё не подобно ли огню, говорит Господь, и не подобно ли молоту, разбивающему скалу?
Иза иштта хилча, – боху Везачу Эло, – вовшашкара Сан дешнаш лечкъадеш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со.
Посему, вот Я — на пророков, говорит Господь, которые крадут слова Мои друг у друга.
Иштта, – боху Везачу Эло, – шайгара хаамаш беш белахь а, Соьгара и хаамаш бу бохуш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со.
Вот, Я — на пророков, говорит Господь, которые действуют своим языком, а говорят: «Он сказал».
Харцонех дуьзна гІенаш дІадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, – боху Везачу Эло. – ГІенаш дІа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Іехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», – боху Везачу Эло.
Вот, Я — на пророков ложных снов, говорит Господь, которые рассказывают их и вводят народ Мой в заблуждение своими обманами и обольщением, тогда как Я не посылал их и не повелевал им, и они никакой пользы не приносят народу сему, говорит Господь.
«ХІокху халкъо, я пайхамаро, я динан дас „Везачу Элан хааман мохь хІун бу?“ аьлла, хаттар дахь, ахьа, Ярми-ЯхІу, цаьрга ала деза: „Шу Везачу Элан хала мохь бу, иза Цо охьа а тосур бу“, – боху Везачу Эло. –
Если спросит у тебя народ сей, или пророк, или священник: «какое бремя от Господа?», то скажи им: «какое бремя? Я покину вас, говорит Господь».
Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“ алахь, аса цу стагана а, цуьнан цІенна а таІзар дийр ду.
Если пророк, или священник, или народ скажет: «бремя от Господа», Я накажу того человека и дом его.
Цундела вовшашка а, вашас веше а иштта ала: „ХІун жоп делира Везачу Эло?“, я „ХІун элира Везачу Эло?“
Так говорите друг другу и брат брату: «что ответил Господь?» или: «что сказал Господь?»
Ткъа „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш цкъа а шайгара ма хазийта, хІунда аьлча и мохь Везачу Элера бу шаьш алахь а, иза стага ша кхоьллина дешнаш бен дац. Иштта, „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш а далош, дийна волу Дела а, массо а ницкъийн Веза Эла а, вайн Дела а Волчун дешнаш харцахьа туьду аша.
А этого слова: «бремя от Господа», впредь не употребляйте: ибо бременем будет [такому] человеку слово его, потому что вы извращаете слова живаго Бога, Господа Саваофа Бога нашего.
Ахьа иштта хатта деза пайхамаре: „Муха жоп делира Везачу Эло?“ я „ХІун элира Везачу Эло?“
Так говори пророку: «что ответил тебе Господь?» или: «что сказал Господь?»
Амма аша „Везачу Элера болу мохь бу сан“ алахь, Везачу Эло иштта боху: Аса шуна „Везачу Элера болу мохь бу сан“ ала дихкинера, амма аша, Соьга ла а ца дугІуш, и дешнаш даладо.
А если вы ещё будете говорить: «бремя от Господа», то так говорит Господь: за то, что вы говорите слово сие: «бремя от Господа», тогда как Я послал сказать вам: «не говорите: бремя от Господа»,—
Цундела беза мохь санна долу шу Аса, хьала а айина, дІакхуьссур ма ду. Шу а, шун дайшна Аса дІаелла гІала а Аса Сайна уллора дІатоттур ю.
за то, вот, Я забуду вас вовсе и оставлю вас, и город сей, который Я дал вам и отцам вашим, отвергну от лица Моего
Аса цкъа а йицлур йоцу юьхьІаьржо а, гуттара а хир йолу сийсазалла а тІейоуьйтур ю шуна».
и положу на вас поношение вечное и бесславие вечное, которое не забудется.
Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.)
Господь показал мне: и вот, две корзины со смоквами поставлены пред храмом Господним, после того, как Навуходоносор, царь Вавилонский, вывел из Иерусалима пленными Иехонию, сына Иоакимова, царя Иудейского, и князей Иудейских с плотниками и кузнецами и привёл их в Вавилон:
Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра.
одна корзина была со смоквами весьма хорошими, каковы бывают смоквы ранние, а другая корзина — со смоквами весьма худыми, которых по негодности [их] нельзя есть.
ТІаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чІогІа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю».
И сказал мне Господь: что видишь ты, Иеремия? Я сказал: смоквы, смоквы хорошие — весьма хороши, а худые — весьма худы, так что их нельзя есть, потому что они очень нехороши.
ТІаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
И было ко мне слово Господне:
«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХІара дика инжираш санна, мостагІаша кхузара дІадигна долу а, Айса хашадхойн махка дІадаийтина долу а ЯхІудан халкъ дика хетар ду Суна.
так говорит Господь, Бог Израилев: подобно этим смоквам хорошим Я признаю хорошими переселенцев Иудейских, которых Я послал из сего места в землю Халдейскую;
Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац.
и обращу на них очи Мои во благо им и возвращу их в землю сию, и устрою их, а не разорю, и насажду их, а не искореню;
Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“.
и дам им сердце, чтобы знать Меня, что Я Господь, и они будут Моим народом, а Я буду их Богом; ибо они обратятся ко Мне всем сердцем своим.
Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, – боху Везачу Эло, – Со хир ву яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хІокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кІелхьарбаьхначаьрца а.
А о худых смоквах, которых и есть нельзя по негодности [их], так говорит Господь: таким Я сделаю Седекию, царя Иудейского, и князей его и прочих Иерусалимлян, остающихся в земле сей и живущих в земле Египетской;
Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду.
и отдам их на озлобление и на злострадание во всех царствах земных, в поругание, в притчу, в посмеяние и проклятие во всех местах, куда Я изгоню их.
Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тІехь уьш хІаллакьхилла дІабовллалц».
И пошлю на них меч, голод и моровую язву, доколе не истреблю их с земли, которую Я дал им и отцам их.
ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь Везачу Элера ЯхІудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дІахІоьттина хьалхара шо дара.)
Слово, которое было к Иеремии о всём народе Иудейском, в четвёртый год Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского,— это был первый год Навуходоносора, царя Вавилонского,—
И хаам пайхамар волчу Ярми-ЯхІус дІакхайкхийра ЯхІуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а дерриге а халкъе.
и которое пророк Иеремия произнёс ко всему народу Иудейскому и ко всем жителям Иерусалима и сказал: