che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Ярми-ЯхІус элира: «Иштта дара Везачу Элера соьга хилла долу дош:
И сказал Иеремия: таково было ко мне слово Господне:
„Хьан ден вешин Шалуман кІант Хьанамиал хьо волчу вогІуш ву хьоьга дІаала: ‘Соьгара Іанатот-гІалахь долу сан кха хьайна дІаэца – вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“».
вот Анамеил, сын Саллума, дяди твоего, идёт к тебе сказать: «купи себе поле моё, которое в Анафофе, потому что по праву родства тебе надлежит купить его».
Сан ден вешин кІанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Іанатот-гІалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дІаэца, хІунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дІаэца». ТІаккха суна хиира соьга хилла х...
И Анамеил, сын дяди моего, пришёл ко мне, по слову Господню, во двор стражи и сказал мне: «купи поле моё, которое в Анафофе, в земле Вениаминовой, ибо право наследства твоё и право выкупа твоё; купи себе». Тогда я узнал, что это было слово Господне.
Аса Іанатот-гІалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхІитта шекхал дети а делира.
И купил я поле у Анамеила, сына дяди моего, которое в Анафофе, и отвесил ему семь сиклей серебра и десять сребренников;
Латта оьцуш яздечу кехатна кІел куьг а яздина, иза мухІарца чІагІ а дина, тешаш схьа а кхайкхина, терзанна тІехь дети уьйзира.
и записал в книгу и запечатал её, и пригласил к тому свидетелей и отвесил серебро на весах.
Цул тІаьхьа аса эцаран кехат схьаийцира – шена тІехь барт а, тІедожорш а яздина долу мухІарца чІагІдина долу кехат а, иштта чІагІдаза долу кехат а.
И взял я купчую запись, как запечатанную по закону и уставу, так и открытую;
Аса иза Махьси-ЯхІун кІентан Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІаделира, сайн ден вешин кІантана Хьанамиалана а, цу кехат кІел куьг яздина болчу тешашна а, гІаролхойн кертахь охьахиъна Іаш мел болчу яхІудхошна а хьалха.
и отдал эту купчую запись Варуху, сыну Нирии, сына Маасеи, в глазах Анамеила, сына дяди моего, и в глазах свидетелей, подписавших эту купчую запись, в глазах всех Иудеев, сидевших на дворе стражи;
Царна хьалха аса Барухана тІедиллира:
и заповедал Варуху в присутствии их:
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ХІара эцаран кехаташ – мухІарца чІагІдина долу кехат а, иштта чІагІдаза долу кехат а – схьа а эций, кхийрачу кхаби чу дІадилла, уьш заманан йохаллехь лардайта“.
так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: возьми сии записи, эту купчую запись, которая запечатана, и эту запись открытую, и положи их в глиняный сосуд, чтобы они оставались там многие дни.
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „ЦІенош а, кхаш а, кемсийн бошмаш а юха а хІокху махкахь оьцуш хир ю“».
Ибо так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: домы и поля и виноградники будут снова покупаемы в земле сей.
Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІа а делла, Везачу Эле доІа дира аса:
И, передав купчую запись Варуху, сыну Нирии, я помолился Господу:
«Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хІума а дац.
«о, Господи Боже! Ты сотворил небо и землю великою силою Твоею и простёртою мышцею; для Тебя ничего нет невозможного;
Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таІзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу!
Ты являешь милость тысячам и за беззаконие отцов воздаёшь в недро детям их после них: Боже великий, сильный, Которому имя Господь Саваоф!
Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало.
Великий в совете и сильный в делах, Которого очи отверсты на все пути сынов человеческих, чтобы воздавать каждому по путям его и по плодам дел его,
Веза Эла, Ахьа инзаре гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хІара хан тІекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хІума бахьана долуш массанхьа а гІараяьлла Хьан цІе.
Который совершил чудеса и знамения в земле Египетской, [и] [совершаешь] до сего дня и в Израиле и между всеми людьми, и соделал Себе имя, как в сей день,
Тамашийна билгалонаш а, инзаре гІуллакхаш а деш, нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, доккхачу къематаца а Хьайн Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхина Ахьа.
и вывел народ Твой Израиля из земли Египетской знамениями и чудесами, и рукою сильною и мышцею простёртою, при великом ужасе,
Ахьа царна хІара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чІагІо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду.
и дал им землю сию, которую дать им клятвенно обещал отцам их, землю, текущую молоком и мёдом.
Цара, цу лаьтта тІе а баьхкина, иза шайн дола даьккхина. Амма Ахьа бохучуьнга цара ла ца дугІура, Хьан товрат-хьехамца уьш ца лелара. Ахьа шайна кхочушдан тІе мел диллинарг цара кхочуш ца дора. И хІума бахьана долуш Ахьа царна тІе и массо а бохамаш баийтина.
Они вошли и завладели ею, но не стали слушать гласа Твоего и поступать по закону Твоему, не стали делать того, что Ты заповедал им делать, и за то Ты навёл на них всё это бедствие.
Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.
Вот, насыпи достигают до города, чтобы взять его; и город от меча и голода и моровой язвы отдаётся в руки Халдеев, воюющих против него; что Ты говорил, то и исполняется, и вот, Ты видишь это.
Ткъа Ахьа, сан Хьалдолу Эла, соьга элира: „Хьайна детих кха эца, и кха оьцучу хенахь тешаш а балабе“. Иза Ахьа соьга боху, хашадхойн эскар гІала дІалаца кечделлачу хенахь».
А Ты, Господи Боже, сказал мне: «купи себе поле за серебро и пригласи свидетелей, тогда как город отдаётся в руки Халдеев».
ТІаккха Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхІуга:
И было слово Господне к Иеремии:
«Ярми-ЯхІу, Со – Веза Эла ву, массо а адамашна тІехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хІума дуй те?»
вот, Я Господь, Бог всякой плоти; есть ли что невозможное для Меня?
Цундела Везачу Эло иштта боху: «Ас кестта Ярушалайм хашадхойн а, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а кара дІалур ю, цо иза дІа а лоцур ю.
Посему так говорит Господь: вот, Я отдаю город сей в руки Халдеев и в руки Навуходоносора, царя Вавилонского, и он возьмёт его,
Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду.
и войдут Халдеи, осаждающие сей город, зажгут город огнём и сожгут его и домы, на кровлях которых возносились курения Ваалу и возливаемы были возлияния чужим богам, чтобы прогневлять Меня.
Исраилан а, ЯхІудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гІуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгІазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –
Ибо сыновья Израилевы и сыновья Иудины только зло делали пред очами Моими от юности своей; сыновья Израилевы только прогневляли Меня делами рук своих, говорит Господь.
ХІара гІала йинчу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц кхуьнан бахархоша Со оьгІазвоьду хІуманаш лелийна, цундела хІара Сайн бІаьргашна хьалхара дІаяккха сацам бина Аса.
И как бы для гнева Моего и ярости Моей существовал город сей с самого дня построения его до сего дня, чтобы Я отверг его от лица Моего
Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхІудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхІудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гІуллакхаш леладора.
за всё зло сыновей Израиля и сыновей Иуды, какое они к прогневлению Меня делали, они, цари их, князья их, священники их и пророки их, и мужи Иуды и жители Иерусалима.
Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Іамо гІертахь а, цара Соьга ла а ца дугІура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура.
Они оборотились ко Мне спиною, а не лицем; и когда Я учил их, с раннего утра учил, они не хотели принять наставления,
Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш.
и в доме, над которым наречено имя Моё, поставили мерзости свои, оскверняя его.
Бен-ХІинам-тогІи чохь цара БаІална лерина сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагІина дІабалархьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхІудан халкъе къа латадайтира».
Устроили капища Ваалу в долине сыновей Енномовых, чтобы проводить через огонь сыновей своих и дочерей своих в честь Молоху, чего Я не повелевал им, и Мне на ум не приходило, чтобы они делали эту мерзость, вводя в грех Иуду.
«Ахьа а, хьоьца болчара а оцу гІаланах лаьцна боху: „Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а и гІала Бавелан паччахьан кара дІайолуьйтур ю“. Ткъа хІинца ладогІа, – боху Исраилан Везачу Дала, – оцу гІаланах лаьцна Аса бохучуьнга.
И однако же ныне так говорит Господь, Бог Израилев, об этом городе, о котором вы говорите: «он предаётся в руки царя Вавилонского мечом и голодом и моровою язвою»,—
Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама.
вот, Я соберу их из всех стран, в которые изгнал их во гневе Моём и в ярости Моей и в великом негодовании, и возвращу их на место сие и дам им безопасное житие.
Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
Они будут Моим народом, а Я буду им Богом.
Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тІаьхьенан диканна а хир ду.
И дам им одно сердце и один путь, чтобы боялись Меня во все дни [жизни], ко благу своему и благу детей своих после них.
Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта.
И заключу с ними вечный завет, по которому Я не отвращусь от них, чтобы благотворить им, и страх Мой вложу в сердца их, чтобы они не отступали от Меня.
Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хІокху лаьтта тІе чІагІбина баха охьаховшор бу».
И буду радоваться о них, благотворя им, и насажду их на земле сей твёрдо, от всего сердца Моего и от всей души Моей.
Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас.
Ибо так говорит Господь: как Я навёл на народ сей всё это великое зло, так наведу на них всё благо, какое Я изрёк о них.
ХІинца оцу махках наха иштта олу: „И мохк бассабелла бу, кху тІехь я адамаш а, я хьайбанаш а дац, хІунда аьлча иза хашадхойн кара дІабелла бу“. Делахь а, хинйолчу хенахь оцу махкахь кхаш кхин а оьцур ду.
И будут покупать поля в земле сей, о которой вы говорите: «это пустыня, без людей и без скота; она отдана в руки Халдеям»;
Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир д...
будут покупать поля за серебро и вносить в записи, и запечатывать и приглашать свидетелей — в земле Вениаминовой и в окрестностях Иерусалима, и в городах Иуды и в городах нагорных, и в городах низменных и в городах южных; ибо возвращу плен их, говорит Господь.
Везачу Элера шолгІа а хаам кхечира Ярми-ЯхІуга, иза хІинца а гІаролхойн кертахь набахти чохь воллучу хенахь.
И было слово Господне к Иеремии вторично, когда он ещё содержался во дворе стражи:
«Иштта боху Везачу Эло, латта кхоьллина а, цунна куц делла а, иза чІагІдина а Волчо, Шен цІе Веза Эла Йолчо:
Так говорит Господь, Который сотворил [землю], Господь, Который устроил и утвердил её,— Господь имя Ему:
„Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дІахьулдина а хІуманаш дІакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу.
воззови ко Мне — и Я отвечу тебе, покажу тебе великое и недоступное, чего ты не знаешь.
Исраилан халкъан Везачу Дала хІара боху Ярушалаймехь долчу цІенойх а, иштта ЯхІуд-махкарчу паччахьийн цІенойх а лаьцна: гІала схьалацархьама мостагІаша динчу лаьттан гунех а, иштта мостагІчун туьрах а лардеш дохадора и цІенош.
Ибо так говорит Господь, Бог Израилев, о домах города сего и о домах царей Иудейских, которые разрушаются для завалов и для сражения
Цхьаболчара хашадхошца тІом бийр бу, ткъа мостагІаша гІалин цІенош дузур ду Сайн оьгІазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хІунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гІаланах къайлаяьккхинера.
пришедшими воевать с Халдеями, чтобы наполнить домы трупами людей, которых Я поражу во гневе Моём и в ярости Моей, и за все беззакония которых Я сокрыл лице Моё от города сего.
Делахь а, Ас гІалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.
Вот, Я приложу ему пластырь и целебные средства, и уврачую их, и открою им обилие мира и истины,
Ас Исраилан халкъан а, ЯхІудан халкъан а аьтто юхаметтахІоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чІагІдийр ду.
и возвращу плен Иуды и плен Израиля и устрою их, как вначале,
Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цІандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.
и очищу их от всего нечестия их, которым они грешили предо Мною, и прощу все беззакония их, которыми они грешили предо Мною и отпали от Меня.
Ярушалайм-гІалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гІарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дІагича“».
И будет для меня [Иерусалим] радостным именем, похвалою и честью пред всеми народами земли, которые услышат о всех благах, какие Я сделаю ему, и изумятся и затрепещут от всех благодеяний и всего благоденствия, которое Я доставлю ему.
Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду
Так говорит Господь: на этом месте, о котором вы говорите: «оно пусто, без людей и без скота»,— в городах Иудейских и на улицах Иерусалима, которые пусты, без людей, без жителей, без скота,
синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагІанаш Сан деза цІа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“.
опять будет слышен голос радости и голос веселья, голос жениха и голос невесты, голос говорящих: «славьте Господа Саваофа, ибо благ Господь, ибо вовек милость Его», и голос приносящих жертву благодарения в доме Господнем; ибо Я возвращу пленённых сей земли в прежнее состояние, говорит Господь.
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хІокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гІаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаІушка шайн жашка цигахь садаІийтархьама.
Так говорит Господь Саваоф: на этом месте, которое пусто, без людей, без скота, и во всех городах его опять будут жилища пастухов, которые будут покоить стада.
Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гІаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кІел жаш догІур ду», – боху Везачу Эло.
В городах нагорных, в городах низменных и в городах южных, и в земле Вениаминовой, и в окрестностях Иерусалима, и в городах Иуды опять будут проходить стада под рукою считающего, говорит Господь.
«ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а дина дика ваІда кхочушден денош.
Вот, наступят дни, говорит Господь, когда Я выполню то доброе слово, которое изрёк о доме Израилевом и о доме Иудином.
Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зІийдаг кхиор ю. Цо хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
В те дни и в то время возращу Давиду Отрасль праведную, и будет производить суд и правду на земле.
Оцу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Іийр бу. ГІалин цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“».
В те дни Иуда будет спасён и Иерусалим будет жить безопасно, и нарекут имя Ему: «Господь оправдание наше!»
Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь.
Ибо так говорит Господь: не прекратится у Давида муж, сидящий на престоле дома Израилева,
Иштта даим левихой болчу динан дайх цхьаццаммо Суна уллохь гІуллакх дийр ду, юх-юха дийнаташ дагоран а, кІен а, кхин тайпана а долу сагІанаш а дохуш».
и у священников — левитов не будет недостатка в муже пред лицем Моим, во все дни возносящем всесожжение и сожигающем приношения и совершающем жертвы.
Ярми-ЯхІуга Везачу Элан дош кхечира:
И было слово Господне к Иеремии:
«Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тІе ца кхочуьйтуш,
так говорит Господь: если можете разрушить завет Мой о дне и завет Мой о ночи, чтобы день и ночь не приходили в своё время,
тІаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тІаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гІуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш.
то может быть разрушен и завет Мой с рабом Моим Давидом, так что не будет у него сына, царствующего на престоле его, и также с левитами — священниками, служителями Моими.
Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, ягар ца яллал дукха тІаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гІуллакх деш болчу левихошна а“».
Как неисчислимо небесное воинство и неизмерим песок морской, так размножу племя Давида, раба Моего, и левитов, служащих Мне.
Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхІуга:
И было слово Господне к Иеремии:
«Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дІатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хІинца иза Сан къам кхин ца хета царна.
не видишь ли, что народ этот говорит: «те два племени, которые избрал Господь, Он отверг?» и чрез это они презирают народ Мой, как бы он уже не был народом в глазах их.
Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чІагІ ца динехьара,
Так говорит Господь: если завета Моего о дне и ночи и уставов неба и земли Я не утвердил,
тІаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тІаьхье дІатоттур яра, иштта ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тІаьхьенашна тІехь паччахьалла дан Даудан тІаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахІоттор бу, царах къинхетам а бийр бу».
то и племя Иакова и Давида, раба Моего, отвергну, чтобы не брать более владык из его племени для племени Авраама, Исаака и Иакова; ибо возвращу плен их и помилую их.
Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кІел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тІом беш долчу хенахь:
Слово, которое было к Иеремии от Господа, когда Навуходоносор, царь Вавилонский, и всё войско его и все царства земли, подвластные руке его, и все народы воевали против Иерусалима и против всех городов его:
«Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю.
так говорит Господь, Бог Израилев: иди и скажи Седекии, царю Иудейскому, и скажи ему: так говорит Господь: вот, Я отдаю город сей в руки царя Вавилонского, и он сожжёт его огнём;
Хьо а вер вац цуьнан куьйга кІелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дІалур ву, хьан бІаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТІаккха хьо Бавеле дІавуьгур ву’.
и ты не избежишь от руки его, но непременно будешь взят и предан в руки его, и глаза твои увидят глаза царя Вавилонского, и уста его будут говорить твоим устам, и пойдёшь в Вавилон.
Делахь а, ладогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац.
Впрочем слушай слово Господне, Седекия, царь Иудейский! так говорит Господь о тебе: ты не умрёшь от меча;
Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягош ма-хиллара, дІавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яІ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тІехь Ас дош ло хьуна’“», – боху Везачу Эло.
ты умрёшь в мире, и как для отцов твоих, прежних царей, которые были прежде тебя, сожигали [при погребении благовония], так сожгут и для тебя и оплачут тебя: «увы, государь!», ибо Я изрёк это слово, говорит Господь.
Ярми-ЯхІус и хаам Ярушалаймехь волчу ЦІадукъ-ЯхІу-паччахье дІаэлира.
Иеремия пророк все слова сии пересказал Седекии, царю Иудейскому, в Иерусалиме.
Цу хенахь Бавелан паччахьан эскар Ярушалаймца а, ЯхІуд-махкахь массо а схьалацаза йисинчу гІаланашца а тІом беш дара. ЯхІуд-махкара чІагІйинчу гІаланашна юкъахь схьалацаза Лахиш-гІала а, Іазекхи-гІала а бен ца йисинера.
Между тем войско царя Вавилонского воевало против Иерусалима и против всех городов Иудейских, которые ещё оставались, против Лахиса и Азеки; ибо из городов Иудейских сии только оставались, как города укреплённые.
Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргІатбохур бу аьлла, барт бинчул тІаьхьа.
Слово, которое было к Иеремии от Господа после того, как царь Седекия заключил завет со всем народом, бывшим в Иерусалиме, чтобы объявить свободу,
Массара а Іебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргІатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхІудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.
чтобы каждый отпустил на волю раба своего и рабу свою, Еврея и Евреянку, чтобы никто из них не держал в рабстве Иудея, брата своего.
Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргІатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тІеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дІахецнера.
И послушались все князья и весь народ, которые вступили в завет, чтобы отпустить каждому раба своего и каждому рабу свою на волю, чтобы не держать их впредь в рабах,— и послушались и отпустили;
Амма, ойла а йина, шаьш паргІатбаьхна болу леш юхабало хІиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дІахІиттийнера.
но после того, раздумавши, стали брать назад рабов и рабынь, которых отпустили на волю, и принудили их быть рабами и рабынями.
ТІаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІуга:
И было слово Господне к Иеремии от Господа:
«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера:
так говорит Господь, Бог Израилев: Я заключил завет с отцами вашими, когда вывел их из земли Египетской, из дома рабства, и сказал:
‘ХІора ворхІалгІа шо дІа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Іебархо дІахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тІаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгІира, цара Со тидаме а ца ийцира.
«в конце седьмого года отпускайте каждый брата своего, Еврея, который продал себя тебе; пусть он работает тебе шесть лет, а потом отпусти его от себя на волю»; но отцы ваши не послушали Меня и не приклонили уха своего.
Аша хІинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хІорраммо а шайн къомах волу лай паргІатвер ву элира. Сан цІе лелош долчу цІийнан кертахь, Суна хьалха и хІума кхочушдан аша барт а бира.
Вы ныне обратились и поступили справедливо пред очами Моими, объявив каждый свободу ближнему своему, и заключили предо Мною завет в доме, над которым наречено имя Моё;
Амма хІинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цІе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дІабаха паргІатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтІахь а бина“.
но потом раздумали и обесславили имя Моё, и возвратили к себе каждый раба своего и каждый рабу свою, которых отпустили на волю, куда душе их угодно, и принуждаете их быть у вас рабами и рабынями.
Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгІира, шайн къомах болчарна паргІато а луш. Цундела Аса паргІато лур ю туьрана а, Іожаллин уьнна а, мацаллина а, – боху Везачу Эло, – шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Іадийна лаьттар ю.
Посему так говорит Господь: вы не послушались Меня в том, чтобы каждый объявил свободу брату своему и ближнему своему; за то вот Я, говорит Господь, объявляю вам свободу подвергнуться мечу, моровой язве и голоду, и отдам вас на озлобление во все царства земли;
Суна хьалха бина барт а бохийна, бертан тІедожораш кхочуш ца диначаьрца Со иштта хир ву: барт чІагІбеш хадийна долчу а, шина эханна юккъехула шаьш девлла долчу а эсана диннарг царна а дийр ду Аса.
и отдам преступивших завет Мой и не устоявших в словах завета, который они заключили пред лицем Моим, рассекши тельца надвое и пройдя между рассечёнными частями его,
Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а
князей Иудейских и князей Иерусалимских, евнухов и священников и весь народ земли, проходивший между рассечёнными частями тельца,—
уьш байа гІерташ болчу церан мостагІашка Аса дІалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дІахІуьттур ду.
отдам их в руки врагов их и в руки ищущих души их, и трупы их будут пищею птицам небесным и зверям земным.
Аса яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дІалур бу, и эскар хІинца шуьца тІом беш долчуьра юхадаьллехь а.
И Седекию, царя Иудейского, и князей его отдам в руки врагов их и в руки ищущих души их и в руки войска царя Вавилонского, которое отступило от вас.
Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гІала йолчу юхабахкийта. Цара, тІе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цІарца ягор а ю. ЯхІуд-махкара гІаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
Вот, Я дам повеление, говорит Господь, и возвращу их к этому городу, и они нападут на него, и возьмут его, и сожгут его огнём, и города Иудеи сделаю пустынею необитаемою.
ЯхІудхойн паччахь волчу ЯхІу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьалла дечу хенахь Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хІара хаам беара:
Слово, которое было к Иеремии от Господа во дни Иоакима, сына Иосии, царя Иудейского:
«Рахбихой болчу а гІой, цаьрга вист а хилий, уьш Везачу Элан цІийнан кертахь долчу цхьана чоьнна чу кхайкха, царна чагІар а ло».
иди в дом Рехавитов и поговори с ними, и приведи их в дом Господень, в одну из комнат, и дай им пить вина.
Аса, Хьабацин-ЯхІун кІант волчу Ярми-ЯхІун кІант Яъзан-ЯхІу сайца схьа а эцна, цуьнан массо а вежарий а, кІентий а – дерриг а рахбихойн тукхам –
Я взял Иазанию, сына Иеремии, сына Авацинии, и братьев его, и всех сыновей его и весь дом Рехавитов,
Везачу Элан цІа долчу далийра. Йигдал-ЯхІун кІант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цІа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхІуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гІаролхо волчу Шалуман кІант МаІсей-ЯхІун чоьнна тІехула а яра.
и привёл их в дом Господень, в комнату сынов Анана, сына Годолии, человека Божия, которая подле комнаты князей, над комнатою Маасеи, сына Селлумова, стража у входа;
ТІаккха Аса, рахбихойн доьзална хьалха кедаш а, чагІарх юьзна йолу масех кхаба дІа а хІоттийна, элира: «Мала чагІар».
и поставил перед сынами дома Рехавитов полные чаши вина и стаканы и сказал им: пейте вино.
Амма цара элира: «Оха чагІар ца молу, хІунда аьлча Рахбин кІант а, тхан дайн да а волчу ЯхІу-Надаба тхуна тІедиллина: „ЧагІар ма малалаш цкъа а, я аша а, я шун бераша а.
Но они сказали: мы вина не пьём; потому что Ионадав, сын Рехава, отец наш, дал нам заповедь, сказав: «не пейте вина ни вы, ни дети ваши, вовеки;
ЦІенош а ма де, хІу дІа а ма де, кемсийн бошмаш а ма кхиае, уьш шайн долахь а ма хилийта, ткъа шаьш даим четарш чохь Іе. ТІаккха дехха дахалур ду шу шаьш арадевлла лелачу лаьтта тІехь“, – аьлла.
и домов не стройте, и семян не сейте, и виноградников не разводите, и не имейте их, но живите в шатрах во все дни [жизни] вашей, чтобы вам долгое время прожить на той земле, где вы странниками».
Оха ладуьйгІира тхан да а, Рахбин кІант а волчу ЯхІу-Надаба бохучуьнга. Оха а, тхан зударша а, тхан кІенташа а, йоІарша а цкъа а чагІар ца молу.
И мы послушались голоса Ионадава, сына Рехавова, отца нашего, во всём, что он завещал нам, чтобы не пить вина во все дни наши,— мы и жёны наши, и сыновья наши и дочери наши,—
Оха иштта тхайна чохь Іан цІенош а ца до, тхан кемсийн бошмаш а яц, я кхаш а, я цу тІехь йолуш хІума а яц тхан.
и чтобы не строить домов для жительства нашего; и у нас нет ни виноградников, ни полей, ни посева;
Тхо хІинццалц а четарш чохь дехаш ду. Иштта, массо а хІуманна тІехь тхан да волчу ЯхІу-Надаба тІедиллинарг кхочушдина оха.
а живём в шатрах и во всём слушаемся и делаем всё, что заповедал нам Ионадав, отец наш.
Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тІе гІоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дІагІо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кІелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду».
Когда же Навуходоносор, царь Вавилонский, пришёл в землю сию, мы сказали: «пойдём, уйдём в Иерусалим от войска Халдеев и от войска Арамеев», и вот, мы живём в Иерусалиме.
Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІуга хаам кхечира Везачу Элера:
И было слово Господне к Иеремии:
«Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Ваха а гІой, Соьгара хаам ЯхІуд-махкарчу халкъана а, Ярушалайман бахархошна а дІабовзийта: ‘Аса бохучуьнга муха ладогІа деза хІокху масалх Іама шуна ца лаьа те? – боху Везачу Эло. –
так говорит Господь Саваоф, Бог Израилев: иди и скажи мужам Иуды и жителям Иерусалима: неужели вы не возьмёте из этого наставление для себя, чтобы слушаться слов Моих? говорит Господь.