che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Левин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаІин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, | племя дома Левиина особо, и жёны их особо; племя Симеоново особо, и жёны их особо. |
дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу». | Все остальные племена — каждое племя особо, и жёны их особо. |
«Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду. | В тот день откроется источник дому Давидову и жителям Иерусалима для омытия греха и нечистоты. |
И де тІекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дІайойур ю кху лаьтта тІера цІуйн цІераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тІера дІабохур бу харцпайхамарш а, цІушна Іамал ян лаар а дІадоккхур ду. | И будет в тот день, говорит Господь Саваоф, Я истреблю имена идолов с этой земли, и они не будут более упоминаемы, равно как лжепророков и нечистого духа удалю с земли. |
Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цІарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду. | Тогда, если кто будет прорицать, то отец его и мать его, родившие его, скажут ему: тебе не должно жить, потому что ты ложь говоришь во имя Господа; и поразят его отец его и мать его, родившие его, когда он будет прорицать. |
И де тІекхаьчча, шена сурт хІоттийна хІорра а харцпайхамар Делан цІарах хаам бан хІуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тІедухур дац харцпайхамарша цкъачунна. | И будет в тот день, устыдятся такие прорицатели, каждый видения своего, когда будут прорицать, и не будут надевать на себя власяницы, чтобы обманывать. |
ХІораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тІехь болх беш ву“. | И каждый скажет: я не пророк, я земледелец, потому что некто сделал меня рабом от детства моего. |
Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тІехь моьнаш хІунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цІа чохь суна йиттина дела“, – аьлла». | Ему скажут: отчего же на руках у тебя рубцы? И он ответит: оттого, что меня били в доме любящих меня. |
«ХІай, тур! Айалохьа Сан жаІуьнна тІе, Суна уллора волчу стагана тІе, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Нагахь санна жаІуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагІий дІасадовдур ду. Ас Сайн куьг кІезиг болчарна дуьхьал хьажор ду. | О, меч! поднимись на пастыря Моего и на ближнего Моего, говорит Господь Саваоф: порази пастыря, и рассеются овцы! И Я обращу руку Мою на малых. |
Берриге а махкахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – ши дакъа хІаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгІа дакъа дийна дуьсур ду. | И будет на всей земле, говорит Господь, две части на ней будут истреблены, вымрут, а третья останется на ней. |
И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» | И введу эту третью часть в огонь, и расплавлю их, как плавят серебро, и очищу их, как очищают золото: они будут призывать имя Моё, и Я услышу их и скажу: «это Мой народ», и они скажут: «Господь — Бог мой!» |
Хьажал, Везачу Элан цхьа де тІекхочуш ду. И де тІекхаьчча, шуьгара яьккхина хІонс мостагІаша шун бІаьргашна хьалха дІасайоькъур ю шайна юкъахь. | Вот наступает день Господень, и разделят награбленное у тебя среди тебя. |
Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тІом бан схьагулдийр ду. ГІала схьаяьккхина хир ю. ЦІеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГІалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гІаланах дІахадийна хир дац. | И соберу все народы на войну против Иерусалима, и взят будет город, и разграблены будут домы, и обесчещены будут жёны, и половина города пойдёт в плен; но остальной народ не будет истреблён из города. |
ТІаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тІом бийр бу, тІеман дийнахь Ша тІом ма-барра. | Тогда выступит Господь и ополчится против этих народов, как ополчился в день брани. |
Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гІалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тІехь дІахІуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогІица. Ах лам къилбаседехьа дІабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дІабер бу. | И станут ноги Его в тот день на горе Елеонской, которая перед лицем Иерусалима к востоку; и раздвоится гора Елеонская от востока к западу весьма большою долиною, и половина горы отойдёт к северу, а половина её — к югу. |
Ацала кхаччалц дІаяьржина йолчу оцу Сан тогІенехула дІадовдур ду шу, яхІудхойн паччахь хиллачу Іузи-ЯхІун деношкахь мохк бегийча шун дай дІабевдда ма-хиллара. ТІаккха сан Веза Дела схьавогІур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а. | И вы побежите в долину гор Моих, ибо долина гор будет простираться до Асила; и вы побежите, как бежали от землетрясения во дни Озии, царя Иудейского; и придёт Господь Бог мой и все святые с Ним. |
И де тІекхаьчча, серло а, шело а, йис а хир яц. | И будет в тот день: не станет света, светила удалятся. |
И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло. | День этот будет единственный, ведомый только Господу: ни день, ни ночь; лишь в вечернее время явится свет. |
И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. | И будет в тот день, живые воды потекут из Иерусалима, половина их к морю восточному и половина их к морю западному: летом и зимой так будет. |
Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. | И Господь будет Царём над всею землёю; в тот день будет Господь един, и имя Его едино. |
Къилбаседехьа йолчу ГибаІ-гІалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гІалина тІекхаччалц дерриг а латта Іариба-тогІи санна хир ду. Ярушалайм-гІала шен лекхачу меттехь кхидІа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тІера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тІекхаччалц а, Хьананиал-бІаьвнна тІера паччахьа... | Вся эта земля будет, как равнина, от Гаваона до Реммона, на юг от Иерусалима, который высоко будет стоять на своём месте и населится от ворот Вениаминовых до места первых ворот, до угловых ворот, и от башни Анамеила до царских точил. |
Нах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хІаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гІалина. | И будут жить в нём, и проклятия не будет более, но будет стоять Иерусалим безопасно. |
Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бинчу массо а халкъашна Везачу Эло тухур долу ун иштта хир ду: хІораннан а дегІ телхар ду, иза шен когаш тІехь лаьтташехь, цуьнан бІаьргаш телхар бу, бІаьргийн даьІахкашна юккъехь лаьтташехь, цуьнан мотт а багахь телхар бу. | И вот какое будет поражение, которым поразит Господь все народы, которые воевали против Иерусалима: у каждого исчахнет тело его, когда он ещё стоит на своих ногах, и глаза у него истают в яминах своих, и язык его иссохнет во рту у него. |
И де тІекхаьчча, уьш Везачу Эло чІогІа боьхна хьуьйзуьйтур бу. Цара вовшийн куьйгех кадеттар ду, уьш вовшашна тІелетар а бу. | И будет в тот день: произойдёт между ними великое смятение от Господа, так что один схватит руку другого, и поднимется рука его на руку ближнего его. |
Ур-атталла ЯхІудан халкъо а тІом латтор бу Ярушалайм-гІалина дуьхьал. Гонахарчу массо а халкъийн бахам схьагулбина хир бу – боккхачу барамехь долу деши, дети, духарш. | Но и сам Иуда будет воевать против Иерусалима, и собрано будет богатство всех окрестных народов: золото, серебро и одежды в великом множестве. |
Иштта мостагІийн меттаметтанашкахь йолчу говрашна, вирбІарзанашна, эмкалшна, варрашна, муьлхха а кхечу хьайбанна а хьалха санна долу ун кхетар ду. | Будет такое же поражение и коней, и лошаков, и верблюдов, и ослов, и всякого скота, какой будет в станах у них. |
Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. | Затем все остальные из всех народов, приходивших против Иерусалима, будут приходить из года в год для поклонения Царю, Господу Саваофу, и для празднования праздника кущей. |
Нагахь санна лаьтта тІера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан Ярушалайме ца дагІахь, церан лаьтта тІе догІа догІур дац. | И будет: если какое из племён земных не пойдёт в Иерусалим для поклонения Царю, Господу Саваофу, то не будет дождя у них. |
Нагахь санна мисархой, новкъа а бевлла, схьа ца багІахь, царна а догІа хир дац. Царна а дийр ду Везачу Эло адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан ца богІучарна деш доллу таІзар. | И если племя Египетское не поднимется в путь и не придёт, то и у него не будет [дождя] и постигнет его поражение, каким поразит Господь народы, не приходящие праздновать праздника кущей. |
Иштта таІзар дийр ду адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан богІур боцучу мисархошна а, массо а халкъашна а. | Вот что будет за грех Египта и за грех всех народов, которые не придут праздновать праздника кущей! |
Цу хенахь говрийн горгалешна тІехь а дІаяздина хир ду: «Везачу Элана къобалдинарг», – аьлла. Везачу Элан цІа чуьра еш а хир ду, сагІа доккхучу кхерчана хьалхара сагІин кедаш санна, деза. | В то время даже на конских уборах будет [начертано]: «Святыня Господу», и котлы в доме Господнем будут, как жертвенные чаши перед алтарем. |
Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а хІорра а яй массо а ницкъийн Везачу Элана къобалбина хир бу. СагІина леринарг дахьаш болчу массара а, и еш схьа а эцна, царна чохь кхехкор ду жижиг. Цу дийнахь кхин хир вац цхьа а совдегар массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнан кертахь. | И все котлы в Иерусалиме и Иудее будут святынею Господа Саваофа, и будут приходить все приносящие жертву и брать их и варить в них, и не будет более ни одного Хананея в доме Господа Саваофа в тот день. |
ХІара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу. | Пророческое слово Господа к Израилю через Малахию. |
«Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тІехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Іесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тІаьхье а хаьржинера, | Я возлюбил вас, говорит Господь. А вы говорите: «в чём явил Ты любовь к нам?» — Не брат ли Исав Иакову? говорит Господь; и однако же Я возлюбил Иакова, |
амма Іесав а, цуьнан тІаьхье а дІатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангІалкхашна дІаделира». | а Исава возненавидел и предал горы его опустошению, и владения его — шакалам пустыни. |
Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду». | Если Едом скажет: «мы разорены, но мы восстановим разрушенное», то Господь Саваоф говорит: они построят, а Я разрушу, и прозовут их областью нечестивою, народом, на который Господь прогневался навсегда. |
Иза шун бІаьргашна гур ду, тІаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!» | И увидят это глаза ваши, и вы скажете: «возвеличился Господь над пределами Израиля!» |
«КІанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догІу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богІу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цІе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цІе?“ | Сын чтит отца и раб — господина своего; если Я отец, то где почтение ко Мне? и если Я Господь, то где благоговение предо Мною? говорит Господь Саваоф вам, священники, бесславящие имя Моё. Вы говорите: «чем мы бесславим имя Твоё?» |
СагІа доккхучу Сан кхерчана тІе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина. | Вы приносите на жертвенник Мой нечистый хлеб, и говорите: «чем мы бесславим Тебя?» — Тем, что говорите: «трапеза Господня не стоит уважения». |
Къилахь дац ткъа, сагІина дахьаш дерг бІаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагІина деанарг астагІа я цамгар кхеттарг хилча? ДІакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тІеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | И когда приносите в жертву слепое, не худо ли это? или когда приносите хромое и больное, не худо ли это? Поднеси это твоему князю; будет ли он доволен тобою и благосклонно ли примет тебя? говорит Господь Саваоф. |
«Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тІеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | Итак молитесь Богу, чтобы помиловал нас; а когда такое исходит из рук ваших, то может ли Он милостиво принимать вас? говорит Господь Саваоф. |
Цул гІолехь хир дара, сагІа доккхучу Сан кхерчана тІехь эрна цІе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цІийнан неІарш дІакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац. | Лучше кто-нибудь из вас запер бы двери, чтобы напрасно не держали огня на жертвеннике Моём. Нет Моего благоволения к вам, говорит Господь Саваоф, и приношение из рук ваших неблагоугодно Мне. |
Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | Ибо от востока солнца до запада велико будет имя Моё между народами, и на всяком месте будут приносить фимиам имени Моему, чистую жертву; велико будет имя Моё между народами, говорит Господь Саваоф. |
Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ. | А вы хулите его тем, что говорите: «трапеза Господня не стоит уважения, и доход от неё — пища ничтожная». |
Цу тІе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кІордийна-кх хІара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагІа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагІина деача, резахиларца шун карара уьш тІеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. – | Притом говорите: «вот сколько труда!» и пренебрегаете ею, говорит Господь Саваоф, и приносите украденное, хромое и больное, и такого же свойства приносите хлебный дар: могу ли с благоволением принимать это из рук ваших? говорит Господь. |
НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме». | Проклят лживый, у которого в стаде есть неиспорченный самец, и он дал обет, а приносит в жертву Господу повреждённое: ибо Я Царь великий, и имя Моё страшно у народов. |
Цундела, динан дай, шуьга ду хІара весет. | Итак для вас, священники, эта заповедь: |
«Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела. | если вы не послушаетесь и если не примете к сердцу, чтобы воздавать славу имени Моему, говорит Господь Саваоф, то Я пошлю на вас проклятие и прокляну ваши благословения, и уже проклинаю, потому что вы не хотите приложить к тому сердца. |
Ас шух схьайолучу тІаьхьенна таІзар дийр ду. Шун юьхь тІе кхелли кхуссур ю Ас – шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагІанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дІакхуьссур ду. | Вот, Я отниму у вас плечо, и помёт раскидаю на лица ваши, помёт праздничных жертв ваших, и выбросят вас вместе с ним. |
ТІаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | И вы узнаете, что Я дал эту заповедь для сохранения завета Моего с Левием, говорит Господь Саваоф. |
Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дІабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира – уьш Сан цІаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира. | Завет Мой с ним был [завет] жизни и мира, и Я дал его ему для страха, и он боялся Меня и благоговел пред именем Моим. |
Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тІера. Уьш Соьца машарца а, догцІеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара. | Закон истины был в устах его, и неправды не обреталось на языке его; в мире и правде он ходил со Мною и многих отвратил от греха. |
ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. | Ибо уста священника должны хранить ведение, и закона ищут от уст его, потому что он вестник Господа Саваофа. |
Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тІера дІадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | Но вы уклонились от пути сего, для многих послужили соблазном в законе, разрушили завет Левия, говорит Господь Саваоф. |
Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьІаьржа дина дІахІиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гІуллакхаш тІехь аша озабезамаш лелабо дела а». | За то и Я сделаю вас презренными и униженными перед всем народом, так как вы не соблюдаете путей Моих, лицеприятствуете в делах закона. |
Цхьа да вац ткъа вайн? Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХІунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш? | Не один ли у всех нас Отец? Не один ли Бог сотворил нас? Почему же мы вероломно поступаем друг против друга, нарушая тем завет отцов наших? |
ЯхІудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хІума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цІа сийсаздаьккхина яхІудхойн халкъо, хийрачу делан йоІ цо шена ялийна йолу дела. | Вероломно поступает Иуда, и мерзость совершается в Израиле и в Иерусалиме; ибо унизил Иуда святыню Господню, которую любил, и женился на дочери чужого бога. |
Иштта дерг лелош волу милла а Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах дІахадавойла! Цунах цхьа а ма вуьсийла, массо а ницкъийн Везачу Элана сагІанаш дахийта! | У того, кто делает это, истребит Господь из шатров Иаковлевых бдящего на страже и отвечающего, и приносящего жертву Господу Саваофу. |
Аша-м кхин а хІара а до: Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана тІе бІаьрхиш Іенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хІунда аьлча, Веза Эла кхин дІа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагІанаш резахиларца тІе ца оьцу. | И вот ещё что вы делаете: вы заставляете обливать слезами жертвенник Господа с рыданием и воплем, так что Он уже не призирает более на приношение и не принимает умилоствительной жертвы из рук ваших. |
Аша-м хаттар до: «ХІун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. | Вы скажете: «за что?» За то, что Господь был свидетелем между тобою и женою юности твоей, против которой ты поступил вероломно, между тем как она подруга твоя и законная жена твоя. |
Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хІунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хІоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал. | Но не сделал ли того же один, и в нём пребывал превосходный дух? что же сделал этот один? он желал получить от Бога потомство. Итак берегите дух ваш, и никто не поступай вероломно против жены юности своей. |
«ХІунда аьлча майра а, зуда а дІасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала «И деш волчо ша къизаллех вузаво, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш». | Если ты ненавидишь её, отпусти, говорит Господь Бог Израилев; обида покроет одежду его, говорит Господь Саваоф; посему наблюдайте за духом вашим и не поступайте вероломно. |
Аша Веза Эла шайн дешнашца кІадвина. «Оха муха кІадвина Иза?» – олу аша. «Муьлхха а зулам деш верг Везачу Элан бІаьргашна хьалха дика ву, Цо ишттачаьргахьа озабезам бо», – аларца, аша шаьш кІордадайтина Цунна. Я иштта аларца: «Мичахь ву нийса кхел еш волу Дела?» | Вы прогневляете Господа словами вашими и говорите: «чем прогневляем мы Его?» Тем, что говорите: «всякий, делающий зло, хорош пред очами Господа, и к таким Он благоволит», или: «где Бог правосудия?» |
«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | Вот, Я посылаю Ангела Моего, и он приготовит путь предо Мною, и внезапно придёт в храм Свой Господь, Которого вы ищете, и Ангел завета, Которого вы желаете; вот, Он идёт, говорит Господь Саваоф. |
Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. | И кто выдержит день пришествия Его, и кто устоит, когда Он явится? Ибо Он — как огонь расплавляющий и как щёлок очищающий, |
Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама. | и сядет переплавлять и очищать серебро, и очистит сынов Левия и переплавит их, как золото и как серебро, чтобы приносили жертву Господу в правде. |
ТІаккха Везачу Элана яхІудхойн а, ярушалаймхойн а сагІанаш тамехь хир ду, ширачу заманан деношкахь санна а, дІадаханчу шерашкахь санна а. | Тогда благоприятна будет Господу жертва Иуды и Иерусалима, как во дни древние и как в лета прежние. |
«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а н... | И приду к вам для суда и буду скорым обличителем чародеев и прелюбодеев и тех, которые клянутся ложно и удерживают плату у наёмника, притесняют вдову и сироту, и отталкивают пришельца, и Меня не боятся, говорит Господь Саваоф. |
«Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тІаьхьенах дерш, цхьана а агІор хийца а ца делла! | Ибо Я — Господь, Я не изменяюсь; посему вы, сыны Иакова, не уничтожились. |
Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тІера дІадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тІедерза тхо?“ – олий. | Со дней отцов ваших вы отступили от уставов Моих и не соблюдаете их; обратитесь ко Мне, и я обращусь к вам, говорит Господь Саваоф. Вы скажете: «как нам обратиться?» |
Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХІун деш къола до оха?“ – хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа Суна цадаларца а, Суна догІу сагІанаш цадахарца а до. | Можно ли человеку обкрадывать Бога? А вы обкрадываете Меня. Скажете: «чем обкрадываем мы Тебя?» Десятиною и приношениями. |
Хьуна тІехь, дерриг а халкъ, неІалт ду, хІунда аьлча аша Суна къола до. | Проклятием вы прокляты, потому что вы — весь народ — обкрадываете Меня. |
Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш? | Принесите все десятины в дом хранилища, чтобы в доме Моём была пища, и хотя в этом испытайте Меня, говорит Господь Саваоф: не открою ли Я для вас отверстий небесных и не изолью ли на вас благословения до избытка? |
Ас шун дуьхьа доьхкур ду цІазана лаьттан стоьмаш хІаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – | Я для вас запрещу пожирающим истреблять у вас плоды земные, и виноградная лоза на поле у вас не лишится плодов своих, говорит Господь Саваоф. |
Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хІунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | И блаженными называть будут вас все народы, потому что вы будете землёю вожделенною, говорит Господь Саваоф. |
«Шун дешнаш Суна хьалха кІоршаме ду, – боху Везачу Эло. – Амма аша хаттар до: „ХІун аьлла оха Хьуна дуьхьал?“ – бохуш. | Дерзостны предо Мною слова ваши, говорит Господь. Вы скажете: «что мы говорим против Тебя?» |
Аша элира: „Далла гІуллакх дар эрна ду. ХІун пайда бу Цо тІедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран? | Вы говорите: «тщетно служение Богу, и что пользы, что мы соблюдали постановления Его и ходили в печальной одежде пред лицем Господа Саваофа? |
Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Іаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“». | И ныне мы считаем надменных счастливыми: лучше устраивают себя делающие беззакония, и хотя искушают Бога, но остаются целы». |
ТІаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тІехь дІаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цІе лоручеран а цІераш. | Но боящиеся Бога говорят друг другу: «внимает Господь и слышит это, и пред лицем Его пишется памятная книга о боящихся Господа и чтущих имя Его». |
«Уьш Сан хир бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхІар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гІуллакх деш волчу кІантах къинхетам баре терра. | И они будут Моими, говорит Господь Саваоф, собственностью Моею в тот день, который Я соделаю, и буду миловать их, как милует человек сына своего, служащего ему. |
ТІаккха юха а гур ю шуна хьаналчунна а, Іесачунна а, Далла гІуллакх деш волчунна а, воцучунна а юкъахь йолу башхалла». | И тогда снова увидите различие между праведником и нечестивым, между служащим Богу и не служащим Ему. |
«Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац. | Ибо вот, придёт день, пылающий как печь; тогда все надменные и поступающие нечестиво будут как солома, и попалит их грядущий день, говорит Господь Саваоф, так что не оставит у них ни корня, ни ветвей. |
Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тІехула нийсо тІейоуьйту малх гІоттур бу, цуьнан зІаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. | А для вас, благоговеющие пред именем Моим, взойдёт Солнце правды и исцеление в лучах Его, и вы выйдете и взыграете, как тельцы упитанные; |
Іесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кІел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. | и будете попирать нечестивых, ибо они будут прахом под стопами ног ваших в тот день, который Я соделаю, говорит Господь Саваоф. |
«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дІаделла долу парзаш а, тІедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама. | Помните закон Моисея, раба Моего, который Я заповедал ему на Хориве для всего Израиля, равно как и правила и уставы. |
Ас шуна тІе Эли-ЯхІу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тІекхачале. | Вот, Я пошлю к вам Илию пророка пред наступлением дня Господня, великого и страшного. |
Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дІа а ваийтина, Соьга шайн мохк дІа а къастабайтина, иза кхоччуш хІаллак ца байтархьама». | И он обратит сердца отцов к детям и сердца детей к отцам их, чтобы Я, придя, не поразил земли проклятием. |
ХІара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсан схьаваларх лаьцна долу дІаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахІиман тІаьхьенах хилла. | Родословие Иисуса Христа, Сына Давидова, Сына Авраамова. |
ИбрахІим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхІудан а, цуьнан вежарийн а да, | Авраам родил Исаака; Исаак родил Иакова; Иаков родил Иуду и братьев его; |
ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да. | Иуда родил Фареса и Зару от Фамари; Фарес родил Есрома; Есром родил Арама; |
Рам Іамминадабан да хилла, Іамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да, | Арам родил Аминадава; Аминадав родил Наассона; Наассон родил Салмона; |
Салман – БоІазан да. БоІазан нана Рахьаб хилла. БоІаз Іабадин да хилла. Іабадин нана Рути хилла. Іабади Юшайн да хилла, | Салмон родил Вооза от Рахавы; Вооз родил Овида от Руфи; Овид родил Иессея; |
Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. | Иессей родил Давида царя; Давид царь родил Соломона от бывшей за Уриею; |
Сулим-паччахь РахьбуІаман да хилла, РахьбуІам – Аби-ЯхІун да, Аби-ЯхІу – Асин да, | Соломон родил Ровоама; Ровоам родил Авию; Авия родил Асу; |
Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да, | Аса родил Иосафата; Иосафат родил Иорама; Иорам родил Озию; |
Іузи-ЯхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да, | Озия родил Иоафама; Иоафам родил Ахаза; Ахаз родил Езекию; |
Хьузакх-ЯхІу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхІун да, | Езекия родил Манассию; Манассия родил Амона; Амон родил Иосию; |
Юши-ЯхІу – Яхун-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дІадигна хилла. | Иосия родил Иоакима; Иоаким родил Иехонию и братьев его, перед переселением в Вавилон. |
Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, | По переселении же в Вавилон, Иехония родил Салафииля; Салафииль родил Зоровавеля; |
Зурбабел – Авадин да хилла, Авади – Элъякъиман да, Элъякъим – Узаран да, | Зоровавель родил Авиуда; Авиуд родил Елиакима; Елиаким родил Азора; |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.