che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхІу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дІабигинчул тІаьхьа.
после того, как вышли из Иерусалима царь Иехония и царица и евнухи, князья Иудеи и Иерусалима, и плотники и кузнецы,—
Ярми-ЯхІус и кехат дІаделира Шапанин кІанте ЭлиІасига а, Хьалкхи-ЯхІун кІанте Гамар-ЯхІуга а. ЯхІудхойн паччахьо ЦІадукъ-ЯхІус уьш Бавел-махкахь волчу Набухди-Нецар-паччахьна тІе дІабахийтинера. Цу кехатан чулацам хІара бара:
через Елеасу, сына Сафанова, и Гемарию, сына Хелкиина, которых Седекия, царь Иудейский, посылал в Вавилон к Навуходоносору, царю Вавилонскому:
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалаймера Бавеле дІабахийтинчу массо а йийсархошка иштта боху:
так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев, всем пленникам, которых Я переселил из Иерусалима в Вавилон:
„Шайна цІенош а дай, цу чохь Іе, бошмаш дІа а йогІа, цу тІера стоьмаш а баа.
стройте домы и живите [в них], и разводите сады и ешьте плоды их;
Зударий а балабе, шайна кІентий а, зудабераш а кхиаде. Шайн кІенташна зударий а балабе, зудабераш маре а дахийта, церан дуккха а кІентий а, зудабераш а хилийта, шаьш кІезиг ца хилийта а, шайн тІаьхье дебийта а.
берите жён и рождайте сыновей и дочерей; и сыновьям своим берите жён и дочерей своих отдавайте в замужество, чтобы они рождали сыновей и дочерей, и размножайтесь там, а не умаляйтесь;
Аса шаьш дІадахийтина йолчу гІалин машар а, беркат а совдаккха гІерта, и гІала Везачу Эле йоьхуш доІанаш а де, хІунда аьлча цу гІалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“.
и заботьтесь о благосостоянии города, в который Я переселил вас, и молитесь за него Господу; ибо при благосостоянии его и вам будет мир.
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гІенаш гушболчеран гІенех а ма теша.
Ибо так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: да не обольщают вас пророки ваши, которые среди вас, и гадатели ваши; и не слушайте снов ваших, которые вам снятся;
Цара Сан цІарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, – боху Везачу Эло.
ложно пророчествуют они вам именем Моим; Я не посылал их, говорит Господь.
Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хІокху метте схьа а дерзош.
Ибо так говорит Господь: когда исполнится вам в Вавилоне семьдесят лет, тогда Я посещу вас и исполню доброе слово Моё о вас, чтобы возвратить вас на место сие.
ХІунда аьлча шуна лерина йолу Сан ойланаш Суна бен ца хаьа, – боху Везачу Эло. – И Сан ойланаш шуна аьттонна ю, шуна вонна яц, сатийсамах дуьзна долу хиндерг шуна дІадала лерина ю уьш.
Ибо [только] Я знаю намерения, какие имею о вас, говорит Господь, намерения во благо, а не на зло, чтобы дать вам будущность и надежду.
Шу Соьга кхойкхуш, доІанаш деш, Со волчу догІучу хенахь, Аса шуьга ладугІур ду.
И воззовёте ко Мне, и пойдёте и помолитесь Мне, и Я услышу вас;
Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь,
и взыщете Меня и найдёте, если взыщете Меня всем сердцем вашим.
Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“.
И буду Я найден вами, говорит Господь, и возвращу вас из плена и соберу вас из всех народов и из всех мест, куда Я изгнал вас, говорит Господь, и возвращу вас в то место, откуда переселил вас.
Аша ала мегар ду: „Везачу Эло Бавелехь а ма белла тхуна пайхамарш“.
Вы говорите: «Господь воздвиг нам пророков и в Вавилоне».
Амма Везачу Эло Даудан гІанта тІехь Іаш волчу паччахьах лаьцна а, иштта кху гІалахь дехаш долчу йийсаре дигаза дисинчу хьан къомахойх лаьцна а иштта боху.
Так говорит Господь о царе, сидящем на престоле Давидовом, и о всём народе, живущем в городе сём, о братьях ваших, которые не отведены с вами в плен,—
Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тІе тІом а, мацалла а, Іожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дІахІиттор бу.
так говорит [о них] Господь Саваоф: вот, Я пошлю на них меч, голод и моровую язву, и сделаю их такими, как негодные смоквы, которых нельзя есть по негодности [их];
Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу.
и буду преследовать их мечом, голодом и моровою язвою, и предам их на озлобление всем царствам земли, на проклятие и ужас, на посмеяние и поругание между всеми народами, куда Я изгоню их,
Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгІна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугІура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дІадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугІура“, – боху Везачу Эло.
за то, что они не слушали слов Моих, говорит Господь, с которыми Я посылал к ним рабов Моих, пророков, посылал с раннего утра, но они не слушали, говорит Господь.
Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дІабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогІа.
А вы, все переселенцы, которых Я послал из Иерусалима в Вавилон, слушайте слово Господне:
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цІарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхІун кІантах Ахьабах а, МаІсей-ЯхІун кІантах ЦІадукъ-ЯхІух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дІалур бу, ткъа цо уьш шун бІаьргашна хьалха хІаллакбийр бу.
так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев, об Ахаве, сыне Колии, и о Седекии, сыне Маасеи, которые пророчествуют вам именем Моим ложь: вот, Я предам их в руки Навуходоносора, царя Вавилонского, и он умертвит их пред вашими глазами.
Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхІудхоша, царах масал а далош, шаьш неІалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цІергахь вагийна волчу ЦІадукъ-ЯхІуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’.
И принято будет от них всеми переселенцами Иудейскими, которые в Вавилоне, проклинать так: «да соделает тебе Господь то же, что Седекии и Ахаву», которых царь Вавилонский изжарил на огне
Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гІуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цІарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хІума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло».
за то, что они делали гнусное в Израиле: прелюбодействовали с жёнами ближних своих и именем Моим говорили ложь, чего Я не повелевал им; Я знаю это, и Я свидетель, говорит Господь.
Нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІуга дІаала:
И Шемаии Нехеламитянину скажи:
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаІсей-ЯхІун кІанте Цапни-ЯхІуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тІехь яздина дара:
так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: за то, что ты посылал письма от имени своего ко всему народу, который в Иерусалиме, и к священнику Софонии, сыну Маасеи, и ко всем священникам, и писал:
‘Хьо Везачу Эло ЯхІу-ЯдаІана метта динан да вина дІахІоттийра, хьоьга Везачу Элан цІийнан керта тІехь куьйгалла дайта а, иштта хІора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гІомат йолла еза.
«Господь поставил тебя священником вместо священника Иодая, чтобы ты был между блюстителями в доме Господнем за всяким человеком, неистовствующим и пророчествующим, и чтобы ты сажал такого в темницу и в колоду:
Ахьа тІех хІунда ца диттира Іанатотхо волчу Ярми-ЯхІуна, шайна юкъахь, иза пайхамар ву бохуш, лелаш хилча?
почему же ты не запретишь Иеремии Анафофскому пророчествовать у вас?
Цо тхо долчу Бавеле а хІара хаам баийтина: ‹Шун йийсарехь хилар деха хир ду. Шайна цІенош а дай, цу чохь Іе, бошмаш дІа а йогІа, цу тІера стоьмаш а баа›’“».
Ибо он и к нам в Вавилон прислал сказать: плен будет продолжителен: стройте домы и живите в них; разводите сады и ешьте плоды их».
Динан да волчу Цапни-ЯхІус и кехат Ярми-ЯхІу-пайхамарна дІадешча,
Когда Софония священник прочитал это письмо вслух пророка Иеремии,
Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира:
тогда было слово Господне к Иеремии:
«Ярми-ЯхІу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хІара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІух лаьцна: ‘ШамІа-ЯхІус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’.
пошли ко всем переселенцам сказать: так говорит Господь о Шемаии Нехеламитянине: за то, что Шемаия у вас пророчествует, а Я не посылал его, и обнадёживает вас ложно,—
И хІума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІуна а, цуьнан тІаьхьенна а таІзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тІаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“...
за то, так говорит Господь: вот, Я накажу Шемаию Нехеламитянина и племя его; не будет от него человека, живущего среди народа сего, и не увидит он того добра, которое Я сделаю народу Моему, говорит Господь; ибо он говорил вопреки Господу.
Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира:
Слово, которое было к Иеремии от Господа:
«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьайга аьлла долу массо а хІума тептар тІе дІаязде,
так говорит Господь, Бог Израилев: напиши себе все слова, которые Я говорил тебе, в книгу.
хІунда аьлча тІекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахІоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тІе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“».
Ибо вот, наступают дни, говорит Господь, когда Я возвращу из плена народ Мой, Израиля и Иуду, говорит Господь; и приведу их опять в ту землю, которую дал отцам их, и они будут владеть ею.
ХІара дешнаш Везачу Эло Исраилан а, ЯхІудан а халкъах лаьцна аьлла ду.
И вот те слова, которые сказал Господь об Израиле и Иуде.
«Иштта боху Везачу Эло: „Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду. Къематан гІовгІа хезаш ю, машар а бац.
Так сказал Господь: голос смятения и ужаса слышим мы, а не мира.
Хаттар а дай, ойла е: боьршачу стага бер дой? Дера ца до. Иштта хилча, хІунда го Суна хІора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тІехь, бер деш йолчу зудчун санна? Церан яххьаш бос байна а хІунда ю?
Спросите и рассудите: рождает ли мужчина? Почему же Я вижу у каждого мужчины руки на чреслах его, как у женщины в родах, и лица у всех бледные?
ЭхІ, ма къемате хир ду и де, цхьа а де цунах тарлур а дац. Якъубан тІаьхьенна иза гІайгІане зама хир ю, амма оцу гІайгІанех и тІаьхье кІелхьаръер ю“».
О, горе! велик тот день, не было подобного ему; это — бедственное время для Иакова, но он будет спасён от него.
«И де тІекхаьчна, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дІадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гІуллакх дойтур дац.
И будет в тот день, говорит Господь Саваоф: сокрушу ярмо его, которое на вые твоей, и узы твои разорву; и не будут уже служить чужеземцам,
Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хІоттор волчу, Даудан тІаьхьенах волчу шайн паччахьна а гІуллакх деш лелар бу.
но будут служить Господу Богу своему и Давиду, царю своему, которого Я восстановлю им.
Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац...
И ты, раб Мой Иаков, не бойся, говорит Господь, и не страшись, Израиль; ибо вот, Я спасу тебя из далёкой страны и племя твоё из земли пленения их; и возвратится Иаков и будет жить спокойно и мирно, и никто не будет устрашать его,
хІунда аьлча Со шуьца ву, шу кІелхьардохур ду – боху Везачу Эло. – Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таІзар дийр ду».
ибо Я с тобою, говорит Господь, чтобы спасать тебя: Я совершенно истреблю все народы, среди которых рассеял тебя, а тебя не истреблю; Я буду наказывать тебя в мере, но ненаказанным не оставлю тебя.
Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахІотталур яц.
Ибо так говорит Господь: рана твоя неисцельна, язва твоя жестока;
Кхелехь къасто дезачу хьан гІуллакхна гІайгІа бан цхьа а вац, хьан цамгар дІаерзо иштта цхьа а вац. Хьуна дан дарба а дац.
никто не заботится о деле твоём, чтобы заживить рану твою; целебного врачевства нет для тебя;
Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
все друзья твои забыли тебя, не ищут тебя; ибо Я поразил тебя ударами неприятельскими, жестоким наказанием за множество беззаконий твоих, потому что грехи твои умножились.
Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
Что вопиешь ты о ранах твоих, о жестокости болезни твоей? по множеству беззаконий твоих Я сделал тебе это, потому что грехи твои умножились.
Хьо мел дІакхоллурш шаьш дІакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагІий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хІонс мел йоккхурш шаьш хІонс хилла дІахІуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дІалур бу.
Но все пожирающие тебя будут пожраны; и все враги твои, все сами пойдут в плен, и опустошители твои будут опустошены, и всех грабителей твоих предам грабежу.
Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“».
Я обложу тебя пластырем и исцелю тебя от ран твоих, говорит Господь. Тебя называли отверженным, говоря: «вот Сион, о котором никто не спрашивает»;
Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю.
так говорит Господь: вот, возвращу плен шатров Иакова и селения его помилую; и город опять будет построен на холме своём, и храм устроится по-прежнему.
Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьІІера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тІаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цІе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.
И вознесутся из них благодарение и голос веселящихся; и Я умножу их, и не будут умаляться, и прославлю их, и не будут унижены.
Сан къоман бераш тохара санна Іийр ду, цуьнан гулам Суна хьалха дІахІуттур бу. Цунна гІело ечарна Аса таІзар дийр ду.
И сыновья его будут, как прежде, и сонм его будет предстоять предо Мною, и накажу всех притеснителей его.
Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тІеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хІунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? – боху Везачу Эло. –
И будет вождь его из него самого, и владыка его произойдёт из среды его; и Я приближу его, и он приступит ко Мне; ибо кто отважится сам собою приблизиться ко Мне? говорит Господь.
Шу Сан къам хилла дІахІуьттур ду, ткъа Со шун Дела хир ву».
И вы будете Моим народом, и Я буду вам Богом.
Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю.
Вот, яростный вихрь идёт от Господа, вихрь грозный; он падёт на голову нечестивых.
Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
Пламенный гнев Господа не отвратится, доколе Он не совершит и не выполнит намерений сердца Своего. В последние дни уразумеете это.
«Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду».
В то время, говорит Господь, Я буду Богом всем племенам Израилевым, а они будут Моим народом.
Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кІелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара».
Так говорит Господь: народ, уцелевший от меча, нашёл милость в пустыне; иду успокоить Израиля.
Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дІа а хІоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам.
Издали явился мне Господь и сказал: любовью вечною Я возлюбил тебя и потому простёр к тебе благоволение.
Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду.
Я снова устрою тебя, и ты будешь устроена, дева Израилева, снова будешь украшаться тимпанами твоими и выходить в хороводе веселящихся;
Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу.
снова разведёшь виноградники на горах Самарии; виноградари, которые будут разводить их, сами будут и пользоваться ими.
Цхьа де догІур ду, гІаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дІакхайкхор деш: „ХьалагІовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тІе хьаладевр ду вай“».
Ибо будет день, когда стражи на горе Ефремовой провозгласят: «вставайте, и взойдём на Сион к Господу Богу нашему».
ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тІаьхьенна эшарш лекха, мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна. Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе, иштта ала: „КІелхьардаккхахьа, Веза Эла, Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“
Ибо так говорит Господь: радостно пойте об Иакове и восклицайте пред главою народов: провозглашайте, славьте и говорите: «спаси, Господи, народ твой, остаток Израиля!»
Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бІаьрзениг а, астагІниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.
Вот, Я приведу их из страны северной и соберу их с краёв земли; слепой и хромой, беременная и родильница вместе с ними,— великий сонм возвратится сюда.
Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
Они пошли со слезами, а Я поведу их с утешением; поведу их близ потоков вод дорогою ровною, на которой не споткнутся; ибо Я — отец Израилю, и Ефрем — первенец Мой.
Халкъаш, ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, хІордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дІахаийталаш: «Исраилан халкъ дІасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Іуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».
Слушайте слово Господне, народы, и возвестите островам отдалённым и скажите: «Кто рассеял Израиля, Тот и соберёт его, и будет охранять его, как пастырь стадо своё»;
Везачу Эло Якъубан тІаьхье мехах паргІатйоккхур ю, цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.
ибо искупит Господь Иакова и избавит его от руки того, кто был сильнее его.
Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
И придут они, и будут торжествовать на высотах Сиона; и стекутся к благостыне Господа, к пшенице и вину и елею, к агнцам и волам; и душа их будет как напоённый водою сад, и они не будут уже более томиться.
«Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гІайгІанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
Тогда девица будет веселиться в хороводе, и юноши и старцы вместе; и изменю печаль их на радость и утешу их, и обрадую их после скорби их.
Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», – боху Везачу Эло.
И напитаю душу священников туком, и народ Мой насытится благами Моими, говорит Господь.
Иштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хІунда аьлча цуьнан бераш дІадевлла ду».
Так говорит Господь: голос слышен в Раме, вопль и горькое рыдание; Рахиль плачет о детях своих и не хочет утешиться о детях своих, ибо их нет.
Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бІаьрхиш а дІадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгІат дийр ду, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш мостагІийн лаьттара юхадоьрзур ду.
Так говорит Господь: удержи голос твой от рыдания и глаза твои от слёз, ибо есть награда за труд твой, говорит Господь, и возвратятся они из земли неприятельской.
Хьан хиндолчунна бу сатийсам, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш шайн махка юхадоьрзур ма ду.
И есть надежда для будущности твоей, говорит Господь, и возвратятся сыновья твои в пределы свои.
Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Іамийнера! ХІинца со юхадерзадехьа, тІаккха со Хьуна тІе юхавоьрзур вара, хІунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
Слышу Ефрема плачущего: «Ты наказал меня, и я наказан, как телец неукротимый; обрати меня, и обращусь, ибо Ты Господь Бог мой.
Хьох дІадирзинчул тІаьхьа, со дохко а даьлла. КараІамийначул тІаьхьа некха тІе куьйгаш деттара ас, хІунда аьлча юьхьІаьржачу а хІиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.
Когда я был обращён, я каялся, и когда был вразумлён, бил себя по бёдрам; я был постыжен, я был смущён, потому что нёс бесславие юности моей».
Эпрайман халкъ Сан хьоме кІант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогІу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло.
Не дорогой ли у Меня сын Ефрем? не любимое ли дитя? ибо, как только заговорю о нём, всегда с любовью воспоминаю о нём; внутренность Моя возмущается за него; умилосержусь над ним, говорит Господь.
ДІахІоттае хьайн некъан билгалонаш, некъ каро тІулгаш хьайна охьадахка. Тидам бе хьо леллачу некъан, хьо дІадуьгуш хиллачу тачанан. ЙоІстаг санна долу Исраилан халкъ, юхадерза хьайн гІаланашка.
Поставь себе путевые знаки, поставь себе столбы, обрати сердце твоё на дорогу, на путь, по которому ты шла; возвращайся, дева Израилева, возвращайся в сии города твои.
Дукха лелар дуй хьо дІасауьдуш, тешаме йоцу йоІ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кІелхьарвоккхур ву.
Долго ли тебе скитаться, отпадшая дочь? Ибо Господь сотворит на земле нечто новое: жена спасёт мужа.
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“.
Так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: впредь, когда Я возвращу плен их, будут говорить на земле Иуды и в городах его сие слово: «да благословит тебя Господь, жилище правды, гора святая!»
ЯхІуд-махкахь кхин цхьаьна Іаш хир бу гІаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаІуй а.
И поселится на ней Иуда и все города его вместе, земледельцы и ходящие со стадами.
ХІора кІадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хІора гІелвелларг Аса кхачанах вузор ву».
Ибо Я напою душу утомлённую и насыщу всякую душу скорбящую.
Со, сама а ваьлла, гонах дІасахьаьжира: сайн гІан чІогІа тайра суна.
При этом я пробудился и посмотрел, и сон мой был приятен мне.
«ТІейогІур ю зама, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан халкъан а, ЯхІудан халкъан а мехкашна тІехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу.
Вот, наступают дни, говорит Господь, когда Я засею дом Израилев и дом Иудин семенем человека и семенем скота.
ДІаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дІадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хІаллакдайта а, цунна тІе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахІиттадайта а, лаьтта тІе дІадогІийта а, – боху Везачу Эло. –
И как Я наблюдал за ними, искореняя и сокрушая, и разрушая и погубляя, и повреждая, так буду наблюдать за ними, созидая и насаждая, говорит Господь.
Цу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“.
В те дни уже не будут говорить: «отцы ели кислый виноград, а у детей на зубах оскомина»,
Амма хІора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю.
но каждый будет умирать за своё собственное беззаконие; кто будет есть кислый виноград, у того на зубах и оскомина будет.
ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу.
Вот наступают дни, говорит Господь, когда Я заключу с домом Израиля и с домом Иуды новый завет,
Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хІунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. –
не такой завет, какой Я заключил с отцами их в тот день, когда взял их за руку, чтобы вывести их из земли Египетской; тот завет Мой они нарушили, хотя Я оставался в союзе с ними, говорит Господь.
ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.
Но вот завет, который Я заключу с домом Израилевым после тех дней, говорит Господь: вложу закон Мой во внутренность их и на сердцах их напишу его, и буду им Богом, а они будут Моим народом.
ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
И уже не будут учить друг друга, брат брата, и говорить: «познайте Господа», ибо все сами будут знать Меня, от малого до большого, говорит Господь, потому что Я прощу беззакония их и грехов их уже не воспомяну более.
Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгІенаш чІогІа гІоьргІуьйтуш, хІорд карзахболуьйту Аса, Сан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Так говорит Господь, Который дал солнце для освещения днём, уставы луне и звёздам для освещения ночью, Который возмущает море, так что волны его ревут; Господь Саваоф — имя Ему.
И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш сецнехьара, – боху Везачу Эло, – Исраилан тІаьхье гуттаренна а Сан халкъ хуьлучуьра дІаер яра».
Если сии уставы перестанут действовать предо Мною, говорит Господь, то и племя Израилево перестанет быть народом предо Мною навсегда.
Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тІаьхье дІатоттур яра цара мел лелийна хІума бахьана долуш», – боху Везачу Эло.
Так говорит Господь: если небо может быть измерено вверху, и основания земли исследованы внизу, то и Я отвергну всё племя Израилево за всё то, что они делали, говорит Господь.
«ТІейогІуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахІоттон йолу зама, – боху Везачу Эло. – Ерриг а гІала юхаметтахІоттор ю Хьананиалан бІаьвнна тІера дуьйна Сонерчу кевнна тІекхаччалц.
Вот, наступают дни, говорит Господь, когда город устроен будет во славу Господа от башни Анамеила до ворот угольных,
Дохалла дустаран тІийраг Сонерачу кевнна тІера ГІарабан гуна тІе а кхочий, ГуІа-метте дІайоьрзур ю.
и землемерная вервь пойдёт далее прямо до холма Гарива и обойдёт Гоаф.
Декъий дІадухкуш йолу а, юкъ тІекхуссуш йолу а тогІи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тІе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тІе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дІахІуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гІала цхьана а заманахь орамашца дІаяьккхина я йохийна кхин хир яц».
И вся долина трупов и пепла, и всё поле до потока Кедрона, до угла конских ворот к востоку, будет святынею Господа; не разрушится и не распадётся вовеки.
Везачу Элера хІара дош кхечира Ярми-ЯхІуга яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волчу уьтталгІачу шарахь. Иза иштта Набухди-Нецар Бавелан паччахь волу берхІитталгІа шо а дара.
Слово, которое было от Господа к Иеремии в десятый год Седекии, царя Иудейского; этот год был восемнадцатым годом Навуходоносора.
Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхІу-пайхамар яхІудхойн паччахьан цІахь йолчу гІаролхойн кертахь чувоьллина вара.
Тогда войско царя Вавилонского осаждало Иерусалим, и Иеремия пророк был заключён во дворе стражи, который был при доме царя Иудейского.
Иза яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус цу чу воьллина вара, хІунда аьлча цо Ярми-ЯхІу иштта бехкевира: «Ахь хІунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, Набухди-Нецара иза дІа а лоцур ю.
Седекия, царь Иудейский, заключил его туда, сказав: «зачем ты пророчествуешь и говоришь: так говорит Господь: вот, Я отдаю город сей в руки царя Вавилонского, и он возьмёт его;
ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву.
и Седекия, царь Иудейский, не избегнет от рук Халдеев, но непременно предан будет в руки царя Вавилонского, и будет говорить с ним устами к устам, и глаза его увидят глаза его;
ЦІадукъ-ЯхІу цо Бавеле дІавуьгур ву. Иза цигахь Іийр ву, Иза цигахь Іийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тІом бахь, шу царал тоьлур дац“».
и он отведёт Седекию в Вавилон, где он и будет, доколе не посещу его, говорит Господь. Если вы будете воевать с Халдеями, то не будете иметь успеха?»